Нохчийн йозанан кхоллам

Дуьненчохь денна хуьлуш лаьтташ хийцамаш, кхиамаш бу. Адамийн цивилизаци ламанийн хьехаш чуьра, тоьланашкара, поппаран гIишлошкара, таханлерчу гIаланашка йирзина. Ворданашкара диссина, машенашкахь, кеманашкахь, космосан ракеташ тIехь тIурнене гезйеш ду адам. И дерриг йоза, цуьнца Iилма кхиаран жамIаш ду. И берриге белхаш школехь элпаш Iаморна тIера буолалуш бу. Вайн къам йозанехь кхиаран боларехь генахь дисина кхин долчу къаьмнел. Дуьненан Iилманчаша-м дуьйцу, вайн къоман маттах тера мотт буьйцуш хилла бохуш, дуккха шира къаьмнаш б1ешерийн заманашкахь. Дуьненна цивилизаци йовзийтарехь хьалхе лелийнарш и вайнчух тера мотт бийцина къаьмнаш хилар ч1аг1деш. Цаьрца къуьйсур дац вай, амма таханлерчу дийнахь вайн йозанехь лелаш йолу абат (алфавит) оьрсийн «кириллица» олург йу. Вайн цхьана хенахь зайлйоза (клинопись) хилла боху кхечу къаьмнийн Iилманчаша, историкаша. Хиллехь-м дика ду иза, вай ца къуьйсу цаьрца. Амма вайн хьалхалерчу дайша йа иза, йа цунах тера кхин абат ца ларйарна, бехкен-м лору вай д1абахана вешан дай, шаьш пайда оьцуш, тIекхуьучу тIаьхьенашна и йоза йита, уьш лара цабаларна. Оцу бахьаница йозанехь лелаш вешан абат йоцуш ду-кх вай тахана. Оьрсийн паччахьо Кавказ дIалаццалц вайна йукъахь наггахь волчо пайда оьцуш, латинийн йа гуьржийн, йа Iарбийн графика (алфавит) хилла. Амма и нах вайна йукъахь пIелгаш тIехь багарбалла бен ца хилла. ТIаккха Бабилехь (Вавилонехь), Миттаниехь, Урартухь, Нахарехь, кхечанхьа а (вайчух тера мотт буьйцучу цу нахана) пачхьалкхаш денйечу хенахь, йоза оьшуш ца хилла теша, бохуш долу хаттар кхоллало? Оцу бIешерашкахь вайн къомачух тера мотт буьйцуш, къаьстина шайн пачхьалкхаш йолуш баьхначу: хетташна, хурриташна, урарташна, этрускашна оьшуш ца хилла теша дахарехь дешаран хьукматаш, тIекхуьучу тIаьхьенна йоза-дешар Iамийта. шайн пачхьалкхийн историн лар йовзийта? Хиллехьара вайн къомана кхаьчна хир ма дара церан йозанах цхьа дакъа мукъна.  Бакъду, цхьа шеко-м кхоллало кхузахь. Йа оцу вайчух тера мотт буьйцучу къаьмнийн хилла йоза, нуьцкъаша, гIоранца тоьллачу кхечу къомо, шен дола дерзийна хилла, иза шен ц1арах дуьненчохь аббат йина, йозанан кеп йу аьлла йоржуьйтуш,. Ткъа вайн йоза хилла къаьмнаш, дуккха шерашкахь, оцу т1амца тоьллачу къоман кога кIел дирзина, заманаш латтарна цу йозанах хаьдда техьа? Т1аккха ишттачу лоллехь масийтта чкъор хийцалуш Iийна цу къаьмнийн тIаьхьенаш, дешарна аьттехьа цайитар бахьана долуш, тIе и зайла йоза (клинопись) Iаламат чолхе хиларна, дайн йозанах хаьдда дисина хила тарло вайн къам аьлла а хета. Х1етте а бIешерийн йахаллехь цу тIаьхьенийн аьтто баьлла-м хилла, цу лоллех бовлуш, кху Кавказан лаьмнашкахь чIагIлуш орам хецна охаховша, деба Амма дайша дезар деш хилла йоза дIадаьккхинчарна дисна, вайлахь кхин денделла карла ца долуш. Оцу хьолехь маьрша даха доьллачу вайн къоман тайпанашна йисна цхьа аг1о ца хилла: шаьш йохка-эцарца мах лелоран гергарлонаш тесначу луларчу къаьмнийн  йозанах пайда эца хьовсар бен. Вай лакхахь дийцинчу дахаран хьелаша вайн йоза дедан хьал цахиларна, цундела кхевдина хир бу вайн къоиан жигарзой лулахойн йозанашка: гуьржийн, 1арбийн, кхиндолчу къаьмнийн йозанехь шаьш бечу белхашкахь пайда иэцархьамма. Ма-дарра хилларг-лелларг Далла дика хуур ду. Нагахь иза иштта хиллехь, вайн нохчйн маттаца йоьзна хилла бохуш йуьйцучу цивилизацин бийца цхьа бух хуьлу. Ткъа х1окху Кавказехь орам вайн къомо хецначул т1аьхьа, дитина дац вайн къам, д1асакхелхаш лелачу къаьмнийн гIеранаша, вешан йозанна т1е тидам бохуьйтуш тIедерза, маьрша даха хан йелла, т1амца т1елетарш латторна сих-сиха. Вайн къоман цу къийсамех лаьцна дукха йу историн агIонаш. Цундела вайна йоза Iамар, дешарна тIедерзар оьрсийн Iедало, мохк д1алоцуш, вайна тIе нуьйр тиллина йаьлча бен дола ца ло.  П. К, Услар, Къеда Досов ву-кх дуьххьарлера вайна абат нисйина ши стаг: цхьаъ – оьрсийн Iилманча, важа, Веданара вахархо, цу Iилманчина гIодеш хилла волу – нохчо а. Цу абатехь 37 элп хилла. И аббат дахарехь зуьйш, Услара Соьлжа–ГIалахь дуьххьарлера нохчийн берашна хьоьхуш йолу школа дIайиллина хилла. Оцу школехь деша охьахаийнера 25 нохчийн бер 1862-г1ачу шарахь. Дукхахдолчу берашна шера йаздан, деша Iеминера. Амма паччахьан Iедална лууш дацара нохчашна йа кхечу къаьмнашна йукъа йоза-дешар даржо. Цундела Услара, Досовс биначу балхах пайда оьцийла ца хилира вайн къоман. 1908-г1ачу шарахь нохчийн халкъан хьехархойх волчу Т. Э. Элдархановс абат йазйира оьрсийн (кирилицин) алфавитан бух тIехь, Усларан абатан кхачамбацарш дIа а дохуш. Иза зорбане йаьккхинера 1911-г1ачу шарахь. Къоман культура, литература кхиар йозанца дуй хууш йолу нохчийн къоман интеллигенци, ша кIеззиг бен йацахь, дешаран болх шуьйра баржа лууш хилла вай махкахь. Iедало мел дуьхьалонаш йахь ГIойтIахь, Итон-Кхаьллахь, Лаха-Неврехь, Соьлжа–ГIалахь школа -интернаташ болх бан йуьйлало. Бакъду, цигахь доьшуш дерш нохчийн хьал-таро йолчу нехан, совдегарийн, оьрсийн Iедалан даржашкахь болчу нохчийн эпсарийн бераш хилла. Нохчийнчохь школаш ца йахкийтахь, хьужарш йахкарна дуьхьала ца хилла цу хенахьлера Iедал. Бусалба дин дIакхехьа, халкъана йукъахь иза даржо, Iеламнах кечбаран Iалашонца йехкира уьш. ХIуьжаршкахь Iамош дерг Iарбийн мотт-йоза дара, ненан (нохчийн) мотт Iамош бацара. Амма дахаро гайтира, кхечу къаьмнийн мотт Iамале, шен къоман мотт йозанехь, бийцарехь шера хаа безаш хилар. Шен къоман мотт шера хиъча бен, Iарбийн меттахь долу Къуръан, Элчанан (I.с.с.) хьадисаш, нохчашка нийсачу маьIнехь нахе дIакхачалург цахилар хиира. Къоман шен йоза хила дезар къеггина гучудолу. ТIаккха цхьаболчу Iеламнаха, дукхахберш дуьхьала болуш, Iарбийн алфавит нохчийн маттана мегачу кепе йалийра. ХIХ–гIа бIешо чекхдолучу ХХ–гIа бIешо долалучу муьрехь Нохчийчохь оцу алфавитах пайда оьцуш, зорбане йаха йолийнера нохчийн маттахь книгаш, йаздинера жайнаш. Цу хенахь зорбане даьхнера Темирхан Шурахь (Буйнакскехь) Соип-моллин жайнаш. Нохчийчохь советан Iедал даржале оцу хьолехь хилла вайн йоза-дешаран хьал. Советан Iедало сихонца болийра вайн махкахь йоза-дешар къомана Iаморан болх. ДIайоьллу нохчийн маттахь дешар Iаморан школаш, моссо урок вайн маттахь хьоьхуш. Арахоьцу цунна оьшуш болу дешаран гIирсаш, хьуьжаршкахь дешна нах чекхбоху хьехархойн курсех. Массо бераш, г1еметта х1иттина кегийрахой т1ехь деша, йоза 1амо охьаховшийра. Цуьнца цхьаьна дIабаьхьира баккхийчарна йукъара йоза цахаар дIадаккхаран болх. ЛИКБЕЗАШ (пункты ликвидации
безграмотности) д1айиллинера массо меттехь советан Iедало. Сан нанас ша лелла бохура оцу ликбезе деша. Цигахь элпаш Iамош, уьш вовшах туьйсуьйтуш хилла. Шен цIе, фамили йазйан мукъана Iама везаш хилла цигахь. Коммунистийн Iедалан къоме йоза-дешар Iама дайтаран коьрта Iалашо хилла, тIекхуьуш долу къона чкъор шайн иблисан идеологина муьтIахь, Делан динах хаьдда долуш, кхиийтар. Оцу идеологин чулацам болуш х1иттийнера дешаран программаш, газетийн, радион кхеторан белхаш. Iедалан Iалашонаш мел зене тIеIаткъам бийр болуш хиллехь, йоза-дешаран болх буьззина дIахьош хиларо, къоман дахаран кхетам шорбира, гонахарчу дуьненах дерг довзар алсам даьккхира, халкъ хааршкахь сов долуш хьал дIахIоьттира. 1922-г1а шо кхаччалц Нохчийчохь лелаш долу йоза Iарбийн алфавитан бух тIехь дара. Иза  А. Тухчаевс, Т. Элдархановс хIоттийначу абатца дара. 1922-г1ачу шарахь Сугаипов ШахIаба тойина, мелла нохчийн меттан аьзнашна герга йалийна, Iарбийн алфавитан бух тIехь нисйинера нохчийн абат. 1927-гIа шо кхаччалц оцу алфавитца дIадаьхьира вайн махкара йоза-дешар. 1925-гIачу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан йоза-дешар латински графике дерзоран болх болийра вайн махкахь. Шина шарахь латинийн графикин элпех лаьтташ йолу абат кхоллира Нохчийчоьнан Серлонан министерствос. Дукхах долчунна Iедалан лаамца дара и йоза хийцар, хIунда аьлча, Iарбийн графикица долу йоза, иза бусалба динна герга хилош дара нохчийн къам. Ткъа и Iедал, ша кога мел доьду, цхьа дин леладайта дагахь дацара цхьана къоме. Цундела 1927-г1ачу шарахь дуьйна йоза-дешар нохчашлахь латинийн графикица дIакхоьху 1938-г1а шо кхаччалц. Цул тIаьхьа кхоьллира тахана вай йоза-дешарехь лелош долу оьрсийн алфавитан бух тIехь долу нохчийн меттан йоза. Оцу йозано вайн таро хилийтира оьрсийн йерриге классически литература, культура, Iилма, дахаран кхинйолу агIонаш йовза, цуьнан йукъараллин кепах иэн, говзаллаш карайерзо, вешан оьздангаллин мехаллийн мах хадо, диканиг схьаэца, вон дерг йемал дан, цунах хера довла. Амма цуьнца цхьаьна шортта Iесаллин амалшца берта даха гIо  а дира цу балхо. Делахь а, ишттачу хьелашкахь дахчалуш, халонаш ловш бен ца дахало бусалба кегий къаьмнаш керистанийн имперешна, пачхьалкхашна йукъа нисделча. 23-г1а оханан (апрель) беттан дийнахь, 1923-г1ачу шарахь арадолу вайн дуьххьарлера нохчийн газета «Советская Автономная Чечня». 1925-г1а шеран бекарг (март) баттахь дуьйна «Серло» бохучу цIарца зорбане дуьйлу и газета вайн маттахь. Ткъа 1934-г1ачу шарахь дуьйна нохчийн газета «Ленинан некъ» ц1е йолуш зорбане дийла долало. 1944-г1ачу шеран 23-г1а чилланан (февраль) беттан дийнахь дуьйна 1955-г1а шо кхаччалц нохчийн къоман, ур-аттала шен къоман ц1е т1ехь, советан 1едало, Сталина зорбанера д1айайина – къизаллин, харцонан а мур лаьтта вайн къомана т1ехь. 1955–1957-г1ачу шерашкахь, вайн къам Кавказе дерзаза долуш, Казахстанехь арадала дуьйлира нохчийн маттахь «Коммунизман байракх» цIе йолу газета. Вай къам вешан махка дирзича, 1957-г1а шарахь дуьйна цу газетан цIе «Ленинан некъ» хилира йуха. Амма М.С. Горбачёвс «перестройка» йолийначул тIаьхьа (1985-г1ачу шарахь дуьйна) цу газетана хьакъ йолу «Даймохк» цIе тиллира. Оцу цIарца шен кхетош-кхиоран, хаамийн декхарш кхочуш деш схьадогIуш ду иза тахана. Газета вовшахтоьхна арахеца, кхинйолу говзаллаш карайерзо йоза–дешар хууш нах беза, пачхьалкхан куьйгалла дIакхехьарна бист кхаччалц. Цундела хьахийнера вай лакхахь йоза-дешар Iамош йолу школа, оцу школехь болх дIакхоьхьуш болу хьехархой а. Советан Iедало йуьхьанца цу балхана, хьехархой курсашкахь Iамабеш, хьуьжаршкахь дешна нах кечбинера. Иштта хьехархой хилла бара Цоцин-Эвлахь: Цакаев Кана, Кусаев Зайнди, Ладаев Мохьмад, Саидов Жебар, Йалхоев Баха, Цаьнцаев Киназ (шелахо), Ахъядов Мохьмад (гелдаганхо), Эдилов Бетарсолта, Йахиханов Даша, Висханов Зайнди, Зайпулаев Бетарсолта. Вай махках даьхначуьра цIа дирзинчул тIаьхьа бира школашкахь йуьхьанцара классашкахь берашна нохчийн йоза-дешар Iамош, ц1ера дахале школехь хьехархой болх биначу Саидов Жебарс, Кусаев Зайндис, Цакаев Канас–шаьш пенсе баххалц. 1960-гIачу шерхь дуьйна педучилишеш, институташ йаьхна йа заочно доьшуш болчу ночашийн, арахьара схьахьовсочу оьрсийн йа кхечу къаьмнийн хьехархоша Iамо долийра вай школашкахь бераш. Лакхарчу классашна дукхахйолу урокаш луш оьрсийн къоман мотт буьйцу хьехархой хуьлура, Россин регионашкара вай долчу хьовсийна. Цу хенахь тхан йуьртахь тIекхиънера хьехархойн къона чкъор: Эдисултанов Олхазар, Мусаев Яхъйа, Тасуханов Султан, Тасуханов Майрбек, Тасуханов Бади, Мухадиев Январ, Джукаев Сайд-Хьаса, Джукаев Хьаса, Мешиев Юнус, Мешиев Хьайдар, Демильханов Хизар, Мазазаев Сиражди, Абдулкадиров Якъуб, Исраилов Илес, Тасуханова Яха, Межиева Хьавраъ  – уьш беригге заочно доьшуш йа педучилищеш йаьхна бара. Институт йаьккхина Цоци-Эвларчу школехь хьоьхуш нохчехь сой, Доккуев Турпал-Iелий бен кхин цхьа вацара 1964-г1ачу шарахь. Бакъду, арахьара схьахьовсийна беригге хьехархой институташ йаьхна дипломашца бара. Йурт стамйеллера, бераш цхьана школана чу шина сменехь а ца тарлора. 1969-г1ачу шарахь дIайиллира керла йина школа 320 дешаран меттигашна лерина. Амма цу школан гIишлонна чу дIатардан дийзира бархI бIе сов бер. Цигахь куьйгалла дан со х1оттийра Шелан РайОНО - с 1969–г1ачу шарахь. Ас шина шарахь гергга директоран болх бира цу школехь, амма, сайн сонталлина, шолгIа зуда йаллийна аьлла цIе йарна, куьйгаллера воссавайтира со сайн бехкана. Болх дика дIанисбина, школа хаза кечйина, хьехархойн коллектив бертахь йолуш, берийн дешар кхиамца дIадоьдуш дара, Шелан кIоштан куьйгалхой реза болуш долу хьал, шолгIа зуда йалоран бахьанина дуьйхира сан. Цунна бехкен со-со вара. Ткъа иза ша хьахо дезаш х1ума ду.
         


Рецензии