Вайн кертара доьзал

Соьга йогIуш «гIазот» даьккхина сан хIусамнана 77-та шаре йаьлла, цкъачунна шен дегIан дола далуш йу. Дуьйцуш тамехь дацахь, вайн доьзалехь йалх бер гучуделира Делан пурбанца. Дуьххьарлера йоI, Зараъ, шаре ца йолуш, берийн цамгар хьакхайелла, дIайалар хилира. Дала шапаIатан да йойла цунах. Цул тIахьа кIант Наурбек, йоIарий: Тамара, Тамуса, Раиса, тIаьххьара кIант Казбек – пхи бер делира дуьненчу. Тамусех исс шо кхаьчна йолуш цамгар хьакхайела хиллера. И йоI чIогIа  сан ненаца уьйр-марзо йолуш йара. 1980-г1а шо дара иза. Доккхаха долу кхо бер: Наурбек, Тамара, и сайн ненах хьерчаш йолу Тамуса, цIахь дитина сайн деций, ненаций, со бисинчу доьзалца Башкире гIишлошйаран балха вахара. Раиса, Казбек, церан нана Тумиша, сайца кхин белхан йалх накъостий болуш, тхо оханан (апрель) баттахь дуьйна, болх беш дуьйлира Башкирехь. Шен уьссалгIа шо дузале, аьхка мангалан (июль) беттан кхоалгIа дийнахь, дIакхалхар нисделлера Тамусин Куршлойн-Эвларчу больницехь. Лоьрийн диагноз йара: «Острая сердечно-лёгочная недостаточность». Дала шапаIатан да йойла-кх цунах. Важа дисина бераш кхиа кхиъна, шайн-шайн доьзалаш болуш дIахиттина. Наурбекан йалх бер ду: йоьIарий – Меднат, Iайшат, ШахIадат (Карина), Таират, Мата, кIант – Мохьмад. Цуьнан йоккхах йолу йиъ йоI марехь йу, шайн школе лелаш доьзалш болуш йоккхахйолчу кхаанан.  Тамарин ворхI бер ду: пхи кIант: Ислам, Сиддикъ, Халид, Сулейман, Сулима, ши йоI – Фатима, Ийман. Фатима марехь йу цхьа кIант, Сайпулла, волуш. Тамарин к1анта, Ислама, зуда йалийнера, амма доьзал кхоллар ца нислуш, буьйхира церан кхоллам. 2023-г1ачу шарахь зуда йалийна Тамармн шолг1ачу к1анта, Сиддикъа. Раисин диъ бер ду: ши кIант – Мохьмад, Ахьмад, ши йоI –Лариса, Мата. Раисин йо1, Лариса,  марехь йу, цуьнан ши кIант ву –Сайдмохьмад, Сайдхьамзат. Казбекан доьзалехь йиъ йоI йу –Лолита, Райан, Хьава, Хутмат. Наурбекан берийн нана Яхъйан Дамхьадан Iумаран йоI Рукъийат йу. Казбекан берийн нана Тимаран ШепаIан Бадруддин йоI, Элита, йу. Элита Соьлжа–ГIалара медучилище цIечу дипломца чекхйаькхина, лоьраллин медйишин говзалла йолуш йу. Амма цуьнца цхьаьна Соьлжа-Г1алара хьехархойн институт йаьккхина хьехархо-биолог йу. Иза Цоци-Эвларчу №I школехь йуьхьанцара классашна хьоьхуш балхахь йу. И ший нус тхан йуьртара тайпана гунойх йу. Наурбек Соьлжа-ГIалара гIишлошйаран техникум йаьккхина ву, Тамара хьехархойн нститутан кхолагIчу курсера дIайаьккхина йу, марзоша, заочно дешаре йаьлча, сессшка ца лелийтар бахьана долуш. Раиса Харьков-гIалин политехнически инситуте деша йаха экзаменаш дIайелла йолуш, вайн махкахь тIеман кегаре гIаттина, деша йахаза йисира. Амма цул тIаьхьа бухгалтеран курсашка деша йаьхана, уьш чекхйаьхна бухгалтеран говзалла йолуш йу. Казбек вайн Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн иститутан ингалсан-Iарбийн меттанийн факультет йаьккхина, 10-12 шарахь берашна ингалсан мотт Iамош школехь болх бина ву. Амма хьехархойн алапна реза ца хилла, гIишлошйархойн говзаллаш караерзийна къахьоьгуш схьавогIуш ву. Тамара, Гелдаганрчу тайлана гIордалойх волчу стагах йисина, шен кертахь къахьоьгуш Iаш йу, цIеннана хилла. Цуьнан воккхах волу кIант Ислам Нохчийн Республикан тIемалойн могIаршкахь гIароллин гIуллакхаш кхочуш деш ву Веданахь. Кхин болу доьзалхой  цхьаццанхьа нисделларг деш, сом даккха гIерташ, хене бовлуш бу. Ткъа жимах волу Сулима школехь доьшуш ву. Раиса Эвтарарчу чермочуьнга маре нисйелла. Дика оьзда, Айзан цIе йолуш, марнана йара Раисин. Иза ша бухгалтеран говзалла карайирзина Аргунерчу заводашкахь коьрта бухгалтеран белхашкахь къахьегна йара. Иза йалале дикачу хьолехь бара оцу зудчун доьзал. Цхьа кIант, йоI долуш маренах йохар нисделлера Айзанан. И ши бер ша хене даьккхинера цо, цу берийн дегара цхьа гIо-накъасталла доцуш. Цуьнан йоI Цоци-Эвлахь дикачу нахехь марехь йу, шен кхиъна доьзал болуш, ша школехь хьехархочун болх беш йу. КIант, Хизар, вайн нуц, шена нисбелла белхаш беш, хене валуш ву. Айзанах, Дала генах латтавойла иассо да цунах, (рак) цамгар хьакхалой, цуьнан дIайалар нисло 2017-гIачу шарахь. Дала декъала йойла иза, йалсаманин хьаша йеш. ХIинца церан хьал марнана йолуш санна дац. Раисин воккхах волу кIант, Мохьмад, цуьнан да Хизар а йоккхачу Россин регионашкахь белхаш бан вахана Iан дезаш хуьлу. Ткъа Раиса туьканахь кассир, экспедитор хилла, буса 10-11 сахьт даллалц Аргун-ГIалахь, аренде эцначу г1ишлочохь, шен туька йиллина мах беш йу. Цунна гIо-накъосталла деш йу цуьнан ши йоI: Лариса, Мата, вайн чуьра кIант Казбек а.  Раисин жимаха волу кIант, Ахьмад, вара оцу туькана тавар деача, иза охьадассош болх беш, заочно Соьлжа-Г1алахь мехкадаьттан техникумехь доьшуш волуш. Техникум йаьккхина ваьлча, иза шен деца вахтехь бечу гIишлошйархойн балха лела воьлла. Раисин жимах йолу йоI, Мата, школехь доьшуш йу, т1е шен йоккхах йолчу йишин шина беран Iуналхо (нянька) хилла Iаш йу. Амма цо дика накъосталла до шен нанна туьканахь бечу балха тIехь. Жимчохь дуьйна, коьрталла лело шен деналла хир делахь дацахь, муълхха г1уллакх тIелаца шех бIабулуш йара Раиса. Дала гечдойла цунна, школехь директор лаьттинчу Нанагаев Iимрана «боьрша йоI» аьлла цIе тиллинера цунна. Иза чохь йолу классера бераш, Сулима – пайхамарна (I. с.) жинаш санна, Раисина муьтIахь хуьлу олура 1имрана. Цундела хIинца шен, шен вешин Казбекан а, коча ондда мохь биллина цо. Аргунера хьалхалера больницина дуьхьалахь, некъана арру агIорхьа хилла «Берёзка» олуш хилла кафен  гIишло аренде эцна, цу чохь дуучу сурсатийн туька дIайиллина цо. Цкъачунна пайдех гучудаьлла хIумма дац, тIехиндерг Делан карахь ду. Баттахь 250000 сом такхар деш схьабогIуш бу уьш, дийнахь 30000 соьме мах бар ца кхочуш. Пайда стенах вовшах кхетар бу хууш цкъачунна агIо бац. Иштта болх беш йу-кх вайн «боьрша йоI». Мацах, советан Iедал тIедеанчу хенахь тхан йуьртахо, Iамлин Iабдалхьажа вахана хиллера туьканахь махбархо (завмаг) болх бан. Цуьнан дега Iамлега аьлла хиллера боху луларчу Бугахьажас:
«Ванах, Iамли, хIунда вахийти ахь хьайн кIан цу туькана балха?» 
 – Нузарора ца хии суна иза цу чу воьдуш!», – аьллера Iамлис.
«Нузарора хуур ду хьуна иза цу чуьра аравоккхуш-м», – аьллера Бугхьажас Iамлега. Цул тIаьхьа туька Iедало тIейожийна, Iабдалхьажа набахте кхаьчна бохура. Цунна дайна, уьш декхаро хьавзабахь-м Заурбекана кхочур ду цуьнан дакъа. Дуьйцуш тамехь дацахь, сайн доьзалх лаьцна дуьйцу къамел дукха дахделла сан. Йуьртахошна тIедерзор ду вай кхин долу вешан къамел.


Рецензии