Ирс лардан ца хуучо, ша-шена ор доккху
Со тусуш болчарна хьалха «стаг хила г1оьртина», шолг1а зуда йаллийна боху ц1е йира аса. Доцца аьлча, айса-со кхоьссира нахала валаран ц1ерга, тIаьхьа хиндерг шера, ма-дарра хаа хууш. Зуда йалон со ир-кара х1иттийнчарна дегахьаам хилар нисделлехь, берийн, х1усамненан дог дуохор, сайна ца лозу корта бехкар хилира. Делахь а, со тусуш хиллачу гонна сайн «къонахалла» гойтуш со чекхвелира. Амма сайна тешаме хиллачу хIусамненан, вайн наха ма-аллара– «букъ бойра» ас. Iедало белхан даржара воссор вуй ца хууш вацара, доьзална тIе кхин зуда йалийча. Т1е доьзалан ненера йаьлла цхьа ледарло йацара, со иштта адамаллех воьхна хьовза. Йа керла далочу «нускалан» хазаллех Iехавелла лела аг1о йацара. Дуьххьала дIа, йаллийна аьлла цIе йархьамма, дара дерриге – кхо бер, зуда бухахь йолуш, малх-аккъара бина кхардам! ТIаккха со школерчу куьйгаллин балхара Iедало вохийра, доьзалехь хила йеза оьздангалла ца ларйарна («за аморальное поведение»). Цу школехь хьехархочун болх бан-м витира со. Иза аса айса-сайна, сайн доьзална, хIусамнанна дина зен, тешнабехк хиларна, со къера вара. Амма хилларг хилла даьллачул тIаьхьа дара иза. Делахь, байттамална тIаьхьа, атталла топ кхиац. Куьйгаллера воьхнехь, сайн хьехархо балх бичхьана волуш дера вара со-м цу школехь. ХIетте а, «ас-со» бохург меттахдаьлла даьллера суна чохь цу хенахь. Цундела, мацах мезашна оьгIаз ваханчо шен кетар йагийна бохург дина, со хахкавелла жа дажо вахара Ростовски областе сайн шича, девешин кIант, Iалман волчу. Иза дара оханан (апрель) бутт бовш 1971-г1ачу шарахь. Кхузахь жа1уьнан алапа лакхара дацахь, Iахарий дика кхиийча, уьстагIийн тIаргIа, 1едало тоьхначу барамал (планал) сов баьлча, хьехахрчо шарахь доккхучулла алсам преми лора, пачхьалкхан меххьа машен йазйора, 40 уьстагI, кхо-биъ корта бежна бакъо лора кхаба. Амма куьйгалхошца бертахь хьан йукъаметтиг хилча, долахь долу даьхни кхин сов даьккхина кхабан таро хуьлура. Далийна керла «нускал» соьца жа дажош лела ца дешира. Иза аса, жа тIера кехат йаздина, йита бокъо йелира сайн дешичин кIантана, Iаьндина. Цул тIаьхьа цIа йалийра берийн нана, Тумиша. Дала шен зерех со чекхвохуш вуй хууш вара со, сайн сонталла бахьана долуш. Цундела Шен бакъон тIехь со нисвар, сайн къиношна гечдар доьхуш вара со Деле. Эха шарахь шичица жа дажош болх бира ас, 1ахарий нанойх д1акъастош, керла жаш царех вовшахтоха долийча, аса тхуна луларчу «Первомайский» колхозера жа тIелецира дажо, со коьрта жаIу волуш. Ц1ера схьабалийра аса сайн доьзал, ваша Асланбек, тхан да Муку, хIусамнана Тумиша. Цигахь беа баттахь бен болх ца бира оха. Асланбек, цуьнца тхан йуьртара Тимаров Бадрудди, Эдильханов Вахита Ставрополерчу гIишлошйархойн техникуме дIаэцнера деша. Цундела Асланбек деша дIавахийта дийзира сан, уггаре а тхуна накъост оьшучу хенахь, жеца дика дIанисделла довлале. Тов беттан (сентябрь) чаккхенехь, Асланбек деша дIавахча, со арахьарачу тхайн д1асавала дезча, сан дена, Тумишина тIехь дисара жа Iалашдар. ХIунда аьлча, со 5-6 чаккхарма жоьйлера генахь йолчу йуьрта тхаьшна напхин сурсаташ дан йа отчёт дIайала, йа цхьацца гуламе кхайкхича, оьшучу кхиндолчу г1улкхашна йуьртарчу конторе лела везара, коьрта жаIу ву бохуш дIайазвина хиларна. Масех жах дIакъестош, шайн нанойх даьхна, цхьаьнатоьхна 1200 Iахар цхьаьна ийна, жа хилла лелийта йуьхьанца чIогIа хала хуьлура, уьш вовшех ийна д1ашарделла довллалц. ТIе оцу колхозехь йалтанаш дийна аренашца нислучу туогIенашна, боьлакашна, чухула дажо дезаш хуьлура жа, йалта хьаькхна даллалц, кхии дажо йеса меттиг цахиларна. Цул сов, буса уьш чудохка, го бина гIота йацара кузахь кечйина. Тхоьга ворданна йожа йелла говр, старалла башха, кхин шен болар хуьйцур долуш йацара йолайаларехь. И йерриге халонаш эшош, хьоьгуш долу къа шен бIаьрга гича, оцу жах догдаьллера сан ден. Ростовн областера жаш гуьйранна дIакхолхуьйтуш дара гIалмакхойн махка гуьйренан, Iаьнан хенаш цигахь йахийта. «Первомайский» колхозера жаш а дара гIалмакойн махка дIакхалхош. Цигахь цаьрца Iа даккха кечдинера божалаш (кашараш), докъаран раьг1наш, жаIуйн доьзалшна чохь Iан цIенош. ГIаш лаьхкина дуьгуш дара жаш, кхо-йиъ бIе чаккхарма некъ беш. ГIалмакхойн ара дIакхалха массо кечам хилла баьллера тхан а. Жа лелор кара дирзина, оьшу гIирс вовшахкхетта, уьстагий ларгарх, лийчадарх чекхдевлла дара. Цхьана кIиранах новкъа довла дезаш долчу хенахь, сан дас тхоьгара жа дIаэца БухIанан – Юьртара стаг валийра. Иза Iалашдан жа лоьхуш веана хиллера, тхан лулара жа тIехь болчу нахе. Цига ша хьажа-хIотта ваханчуьра, дас иза тхоьга схьавалийнера. Цхьа дош делла нехан стаг валош да схьакхаьчна хилча, ден дош дохадойла ца хилла, ас колхозан председательца барт бира йуха шарахь кхуза йуха жа тIе ван, сайца къона белхалой балош. Цхьаьна уьйр лаьцна, Iемина даьлла жа дIаделира оцу стаге оха. Колхозан председатела бинчу балхана тхуна догIу ахча, бен шиъ уьстагI йазбира. Тхо шина уьстагIан жижиг дохьуш цIа дирзира. Йуьртахь со йуха школе хьеха балха вахара, хьехархой цу муьрехь тоьаш бацара вайн йарташкахь. Дукхахберш Нохчийчу кхечу Россин регионашкара схьахьежош бара, вайн Дешаран Министерствос дехарш дина. Йуха шарахь бекарг (март) баттахь сайн ваша Аьрсмик, цуьнан зуда Рукъийат, сайн доьзал эцна йуха вахара со «Первомайский» колхозе жа тIе. Цигахь доьзалшца ши шо даьккхира оха. Цигахь со-м дикачу белхалошца «Сийлаллин уьн» тIе дIайазвина, дика белхало лоруш вара. Жаца кхелхина галмакхойн махка вахча, соьца лулахь нисвеллера, гIалмакхойн совхозан даьхни дажош волу, Рошничура Абраил цIе йолуш волу нохчо шен доьзалца. Оцу гуьйранна Iедало цуьнгахь долу даьхни жижгана дIадала дигна, кхин даьхни тIедалоза долуш, шен долахь долчу даьхница виснера иза, Iаьнна бина цхьа кечам боцуш шен кашарехь. Ур-атталла бежнашна хи малош йолу ной йа, даьхнина хи мало нисбинчу гIирсаца, гIу йоцуш. Шелйалале кхуьур ву ша бохуш, Iийна хилла там бара иза-м и кечам ца беш. Амма, цкъа шен бежнашна говр хаьхкина тIаьхьаваьлла воьдуш, говр йуьхьар йоьдуш, охьакхетар нисделлера цуьнан. Эццахь динбухк бойна, белш чуьрайалар нисделлера цуьнан. Тхо лулахь 300-400 метар бен кхин йукъ йоцуш Iаш хиларе терра, вовшашца чукаре йолуш, мерза Iаш дара. Гуьйре шийло йеанера оцу шарахь. Мох-м цигахь биллина хьоькхуш ма бай, Iай шело, аьхка йовхо Iоткъуьйтуш. Абраила веана соьга дехар дира, ша цIа вахана, лоьрашка шена тIехь цхьа пхьола дайтина йухаваллалц, шен доьзална Iуналла дар тIедожош. Нагахь ша йуха верзале ло диллина хьал хIоттахь, докъарций, хиций шен даьхнийн дола дан хьажахьара хьо аьлла, вахара иза. Бусалба волчу махкахочо иштта дехар дича, кийрахь нохчочун дог долчу стага хIан-хIа, олийла дарий? Ас, цуьнан некъ дика беш, кхуза са ца гатдеш, сихха товала хьажа элира цуьга. Оцу гурахь, суна цхьа чаккхарма гено волчу, Турченко бохучу тхан колхозера гIазкхийн жана йукъахь гирза (чесотка) даьржинера. Тхан фермин лоьро, зоотехнико а соьга сихха жа лийчо дига элира, и гирзийн ун хьайн жена тIе даржале. Пхи-йалх чаккхарма генахь йолчу жа лийчош йолчу меттера, лийчина жа тIеда долуш, цIа лохкуш гуьйренан шийлачу мохехь шеллахь, царна пехийн цамгар хьакхалахь, бехке мила хир ву, элира ас зоотехнике, бежанийн лоьре а. Шаьш жоп лур ду элира цара. ТIаккха кехат йазде элира ас, суна жа лийчадар тIедожош. Цара и кехат йаздира суна. Ас жа лийча дина, кашаре схьадалийра гуьйренан мохехула лаьхкина. Жа лийчочу меттахь, лийчина тIеда жа дакъадаллалц чулахка йина мох ца кхетийла йацара. Оцу баттахь сан цкъа ца беллачул (10 ) уьстаг белира, пехийн цамгар кхетарна. Иза эсаран (октябрь) баттахь дара. Шина баттахь цкъа кхочуш меттиг нислора «Первомайский» колхозера коьрта зоотехник, председателан гIовс (заместитель) тхо долчу гIалмакхойн махка отчёт схьаэца. Уьш отчёте бахкале, лахьан (ноябрь) баттахь кIоргга ло дIиллира. Сан лулахо Абраил йухаверза хьевеллера. Цуьнан долахь даьхнина докъаран кепаш (туькаш), уьстагIашна жарж, тIе иза чубохка 3-4 ной (риштак) йахийтира аса со волчуьра царна. Цуьнан уьстагIий, бежнаш сан гIу тIелохкуш дара хи мало суьйранна, цхьана лар тIехула дIаса дохуьйтуш. Сан жоьллина гена йацара тхан Iедал гуллуш йолу контора. ГIалмакхойн даьхнилелорхочунна со гIо деш хилар цхьамма дIахаийтинчух тера дара «Первомайский» колхозан Iедале. ХIунда аьлча тхан Iедал тIехь лелаш йолу машен, «УАЗик», со волчохь ца соцуш, сан лулахой болчу кашаре йахийтира тхан хьаькамаша, дийнахь лулахоша туькана боьлхуш йиллинчу салазан лар тIехула. Цигахь шайн колхозан докъаран кепаш, уьстагIашна жарж луш йолу нойш, ши-кхо гали жарж гича, со, сайн уьстагIашна йуург иэшайеш, лулахойн даьхни дустош верг леринера отчёте баьхкинчара. Отчётна веанарг вара колхозан председателан гIовс (заместитель) коьрта зоотехникца. Лулахойн кошарера йухабогIуш соьга отчётна конторе дIавола элира цара. ХIинццалц санна чубаьхкина ца Iаш, уьш конторе дIабахарехь хиира суна, царна тIе цхьа арз кхаьчна хилар. Эсаран, лахьан (октябрь, ноябрь) беттанашна отчёт йара дIалушйерг. Сан белларг 15 уьстагI бара оцу шина баттахь. Уьш дерриш пеххийн цамгаро дайина аьлла лоьран справкаш йара соьгахь. 15 кхакха, и справканаш эцна со конторе воьду. Со дIакхачале суна хIоттийна лаьтташ доккха акт дара, со, сайх тешийначу уьстагIашна йуучуьнца гIело хIоттийна, колхозан жа хIаллакдеш ву аьлла. Акт суна хьалха дешийта охьадилира, цу тIе куьг таIаде олуш. Деша дешна, ас элира: «ХIинцехь милици схьа хIунда ца кхойкху аша, со чуволла дIавигийта? Шуна лулахойн кашарехь гина докъар, 2-3 гали жарж, 3-4 риштак цаьрга йуха лург, уьш декхар беш йелла йу. Вайн пачхьалкх капиталистийн пачхалкхашца декхарийна, лург махбар, гIодар лелош Iаш ма йу. Ткъа и сан лулара г1алмакойн бахамашкахь къахьоьгуш белахь, вайн советский адмаш дац, церан де эшча царна гIо дар «преступление» йу? Турченковн жана гирзаш даьлла аьлла, кхузарчу зоотехнико, ветеринаро, со дуьхьала волуш, соьга жа лийча дайтира. Купкехь уьстагIий лийчийна чул тIехьа, чулахка меттиг йац шун кечйина уьш дакъадаллалц. ТIеда долуш 5-6 чаккхарма генара лаьхкина кашаре далош уьш шеллур ду ас бохушшехь, и шиъ къар ца велла, жа лийчийра. Со кхийринарг хIинца хилла лаьтташ ду. Сан-м х1инца цхьадолу уьстагIий, йовхарш йетташ, пеххийн цамгаро хьийзош хиларна, къастадина, молханаш даош ду, жоржах молханаш детташ. ТIе и делларш оцу бахьанина делла ду. Оцунна тешалла деш соьгахь, жа лийча дайтарна, уьстагIий даларна, хIокху фермин зоотетехнико, лоьро тIе куьйгаш таIийна справканаш йу. Цундела шайн акт ас дийцинчуьнца нисде. Кхин цхьа хIума ду. Сан жа йукъара уьстагIий цамгаро иэго долийча, соьга жа лийча дайтинчара дерриге жана баочу жоржан барам шозза сов баккхийтира. ХIинца щайна лаахь, оцу хьесапца сан бисина жарж оза, докъаран рагI а йуста, ас мел зен дина хьовса колхозана. ТIаккха вайн къамел цхьана нийсачу новкъа доьрзур ду. ХIетталц аса цхьанхьа цхьа куьг таIор дац». Ас дуьйцург тIе ца йийцира цара. «От росписи отказался» аьлла, буха йаздина, делла уьстагIий соьга такхийта сацам бира колхозан шина хьаькамо. ГIуллакх цу агIор хьавзош делахь, ас со суьде вер ву аьлла, тхо дIасакъаьстира. Сан гIуллакх колхозан правлене даьккхинера. Со ма вара цу шарахь 800 Iахаран метта 1200 Iахар кхиийна, пхеа кийланан метта, йалх кийла хIора уьстагIна т1ера Iедална тIарга дIабелла. Правленехь участковый зоотехнико, лоьро тешалла дира, ас лакхахь, со бехказа вуй хоуьйтуш, дина къамел бакъ деш. Правленин декъашхойн сацам хиллера со балхах мукъа ваккха, хьаькамех дага ца волуш, ас лулахочунна гIо дарна. Амма хьегначу къина догIург, расчёт йечу хенахь, дуьззина доьзална дIакхачо дезар чIагдеш. Колхозан председатель Усатов соьца дика къамел догIуш, шегахьара озабезам бар долуш вара. Дукхахдерг, Делан лаамца, председатела нисдина хир долуш дара и гIуллакх иштта. Керла шо доладалале схьакхечира Абраил, цхьадика товелла. Чилланан (февлаль) беттан чаккхенехь соьца расчёт йира колхозо. ТIекхечира бекарг (март) бутт, гIалмакхойн аре дIалаьцна ло делахь, сайгара пачхьалкхан жа кхечуьнга дIадалале, ас сайн доллара уьстагIий Абраил волчу кашаре дIадигийтира сайн веше Аьрсмике, Абраилан веше Вахега. Фермера зоотехнико, лоьро соьга Абраил волчу цхьа прицеп докъар, 10 гали жарж бахьийтира, керла жаIу схьавале. Сан доьзална йохйаллалц чохь Iан ценральни усадьбехь меттиг билгалйира. Оцу шина хьаькамо трактор йелла, аса Абраила гонахарчу кашарашкахула 12 гали жарж, 100 ца коччуш докъаран кепаш гулйира. ХIинца Абраилан хене волийла дара тхойшинан даьхни лардеш. Пачхьалкхан даьхни цуьнан кашаре цу Iай дала ца дира. 8-г1а бекарг (март) беттан дийнан даздар дIадирзича, схьакхечира керла жа1у Касимов Иван шен зудчуьнца Маринкица. Шайн бер доцуш дара и ши адам. УьстагIий дагардина дIаделла, цул тIаьхьа кхин болчу гIирсийн хьесап дина, иза дерриг акти тIе йаздина, куьйгаш таIийна, кхин дIа долчу дахарехь вовшен аьтто хилийла аьлла, тхо конторе схьадаьхкира. Цигахь тIаьххьара «синкъерам» бина, оцу шина хьаькамна вожжалц малар мийлийна, буьйса йаьккхира оха тхайна къастийначу керлачу хIусамехь, кхин тхайн ларчанийн шеддаш ца достуш. ШолгIачу дийнахь, докъар дохьуш кхуза Элистара йеанчу машенна тIе тхешан тIелхигаш йоьттина, Абраилан гурралц Iадика йина, ц1а дахка новкъа девлира тхо, масех сохьтеъ некъ бича Элиста кхочуш. Цигара шиъ такси лаьцна Цоци – Эвлахь диссира охьа. ГIуьйранна Абраил волчуьра 100 ца кхоччуш уьстагI вайн цIа балийна, уьш дойуш, церан жижиг дIадоьхкира. Абраила цу уьстагIийн тIергIанах хилла ахча схьатесира. Дика адам дара Абраил, хаза оьзда доьзал бара цераниг. Абраилал жимах волу ваша – Ваха, йиша – Хамсат, зуда Роза – чIогIа бертахь Iаш бара уьш. Царна гено узуш долчу гIалмакхойн хьелашца кашарехь балхахь Абраилан деваша Изнаур вара. Рошничура дуккха нах бара цу гIалмакойн арахь жашций, дохнашций: Хьату, Абраилан стунваша Къурайша, шича Сайд-Мохьмад. Амма нохчел алссам Дагестанера къаьмнех нах бара цигахь. Со цигара цIа вирзина 5-6 шо даьлча, Iаьнан заманчохь, Абраилан суьйлийн карах валар нисделла бохуш хезира суна. Тешнабехк беш, топ тоьхна вийна хиллера иза. Дала гечдойла цунна, ледара воцуш, тIахъаьлла стаг вара Абраил. Оцу суьйличо, цуьнан дакъа дIалачкъадарх, цкъа шен кашарехь, йуха эрна арахь д1ахьулдарх лаьцна, дийцинера суьличо чувоьллинчохь шеца камери чохь волчу тутмакхе, шаьш малар меллачохь. Оцу тутмакхо суьйличо шега дийцинарг гучудаккхар бахьана долуш, Абраилан дакъа карийнера. Иза верах ма-дарра лаьцна дийца дукха ду. Цундела иза ша дийца дезаш къамел хиларна, оцу тIехь сацор вай цунах дерг. Дала харцо «гIа-буц» айкх далийтина, гуча йоккхур йолуш йу, къайла ца йохуьйтуш. Делан кхел лелла Абраил вийначу оцу суьйличунна тIехь а. Ткъа тхуна Абраила Iалашдинчу уьстагIехь хилларг 15000 сом ахча дара. Цул хьалха премиальни кхаьчнарг дара 6000 сом. Иштта оцу шарахь тхуна алапна хIора баттахь луш долу 300 сом доцург веа белхалочунна, кхин тIе 21000 сом пайда нисбира Дала. И ахча оха дийкъира нисса шина декъе, 10 эзар ах эзар хIоранна кхочуьйтуш. Ас цу ахчанах. гIеххьа чохь Iан цу хенахлера хIусам т1ехь йолуш, дакъа йицира 12-14 соти латта долуш. ТIе баххаш буттуш, цIеношна кибарчигаш, дечиган гIирсаш нисбира. Кхин эрна хан ца йойуш, айса хьалха болх биначу школе хьехархо вахара, нисса экзаменийн мур тIехоьттинчу хенахь, хьалхара оханан (апрель) баттахь дуьйна. Тамашийна хIума хIун ду аьлча, оццу дийнахь, кхо шо хьалха куьйгаллера воссийна ма варий со цу школера. Кхузахь хIинца шортта йуьртара керла хьехархой бара, институташ йаьхна шайн дипломаш долуш. Математика хьоьхуш Гарсиев Шамсудди вара, химик – Закриев Ваха, историк – Ахмадов Шарпудди нохчийн меттан, литературин хьехархой – Орцуев Хири, Демеев ИсмаьIал. Географи хьоьхуш вара Пассанов Гумади Нажай–Юьртан кIоштара гендаргано. Сол тIаьхьа цу школехь директоран декхарш кхочуш дира оьрсийн кIанта, Магин Дмитрий Фёдоровича 1971–г1ачу шарахь оханан (апрель) баттера хьаьттан (август) бутт болабаллалц. 1971–г1ачу шеран хьаьттан (август) баттахь дуьйна директоран дарж Висханова Свете кховдийнера Шеларчу РайОНО-с. Цо шина шарахь гергга бира директоран болх. 1973-гIачу шеран гIуран (декабрь) баттахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н комсомолан Обкоме балха дIайигира Света. Светин да, Висханан Зайнди, Ленинна, цо кхоллинчу коммунситийн партина чIогIа муьтахь стаг хиллачух тера ду. Вайн къам 1944-г1ачу шеран 23-гIа чилланан (февраль) беттан дийнахь махках даккхалц, Нохч-ГIалгIайн Обкомехь куьйгаллин балхахь лаьттина стаг вара Зайнди. Вай йуха махка дирзинчул тIаьхьа тхан йуьртарчу »Автуринский» совхозан шолг1а отделенин управляющийн даржехь болх бира Зайндис дIадаханчу бIешаран кхузткъолгIачу шерашкахь. ХIора шарахь совхозашна, колхозашна цу хенахь советан Iедало кхочушйан тIейожош гулдан дезачу йалтин барам (план) йара. И план кхочуш йан йезаш йара совхозан белхалоша. ТIаккха шен совхозера белхалой и план кхочуш йайта йохье бохуш, Зайндис олуш хиллера:
«Миска, гIийла адамийн дуьхьа, шен са ца кхоош, къахьегначу Ленинах эхь хета деза вайна, партис вайх тешийна тIедехкина декхарш кхочуш ца деш Iайла йац вайн. Доггаха къахьега деза вай дийнахь, буса йалтин цхьа буьртаг ца бойтуш Iедална дIа ца луш». Цхьабакъду, Зайндис цхьа йуьртахо, ша къоланна тIехь лаьцча, Iедале дIавелла набахтичу-м ца воллийтинера. Шаьш къола деш, амма наха деш иза гучудаьлча, уьш Iедале дIалуш, набахтешка нах дIахьавсийна куьйгалхой ма хилла вайна йукъахь шортта. Оцу Зайндин йоI йара тхан №I школехь директор болх бина Света. Света цу балхара дIайаьлча, тIаккха, хIетта заочно вайн пединститут йаьккхина ваьлла нохчийн меттан, литературан хьехархо, коммунистически партин декъашхо волу, Нанагаев Iимран Хамидович вахийтира цу школе куьйгалхо. Бакъдерг ала деза, цо и болх 40 шарахь гергга дIакхийхьира, вайн махкахь ши тIом лаьттинчу шерашкахь тIехь, вайн махкахь, Дала г1азот къобалдойла цуьнан, Россин Турпалхочун Ахьмад–Хьажин Iедал дIахотталц. Оцу Iедало пенсионераш мукъа бохух, къуоначарна белхан меттигаш нисбан болабаллалц. Оцу хенахь директоран балхах къаста дийзира Iимранан, ша кхин дIа болх дIакхехьа гIоралахь, могаш хеташ волуш. Ша дуккха шерашкахь къахьегначу балхах мукъа ваккхар ца лайна делахь йа кхин бахьана хьаьвзинехь, иза луьрачу цамгаро дIалецира цу балхах къаьстича. Цул тIахьа, иэтIош, операци йира цунна денйоьхьан дакъа (толстая кишка) дIадоккхуш, масуьйттаза химеш йеш диализе лелийра. Амма, дийно-дийно оьшуш, дIавалар хилира Iимранан. Дала гечдойла цунна, йуьртахой дешар-йозанехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхиош къахьегна стаг вара-кх иза деригге шен дахарехь. Цул тIаьхьа шина шаре бен ца йолуш д1айелира цуьнан зуда Цакаева Роза, оцу школехь 40 шарахь сов къахьоьгуш Iийна. Дала йалсаманин хьаша йойла иза, йерриге йуьрто тешалла дира цунна дикаллица. Iимран дIаваккхар нисделира оханан (апрель) баттахь 2006 г1а-чу шарахь, со оцу школехь завуч даржехь болх беш волуш. Куршлойн–Эвлан кIоштан райОНО-с сох директоран декхарш кхочушдархо вира, завучан балхах мукъа витар доцуш. Дешаран шо чекхдолуш дара, экзаменийн мур тIегIоьртина хан йара. Суна тIебоьжнарг беза, жоьпаллин мохь бара, аса-айсса дIакхехьа. Цундела кIоштан дешаран куьйгалхо волчу вахара со, цуьнга сихха школе директор хьажаве аьлла. Цхьадика заврайоно волчохь Дешаран Министерствера веана кIоштан дешарна тIехьожуш волу куратор волуш, нисвелира со цига. Ас цаьршинга сайн къа-бала дIайалхийра, цара, нах санна директоран балхахь хьо дIачIагIлой, хьайна завуч билгала ве элира. Ас со реза цахилар хаийтича, цара суна хьалха, директорш баха кийчачу сан йуьртахойн кхоъ папка охьайиллира: «ХIокхарахь бегIийла хеттарг схьакъасто таро йу-кх хьан», – аьлла.
– Уьш сан йуьртахой бу, сан царна ала хIумма дац, соьга ма къаставайта царах цхьа. Амма шуна баккъалла болх бевзаш волуш, балур болуш, дешар кхиамца д1акхехьалур долу стаг билгал-м вийр вара ас шуна сайн йуьртахошлахь. Папканаш кечйинчарна йукъахь-м вац иза, вацахь ас цIе-м йоккхур йу цуьнан – иза Минкаилов Хьайаби ву-кх №2 йолчу школехь болх беш волу», – олу ас. Цара шаьш ойла йир йу олий, со цIа воьрзу. Цхьа кIира даьлча керла директор йалош Муса схьакхочу. Иза йара №2 школера филолог йолу Гисаева Зарет Саламуевна. Кху карарчу хенахь Цоци-Эвларчу кхаа школан директорш зударий бу: №I школехь – Гисаева Зарет, №2 школехь – Яхйаева Марем, №3 школехь – Гадаева Разет. Уьш и болх каре бирзина, пхийтта шарахь гергга дIакхоьхьуш бу куьйгаллин болх мало йоцуш. Бакъду, гIуран (декабрь) баттахь 2021 шарахь Гадаева Разет мукъайаьккхира директоран балхах, цуьнан меттана №I школера психолог болх беш йолу Абдуллаева Я. З. йохуьйту №3 школан директор. Иза дика ларалуш йу белхан декхаршца. Вай бакъдерг дийцича-м, школийн болх беригге зударшкахь бита безаш бара.
Свидетельство о публикации №225081601456