Цоци-эвлан сий лардина дика нах

ХIинца Цоци-Эвлана, дикаллин агIонехьара шайгара хьунарш дийлина нах дагабахкийта Iалашо йолуш хир ду сан кхин дIа долу къамел. Шемалан заманан къонахий бу йуьртахоша, махко бицбан йиш йоцуш болу. Царна йукъахь мехкан маршонехьа дуьххьара Воккха – Хьажица, цул тIаьхьа имам Шемалан наиб волуш, пхи бIе б1ахо йукъахь волчу бIан баьччин даржехь, Россин паччахьан эскаршна дуьхьала тIом бина шунойх волу, Доьвлатбин Оьздамар ву. Цуьнца доттагIалла лелийна, маршонан боламна шен даьхни ца кхоош, шен ши кIант оцу гIазотана Шемалан бIах дIатоьхна, тайпана мескаройх волчу (Г1ойтмаран йа Iалсолтин) Цоца ву. Цоци де цIе мескарошлахь, шайна йукъахь, къовсайелла лаьтташ йу. КIичин Iумас Цоци ден цIе ГIойтмар йу бохуш йийцина суна, иза шен воьалгIа да хиларна. Ткъа Мескар-Эвлара ВантIин Ахьмадан кIанта, ИбрахIима, Цоци да Iалсолта хилла бохуш чIагIдо. Бакъдерг Далла дика хуур ду. Цу хенахь Илсхана-Юьртара Киши–Хьажа шен хIусаме тIевуссуш хилла, ихIаройн тайпанах волу Гама–Хьажа ву тхан йуьртан, кху вайн мехкан а сий лардинчу дикачу нехан декъахь. ТIейогIучу заманахь хир долу хIумнаш кхайкхош, серагахь «дин» бина, иза хоьхкуш лелла Бета ву. Цхьаболчара шайх ву бохуш, амма шен тайпанах болчу йалхоша телхина стаг хетташ хьийзина волу. Амма цхьабакъду, цо хир ду мел баьхна хIумнаш, нахана гуш дуьхьала–м девлла. Имам Шемалан омранца Цоци цIарахь йуьрт йиллинчул тIаьхьа, Цоци–Юьртара маьждигехь имамалла, йуьртан къедалла дIакхехьна, тайпана Iаларойх волчу, Iабдал-Къедаран Iадданин дедас Моммута. Оцу даржехь иза чагIвинера Гама-Хьажа волчу воьссинчу Киши–Хьажас, шеца гIеметта хIоьттина вогIуш волу (15 шо кочуш) Эвтарара Баммат-Гира (Iовда) волуш (Дала даржехь сов ваккхийла и шиъ ший а). Цул тIаьхьа йуьртан къеда лаьттина гунойх волу Яхьиханов Дашин деда, Абубакар. Абубакар нахаца йолчу йукъаметтигна сихо, шога хиллачух тера ду. Цундела наха Iовдина тIе аьрзнаш хIуш хилла цунах лоций. Iовдас, маслаIатна йукъа вулий, барт беш хилла царна йукъахь. Абубакар къанлушшехь тIекхиъна Моммутан кIант Iабдал-Къедар, тIаккха къедалла цуьнга кховдийна йуьрто. Оцу наха бусалба динан хьехамаш беш, вон, дика шариIато ма-хьеххара дIадерзош, ийманехь латтийна йуьртахой. Iабдал-Къедар дIаваьлча цоцанхоша Майртуьпара цIе йаххана Iеламстаг, Айдамар-Хьажа, вехна валийна динан куьйгалла леладан. Цоцанхоша боккхачу ларамца тIелаьцна лелийна Айдамар-Хьажа, шайн хоржах ворхIазза Хьажин цIа вохуьйтуш. Амма шайн йуьртахошлахь и гIуллакх дIакхехьа ларалур болуш, Iелам болуш нах тIекхиъча, шайна тIехь имамалла йуьртахочо лело-м лиъна царна. Оцу лааман цхьадолу бахьана хила тарлуш дара бохуш, дисна нахалахь иштта дийцар. Iовда тобанаш дайта волавелча, хIетталц чIогIа гергарло Iовдица хилла волчу Айдамар – Хьажас цуьнца хилла гергарло хададар гучудаьлча. 1912-гIа шарахь Айдамар–Хьажа ворхIазлагIа Хьажин цIа вахана волуш, Iумрат дан, цоцанхоша шайна керла къеда билгала вина хиллера. Цу хенахь Эвтарара Iовда, цуьнца цхьаьна Шелара Соип – Молла, Майртуьпара Чиммирза – Шайх, Цоци – Эвлара Мани – Шайх, Сурхохира БатIал–Хьажа Iедало лецна Калуге хьавсийна хиллера хенаш тоьхна. Айдамар-Хьажина, Хьажин цIера цIа вирзича, ша дIаваккха йуьртахойн ойла хьаьвзина йуй хиънера. Цундела иза, тIедогIучу пIерасканехь хьалххе маьждиге вахана, мимричу охахиъна хиллера, ша хьалха ма-хаъара. Йуьртахой гулбелла бовлийтина, Айдамар-Хьажас: «Алхьамду лиллахIи раббил Iаламийна, – аьлла куьйгаш доIина лаьцнера. Цо лелочух ца кхеттачу наха, «амин» олуш, шайн куьйгаш айдинера. «Аша со гучуьра валарций дIаваьккха сацам бина хиллера, ткъа аса со цIа кхачарций, сайн даржехь со йуха а дIахIоттий! Бихьаккъис-сиррис-суратил Фатихьат», – аьлла дерзош «бисмилла» дешна, куьйгаш йуьхьах хьаькхнера. Цул тIаьхьа, сунт ламазаш динчул тIаьхьа, мимарна тIе хьалаваьлла шен рогIера хьехам бан хIоьттина хиллера Айдамар-Хьажа, бохуш дуьйцура баккхийчара. Йуьрто Веданара кхайкхина пурспоп валийнера, цу хенахь цуьнан пурбанца бен чIагIвеш ца хилла йуртан къеда йа йуртда. Пурстопе цоцанхоша аьллера: «Тхан Айдамар-Хьажина ала хIумма дац, иза оха ларамца Iалашвеш хIинццалц лелийна. Ткъа хIинца тхуна йукъахь тхан-тхайн Iеламнах кхиъна, цундела тхуна тIехь динан куьйгалла лело йуьртахо веза. Иза тхуна нехан йуьртарчу стагал лело атта хир волу дера. Ткъа иза ца дахь, йуьртан барт буху, тхаьшна йукъахь барт боцуш Айдамар-Хьажа латочулла, тхуна бертахь йуьртара Iеламстагца дин лелор гIолехь хета!» Айдамар-Хьажа Илсхан-Юьрта къеда хьажийна хиллера. Амма Илсхан-Юьрта дIакхелхинчу буса, иза наб кхетта волуш, пеш хьаьхна (чу кIур хIоьттина), валар нисделлера Айдамар-Хьажин. Лаьцна Калугехь волчу Iавдас, Нохчийчохь Айдамар-Хьажа дIаваьллачу Iуьйранна, шен накъосташка аьлла хиллера: «ДегIастанара Айдамар-Хьажин сийсара д1акхалхар нисделла, вай цунна докъан ламаз дан деза!» Ламаз тIаьхьара «Амин» олуш доIица дирзича, Iовдега накъосташа хаьттина хиллера:
«Ма гергара ши стаг вара шуьшиъ, херо хIун бахьана долуш йеара шуьшинна йуккъе?» Iовдас аьллера:
«Гергарло хадийнарг со вацара, Айдамар-Хьажа ша вара. 1аламат доккха Iилма долуш, нахалахь сийлахь стаг вара иза. Ша тIерикъатан тоба вайца карла даьккхича, шен сий лахло моьттина, дIахедира иза тIерикъатан некъах, вайх а. Дала гечдойла цунна, Дала йалсаманин хьаша войла цунах. Цоцанхойн дагтIера иза вожар, цхьадолчунна–иза вайна херавалар дара. Дала къинхетам бойла цунах». Iовдаьрца цу хенахь Калугехь хан йоккхуш Iийна Назархин Мохьмад, Цоци-Эвлара эвлайаъ, шайх Мани (Дала даржехь сов ваккхийла иза). Ткъа Iовдина оьшучунна накъосталлина дIахIоьттина Iийнарг Iовдин ши мурд – цоцанхойн лекха, лоха ши ИсмаьIал ву. И лекха Исмаь1ал 15-та шо Иркутскан округехь каторгехь, кхин кхоъ шо вольши поселенехь хан йаьккхина, тайнанна ширдех волуш цоцанхо хилла, 1овдица (Дала даржехь сов ваккхийла иза). Иза Вячеслав Шишковн «Угрюм-река» книгин турпалхо (Ибрагим-оглы) хиларан цхьацца билгалонаш йевлла тхуна гуча. Т1ейог1учу хенахь, Дала пурба лахь, оцу Исмаь1алах лаьцна ша къастийна цхьа киншка йазйан дагахь ду, иза лаьцна 1ийначу меттера архиван материалашна т1екхачар нислахь. Шайх Мани Iовдас, Устрада-Эвлара ИбрахIима (Дала къайле тайойла цаьршинан) кхийина эвлайаъ хилла, Теркаца йолчу йарташца шен муридаш болуш, Баммат-Юртахь (Виноградное), Чкъулга-Юртахь (Знаменское) зийарташ ду цунна дина. Оцу сийлахьчу Делан леша латтийна нохчийн къам динан, гIиллакх-оьздангаллин а гурахь. Шайх Манин (Дала къайле тайойла цуьнан) эвлайааллин караматаш дуьйцуш, цунах лаьцна Манин мурд лаьттинчу Сугаипов ШахIаба йазйина дуккха байташ. Уьш нохчийн матте гочйина, йазйина статья «Исламан зIаьнарш», «Машар» газетийн агIонаш тIе зорбане йахийтинера аса. Цул тIаьхьа сайн «Дуьненан дахаран хьаша» ц1е йолчу киншки тIехь дийцинера, Манех, цунан мурдах ШахIабах лаьцна, сайна мел хууш дерг йаздина охадиллина аса зорбанехь. Айдамар-Хьажел тIахьа масех къеда хийцало Цоци-Юьртахь: тайпана бенойх волу Сайд-Iали, гунойх волу Мошкъа, Эвтарара Махьат-Мирза, Куршлойн – Эвлвра Мусло-молла. ХIара тIаьххьара шиъ-м цоцанхошца Деникиннан эскарна дуьхьала йуьрт ларйан г1азоте х1оьттина, 1919-г1ачу шеран 12-гIа оханан (апрель) беттан дийнахь, Оцу газотан тIамехь вийна 372 стаг, шиъ зуда – 374 йуьртахо. Беллачийн цIераш билгалйохуш ас гулбиначу хаамашна тIехь 176 г1азот цIерашца билгалваьлла. ХIинца ши бIе гергга газотийн цIераш къастоза йисина. И болх йуьртарчу кхаа школан хьехархоша, йуьртан депутаташа тIелаьцна дIабахьа безара т1ейог1учу хенахь. Оцу тIамехь дIакхелхинчийн Дала гIазот къобал дойла. Вай дайша лелийнарг бен ца хеташ дицдина дитахь, кхане кхоьлина лаьттар йу вайн тIаьхьенийн. Мусло-моллин цу тIамехь дIакхалхар нисделла. Цуьнан тIаьхьенаш Куршлойн – Эвлахь йехаш йу. Мусло-моллин кIант, Ризван, боккхачу ларамца, сийдеш лелавора сан йуьртахоша. Махьат-Мирза чевнаша вожийначуьра Эвтара дIавигна, цул тIаьхьа иза товеллера. Цо мелла йаьккхинехь дуьненчохь хан йаьккхинера, шена Дала тоьхна хан чекхйаллалц. Цоци-Юьрт деникинцаша йоккхучу дийнах йаккхийн тоьпийн хIоънаша, тIоьхала хьийзачу шина кемано кхийсинчу бомбанаша дохийнера йуьртан рузбанан маьждиг. Цул тIаьхьа тIедеана советийн Iедал – массо динашца мостагIалла лаьцна чIагIделлера. Маьждиг дендан аьтто бацахь, рузба дар-м дитина бацара цоцанхойн. Уьш роггIана цхьацца нехан чохь рузбане гуллора. Эвлайаийн тIаьхьенаш, дешна Iеламнах советан Iедало денна дIалехош хиллера. Цу хенахь Цоци-Юьртахь къедалла лелош ТIалхьад хиллера. Иза тайпана Iаларойх волчу Моммутан, Iабдал-Къедаран цIийнах хилла. Нах рузбане гулбелла Iаш, молла кхойкху хан тIех1оьттинера. Хьалхенгахь кхойкхуш хилларг схьаван хьевелла хиллера. ТIалхьада тIаккха аьлла хиллера, бохуш дуьйцура наха: «Ламазна молла кхойкху хан хилла, кхайкхал охIла верриг». Цхьа меттах волуш ца хиллера. ТIаккха цо аьллера: «ХIинца кхойкху рагI соьгахь йу моьтту суна. Йуха маца хир ду-м ца хаьа сан кхайкхар. Тахана со кхайкха везар ву». Ара ваьлла ТIалхьад цу дийнахь молла кхайкхинера. Оцу дийнахь тIаххьара рузба дехкийтинера цо нахана хьалха ваьлла. Оцу буссехь дIавигна хиллера иза Iедалан жIаьлеша. Оцу вигарх кхин гина вац иза цхьана йуьртахочунна йа гергарчарна. 1925-1937-г1ачу шерашкахь мелла къайлах лелийра йуьртан къедалла Дадаев ИсмаьIала. Ша могаш стаг ца хилла ИсмаьIал, чуьйнан цамгаро (диарея) хьийзош. Нохчийн къоман дахар бусалбан динца лела дезачу гулкхашца доьзна ма дай даима: дуьненчу девллачхьанна эхарта дерзар тIехь. Цундела шена мел хала делахь, ИсмаьIала кхиабо хьуьжарехь дешарах йукъахбевлла бисина мутаIеламаш, Iарбийн элпаш девзина цIуьхIарш а. ИсмаьIала царах Iеламнах бо оцу луьрачу заманахь. Царна йукъахь бу тхан йуьртахой: Исмаилов ХI****, Шовхалов Iабдалхьамид, Садаев Iумар, Замхаев Iеламсолта, Саидов Зеламха, Саидов Докка, Гучигов Джебар, Солтаханов Рамзан, Исмаилов Жебар, Къусин Махьмуда, Эдилов Бетарсолта, Асаев Салавдди (эвтархо), Гелдганара Iийса, Хоси-Йуьртара Тата. Оцу наха вай къам махках даьккхинчу 13 шарахь, цул тIахьа цIа дирзича, бусалба дине, нохчийн оьздангалле, эхь-иймане безам латтийра холкъалахь, шайна тIекхевдина лаьтташ иблисан Iедал долуш. Дала шаьш дирзина эхарт йалсамани хилийтийла церан. Советан Iедал доха герга даххалц, М.С. Горбачовн «перестройкин» мур болабаллалц Цоци-Эвлахь къеда лаьттира Исмаилов ХIебал, цул тIаьхьа Йахиханов Даша, шен гIоьнча Исмаилов Суппен волуш. Даша, Суппен хьалхенгахь цоцанхошна рузбанехь хьалха буьйлуш ламазаш дайтинчу Абубакаран, ИсмаьIалан тIаьхьенех вара. Цаьршимма шайна тIе йуьртахой озийна дендан долийра Цоци-Юьртан рузбанан маьждиг. Оцу нехан цIераш ца йаьхча йевр йац йуьртахойн иэсехь йисийта: Iалсолтин Махьма, Доккин Мохьмад, Бугхьажин Iабдин Хьамзат, Талхадов Мохьадди, Мешин Юсупан к1ант Махьмуда, Минкаилов Iусман, Iабдал-Кедаран Iаддани (Моммутан кIентан кIант) сан да Хаьммирзин Мука тIехь – уьш бара рузбанан маьждиг дендан доггаха т1ебирзина нах. Хьаьттан (август) беттен хьалхарчу деношкахь 1989-г1ачу шарахь бух боттарна тIера дIаболийра рузбанан маьждиг дендеш дIахIотторан белхаш. Цул хьалха йурт каппашка йекъна, хIора куьпахь шишша стаг билгалвира йуьртахошкара сагIийна ахча гулдайта. Исмаилов Суппен оцу бечу белхашна йечу харжийн хьесап лелош кассир-бухгалтер вира. Оцу балхана цо йозанаш йаздеш лелийна вуьрхIитта тетрадь дара, суна сайн бIаьрга дайнарг.  Царна т1ехь дIайазбина бара мел эцна гIирс, царах йаьлла харж. Бакъду, бечу белхашна йина харжаш дукха йацара. Дукхах болу белхаш белхешка гуллучу кегийрхойн тобанаша, Делан дуьхьа беш хиларна. Наггахь йуьртахо ца висна оцу маьждиган белхешкахь дакъа лацаза. ЦIерашца уьш дIайазбан воьлча дуккха хан, кехат дезар ду – йерриг йуьрт  йагарйан. Цундела доцца аьлча: массо кибарчиг дIайилла хууш волу пхьар, сварка йан хуурш, бетон йота г1оралахь берш, штукатурщикаш, дечиган пхьераш, кир, басар лелорхой кхузахь жигара дакъа лаьцна бу и маьждиг дечу деа шарахь. Йуха, тIаккха Дела реза хилийла царна массарна, Дала йуьхькIай лелийтийла уьш дуьненахь, эхартахь а.  1993-гIачу шарахь бIаьста рузба дан долийра оцу маьждиг чохь. Массарал чIогIа къахьегна ву аьлла билгала ваккха вогIуш ву Мешин Юсупан Махьмуда, ИсмаьIалан Суппен а. ХIунда аьлча, Махьмудин «Жигули» йара йиллина оьшучунна дIахоьхкуш, бензинна цо йукъарчу ахчанах цхьа сом ца духкуьйтуш. Дела реза хилийла царна, уьш берриш бакъ дуьнена бирзина бу. Дала шен сийлахь, беза хьеший бойла царах. Маждиг дина даьллачул тIахьа имамалла лаьттира Йахьиханан Абубакаран Дашегахь, Абдулкъедаран Iадданегахь, Мадин Юнусан Хьусайнехь, Мазазин Кидин Сиражди церан гIоьнча волуш. Вайн махкара хьалхара тIом дIабоьрзучу хенахь, Шемахь (Сирехь) дешна ваьлла, Цоци-Эвла цIа воьрзу Хабзиев Iарби. Иза Iарбийн махка деша вахале, школехь доьшуш дуьйна, дика нохчийн мотт хууш, дешарх кхеташ жимстаг вара. Цундела цуьнан хьехамех дика тIеIаткъам хуьлура йуьртара нахана, къаьсттина кегийрхошна. 2010-гIачу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзан-Хьажин лаамца Цоци-Эвлахь керла, доккха маьждиг дира Iовдин Велин (Iелин) Азакин (Хьусайнан) кIентан Махьин (Мохьмадан) цIарах. Гелдганахь дина маьждиг санна, йуьртана йуккъехь, халхалерчу рузбанан маьждиган бух тIехь иза динехьара, дукха тамехь йуьртан куц исбаьхьачу агIор хаздарца хуьйцуш, сурт х1уттур дара йуьртана йуккъехь, хIинцачула иза дузар алсамо хуьлуш. Делахь, ма тов ца хилча ма торру, олуш ду-кх вайн нехан кица. Дела реза хилийла иза догIийтинчу вай куьйгалхочунна, Рамзан-Хьажийна, Дала могаш, маьрша лелийтила иза, оцу балхана йукъахь дакъа мел лаьцнарш а. Керлачу маьждигехь дуьххьара имам лаьттира Хабзиев Iарби, цул тIаьхьа оцу даржехь Iийра Пашаев Ислам, тIаккха имамалла дирзира Шидаев Iаднане, хIинца къедалла кхочуш деш Мусаев Шарудди-Хьажа ву. ДIауьду шераш, хийцало заманаш, адамийн тIаьхьенийн чкъураш. Дахарна тIаьхьа хьаьлхина доьлхучу вайн эсехь ца буьсу гонаха хуьлуш болу хийцамаш, баккхий, кегий хиламаш а. Амма, цхьа со санна «мукъачара», шен дан хIума цахиларна дIайаздинарг, цхьана дийнахь вайна хьалхалерчу заманера  хIума хьашт хилла мур беъча, вай цунна тIекхиа гIерташ къахьега доьлча, тIаккха кхаъ хуьлу вайна оцу «мукъачу» наха, къахьоьгуш йозанехь йитинчу лорах. Дешна Iеламнах санна оьшуш бу вайна хьехархой а. Iеламнаха, эвлайааша къоман динца долу ийман, син цIеналла, Далла тIетевжина хилар дийна латтош къахьоьгу. Амма диллина шен йоза, дешар дийна латтош доцу къам – дуьненан йукъарчу кхетамна аьрта хулу. Ткъа  йозанехь лелаш долу иэс тIаьхьенашна пайдаэца дуьсу, дайшкара диканиг дебо, ледарлонех, гIалатлонех лардала, цIандала гIо а деш.


Рецензии