Йаздархочун некъа верзар
IЕЛАМ НАКЪОСТАШНА ДАЬХНА ЛУЦАШ
Ислам-динан Iилманан шовданийн кортошка, шайн хаарийн беркатах йуьзна сурийлаш нахана хьалха хIиттон, цаьрца муъмин адамийн бусалба дине йолу синхьогалла Iабон меттан говзаллий, аьхналлий йелла, холкъалахь къахьега Дала къастийна, х1ай декъаллой,
дIаиэцийша соьгара салам-маршалла!
2
Дала Шен цIеначу динан Iилманан бошмашкахь, шайн цIарах башх-башха синтарш кхиош, царна тIе латийначу стоьмашца адамийн ийман нисдан хе хIиттийна, бусалба вежарий, шуьга ду сан даггара, шу дезарх дуьзна салам!
3
Бусалба дине болу безам, къоман нохчолла ца дойтуш, иза лардан хьуьнар, деналла кхаьчначу дайн тIаьхьенаш, вархIедайн оьзда гIиллакхаш сих, цIийх доьлла, Далла, Элчанна (I.с.с.), устазашна муьтIахь долу бусалба вежарий, ду шуьга сан моз санна мерза, шовда санна цIена, шу Деле декъала дар доьху салам-маршалла!
4
Ша чIогIа шуна везарна, Дала Шен динан кIоргенаш йовза, йаста хьекъал, кхетам, собар делла, эхартан зовкхаш лоьхучу нахана ийманан некъан къилба къастош, халкъ нисдан аьтту бина, сан бусалба вежарий, сан литтина деши санна долу, салам-маршалла ду шуьга!
5
Безачу мархин беттан бехкамаш шайн хьехамашкахь ларбар шаьш нахана ма-хьеххара, Дала мацаллица, хьогаллица, меттан, бIаьргийн, лергийн, ойланийн цIеналлица нислуш, чекхдовла хьуьнар, собар лойла шуна, суна, вайн къомана, сан хьомсара, бусалба вежарий! Ишттачу дехаран доIица кхайкий вай цхьаьний Кхинхетамечу Деле!
6
Бусалба динан бакъонна тIехь халкъ нисдар доккхачу жоьпаллин болх бу вай Кхобуш-Кхиочу Далла гергахь. Оцу белхан некъахь нах нисбаран кхаж шуьга кховдийна Дала карарчу хенахь. Махьшаран майданахь Кхоьллинчо вай гулдинчу дийнахь, барт хаттам боцуш, Элчанца (1.с.с.) йалсамане хьавсочу декъаллойн тобаах тохийла вай цхьаьний эхартан охIланашца, лараме бусалба вежарий!
7
Дешел, детел деза, ц1ена, мехала долу бусалба Iилманан дешнаш, жовхIарийн хазна шена чохь йолчу нохчийн матте гочдеш, аш халкъалахь даржочу ийман-оьздангаллин мах, оьзарза сов боккхуш, Дала Шен къинхетамах йуьзна совгIатан мулк йала кечбинчу къонахийн декъахь гIовттадойла шу, шуьца цхьаьна со, бусалба вежарий, цхьа шеко йоцуш, догIур долчу къемата дийнахь!
8
Делера диканех Iаьбна вац цхьа дуьненах къаьсташ, Iабаран кхачонан дац къастийна доза. Шун похIма кхиадойла Дала денна доккхуьйтуш, чомехь стом латош долу, заза. Сан хьомсара вежарий, шун эхартан хIусам нисйойла Дала Фирдаус цIе йолчу йалсаманехь, Сийдолчу Элчанца (1.с.с.) цхьаьна!
9
Нахалахь диканна, вонна само йелла, цхьаболчарна–хазахетарца,
кхечарна–догдастарца бала байбар кхачош. Сингаттам баьллачунна орцанца тIекхача, вон дицдеш, верасийн дог ир-кара хIотто ницкъ белла, Дала аьхна, кIеда мотт, лерг хьостучу Iаьнаран марзонца дечу къамелан говзалла йелла, хIай хьомсара бусалба вежарий, дIаэцийша кху маьлхан Iуьйренца соьгара ховхаллин доза доцу баркаллин ларамца кхелина салам !
10
Бусалба дин марздаран экамчу некъахь, там-товр шайна ца лоьхуш, кху беза-сийлахьчу баттахь, исламан Iилманца нехан дог-ойла дин дезаран марзонах йузуш, къахьегар шайна тIелаьцна, де – буьйса тем боцуш токхуш, самонах догIмаш шайн дуьзна, хIай бусалба вежарий, схьаэцийша шайн гIийлачу, заьIапчу вешера, шу дезаран марзоно довхачу бIаьрхих дуьзна, салам-маршалла!
11
Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин, бусалба динан бехкамийн, бакъонийн, мехаллийн дозанаш чохь халкъ нисдан, шайн дахаран масаллийн гайтамашца собар, деналла, эхь-бехк лардеш, дуьненах Iеха ца луш, Дала шайна йеллачу корматаллина йукъйихкина, шайна дуьненан там лехар д1атесна долу, хIай бусалба вежарий, шух воккхаверца ас шайга луш долу салам-маршалла, эцийша д1а!
12
Дала Мухьаммад-пайхамаран (I.с.с.) муъджизат дина, накхармозашка доккхуьйтуш долу дарбане моз санна, синошна дарба деш, адамийн дегнаш Iесачу ойланех дIацIанлуш, ийманан беркатах дузуш, тIеоьцийла халкъо, аша тешаран лаккхарчу барамехь исламан серло гучу йоккхуш, шайгахь къеггина гойтуш йолу динан мехаллаш! Дала йуьхкIай лелийтийла шу дуьненахь, эхартахь, сан дагна гергара бусалба вежарий!
14
Аша нохчийн матте дерзош зорбане дохучу жайнашна чуйохкучу синхаамийн алонан йовхоно, уьш доьшуш болчу мискачу нехан дегнаш чохь гIаттайойла Дела везаран цкъа йовр йоцу цIе. Оцу цIеран сирлачу нуьро шу, шу дезаш берш, шуна безнарш а Везачу Дала барт хаттар доцуш, ткъа хаттахь, мелла иза байбина, Фирдаус йалсаманехь Элчанца (1.с.с.) цхьаьна тохийла вай, лараме бусалба вежарий!
15
БIаьстенца дебаш гIаьттинчу гIа-бецо къагош, кхелина кху лаьттан Iалам санна, вайн Нана-Нохчийчохь шун исбаьхьачу ислам-динан жайнаша биначу тIеIаткъамо, нехан ийман тодеш, цIанйиначу ойланийн, гIиллакх– оьздангаллин мехаллийн барамехь Дала йал, мулк луш совгIаташ дойла шуна бохучу до1анашца йу-кх сан дог-ойла х1ора т1едог1учу денца, лараме бусалба веэарий!
16
Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин беза, мехала муохь, дахаран халонаш дIакхехьа аьтту беш, зеразакъ хилла лаьттина вайн нохчийн къоман мотт. Дуьненан рицкъанаш тIетоьттуш долчу кхечу къаьмнийн меттанийн меха ца хеташ; лайн амалшка хьаьвзинчу декъазчу таьхьенан тобанах тешна битий; кхачабелла дIа ма байталаш йа бийцаран кеп нохчийн йолуш, хийрачух дIа ма эйталаш; вайн дайша, йоьIабIаьрг санна, ларбина нохчийн мотт, хIай тIекхуьуш йолу Нохчоллех, Ийманах къаста йиш йоцу, нохчийн къоман орамах дозалла даран йукъйихкина къонахий, бусалба вежарий! Шух доьзна ду шуна, нохчийн меттан оьмар маьлхан дуьне мел лаьтта йахйар. ХIара сан тIаьххьара шайга деш долу весет кхочуш дан хьовсалаш, сан деган йовхонан верасаш!
17
Йуха-йуха дечу хIумано–марздалар кхуллу, марзделларг ца дуьтуш диллина дIакхехьаро–шера 1еминарг амале дерзадо. Ткъа денна дIакхоьхьуш йолчу амало кхуллуш ду Iадат йа гIиллакх. Дала Шен Элчанна (I.с.с.) марздина исламан адамаллин оьзда гIиллакхаш, Iадаташ тIаьхенна марздинчех дойла вай, сан доцуш йиш йоцу, дагах ийна бусалба вежарий!
Свидетельство о публикации №225081601458