Хьажцiа вахар

2011–гIа шо чекхдолуш, гIуран (декабрь) баттахь, хазачу кхоъца вайга кхочу сан йишин кIант, Гучигов Рустам (дедас тиллина цIе-м Хьасайн йара цуьнан). Амма паспортана тIе йазйинарг Рустам йара.  Цо шен, шен ненан (Баретан), сан цIарахь а дехар дина хиллера Нохчийчоьнан муфтийате, 2012-г1ачу шарахь тхуна хьаждаран парз кхочуш дан, ХьажцIа  даха бакъо хилийтар доьхуш. Оцу гIуллакхна лур йолчу путёвкашна богIу мах дIалуш. Сан путёвкех мах дIабаларан квитанции соьга схьакховдийра цо, тIе соьга шена цхьа сом д1адалар хьеха ца дойтуш. Оцул тамехь беза кхаъ дагахь доцуш тIебоьжча дегIе хазахетаран шовкъ хьаьдира суна. Амма бIе эзар соьмалла сов мах квитанцина тIехь йазбина гича: «Оццул ахча соьга маца гуллур дара те, Рустам, оцу Хьажц1а ваха?» – ца олуш ца Iавелира со. Йишин кIанта, велавелла, элира:
«Ненаваша, им совгIат дай ас хьуна деш. Ас цхьа шо хьалха олуш дацара, хьан йиша Барет, со, хьо – вай кхоъ цхьаний ХьажцIа гур ду Делан парз кхочуш дан. И сайн дош кхочуш деш совгIат ду-кх ас дийриг хьуна, сайн нанна. Дала сан аьтто бина шуна и совгIат дан. ХIинца вай ваьшна загранпаспорташ дахийта деза 2012–гIа шеран хьаждаран хан тIекхачале, кхиндолчу хIуманийн ойла ца йеш». 2012–г1а  шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна загранпаспортана
Соьлжа–ГIалара Миграционни службин неIаран бертиг ларйан вуьйлира со. Россин дозанал арахьа шайн цхьацца дахаран гIуллакхаш кхочуш дан лаам болу адамаш шортта хиллера оцу паспорташна арадевлла лелаш. Цундела бIенашкахь йуьйлина рагI йара оцу службин бертиг ларйеш, хIора дийнахь Iуьйранна испискица рогIехь берш багарбеш лаьтташ. Оцу перекличкехь билгала валаза висинарг кехат тIера дIавойура. Со санна загранпаспортана гIайгIа бан гIерташ накъост нисвелира суна, сан хилла дешархо, йуьртара волу Джатоев Iумар. Иза-м шен цхьа гIишлошна гонаха латош болу тIулг бухку туька йиллина Соьлжа-ГIалахь, оцу агIорхьа йолу коммерцина, кхечу пачхьалкхашкара и тIулг вайн махка кхачоран гIуллакхна доккхуш хиллера и паспорт. Iумаран машенца гIала дIасалелаш, аьтто белира сан и паспорт даккхийта, 21–гIа кхолламан (январь) беттан дийнахь 2012-г1ачу шарахь. Иза 10 шарана дара 2022-г1а шо кхаччалц лелон бакъо йолуш. Паспортана сагатдар дIаделира. ХIинца эсаран (октярь) беттан тIаххьарчу итт денна йукъахь долчу хьаждаран деношна кечам бара бан оьшуш берг. Белхан накъостий, хьайн йуьртахой,  гергара йища-ваша, хьайн доьзал хьайна къинтIера бовлийтина, хьо массо бусалба нахана къинтIера ваьлла, Далла йечу цIеначу Iамалехь, Элчанан (I.с.с.) некъа тIехь нисвала хьажа везара. Карабеара товн (сентябрь) бутт. Оцу баттахь могашалла толлуьйтуш лоьрийн комиссех чекхдовларна, махкала ца хилийта маха тоьхна хиларан билгало йира загранпаспортана тIехь. 15–гIа эсаран (октябрь) беттан 2012–шеран дийнахь Соьлжа–ГIалара Медината доьдучу кеманна билеташца аэропорте гулйелира ХьажцIа боьлхучийн рогIера 270 адамех вовшахтоьхна бусалбанийн тоба. Тхо Мединате кхачо дезаш долу кема Амерака пачхьалкхо арахоьцуш долу «Боинг» дара. Дийнан делкъенгара дуьйна аэропорте схьагулделла тхо буьйсанга девлира. Буса шолгIачу сохьтах ах даьлча схьакечира кема. Цул тIаьхьа керлачу рейсана кечам беш йелира кхо сахьт хан. Iуьйранна пхоьалгIачу сохьтехь, тхох доьттина даьлча, хIаваэ делира и кема, Медината кхача Iалашо лаьцна. Кхаа сохьтехь сов некъ бича кхечира тхо Мединатан аэропорте. ХIаваэра чухьаьжча Iарбийн махкахь гуш долу сурт дукха хьолахь гIамарийн доза доцу аренаш йара йа тIулгийн лаьмнаш. Наггахь нислора баьццара йаьржина оазис, цунна гонаха эмкалийн йа кхечу хьайбаниийн йаьржина тобанаш, лилха некъийн асанаш, наггахь йоьдучу машенан гIаларт а. БIаьрг хьоьстуш исбаьхьалла кIезиг гора кху махкахь. Мединатан аэропорт гIалина мелла гена йаьккхина йина, эрна гIамарийн арахь. Цигахь кема гIоттуш, охьахууш Мединатарчу бахархошна хаалуш йа новкъарло хуьлуш хIумма дац. Оцу аэропортехь регистрацех чекхбовлу хьаждан богIуш болу нах. Цул тIаьхьа аэропортан лардечу дозанал арадоху, цу дозанна чохь лелачу машенаша. Ткъа аэропортан дозанал арахьа йаккхий «Мерседес» йа «Митцубути» автобусаш йара нах Медината дIабиига йаьхкина. 200-300 метар йукъ йу аэропортан дозанний и нах Медината дIабига йаьхкинчу автобусашна йуккъехь. Ларчанаш алсамо йолуш тIебаьхкинчу нахана мехах гIо дан баьхкина Iарбий хуьлу кхузахь, и ларчанаш дIайахьар къийса-къуьйсуш. Тхох цхьаболчарна моьттинера уьш, Делан дуьхьа, хьешашна гIо дан баьхкина цу мехкан нах бу. Амма Медината йоьдучу автобусна тIекхачо церан карайахана ларча хьалайаккхина йаьлча, цара ахча схьада олура, шаьш гIодарна. Цигахь лелан долу ахча реалаш, долларш ду, царна и ахча доьху. Бакъду, ца хуьлуча даьлча, Российан ахча мега царна, цхьанхьа иза хийца дезар делахь а. Мединатахь хьешацIийнехь охьабиссабо хьаждан баьхкинарш.
Тхуна кхаьчначу хьешац1ийнехь чIогIа ирча хьал дара. Массо чохь даржийна кехаташ, даарийн цуьргаш, хIуш диъна чкъоьргаш. Бусалба адамаша оцу хьолехь шаьш Iийна хIусам йаьккхина хилар, доккха эхь долуш хьал дара. И чоьнаш дIацIанйан гIерташ болчу белхалоша и болх бина дIабаханарш Дагестанера нах бу бохура. Сарле оцу белхалоша дIацIанйина, мотт-гIайба хийцина битаме йалийра хьешацийнан чоьнаш, тIаккха тхо цу чохь дIатарделира. Тхан тобанна хьалхаваьлла, тхан доладеш вара Алихан цIе йолуш Соьлжа-ГIалара турбазин белхахо, ткъа муфтийатера хьаж дехкарца тхуна накъосталлина ваийтина вара Гелдганара Абзун кIан Сайд-Ахьмад. Сан йишин кIант Рустам, со, тхан куьйгалхо Алихан –тхо кхоъ цхьана чохь нисвеллера Мединатахь хьешацийнахь Iачу ханна. Пхьуьйра ламазаш диначул тIаьхьа Алиханна лиъна хиллера Сайд-Ахьмад, цуьнца кхин цхьаъ, молланех стаг, ша волчу схьавало. ТIаккха цо соьга, Рустаме элира, ша кхечанхьа меттигаш нисбина шуьшинна, бакъду шуьшиъ къастош-м бу уьш. Шуна хало хилахь а, цхьа шена бехкен ши стаг х1окху чу ца валийча ца волу ша. Тхойшинан вовшех къаьстийла дацара т1ейухург, оьшу пхьегIа йукъахь хиларна. Т1е 70 шо кхаьчна волчу суна накъосталла, хьалхара жимхалла лелор – дерриге йишин кIанта кхочуш деш дара. Оцунах ца кхеташ Алихан хуьлийла дацара. Цундела охашимма Алихане элира: «Хьо, ахь буьйцучу бехкен нахана хьалха, йуьхьIаьржа ца хилийта, охашимма хIара чоь-м Iадйуьту хьуна, делахь вовшех ца къаста тхо-м хIокху хьешацIийнан пурхахь (коридор чохь) дIатарлур ву». Тхойшиъ, тхаьшшинан ларча оьций коридор чохь, цхьана кIажахь соцу. Буса цхьайтталгIачу сохьтехь Алихан, цуьнца Гелдганара Сайд-Ахьмад, цуьнца кхин цхьа молла тхо долчу хьешац1ийне богIу. Тхойшиннахь коридор чохь ларчанаш тIехь бIаьрг кхетча, Сайд-Ахьмад тхуна тIевогIу, шуьшиъ дIанисвалаза ву хIинца кху хIусамехь, олуш. Оха Алихана динарг ма-дарра дIадуьйцу цуьнга. Цо Алихан йуьстах ваьккхина цуьнца къамел дира. Сайд-Ахьмад, цуьнца волу молла тхан буьйса декъал йой дIавоьду. Алихана тхо хьалхалерчу дIадуьгу. Цул тIаьхьа тхойшинца долчу Iумсталлех воьхна лийлира Алихан. Оцу йукъа йеанчу восехь, тхуна тхаьш бехке-м ца хетара. Бехкен делахь, Дела къинтIера валийла тхуна, ткъа дацахь Алиханна валийла-кх Иза къинтIера. ШолгIачу дийнахь тхо Iуьйран ламазана Элчанан (I.с.с.) Ровзате джамаIате дахара. Инзаре исбаьхьа кечйина йу Ровзатан майда. Йерриге Ровзатан майда махмаран экъанашца кхелина йу: когаш кIеллахь т1ехь, мел йолу маьждигийн гIишлош, ши гIат лаьтта бухахь йина ламазан оьцийлаш, чувоссош, хьалавоккхуш, метрохь санна эскалаторш йолуш. Массо урамашкахь бес-бесара товар духкуш туьканаш йу. Ровзатан масех гектар майданахь маггIара дIахиттийна зезагийн куьцехь, дуьненчу малх хьаьжча деллалуш, малх дIабуьзча дIакъовлалуш кIайчу кIаденан йа гатанан четарш ду. Оцу четарша дийно сарралц шайна кIеллахь IиндагI латтадо. Цу четарша йуххе х1иттийна хуьлу йаккхий хин тIадамашца мохтухуш йолу мохтухургаш (вентиляторш). Ровзатан майданахь дуккха кечйина хи молуьйту автоматаш, шайна йуххехь, цкъа дезар до пластикан стаканаш долуш. Дезар дина даьлла стаканаш чутийсийта хиттийна дехьо пластмасин контейнерш йу черманийн кепехь. Оцу майданахь цIано латтош, цхьа нех охьайожа ца йуьтуш, хьийзаш белхалой бу, шайна тIехь башха духар долуш, шайн балхана оьшуш болу гIирс, техника шайца йолуш. Массо ламаз кху Ровзатан майданахь шен-шен хенахь джамаIатехь деш ду. Ши-кхо гIат лекха, боккха цхана тхов кIелхьара кузара Ровзатан маьждиг, массийтта чоьнашкахь даьржина дина ду. Эзар-эзарнашкахь долу адам массо цу чоьнашна чу ца тарло. Цундела цу майданахь, арахь тIехь, дIахуьтту ламазана бусалба нах. Ламазана хьалха ваьлла имам цхьанне гуш вац, нагахь цуьнца цхьаьна чохь болчарна иза ца гахь. Амма радио кедашна чухула дика хеза имаман аз. Ровзатан майданахь уггаре сийлахь, йеза, лараме меттиг йу, Элча (I.с.с.), цуьнан ши асхьаб: Абубакар, Iумар (Дела реза хилийла царна) дIавоьллина меттиг. Мединатахь оцу меттехь хилла Элчанан (I.с.с.) хIусамненан, Абубакаран йоьIан Iайшатан (Дела реза хилийла цаьршинна) хIусам. Оцу хIусамехь нисделла Элчанан (I.с.с.) Деле верзар. Хьалхенгахь дуьйна пайхамарш шайн са даьллачу меттехь дIабухкуш хиларна, оцу шен са дегIах дIакъаьсттинчахь, дIавоьллина Мухьаммад – пайхамар (I.с.с.). Цундела, Элча (I.с.с.), цуьнан ши асхьаб: Абубакар, Iумар а (Дела реза хилийла цаьршинна) дIабоьхкина Iайшатан (Дела реха хуьлда цунна) хIусам чулоцуш диначу маьждиган чоьнах, кхузахь олуш ду «Йалсаманин беш». Оцу маьждиган чоьнна чукхача ондда къахьега деза,–хьаждан деана мел долу бусалба адам цу чухула чекдала лууш хиларна. Цу чуьра кошан баьрзнашна тIебирзина шиъ ракаIат ламаз дина, доIанашца Элчане (I.с.с.) шайн дог хастамашца дассо лаарна. Цу чу массо кхачалойла дац. Цундела Ровзатна арахьа билгала йу Элча (I.с.с.) ши асхьаб дIавоьллина меттиг, эццахь Элчане (I.с.с.) салам-маршалла хоттуш доIанаш до наха, шайн кийрара бала-гIайгIа охьайуьллуш. Ровзатан майда, дийнахь малхо санна, массо меттехь догучу чиркхаша буса тIехь къагийна лаьтташ йу, оцу майданара адам цкъа а хедаш цахиларна. Мединатахь йу Элчанан (I.с.с.) дахарца йоьзна йолу йеза, сийлахь меттигаш. Цо ша хIиджрат дича, дуьххьарлера маьждиг дIадоьгIна Къуббаъ олуш йолчу меттигехь. Оцу маьждиг чохь дина ламаз вуно деза, Делера йал алссам йолуш лоруш ду. Кху Мединатахь ду Дала Элчане (I.с.с.) ламазан къилба Маккарчу КаIбате дерзадайтина маьждиг а. Цул хьалха Генарчу маьждиге (Мукъаддасе) дирзина хиллачуьра хийцитина ду кхузахь Дала ламазан къилба бусалба нехан. Кху Мединатан лаьтта тIехь бу Элчанан (I.с.с.) 70 асхьаб вуьйш, шайна йукъахь Элчанан (I.с.с.) даваша Хьамзат (Дела реза хилийла цунна) волуш, тIом лаьттина  Iухьуд – лам. И асхьабаш дIабоьхкина кешнаш кхузахь ду. Кхузара кешнийн баьрзнаш, лохий ду, царал айалуш ца хуьлу чартийн билгалонна гIевланга доьгIна тIулгаш а. Оцу сийлахь, йезачу меттигашкахула чукхдолу хьаждан кхуза кхаьчна адам, боккхачу деган айаман хьасартехь. Мединатахь дуьйш-дерзош хIумма хаалуш дацахь, шортта йолчу базаршкахь, туьканашкахь эца, хьуна мел деза хIума, долуш ду. Мединатахь йоккху хан масех дийне йа наггахь кIиране йолу. Цу хено довзуьйту дуккха керла хIумнаш бусалба дин дIахоттаран исторех, Элчанан (I.с.с.) дахарах лаьцна а. Далла хастамаш барехь сов воккху, хьо бусалба волуш, Элчанан (I.с.с.) умматах варна, хьайн Цо аьтто барна кху сийлахь, йезачу меттигашка хьо валорна, кхарах ирс эца, могаш-маьрша волуш, кхуза кхачорна. Мединат–гIалина, Маккина йукъахь 460 чаккхарма некъ Iуьллу, и некъ хьаждан арабевлачара автобусашна тIехь бо. Цу некъахь Мединатал арахьарчу дуьххьарлера микъатехь (маьждигехь) лийча луьйчий, нийат дой, хаза хьожа йогIу IатIар тухий, ихрам тIедуху, гIодайукъал лахе дIакъовлуш. КIайчу кIаденан ши дакъа ду ихрам: цхьана декIаца боьршачу наха гIодайукъал лахе дIахьулйо, иза гонаха хьарчош, кIаденан дакъошка вовшен лоцуьйтуш, чучча хьовзош, карчадеш аьтту йа аьрру хонехь. ШолгIачу ихраман декъаца дIахьулйо стага шен дегIан лакхе: аьтту белшана тIехула долуьйтуш, хьалха гIодайуккъехь, тIехьа букъ тIехьа цхьацца дакъа нисдолуьйтуш. Зударийн ихрам ду дегIана паргIат, йеха кIайн коч, кIайн доккха йовлакх а. Кога тудуш йолу мача тоьгуш йина хила мегаш дац йа божарийн, йа зударийн хьаж дихкинчул тIаьхьа.
Бусалба динехь кхаа кепара лелош ду хьаждехкар: Таматтуъ, Къиран, Iифрад а. Генарчу пачхьалкашкара, Маккел арахьарчу мехкашкара хьаждан богIучу нахана, дукхахьолахь (шайца гIурбанна йен хIума йоцуш хиларна) йа йохка-иэцар лело безам хиллехь, аьтто болуш йу дуьххьарлера хьаждехкаран кеп – Таматтуъ. Оцу кепара хьаждарехь йукъалаца таро йу Iумрат дар тIехь хьаждарца цхьаьна. Къиран кепехь хьаждарца йу бакъо Iумрат дар йукъалаца, амма оцу кепехь хьаждечийн шайца схьайалийна хила йеза гIурбанна кечйина бежана. Ткъа хьаждаран кхоалгIа кеп – Iифрад лелочун йиш йу Iумрат йукъа ца лоцуш, деккъа хьаждаран парзаца хьаждеш чекхвала. Таматтуъ хьаждаран кеп кхочуш йечара, лийчина ихрам тIедуьйхина чул тIаьхьа, шайна тIе хаза хьожа йогIу IатIар тоьхначул тIаьхьа, дуьххьара Iумрат дар кхочуш дан нийат до, хозуьйтуш аларца: «Ляббайкя  Iумратан. ХIай АллахI, со Хьуна хьалха ву-кх, Iумрат дан веана!» Цул тIаьхьа талбийан дешнаш олу хозуьйтуш, тамехь макъамехь уьш алар деза долуш. «Ляббайкял – ляя хIумма ляббайк, ляббайкя ляя шарика лякя ляббайк, инналь – хьамда ван-никъмата лякя, валь-мульк ляя шарика ляк».  (Вайн маттахь цуьнан маьIна ду «ХIинца со Хьуна хьалха ву-кх, йа АллахI! Хьан лаамна кIел саца кийча дагца, сица, дегIаца, цхьа шеко йоцуш. ХIинца Хьуна хьалха ву-кх со! Хьан омра кхочуш дан кийча. Вац Хьоьца цхьа накъост! Хастам бу Хьуна, къинхетам, куьйгаллин Iедал Хьоьгахь ду дерриг! Оцу белхаш тIехь вац Хьоьца накъост!) Боьршачу наха и талбийа макъамехь хозуьйтуш олу, зударий шайлахь меллаша доьшуш Iа иза. Мединатара, Джиддера Макка хьаждан боьлхучара оцу некъан бахаллехь Макка дIакхаччалц и талбийа доьшуш доIанаш до массара, Деле гечдар, къинхетам бар, диканаш доьхуш. Дуьненан къамелех,  Дела реза хир воцчу хабарех ларлуш бан беза и некъ. Макка дIакхачарций, шаьш хьешийн хIусамехь дIанисделла довларций, дихкинчу маьждиге, сийлахь КаIбате, даха сихдала деза, цунна гонаха ворхI го баккха. Массо го дIаболо беза Iаржачу тIулгана тIера: «БисмилляхIи, АллахIу Акбар!» – олуш. ТIавап деш (гонаш дохуш) доIанашца Деле кхайкха веза хIора а. Дуьххьарлера кхо го, гIеххьа сихачу боларехь баккха беза, цул тIаьхьа бисина биъ го паргIатчу боларехь чекхбоккху. ХIора боккхучу гонехь дика ду «рукни Яманий олучу сонаний, Iаьржачу тIулган сонаний йуккъехь Къуръанан хIара аят-доIа дешар: «Раббаня атиня фид-дунья хьасанатян ва филь ахирати хьасанатян ва къина Iазабан – нар». Суннат ду тIавап чекхдаллалц оцу гонашкахь боьршачу наха шайн атту белш гучу йаккхар, хьалхарчу кхаа гонехь болар дайн идаре дерзор а. ВархI го баккхар чекхдаьлча, ИбрахIиман (I.с.) макъаман тIехьарчу агIон тIехь, ширкаIат ламаз до. Нагахь оцу меттехь адамийн дукхалла ламазна дIахIотта меттиг бацахь, маьждиган хьармехь хилчхьана, гено ваьлла дан мегаш ду и ламаз. Оцу ламазехь хьалхарчу ракаIатехь «Фатихьат» дешначул тIаьхьа доьшур ду сурат «аль-Кафирун». Ткъа шолгIа ракаIатехь «Фатихьатал» тIехьа доьшу сурат «Ихлас». И ламаз доIица дерзадина «ас-Сафа» лам тIе воьду. Цу лам тIе хьалаваьлча доьшу Дала Къуръан чохь аьлла дешнаш: «Иннас-Сафа валь Марвата мин шаIаирилля фиман хьаджа-ль байта ав иIтIамара фала джунахьа IалайхIи ан йаттаввафа бихIима ва ман татавва хайран фаиннал – лахIа шарикун Iалим»  Цул тIаьхьа КаIбатна тIевирзина олу: «Алхьамду лилЛахIи» – хозуьйтуш кхузза, цунна тIаьххье далош: «АллахIу Акбар». ТIаккха ши куьг  айина доIа дийр ду: «Ля иляхIа иллял-ЛяхIу вахьдахIу ля шарика ляхIу ляхIуль-мульку ва ляхIуль-хьамду ва хIува Iала кули шайин къадир. Ля иляхIа иллял-ЛахIу вахьдахIу анджаза ваIдахIу ва насара IабдахIу ва хIазамиль – ахьзаба вахьдахIу»  ( АллахI воцург кхин Дела вац, вац Цуьнца цхьа накъост, хастам бу АллахIна, ву Иза Нуьцкъалниг. АллахI воцург вац кхин Дела. Цо кхочуш ди Ша дийр ду аьлларг, гIо-накъосталла ди Шен лена, Цо Ша Цхьамма хIаллакди Iесачийн барт хилла цхьаьнакхетта эскар). И доIа дина ваьлча хIораммо «ас-Сафа», «аль-Марва» лаьмнашна йукъахь ворхIаза дIаса некъ бо. Цхьана ломара вукха лам тIе бина некъ, ша-ша хьесапе оьцуш: хIора шина ломан йукъ цхьацца некъ лоруш. Цундела Сафа тIера Марвага бина некъ цхьа бу, Марва тIера Сафа тIе бийриг шолгIа хуьлу, кхиндерш иштта дIа дагардо вархIанга кхаччалц. Оцу шина ломана йукъаметтехь баьццарчу басахь шиъ билгало йу. Оцу билгалошна йукъа нисбелча божарий, уьдучу боларехь гIулч йоккхуш, чекхбовла беза оцу ворхIе гонехь. ТIаьххьарчу гонехь, Марва лам тIе хьала ваьлча, Деле дехарца доIа дийр ду. КаIбатана гонаха тIавап деш, Сафа, Марвана йукъахь некъ беш, къастош де аьлла тIедожийна доIа дац. Цундела цигахь хIоранан бакъо йу шен даго хьоьхуш долу, шен гIайгIа-лазам болу хIума Деле деха йа Къуръанан сураташ, айаташ доьшуш дехарш дан. Сафа, Марва лаьмнашна йукъахь некъ баран декхар чекхдаьлча, хIораммо шен чо хадош бацбо, Таматтуъ хьаждан кечам беш. Чо бацбаран болх чекхбаьлча, Iумрат даран бехкамаш кхочуш хилла бовлу. ХIинца Таматтуъ хьаждаран кеп тIелаьцна къонах маьрша ву ихрам дIадаккха, хьалха (и тIехь долуш хилла) бехкамаш ца ларбан. Таматтуъ, Къиран кепехь хьаждехкар тIелаьцна наха Зуль-Хьиджа беттан 8 (борхIалгIачу) дийиахь , лийча луьйчий, йуха тIедуху шайна ихрам, шаьш хьаждан севцначу меттеахь. Ихрам тIедуьйхинчул тIаьхьа ният деш олу цара: «Ляббайкя хьаджан» (Я АллахI, со Хьуна хьалха ву-кх хьаждан Iалашонца»). Цул тIаьхьа дуьззина «Ляббайкя» доьшу, хозуьйтуш, макъамехь боьршачу наха, зударша тийна, меллаша.  «Ляббайкял – ляя хIумма ляббайк, ляббайкя ляя шарика лякя ляббайк, инналь – хьамда ван-никъмата лякя, валь-мульк ляя шарика ляк».  Цул тIаьхьа Мина туогIене буьйлало хьажой. Минахь делкъан, малбуза, маьркIажан, пхьуьйран а ламазаш деш буьйса йоккху наха. Йуха Iуьйран ламаз Минахь до наха, кхузахь деш долу ламазаш дерриге дацдина деш ду шен-шен хенахь тIеттIаозар доцуш вовшашна.
Зуль-Хьиджа беттан 9 (уьссалгIачу) дийнахь малх схьакхеттачул тIаьхьа, хьаждеш долу адам Минара дIадоьду Iарафат ломан хьарме. Цигахь до цара делкъан, малхбуза дацдина ламазаш, делкъа ламазана тIе малхбуза ламаз тIеозош. Оцу шина ламазна цкъа молла кхойкху кхузахь, амма хIора ламазна икъамат шен-шена до. Iарафатан майданахь мелла дукха Делан цIе йаха йеза: «Ла илахIа илла-Лахь» бохуш, шортта доIанаш дан деза, Къуръан доьшуш, Деле хьайна, беза-бевзачарна диканаш доьхуш, йаккха йеза цигахь хан.
Малх дIабуьзначул тIаьхьа талбия доьшуш «Ляббайкял – ляя хIумма ляббайк, ляббайкя ляя шарика лякя ляббайк, инналь – хьамда ван-никъмата лякя, валь-мульк ляя шарика ляк». Муздалифа олучу метте дIадоьду адам Iарафат ломара. Цигахь до маьркIажан, пхьуьйран ламазаш дацдина, цхьаьна. И буьйса Муздалифахь йоккху, ткъа Iуьйран ламаз дина чул тIаьхьа доIанаш до садаржалц Iуьйранна. Малх гIаттале ворхI тIулг лахьийна, и тIуьлгаш шеца долуш, хьажой Мина туогIене боьлху цигахь йоьгIначу билгалонна (джамаратана) т1е тIулгаш кхийса. Оцу некъахь олуш хила деза божарша хезаш, макъамехь талбия: «Ляббайкял – ляя хIумма ляббайк, ляббайкя ляя шарика лякя ляббайк, инналь – хьамда ван-никъмата лякя, валь-мульк ляя шарика ляк». ГIорасиз, къена нах, зударий Мина тогIене баха мегаш ду Iуьйран ламаз дале, буьйса шолгIачу эханга йирзинчу хенахь. Муздалифара Мина туогIене кхаьчна адамаш тIедоьлху «Акаба йа Кубра» олучу джамаратана т1е (иза Маккина уллораниг йу), цунна тIекхуьйсу цара шайгара вархI тIулг, хIора тIулг дIакхуссуш: «АллахIу Акбар», – олуш. Мина туогIехь къо де доккху. Оцу каа дийнахь шайца гIурбана дайа бежанаш далийнчара уьш дойу. Оцу жижигах шена жимма дуьтий, важадерг дIадоькъу мискачарна. Цул тIаьхьа хIораммо шен коьрта тIера чо бацбо. Ша сиха волчо ши де бен ца доккху Минахь. ХIора стаг, зуда кхузахь (Минахь) делкъал тIаьхьа, кхузарчу кхаа джамаратана ворхI-ворхI тIулг кхуссуш, цхьана дийнахь 21 (ткъей цхьаъ) тIулг кхуссуш чекхвала везаш ву. Ткъа кхаа дийнахь уьш гулло 63 (кхузткъей кхоъ) тIулг. ХIора тIулг дIакхуссуш: «АллахIу Акбар», – олуш. Хьалхара джамарат, йуккъераниг йолчохь, хIораммо ша тIулгаш кхийсина ваьлча, КаIбатехьа воьрзуш, куьйгаш айина, доIа до. Ткъа Акаба (Кубра) джамаратехь доIа ца до. Ши де бен Минахь доккхуш воцург, шолгIачу дийнахь малх дIабузале оцу Минан хьармера аравала веза. Нагахь иза дан иза лара ца веллехь, буьйса йоккхуш иза кхолагIчу денна цигахь саца веза. Ши де бен Минахь доккхуш воцчо, кхолагIчу денна шен тIулгаш кхийса дезар тIедилла мегаш ду беза-бевзачаорна йа гергарчарна. Уьш кхийсар тIелаьцначо цкъа шена догIурш хьалха кхийсина, йуха шена аманат диначунна тIера, цуьнан цIарах дIакхийса деза, оцу кхаа джамараташкахь т1улгаш. Дуьззина хьаждаран бехкамех чекхбовлуш болчара Таматтуъ хьаждехкаран кеп ларйеш болчара ихрам тIехь долуш, Минахь кхо де даьккхинчул  тIаьхьа, йуха ворхI гонехь тIавап до КаIбатана гонаха, цул тIаьхьа саIий деш ас-Сафа, аль-Марва лаьмнашна йукъахь. Минахь доккхучу кхаа дийнахь хьажой доггаха Далла хьесталуш, Къуръан доьшуш, зикар деш, ламазан хенаш ларйеш, сужудехь, рукуIехь бахлуш, хIораммо шен муьтIахьалла гайта йеза вай Кхобуш-Кхиош волчу Далла. Дала массо бусалбанийн аьтто бойла оцу Сийлахь – Йезачу метте кхача, декъала хуьлучу даржехь цигарчу бехкамех ларамца чекхбовла. Тхоьца хьажцIахь хиллачу нахаца дуккха цхьаболчарна беламе, ткъа вукхарна сингаттаме меттигаш нисйеллера, гIеххьа халонга йовлуш. Маккахь хьешацIийнехь тхо пхи стаг цхьана чохь нисвеллера: Устрада–Эвлара Мохьмад, ГIалгIайн махкара Назранера Тангиев Мохьмад, Борис, Цоци – Эвлара со, сан йишин кIант Хьасайн (нанас йаккхарх дIайахана, цIе-м Рустам йу цуьнан нахалахь тахана). Тхо Таматтуъ кепехь хьаждар тIелаьцна хиларе терра, хьалха Iумрат дихкина, цуьнан бехкамаш кхочуш беш, чекхдевллера. Цул тIаьхьа хьаж дехкале масех денна марша девллехь, тхо йуха долхара хьажцIенна гонаш даха. Эццахь тIавап деш КаIбатан кевнехь мачаш дIайохуш йу массара. Цхьаболчара цу кевнехь Iадйуьту, вукхара шайн коча тесначу тIоьрмигна чуйохку. Аса иштта тIоьрмиг даима сайца лелош бара телефон, хи чохь шиша, кхинйолу оьшу хIума йуьллуш чу, тIоьхула дIакъовлуш тIеозош зIе йара цуьнан. Тхо тIавап дан кевне кхаьчча, ас сайн тударгаш чуйохкуш гиначу Устрада – Эвларчу Мохьмада, шен мачаш йахкийтахьара хьайн тIоьрмиг чу аьлла, дехар дира соьга. Аса тIоьрмиг цуьнга дIабелира, цо шен мачаш цу чу йехкина, сан тIоьрмиг шен коча оьллира, ша соьл  атта лелор бу иза, аьлла. ТIоьрмиг сайгахь цабитар сан доккха гIалат хиллера. ВархI го баьккхина девлча, тIавап дIадолочу «Iаьржачу тIулгана» дуьхьалахь нислучу фанарь-чиркхана йуххехь гуллур ду, аьлла барт бина, маьждигана гонаха хьйзачу адамийн Iапказана йукъадуьйлира тхо. Оцу нехан тулгIено дуьйдина дIасадаржийна тхо, кхин вовшашна тIеттIа кхачар-м, х1унда дуьйцура, ур-атталла вовшен гар доцуш вархI гонах чекхдовл, хIора шен-шен хьоле хьаьжжина. Со тIавап дина ваьлча дIахIоьттира тхаьш билгалбиначу боккхачу фанарь-чиркхана кIел, накъостий т1ебахкаре хьоьжуш. Сохьтехь сов хьоьжуш Iарх, цхьа гуча ца велира. ХIинца когаш Iуьйра ву со, телефонца накъостий лохийла йац, мачаш, телефон Мохьмадехь болчу тIоьрмиг чохь йу, тIе ахча чохь долу бохча дисинера цу чохь. Суна тIехь йолчу кучан кисанахь мелла йелахь нахарташ карий суна. ХIуъа нисйина цкъа кога туда хIума нисйан йеза ас аьлла, маждиган хьармина гонах йолчу ларёкаш йолчу вахара со. Цигахь уггаре йорах йолу резанкин тударгаш (сланцаш) ийцира ас. Цигара гена йоцуш йара таксиш, маршруткаш совцуш йолу меттиг. Тхуна нисделла хьешийн цIа оцу маьждиган хьармина гено хиллера. ТIе оцу агIор лела маршрутка со тIекхачале дIайахана хиллера. ТIаккха таксисташна тIевахара со. Салам делла цхьана таксистана сайн аьрру куьйгах йихкина йолу бирка дIагайтира аса, цунна тIехь билгалдина дара тхо севцначу хьешацIийнан адрес. И бирканаш шайн куьйгах йехкий даима лелайе аьллера тхоьга, шаьш хьешацIийнера миччанхьа дахан арадовлуш хилахь. Таксисто шен мах гайтира суна куьйгашца  – 25 риал. Тхо схьакхаьначу хенахь, цхьа кIира хьалха, таксина маьждиган хьарме валориг, мел тIех даьккхича 5 риал бен ца даккхара. Ткъа хьаждаран денош тIехIиттича 5-6–зза хьалабаьккхинера кхара дIасавигаран мехаш. 25 риал соьгахь дацара, ас сайгахь долу 20 риале ца кхочуш долу ахча дIагайтира, хIара бен кхин да-м дац, боху ишар куьйгашца йеш, хечин, кучан кисанаш хьарцахьа дохуш. Машенан неI дIайиллина, куьйгаца чухаа боху ишар йира шофёро. Кхузахь хоьхкуш йолу машенаш йа немцоша, йа японцаша йиначу марканех йу йаккхий автобусаш тIехь –«Мерседес», «Митцабуси», «Тайота», «Вольво» иштта дIа кхин а. 5-6 минотехь, кхин некъ ца бахлуш, таксисто со схьакхачийнера.  Кузара хьешацIенойн чувоьдийлаш вовшех къасталур йоцуш цхьатера хуьлу Цундела, тхо дуьхьала севцначу цIийнан чувоьдийла тхаьш севцначух тера хетта, со охьавоьссира. Таксист хаьхкина дIавахара. Со неIаран берте кхаьчча, тхайниг йоций хиира суна и чувоьдийла. Эццахь дукха вохарна, йуха ваьлла, маггIара дIадолчу цу хьешацIеношлахь тхайниг леха вуьйлира со. Ас схьалаьцна маршрут нисса бIостанехьа воьдург хиллера. И къа ца хьоьгуш, оцу со дуьххьара тIехоьттинчу хьешацийнехь волчу вахтёре йа администраторе сайн куьйга тIера бирка дIагайтинехьара, цара воккхур ма вара со нийсачу новкъа.  Амма Далла лиъна хилла хир ду-кх со иштта зен. ГIеххьа некъ бича, оцу ураман дехьарчу агIорхьара туьканара араваьлла, со волчу агIор волуш цхьа Iарби нисвелира суна дуьхьала. Аса цуьнга, салам луш, эли: «ИхIдина сыротIал мустакъим». Бисмиллина йукъахь Деле нийсачу некъа ваккхар доьхуш меттиг иза хиларна. Iарбичо вела къежна: «Русси, Франси», «Инглиш» кхин цхьацца пачхьалкхийн цIераш йаха йолийра. Ас: «Русси, Шашани»–аьлча, –«Шашани, Iабдал-Бакъи Джамо, Йордани» – гIадвахана воьлуш, сан аьрру пхьаьрса тIера биркин йозане хьаьжна, йуханехьа дIавигира со. Цо-м шайн маттахь дуккха къамел дира, сих-сиха Iабдал-Бакъи Джамон цIе йохуш. Со-м таксисто тхан хьешацIийнехь воссийна хиллера, амма тхо чудоьлхучу агIонна т1ехь ца нисделлера совцар. Эццахь со аьтту агIорхьа хьаьвзина хиллехьара, со нисса тхайн хьешац1ийнан чуволе нислуш хиллера. Со лаха арабевлла сан йишин кIант, тхуна молалла деш волу Оьрза-ГIалара (Червлённера) Сайд-Хьамзат, Устрада-Эвлара Мохьмад кечлуш болуш, со оцу Иорданера Iарбичо царна тIекхачош, дIадирзира сан тилавалар. Оцу Иорданера Iарбичуьнца къамеле велира тхан молла Сайд-Хьамзат. Iарбичо чIогIа хестош хиллера, шайн паччахьан хьехамча, Иорданин парламентан декъашхо волу, Iабдал-Бакъи Джамо, шаьш долчохь бехаш болу нохчий а. И сонталла нисйеллера аса тIоьрмиг сайх дIакъастор бахьанехь, иза ас сайгахь битинехь, сан некъ цу дийнахь оьг1ур бацара. Сайд-Хьамзат Иорданера Iарбочуьнца къамеле ваьлча хиира дуккха хIума цигарчу нохчийн, Iабдал–Бакъи Джамон Iер-дахарх дерг. Сайд-Хьамзатан молалло доккха накъосталла дира тхуна. Сан йишин кIант Хьасайн, Сайд-Хьамзат ший Iар-дахар Оьрза–ГIалахь (Червлённехь) долуш вара, ткъа кху Маккахь цхьана хьешацIийнехь хан йаккхар нисделлера тхан луларчу чоьнашкахь. Оцу стага Iумрат, хьаждаран бехкамех, ша хьалха волуш, чекхдехира тхо дан дезарг, ала дезарг тхуна хьоьхуш. Дера тхуна Нохчийчуьра арадовлуш дуьйна тIечIагвина вайн муфтийато дешна стаг-м вара, хьажцIахь тхуна ларбан безачу бехкамашна тIехь гIо-накъосталла дайта. Делахь оцу Сайд-Хьамзатан дикалло йуьхькIай чекхдовла аьтто бира тхан цхьаьнгге ца хьежош, Дела реза хилийла цунна дуьненахь, эхартахь а Дала йуьхк1ай лелавойла иза. ЧIогIа къамелана кIеда, собаре, экаме адамалла, лакхара ийман долуш бусалба стаг ву Сайд-Хьамзат. Цо оцу хьажцIахь массо геченех чекхдехира тхо, цхьана кепара везавер, хамталла йоцуш. Тхоьца цхьана чохь Iаш волу Назранера Борис тилавелла, тхох хаьдда висинера КаIбатехь, тIавап дечу хенахь. Иза тхо лоьхуш къа ца хьоьгуш, шена туьканара цхьа жима гIант эцна, маьждиган кевнехь охахиънера, накъосташа ша лоьхур вуй хууш. Цуьнан верасо Тангиев Мохьмада, сан йишин кIанта Хьасайна схьавалийра иза оцу маьждиган кевнера. ЧIогIа йовхо Iаьткъаш бу Iарбийн мохк, къасттина Маккахь, 50 – йовхонан гайтаме (градусе) кхочу цигара йовхонан тов. Цундела цигахь ког баккх-баькхинчохь, дезар деш, лелош йу кондиционераш: маьждигашкахь, хьешацIийнан массо чохь, туьканашкахь, машенашна, автобусашна тIехь а. Оцу кондиционерийн шелонах боьлла боцу, тIебаьхкина нахана йовхарш кхета, шийла хIаваъ кийра ийзар сов долий. Цундела хьаждан кхуза кхаьчна нах, джамаIатан ламазан маьждигашкахь, Ка1баган хьарме дIасабоьлхуш машенашкахь, дезарна туькана нисбеллачохь а, йиллина йовхарш йетташ хуьлу. ХьешацIийнехь сан, сан йишин кIентан маьнгеш оцу кондиционерна кIеллахь нисбеллера. Йуьхьанца - м тхойшиъ чIогIа воккхавеш вара цунна кIел нисваларна. ХIунда аьлча арахь йовхонна кхехкаш долчу дуьненара чувеача, мела-аьлла хетара. Амма диллина чууьйзучу шийла х1авао, пеххаш чу йис йуьллура, – иза цамгар йара. Кондиционер дIайайича массарна йовха хуьлура, ткъа латийна йитича, цунна кIеллахь волчу тхойшинна шело Iаткъара. И йовхарш аса хьажцIера цIа йеара. ЦIахь шина баттахь сов хан йаьккхира, цхьана молханех дарба ца хуьлуш. Бакъду, лор-терапевт болх беш волчу сан шичас, Исаев Мовлдис (Дала гечдойла цунна, х1инца воцуш ву иза) хьийхира суна: 2-3 литар шури чохь 5-6 картол кхехкайай, уьш кхихкина йевлча, цу йай чу цхьа Iайг сода тасий, оцу йен Iаьнарехь, хьайна тIе доккха гата тасий, хьайн корта цу Iаьнарехь латта бе, и йовха Iаь чууьйзуш. Цул тIаьха и мела шура тIемолуш, картолаш йаа магаш ду, олуш. Шозза-кхузза и болх бича дIайевлира сан йовхарш. 15-гIачу эсаран (октябран) беттан дийнахь хьаждан Нохчийчуьра араволуш со Гуьмсерчу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарахчу «Путь» типографин телерадиокомпанехь редакторан белхахо волуш вахана вара хьаждан. Хьаждина цIадерзар 8-гIачу лахьан (ноябрь) баттахь бен ца нисделира тхан, амма  со Хьажц1ера ц1а кхаьчна валале, эсаран (октябрь) беттан 31дийнахь дуьйна, со сайн лаамехь дехар дина, дIаваьлла аьлла, даьккхина омра (приказ) хиллера, оцу хьукматан коьрта (генеральный) директор волчу Шахидов Адама даьккхина. Со цIа верзалц собар дар доцуш, соьца бийцина цхьана гIиллакхехь мотт боцуш, тIе со дуьхьала воцуш, сан меттана, сан цIарах йаздина, шайггара дехарца йаздина кехат (заявление) хоттийна, и сан дехар къобал деш Адаман резолюцина кIел та1ийна шен куьг долуш. Лелла и харцо Делан кхоьле йелла ас, – Нийсонан Да Иза хиларна. Со санна дIабаьхнарш-м кхин хиллера оцу муьрехь, 60 шарел сов хан йолу белхалой, царна йукъахь сан верас волу Ойсхарара Бициев Султан волуш. Иза-х варий вайн университет чекхйаьккхина хьехархо-математик, тIе цул тIаьхьа бусалба динан Маьхьалш Iамийна, Кадыров Хож-Ахьмад –Хьажас лоруш Iеластаг. Кхин хIумма ца хилча, оцу хьукматехь деа шарахь оцу Адамца цхьаьна белхаш-х бинерий оха. И Султан ХьажцIера цIа вогIучу суна 8-гIа лахьан беттан сарахь, тхан кема буса бен Соьлжа-ГIала ца кхочушшехь, суна дуьхала веанера. Таможенин талламех чекхдовлар тхан буса 24-гIа сахьтехь бен д1а ца дирзира. Цундела тхешан ц1ера  хIусаме дерзар тхан ца хилира буьйсанан йукъал т1ехьа бен. ШолгIа, кхолагIа деношкахь тойнехь Iаш а, Султана ца хаийтира суна тхо балхара дIадаьхна хилар. Со цIа кхачаран той дIадирзича, хьалха санна сайн балха воьду со Гуьмсе. Кхузахь шайн – шайн гечешкахь болу белхалой, сан хьаж къобал деш, вахар-вар муха нисделира бохуш къамеле буьйлу. Ткъа отделкадар йолчу Заирас, чIогIа бехкала йахана, хиллачунна ша бехкен йолуш санна, хоуьйту суна – са сайн лаамехь балхара дIаваьлла хилар, т1е и сан лаам кхочуш беш Шахидов Адаман д1айаздина омра хилар. Заирас и омра, тIе сан цIарах шаьш йаздина долу дехаран кехат (заяление) суна хьалха дуьллу. Зудчуьнца оцу хьокъехь къамел дар осала хIума хиларна, аса заявленина тIе сайн куьг таIийна, сайн белхан киншка схьаийцира. Заирега шун болх Дала берате хилийтийла олуш, со араволу и йолчуьра. Заира, сан некъ дика беш йистхуьлуш, суна тIаьхьайолу.
 – Адаме Iадика йеш вистхилий со, – олу ас Заире. Цо дуьхьала олу:  «Шена тIе цхьа ма вита», – аьлла-кх цо.
– Марша Iайла, Заира. Дала сий дойла хьан», – олий со цIа вогIу. Кхин цул тIаьхьа 12 шо хан дIайаьлла. Со цхьанхьа балха нисвала ца гIоьртира, сайн цIахь, кертахь далург деш, цхьацца йозанаш хьоькхуш, 18–та эзар соьман пенси тIехь хене волуш ву, Дала деллачу хьолана реза волуш, Цо сайна тоьхна хан йоккхуш ву-кх, цхьана дех хьоьгуш воцуш. ЦIахь висинчу оцу 12-та шарахь аса йазйина 7 книга зорбане йаьккхина: «Кханенах догйовха»–байтин гулар; «По следам предков» – басхойн тайпанах, нохчийн къоман цхьацца тайпанийн исторех лаьцна дийцарийн гулар; «Вечная боль нахов»–вайн къомана тIехь 1944-г1ачу шарахь 23–г1а чилланан (февраль) беттахь дуьйна Сталинан 1едало, хьалхе дуьйна кечйойтуш 13-щарахь шен Iедалан нуьцкаллин структурашка лелайайтина боьха мекарлонаш, йамартлонаш, къизаллаш йуьйцуш гулар. Оцу гуларна йукъа йахана: Казахстанехь «Вайнах» йукъараллин Президента Дадаев ХIарона, цу книгин редактор волчу Яхъяев Лечас 1991-гIачу шарахь арахецна йолчу «Белая книга» гуларан материалаш; 2012-гIа шарахь Гаев Саламата, М.С.Хадисовс, Т. Х. Чагаевас арахецначу «Хайбах: следствие продолжается…» киншкин материалаш; Лула Кунис (Джамалуевас) арахоьцуш хиллачу «Нана» журналан материалаш; кхин дуккха йаздархойн йозанаш, вай махках дохучу заманан тешаш хиллачу нехан тешаллаш ду цу гуларна йукъахь. Вайн къомана тIехь лелийна ГПУ-н, НКВД-н, Сталин, Берия коьртехь волчу советийн Iедало, оцу Iедалан чалтачаша латтийна йерриге къизаллаш чулаьцна оцу оьрсийн маттахь арайаьллачу гуларо. Со Iедалан балхах мукъа ваьккхинчу шерашкахь аса вайн матте гочйина арахийцира, дуненна вевзаш волчу Омар Хайяман рубайатийн гулар, «Нохчолла – ийманан рамза», «Дуьненан дахаран хьаша» цIе йолу ши книга. Цара чулоцу байташ, проза, публицистика, гочдарш, фольклор, пьесаш а. 2021 –г1ачу чу шарахь аьтто белира, Дала дуьне, Iалам а шен дуьхьа кхоьллинчу Мухьаммад (I.с.с.) пайхамаран, цо дуьненчу ислам-дин даржош дIадаьхьначу дахарх лаьцна жайна йаздина арахеца. 1967 шарахь дуьйна къахьегна Крачковскийс, тIаьххьарчу заманахь Кулиевс оьрсийн матте даьккхнна Къуръан нохчийн матте гочдеш. Компьютер тIехь 750 агIо дIалаьцна оцу балхо. Делахь, кхоччуш вайн Iеламнехан бIаьргтохарх чекхдаллалц зорбане ца луш лаьтташ ду и гочдина даьлла Къуръан. Иштта зорбане далаза лаьтташ ду Дагестанан бусалба динан Урхаллин белхахо хиллачу Iеламстага, Рамазанов Курумухьаммад–Хьажас (Дала гечдойла цунна, ваххIабистийн карах валар нисделла цуьнан) оьрсийн маттахь цо йаздина хилла «Заблуждения ваххабитов в шариатских вопросах» жайна, нохчийн матте гочдина. Карарчу хенахь къахьоьгуш ву (мемуарни жанрехь лара мегар долчу) сайн вархIадайн силсилан, церан, сайн дахаран некъийн, Цоци-Эвларчу дикачу нахера дийлинчу хьуьнаре гIуллакхех лаьцна болу дагалецамаш йозане берзош. Далла йен Iамалш лагIйина беш бац йозанан белхаш. Iуьйран ламаз, дукха хьолахь деш схьавеана джамаIатехь маьждигехь, къаналло, могашалло  г1ора иэшо волаваллалц, амма пIерасканан рузба лардеш схьавог1у. Iуьйран ламазал цхьа сахьт хьалха до буьйса карлайаккхаран, тоба дарца ширкаIат ламаз. Цул тIаьхьа Iуьйран ламазна молла кхайккхалц йолчу хенахь Къуръан доьшу. ХIора баттахь, лаххара хьесапехь, дерриг Къуръан цкъа доьший чекхдоккху, сайна, сайн цIийнан охIланашна Делера мел, йал йоьхучу нийатца. Сайца дахарехь хьирчина, варисаллица йа гергарлонан уьйраш ларйеш болуш дIакхелхинчу нахана, бусалба вежаршна, йижаршна тIера сагIийна совг1атана д1ало дешна Къуръан. ХIора ламаз диначул тIаьхьа «Ла илахIа иллаЛлахIу» олуш 5-бIе зуькар деш вирд доккху, цунах хилла мел, йал сайн устазна Iовдин Велина (Iелина), цуьнан дена Iовдина, цуьнан доьзалшна, цуьнан цIийнан охIланна луш, хIора 100 зуькарх. ХIора 100 зуькарх хилла болу мел, зуьретан дена Адам (I.с.) пайхамарна, сайн дена-нанна, Элчанна (I.с.с.), цуьнан цIийнан охIланна, массо пайхамаршна, сайн цIийнан охIланашна дIало доIица. Малх схьакхетале, Iуьйранна, 100 салават дуьллий, 100 къулха доьший, ший къулаIуза доьший и мел Элчанна (I.с.с.), цуьнан цIийнан охIланна, доьзалшна, асхьабашна, гIазотийн тхьамдина, Хьамзатана, цунна тIера сагIийна таханлерчу дийне кхаччалц Делан динехь гIазот латтош схьабаьхкинчу цIеначу шахIидашна белла, Элчанна (I.с.с.) къаьсттина дукха везначу веа асхьабана дIало и мел (Абубакарна, Iумарна, Iусманна, Iелина –Дала даржехь совбахийла уьш). Цул тIехьа бусалба умматан барт бар, иза гIайгIа-баланах, зенах-зуламах лардар доьхуш 500 салават дуьллий, «Радиту биллахIир  раббан, ва би ислами динан, ва би Мухьаммадин (I.с.с.) наббиййан расулуллахI» доьший, набарна дIатевжа. БорхIалгIачу соьтехь гIаттарций, Далла хастам бой со могаш-маьрша дийне ваккхарна, ламаз оьций, ширкаIат сунт ламаз дой, кегий хедайой саьмарсекхан цхьа церг мелачу хица дIамолий, Къуръан доьшу, дукхахьолахь динна жуз деша кхиалуш, Iуьренан рицкъанах кхетале. ХIора оршотан, йеарийн деношкахь марханаш кхобу, шарахь тIехIуьттучу йезачу хенийн марханаш кхабар кхочуш до. Дала лардойла вай дозаллина, цIерхазмана ша-шен хестош хIумнаш дийцарх. Дуккха сакхте, ледара, Iеса хIумнаш дийлина соьгара къона валчу хенахь, хIунда аьлча къоналла йерриге советан Iедалан Iесачу замано тIеIаткъам беш лаьттина сан, сол баккхийчийн, сол 15-20 шо кегийчийн чкъурашна тIехь. Ткъа оцу хьоло адамийн дог-ойла Далла, бусалба динна, къоман гIиллакх–оьздингаллин мехаллашна йуьстах вохуш йолчу идеологин тIеIаткъам бара гIароле хIоттийна, доьзалера дуьйна, тIекхуьу тIаьхьенаш 1еса йовлу аг1онаш лоьхуш. Хилда и берийн бошмашкахь – «звёздочки», школехь – «октябрята» I-4 классашкахь, «пионеры» – 5-8 классашкаш, «комсомольцы» – 9-11 классашкахь, цул тIаьхьа кандидат в члены КПСС, йуха член КПСС – иштта, хьо къанвелла, коша виллалц, шайн идеологин гурахь латтадора оцу Iедало, мел жимачу дарже нисдолуьйтуш долу адам. Цундела дац тхан чкъор оцу идеалогин тIеIаткъаман сакхтийн хьоькхнаш тIехь хилаза. Амма Далла бу хастам царах дIацIандала хьовса, дохкодовла, Ша къобал биначу некъахь нисдала тхуна хан луш, и Iедал духучу замане тхо дахарна, Шена дуьхьала ца дуьгуш Везачу Дала. Ас лакхахь дийцинарг йаздина йеккъа цхьана Iалашонца –иза масалла хилла дисийта тIекхуьучу вайн тIаьхьенашна. И тIаьхье дуьненан дахарехь, мел хала заманашна кIел нислахь, Делан динна, шен къоман гIиллакх-оьздангаллина хиера ца йолуш, халачу дахаран муьрах собарца, деналлехь, ийманехь, нохчоллехь чIагIлуш, 1есаллин некъах  ларйаларе сатуьйсуш.


Рецензии