Керлачу уьйрийн беркат

2012–гIа шеран лахьан (ноябрь) баттахь дуьйна, со мукъа ваьлла вара, пачхьалкхан алапа догIуш бечу балхах. Амма вацара мукъа ваьлла, йукъараллина оьшуш долу хьашташ кхочуш даран декхарех.
70 шо кхаьчна волу со, шовзткъей деа шарах сов йуьртахойн берашна дешар Iамош, уьш кхетош-кхиош школехь болх бина вара. Оцу шерашкахь тIекхиъначу йуьртара, кIоштара, махкара гIеххьа нахана девзина адам хилча, хуьлийла йарий со, могашалла йайна чохь висина ца хилча, йукъараллин хьаштех мукъаваьлла? Доллачунна тIе йаздархочун цIарах гоьвалар нисделлера сан 2009–гIа шарахь Россин Федерацин йаздархой Союзе д1аэцна декъашхо хилча. Вайн Республикан газеташкахь, журналашкахь сих-сиха цхьацца статьяш, байташ, дийцарш дара 1980-г1ачу шарахь дуьйна зорбане дуьйлуш, къаьсттина нохчийн меттан дарж пачхьалкхан тIегIане дала лаарна, къоман гIиллакх-оьздангалла дийна латторна тIедоьгIна. Йадархойн Союзан декъашхо хиллачул тIаьхьа вайн республикехь шуьйра вевзаш волчу журналиста Муцураев Олхазара Айдамиров Абузаран цIарахчу вайн коьртачу библиоекехь цкъа-шозза «Дахаран куьзга» цIе йолчу шен литературан передаче кхайкхира со а. Вуьшта мичахь ву хуур доцуш волу, дуккха махкарчу нахана вовзийтира цоа со. 2014-гIачу шарахь соьца Гуьмсехь балхахь хиллачу сан тайпана, вуьшта цIийнан верасалла долуш волчу Бициев Султана, вовзийтира суна, шен йуьртахо волу, Ойсхарара Абабакаров Iисха, ГIоьрдаларчу басхойн тайпанах волу. Тамашена хийтира суна 1исхас ша тайпана басхо, йуха цу тIе гIоьрдало а ву бахар. Бакъду, ша басхо хиларна тIе алсам тевжина вара иза. Басхойн тайпанан историна таллам бар йуьхьара дерзийна лелаш хиллера 1исха. Дуьне дикка девзина, лелла а «борз» йу ала мегар долуш стаг вара Iисха. ГIеххьа набахтехь хан йаьккхина хиллера цо, шел воккхаха волчу вашин дов шена тIелаьцна, шена хан тохуьйтуш Iедале. Дуккха аренца деналлехь лелла, хьуьнаре нах бевзина, кхузткъа шарал тIехъиккхина велахь, могаш, гIоралахь, буто дегI долуш, иэс ира, тайна нохчо вара Iисха. Сан йуьртарчу Ахьматханан Ахьмархьажин доьзалшца гергарло доггаха лелош хиллера Iисхас, къаьстина Абу–Iелица (Дала гечдойла цунна). Абу–Iела, вашас вийначу стагана дуьхьала, чIир оьцуш, вийнера церан довхоша. Шен доттагI Абу–Iела веллехь, Iисхас цуьнан доьзалца, вежаршца долу гергарло лелош схьадохьуш хиллера. Уьш йалх ваша вара: Iумар–Хьажа, ГIеза– Хьажа, Абу–Хьажа, Ташу–Хьажа, Абу–Iела, Мохьмад. Ташу–Хьажа вара церан доьзалах чIир хьарчийтинарг. Оцу бахьанина валар нисделлера Абу-Iелин, и дов шен хенахь дерзор ца нисдалар бахьана долуш, шинхьарнаш тайпана гуной, цоцанхой  болушшехь. Ас хьалха ма-аллара, Iисха иэс ира долуш стаг вара. Цунна цкъа дуьйцуш хезнарг йа цо дешнарг тIулга тIе йаздина йоза санна, гуттаренна коьрта чохь соцура, мичча хенахь цу чуьра схьаиэцар сихонца хуьлуш. Вайн къоман, тайпанийн историца долчу хIуманийн бала болуш со хиларна, сан гергарчу стага, Бициев Султана, со волчу валийнера Iисха, тхойшиъ вовшен вовзийта, оцу балха тIехь сох, шайна йозанца оьшуш долчунна тIехь, накъост ван дагахь.  Иза дара 2014–гIачу шеран бIаьстенан йуьххьехь, бекарг (март) баттахь. Вайн х1усамехь хьешашна хьалха кхача биллина, рицкъех кхеттачу хенахь, къамеле девлира тхо. Цхьацца дуьйцуш Iаш, довла–довлуш вайн къоман, цу чохь хиллачу, тахана долчу тайпанашна тIе дирзира тхан къамел. Кхузахь дуккха авторийн хьежамашна тIехь тидам сацош талламаш бира оха, оцу темех хьакхалуш белхаш йазбинчу нехан хьежамаш буьйцуш. Тхан талламан жамI дара – йуьхьанца нохчийн къам кхоллалучу хенахь, нохчийн мотт буьйцуш, нохчийн мехкан доладеш, цуьнан дай хилла чIагIделларг 63–65 тайпа бен цахилар 9 тукхамна йукъахь. Цул тIахьа оцу цIена нохчийн тайпанех гарашка, некъешка, доьзалшка декъалуш, уьш 151 тайпанан хьесапе дирзина хилар нохчийн къам. Оцу тайпанийн векалех кхоьллинчу Мехкан Кхоьлан куьйгаллина кIел оцу тайпанех къам кхолладелла нохчийн. Мехкан Кхоьлана йукъа хоржуш хилла 105 стаг, уггаре дог цIена, оьзда, нийсонна тIера бухур боцуш бочу, оцу 151 тайпанийн нахах. Иштта вайн йукъараллин низам лаьттина вайна йукъахь къоман Iадатийн тIеIаткъам алсам лаьттинчу хенахь. Вайн къоман Йай, Тептар, МухIар Нашхарчу Моцкъара-Юьртахь лардеш, дозалла хеташ, лелош хиллачу заманахь. Вайн къомалахь хьарамлонашца бахамехь сов ваьлла, шел гIийла нах бацабеш, царах шен хьадалчаш беш, айавала волавелла хьолахо байталваккха сацам беш хилла оцу хенахь Мехкан Кхоьло. Байталвоккхучу хьуолахочунна шен доьзалца хене валалла бахам буьтуш, бисинарг миска, гIийлачарна дIабоькъуш хилла. Ткъа йукъараллин бакъонаш йохошверг тайпано шена йукъара эккхош йа махках воккхуш хилла. Ткъа цкъа нехан даг тIера воьжна, мехкан неIалтана кIел ваханчунна кIарлагIа йугIуш хилла цу хенахь, адмаш д1асалелачу некъаца. ТIехбовлучара зуламхочун цIарах неIалт кхайкхош, тIулг, чIишалг йа гIорза тIекхуссуш хилла к1арлаг1ина т1е. Оцу наха неIалташца т1екхуьйсучу хIумнех барз гуллуш хилла, кIарлагIин барз. Бусалба дин вайна йукъахь чIагIлуш, тIе Россин Iедало тIемашца хIаллакдеш, вай шен низамна кIел дохкале лаьттина вайна йукъахь иштта дахаран хьал (демократии). Мел йемал йеш йийцахь и шира зама, массо стаг шен дегIана маьрша волуш хан хилла иза. Россех дIакхеташ, бусалба дин вайлахь чIагIделча, хьалха санна боцуш, тайпанан тIеIаткъам шен нахана тIера малбелла ца Iаш, дIахаьдда баьлла, ала мегар долуш ду, нохчийн йукъараллехь. Тайпанаш иэделла, бусалба дино, Iедалан законно магош ду, тайпанах хилар-м хIунда дуьйцура вай, шичас шича маре йигна, доьзал болор тIехь. Ткъа нохчийн къоман Iадатца иштта захалонаш дар дихкина ду. Цхьана тайпанера вукха тайпане валар, кхечу къаьмнийн адамаш нохчийн тайпанех уьйш иэдалар шуьйра даьржина дIадахана лаьтташ ду вайлахь. Иза чIагIлуш, эвхьаза даьлла, Мехкан кхелан куьйгаллина кIелхьара вай къам д1ахадийначу имам Шемалан замано, Николай паччахьан законаша, кху махкахь эххар чIагIделлачу Россин Iедало шен кога кIел вай къам хьарчийначхьана вай къоман нийсонан демократин терза доьхна, г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш иэшаме  хьаьлхина, бух нохчийн боцу тайпанаш дебна. Цундела таханлерчу заманахь вайна йукъахь дагардеш ду: Iарбойн, туркойн, гIумхойн, гIумкийн, таркхойн, куьпчийн, суьйлин, аргIанойн, ансалдойн, черкасийн, хирийн, салойн, жIайн, ардалойн, бацойн, гуьржийн, мехалойн, гIазгIумкийн, анцадойн, коганхойн, кIеганхойн, цIадахьаройн, хьакаройн, ног1ийн, ламанан жуьгтийн (татийн), оьрсин, угройн (украмнцийн) иштта дIа кхин –нохчийн мотт буьйцуш долу тайпанаш. Тахана Нохчийчохь 365 тайпа ду нохчийн къомана йукъа догIуш ду аьлла билгадина вайн къомах болчу 1илманан талламхоша. Вай хьесап дича вайн къомах схьакхетта, кхечу къаьмнех схьадаьлла, нохчийн цIарна тIехь ч1аг1делла ду 214 тайпа. Орам нохчийн бац церан, амма мотт, цхьадолу гIилкхаш, Iар-дахаран кеп, духар вайн къоман хиларна, уьш нохчий бу тахана. ХIора къомана Дала ша кхуллуш чуйиллина цIийх йоьзна шен башха къайле йу, цунах генокод олу. И генокод  йац мотт, духар, амалш, гIиллакх – кхин долу хIума санна, хийцайелла, сих д1аиэн йиш йолуш. Цундела оцу 214 тайпанех хьалакхиъначу т1аьхьенех буьззина, цIена нохчий хилалур бац хенна-жерахь, уьш куьцешкахь мел хийцабаларх. Уьш шайн къаьмнийн генокодийн орамаша боьрзуьтур бац нохчоллин васте, ваде а. Уьш лайн, элийн йукъараллера схьабевлла белахь, цаьрца шайн дайн йукъараллин (общественные моральные качества) амалш, гIиллакаш, сакхташ цIийца дисина хир ду. Цундела дахаран хьелашка хьаьжжина уьш, и сакхте, айпе, лайн амалш гучуйуьйлуш лаьттар йу цаьрца дахаран хьелаш хийцадаларе хьаьжжина. Хуьлда иза хьогIца моттбеттар, Iедалан белхалошна хьестабалар, хьаькамийн даржашка кхача сутара хилар, шайн гIуллакх дайта, говзанчаш кхиочу дешаран хьукматашка кхаьънаш кхийдош чекхбовлар, йуьхьдагалла даржадар – кхин, кхин а, мел ду уьш – оьздангаллех адамаш талхош долу дастамлонаш, дахарехь вайна бале девлла лаьтташ. И дастамлонаш шайца долу адамаш шена йукъахь йолу адамийн йукъаралла цомгаш лаьттар йу. КIеззиг бен кхуьур бац ишттачу йукъараллина йукъахь куьг беркате говзанчаш, адамашца къинхетаме болу лораш, суьдахой, хьехархой, Iилманчаш, Делан  дин цIенна лардеш болу Iеламнах. И амалш вайна йукъа йеана нах, вайн халкъ пхеа декъе декъча, кхаа декъе гIоьртташ хир бу, царахь тарбала гIерташ берш царахь дIа ца тоьхча. ХIунда аьлча, вайна кхечу къаьмнех, вайн къам стамдеш тIекхетта 214 хийрачу къаьмнйп тайпанаш хиларна. Иза-м вон хIума дацара, цхьа «ахI» дацахьара, цара шайн къаьмнийн лайн Iадаташ, нохчоллица ца догIуш долу гIиллакхаш, амалш вайна йукъахь даржош дебуьйтуш дацахьара.
Мехкан латта, бахам карабирзинчарна шаьш элий хетало, ткъа и хьал доцурш шайн лайш лоруш. 1едалан даржаш къийсар долало, адамаш дацор, кхаьнаш кхийдор даьржа. Iедалан куьйгаллехь къола, йамартло, харцо лелайар иэхьен а доцуш хиллачу пачхьалкхашкара вайх (нохчех) схьакхеттачу цу къаьмнийн векалийн тIаьхьенашкара, вай схьаэцна сакхталлаш, цIарматлонаш хена-жерахь дIайевр йац вайх. Амма, цхьабакъду, уьш вайх схьауьйш, вай царахь дIауьйш схьадогIучу дахарехь вайн нохчоллин вад денна оьшуш, бендацаре тиэ1аш, гомха долуш, гIеллуш доьдуш ду. Дала мукълахь, дайна дIадер дац иза. Денлур ду Нохчоллин Вад хенан йахаллехь дуьззина, тахана холматалле дерзийна лаьтташ делахь а.
Суна, керла бевзинчу басхойн тайпанах болчу накъосташна (Сайд -Эмина, Iилманна, Iисхина, Турпална, Хасмохьмадна, Расулна, Султанна) дагадовлуш къамелаш хиллачулла тIаьхьа, йуха оцу басхойн тайпанах лаьцна исторехь болу дуьххьарлера хаамаш леха болийча, уьш вайн нохчийн къоман массо тайпа схьадаьлла бохучу бухехь нислуш карийра – Малхбалерчу Шемахь (Мессопатамехь). Кхин цхьа хIума гучудолу –вайн Къоман Йайн бухахь дуьххьара дIайаздина хиллачу цхьадолчу тайпанаша оцу ширачу Мессопатамехь пачхьалкхаш кхоьллина хиларан билгалонаш Бабилна (Вавилонна) тIера дуьйна. Шаьш кхоьллина пачхьалкхаш адамех леш беш, уьш бацочу кепе йерза йоьлча, коьрталла цу пачхьалкхехь зуламхойн кара дахча, гIорасизалла шега кхаьчна диссича, коьртехь хилла и тайпа, цу пачхьалкхера кхелхина дIадоьдуш хилла, адамаш дацадар кхачазчу махка. Оцу хенахь дуьйна гIорасиз нохчийн тайпа дахаран кепаца, гIиллакх-оьздангаллица, маттаца шеца догIуш долчу нуьцкъалчу тайпанах дIауьйш хилла. ДоьалгIа-пхоьлаг1ачу чкъуре, дебаш пхоьлагIачу дега даьлча, и дIаийна тайпа мехкан кхожана йукъа доьдуш хилла, мехкан шорто йолчохь, шена лаьттан дакъа лаца бакъо йолуш. ДоьалгIа дега даьлча цуьнан бакъо хуьлуш хилла, ша тIелаьцначу тайпанан цIарна кIеллахь, д1аийнначохь саца, йа шена даьлла, хьалхалерчу цIарца кхин дIа даха, кхечеран дола балазчу мехкан дола деш. Тайпа хийцаран, йуха хьалхалерчу бухе дерзаран масаллаш вайна йукъахь тахана лелаш ду. Тхан йуьртахь хьачаройн йукъ аьлла цIе йахана йоккха куп йара. Цу йуьккъехь бехаш хилла 20-25 доьзалаш берриге а хьачарой бара цхьа 20 шо хьалха. Ткъа тахана бекъабелла уьш. Ур-атталла цхьана нанас цхьана дена вина ши ваша –цхьаъ хьачаро ву, важа – гуно. ИхIаройн йукъ йара вайн йуьртахь тIаьххьара тIемаш вайн махкахь буьйлабаллалц, цу йукъахь цхьа ихIарой бен бацара бехаш. Тахана уьш бекъабелла пешхошка, ихIарошка. ДагадогIу суна сан 14-15 шо долуш, сайн девашас дуьйцуш хезнарг. Тхо тахана тайпанна Йайбуха билтой ду бохуш чIагIделла Iаш ду, Чорин некъех долуш. Амма девашас дийцарехь хьалхенгахь тхо басхой, йуха белгIатой, эххара билтой хилла дисина, шен дайшкара дуьйцуш хезна бохуш, дийцара цо. Оцу сайн девешин дийцарх бух бича, сан дайн орам Нашхарчу басхойх тасабелла хуьлуш бу. Иштта дозаделира сан гергарло ГIоьрдаларчу басхошца. ТIаккха тхо цхьаьна Нохчийчуьра басхойн тапанан нах тIеттIа а уозош, уьш баьхна, тахана бехаш болу меттигаш билгала йохуш, церан дог-ойла ойуш, дайша лар йитина меттигашна таллам бан дуьйлира. Тхайн лехамашца ойланаш йогIуш, шайн дай баьхна меттигаш шайн бIаьрга ган, уьш йуххера йовза, барт хилахь уьш денйан лууш болу тайпанан нах тхуна карийра. Уьш бара Джалкера Кайсаров Сайд–Эми, Гуьмсера Мусиханов Турпал–Iела, Беркат–Юьртара Эльмурзаев Iилман, Шелковскера Акхтиев Хасмохьмад, Гехи–чу йуьртара Гастамиров Хасмохьмад (94 шо долуш волу воккхстаг), Серноводскера Багаев ХIарон, Итом–Кхаьллара Ильясов Майрбек. Бевзира тхуна СемаIашкара, Доьлака-Эвлара (Пседахера), Чурт–ТогIера (Петропавловскера), ЧIебарлара Басхойн ломахь дуьххьарлера кху заманахь цIенош дина волу, вайн республикан стоматологин коьрта лор т1ехь. Оцу басхошна дагахь йара шайн хиллачу йалхийтта дайн цIераш. Вовшен гергарлонца болучу Доьлака-Эвлара (Пседахера), Малхабек-Г1алара, Серноводскера басхоша багарбо уьш коьрттера дуьйна: Басхан, Байтамир, Баммат-Гира, Саьмби, Мохьмад, Байгира, Хьата, Тата, Эжгира, Тужгира, Аби, Тутурбек, Умалт, Къахьарма, Зука, Суппайн.
ГIоьрдаларчу КайсаровгIеран доьзалшна хаара шайн дайн цIераш, уьш дуьненчохь, гергарчу хьесапехь, баьхна шераш а. Цара буьйцуш ма-хиллара дIайазбина уьш: Басханан Байвурд – 1493 шарахь дуьйна Нашхахь ваьхна. ГIазбиг – 1521 шарахь ГIоьрдала схьакхелхина. Кхин дIа болу дай ГIоьрдалахь баьхна. Айбула – 1549 шарахь дуьна, ГIазгира – 1577 шарахь дуьна, Байгира – 1605 шарахь дуьйна, Басхан – 1633 шарахь дуьйна, Ирбаха – 1688 шарахь дуьйна, ПирIа (1716-1759) шерашкахь ваьхна, Хаси (1744 – 1811) шерашкахь ваьхна, Хизар – 1772 шарахь дуьйна, Илес (1800 – 1868) шерашкахь ваьхна. Дасай – 1826 шарахь дуьйна, Джебирхан (1865 – 1944) шерашкахь ваьхна, Къайсар (1888 – 1942) шерашкахь ваьхна, Сайдсалахь (1911 – 1990) шерашкахь ваьхна, Сайд – Эми – 1963 шарахь дуьйна дуьненчохь ву, цуьнан к1ентий: Джабраил (1983), Ислам, Мансур, Шемал. Джабраилан ду кхуьуш бераш. Сайдсалахьан дозалаш, вайн махкахь тIемийн мур бахбала боьлча, ГIоьрдалара охьабовлий д1атарбалар нисло Аргун–ГIалахь, Джалкехь а. Сайд–Эмин доьзалаш Джалкехь бехаш бу. Нашхарчу Басхара схьабевлла сан дайх болчу хаамаша гойту цу бухехь хиллачу дайн цIераш: Исхьакъ, цуьнан кIант Бадакх, цуьнан кIант Мадакх. Уьш берриш басхой хилла.  Мадакх ваьхна гергарчу хьесапехь 1460 – 1520 шераш ду. Мадакх Нашхарчу Басхара меттахваьлла хан, гергарчу хьесапехь йу 1500 шо. Басхара кхалхар дина Мадакхан тIаьхьенаш кхаьчна Нохчмахкарчу БелгIата, Билта 1620 шерийн замашахь. Эххар а сацар хуьлуш Хоьшкалдарчу билтошна йукъахь 1730 - 50 шерашкахь. Мадакхан тIаьхьенашна тIера дуьйна тхох басхойн билтой хила доьлла. Мадакхан шина кIантах – Мохьмадах, Генардукъах – доладеллачух тера ду Йайбухойн билтойн ши гара. Мохьмадан виъ кIант кхиъна: Тойсам, Черма. Тайма,  Хьесмик. Оцу кIентийн тIаьхьенехь дебна билтойн йайбухойн Таймин, Чермин, Хьесамикан гараш. Тойсаман тIаьхье кхиъначух тера дац, кхоччуш цунах бакъдерг Далла дика хуур ду. Оцу Мохьмадан к1ентийн гарийн тIаьхьенаш Соьлжа-Юьртахь, Соьлжа–ГIалахь орамаш хецна, паччахьан Iедалца тайна, цуьнан эскарехь тIемалойн гIуллакхаш кхочуш деш, эпсарийн, инарлийн даржашка кхочуш, баха хевшина. Мадакхан шолгIачу кIентан Генардукъан тIаьхьенаша, шолгIа гара долийна, шайн дахар Билтойн ламан Iаламца доьзна. Генардукъан кIант Аха (Оха), цуьнан кIант Суоса, цуьнан кIант Албура, цуьнан кIант Лабаз – уьш беригге ломара Билтахь баьхначух тера ду. Амма Лабазан кIант Чора Билтара меттахваьлла аренгахьа  гIоьртина. Иза шен доьзалшца бегIийла ваха меттиг лоьхуш кхочу Хоьшкалда, Мелчхе, Илсхан-Юьрта. Доцца аьлча, Нохчичохь кхечу меттигашка йаьржина дIанисло Генардукъан, Ахин, Суосин, Албурин, Лабазан тIаьхьенаш. Чорин кхуьу йалх кIант: Оьсма, Дуда, Хьамид, Ахтах, Товсалта, Асхьаб. Оцу йалх кIентан тIаьхьенаш йаха дIанисло Илсхан-Юьртахь, Гуьмсехь, Цоци-Эвлахь, Соьлжа-ГIалахь, кечу меттигашкахь а. Соьлжехь йехаш йу Мохьмадан Хьесамикан тIаьхьенаш. Дуьненна гIараваьлла охьатоха латтарехь чемпион хилла лаьттина Хасимиков Салман царах ву. Хьесамикан некъех болу билтой церан гергара нах Соьлжехь Iар долуш бу. Илсхан –Юьртахь бу Таймин некъийн доьзалш (иллешкахь вайн халкъо сийдеш вийцинчу Таймин Биболатан тIаьхьенаш). Биболатан кIентан Борзин, Бибин, Джабраилан доьзал бу иза: Дадаш, Куьйра, Абузайд, Абуйезед, Леча, церан доьзалш а. Чармин некъехь болу билтой паччахьан заманахь инарлин дарже кхаьчнарг Чермоев Орца вуй хууш ду. Боккха доьзал хилла Орцин кхаа зудчо бина, тIаьххьара цуьнан кIант Тапа (бакъ йолу цIе Iабдал-Межед) паччахан Iедал доьхча махках ваьлла, Малхбузерчу пачхалкхашка  дIавоьду. Цуьнан цхьа кIант ца хилла доьзалехь кхиъна йоьIарий бен. Цундела тIаьхье ца йисина йийца. Вай лакхахь керла накъостий бовзарца долийначу къамелан Iалашо йара –мацахь гIоралахь, деналлехь, пачхьалкийн урхаллехь лаьттинчу басхойн тайпанан нах кхечу нохчийн тайпанех уьйш, уьш баьржина хилар гайтархьамма. Иза цара хIунда дина теша, дахарехь хIун хала мур, тайпа кхачаделла дарна хIун кхерам тIебоьссина хилла теша цунна хаа дагахь?. Басхойн тайпа ширачу заманахь Йуххерчу Малбалин Шемахь пачхьалкхан олаллин, куьйгаллин даржашкахь лаьттина хилла бохуш хаамаш бисина бу исторехь. Цунах лаьцна йозанаш ду интернетан Викопедина чохь. Амма зуламе ницкъаша дуожуош сий дуожорал совнаха, гIорасиз дина, иэшийна и тайпа, 1едалан урхаллера дохош. Шемара пачхьалкхан урхаллин дарж кхечаьрга доьрзу басхошкара. Шемара доьхна басхойн тайпа догI-догIуш Кавказе, вайн Нохчийчоьнан махка, ша мацах кхузара бухдаьлла, дуьне мел ду лела дахана леллачуьра, шен туьше йухадоьрзу. Кхузахь Нашхарчу Хьалхара лам тIехь шайн йурт йуьллу оцу Шемара схьакхелхинчу басхоша, шайн цIарахь иза дIайохуьйтуш. Хьалхара ломан цIе Басхойн лам олий чIагIло. Вайна исторехь йуьйцуш хезна нохчийн махкара пачхьалкаш: Дзурдзуки, Алани, Симсир йолчу хенахь и басхойн тайпа мелла коьрталлин дакъа долуш хиллачух тера ду. Заманаш хийцало, пачхьалкхаш йуху, вайн махкахь йукъараллин кеп лайн, элийн пачхьалкхе йоьрзу хьал вайн къомо ца кхуьуьйтуш дуьхьало йо. Массо нах бацо лууш, мохк шайн дола баккха г1ерташ болу элий лохку вайн къомо шайна йукъара, Мехкан урхалла дIалуш Мехкан кхоьле. Нашхахь Мехкан кхоьло доладо Къоман Тептар, кечдо мехкан сацамашна тIетуху Къоман МухIар, бойту Къоман Йай. Къоман Йайна чоьхьа лиэтайойту цIена нохчийн 65 тайпанан цIераш.  Мехкан кхелан сацамца байталбоху хьарам бахамца гоьбевлла хьолахой. Оцу байталбохучарна йукъа нисбеллачух тера ду, вайна хетарехь, ткъа бакъдерг Далла дика хуур ду, олалла охьадилла ца тигна басхой тайпанах болу нах. Мехкан кхоьло хIора тайпанна йукъара билгала баьхна йукъараллин низам лардан, мехкан дозанаш лардан, тIеман хьал хIоьттича хила безачу бIон барам, цуьнан коьртехь хила везаш волу баьчча билгала воккуш. Оцу хIоьттинчу хьолехь, схетарехь, дукхах болу басхой Мехкан кхоьлаца къовсаме бевллачух тера ду, аьлла хета, шайгахь хилла куьйгаллин хьал д1а ца хецалуш. Мехкан кхоьлан сацамаш йукъараллина товш хилча, кхин дан хIума ца хилла, басхойн тайпа Нашхара дIасадаржа дезна.  Оцу хенахь долало Россин 1едал вайн махкана тIекхийда, гондIахьара къаьмнаш шен кога кIел дерзийна. Цундела, оцу хенахь Итон–Кхаьллара Дишнийн махка, ЧIебарлойн махка даьржина долу басхойн тайпа, аренца йолчу йесачу меттигашка кхочу, цигахь кIотараш, йарташ йохкуш. И кIотараш, йарташ басхоша шайн цIарах дIайохуьйтуш хилла. Итон – Кхаьллахь хиллачу Басхахь, шайн хиллачу декъа тIехь вагонан цIачохь бIаьсте, аьхке, гуьйре йоккхуш Iаш ву Ильясов Майрбек, йовхачу хенахь цигахь шен даьхни лелош. Нохчийн къам 1944-г1ачу шарахь махках даккхале цу йуьртахь хиллачу гIишлойн баххаш, междиган пенаш, кешнийн чарташ, адамийн куьйгаша тIедалийна шовданийн татолаш, бошмашкара цхьадолу стоьмийн дитташ, тIелатош стоьмаш болуш, тахана долуш ду цигахь ваханчунна ган. ЧIебарлойн махкахь хиллачу Басхойн-Юьртана, хIинца Аслаханов Марата Нохь – пайхамаран (I.с.) х1ордан кема ду бохуш йуьйцучу Хинда–Юрт лаьттинчу меттигна йукъахь, цхьа тогIи бен йац, 4-5 чаккхарма хиллал бен йукъ йоцуш. Оцу ЧIебарларчу Басхойн лам тIехь хилла Басхойн – Юрт, шайн кешнийн хьарма йолуш. Тахана шайн дайн тIаьхьенаш кхузе йахкаре хьоьжуш, йеса лаьтташ йу и меттигаш. Бакъду, вайн республикан коьрта (стоматолога)  цергийн лоьро цигахь дуьххьарлера  гIишло йоьгIна, Делан дуьхьа, кхуза богIучу басхошна, туристашна, маьхза «Хьешийн цIа» хилийта. Шира ГIоьрдала -Юрт, Бас-ГIоьрдала басхойн тайпано йиллина бохуш дуьйцу, амма иза ду кхечу тайпанашца къовсамехь. Вай лакхахь ма-аллара, аренгара Бас-ГIала (Ильиновская), Баса–Юрт (Джалка), тахана Керла-Энгана йолчохь, Хулло-хица паччахьан заманахь хилла, цул тIаьхьа йохийна ГIалбайна–Юрт (ГIала-байна) басхоша йиллина хилла. Тахана цигарчу кешнийн доладеш Гуьмсе-ГIалахь йу оцу йуьртара кешнийн дайн тIаьхьенаш. И йурт паччахьан эскарша Таймин Биболатан заманахь йохийча, цу йуьртара бахархой, басхой, Гумс-хица охьахевшина, таханлера Гуьмсе-ГIалин йуьхь йолош. Амма иза ду чертойн тайпанца къовсаме даьлла, чертоша шайл хьалха цу лаьтта тIе цхьа ваха хиъна вац бошуш. Оцу ГIалбайнехь сецна волуш, Таймийн Биболата Нохчийчохь цу хенахь хиллачу Россин администрацин куьйгалхочуьнга граф Энгельгарде йаздина кехат ду тешалла деш, оцу йуьртара нах Даймехкан йукъараллин гIуллакхашна йукъахь жигара дакъа лоцуш хилар схьахоуьйтуш. Оцу кехатна бухахь Таймин Биболата куьг ду таIийна – Нохчийчоьнан тхьамда, граф Таймиев Биболат, аьлла. И тIаьххьара даржаш Биболата шеца гучудахар чIогIа дагах кхетта, цатам баьлла хиллачух тера ду Энгельгардана. Биболата цу даржашца ша кхайкхаваро гойтуш хилла, нохчашка дахаран хьал мел доьхна деанехь, цо нохчийн къоман къармазалла тIейаьккхина деналлехь 1аш хилар, шаьш хIумма доьхна цахилар, харцонна, мостагIийн ницкъана дуьхьало йар малдина цахилар тIедоккхуш. И кехат Таймин Биболата ГIалбайна-Юьртахь йаздина хиллера. Басхойн тайпанан историн лараш лоьхуш тхан тобанна: Кайсаров Сайд-Эмина, Абубакаров Iисхина, Эльмурзаев Iилманна Мусхаджиев Турпал-Iелина, Акхтиев Хасмохьмадна. Бициев Султанна, барам боцуш доккха накъосталла деш тешалла дара, къам махках доккхучу хенахь Нашхара, Моцкъара-Юьртара вохийначу, 17-гIа шо долуш хилла волу Гастамиров Хасмохьаммад а, дохочу хенахь жимастаг хилла волу Давлетмирзаев Iумархьаьжа а каравар. Цара цу хенахьлерачу нохчийн къоман хьолан ма-дарра сурт хIоттош, басхойх лаьцна дерг иэсехь меттахIотто гIо дира тхуна. Басхойх дерг лехьош долчу тхуна кара дуккха материал йеара. Интернетехула Викопедин хаамаша дуккха х1ума    гучудаьккхира шен йозанашкахула, доккха гIо а хуьлуш. Вайна историно, бусалба дино ма-хьеххара, дуьххьарлера адамийн зуьрет Адам пайхамарна (I.с.) тIера дебаш дIаьржина. Ткъа дуьненчу хIорд батIийтина и зуьрет Дала хIаллакдича, йуха Нохь-пайхамарца (I.с.) иймане баьхкина, цо диначу хIордан кеманна тIехь дийна бисинчу нехан, аьлча, Нохь-пайхамаран (I.с.) тIаьхьенехь дебийтиний, хаьа вайна адамаш хIара дуьне дузуш. И хIордан кема сецна, Къуръано билгалйииа меттиг «Джудди» лам бу. Ткъа и лам историкаша, Iеламнаха Кавказера лаьмнех цхьаъ лору. Цундела дуьнено чIагIдарехь, хIордах цIанлуш Латта марша даьллачул тIаьхьа, адамийн зуьрет кху лаьтта тIехь даржар дIадолало вайн Кавказера, Нохь-пайхамаран (I.с.) кхаа кIентан (Сим, Хьам, Йафетан) тIаьхьенех.
Диэбаш кхузара дуьненчу йаьржина дIасайахана Нохь-пайхамаран (I.с.) тIаьхьенийн тIаьхьенаш хIара дуьне мел ду. Амма цу т1аьхьенех цхьайерш, шайна дуьне гездан к1ордийча, шайн дай   схьабевллачу Кавказан туьша, Нохчийнчу а кхелхаш йуха баьхкина. Иза чIагIдеш долу делилаш дукха ду вайн къаноша дуьйцуш дисина, Iеламнаха йаздина дитина, эрмалойн, гуьржийн, туркойн, кхечу къаьмнийн историкаша шайн йозанашкахь билгалдина а. Кхин дIа долчу дийцарехь оха уьш гуча дохур ду. Тхайн Iалашо кхочушйан тхуна оьшу материалаш йара Викопедехь, Н. Семёновн, К. М. Туманоовн, С-Х. Нунуевн, А. Сулеймановн, Н.С. Натаевн, М. Мамакаевн, А.А.Головлёвн, В. П. Кабичевн, З.Х Ибрагимовн, Д. Хажаевн, С-М. Хасиевн, Iела Янарсаевн, Кати Чакаевн, М. Вачагаевн, миладан терахьца «7 – гIа бIешерийн эрмалойн географин» агIонашна тIехь а. Оцу нехан йозанашна таллам бина ца Iаш, тхо тIаьхьадевлира басхойн тайпанах болчу баккхийчу нахера гуллучу дагалецамийн материалашка. Абубакаров Iисхас дIайазбинера шен дешичас, Дазаров Iусмана шена бийцина, шаьш басхой хиларх лаьцна болу дагалецамаш. Iусман 105 шо долуш воккхстаг хилла, массара ларамца «Воккха ваша» аьлла цIе дIайахана. Иза дIакхелхина 1977-чу шарахь. Iусмана дийцарехь церан басхойн силсилехь цунна дагахь йисина дайн цIераш хIорш йу: Оьрзмал, Уьстамал, ИсмаьIал, Йовтамир, Элтамир, Байтемир, Iисха (Эсха), Баьхьтемир, цуьнан ваша Гана, Б1аьштиг, цуьнан ваша БIоча, Хьаки, Эди, Абубакар, Увайс, таханлера Iисха. Оьрзмална тIера Эдина тIекхаччалц болу дай туркойн махкахь баьхна, Нохчийчохь луралла тIедожар бахьана долуш, цига д1акхелхина хиларна. Дийцарехь, Оьрзмал вехаш стаг хилла туркошний, гуьржашний йукъахь мах лелош даьхнех кхиъна. Туркойн махкара Арзерум–ГIала Оьрзмала йиллина хила тарло бохург ду дийцарехь хьахош Iусмана: «Хункар махкахь йолу вайн гIаланаш», бохуш. Iусманан дийцаро боккха тIеIаткъам барна, Iисха тIаьхьаволу, басхойх болу хаамаш гулбан, шайн тайпанах болчу нахера. Ша тахана вехаш Iаш волчу Ойсхара-Юртахь нисло иза Эльмурзаев Iумар– Хьажина тIе. Оцу Эльмурзаев Iумар–Хьажас чIагIдора, дуй баа кийча волуш, Дазаров Iусмана дийцинарг бакъ долуш лелла хIума хилар, и дерриге Iусманехь шена ГIоьрдалахь гиначу «тептарна» тIехь дара, цо шена иза деша ма дийшира бохуш, чIагIдора 1умар-Хьажас. И «тептар» 1968 шо кхаччалц Iусманехь лаьттинера, амма иза Деле вирзинчул тIаьхьа «тептаран» лар йайнера. Оцу гIоьрдалахочо, Iумара, чIагдора, Басхара ГIоьрдала кхелхинчу Iисхин уьссалгIа йа цхьайтталгIачу чкъурах волчу ден карах пхи стаг, цхьа зуда йуьйш, луралла тIедоьжна хилар царна. Оцу луралло махках ваккхаро нисдина куьг-бехкен волчуьнан тIаьхьенийн Хункаран махка кхелхина баханчохь бисар. Куьг-бехкен боцурш баьржинера Нохчийчоь мел йу. Вайн махкахь тIемаш болуш Бас-ГIоьрдалара Шелковской йурта ваха кхелхинчу Акхтиев Хасмохьмадна вовзар нисделлера Гихи-чу ц1е йолчу йуртара вахархо Гастамиров Хас–мохьмад (дезткъей дейтта шо долу вокхстаг). Вайн къам махках доккхучу 1944-г1ачу шарахь 17 (вуьрхIитталгIа) шо хилла цуьнан.
Оцу Хасмохьмадан дай Нашхарчу Моцкъара-Юьртара бохийна хилла 1944-г1ачу шарахь. Уьш хилла басхойн тайпанан нах. Хасмохьмадна дукха геннара басхойн тайпанах лаьцна дийцарш дагахь лаьтташ хиллера, цхьадерш цо ша д1айаздина, кхиндерш берийн берашка йаздайтина карийра тхуна. Вайн къам махках даккхале школехь 7 класс йаьккхина, гIеххьа йозанах, оьрсийн маттах кхеташ хиллера иза. Хасмохьмадехула бевзира тхуна Нохчийчохь йолчу йарташкара, кхечу мехкашкара басхойн тайпанах болу нах: Серноводскера, СемаIашкара, Пседахера, Малгабекера, Чурт-ТогIера, Баса-ГIалара. «Теркайист» газетан редактор волчу Саралиев Iийсагахула нисбелира тхуна Накъашбандин тIерикъатан шайхийн: Элаха-Моллин, Шайх-Дени Арсановн (Дала къайле тойойла церан) йуьззина йолчу силсилах болу хаамаш. Iийсага и хаамаш кхаьчнера ГIалгIайн махкара Карабулакера вахархо, Шайх-Денин тIаьхьенах волчу Абубакаров Илесера. Шайхийн силсилан тептаро бора иштта хаам:
«Нашхара схьаваьлла ГIовра. Цуьнан хилла ши кIант ГIордал, Энган а. И ГIовра Нашхара дIакхелхина ЧIебарлойн махкарчу ХIинда–Юьртахь ваха висна. ГIоврин кIентан Энганан тIаьхьенаш хIорш ю: Басха, Дена (Дана), Эта, Баха (БагIа), Бахтар, БагIатар, Тандал (ТIандал), Чора, Гарак (ГIаракх), Юртуш, Байрам, Мараш, Ахьматхан. Ахьматханан кIант Дибар вуАлиханан (Элаханан) да. Оцу тептаро чIагIдо шира йурт ГIоьрдала йиллинарг, Нашхарчу Басхара схьаваьлла волу ГIоврин кIант ГIордал хилар. Ткъа Нохчмахкара Энгана цIе йолу йурт Нашхара схьаваьллачу ГIоврин шолгIачу кIанта Энганас йиллина хилар». ГIоьрдалойн, энганойн тайпанаш оцу шина стагах кхолладелла схьадогIуш хилар чIагIдо оцу тептаро. 2007–г1ачу шарахь Ахматханов Султана, Духаев Адама зорбане йаьккхина «Праведные предки», «Эпоха шейхов» цIе йолуш ши книга. Хьалхарчу книгин 184 агIонна тIехь йаздина авторша: «Басхойн тайпанан нах Нохчийчохь дукхахьолахь мехкан дозанашкахь Iар-дахар долуш нисбелла, дозанашкахь сих-сиха Iотта-баккхамаш хуьлуш хиларна. Къаьсттина даккхий зенаш хилла басхошна Имам-Шемалан заманахь, цуьнан кога кIел ца боьлхуш уьш дуьхьала бовлар бахьана долуш. Басхой, хIиндой, чIебарлой цхьаьний дуьхьала бевлла Шемалан имамалла тIе ца лоцуш. Цара бохуш хилла: «Хуьлийла ма вац селханлера бежаIу тхуна тIехь имамалла долуш!»  Шемалан бIоно йохош дIайаьхна вайн лаьмнашкара дуккха бIаьвнаш, ЧIагIаллин гIепаш, шира маьждигаш, маьлхан кешнийн хьаьрмаш, зийарташ–геннарчу историн мехала билгалонаш, 8-10 бIе шераш хьалха вайн халкъо йоьгIна хилла. Ч1ебарлойн лаьмнашкара. Пхьети–Юьртахь Шемала дохадайтинчу маьждиган, кешнийн хьармин 800 шо лаххара хир ду бохуш, ч1аг1до Iилманчаша. Оцу кешнашкахь дIавоьллина хилла басхойн тайпа шена тIера доладелла да – Басах (Босах), цуьнан кIентий, церан тIаьхьенаш а. Шемалан боламна дуьхьала тIом латторца билгала ваьлла хиларна, къоман иэсехь висна МаIаш, ШаIа цIераш йолуш хилла ХIинда-Юьртара ши басхо. ЧIебарлойн махкарчу басхойн, хIиндойн, чIебарлойн тайпанаша дукха йоккха дуьхьало йеш хиларна, кхин дан хIума ца хилла, Шемала машар бина цаьрца, шайн лаамехь баха буьтуш. Шемалан замано, Россин паччахьан Iедало, йуха советийн Iедал х1уттуш вайн махкахь хиллачу тIемаша, ткъа эххар а оцу Iедало, 13 шарна махках даьхна, хIаллакдинчу замано иэдира вайн къам тайпанаш, тайпа-тукхам дага а ца догIучу халачу хьоле хьовзийна. Кхин долу тайпанаш санна, иэделла, даьржира басхойн тайпа. Вай иштта вовшех ийна, цхьа къам хилла дIахIоттар-м пайдехь гIуллакх дара, вайн барт чIагIлуш, цхьаалле дирзича–даггара: Адамаллехь, Нохчоллехь, Ийманехь, Бусалбаналлехь чIагIлуш. Амма вайх схьауьйш, нохчийн мотт Iамийна, вайн къам стамдина 200 сов къаьмнийн векалш бу, шаьш нохчийн Къоман Йайн бухера дуьйна долчу нохчийн тайпанийн бухера ду бохуш, къомалахь коьрталла, оьрсмйн 1едалан г1оьнца, шайх болчу нехан кара а дезош, ч1ае1луш. Цаьрга иза дан а ло, Маскохарчу Iедалца бертахь, Нохчоллех, бIешерийн гIиллакх-оьздангаллех, ийманах нохчийн къам дIахадоран 1алашонехь цхьаний къа а хьоьгуш. Амма иза царна хир-м дац, цара мел къахьегахь а. Оцу схьаийначарна лаьа: шайн дола даха къоман Йайн бухерачу нохчийн тайпанийн лаьмнаш, цигахь шайн тайпанийн цIарах бIаьвнаш йугIуш. Ломахь херцорашкахь Iохку йарташна шайн цIераш тохкуш йа уьш шайн тайпанах болчу наха хьалхенгахь дуьйна йехкина хилар зорбанехь, нахалахь даьржаш ч1аг1далар диэза царна. Оцу наха вайн къомана йукъа йаржийна цкъа нохчошлахь ца хилла амалш: хьакамалле гIертар, хьакамашна хьестабалар, кхаьънаш кхийдош хьарамлонаш йаржор– дешарехь, говзанчийн дипломаш нисдар, адамаш дацош лайн амалшка дерзар, биначу балхана алап сецор йа даллане цадалар магийтар, ахчанан леш хилла т1аьхьенаш кхиийтар, кхин а мел йу уьш вайна зуламе девлла, нохчийн къам бехдеш долу, лайн уосалалле ийзош долу х1умнаш. Вайн нохчашна йукъахь, мехах, йуьртан бежIу хIоттар доккха иэхь хилла, йахь йолчу вайн дайн заманахь. Цундела вайна йукъахь хIораммо шен бежанна тIера рагI токхуш хилла йа кхечу къаьмнех болу нах балош хилла бежнаш, кхин долу даьхни дажош лела, цунна ваьшна йукъахь хене вала аьтто беш. Ткъа иштта беже баьхкина йа кхин белхаш беш вайна йукъахь леллачу наха вайн махкахь орам хьоьцуш, царах эххар а «чеченоязычные» нохчий хилла. Цара вайн махках шайн калони йина. Ийманан, адамаллин, нохчоллин оьздангаллин бехкамаш ларбеш вай дIахIиттахь, вайна йукъара тайпа-тукхам къестор, хьехор дIадала декхар ду. Ткъа хIетталц, цIена нохчийн тайпанийн ийман, адмалла, нохчолла лардеш боцу нах билгала хила беза. ТIе вайна хаа деза – и нах  вайна йукъахь, алсам мел бу, и кхо бехкам (ийман, адмалла, нохчолла) лардечу нохчашна шайн-шайн тайпанийн цIерашна кIел совца луур дуй – шайн тайпанийн сирла йуьхь ларйеш. Оцу тIелаьцначу арахьарчу къаьмнийн нахах кхоччуш нохчий хилийта гIерташ дуккха къахьега дезар ду Къоман Йайн бухерчу нохчийн тайпанийн – вай цхьа къам хилла дIахIитта Iалашо йелахь. Дахарехь вайна йукъахь лелаш долу бакъдерг–Iедалан геченехь шен ницкъ, дарж долуш волчо, хьарамчух къахкар доцуш, мехкан бахам берриг шен караберзо  гIертар, хакъо сацо дезаш хилар вайна малх-аккъара гуш ду. Амма къамелехь-м, массо «чиновникаш» халкъан дуьхьа къахьоьгуш бу. Нийсой, бакъой, барт, беркат адмаша вовшашна йукъахь кхоьллинчу, дог цIеналло, иймано, адамалло, хьарамлонех кхаьхкинчу йукъаметтиган чIагIалло латтош йу. И дог цIеналла вайна (нохчашна) йукъара тахана хаьрцина лаьтташ йу, вайна ваьшна хаа хууш. ХIунда аьлча вай дешарехь, больницехь, балха хIоттарехь, бизнес йолорехь, йохка-иэцаран боламехь, хьайн бешахь пайденна хIума лелон долорехь, кхин мел ду уьш, кхаьънаш кхийдорца дузуш чаг1дина 1аш ду, Iедалан даржашкахь болчарна. Иза хьарам дуй хаьа схьаоцучунна, лушволчунна. Амма и хьарамлонан амал «гIиллакхе» йирзина лаьтташ ма йу вайна йукъахь тахана, вовшашашлахь къайлаха лере а оьхуш йемал йаран кхиссарш йеш. Оцу хьарамчу балхо хутал хоьцу вайн дахаран массо а гечонашкахь. ТIаккха вайна йукъахь ца кхуьу говза лоьраш, инженераш, экономисташ, кхинболу дог цIена говзалла йолуш болу, куьг беркате пхьераш. Кхуьу ахчанна сутара, хьарамлонашна мекара, алапал совнаха тIейоккхучу хIуманна говза, йуьхьдагаллех боьттина махкахой. Кхаьънашка марздалар дац догIуш бусалба динца, вайн гIиллакх-оьздангаллица йа Iадаташца. Проценташ луш банкера ахча иэцар бусалба дино магош дац, амма вай иза тIелаьцна, цхьа къахкар доцуш лелош ду. Ишшта хьарам белхийн къилахь амалшка вай марздинарш йоккхачу Россин пачхьалкхан законаш ду, кехатна т1ехь д1айаздина хилар бен, дахарех кхочуш деш доцуш долу. Оцу амалийн жамI хилла лаьтта вайн махкахь ца кхуьу кIорггера хаарш долу говзанчаш. Кхаьънашка марздаларан хьу вайх йоллий хууш ду, амма вовшашка тамехь, хаза хабарш дуьйцуш, йуьхьдагаллица вешан оьздангаллин мехаллаш хестош, и хьу цамгаре йерзийтина, вай.  Россис шен Iедалан низамна кIел дерзийчхьана, дуьненан йукъарчу пачхьалкхийн кепе дерзаре кхийдаш вайн къам схьадогIуш долу 100 шо кхаьчна. Вайн къоман дахаран кеп Россина чохь долчу къаьмнийн суьрте йирзина. Цундела ду вай тайпашанашкий, ламарошкий, аренхошкий, вирдашкий ваьш ца доькъуйтучу кхетаман лакхене кхача дезаш. Цундела беригге къестамаш йукъара дIабохуш, цхьа къам хилла совцу зама йу вайна тIехоьттина йерг. Амма йуха, тIаккха оцунна гIерташ дерг ду вайн къам даима нийсой, синан маршой, нохчоллин бехкамех, Дала ваьшна кхуллуш дуьйна чудиллина адамаллин, гIиллакх-оьздангаллин мехаллашна херадовлар тIе ца лоцуш, дуккха дахаран халачу зерех чекхдуьйлуш, схьадаьхкина хиларна кху замане кхаччалц. Тахана вайн гIиллакх–оьздангаллин мехаллаш гIелйелла хилар гуш ду вайна. Цундела вайна цхьана къоме дерза тIеоьшуш дерг ду, уьш мелла сиха хIора доьзалехь йуьззина денйан гIортар. И Iалашо вайга кхочуш йан йелча, вай нислур ду Нохь-пайхамарера (I.с.) Нохчоллехь, Адам – пайхамарера (I.с.) адамаллехь, Делан Элчано, Мухьаммад¬–пайхамара (I.с.с.) дендина даржийначу Ислам-динан ийманехь а. ТIаккха вай бусалба динан некъа тIехь нохчийн цхьа къам хилла, вайх масала иэца дуьненна ган, Iама агIо болуш, кхочур йолчу замане сатуьйсила йу-кха вайн. Дала гайтийла-кх и зама вайн тIаьхьенашна, нагахь вайна ган ца йоьгIнехь а. Керлачу уьйраша тхуна бовзийтира дуккха вайн мехкан дика нах, исбаьхьа меттигаш, дуккха вайн къоман дика агIонаш, цо йукъа лаьцначу тайпанех, тIе тхаьш лоьхучу басхойх тамашена дийцарш а. Оцу таламашца дIабаьхьначу некъо тхо дигира Нана-Нашха масийттазза. Гихи–Чу йуртара басхочо, воккхстага Гастамиров Хасмохьмад -Хьажас дигийтира тхо шен кIанте Iаьндега, вешин кIанте Мохьмаде а нохчийн къоан бух лаьттинчу Нашхара йарташка. Дала гечдойла цунна, тахана воцуш ву иза. Тхо 1уьйрана 6-7 сахьт долуш Роьшни-Чу гIуллора, цигара Нашха хьала дуьгура хьалхара, тIехьара чкъургийн дIаозар долучу машенашкахь. Бакъду, некъаш хало ду цигахь, ламанан некъех воьлла хила везаш ву оцу некахь машен лелош волу шофер. Нашхарчу Моцкъарахь вайн къам махках даккхале хилла маьждиг йуха дендина дIахоттийна вайн мехкан Куьйгалхочун, Кадыров Рамзан-Хьажин омранца хьалха ша хиллачу меттехь. Оцу ГастамировгIеран йохийначу бIов-гIалин тIулгех пенаш дуттуш дина и маьждиг. Маьждигна хьалхахула охьадалийна догIуш ду чомехь, шийла, цIена шовда. Оцу маьждиг чохь мовлад доьшуш, джамаIатехь ламазаш деш, цунна гонаха рицкъех кхеташ Iар нисделла тхан тобанан, 94 –шо долу Хасмохьмад тхоьца волуш. Моцкъарна гонаха хиллачу йартийн ТIийстан, ЧIармахан, махках дохуш 700–бIе сов нохчийн адамаш НКВД-ен чалтачаша дагийначу Хьайбахан – кхин мел йара уьш, херцорашна тIехула лийлира тхо дог лозуш, бIаьрг боьлхуш. Ломахь адамийн цхьа гIишло ца хилла шерачу меттехь йина, Iаннашций, басешций, ломах дIалетийний йеш хилла уьш. Шера меттигаш йуьйш-йерзош, цанашна, кхечу хьашташна йуьтуш хилла-кх вайн дайша, ломахь йалта лело латта шортта цахиларна. Хьайбахахь йу маьждиган хIусам, цу йуьртарчу наха кхузахь йоьгIна. Оцу маьждигехь дира оха  джамаIатехь ламазаш, цигахь багийначу нахана мел луш, доIанаш дира, мовлад дийшира. Серноводскехь вевзира тхуна басхо волу Багаев Х1арон, иза шен дайшца 1944-г1ачу шарахь вохийнера Итон-Кхаьллара кIоштан Басха-Юьртара. Накъостий вовшахкхеташ хилча, реза вара иза, дай баьхначу йурта хьалагIорта Iен, ваха а. Тхан тоба оцу Итон-Кхаьллан кIоштарчу Басхойн –Эвлан херцорашка кхечира. Цигахь, оцу Басхахь, Iаш вара, шена цхьа вагон хIоттийна, шен масех бежана кхобуш, шеца йохье бевлла кхин накъостий – йуьртахой хьала бахкаре сатуьйсуш, Ильясов Майрбек. Оцу йурта хьала воьдуш оьрсийн тIемалойн постах волу, кхин дIа долу вайн мехкан доза цара лардеш хиларна. Оцу постера дIахьаьжча, доккхачу Iинал дехьа, гуш йу «Воьдачоь» цIе йолу санаторий. Майрбек ша цхьаъ ву цу йелла 1уьллучу Басха – Юьртахь Iаш. Оха Итон-Кхаьлахь нахера Майрбекан телефонан номер йаьккхина, цуьнца зIе йоьзна, иза тхайна дуьхьала валийра, тхьаьшна цу йурта боьдучу некъан хьал хууш цахиларна. Майрбек тхуна дуьхьала веара, тхо постехь паспорташ дитина, хала дахара. Майрбека дийцарехь йовха, йекъа йолчу хенахь кхуза хьажа-хIитта йогIура хьалха кхузара бохийначу нехан тIаьхьенаш – кешнашна тIехитта, дайн херцорашка бIаьрг тоха. Бакъду, кхузахь цхьайолчу нехан  гIишлойн, йуртан маьждиган пенаш йеттинчу кибарчигийн хиларна, дохийна делахь, хIинца ирахь дисинера. Кешнийн хьарма дийна йу. Масех маьлхан каш тIе нисделира тхо цигахь. Амма гIишлойн херцораш дIахьулйеш йевлла коьллаш, хьаьрмакхаш, акха кIомал, стоьмийн дитташ, къаьсттина хьаьрса хьечаш ду масех: можа, ц1ен, 1аьржа а баснашкахь. Кхузахь дебна текхаргаш, сту лоцу гезгаш, черчий, берзалой, чагIалкхаш, кхин йолу акхарой йу бохура Майрбека. Цуьна-м цхьа бежана йожийнера чано ка диттина, амма тоьпаца хIара тIекхачар бахьана долуш, ча дIайаханера ижу дитина. Iедало ча йен магош цахиларна, кхо тIехула кхийсинра экханна топ. Адамаш кхузахь даха хевшича, акхароша шайна кхин меттиг лохур йара. ХIинца мохк адамех баьсса хиларна, уьш дебаш, маьрша лела кхузахь. Басхойх нах лоьхуш кхечира тхо Шаройн махка. Шаройн–Юрт йу ламанан дукъца, басешца йаьржина Iуьллуш. Кхуза схьакхаьчна шуьйра силам эдеш биллина некъ. Кхузахь дукха бIаьвнаш хилла кхоччуш йохийний, ах йохиний, хирциний Iохкуш, ирча сурт хилла кхузахь хьалхо. Уьш йерриш вайн Куьйгалхо, Мехкан Да хилла дIахIоьттинчу, Кадыров Рамзан-Хьажас йухайайтина. Iаламат хазачу суьртахь. хазбелла дIаьхIоьттина шаройн мохк. Цу йуьртахь йина йоккха школа, алминистрацин гIишло, доккха маьждиг, тIейалийна газ, серло, биллина шера некъ. Цундела кхузахь даха хевшина дуккха адамаш. Оха делкъан ламаз кхузарчу маьждигахь дира, цул тIаьхьа Адам-Хьажа цIе йолчу шарочун хIусамехь совцар нисделира тхан. Тхан коьрта Iалашо йара кхузахь билгала бевла, буьйцуш хезна, бевзина буй теша басхойх нах хаар? Амма 90- шо кхаьчна волчу Адам-Хьажас шена бевзина, буьйцу хезна йа хаабелла басхойн тайпанах нах боций хаийтира тхуна кхузахь. Цхьа хIума билгалдаккха деза, оцу воккхачу стеган–иза даггара Деле доIанашца боьхуш вара вайн Куьйгалхо Кадыров Рамзан –Хьажа, цуьнан да, Ахьмад-Хьажа (Дала гIазот къобал дойла цуьнан). ЧIогIа царна хастамаш бора цо, дукха реза хиларна. Цо бохура: «Шаройн-Юрт Нохчийчохь уггаре нацкъарчех меттиг йу. Цо кхуза шуьйра силаман некъ балабайти, кхузара бIаьвнаш денйайти, керлачу гIишлошца куьце йалайайти, газ, серло схьакхачий. Маьждиг, школа, лоьрийн амбулатори, Iедалан гIуллакхаш д1акхоьхьучу куьйгахошна  гIишлош йогIийти, нохчийн къоман дахар хила дезачу кепе далий. «Дала гIазот къабал дарг, Ахьмад-Хьажа хIора буса кIайн говрахь, дуьззина нохчийн духар тIехь, го суна гIенах, вайн махкана гонаш туьйсуш, иза ларбеш»,–дуьйцура цо, бIаьргех хин тIадамаш Iийдалуш. Цуьнан къамело шовкъе дина, тхуна делира бIаьргех хи. Иза тешна вара Ахьмад-Хьажа (Дала гIазот къобал дина хиларна) Эртанахь, Делан пурбанца, вайн халкъан доладеш дIахIоьттина Iаш хирг хиларх. Воккхстеган рицкъех кхетта, цо диначу хьошаллина цунна баркалла олуш, хастамаш бина, йуха дахка тхо новкъа девлира. Йуха дирзинчу новкъахь постехь лаьттачу нохчийн полицин белхалошка хаьттира оха, басхойн тайпанах лаьцна хIумма хезна йа хууш цхьа вуй шуьца аьлла. Царах цхьаммо элира: «Шу жимма кху некъаца охьадевлча, Нохчакхаьла–Юьрта боьдучу новкъа дIахьовзахь, шу Басхойн лам болчу-м кхочур ду. Цо йийцинчу йурта кхечира тхо, цо бохург дича. Дукха кIоргачу ламанан чIожехь Iуьллуш йурт йара Нохчкхаьла. Кхузахь, вовшашна дикка генахь долуш, бехаш болчу нехан цIенош дара, администрацин гIишло, цуьнца хоттайелла, ала мегар долуш, школа йара. Администрацин гIишлонна хьалха шогатIулган экъанах биначу хIолламна тIехь дIайазйина Даймехкан боккхачу тIамехь эгначу кху йуьртахойн цIераш йара. Уьш шовзткъанга гIоьрттина цIераш йара, хIоккхалла жимачу йуьртана мелла дукха хеталуш. Делахь а, цхьана а Iедало вайн къам, хиллачу т1емашкахь, Iажаллин кхерамах лардина йа кхоийна цахилар-м гойтура оцу хIолламо. Аьхкенан зама йара оха вайн махкахула йорт йетта хан. Баккхийчех гуш йа хезаш цхьа да вацара кхузахь. Цхьана хIусамехь берашна тIенисделира тхо, цара дийцарехь, кху йуьртара баккхийчийн чкъор, докъар кечдан, шайн-шайн цанашка бахана, къахьоьгуш бара. Бераша бохург бакъдира кIоргачу Iинчуьра хIусамера цхьана воккхачу стага. Цо элира: «ХIара тхан йуьртана дуьхьала малхбузехьа болу лам, Басхойн цIарах лам бу, оцу ломан дехьарчу агIонгахь Басхойн-Юрт хилла ЧIебарлойн махкахь, вайн къам 1944-г1ачу шарахь дохадале. Басхойн-Юьртана, ХIинда-Юьртана йукхахь пхи-йалх чаккхарма шуьйра боьра бен боцуш».
– Кху ломал дехьа болуш некъ буй? – хьаьттира оха оцу нохчкхелахочуьнга. «Бу, – олу вокхстага, – амма жимачу машенахь шу дахалур дац цу некъахула, оьрсийн салтийн йаккхийчу машенаша бохабарх бисина бу и некъ, кIоргий хершнаш тIехь дуьсуш». Воккха стеган Iадика йина, лам хадийча куьг кхевдехь йолчу Макажа, цигара ХIинда, Басхойн-Юьрта гобоккхуш дахара тхо Къоьзанан-Iомехула, Хой – Юьрта чудоьрзуш. Хойхь йу дукха шира бIаьвнаш, кхоччуш йохийна йелахь а. Къозанан-Iомехь дуккха хаза курорт-санаторин, садаIаран гIишлош, спортивни, самукъадаларан гIирсаш кечбина. Кхузара экскурсе туристаш бига Хой-Юрт гена йац, шина чаккхармин йукъ бен йоцуш. Кху Хойхь шайн даьхни кхобуш Iаш ши доьзал бу, дина керла, 100 стаг ламазна чутарлур волуш, маьждиг ду. Шозза-кхузза оцу маьждигахь ламазаш дар нисделира тхан д1асадоьлхуш. Цкъа тхоьца ламазехь цу маьждигехь, кху йуьртана тIечIагIвина волу Веданара участковый инспектор нисвелира. Вайн къам дохадале Къоьзанан-Iомал лакхахь ламанца йолу массо йарташ ЧIебарлойн кIоштана чуйогIуш хиллера. Вайн махкара тIемаш дIабирзинчулла тIаьхьа вайн Iедал гIоьртинера и кIошт денйан. Оцу Iалашонца Макажахь, кIоштан коьртачу йуртахь школан, лоьрийн амбулаторин, Iедалан гIулкхахошна оьшу гIишлош йинера, нахана хьалакхалха луучарна чохь Iан цIенош доьг1нера вайн Iедало. Амма, хIуъа делахь, цхьаъ нисцадаллар бахьанехь ЧIебарлойн кIошт денйар ца нисделла, чIебарлойн мохк Ведана кIоштана чохь бисина. Кхузахь вайн историн, культуран мехаллашца доьзна дуккха хIумнаш ду, херцораш хилла Iахка диснехь а: башха бIаьвнаш, чIагIаллин гIепаш, кешнийн, йартийн хьарманаш. Царна йукъахь Алдам-ГIезин гIап, Хойн чIагIонийн бIаьвнаш, исбаьхьа Къоьзанан-Iам кхузахь бу, Нохь-пайхамаран (I.с.) хIордан кема сецна меттиг кху мехкан ломахь нисдалар хилла бохуш, талламаш бар дIахош ду вайн махкахоша. Макажал дехьа, ламанца хьалахь йу Буни олуш йурт. Цигахь ву Iаш шен цIенош, женан гIота, даьхнин керт йолуш Iабдрахман цIе йолуш цхьа стаг. Доьзал цуьнан Чурт-ТогIехь (Петропавловкехь) бу. Iабдрахьмана дийцарехь, цуьнан дай кху Буни йуьртара бохийна бу 1944-г1ачу шарахь. Бакъдерг ала деза, даьхни кхаба, йалта дуьйш-дерзош лело йаккхий шера майданаш йу кхузарчу лаьмнашца, амма дечгана къелла йу. Докъар кечдан йу луьста цанашлах аренаш, йукхахь йаьлла цхьа кондар йоцуш. Оцу Басхойн ламанца хиллачу йуьрта кхачар ца нисделла тхан, машенахь тIедаха лартIехь некъ цахиларна, гIаш даха тхо гIорасиз хиларна. Бакъду, турмална чухула хьоьжуш гина тхуна цигара кешнаш, гIишлош хиллачохь, кху лаьмнашца наггахь бен ца нислуш йолу диттийн, коьллийн асанаш. Iабдрахмана дийцарехь, цигахь шовданан чухчари йолчух тера дара, дарбане Iаьржа силам (мумийо) долуш хьех а. Тхан тобанан тхьамда волу Кайсаров Сайд-Эми цомгаш хиларо сацийна лаьтташ бу тхан талламан болх. Иза вара тхьан видио – сурташдахархо, интервьюш дIайазйархо, дукхахйолу некъахаржан халонаш шена тIелацнарг а. Доцца аьлча, «цIерпоштанан» декхарш кхочушдархо вара иза. Дала маршалла дойла цунна, иза то ца лахь, тхан кхин дIа болу талламан болх цкъачунна сецна бу. Делахь, тхайн гулйеллачу материалех оха вовшахтоьхна арахийцира оьрсийн маттахь 126 агIо дIалоцуш йолу киншка «По следам памяти» цIе йолуш, дуьххьарлера вариант. Бакъду, «По следам предков» аьлла цIе тиллар, бег1ийла маьIнехь хетта, шозлаг1а зорбане йаьккхира оха иза, г1еххьа т1ейузуш. Цу книги тIехь оха охьадиллира, тхьашна мел хиънарг, басхойн тайпахь нахехула, вайн махкахойн, кхечу къамнийн йозанашкара, интернетан Викопедин белхашкахула девзинарг. И книгаш тхаьшна бевзинчу массо йартийн басхошка дIакхачийра оха, цхьана кхайкхамца: «Басхой, г1оза, декъала дахарш, вайн хилла лаьмнаш, цигара йарташ денйан гIортий вай! Ма дитий вай дайн хьацар, цIий, дилха дIахуьдина латта, дезар дар доцуш, дIатесна. Эхартахь мукъна ца хитта вешан вархIадайшна дуьхьала йайна, йуьхьIаьржа тIаьхье а хилла!» Цкъачунна лома гIорта сихбелла басхой, пIелгаш тIехь багарбалла бен гучубевла бац. Дукха хан йоцуш аса телефонехьула къамел дира Итон-Кхаьллахь Iаш волчу басхочун, Ильясов Майрбекан кIантаца, Муратца, цуьнан дегара хьал, кхин цхьа басхо Iен, ваха а хьала лома гIоьртина вуй, хоттуш. Марата дийцарехь, хьалха къам махках даккхале колхозан даьхнийн ферма лаьттинчохь, шайн даьхни кхобуш ши-кхо доьзал баха хиъна. Цуьнан да, Майрбек, цигара бух дIа ца хоьцуш ларбеш ву, цкъачунна Итон – Кхаьллахь цIахь велахь а, цомгаш хиларна. Серноводскера вокхстаг Багаев ХIарон даваьлла куц ду, шу марша. Ма чIогIа сатуьйсуш вара иза дай баьхначу йуьрте. Дала декъала войла иза, дика бусалба стаг вара ХIарон. Ша цу ломан лаьттахь дIаволла аьлла весет хиллера цуьнан. Делахь, дешначу наха са даьллачохь дIаволлар тIодарна, Серноводскехь дIаверзийна иза. ЧIебарлойн махкара Басхойн лам, цу тIехь хилла йуьртах бIаьрг тоха даханчу хенахь вевзира тхуна, цу махкара 1944-г1ачу шарахь дай бохийна, карарчу хенахь Жимачу – АтагIахь вехаш волу, Аслаханов Марат. Макажахь йара Марата шена чохь Iан дIахоттийна чкъургаш тIехь йолу цхьа вагонан цIелиг. Шен дай баьхначу махке болчу безамо схьавоьхуш хиларна, Марат кхуза сих-сиха шеран муьлххачу хенахь кхочуш хилла. Кху лаьмнашкахь дарбане бецаш гулйора цо йовхачу хенахь, лаьмнийн махках, леранна бIаьрг бетташ, тидамаш бохура. Ишттачу тидамийн цхьана буса стиглара цхьа башха, сирла нур хааделлера Маратана ХIинда-Юрт лаьттинчу махкана тIехь сецна. И сурт цунна ган доьлла, ша кхузахь мел йохучу йекхначу буьйсанашкахь. Беттан са долчу буса, цу серлонан нур, ша къаьсттина, къегтина гуш хилла, ХIинда-Юьртах хотталуш, кхоъ са болуш, гIеххьа айайелла, гуш йолчу меттигна тIехула сецна лаьтташ хилла и нур. Ткъа и кхо са болуш йолу меттиг Маратана тарлора доккхачу хIордан кеманах. Цхьа хан йаьхьира Марата, ша шайтIано эгIийна, шена иштта суьрташ дуьхьала оьхьу моьтташ. Амма оцу хIора буса гуш долчу нуьран зIаьнарийн цIов, цу шена кема тарделлачу меттигна тIехь латтарна, Марат тийшира – иза Дала адамашка бечу хааман нур хиларх, оцу кхо са болчу лекхачу меттигна тIехь тидам сацийта, цунна кхоччуш таллам беш адамаш гонах хьовзийта. Иза Делера хаам хиларх тешна ваьлча, тIаккха цо дукхах йолу хан кху ХIинда-Юьртахь йоккху, и кхо са болу лекха меттиг массо агIорхьара толлуш, йустуш, охкуш. Талламо цунна дагатосу: там бара хIара Нохь-пайхамаран (I. с.) кема хила, Дала, Iесадаьлла Адам -пайхамаран (I. с.) зуьрет хIаллакдеш, Нохье (I.с.) шеца тоба дина нах, кхин са долу хIумнаш кIелхьара йаха дайтина, Ша дуьненчу хIорд хецале кечдайтина долу Нохье (1.с.). ТIаккха волало иза, цу кхо са болуш айайеллачу меттиган хIора аьрш, леранна толлуш, тидаме болх бан. Оцу кхо са болчу хIуманан агIонашкахь гора цунна шера, цхьана хенахь шардеш хьиэкхна дечиган ханнаш, бIешарийн йахаллех тIулг хуьлуш дIахиттина, тахана бетонан т1еш а хилла Iохкуш. И ханнаш (балканаш) вовшех хитталучу меттигашкахь, догIанийн кепехь, аьчган хьостамаш йа зайлаш хаалора цу «кеманан» аьтточу агIонна тIехь. Ткъа арру агIон тIехь «кема» кагделла меттиг йара къаьсташ, хетарехь, «кеманна» чуволуш йитинчу неIарна тIоьххула. Цхьана хенахь дечиган ханнех Дала Нохь-пайхамаре (I.с.) Джабраил-малике (I.с.) хьоьхуьйтуш дайтинчу кеманан гIирс берриге тIулге бирзина гора Маратана. Кхин тамашена хеташ цхьа хIума дара Маратана–оцу «кеманна» тIехула долуш долу латта, ша башха хилар, кху гонаха долчу лаьттах тера доцуш. Оцу «кеманна» тIехула долу латта 6-7 метр стомма дара. И латта цхьана кхечу махкара цу «кеманна» тIехь кхуза схьакхачийна хилар чIагIдора Марата, цу тIехь хиллачу наха, шаьш миччахьа совцахь, рицкъа лаха, шайна, шайца йолчу садолчу хIумнашна тешаме, дийна йалта кхио кха хилийта, керлачу меттигах шаьш доллалц, дуьйш лело тIедоьттина шайн махкахь дуьйна а. Марата дийцарехь, и латта хила дезаш дара Нохь-пайхамара (I.с.) дин кхайкхош, и «кема» кечдеш ваьхначу махкара, цо, цуьнан асхьабаша дуьненчу хIорд батIале шайн «кеманна» тIедоьттина. Марата бохура: «Кеманан гонера пенаш, цIенкъа, тхов – тIулг хилла дIахоьттинехь, цуьнан чоь, массо садолу хIума, адмаш, хIорд божжалц уьш чохь Iийна, йеса хила йезаш йу, оцу тIулгийн ботт чохь». Цундела цо ахка йолийра «кеманан» ботт, тхов тIера охьа. Йуьхьанца Маратах тешаш берш бацара цхьана куьйган пIелгаш тIехь багара балла. Делахь а, хуьл –хуьлуш Дала накъостий хилийтира Маратана. Цхьаболчара хьераваьлла бохуш, вукхара шайтIанан каравахана бохуш, наха шайна хетарш, моьттарш дуьйцуш, ахкаран белхаш дIахьош бу тахана. ХIинцам, Марат къарцаваларна, оцу балхана тIе тидам бахана вайн махкарчу Iеламнехан, Москвара, кхечу мехкийн Iилманчийн а. ТIе цхьацца технически гIирсаш тIекхачорца кхузарчу белхалойн болх байбарехь жимма аьттонаш хила боьлла. Кхузара белхаш бац алапа луш, хIораммо лелош дерг шен лаамехь, шен хоржах, Делан дуьхьа ду. ХIордан «кеманан» чоьнашна тIекхача гIерташ дIахьош болу ахкаран белхаш совцош бац Iай, аьхка. Тахана кхузахь гулйеллачу арсарашна (артифакташна) тIехь таллам баран белхаш дIахьош бу дуьненайукъарчу Iилманийн тобанашца цхьанакхетар хуьлуш. Кхуза кхаьчна эрмалойн, туркойн, кхечу мехкийн Iилманчаш а – и Нохь-пайхамаран (I.с.) «кема» шайн-шайн махкахь сецна хилар чIагIдеш, дуьненна дIакхайкхина Iийна болу. Цера-м хилла дац вайн махкахь долчулла тешаллина дIагайта делилаш йа арсараш а. Кхуза мел кхаьчнарг тешна ву, и «кема» ду бохуш йолу х1ума (объект) адамийн куьйгаша кхоьллина хIума хиларх. И объект Нохь-пайхамаран (I.с.) кема хилар чIагIдаран тIегIанехь болх дIакхоьхьуш волчу Ясаев Мохьмада аьллера, шега хеттарш дечу эрмалойн, туркойн баккхийн  Iилманчашка: «ХIан, шун махкахь дерг Нохь-пайхамаран (I.с.) кема хилча, ткъа тхо долчохь йолчу билгалонашна, хIун эр ду вай? ТIаккха забар йеш тIетоьхнера: «ХIоранан шен-шен «кема» хилар бен, хIун галдолу вай!» Вайн Iедало ЧIебарлойн кIошт йиллар йукъадаьккхинчу хенахь вевзира тхуна Сулейманов Руслан. Макажара 1944-г1ачу шарахь бохийначу чIебарлойн тIаьхьенаш алсамо хьала кхелхина хиллехьара, оцу денйечу кIоштан куьйгалхо ван билгалвина хилла волу. ЧIебарлойн махкахь Басхойн лам хиларна, тIе цу ломара 1944-г1ачу шарахь цигарчу йуьртара басхой бохийна хиларна, и мохк, паччахьан заманахь дукхахьолахь, басхоша ларбина хиллера дагестанхойн элийн тIекхийдарх. Тхан тобано и кIошт денйан 1едал дагахь дуй хиъча, Русланна гIодан дагахь, Джалкхехь басхойн хуьлучу цхьаьнакхетаре кхайкхинера иза. Оцу кхеташонехь Руслан кхето хьаьвсира тхо, и мохк чIебарлойн тайпанан цIарах буьйцуш, цIе йоккхуш чIагIбалар нисделла хилар паччахьан заманахь хилла. Цу к1оштан ц1е оцу хенахь чIебарлойн цIарах паччахан 1едало кхайкхина. Амма кIошт чIебарлойн цIарца кхайкхина хиллехь а, ша мохк цигахь даьхначу дуккха нохчийн тайпанийн хилла, хIунда аьлча иза цара массара арахьарчу мостагIех ларбина хиларна. Цундела и кIошт сихха денйалийта, цигахь даьхначу массо тайпанашка, шайн-шайн йартийн ц1ераш йохуш кхайкхам бан беза, кIоштан коьрта бух хилла дIахIуттур йолчу Макажа схьакхалхахьара аьлла шайн-шайн йартийн, тайпанийн доьзалашца. Иштта бина кхайкхам пайдехь, нийса хирг хилар д1ахаийтира Руслане. Тхан къамел ца тайначух тера дара,  хир волчу кIоштан керлачу тхьамдина. ЧIебарлойн кIошт статусехь чIагIйеш, доккха дакъа басхоша, кхин долчу тайпанаша лаца ца лиъначух тера дара цунна, Руслан тхоьца йуха ур-атталла телефонехь зIене а ца велира. Русланна чIебарлойн цIарахчу кIоштахь тхьамдалла, коьрталла чIебарлойн тайпанехь дезначух тера дара. Иза-м вон ойла йац, делахь, бакъдерг, нийсой хьалхатеттина хилча, йуьхькIай-м хуьлу стаг ша дечу гIуллакхна тIехь. Аслаханов Марата Нохь-пайхамаран (I.с.) «кема» ду бохуш охкучу метта кхачале йу Буни цIе йолуш йурт. Цигахь Iаш ву, вай лакхахь вийцина, Iабдрахьман цIе йолуш волу стаг. Кхузахь шен цIенош, даьхнин керт йолуш ву иза. Iабдрахьмана дийцира шена нахера хезна ЧIебарларчу Басха-Юьртах дерг. Цу йуьртахь басхой 8 (бархI) горе бекъабелла хилла.  Кху Буни-Юьртара, лаьхьанах сетташ, гуш бу Дагестанан дозане хьаьдда боьду шера къаьсташ болу некъ. Даьхни кхаба, буьйш лело, цанаш хьекха шортта мохк бу кху лаьмнийн агIорхьа. 9-10 чаккхарма Буни-Юьртал хьалаваьлча йу ХIинда–Юьртан хьалхенгахь хиллачу г1ишлойн херцораш. Царна дуьххьала, малбузен агIорхьара цхьа Iин-тогIе хадийча, дехьа йу Басхойн-Юьртахь хиллачу бахархойн хиллачу г1ишлойн херцораш. Царна гена йоцуш кешнийн хьарма. ХIиндахь лаьттана тIехула, цунна бухахь говзачу пхьераша, нарталш йеш, йоьттина говза гIишлош йу тIулгех, ломах чу хьехаш дохуш йина. Шайн заманан халачу хьелашкахь, иштта говза гIишлош йеш, баха хиъна хилла вайн дIабаханчу дайшна. Хьуьнаре, Дала ницкъ белла адамаш хилла вайн вархIадайн чкъор. Дагестанан дозанехь бу вайн кхузара мохк, цундела ларбан безаш хилла иза цигарчу къаьмнийн эланийн тIекхийдарх. Цкъачунна боккха аьтто бу вайн лаьмнийн дозанашца болчу лулахойн, цу дозанашца хиллачу нохчийн йарташ денйалаза, херцорашкахь Iохкуш хиларна. Уьш кхузахь шайн даьхнеш дебош хене бовла аьтту хилла 1аш бу. ХIунда аьлча 1944-г1ачу шарахь дуьйна вайн лаьмнаш нохчийн къомах дIацIандина латторна коммунистийн Iедало, цул тIаьххьа хIоьттинчу «демократийн» Iедало, шина тIамехь охьуш нохчийн къам чекхдоккхуш, дуьне мел ду дIасадударна. Тахана хIоьттинчу хьолехь, вайн мехкан аренца долу лаьттанаш тIехь вай къам чIогIа лустделла, йарташ, гIаланаш дебна, дуьйш-дерзо, бежанаш кхаба латта къиэделла. Цундела 10-15 шо далале керлачу доьзалшна гIишло йогIа, шайна бевлла баха меттиг боцуш хьал хIотта тарлуш ду. ТIаккха дахаран аьтто, паргIато йезахь, деса лаьмнашка хьалагIорта дезар ду Iен, даха а. Вайн къоман тайпанийн, уьш даьхначу меттигийн (йартийн) истори толлуш гезбира оха вайн мохк 10-12 шо хьалха. ХIинца тхох цхьаберш эхаре бирзина (Дала гечдойла царна). Кхинберш къанбелла гIорасиз бу, ткъа цхьаццаберш цамгарша лаьцна, цундела чIогIа лелхайолуш, гIелйелла тхан тоба. Керла уьйрашца йолу йукъаметтиг телефонийн къамелашка йирзина йаьлла. Дац хIинца хьалхалера сих-сиха хилла вовшахкхетарш, шайн-шайн доьзалийн гонехь буьсуш бу тобанан декъашхой, Мацах цкъа цIе йоккхуш хилла хIайт-аьлла кIентий хинца 1асанашна т1етийжаш йа куьг лацна лелочу хьоле бевлла. Иштта ду-кх дахаран боларан жамI – эххар а къаналло, гIора иэшаро йа цамгаро – хIора а шен туьшахь сацош, тIаьххьара кошан лахьте кхачош. Цхьа аьтто бу-кх вайх хIоранан: ша оцу декъазчу чеккхенан дозане кхачале, дIайазбинчу дагалецамашкахь хиларг-лелларг дита хьажар, ша кху дененан хьошалхахь мел биначу некъ.ийн лар йуьтуш. Йозанехь вайх йисинчу лорах пайда иэца там бу тIаьхьенех цхьаболчу наха, Деле мел, йал йалар доьхуш дуьненахь йозанан лар йитинчу пекъаршна. Дала сий деш лелийтила дуьненахь, эхартахь иштта шен дикаллица само йиначу тIахьенийн х1ора а къонахчух.


Рецензии