Тiетохар нохчийн, кхечу кiаьмнийн а кицанаш цоци-э

Сайн вешех Хаьммирзин Мукин Аьрсмиках лаьцна бевза– безачийн, гергарчийн, йуьртахойн иэсехь йозанан лар йисийта сайн киншкина тIехь зорбане даьхна аса цо къахьоьгуш гулдина хилла кицанаш, царна чохь уьш муьлххачу къомо кхоьллина делахь а, хьикматаллин хIух маьIна, дахарехь зеделларг долуш хиларна.
                Аьрсмикан ваша, Заурбек.

«Эзар исс бIе кица ду уьш. Барам, хьесап а доцуш дукха ду кицанаш, лахьо мало ца йичхьана, дуьненчохь адамаш мел ду чаккхе хир а йоцуш. Дала товфикъ лойла вайна Цо адмашна деллачу хьекъалан к1оргенашка кхача. Х1орш гулдеш вовшахтоьхнарг ву Цоци-Эвлара Чорин, Албурин, Сосин, Ражабан, Бексолтин, Iумаран, Iаьлмирзин, Хаьммирзин, Мукин Аьрсмик, Илсхан-Юьртарчу билттойх. 2005 шо, 30 май, сан 58 шо кхаьчна волуш цамгаро лацар бахьанехь кхин дIа гулдар дерзош сацийра ас».
Р. S. 2010 – шарахь ГIуран (декабран) хьалхарчу дийнахь дIакхалхар хилира сан вешин Аьрсмикан доIахца йолчу «церроз» олучу цамгарах. Дала декъала войла иза «Фирдаус» йалсамане кхачийна. Амин.

А, Аь
I    Алар дети делахь, цаалар деши ду.
2   Айхьа нахе ма ала, кхечо хьайга аьлча ловр доцург,.
3   Алаша хестайе, ткъа динна тIехаа.
4   Ахь чийлик мел лестадарх, чуьра хино хIумма ца дуьйцу.
5   Аьчган неIарш дечиган наьIаршка дехаре йахана.
6   Айхьа гIалат далийтинехь, цIелиг чохь дехках идарх, хIумма ца
     нисло.
7   Алхийн цуьрг йукъа иэза моз хир дац, чо йукъа иэза кIалд хир яц.
8    Алахь, нагахь йезахь, хьеста ма лохьа.
9    Айхьа молуш долу молха, хIун молха ду хууш мала.
10  Акха цициг мекхашца девза.
11  Ахьа хорбаз йохийначохь – уьшал х1уттур йу бухахь.
12  Ахь къахьегча масийтта хьаша вогIу.
13  Ахь мел лестийча, куьйгийн пIелгаш тIехь дуьсу.
14  Айхьа вуззалц кхача биънехь а, доьхка ма малде.
15  Ахь шена пальто йалла кIаде деллачо чутухург тIехь йоьху.
16  Айхьа лоьхуш деанчу вонан, бIаьрхишца лар йайа ма гIерта.
17  Аьлча мотт богу – ца аьлча дог догу.
18  Асар ас-айсса динехь, Iайгаш-м ворхIаммо кара оьцу.
19  Адаман маршо – зезаган ирс.
20  Адаман дог тIулг бац – т1ех садиттича иза оьккху.
21  Ахчанна хесап деза – сискална берам беза.
22  Аьшпийн мостагI бакъдерг ду.
23  Айхьа кегийначу хударна даьтта ма кхоаде.
24  Арахь дерг арахь дуьсу, ц1ийнан неI дIачIаьгIча.
25  Ахьар кхачийна кIел виснарг велла, лай кIел виснарг валаза
      ваьлла.
26  Ала йоIе – хаза несе.
27  Аьлларг деш воцу кIант вешин, марехь йехар йоцу йоI
      йишин ма кхуьийла.
28  Айхьа-хьайн сий ахь ца дахь, наха хьайн сий даре дог ма
      дахалахь.
29  Адамашка болу безам уггаре тоьлла бахам бу.
30  Ахархочун мачаш морса йу, амма ша иза уьш сана вац.
31  Айхьа йууш йолу хIума цуьргаш ца Iенош йаалахь.
32  Ахь хIун дуьне дуу, Iоьхучу вире ла доьгIуш 1аш.
33  Ахчанна, новкъахь карийнехь а, ша дагардар деза.
34  Ахьа ша хестийначо бен-м, чIогIа цергаш ца йухку.
35  АтагIоша ма аьллера: «Вир тIехь ма къанло».
36  Аьхка мангало хадийна тIулг – Iай хьайбано биъна.
37  Аьшпашка ладегIар ца дезахь, хеттарш дукха ма де.
38  Ахь даа моз делачунна, хьоьгара Iайг тIехь дIабеза.
39  Адам дезаш вериг – дукха веха.
40  Адмашна дахар, хьайбанашна санна, деккъа дажарна дела дац.
41  АллахI – Дала къахдина чагIар ма ло суна, АллахI – Дала
      марздина малар ло суна.
42  Ахча, жIолмаш санна, тIекIел ма дотта, ахчанца су бу –
      сагIийна дIасакхосса.
43 Аренгахь сайн хьаша воций хии суна, новкъа баьккхича сайн
     дин йоргIа боций хии-кх суна.
44  Ахь къепал йухайерзийча, дуьххьарлера эмкал когана сакхте
      хуьлу.
45  АллахI-Дала хьекъал ца деллачунна дан сонтаниг кара до.
46  АллахI-Дала Шена луъург до – адамо шега далург до.
47 Ахчанах йалсамане йоьхкинчу моллин, эхарт декъаза хир ду.
48 Аз долуш мел ду, йиш хедар йац.
49  Алаца цIе тарлац.
50  Аттана тIехь нуьйр санна, исбаьхьа ду хьан куц.
51  Айхьа кхобучу хенахь ца Iамийна доьзалхо, кхиъна ваьлча
       Iамалур вац.
52 АллахIа бакъо  йеллачулла бен, йац адамийн куьйгин маршо.
53   АллахI-Дала гамвинарг цхьаммо нисвийр вац.
54   Аренгахь жижиг ду чхьаьвриг а.
55   Ахча, бохча, барзакъ дIадаьлча, текх санна, батт йисна.
56   Аьхка вижина Iиллинарг – Iай воьлхуш идда.
57   Ахь сискал йиъначулла дукха, ас туьха диъна.
58   Ахчано Iай лам тIехь хорбаз карайайтина.
59  Ахчано винарг къонах ву – комаьрша велахь.
60  Ахьарх чIепалгаш далур дац – дахь  майрчо дуур-м ду.
61  АллахI-Дала ца делла рицкъа – хьакхош дуур дац.
62  Аьрта туьйсинарг – кхоччуш ир а дийр дац.
63  Адамийн дахарехь коьртаниг тешаме доттагIалла ду.
64  Аьшпаш иэбина бацахь – мехехь са йалар ца нисло.
65  Адамийн бIаьргаш ира бу, царна къайле гуш йу.
66  Аса нуьйрана оьшу, куьйгалла нахана оьшу.
67  Адамийн малх боцуш де дац, малхана адамаш-м оьшуш дац.
68  Аьхкене зарзаро санна, хьан жоьпе сатесна-кх ас.
69 Ахь Iовдалниг дукъарц бан вахийтича, дукъ дохьуш вогIу иза.
70 Ахь, мел дукха къола дарх, эхарта марчо бен хьур дац.
71 Аьрзоно аьлла боху: «Ша шен когийн мIарех б1обулуш хилча,               
      кхаарчу йирзина бугIа хьалаойур йара ша».
72  Архаш дIахецна дитнарг – кестта лацалац.
73  Артбеллачу маьрсо – куьг атта хададо.
74  Атта йолайелла белхан йуьхь – халонга йолу.
75  Аьхке дIайахнехь – гурахь хьаьмцашка гIо.
76  Аьшпаш буттучо – Делан цIе дукха йоху.
77  Ашпашна бакъдерг ца деза.
78  Аьшпаш боттахь, барам бевзаш ботта беза.
79  Аьшпаш къовсам бац, шаьш бастало.
80  Аьшпаш буттург – ша вицло.
81  Аьшпашца баха-м ло цхьаболу нах.
82  Аьшпаш хаза бутту ахь, соьгара ши шай мах бу хьуна.
83  Аьшпаш буттучо курхалла до.
84  Айбартан маж йеха йу, ткъа эхь поппаран ду.
85  АллахIах кхоьручунна бен – нахах эхь ца хета.
86  Ала эхь хетий – къа а лачкъадо.
87  АллахIа сий лойла – иза дIадахьа деналла долчунна.
88  Аьлларг духа доьрзур дац – йаздинарг дIадайалур дац,
      хадийнарг духа хуттур дац.
89  Алссам доттагIий хилча, алссам мостагIий хуьлу.
90  Аз, элп – Iилманан коьчаллаш.
91  Аз, элп – хьекъалан тIегIа.
92  Ах Iилма, данне доцчулла, иэшам болуш ду.
93  Аьрга дахчийнарг – чIогIа хир  дац.
94  АллахIа Шех кхоьручунна цхьа аз дела.
95  Арсашчулла  чIогIа Iовжаво матто.
96  Аре йалтица хаза йу, къамел маслаIате дерг пайдехь ду.

                Б
97    Бала -м белира ахь, беже лаллалахь аьлла.
98  Берзан бага пIелг ца буьллу.
99  Боьршачу стеган куралла коьртаца йу, ткъа зудчун куралла
        духца йу.
100  Бакъдолчух ца кхеттарг – бакъдоцчо виъна.
101  Боьхачух ца ларвелларг – йуьхьIаьржонах ца ваьлла.
102  Бацана, мангална йукъахь доттагIалла хир дац.
103  Бенвоцчуьнан кхетам кIеззиг хуьлу.
104   Болх цабезаро – текхана сов тIиэра во.
105  Бо кхаьбначуьнан батт цIийша йуьзна, барни кхаьбначун
        батт хьанйелла.
106   Бухахь дика долуш – тIе дика ца лоьху.
107   Барт хоьтту гужаме – къоналлехь хьистинехь.
108   Базарахь йоьхкина хIума цIа ца йохьу вай, хьерахь хезнарг
         махкахь даржало вайга.
109   Бухарчара тIараш тоьхча, тIевеънарг хелхаваьлла.
110  Баьсса тIоьрмиг ирахь ца лаьтта.
111  Боьха кад пхьегIашна йукъахь ца буьту.
112  Бен сту беллачунна – батта пах ца белла.
113  Бераш долу чоь базар йу – уьш доцу чоь каш ду.
114  БугIин маIашна тIе хIума тоьхча, бергашкахь тата долу.
115  Багахь дуьйцуш хIуъа  делахь, куьйгаш шайн гIуллакх деш
        хила деза.
116  Бекъачу Iайго бага дарйо.
117  Бахам лахале – доттагI лаха, даьхни лахале  – буц лаха.
118  Барзо-м дIайуу, мел хаза эшарш лекхарх.
119  Бен боьхнарг гIийла олхазар ду.
120  Бахкабеллачу цхьана Iожо – ворда Iежаш талхийна.
121  Балхе хьаьжжина мах а ло.
122  БIаьстенан той – барам йа дуо санна, даьсса хуьлу.
123  Бокъанна къинхетам ца оьшу.
124  Бух ца гахь – ма гIерта хих вала.
125  Буьртигаш лехьош йузу боргIал.
126  Бос хаза бу – чам къаьхьа бу.
127  Безам цIе йац – иза лийчарх йайалац.
128  Безам, вовшен дезачарна, йалсамане йу, Iар –дахар тоьли чохь
        делахь.
129  Бахамца цхьалха ца ваха – адмашца кIеллехь вахар тоьла.
130  Барт болчу доьзалан йай самукъне кхехка.
131  Бер кхоллар хийистехь пIелгаш сеттадар дац.
132  Бутт буьйсанна – малх денна белла Дала.
133  БIаьрг баьллачунна нехан бIаьргара кIай дайна.
134  Берзан бенара кIеза ма долийла, элан аганара воI ма
        гIоттийла.
135  Буса нитташца цIано йиначо аьлла: «ХIинцачулла тIаьхьа-м
        билгала йара хьо, нохчийн кIохцал долу буц»
136  Бехк луьла лачкъийнчуьнан бу, йайначун бац.
137  БIаьрг баьлларг къорачух кхаьрдина.
138  Буьйса йаьккхинчу хударна мотт Iемина.
139  Белахь, бацахь газанан дум бу бохург – харц лоь.
140  БIегIаган йелахь – нана тоьла, къохкан делахь – жижиг
        тоьла.
141  Беран са – акха, ненан са – беран кийрахь.
142  Безамо цамгар тоьхнарг – безамо бен то ца вина.
143  Бух боцу шелиг хих дуьзна дац, совдегар даьхнех цкъа
        Iаьбна вац.
144  Бертиг йаьстича бен, гали чохь дерг хуур дац.
145  Борз дуьхьала ца кхетта газа хьажцIа кхаьчна.
146  Балац кхох тоьпан хIоъ.
147  БIаьрга Iоьттина дитт санна, хетта-кх суна иза.
148  Багара йаьккхинчу цергал башха, оьшуш вац-кх суна иза.
149  Бакъдерг дуьйцучу стагахь, жIаьлех сана, хьожа йогIу аьлла
        къуйша.
150  Буса массо цициг хеташ ду мокха.
151  Барзах уьстагIий жIаьлеша лардо, жIаьлех уьстагIий Iуьно
        лардо.
152  БухIанах угIа йолча, къийган дейоьхь иккхина.
153  Берах йолчу исс зудчуьнга цхьаьний хьаьвзича, баттахь бер ца         
        дало.
154  Безамо ойуш берг алонан мох бу, безаман жима цIе мохо
        д1айойу. Безаман йоккха цIе мохо кхин тIе марса йоккху.
155  Бага сигаьрка йоьллина гIуллакх дар, меразудчуьнга дагара
        хаийтар цхьаъ лерина.
156  БIаьрзечу кIезанна нана оьшу.
157  Беран сибтех хуур ду  – иза мел сиха кхуьур ду.
158  Бакъо цIергахь ца йогу йа хино дIа ца хьо.
159  Буса арахь дисина гIийла шинар ша санначунна улло
        дижина боху.
160  Багахь йинчух хьолтIам ца хуьлу – ахьарх ца йича.
161  БугIанан санна ворта йу, хьекъал эсан долчулла дац.
162  БIаьргашца чекх цахьаьжнарг, мерах долуш хир ду.
163  Буц йиъначу атто диначу эсехь долчулла мукъна, хьекъал-м хила
        дезара.
164  Безамна, бекхамна зуда стагал Iеса йу.
165  Болчу дех къа хеташ, буьгу бах къуьно йетт.
166  Боьршачу стеган зудчун амалш дахар хаздан лууш хуьлу.
167  Бакъонан серлонах веддарг, бодано лоцу.
168  Борз массарна го, барзана цхьа ца го.
169  Болх ца бевзачуьнан болх цкъа чекхболуш бац.
170  БIаьрзечуьнга бердан йистехь къайла вала ма ала.
171  Бакъахьарчу лерго ла ца доьгIча, аьрру агIорхьарчунна
        хIума кхетта.
172  БIаьаммо цхьаъ шайна тIевалаво, цхьаммо бIе стаг тIеузур
        вац.
173  Бераша Iамийна бекъа цIога лестош хуьлу.
174  Берзан дахар дезарг барзах угIу.
175  Барзана бага, цхьогална цIога – ший оьшуш ду.
176  БIаьргашкахь эхь делахь, дог а доккха диэ.
177  БIаьргаш делхахь, дог а доьлху.
178  Бабас шен цергаш йиъча, моттий, балдашший дисна.
179  Бер делха ца доьлча, нана кхетамчу ца йогIу.
180  Борз когаша кхобу, цхьогал цIогано Iалашдо.
181  Бакъонна аьшпаш ца беза.
182  БIаьрзечо а чIагIонаш йо, шена ма гира бохуш.
183  Бекъа поппар басенна тIе хьахалур бац.
184  Белша тIехь корта белахь, гIайгIа кхераме йац.
185  Безам баханарг, дахка санна, кIари чувулу.
186  Безамо мел сийдерг, сонталле вуьгу.
187  Безам хIоранна луш сагIа дац.
188  Белшелла шуьйра – м иза гай техь ву.
189  Бух бац, тхов бац, тIе садаIар дац хьан.
190  Баттара шаьлта ма йаккха, айхьа иза тухур йацахь.
191  Божална чура йетт бигначул т1аьхьа, гIуй болар эрна ду.
192  Боьрша стаг, куче хьожий, зуда йовза гIоьрта, леларе хьожий,
        стаг вовза, зуда гIоьрта.
193  Барам хоржу йуучохь – нийсо йай чохь.
194  Барт боцчохь болх хир бац, болх боцчохь ирс карор дац.
195  Бер аганахь дуьйна Iамаде, зуда нускалан хенахь нисйе.
196  Болх бича, йалта кхуьу – лаьтто рицкъа ло.
197  Болх буоло а хаа деза, иза чекхбаккха хьажа веза.
198  Беллачарах мотт буьсур бу, буьзначарах кхача буьсур бу.
199  Бакъ безам дешнех бац – бIаьргех бу, хьанал хилар маттах
        дац – дагах ду.
200  Барзо шен амалш цкъа ца йуьту.
201  БIаьрзечунна вистхиларца т1екаре ваьлларг вевза.
202  Белхан мах ца хуьлу –  доггах ца бича.
203  БIаргашна а ган тигац – дагна лиъна доцург.
204  Бехкен хилар ду шен-шен куьцара, бехказа валар ду шен-
        шен кепара.
205  Болх доггаха бийриг – говза ву, лата тIера верг – сиха ву.
206  БIаьрг – адаман серло, дош – халкъан серло.
207  Бакъо хьоьца йелахь, хьоьца накъост ву.
208  Бехкен ван стаг хилчхьана – къаронаш-м карайора.
209  Бакъонан сий – нанас дена йина йиша йу.
210  Бакъонна тIехIоттахь сий хир ду, харцонна тIетахь сий
        довр ду.
211  Безаман алонал аьхна ало йац.
212  Безаман доттагIалле кхочуш сийлахь хIумма дац.
213  Безам баханехь бIаьргаш чу хьажа, дагчохь мел дерг дуьйцур ду
        цара.
214  Безаман ойланаш барта къамелца йасталур йац.
215  Бакъдерг оьзарза дуьлу.
216  Бакъволу куьйгалхо йоккхачу йохьан лай ву.
217  БугIанан ворданахь пхьагал лацалур йац.
218  Баба йезахь – цуьнан ненан йиша йеза йеза хьуна?
219  БIаьргаш Iийжориг иэхьан кIур бац.
220  Бакъдолчу дашо хIордан бухара хьалавоккху.
221  БежаIуйн сий ца хилла, нохчаша уьш лайш лерина.
222  Боьха мотт бара цуьнан, мочхалаш тIорказ чохь доллуш
        санна.
223  Безам, четар чохь 1ар делахь, бахам бу.
224  БухIа йер – тIедогIу ирс йухатохар.
225  Баттара тур даьккхина, ахь нехан цIа дохадахь, кхечу
        цIийнан туьро хьан цIа дохор ду.
226  Борз хила виначух – цхьогал хир дац.
227  Баьккхина корта йуха тIехотталур бац.
228  Берана – ага, воккхачунна – Iаса.
229  Баьрччехь болийнарг ах болх бу.
230  БорхIалгIачу шарана тIейогIучу гурахь мукъа, нислахьара
        захало.
231  Берзан кIеза ма хестаде церг йоллийтина бен.
232  БухIанна шо цхьа буьйса йу.
233  Бакъдерг дацахь – ваха атта ду, амма – вала хала ду.
234  Бакъдерг-м дара, делахь а варша даха-кх.
235  Бакъонца йина чот ца йов.
236  Бакъо дешин меха йу, иза хотталахь хьешча, йуха,
        ма-йарра, Iора-м йер йу.
237  Бакъдоцург бакъдан г1ертачо дуккха жIолмаш текхайо.
238  Бакъдерг малхал къегина ду, х1етте дийнахь чиркхаца лоьху.
239  БIаьрзечо дуй буу, сан шина бIаьргана гина бохуш.
240  Бекъачу поппарца г1ишлонан пен хьахалур бац.
241  Багахь стим болчунна – массо хIума къаьхьа ду.
242  БIаьргана – барам, сина – тешамца эхь а хила деза.
243  Бахамал гIоле ду ирс.
244  Берзан хьесапехь хIума йу ирс, Iехавелларг хьуьнах вуьгуш.
245  Боьлху бIаьрг цхьанне ца го, йиш – массарна хеза.
246  БIе шо кIезиг ду, зуламаш дукха ду.
247  БIаьрг ца белхийта гIайгIа хастайе.
248  БIарна йукъахь нIаьна санна, даг огуш сингаттам бу.
249  Безам боцу дуьне – гIорийна пане йу.
250  БIе шерашкахь кхиадо жайно адамаш.
251  Бахамал гIолехь ду Iилма.
252  Боккхачу белхан доккха сий хуьлу.
253  БIараш дукха долчохь – тарсалш алссам хуьлу.
254  Болх болабале – чаккхене хьажа.
255  Бакъонна т1ехь доцург – дахар дац, эрна дацар ду.
256  Барзакъ Iаьржа делахь – дог кIайн ду.

В
257  Ваша ца везачунна – шича везар вац.
258  Воккха – жима, жима – воккха хуьлу.
259  Воцчух доттагI валур вац.
260  Вайн дахар цIерпошта санна ду, цIерпошта йуханехьа йан
        тарло, ткъа дахар ца доьрзу йуханехьа.
261  Варшарчу сайл карахь долу лекъ гIолехь ду.
262  ВархI цIа делхьара, цхьана кIирнах цIена Iийр ма йара хьо.
263  Веха йууш, цкъа ца йуьйш 1ийнарг а.
264  Верзана верг талорхочух кхера иэшац.
265  Войн мозийн моз а вон хуьлуш зама йог1у.
266  Вир лергашца йевза.
267  Вуой, зуламмий ши лулахо ду.
268  Вир тIехиънарг, говрахь волчух дуьйцуш хуьлу.
269  Вончу зудчо шен майра талхаво.
270 Вон эчиг лаладо, вон зуда Iама ца ло.
271  Вежарийн барт мокхазан лам санна бу.
272  ВаларгтIера  цхьа валарг ву-кх хьо а.
273  Ваьккхича волу Махьма хелха.
274  Варша дечиг ца хьо.
275  Ванах, хьоза, цIий ма къезиг догIу хьох аьлча,  сан са ма-дду
        догIу, аьлла хьозано.
276  Вир бацала лаьллича, баь11ашла йахана.
277  Вон жIаьла ша-шен цIоганах лета.
278  Вончу дешан берзан йорт йу.
279  Вонна дарба хан йалар ду.
280  Вониг къорачунна хеза.
281  Вончу вордано некъ бохийна, вончу зудчо цIа дохийна.
282  Вончу лулахочул генара мостагI голе ву.
283  Виро ша беана мохь ша буу.
284  Ворда хаьрцича карабо некъ.
285  Вала ца Iемина волу, иза ма хала велира.
286  Воккхачо аьлларг ца динарг доккхачу воне кхаьчна.
287  Вирана дIакхаьчначу меттехь бан болх хуьлу.
288 «Ванах жий, хьан бехкен меттиг гучу йелир-кх»,– аьлла газано,         
        хоршал деха оьккхуш болчу, жийга.
289  Веха ма вахийла сан церг йаьккхинарг.
290  ВархI пIераска хуьлуш ду-кх хьан кIиранна чохь.
291  Ве-м вуьйр ву ахь со, амма тило хала хир ву-кх хьуна.
292  Вир хьалха йаллалц хоьхкуш ца хуьлу говр.
293  Вуьзна вара алий, кхача боцуш ма вала новкъа, йекхна йара
        алий, кхоллар йоцуш  ма гIо.
294  Вончу дашах мотт ларбе, къоланах куьг ларде.
295  Виэзачу стагана луш дерг ца эшна, ца везачунна олуш дерг
        ца эшна.
296  Вонна гена мел вели, ирсана герга кхочу.
297  Ворданна тIаьхьа ида марзделла жIаьла, Iай салазна
        тIаьхьа уьду.
298  Виро ша-шена бехна баьккхина, бах, гали мохь.
299  Велла стаг г1енах гIахь саг1ина х1ума луо.
300  Вон амал, сонталла йиший, ваший ду.
301  Вижар дукха дезаш волчун, меттах хьер дукха хуьлу.
302  Вончу дечиган шеддаш алсамо хуьлу.
303  «Ванах, Зеламха, ма дика лелавелла-кх хьо?» –аьлча. – Ша хийла
        шена йуьзна топ къийгашна кхиссийтина, – аьлла обарго.
304  Вир Iаьхна йаллалц сатохадалар – цIенна са йу.
305  Вайн нехан баркалла хьакхалуш хуьлу: йа озалла далла
        доллучух, йа дерстина даттIа доллучух.
306  Воккха стаг генара дуьйна жима воций хаьа.
307  Вайн хьекъал дIалучухь сакъерало, ткъа жуьгтийн иза
        лахош сакъерало.
308  Веллачу стеган бIаьргаш дIакъовлу.
309  Ворданан хьалхара чкъурган лорах бахбелла лаьхьа, тIахьа
        йогIучу чкъурго хьаьшна.
310  Ворта хилчхьана тIедилла дукъ карор ду.
311  Вича, зуда йалийча, велча  – моллина са йолу.
312  Вир лергашца, Iахарца йевза, ча – мIарашца, ткъа Iавдалниг –
        дашца.
313  Ваха бIе шарахь могаш волуш.
314  ВаIалайкум ас-салам, хьеста ма лолахь.
315  Ваьхнарг-м чот йацара, вахийла кхин бIе шарахь.
316  Вада ойла сецнехь – вижий ма Iилла.
317  Велла а доккхур ду бохург ма дош дац.
318  Вичхьана цадинарг, велча дийр дац.
319  Воьдуш некъ дика хуьлийла, вогIуш боьхна ма хуьлийла.
320  Вирах кхетта шинар хатарш дан марзделла.
321  Воккханиг дIавахна – эхь т1аьхьенна дисина.
322  Веллачунна эхарт – висинчунна цIингаш.
323  Велларг веллачух ца теша.
324  Вай чуьра ара кхайкхийна неIалташ, вайн бераша, шаьш
        лелачухула леха деш, йуха чудохьу вайна.
325  Вончу старо дукъ къуьйсу.
326  ВархI Iуналхочух тешна дитина бер, бIаьрг боцуш дисна.
327  Велахь, вацахь шениг шен ву.
328  Вехна стаг уьшала йаханчу хьакханах тарло.
329  Вата йетташ лелла, нахана йукъахь леларг гIоле ву.
330  Вирана туьха хуьлуш, хир доцург дара иза-м.
331  Вайна-м бер дика хуьлийла лаьа, берах мила хир ву хьанна
        хаьа.
332  Воккхавер малхе терра ца хуьлу, доьзалан гIиллакхе
        хьаьжжина хуьлу.
333  Веллачо лахьте сатосу, верасо дуьсучу даьхнега сатосу.
334  Веллачо а ма бо сачохь висинчунна иэшам.
335  Вовшахйеттачу нахартех – г1овтал хуьлийла дац.
336  «Вай дахийла», бохуш кад ийинчу синкъерамо, «тхан
        вешина гечдойла» бохуьйтуш нисло.
337  ВархI улло хаавахь а, цо-м ворххIе а лечу хьоле воккхур ву
        аьшпашца.
338  Ваха-м ваьхна – эхь дайна ваьхна-кх.
339  Вайн ирсана тIейогIуш йу йочана.
340  Вайн ирс вайн жIаьлеша Iийшина.
341  Ваша, доттагI а – иза боккха бахам бу, амма и кестта хуьлуш
        х1ума дац.
342  Вежарий санна бу нийса накъостий.
343  Вайн Мандар – мерзаш боцу пондар.
344  Вен веанчо – велхарх хьалха ца вуьту.
                Г, ГI
345  Гуьмалк йоьхча дош ло – карахь хиллачо иза каро.
346  Ги ма била беза мохь, кхо гIулч дехьа баккхалур бацахь.
347  ГIуллакхаш де даима – собар дахарна Iалашде.
348  ГIала йахана йеъначо тIоьрмиг буьззина хабар деана.
349  ГIийлачу олхазарера гIийла кхаъ кхочу.
350  ГIуьнжарчу бIаьргашна нийса дерг хуьлу гамделла.
351  Гали чохь цамза хьуллур бац.
352  Га доцу сара хадо атта бу.
353  ГIиллакхца бен къонах хилла вац.
354  ГIиллакх дезачунна генахь дац схьаэца.
355  Генарчу вешел лулахо гIолехь ву.
356  Говрана туху шед ма иэшайе, зудчунна туху шед гуччохь
        латтайе.
357  Говрах, жIаьлех, зудчух ма теша, аьлла.
358  ГIайбанан маьIаг йекъа дезча, хала хуьлу.
359  ГIаз тIаьхьа йаьлча, Бекъа ца воьхна.
360  Говран дикалла боларехь йевза, адаман дикалла собарца
        гучуйолу.
361  Гена доцу Iилма хилаза стом бу.
362  ГIуллакхна де деха деза, къамелашна де доца деза.
363  Гайна цхьатерра хила деза, хьуьнарехь ницкъ берг сов вала            
        хьажа веза.
364  Генара схьагуш долчунна ойла кхин а генахь хуьлу.
365  Газанах хьалхашхула ларло, ткъа говрах тIехьашхула ларло.
366  Говрах къа ца хеттарг – гIаш висна.
367  Гурахь даьхначу котаман кIорнийн кортош неIарна йукъахь
        дисна.
368  ГIалх аларе терра, дутту жIаьлина доьша.
369  Гонаха хьийзаш каде хьекъал дацахь, гIайгIа, дегабаам бой,
        маре йоьду.
370  ГIашло говрберечунна накъост вац.
371  ГIезаш, бIараш лачкъадар цхьатерра къола ду.
372  Генахь йека вата хаза йу.
373  Ги мохь боьллина тIаме воьдург майра хир вац.
374  Говзачу сагIадоьхурго жIаьлина мотт Iамийна.
375  ГIайгIа хIорд бу – иза мер бац – неканца бен цул дехьа вер
        вац.
376  ГIайгIа герга мел кхечи, хьекъал сов долу.
377  ГIайгIано кхерам ца туьйсу – некъ гойту.
378  ГIайгIано – хьекъал кхуллу.
379  ГIайгIане ла ца дегIарх – иза ша тIекхочу.
380  ГIайгIа лан тIулган дог деза.
381  Гоне охьахао – накъъост хир ву-кх хьох.
382  ГIайгIа – гIайгIа Яхин майра, гIийла велахь ДаьнчIа ву.
383  Гай датIале, генах тасало.
384  Гой хьуна, дахар цхьа мур бен бац.
385  Газа иккхинчу оьккху буьхьиг а.
386  ГIаз хьакхин накъост йац.
387  Гергарчо даима гIо дохур ду, цкъа маца хьан некъ
        хадорхьамма.
388  ГIо дан луург – доттагI, дов дан луург – мостагI.
389  ГIайгIа ма йе– гIайга бе.
390  Го чIагIбе керташца – барт чIагIбе доттагIашца.
391  Гобаьккхина даар, малар ду – хаа деза, и муха карон
        деза.
392  Гуота аха йалайале барт бе готанан деца, дийна йалта
        чудерзийначулла  тIаьхьа – дов ца лело.
393  ГIайгIа йоцург хиъна Iа, гIайгIа йерг ирахь Iа.
394  Гай иккхича, бIаьргаш меца буьсу.
395  Гуьйренан мозанал башха, тIаьхьара ца волу.
396  ГIомат йолчуна иза тIейолла ворта карор йу.
397   Гуьмалках гуьмалк йеттарх хьаналла йер йац.
398  ГIад дожийчхьана, гIаш шаьш эгар ду.
399  ГIамарх муш балур бац.
400  ГIийла дерг гIоле ду данне а доцчулла.
401  Гота-м йара, куьг делхьара охана доло.
402  ГIайгIанехь дехаш долу адам харцонна кIел хIаллак
        хуьлу.
403  ГIиллакх долу эхь – эладитнах ца кхоьру.
404  ГIора дерг онда вац, собар дерг ву.
405  ГIайгIа йоцчуьнан наб мерза йу.
406  ГIайгIа къанло, ирс а къанло.
407  ГIайгIанах волар а гIайгIа йу.
408  ГIайгIа Iавдалчуьнан лулахо йу.
409  ГIайгIа тIейоьсси, хьекъал ца тоьи.
410  ГIайгIа пунт хуьлий тIейогIу, дашон цуьрг хуьлий
        дIайоьду.
411  ГIайгIа лан тIулган дог деза.
412  ГIайгIа тIе йоссале ларло.
413  ГIайгIанехь собаре хилахь, ваха-м Iемар ву.
414  ГIайгIанах идарх – иза хьалха карайо.
415  ГIайгIа шех веддачунна шозза тIейогIу.
416  ГIайгIа тIейоьссича вевза доттагI.
417  ГIир-мир д1адахьа масалшца Iема.
418  ГIомат цIоганехьара тIе ма йолла, чаккхенгара болх ма
        болабе.
419  ГIийлачу котамо гIийла хIоа до.

Д
420  Дукха йиттина неI – мацца цкъа йеллайелла.
421  Дича ца мегадерг дитинарг воккхавеш ваьхна.
422  ДогъIаьржа хабарца хаза доттагI ма хуьлда вайна.
423  ДIахилахь эр долче, ма хаалахь.
424  Дош мерза бакъахьа ду.
425  Дилхан дацахь, бехчалган хилла, дог хила-м деза.
426  ДоттагIий хьекъал долуш белахь, йукъа гIертачу боьхачу
        хIуманан лаг Iовдур ду.
427  ДоттагIийн гIуллакхаш даккхий лору, гIиллакхаш тIехь
         уьш цIена элий хиллехь.
428  ДоттагIчунна санна, мостагIчунна мара кхетар вац.
429  Дуьхьала кхетча вист ца хуьлуш волчу лулахочуьнга салам
        лой, эхь доссийта.
430  Декхар довш дац, цIий а ца дицдо.
431  Динан амал йовза лаахь – аренга бакхий хахка, доттагI вовза
         лаахь – нахана йукъа ваккха.
432  Дийций валахь, Татин гота ца текхош.
433  Дика цIе йаккхар мехала ду, дика доттагI йуххехь велахь.
434  Дукха пхьохане даьхначу неIарх мачаш ца хила.
435  Доцца дош хадийча, хIумма кхочуш хилац.
436  Дог – дагах кхетта, мотт – маттах кхетта.
437  Дукха лета марзйелла наьна, уггаре а хьалха, йечу йоьду.
438  Дика пхьид шен уьшал чохь Iа.
439  Дуккха йерг – вуззалц, кIеззиг йерг – чекхйаллалц.
440  Дош олхазар дац – багара даьлча лацалац.
441  Делан дуьхьа наха тIам тIе вохуьйту.
442  Дахка гали чохь Iа – паччахь гIали чохь Iа.
443  Деши лаха вахча, баьпкан цуьрг карийна.
444  ДаьIахк йилхина ша йиначу махкана.
445  Дуьненна а дерг ловзар ду.
446  ДоттагIчунна боьттина кад  хьайна а мала.
447  ДаттагI лаха лаха, карийча Iалашве.
448  ДоттагI ма вовза кхаа дийнахь, вовза кхаа шарахь.
449  Дика лулахо, дашон буьртиг санна, ларво.
450  Диг доцуш дечиге ца воьду.
451  Дика дош дуьсу, сонта дош доду.
452  Дош ша-м эр ма дара, борз йу-кх гена йоццуш.
453  Даге къаьхьо кхаьчнехь, массо хIума йу цунна къаьхьа.
454  Динна хьокхам бага ца тарло.
455  Дикане воьдург ма хаставе, диканера вогIург хаставе.
456  Дуьнен тIехь мел долу зезаг лахьалур дац.
457  Дикане кхайкхинарг цIерга вахийтина.
458  Дика, вон а арахьа дац, уьш нахана йукъахь ду.
459  Дархочунна к1еда мотт  хуьлу дарбане.
460  Дикачу зудчо цIа Iалашдо, ткъа вончо шен куьйгашца
        дIасакхуссу.
461  Ден да баьрччехь кхабахь, хьо а кхобур ву цигахь.
462  Дика хIума дола ца йолуш дукха ца лаьтта.
463  Дукхаммо йуьхьдуьхьала туйнаш тоьхча, йуьхь тIадоза ца
         йуьсу.
464  ДIо хи чохь гург-м  со вара (хин куьзганахь), ткъа со мила ву?
465  ДIайахийтинчу несан кIажош дашо хуьлу.
466  Доггаха вилхинчунна бIаьргех цIий деана.
467  Дукха кхерстачу жIаьлина кхета гIаж ца эшна.
468  Дукха хитIе кхехьна кIудал хийистехь йисина.
469  Дукха дийцинарг гIенах дуьхьала тосу.
470  Дехко аьлла : «Гай датIийла, ген дуьхьа бахахь, амма
         галешна йукъахь а, пIаьлдиг товш хилар-кх.
471  Дуьме ца кхаьчначу цициго шен марха ду аьлла.
472  Долийча ца кхетарг – аьлча ца кхетта.
473  Дас хестийначу эро цхьогал ца лаьцна.
474  Дас хестийна дин хьалха ца баьлла.
475  Дог дуьззина лелар хьал ду.
476  Дикачу динна цкъа тоьхна шед шарахь тоьа.
477  Дуккха дезаро – долчух воккху.
478  ДоттагI элана, мискачунна а оьшу.
479  Дерриге хууш хила, амма маттана сиха ма хила.
480  Дика хила хала ду, вон хила атта ду.
481  Дуккха нах вон хетарг – ша хила герга ду вон.
482  ДIа коч, схьа коч – генара Iадат.
483  Дика дин нанас беш дуьйна ца хуьлу – иза къонахчо кхиабо.
484  Дена тайнарш дика йу йовхарш.
485  Дечиг доккхучунна, ара хиъначунна уллохь, Iан ца магийна.
486  Ден нанас кIентан йоIана мотт ца тIадабайта, жайна
        даккхийтича, кIентан йоI мотт бехбан йоьлла.
487  Дехко хьаткъа хецча, хIорд болабелла, бах.
488  Декъазчунна тIехьажийча, йеса топ а йаьлла, бах.
489  Дехко хIоттош дац цициг шен Iуьрг лардан.
490  Дейиша – дера ча, ненайиша – мезан Iайг.
491  Декъазчунна ден цIера кхочу вон.
492  Дешар  – серло, цадешар – бода.
493  Дукха эвла йуккъе леста марзвеллачо эладита шортта гулдийр
        ду.
494  Дечиг хьенан йу? Хьуьнан йу. Хьун хьенан йу? Дечигийн йу.
495  Доьхка хаьдда топ санна, ма Iилла вожий.
496  Дуккха хIума хуучаьрга шортта хеттарш до.
497  ДоттагI лаца сих ма ло, цкъа цуьнан хьекъал мел ду хаалц.
498  Дикачу дашо – некъ баьккхина, вончу дашо – некъ талхийна.
499  Дика доьзал беркат ду, вон доьзал бала бу.
500  Дикачу доьзалхочо ден, ненан дог деладо.
501  Дуьненан тоьлла хьал могашалла лору.
502  ДоттагI шираниг гIоли ву, кетар керланиг гIоли йу.
503  Дагахь дерг маттана буьххье лелха.
504  Денна кхехьац хино чалх.
505  Дикачу динна дай карабо, дикачу стагана доттагIий нисло.
506  Дика дарба къаьхьа хуьлу.
507  ДIатеттича – ши куьг дагадо, тIеозийча – дог дагадо.
508  Дикачу йоIал, баI белахь а, кIант г1оли ву.
509  Дакъаделлачу бежанан неIаран бу шен мах.
510  Дахар нана йац, цо ца хьоьсту.
511  Детица оьцуш деши гулде, цIеста ма хьеша, болат дуьхьала
        лаца.
512  ДIайиллинарг мостагIчун йу, йиънарг – диэгIан, сагIийна
        йелларг синан йу.
513  Делан дуьхьа аьлла бен, цхьана цициго дахка лаьцна бац.
514  Дахарехь шен меттиг каро атта ду лохуш волчунна.
515  Дала адам дакъаза даккха лиъча, цуьнан хьекъал дIаоьцу.
516  Дукхахьолахь стагана ша хьекъале хетта, гондахьа шортта
        сонта нах хиларна.
517  Дехачу ахчанна тIаьхьауьдуш волчо, эххар кегийра ахчанан
        шайнах шен са духкур ду.
518  ДуогIа тохаза долчу тIорказ чохь къайле ца хуьлу.
519  Даггара долу дош дагах кхета.
520  Дуьнен тIехь уггар хьекъал дерг мила ву аьлча, жоп делла
        – иза цахоьттург.
521  ДIа дацахь – схьа а дац.
522  Дика хаза, паргIат шен бенахь деха.
523  Дарешла хьарчийна, керта кхоьссина хьолтIам йац зуда.
524  Даймохк боцу стаг декъаза хьоза ду.
525  ДоттагIий дIахедош, мостагий дебош хIума йу къелла.
526  Деши цIергахь зен деза, доттагI гIиллакхашца зоь.
527  Дика жайна чиркхал сирла ду.
528  Дика стом, мел генара, схьакхочу.
529  Дахар гира охьакхоьссина дукха хан хир йара иза хаза
         дацахьара.
530  Даьтта хьаькхча-м латта хуьлу даа тамехь.
531  Даккха дагахь хьахийна сагIа, ца доккхуш дисина дац.
532  Де деха хетта деш хIумма доцчунна.
533  Дешаран орам къаьхьа белахь а, стом мерза хуьлу цуьнан.
534  ДоттагI везачо шен са а кхоор дац.
535  Дика дин, доттагI а тIе вон деача девза.
536  Дешел беза, малхал къегина бу Даймохк.
537  Делкъе йар дац хIусамнана йоцчохь.
538  Дала дуьненчу кхо оьгазло кхоьллина: зуда, ахча, Iедал а.
539  ДIакхоьссина неIаран мача а дIахьо жIаьло.
540  Дозанан шуна гергахь цIа догIа мегаш дац.
541  Дуй баар хьекъалечунна кхераме ду, сонтачунна балане ду.
542  ДоттагI ву аьлла тIехIоттахь, доттагI воцчуьнгара
        гIайгIа кхочур йу хьуна.
543  Деши, дети дIадолу – Iилма буха дуьсу.
544  Дин беречунна кIел бахчало, къонах кьийсамашкахь
         вахчало.
545  Дуоха герга дахана ловзар гIаддоьду.
546  Дала тоьхначунна – наха ийза ца луш туху.
547  Да воцу хIусам – лулахочун божал.
548  Дино ма-бохху ламаз дешверг массеран ойла ца йича ца
        волу.
549  Дийца, хIара ду аьлла, маьIна долуш дан къамел доцург,
        шен къамелах нах кхетарна кхоьруш хуьлу. Ткъа дийца мехала
        къамел дерг, шен къамелах нах цакхетарна кхоьруш хуьлу.
550  Доцург дуьйцург, дерг дайа гIертарг – ши ваша ву.
551  Дахар мел кхаьхьа делахь, валар моз ца хета.
552  Дедоцчу стеган хIилланал деза, сийлахь хIумма дац.
553  Доцчуьнга сатуьйсург дакъаза волу.
554  Дедоцуш мел волу стаг – хIусамненан коча воьду.
555  Диканна хьунар долуш хилац сийдоцург.
556  Дацахь ду моьтта, делахь дац моьтта, дуй хиъча дIатотту.
557  Дехачу доIанан – гIийла «амин» хуьлу.
558  Дена аьлча ца йохийначу бето нанна олу.
559  Декъазчуьнан кертахь бехк бахамал боккха хуьлу.
560  Дахар, стаг ларалур воцу, ловзар ду.
561  Даьккхина цIога нуй бу.
562  Доккха дуьйш кийрахь дог дацахь, дац цунах а дан хIумма.
563  Дахарехь уггар а коьртаниг, стагана ша-шех тоам балла,
        дуьненахь маьIне хIума карадар ду.
564  Дитто санна, шайн стогаллин орамаш дендо нах болчу наха.
565  ДегIехь ницкъ берг цхьаннах тасало, ткъа Iилма дерг
        эзарнах тасало.
566  Дуьхьала болчу некъан кхераме ладоьгIучул, хьаьвзаш
        болчу новкъа меллаша вахар гIолехь ду.
567  Дешин гIели тIедиллина цIеста, хIуманна бен боцчу
        наха, деши дой тIеоьцу.
568  Дикачу хIух йолчу наьрсан хухарш хуьлу хьийкъина, ткъа
        вончу х1ун гижош деба.
569  ДIагIоьртинчохь бохийна стеран кач тобелла, йуха
        гIоьрттинчохь йойна маIа тойелла йац.
570  Дашо догIа массо догIанна мега.
571  Дуккха дийцар хьекъал дац, дуккха хаар ду.
572  ДогIа догIуш хилчхьана, кIел дилла чийлик карор ду.
573  Дахар къаьхьа делахь, валар дац-кх мерза.
574  Дуккха вехи, амма эххар вала-м вели.
575  Да-нана доцург дуьненчохь массо хIума каро таро йу.
576  Даго къа латийча, дегI Iазапе лоцу.
577  Даьхнн долчу нахана йукъахь гIийла эшар ма лакха.
578  Доггах тIаьхьа кхоьссинарг хьалха карадо.
579  Диканца гIайгIа йу, гIайгIанца дика ду.
580  Дикачу дахаро кIужал ирх хьовзайо.
581  Даг чуьра сингаттам бIарна чуьра наьна бу.
582  Дитт орамашца деха, адам доттагIаллин уьйрашца деха.
583  Дагца герга цавалийнарг, ши лерг лаьцна герга валалац.
584  Дешар-м къаьхьа мур бара тIелаца, зуда шен хенна йало
        йеза.
585  Дукъ тIе хиъна, бутт лаца ваханарг дIа ца кхаьчна.
586  Диц дан таро йоцург мекхах хьарчаде.
587  Дика Iалашде, зуламах вада.
588  Дийна мел ву вицлур вац, веллачул тIаьхьа дага вогIур вац.
589  Дахаран гIайгIа йоцчунна тIетовжар эрна ду.
590  Дешан са йаьккхинарг, толам баьккхича санна, воккхаве.
591  Дийнахь гергара хуьлу, малх дIабуьзначул тIаьхьа
        шайтIанца караво.
592  Даржадина ца дуьйцуш, гулахь дита къамел.
593  Делкъе йар хьахош воцург тIекаренашкахь хьиэло.
594  ДегIана ка белахь, хьекъална газа йу.
595  Дуьхьала молла ву, тIехьашха цIога доцу шайтIа ду.
596  Дагахь мел дерг, охьаIано ма гIерта.
597  Диттан хьал стомаллица дуста, адаман хьал цо дина
        гIулкхашца.
598  Дозаллаш дечу стага мотт тухур бу атта.
599  ДIахецна дош коьжалгаца лацалац.
600  Дешар дитинарг сонталлин некъа ыаьлла.
601  Дешан да – лерг, тешаман да – бIаьрг.
602  Дог ойбург – адам, дог дохош дерг – адам.
603  Дукха луьйчуьнан эс хилац, цундела иза саца тигац.
604  ДогIа неIаре терра – наб матте терра.
605  Диттан хазалла – гIаш, меттан хазалла – дош.
606  ДоттагIий вовшах кхетар бу, мостагIий вовшех летар бу.
607  Дош долу х1ума – массарна, Iемина х1ума – хьайнна.
608  Дозалла ма де, бер дуьненчу даьлча, дозалла де цо диканна
        йукъ йихкича.
609  Долуш ойла ца йо – доцуш къурдаш до.
610  Да-нана ца лору стаг, наха лорур вац, нехан бохамехь гIо
        цалоцург – къонах вац.
611  Доьзал мерза бу, везарг гергара ву.
612  Долчо шен дерг дуьйцу, доцчо – доцург.
614  Дин болуш мохк бовза, да волуш халкъ довза.
614  Дика диканца доьрзур ду, вон вонца доьрзу.
615  Дог дохор – дог талхор.
616  «Ден даьхни ден меркIел тов», – аьлла, Бекъас сегIаз шен
        меркIел латийна.
617  Дуьхьала лам теттича, хьекална дуьхьало йалур йац.
618  Диг хина буха доьду, ткъа дагано нека до.
619  Дуй биънарг, шен дуй ца къарбан, коьртах а волу.
620  Дог дохочулла, коьртана чов йар гIоли ду.
621  Дена кIант хилла ца Iаш, Даймахкана кIант хила хьажа
        веза.
623  Дахарехь цхьа чот йоцу стаг, стом ца латочу диттан мехе
        ца кхоча.
624  Девзиг тухуш цаIамийнарг хьокха бетташ Iамалур вац.
625  Дукхахьолахь нах Iиттаршна къора хуьлу, цундела нисбала
        ца гIоьрта.
626  ДогIаьржалла къаналле йоьду, йуьхькIолла къоналле йоьду.
627  Дахаран бахам, синан безам адамций цхьаьна ле.
628  Даьттан бIаьрг хитIе санна, бакъо хьала йолу.
629  Дика иччархой шортта бу, амма ижу дохьуш вогIург
        наггахь бен хилац.
630  Догдиллина къелла Делера синпаргIато йу.
631  Дикачу къонахчуьнгахь ши гIиллакх товш ду: ша оьшучохь
        ца лехийтар, ша ца оьшучохь цакаравайтар а.
632  Дог хьостуш хIусамехь хьо вацахь, вуьсур ву хьо модашна
        ваца.
633  Дас ца Iамийна дин ког тасалуш хуьлу.
634  Дахар доца ду, ваха собар дезаш.
635  Доьзал боцу стаг кертана боьгIна хьокха бу.
636  Доьша латтийначу хIусамдена, меца кIезалла дIакхехна
        жIаьла санна, муьтIахь лайн амале вирзинарг дика ву
        муьлххачу хьолана.
637  Дукха зударий кертахь болу хIусам пхьор даза йуьсу.
638  Дехачу къамелан маьIна доца хуьлу.
639  ДабагIа дина неI санна, дог шога хуьлу цхьаволчун.
640  Дааран дакъа нисса тов, хьуьнаран дакъа гIоралахь
        волчуьнгахь тов.
641  ДIаьвшен боьхачу хIумано шен дена дIоьвшен ка туху.
642  Долуш дерг Iалашде, ткъа дайча велха ма велха.
643  Доьзална тIе йоьссина гIайгIа массо тIехаа везаш гIант
        ду.
644  ДаьIахк йоцуш чIара хилац.
645  Дийнахь ца карийнарг буса каро йанне йац таро.
646  Дарийн обанашца кечйича, хьакха ц1унала керча.
647  Дика чекхдолуш дерг – массарна дика ду.
648  Де-м де санна дара, шо дац-кх синтеме.
649  Дечиган цIе йогучохь худар самукъне кхехка.
650  Дахар вайна дикачу белхашна дела.
651  Дегабаам бечаьрца возучул, шенна вахар гIолехь ду
652  Дарделлачу даг чохь къинхетам хуьлу.
653  Дог Iаьржачу стаге, сийлахьчу стеган цIе йаккхар, ца лало.
654  Дерачуьнга болу безам ша хIаллак хилар ду.
655  Диг дика ира дацахь, бIостанца дечиг доккхур дац.
656  Дахарал мехехь ду сий.
657  Дика дош неIаран сагIенгахь ду, вониг арахьа ду.
658  Дика сий дижина Iа, ледарниг гена долу.
659  Дика сий бахамал гIоли ду.
660 Дика сий мазалла мерза ду.
661  Дика сий дожочулла, шен бIаьрг божор гIоли ду.
662  Делан йозанца бен, хьакха йуур йац.
663  ДоттагI воцуш верг дахарехь гIийло а хуьлу.
664  ДоттагI воцург ша цхьалха палс бу.
665  ДоттагI хилча зама а толо.
666  Деган доттагI генна некъ бу.
667  ДоттагIашна йокъа ца хуьлу, хьан таро йа дарж лакхара
        делахь.
668  Дог-ойла кура йерг – доттагI вац йа накъост вац.
669  Дуккха хIума довза лаахь, набарна тIера ма хила.
670  Дас ца Iамийнарг – девеше Iамалур вац.
671  Дастам ма вала – дешарна тIевуола.
672  Дешна воцург – дуьненан Iилманна бIаьрзе ву.
673  Дийца хаза дуьйцу – ладегIар дош дац-кх.
674  Дукха ойлане воьжна вахлахь, жоп нийса дала хьажа.
675  Дийна дош мехала ду деллачу элпал.
676  Доцачу къамеле ладогIар дика ду, дехачу къамелехь ойла
        йайтар дика делахь.
677  Диканехь оьгIазоьхучу дагна маршо ма ло.
678  ДоттагIалла, аьнгали санна хIума йу, дожош дохадахь, йуха
        метта хотталур доцуш.

ЙЕ
679  Йеза йолчу ченан цIока йекъа хиттина иччархой санна ду шу.
680  Йеанчу набарна – гIовла иэшац.
681  Йекъачу гуьйриго цIе серла йоккху.
692  Йесачу кIарина догIа ца туху.
683  Йеллачу эмкалал дийна пхьагал тоьла.
684  Йеса кхаба зевне йека.
685  Йеха кхес йолчу говрах, иштта кIажарш йолчу зудчух
        ларло-кх.
686  Йерг йодуьйтур йац, йоцург лаца гIертар дац.
687  Йелайелла-йекхайелла хаза йуьхь – деган куьзга ду.
688  Йеза тIейетта ца йолош – чеккхенгахь тIетоха йита.
689  Йайн бухара хьал – чоьлпина дика хаьа.
690  Йетт бигча, хIусамдас шен божална гIуй боьллина.
                Ж
691  ЖIаьло вирана хьалха, хьошалла деш, жижиг диллина,
        виро жIаьлина хьалха докъар диллина.
692  Жимачу хих бовлуш хилча, зударша  шайн кучан йух хьалаузу.
693  Жа долчунна дена аьлча, газа йерг чугIоьртина.
694  Жимчохь Iамийнарг – тIулга тIе йаздина, воккхаллехь
        Iамийнарг – хи тIехь йаздина.
695  ЖIаьла доцуш пхьагал лацалур йац.
696  ЖIаьлина йеза ша кхиъна йурт.
697  Жерочуьнан керта хи кхоьссича, цунах цIе лета.
698  Жа делла Iу санна, ма гIайгIанехь ву хьо.
699  ЖIаьлина, ша «гIалх» мосазза олу, дицло бах шен летар.
700  Жоьлина муьтIахь хуьлу, цигахь дина, кхиьна кIезий.
701  ЖIаьла мел летарх, хьайба меллаша дIадоьду.
702  Жеро йезайелларг эзар балех волу, йоI йезайелларг къинойх
        дIацIанло.
703  Жимчохь Iамийнарг къоналлин хьекъал ду.
704  ЖIаьло йуьйр йоцуш хIума йац, адамо дуьйцур доцуш
        хIума дац.
705  Жий лергинехь, шолгIаниг рогIехь бу хьуна.
706  Жеролла бехк бац – иза шиннах цхьаьннан къа ду.
707  ЖеIуьнан сирла бIаьрг – хьаьхначу берзан Iажалла.
708  Жима хьаькам хорша йу, дагаро хьала тоьттуш.
709  ЖIаьвно нуьйжа йекайо.
710  ЖIаьлех ларвала, дукхахьолахь, гIаж кара оьцу.
711  ЖIаьлин бIаьрг буса къиэга, кIеганан авгол санна.
712  ЖIалина муьлхха гIаж герз ду.
713  Жерочун болх, дахар а къаьхьа хуьлу.
714  ЖIаьло жIаьлин цIоганна тIе ког ца буьллу.
715  ЖIаьло, шена йина чов, мотт хьоькхуш йерзайо.
716  Жима жIаьла къанделча кIеза ду.
717  ЖIаьлинускалш мискачу нехан рицкъа ду.
718  ЖIиргIанна тIехиъна моза санна, висна хьо.
719  Жимачу мехо а Iоттабелча Iавжаво.
720  ЖIаьлин бун – цициган илли.
721  Жайн – жайн ду, амма ахь хьайн хьекъалца ког баккха.
722  Жайнашца марзо латточо хьекъал сов доккхур ду.
723  Жима белахь матто дерриге дегIан дола до.

З
724  Зудберийн хазалла йу, патарш эттIа зезагийн санна.
725  Зударийн дог – чекхвалалур воцу къух.
726  Забар йац – чоьже буй беттар.
727  ЗIар деза кетIахь ков доггIалц.
728  Заманца ваьхнарг – ирс долуш хир ву, заманца гIоьртинарг –
        декъаза хир ву.
739  ЗIок йолчу тоьпан а йу шен лар.
730  Забар ма йац, вен варша ийзош йерг.
731  Забарийн неI йелла ма гIерта.
732  Зуда бIаьргашца ма харжа, лергашца харжа.
733  Зуьдалла долчу стага воьлуш дуьйцу, къуьно воьлхуш дуьйцу.
734  Зуда ма хестайе дегIан куьцешца, хестайе гIулкхашца,
        ийманца.
735  Зуда йалор – шадерриг ловзар дац.
736  Зуда кхо де далале хесто ма йолайе, кхо шо даьлча хастайе.
737  Зезагаш – мозашна, ткъа моз – вайна.
738  Зуьдо цIога ластийча бен, пхьу тIаьхьа ца хIутту цунна.
739  Зингато, шен гIодайукъ хадарна ца кхерахьара, ша дуьне
        такхор дара аьлла.
740  Зударша шарахь цкъа тIейухург хIун йу аьлча, бIаьстенан
        хазалла йу аьлла.
741  Зуда а шен йацахь,дош дац, аьлла кIанта нене.
742  Зулам лехнарг – вонех къаьстар вац.
743  Зуламах дIахервеллачо – дика шена тIехиладо.
744  Зударшна, шайтIанна чул башха, къиношна сингаттам бац.
745  Зударшна шайн коьрта тIера хIума йоьхна йуьсучулла, иза
        цайохар новкъа догIу.
746  Зезаг уллохь го боцуш ца дуьсу.
747  Зуда майрачулла хьекъална совйалар вон ду, амма цул
        вон ду, майрачун белхан алапа кIеззиг бен цахилар.
748  Зудчун догкIедалла – стеган кхачамбацар ду.
749  Зударийн дог-ойла бехчалгашца йу, иза кхечуьнгахьа
        хуьлу.
750  Зударийн оьмар йеха хуьлу божарийн чул, цара
        могашалла ларйарна.
751  Зударийн меттамотт текха тIехь бу.
752  Зама чолхе йаьлча, куйнийн дай хилалаш.
753  Зудчо кхоччуш хадабо, шегара схьа ца эцначу, шена дIа ца
         беллачу а, марзонан мах.
754  Зударех Iехацалург синкъерамашка, ловзаршка веха ца
        лела.
755  Зезагаш дуккха долчохь, боьха хIума атта карайо.
756  Зударий дукха хиржинчунна эххар а заьIапниг кхочу.
757  Зуда, доьзал боло, дагавала накъост йу, стуннана маршала
        хатта йу, амма ненал хьоме хIумма дац.
758  Зама хьалха йу, тIаьхьа йу – иза вайца йоьзна йац.
759  Зама ахча дац – дайча лахалуш йа карош долу.
760  Зуьдалла хьоькхуш тIе ма эца хьаькам, амма сий лардеш-м эца.
761  Зазагийн хIу санна, Дала цIена латтадойла вай.
762  Забарца тIеваха хаа деза, забарца вухавала хаа деза.
763  Зуда йалийначу кIантах, маре йаханчу йоIах лулахой
        кхуьу.
764  Зулам тIема долий тIекхочу – тIера дIа текхаш доьду.
765  Зудий, майрий – цхьаьна кегийна худар ду.
766  Зудчунна дагадеанчунна, шайтIано марздинчунна дуьхьало
        йалур йац.
767  Зудчунна кара кхаьчна ахча тIемаш довлий хуьлу.
768  Замане терра – цамгар, гIиллакхе терра – декхар.
769  Зударийн бIаьргаш даима туькана хьоьжу.
770  Замано оьцуьйту адаме амал.
771  Замано хьекъал а доккху сама.
772  Зуламхоша осалчу нехан сийлалла ойу.
773  Зуьна кIохцалш делла Дала, акхарошка ка ца деттийта.
774  Зама зирх бац – цо тIаьхье лур йац.
775  Зулам – зулам ду, доладелча вархI шаре дала а мегаш.
776  Зуламо кхерам тосу – некъ а гойту.
777  Зуламе кхайкха эшац – иза ша тIедогIу.
778  Зуламо хьекъал ирдо.
779  Зуламо сихха вожор ву, амма кеста гIаттор вац.
780  Зенза волу доттагI – каг ца дина бIар ду.
781  Зуьдалла хьекхарца дац чIогIа доттагIалла, бакъонца сий
        лардарца ду иза.

И, Й
782  Ирсан когаш боца бу, гIайгIанан хIора ког вархI сажа бу.
783  Ирс дерг ломах тасало – доцург чу а ца керча.
784  Ирсан сахьто массо гIайгIа йицйо.
785  Иттанел санехь ву Iилманча.
786  Итт шаро велийнарг – ткъа шеро велхийна.
787  И айп дита, и тайпа болар дита.
788  И тайпа хIума хуьлуш хуьлу, хечех доллу хуьнжар ца
        хууш хадахь.
789  Ирс дайна коч тесахь йахкало.
800  Ирачу дашо хадийна чов мо боцуш ца йоьрзу.
801  Ирачу туьрана оьшу дика да.
802  Исс корта болу дегI делла, цхьа корта берг дийна дисна.
803  Ира мотт – совгIат, беха мотт – таIазар йа Iазап.
804  Иблис, кура хилар бахьана долуш, Далла ца дезна.
805  Ирсе кхаьчначо хан сахьтаца хьесап деш йац.
806  Ирс, кара оьцу, гIаж йац.
807  Ирс долчунна котамийн нIаьно до хIоаш.
808  Иза кхаьчначохь жIаьлина таса хIума йисац.
809  Иза-м хIоашна тIехула чекхвер ву хьуна, царах цхьа доха
        ца духуш.
810  Ирс шайн когаш кIел долушшехь, цунна тIаьхьа уьдурш
        бу.
811  Ирсах тешна паргIат ма вала, гIайгIанах ма кхера.
812  Иза кхетош Iамо гIертар, варшахула мекха текхабар ду.
813  Ийманехь виса лаахь, ма-дарра дийца.
814  Ирсе волчунна массо де декхна ду.
815  Ирс айа хаа деза, гиллакхийн да хила веза.
816  Ирс хIаваэхь кхозуш дац йа шина куьйго доккхуш дац.
817  Иштта дика болх бай, нехан бIаьрг хилийтахьа хьайна.
818  Иза муьлххачу йайчохь кхехкар йу.
819  Иштта, вуьштта чаккхе цхьаъ йу.
820  Иза иблисан ненаваша ву.
821  Ирсан цIога лаьцна гIайгIа йу, гIайгIанан цIоганал
        дехьа ирс ду.
822  Ирсо а белхабо ши бIаьрг.
823  Ирс нана йелахь а, цхьаволчунна-м и десте хуьлу.
824  Ирсо хьаьстинчунна гIайгIа ца йевза.
825  Ирс кхаьчначо къа хьошу.
826  Ирсан цхьа а Iадат дац.
827  Ирсо дегI нисдойту, гIайгIано хьовзадойту.
828  Иччархочунна дуьхьала ца кхетта ча ирс долуш йу, чена
        дуьхьала ца нисвелла иччархо а ирс долуш ву.
829  Ирс дерг цIергахь ца вогу йа хино ца хьо.
930  Ирсана тIе гIомат йоллалур йац.
831  Ирс маьрша олхазар ду, шена луучу охьа хуу.
832  Ирс даима къонахчуьнгахьа ду.
833  Ирс зен лиънарг долчух ваьлла.
834  Ирс, малх санна ду, делалой, къайла долу.
835  Ирсах ма теша – зуламах ма вола.
836  Йахь йоцу кIант лулахь хуьлачул, йахь йолчуьнан каш
        хилар тоьла лулахь.
837  Йала хьаьхна борз гу леккхачу йаьлла.
838  Йамартчу даго зулам кховдор ду.
839  Йокъанний, йочанний чIир ца хьейина.
840  Йайначу тIаьхьено дай хестор бу, къевеллачо дIадаьлларг
        дуьйцур ду.
841  Йогучу пешана гена вала, цо бага гIаттайахь вагор ву хьо.
842  ЙоIа шен дена аьллачу неIалто тIулгах гIум йо.
843  Йаа сискал хиллачу лайна шен да хьахош, хестош хаза ца
        хетта.
844  ЙалгIочу биллинчу чIеро хинан ойла ца йо.
845  ЙоIстеган майра ле, жерочуьнаниг  веха.
846  ЙоIа хазво, кIанта сий до.
847  ЙоьIан бераш шен кIентан берелла дукха деза.
848  Йай чуьра хьал чоьлпина дика хаьа.
849  ЙоI! Аьлла кIанта: «Хьан куралла аганан гIожа тIехь
        соцур йу, сан куралла динан букъ тIехь соцур йу».
850  ЙоргIачу говрана шед оьшу.
851  Йахь йолчу кIантана Даймохк бIов йу, кIиллошна каш ду.
852  ЙоьIан коч йоца йелахь, хьекъал кхин а доца ду.
853  Йа дIадала хIума дацахь, йа схьаэца таро йацахь, адаман
        цхьа сий ца хуьлу.
854  Йаьсса пхьегIа чIогIа йека.
855  Йахь йолчу даг чохь, хьагI хир йац.
856  Йайча базло хIуманан мах.
857  Йалта лаьттан хазалла, кхетам стеган хазалла.
858  Йохка-эцар лелочуьнгахь тIаранна чудотталла эхь ца
        хуьлу.
859  Йалта хиций, малхаций кхуьу, къонах – хьекъалций,
        деналлийций.
860  Йалта хих тешна ду, бер ненах тешна ду.
861  Йукъара хIума некъа йистехь боьгIна кхор санна хIума ду,
        стом а кхиале гаьннаш кегдеш.
862  Йалсамане кхаьчна эвлайаъ санна, ма паргIат лела хьо.
863  Йалта хьархочуьнан ду, жижиг таллархочуьнан ду.
864  Йуьхь гуш йацахь – чаккхе а гуш хир йац.
865  Йуьхьагах ма кхера, амма чаккхенахь ларло.
866  Йист йоцу хIорд бу гIайгIа.

К, КI, КХ, КЪ.
867  Кица кисана – дош дагана.
868  Къоламца йаздинаг – хадалац дагарца.
869  Къанбелла старо шен неI, белча, аттанна тIетаса аьлла.
870  КIеззиг дийцар кхачаме ду, дуккха дийцина цIе латочул.
871  Куьцехь дегI долу йоI массарна йезало, хаза зезаг
        хьалххехь схьадоккху.
872  Ког-куьг ца тIадош хи чуьра чIара лацалац.
873  Къиг тIейеъча къиг гIотту хьала, тIейеанчуьнца гIиллакх
        лелош.
874  Къиго ца йуу къиг.
875  Кега-мерса хIумнаш лехьадац, уьш Iенадеш леларш бацахь.
876  Кхес хадайарх бекъанах алаша ца хуьлу.
877  Къанваллац чухьежна куьзга а къанло.
878  Кханалера де ламел диэхьа дац.
879  КIорнина шен бенахь дерриг Iема.
880  Корта ца лезначунна, корта лазар хIун ду хаац.
881  Къийгашна йукъахь, бухIа санна, билгала ву хьо.
882  Корта хьаьвззинчу агIор, хьаьвза дег1.
883  Керла, бIаьрла бахам – лулахочунна бала.
884  Къанбеллачу аттана шен эса дукха деза.
885  Кица массо хIуманна тIехь накъост ду.
886  Кицанна кхайкхина кхел йац.
887  КIайчу куьйгашна  – нехан хьакъ деза.
888  Къийгана, ша санна къиг, геннара йевза.
889  Кхечу мехкан лечанах къиг олу.
890  КIаде хазаллица харжа, доттагI амалшца харжа.
891  Керлачу кхаа доттагал шира цхьаъ гIоли ву.
892  Котам дуьжуш вижа, нIаьна кхойкхуш гIатта.
893  Корта боцчуьнан – бIаьргех хи ца долу.
894  Кхаьлли, бай тIе ца кхуссу, кхаьлли тIе кхуссу.
895  Когара ши мача цIийза, бода бIаьргаш чу хьийза.
896  Къоналла кхерста ловзарца, къаналла гIайбеш тIе тийжа.
897  Къаночун хьекъал йа корта лазац.
898  Къеначу барзана хаьа шен зама дIайаьлий.
899  Къеначу пхьидо цхьаъ доцуш эрна «вакъ-вакъ» бохур дац.
900  Къена корта, къежбеллехь, дашо бу.
901  Куц лечанан делахь, болар къийган ду.
902  Къийгах цкъа леча хир дац.
903  КIайн духар тIехь хилча а, Iаьржа дог гуш хуьлу.
904  Кхиъна далазчу зезагах хеназа дезар дан ма гIерта.
905  Куьцехь  зудчуьга  хьоьжу, хьекъал долчуьнца веха.
906  КIант-м сан ву, амма хьекъал цуьнан шен ду.
907  Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу.
908  Куьпчичо кхабанан тIам шена луъучу туху.
909  Кха дагахь малх тоьла – цIа дагахь цIе тоьла.
910  КIохцал долуш дуьйна ира долу.
911  Къаьркъано, дагчу мел гулделларг, схьаIеттадойту.
912  Кхана нисдийр ду аьлла жIаьлин цIога нисдаза дисна.
913  Когахь Iоттаделла кIохцал санна, холча даьлла-кх хIара
        гIуллакх.
914  Кечбича хьокха хазло.
915  Къуйх стага дуйнашка волуш дуьйцур ду, кхахпа – зудчо
        йоьлхуш дуьйцур ду.
916  Котамна хIоаш санна, кегийрхой бу теша хIуна дагахь.
917  Котамо аьлла: «Ша кхаа кIиранах, дууш-молуш доцуш,
        луьйсуш даьккхинчу тевнех, кхиъча: меэх – эмгарш хили шена,
        наьнакIорнех – майранаш хили шена».
918  Кхоссало аьллачун ност ца йойна, кхоссавеллачуьнан ност
        йойна.
919  Къеггина малх хьаьжначу дийнахь, чиркх латабай де захало.
920  Къанвелларг къонлур вац – велларг ден лур вац.
921  Къайлах къайле доттагIчуьнга ма йийца, цунан хила тарло
        кхин  доттагI.
922  Куралла тIе говрахь йог1у – йуха гIаш йолу.
923  Котамо, цхьа буьйса бен йуй хIара бохуш, цхьана кога
        тIехь буьйсанаш йоху.
924  Къуйн Iедалан диканах цаларвелларг, вонах хьалха вер вац.
925  Къонахчун цIий  ду– бIаьргех леда хи а.
926  Кхоьллинчу Делехь йу кхел – долуш долчун хама бе,
        доцчунна са ма даа.
927  Къовзоргана оьгIаз ваханарг чена дуьхьала ца воьду.
928  Къенчу нехан мостагI, царах ца Iебаш волу, хьолада ву.
929  Къехойн ловзаргахь кхачанал сов хелхарш, эшарш, деса хабарш
        хуьлу.
930  Къенчу стеган дог паргIат хуьлу, наб дика кхета.
931  Къаьхьачул къаьха хуьлу молха.
932  Къен стаг йа лулахь, йа генахь дика вац: лулахь хилча,
        йоьхуш витац, генахь хилча, къоланна теба.
933  Куьйранна дукха хIума ца оьшу, хьан лулахь кхокхийн бен
        белахь.
934  Кериста стаг килсе вахар муха ду те хаьттича, моллас жоп
        ло: «ТIе-тIе-тIе!» АллахI оьгIазвахийтар ду-кх.
935  Кхокхано чIегIардиге аьлла: «Хьо бен лоьхуш делахь,
        оьздачу нехан кертахь бен бахь, оьзда дехар ду хьо, оьзда 
        боцчийн кертахь бен бахь, со санна, кIорнех, бенах а дер ду хьо».
936  Кхес буйнара йаьллехь, цIога ма лаца.
937  Комаьрша йеанчу гуьйрено дог токхен до.
938  Къевеллачу оьрсел декъаза хIума дац – къен хиларна дуьне
        дац цуьнан, керста хиларна эхарт дац цуьнан.
939  Кхело вина хилла, ваша хилар гIоли ду.
940  Кхаьллина йукъара наьна кхаьллех боьлла бен Iаш бац.
941  Къеначу дино къона бере ларво, къоначу берено къена дин
        ларбо.
942  Кертан Iуьргах дехьа баьккхина биъча, муьста берам тIе ца
        кхеташ ца буьсу.
943  Кхоьлина де Iуьйре хетта, лоха стаг жима хетта.
944  Кхаъ боцу кхерстар дахделла дац.
945  Къайлах тIедеанарг къу лаха доьду.
946  Къорачунна шена хеттарг хеза.
947  Когаш сецна борз йеккъа чалх йу.
948  Курачу стеган дикалла, ша ца вешачу стаге, ахча цадехар йу.
949  КIохцал ду эшначохь герз.
950  Къийвеллачу жуьгтийчо шира тепарш кегийна.
951  Кица йукъахь доцу къамел – чаьмза кхача бу.
952  Куй-м хир бара – иза лело корта белхьара.
953  Корматаллин бух – дика дешар, цунах г1ортор йеш пайдаэца
        хаар.
954  Къийган кIорнеш тIе чо балаза хиларна, Дала Iаьнан зама
        дIатеттина, бах.
955  Котамийн нIаьнин, цIоганан сакхт санна, меран дукъ а ду.
956  Кегийчу нахах цхьадерг лачкъаде – цаьрга шайн кийрахь
        къайле лачкъалур йац.
959  Кийрахь гIайгIа йелахь а, йуьхьдуьхьала велало.
960  Кхехкаш долчу хин Iаьнаро цIерпошта тоьттуш лелийна.
961  Кхаьлли тIейаьлла хьажгIабакх чаьмза хуьлу.
962  Котамо хьехнарг – наьно дIаолу.
963  Къоьллин Iуьргаш дIадукъа дукха йоманаш оьшу.
964  Къакъин коьртахь кхакхан куй бу.
 965 Кхераделла экха гена долу.
966  Кепеко сом дийна латтадо, ткъа соьмо корта бошу.
967  Кепекан хама ца бечуьнан, сом мах бац.
968  Корехула дерриг дуьне чутакхалур дац.
969  Къоналло къа хьоьгу – къаналло хьекъал ло.
970  Къанойн хьекъалах пайда эцахь, корта лозур бац.
971  Къена борз йуьрта чу хьаьвзар йац.
972  Къанйелла хенакIур бенахь лоцур йац.
973  Къеначунна беш болу хьехам, эрна бага йеттар ду.
974  Къеначу газанан маIаш чIогIа хуьлу.
975  КIониг дарба ду – мерзаниг ун ду.
976  Кхиэрахь, ца кхиэрахь а Iажалла неIаргахь йу.
977  Къуьно лачкъийна эппаз долчу дена сом ду.
978  Куьг бехкечунна массара шех лаьцна дуьйцу моьтта.
979  КIеззиг долчу хIумано дукхахьолахь коьртах воккху.
980  Ковсат даьккхича бен, дечиган хьал девзар дац.
981  Къорачунна массо да ша вуьйцуш ву моьтта.
982  Кхехккалц сатоьхнехь – шелйаллалц тоха са.
983  Кхел кхайкхиначул тIаьхьа, велхар эрна ду, ловзар
        дирзинчул тIаьхьа, хелхавийлар санна.
984  Къоллица-м, хала делахь, вахалора, харцонах воьларг
        хIаллак хуьлу.
985  Керта гIертарг гIайгIа йац, кертара дIацайоьдург йу.
986  Кхоьлинчу дагна – хIора де бодане ду.
987  Къуй заманца эвхьаза бовлу, набахтехь ца ларбахь.
988  КIаде доца хадийнехь – коч а йоца тоьгур йу.
989  Кхана кхунах котам хир йелахь, тахана хIоа ца дууш, меца
        Iайла йац.
990  Кетарал коч дегIана герга йу.
991  Кан даьлла жIаьла бIаьста кенах туьлу.
992  Кхиийра ас кIант, стаг хир ву бохуш, ткъа цо со кхобу, маца
        лийр ву техьа бохуш.
993  КIант харцахьара хиларх цец ма вала – цуьнан дех хиллера
        нахана бала.
994  Кховдочу кхоэ дог дахар – эхь дайна вахар.
995  Кхочуш дийр дацахь – дош ма ло, тешам боцчуьнга – куьг ма
        ло.
996  Карзах ма вийла, долчунна дог ма къийла.
997  Къонахчуьнца араваьлла стаг шен Iалашоне кхочу,
        кIиллоца нисвелларг гуро лоцу.
998  Къамел дан хаьа – мотт сацон хаьа.
999  Кхо тIехь шершина ког ша йаттIал дIабоьду.
1000  Керлачу кIудал чохь хи шийло хетта.
1001  Кица меттан самукъанен молха ду.
1002  Керла долуш духар ларде – жимчохь дуьйна сий ларде.
1003  Кхерам, сингаттам а Iилмано дIатотту.
1004  Кица Iаьнан чиллахь гIора ца до – аьхкенан чиллахь лала ца
          лела.
1005  Къуьнан дарж, цхьана заманахь дIалацанза, маьрша дисна
          дац.
1006  Кемсан хорхано кхо чам бан тарло: цхьаъ – синкъераман,          
          шолгIа – корта бахоран, кхозлагIниг – зулам долоран.
1007  Къаьркъано вахийча, милла ша-шен долара волу.
1008  Кхерадаларан хьалхе ненан дагца йу.
1009  Кхераме, дегIана тоьхна хьацар дац – кхераме, цуьнца долу
          дагар ду.
1010  Кху дуьненан хьоло ирсе кхачийнарг доккха жоьпаллехь
          ву.
1011  КIеза санна, хьесталург – къена зуд санна, тешха хуьлу.
1012  Къонахий, осалниш а муьлххачу къомах бовлу.
1014  КIамйеллачу метте хьокхуш йу мIара.
1015  Кагделлачу секхаIодах шиъ кхийрина: долу да, дуьхьала
          нисвелларг.
1016  Къийге зарзаран йиш лакхалур йац – вир лоьмах Iахалур
          йац.
1017  КIоранна тIе кIурз хьекха эшац.
1018  КIайн ло хьоьшу – кIорал Iаьржа воьта дуу.
1019  Коча жовхIарш оьхкича, хьакха цIунала йоьду.
1020  КIиранаш, бетнаш, шераш дIаоьху цхьана хIуманах таса
          ца луш.
1021  Кхо бIе шарахь йахахь, къиг къиг йу.
1022  Къежвалар-м иэхье дац – хьекъале цавар ду-кх иэхье.
1023  Кхачор доцуш эхь ду цуьнгахь.
1024  Къинхетам боцург сийлахь хуьлийла дац.
1025  Карахь хилларг, пIелгашна йуккъехула чекхдолий, дов-кх.
1026  Кхаж балар, цабалар Дала ма нисдарра ду.
1027  Комаьрша важаралла хьолаллелла тоьлаш ду.
1028  Комаьрша доттагI гергарчу нахал гIоли ву.
1029  Къоналлехь хилла безаман некъаш диц ца ло.
1030  Къолам йоккха хIума йац, амма цуьца дийна жайна йазло.
1031  Къанваллалц ма Iамаде – валлалалц Iамаде.
1032  Къоламо тур ца артдо – туьро къолам ца артбо.
1033  Кхетамбоцург Iамавар – бух боцу шелиг дуза гIертар ду.
1034  Къамело некъ бацбо, некъахойн са доькъу.
1035  Къамел де – къийса ма ло, къийсалахь – тIех ма вала.
1036  Къамел дар гIайгIа йелахь – вист цахилар кхин а хала ду.
1937  Къайлаха дийцинарг дуьне мел ду даьржа.
1038  КIа-кIир ди ахь, мошано санна.
1039  Къегана дош харц хуьлийла йац.
1040  Къамелдийриг хIу тосуш ву, ладугIушверг лахьош ву.
1041  Кица тIех ца долу.
1042  Кицанна дегабаам ца бо.
1043  Кицанал хаза хуьлу дош.
1044  Кицанхо валур вац йа велур вац – иза халкъан лар хиларна.
1045  Къена кица бIе шерашкахь деха ца довш.
1046  Корта баьккхича, ка тоьхна месех.
1047  Комаьршалла йоцчохь – бакъдерг кIезиг лела.
1048  Керла ирс лаха – шираниг Iалашде.
1049  Кхетам боцчунна – Iилма ца деза.
1050  Котамна шен сахьт хаьа.
1051  Кхеравелча хиндерг – кхера ца велча а хир ду.

Л
1052  Лам лур бара ша хьуна, аьлла кIанта йоьIе – схьаэца
          хаахьара.
1053  Лекха шалха гу тоьла, ши йуьхь йолчу стагал.
1054  Лаца ма лаца дадин маж – лаьнехь дIа ма хеца.
1055  Лай тIе кхоьссина хIума санна, билгала хуьлу хьан
           белхаш.
1056  Лаьттана кхаьлли йеза – говрана хIоъ беза.
1057  Лулахо ларвар – цуьнца чу-каре хилар ду.
1058  Лулахочух вадалур а вац, хьан дерг къайла а дер дац,
          цундела  цуьнца мага веза
1059  Локкхарг чуьра кIорни дер дац.
1060  Лекхначу эшаре хьаьжжина, мах хадабо.
1061  ЛадегIначу нело хьаьжкIаш ца йиъна.
1062  Ламанан баххьашкара дохк довр дац – ханалчу даг тIера
           безам а бовр бац.
1063  Ленволу дархо сахуьлуьнга ма валийла – ца доьгIна
           рицкъа кара ма догIийла.
1064  Лам тIехь эса дисинчу атто аренца маша дина дац.
1065  Лоьман цIога лацале, цуьнан багарчу цергашка хьажа.
1066  Лай шен дегIаца оьздангалла йоцург ву.
1067  Лом кхераме ду – маймал беламе ду.
1068 Лом набарха цадаккхар гIоли ду.
1069  Лекхачу берда йистехь хелхавийлина стаг – ваставелча
           бердаха вахана карийна.
1070  Лекхачу попана хьоькху мох ца иэшна – жерочунна олу дош
          ца иэшна.
1071  Ламанца бен ца долу леча.
1072  Луьйтане бирзина ког кха тIе берза тигац – шеде дирзина
          куьг целе дерза тигац.
1073  ЛадогIа хууш волчунна, хеттарш доцуш, дуккха хIума
          гIучудолу.
1074  Лергах ка тоьхна – пхьид лоцур йац.
1075  Лекхачу дегIан сий когаш кIел ду.
1076  Ларам даггара болчохь – нийсо лаьтта, безам болчохь
          – марзо лаьтта.
1077  Лаьтто кхиийнарг лаьттахь дуьсур ду – наха кхиийнарг
           нахехь дуьсу.
1078  Леташ велахь лата веза, ГIеза-Хьажин газа санна.
1079  Лаьттана ка хьекхахь – деши карор ду.
1080  Лата къена ву – вала къона ву.
1081  Латар кIезашха долуш – доккха жIаьла хилла хьо-м.
1082  Лакха мел вели, дуккха гур ду хьуна.
1083  Лергинарг йаьшна йац – йаьшнарг тилийна йац.
1084  Лечано мозий ца лоьцу – иза ижуна тиэба.
1085  Лечанах леча долу – къийгах къиг йолу.
1086  Лергашна тIехьа ша-шена мотт хьакхалур бац.
1087  Лаьмнашкахь йоккхстаг кха шарахь йелхарх –
          лаьмнашна хIумма ца хиъна.

М
1088  Ма леха бахам – Iилма лаха, дика-м ший а лехча ду.
1089  Машар безнарг паргIат ваьлла – дов дезнарг хIаллак
          хилла.
1090  Массо хIуманал мерзаниг хьанал къахьегар ду.
 1091  МаIаш йоцу сту, маIаш лаха бахча, лергаш дайна бисна.
1092  Мах ца белча, жIов айа хала ду балхахь.
1093  МостагIчух ма теша – хьоьца йолу хьагI лачкъо хаьа
          цунна.
1094  Ма къийса гIиллакх доцчуьнца хIумма – цуьнан кхетам
          бу хьуна, массо хIуманна тIехь хьол тола.
1095  Массо хьаша ца кхета цIа дика хиларх.
1096  Мох боцуш гIа лестар дац – гIайгIа йоцуш бIаьрг боьлхур
          бац.
 1097  Морза сагIа дац, ча докъар дац, пхьид олхазар дац, вир
           даьхни дац, хьо адам дац.
1098  Мотт маргIал лебеш – кIел хи дуьллу оцу тайпанчо.
1099  Ма ле хьайн хьешана – хьайн йуьхь ма гойту ахь.
1100  Ма кхоайе вогIучу хьешана сискал – керта богIучу
          некъа къух дала ца лаахь.
1101  Мокхаз бохо лаахь, газанан цIий хьакха, 800 шо хьалха
          аьлла.
1102  Матто гена кхачаво.
1103  Моллин церг йелало – т1евеанарг кисана кхевдича.
1104  Мацалло аз гучу доккху.
1105  Ма деладе дог – изза дог цуьнаниг ма ду.
1106  Маьршачунна – маршо, некъахочунна – некъ.
1107  Мичахь вара? ДоттагI волчохь. ХIун лелийра? Хи
          мийлира. Иза гIоли ду хьуна, ца везачуьнца моз дуучул!
1108  Ма кхера хьекъалдолчу мостагIчух – кхера сонтачу
          доттагIчух.
1109  Мозанна тIаьхьа ца волу, когара ши мача йоккхий.
1110  Мацалло гатво – дахаро хьийзаво.
1111  Малар ца доьлху ша меллачунна йеттарх.
1112  Мезашна оьгIаз ваханчо шен кетар йагийна.
1113  Массо дешан чаккхене ла догIа.
1114  Маьрйиша несан нийса накъост йу.
1115  Моз долчохь мозий гулло.
 1116  МаIаш йоцчу стеран вортанна тIехь дукъ ца соцу.
1117  Майрачулла майраниг, захалчулла хазаниг нислур ву.
1118  Мало – хало, собар – кхетам.
1119  Марха йоцуш догIа хир дац.
1120  Меца лаьттина пис йуьзча, нахана бале йолу.
1121  МостагI иэшон лууш велахь, цунна мотоцикал эца, аьлла
          жуьгтичо.
1122  Могашаллин мах бац – цамгаран мах боккха бу.
1123  Мел буьйса йахйаларх – де ца кхочуш дуьсур дац.
1124  Маларо вахийнарг-м Iуьйренца саметта вагIара –
          Iовдалниг метта вогIур вац цкъа.
1125  Мекарло цхьогалан дахаран коьрта герз ду.
1126  Мел хьекъал делахь, эхь доцург – ийманехь хир вац.
1127  Массо бугIа эсанах кхуьуш йу.
1128  Мохь мел лов, букъах шед алсам кхета.
1129  Мачаша вуьгу маьхкаршна тIе.
1130  Муш хадош йеддачу виро дуьрста т1ехь йайина.
1131  Муьлхха пIелг це тоьхча лазабо.
1132  Массеран дахаран чаккхе марчо ду.
1133  Майра ларвечу зудчо дахар лакха доккху – шен долчух
          воккху.
1134  Мангало аьлла, бах: «Ша къонахчуьнан герз ду».
1135  Мел говзачу лоьро шех цамгар хьакхайелча, кхечу лоьре
          орца олу.
1136  МаIа йойна, чIамара йетт санна, билгала ву и.
1137  МостагIчуьнгахь товш доцчо, доттагIах мостагI во.
1138  Мискачуьнан хатI къинхетаме сатуьйсуш хуьлу.
1139  Мискачу нехан цхьа барт бийриг церан мискалла йу.
1140  «Ма дахьара!» – говза бохуш, вониг марздо цхьаболчара.
1141  Мел хьистича, херсех хьакха бен ца хуьлу.
1142  Мекхо диъна тиша лан сов хьоме хуьлу.
1143  МостагIчунна ирс тIедирзинехь, цул тIамца тоьлар вац.
1144  Меза когашкара болу коьрте.
1145  Мотт баьстина бу, ког бихкина бу.
1146  Мангала вахана атагIойн Салман санна, велла дIавели
          хьо-м.
1147  Мангало-м борз хьуьнхара лоллу.
1148  Меца борз дуьзначу жIаьлелла майра хуьлу.
 1149  Маж шортта йу – дог буйннал ду.
1150  Моллелла чIогIа ма кхера шайтIанах.
1151  Макхана кхел санна, ма терса.
1152  Массо бехкен ван воьлча, цхьа жоьпалла ца хуьлу.
1153  Мел дIаса хьийзадарх жIаьлин цIога нис ца ло.
1154  Массо хIума чо шера дац.
1155  Массара шайн цIоканаш ларйо: старо маIашца, говро
          цингашца.
1156  Мозанан лорах ваханчунна моз карор ду, къийган лорах
          ваханчунна боьхалла карор йу.
1157  Мох сацалур бац– бакъдерг лачкъалур дац.
1158  Макхо эчиг дуу – гIайгIано дог дуу.
1159  Мерзан пондар кийча белахь – олу илли гергахь ду.
1160  Массо йуьхь шен-шен могIане дIанисло.
1161  Ма хьийза вохий, бIаьсте тIе ма йеъана, нитташ боьхкина,
          хьан декхар дIалур ду вай.
1162  Массо хIума нийса ду, амма ши мекх дукха хьаьвзина.
1163  Ма кхийса геннара дера дешнаш, уьш чоччамел башха ца
          хьакхлуш  т1ехтилац.
1164  Малх схьакхетар хаза хуьлу, дIабузар мухха хилахь.
1165  Ма луъу ца хилча – ма торру.
1166  Маттаца мангал хьоькхучуьнан – букъ ца лозу.
1167  Мел къегаш долу хIума – деши ма дац.
1168  Моллин маж-м тахана бераша ма лелайо.
1169  Малх лаьттачу агорхьа ломахь даима йалта дийна.
1170  Мох болчу дийнахь ло тешна шен мехаллех.
1171  Ма белхабе нехан бIаьрг – церан ловзар долуш, хьан тезет
          хила тарло.
1172  Ма-дарра дийцинчун кIант – зуда йоцуш висна.
1173  Моллано, ша ца дахь, диканиг Iамадо.
1174  Муш беха – хабар доца тов.
1175  Могаш волуш болх бар тоьла, балхана мукъа воккхучу
          кехатал.
1176  Майрачо деналла гойту.
1177  Мацалло хьавзийначу жIеIуьно – кисанахь даIахк лехна.
1178  Мехкан доцчу иэро ижу лоцур дац.
1179  Машар бан некъ болуш – дов дохьаш чу ма вола.
1180  Маьхза бахам тIебогIуш велахь, дIа бер бу кхоъамаза,
          дезар ца деш.
1181  Меца стаг гIайгIане хир ву – сонта стаг леташ хир ву.
1182  Мачаша куьйлу ког Iазапехь хир бу – дерачу стаге маре
          нисйелла  зуда Iазапехь хир йу.
1183  Марханийн тIаьхье – догIанаш, догIнийн тIаьхье – йалта
          кхиар.
1184  Маршо лахь, деш дерг г1о ду.
1185  Марзделларг дита хала ду – доьжна сий айар цул а хала ду.
1186  Меттах ца хьейина алу овкъарш кIел лаьтта.
1187  Мел бехачу муьшан цкъа чаккхе хила йеза.
1188  Муьлх-муьлхха йиш чекхйаллалц локхуш йац.
1189  Мел бехказа вийларх а, иэхьана бехказа валалур вац.
1190  Мерзачу доттагIчунна готанах баьккхина дин белла.
1191  Мекха гота йац – накъост доттагI вац.
1192  Малхо дуьне къагадо, Iилмано къагаво стаг.
1193  Мекханал атта бу къолам.
1194  Мохо лам бохабо – дашо адам гIаттадо.
1195  Мотт бахьанехь хийла батт оту.
1196  Мотт толлан гIа ду, муьлххачу хенан хIоттамехь шабар-
          шибар деш.
1197  Маттаца жарж барх – дечиг этIар дац йа букъе ан
          оьккхур дац.

Н
1198  Нехан хьаьвди тIехь дин ма барстабе – бехачу новкъахь
          куралла ма лелайе.
1199  Нехан динара хотталахь вуссу.
1200  Некъан йорт идайарх вужу бере вац иза.
1201  Нехан текха тIехь дажа Iеминехь, цициг сихха пис дулу.
1202  Нахана йукъахь шайх – цIахь – жIаьла.
1203  Нехан бага хьан цIийнан неI йац – иза д1акъовла лур йац.
1204  Нехан диканца бIаьрг бузур бац.
1205  Нанас, ден нанас хестош йолу йоI дика йу.
1206  Нахана хIоаш деш – суна «вакI-вакI-м» бохур дац  ахь.
1207  Нанна хьаж тIехь сетт хилча, бекъа шайерриг къорза
          хилла.
1208  Нислахь зуда – ца нислахь хIушт.
1209  Нахана даьккхина ор чу ша вужу.
1210  Нана дIакхелхича, беран даг тIера зезаг дужу.
1211  Нехан дагтIера вожарал вон хIумма дац.
1212  Нахе ла цадоьгIнарг – нахах ваьлла.
1213  Нах лийринарг – наха лийрина.
1214  Нагахь кIанта маж лелайахь, дас шен маж йаша йеза.
1215  Нахе болу безам хьан тIемаш ду, цара лакха ойу.
1216  Набахтина чувоьду ков шуьйра хуьлу, йуха араволу ков
          гота хуьлу.
1217  Нехан киснара бохча дассало, ткъа кийрара бохча
          дассалац.
1218  Нагахь ахь хеттарш дуккха дахь, хьуна аьшпаш шортта
          хезар бу.
1219  Нахера хьекъале ма хьежа йа нехан хьекъалца хьайниг ма
          нисде.
1220  Наха пешара цIе йаьхьнера аьлла, къевелла стагга вац.
1221  Нехан зудчун дагтIе боьду некъ, махьшаре боьдуш бу.
1222  Наха кIа дилича, къийго з1ок ц1анйина.
1223  Нахе жоп доьхучул, шега хьалха дехар гIоли ду.
1224  Ненан голаш тIехь бер сиха кхуьу.
1225  Нагахь хьан кир мехе долуш делахь, и дохкар хьалха даккха.
1226  Нанна улло хьийзинчу кIантах, текхан божа хуьлу,
          йуьртан пхьоьхана хийзинчу кIантах, къонах хуьлу.
1227  Наха хестийна газа берзан бага йахана.
1228  Нана йоцчу берана хьу атта кхета.
1229  Нехан дикачул шен Iавдал голи ву.
1230  Нехан Iавдал беламе ву – шениг – эхь ду.
1231  Нехан букъ – тешаме ага дац.
1232  Нах бевзачо нахах лаьцна къамел до – цабевзачо шен цIа
          дуьйцу.
1233  Наха аьшпаш боттар ца дезахь – айхьа уьш ма ботта.
1234  Нахана тIе деана эхь беламе ду – шена тIе деанарг валар
          ду.
1235  Нехан диканан лежиг эца тIаьхьа ма вала.
1236  Нехан Iавдалшка ма хьежа – шайн Iавдалчу
          зудчуьнан тергам бе.
1237  Нехан герзе хьоьжу бIаьрза.
1238  Нахана йукъахь товш воцург – шен меттахь-м ву товш.
1239  Ненан шура йиъча, хьох адам хир ду моттара, ткъа хьох-м
          виран  бекъа хили.
1240  Нагахь кхерахь ма ала – аьллехь ма кхера.
1241  Нагахь урам шуьйра бацахь, Iавдалчух ларлолахь.
1242  Нахах диснарг молуш йолчу зудчух – тешаме зуда хир йац.
1243  Нехан гIайбане безам болчу зудчух – тешаме зуда хир йац.
1244  Нека Iама луург хи чу вала веза.
1245  Нохчочо, хIара хьуна мичара йаьлла, ца алахьара, х1ума йала
          хала ма дацара.
1246  Накъосте дийцинарг – некъахь дисина.
1247  Нахаца къамеле ца волуш ма Iе – дегабаам сонта некъ бу.
1248  Нах-м чемхалдигах дукъо дан гIоьрта.
1249  Нисса дIавахнарг – Iинчу вахана.
1250  Нохчочо харц дерг дуьйцур дац – харц дерг дуьйцург йа нохчо,         
          йа къонах вац.
1251  Некъана кхача алссам эца – веанчу хьешана куьг дIахеца.
1252  Нана йолчу беран дог дуьзна – нана йоцчу беран бIаьрг хих
          буьзна.
1253  Наб йича бIаьргашна пайда – кхача биъча хьуна пайда.
1254  Нахах веддарг хьоьгур ву – махках веддарг воьлхур ву.
1255  Ницкъана тIетовжар цхьана денна – хьекъална тIетовжар
          гуттаренна.
1256  Накхарийн доьзалахь вончу элано йоху йеккъа жуккарш.
1257  Нагахь вай жIаьлина мотт Iамабахь, тIаьххьарчу
          накъостах девр ду.
1258  Нагахь хьо жIов йан ваханехь, хьостам ма бицбе.
1259  Нагахь хьайн мостагI велахь – иза хьлххе гIаттий ве.
1260  Ницкъ болуш хилар дика ду, амма хьекъал долуш хилар
          шозза тоьлаш ду.
1261  Накхармозана тIаьхьа хIоттахь, моз карор ду хьуна –
          чхьаьврагна тIаьхьа хIоттахь, пхьаж карор бу хьуна.
1262  Набкхеттачу цхьогало гIенах т1ехь котамаш йагарйо, ткъа
          жIаьло, даьIхк гуш, цIога лестадо.
1263  Наха аьшпаш боьттича, вай бакъдерг ца эли.
1264  Набарх – бакъдерг дуьйцу, ткъа самах – харц лоь.
1265  Наха буттучу аьшпех ца вашахь, айхьа ма ботта.
1266  Нохчамахкахошна йусайала, гIоьртина пхьид – иккхина.
1267  Нитт гIорош бацахьара, цо массо адам Iавжор дара.
1268  Нитто санна, Iовжа ца вахь, зуьно санна, кIохцал-м
          Iуьтту ахь.
1269  Нехан ирсана тIе хаалур вац моза хилла.
1270  Нехан гIайгIанан декъа вахар – ах гIайгIане вахар ду.
1271  Нахана тIе йоьссина гIайгIа куьйгашца дIасанисйир
          йара ас, ткъа сайчунна-м хьекъал ца кхочу.
1272  Накъостий-м дуккха бара – доттагI вац-кх.
1273  Накъосташка терра дахар хир ду.
1274  Накъостий мелла тIегулбе – ден доттагIийн сий де.
1275  Накъостий боцург орам бакъабелла дитт ду.
1276  Нах хьо вовза кхиале – хьан мотт айкхбели.

О, Оь
1277  ОьгIазлонах ма кхера – зударийн хабарна тIе ма товжа.
1278  Ойла йе мелла сиха, г1уллакхна каде  хилархьама.
1279  Ойла ца йеш динарг – гIайгIа йоцуш дирзина дац.
1280  Олхазар месашца, адам Iилманца ду хаза.
1281  Ойлане, коьрта чохь, буьйса йаккхийта йеза.
1282  Ойла ца йеш дийца волахь – хьайн маттана чабол 1амор йу
          ахь.
1283  Охуш аьлларг – оруш карийна.
1284  Охахиънарг тасалур вац – вист цахилларг галвер вац.
1285  Оьмарний, Iажаллиний йуккъехь цхьа мурст йу – цхьанне
          ца хаьа ша маца лийр ву.
1286  Осала, челакх, стаг волчарна питана, бала оьшур дац.
1287  Оццул шена хьал-бахам безаш хилча, шен бахамна
          тIе бертала воьжна Iан веза.
1288  Обаргийн йурт ца хила, къуйн бахам ца хилла вайн зама тIе 
          йале.
1289  Олхазаршна тIемаш деза – адмашна хьекъал деза.
1290  Олхазар тIема даьлча девза – дин боларехь бевза.
1291  Ондачу хьакхин муцIаро некъа йуккъера IаьIанан орам
          баьккхина.
1292  Озий муш, озий муш – эххара хеди иза, уьйзург аркъала
          кхеташ.
1293  Оьзда бугIа даима йуьзна хуьлу.
1294  Оццул ас схьагIерташ къахьегча, сагIа ца лун дара аша,
          аьлла сагIадохурго ламанхошка.
1295  Оьшучу, ца оьшучу дIадиттича, дош а артло.
1296  Ойла шерашкахь лаьтташ йу – Iажалла тIекхевддина Iаш йу.
1297  ОьгIазло тIема йолий тIейогIу – текхаш дIайоьду.
1298  ОьгIазло тийна, йижина Iалац.
1299  Олхазаран зIакарал ира, доца кица хуьлу.
1300  Ойлане самах  хьийзаш дерг – гIенах дуьхьала туьйсу.

П, ПI
1301  Пхьагал дуьххьара тIекхаьчначу таллархочо йоь.
1302  Поп къена хиларх – орамаш къона ду.
1303  Палс ма-ббу хеца когаш.
1304  Пхьегина чохь йерг бен Iенар йац.
1305  Путех гIала йоттина йац.
1306  Палс алале – тIуьйлиг аьлла.
1307  ПаргIат йахана ворда лам тIе хьала йаьлла.
1308  Пхьере терра хуьлу цуьнан болх а.
1309  Пхий пIелг багахь цхьаьна цуббойла йац – кхоъ цуббай, шиъ
          нахана бита.
1310  Пенси йахана баба йоI йолчу балха хIоьттина.
1311  Пхьуьйра хан  –тийналла, къоначу нехан доттагI йу.
1312  Паччахьана магийнарг – бежаIуьнна дихкина.
1313  Паччахьна герга верг – Iажална гергахь ву.
1314  Пальто йуьйхинарг ас ца йалайо – гIабали йоьхнарг соьга
          ца йогIу.
1315  Пхьоьханахь худар кегадо цIахь туьха доцчара.
1316  Пурха горгам хьакхалахь – чIепалг схьадаьлла.
1317  ПаргIат догIу хи бердашна тIедолу.
1318  Петабухехь йелахь вирахь говр ца хуьлу.
1319  Поп, хадош, товжийначу агIор охьакхета.
1320  ПIелг бен ца лазийнехь, лазар деригге дегIе кхочу.
1321  ПIенда санна, нислур йоцуш йу хьан амал.
1322  ПIендарш кегдинчуьнан садаIар хала хуьлу.

С
1323  Сискало вузийнарг дийнахь, буса токх лаьтта.
1324  Сонта къамел, мохана дуьхьала кхоьссина, чан йу.
1325  Сонта къамело батт отуьйту.
1326  Сарралц-сахиллалц дийцина схьалаца корта боцу хIумма
         
1327  Селхенна тIаьхьа кхуьур вац – кханенга волий хаац.
1328  СовгIатна беллачу динна бага ца хьоьжу.
1329  Сера ма хуьлийла вайх, ца дезачу котамна кIел диллина.
1330  Со ца гучийн ши бIаьрг балийла бохуш, ма лела.
1331  Сагатдаро са диъна – собаро лам биъна.
1332  Собаро тIулг а оту.
1333  Со йай чуьра худар кеда дуьллуш волу – хьо и хIун
          йу хьоьжу.
1334  Сурхана дестар иккхича гIоле хуьлу.
1335  СагIадоьхург велахь, шен йуьртахо гIоли ву.
1336  Са боцуш цIа далур дац.
1337  Суьде ваха когаш, кисана ваха куьйгаш оьшу.
1338  Сеттийча а, тал ирхдоьдуш кхуьу.
1339  Сий доцчуьнан а хуьлу Iотта маIа.
1340 Сиха дов ца долу, цул тIаьхьа сихха салам ца ло.
1341  Стоьмех лаьцна дуьйцу – заз гина доцуш.
1342  Села а Сатина тIаьхьа идда.
1343  СовгIат дац деза – безамца ларам  бу беза.
1344  Со кхокха санна ву хьуна – хьо куьйра санна суна.
1345  Саттабе сара сатталучу кепехь – кхетаве доьзалхо
          ладугIучу кепехь.
1346  Сан диканций бойна сан пIенда.
1347  Саьмарсекхан кIолла хьажцIа баьхчи ца йайна.
1348  Стиглахь марха йоцуш догIа доьлхур дац – дагчохь бала
          боцуш бIаьрг боьлхур бац.
1349  Сту бели – жижиг, ворда йуьйхи – дечиг.
1350  Собаро – лам биъна, сихалло – са диъна.
1351  Стеган дагара матто схьадуьйцу.
1352  Сонтачу стеган хьекъал вист цахилар ду.
1353  Сонтачу стага, шен хьал тоделча, ши зуда йалайо, хьекъал
          долчо – шен дахар тодо.
1354  Схьа тохаре терра дIа а туху.
1355  Саьмарсекх биъначуьнан багара хьожа йогIу.
1356  Сан ког мачано мел къуьйлу, суна бен ***йла йац.
1357  Суна ма вевза хьо, лиэкъана бад санна.
1358  Сонтачу забарх зулам долу.
1359  Стаг волчу стага салам лур ду, стаг воцчо – корта таIор бу.
1360  Старо аьлла, атто дина эса, йетт болчу ден хуьлуш ду.
1361  Стагах цо лехнарг хуьлу.
1362  Сарралц динарг сарахь ДаьнчIас дохийна.
1363  Сонтачуьнца дика лоьхучул, хьекъал долчуьнца валар
          гIоли ду.
1364  Стагана маршо йеза – олхазарна тIам беза.
1365  Сонтачу стеган махарчий хуьлу.
1366  Сан къоналла къанйелча, гонахарчу дахаро заза доккху.
1367  Сан ц1е йаьккхича, старана цIен бехчалг гича санна, хетта
          цхьаболчарна.
1368  Сискал кхоор накъост цавезар ду.
1369  Схьаэца хууш санна, дIайала хаа деза х1ума.
1370  Сан хьекъал ирдан гIерташ, нехан хьекал арт ма де.
1371  Стага ша шен бехдина сий, хи чохь мел диттарх цIанлур
          дац.
1372  Сихочу новкъа хьо ваьллехь, собарца некъан тидам бе.
1373  Сел ирча йолу хьо, майрчо чу муха йуьту, сел хаза йолу
          Хьо, маре хIунда ца йуьгу?
1374  Сиха ойла, говр санна, йухаоза хьо гуора вахале.
1375  Сан велхарна гIайгIа йолуш верас вац сан, сан гIайгIа-
          бала листа доттагI вац сан.
1376  Сих доцург дегIехь ца тов.
1377  Сий доцчу бIаьрго стаг коша вохуьйту, эмкал йай чу
          йохуьйту.
1378  Сакхат доцуш доттагI лехнарг накъост воцуш висина.
1379  Сахиллалц хиъна-м Iийр ву со, буьйса йоккхуш-м Iийра
          вац.
1380  «Са хилахь, ца хилахь вайн гIуллакх шен хеннахь кхайкхар
          ду»,– аьлла борг1ало.
1381  Со лакха ма ваха, лаха охьа ма таса.
1382  СагIанан куц дац – луш йолчух чекхъхьежац.
1383  Сийдацар мажо ца хьулдо.
1384  Сий доьжна, нехан бIаьрг бодучул – валар гIоли ду.
1385  Стундена сий деза, невцана катохар деза, бежнаш
          долчуьнан бIаьргаш къиэрза.
1386  Сан майра ву Хушума – Дала и саннарг ма лойла шуна.
1387  Стаг волчу стеган массо хIума товш хила деза:
          куц – сибат,  духар, синкуьзга, ойланаш а.
1388  Салаз хехка тIера волчо – иза гух хьала йаха йеза.
1389  Суьйре-м марша йара, амма пхьуьйренан напха цициго
          диъна-кх.
1390  Сих ма ло, Бай-Iела, кхочур йу рагI хьуна тIе.
1391  Сих лур дац – диц лур дац.
1392  Стенна вуог1авелла хьо, худар чохь Iайг санна, ира?
1393  Стаг, шен мах хадош санна, нахах вешаш хила веза.
1394  Сесанахь догIа доьлху – Гуьмсехь стигал къекъа.
1395  Стага ша хино хьуш хилча, лаьхьанах катуху.
1396  Сом кховдийна сакъийринчо дисина ши шай йуха дехна.
1397  Сарралц дийцинчух жамI дан хIумма дац.
1398  СовгIат лур ду аьлла дош лучул, лерган агIо йохйайтар
          тоьла.
1399  Собарца ладогIа хуучунна тIедогIу ирс.
1400  Стуннана йоьду хьер йац Iажалла.
1401  Сискало доттагIий дебабо – бакъ леро мостагIий алсам
          боху.
1402  Стеган терзанан барам цуьнан оьздангалле хьаьжжина
          уьду.
1403  Синтар доьгIча, стом кхуьур бу – безам болчу, нах гуллур
          бу.
1404  Стаг дашца лаца – бежана муьшца лаца.
1405  Стом дитте терра – дош хьекъале терра.
1406  Селхана чIогIа эхь хетийти суна, амма иза мила вара
          дага-м ца догу.
1407  Собаро сий айдо, сихалло – лахдо.
1408  Сонта бага дукха гIеттийча, бага моза оьккху.
1409  Сий лахдо машар тIеиэца мегар ду, ша гIоралле валлалц.
1410  Сий дойу машар бечул, летта валар гIоли ду.
1411  Стага шина шарахь мотт Iамабо, цул тIаьхьа ладугIу.
1412  Суьйрана хадабо дийнан мах.
1413  Суьйранна йиначу дикачу ойланца Iуьйранна балхана
          тIевоьрзу.
1414  СагIин барам йа бустам бац.
1415  Сий дайна вахар – валарал гIоли дац.
1416  Са минотана йу, цIарна-цIейахар бIе шерашна ду.
1417  Сий жимчохь дуьйна Iалашде, ткъа бедар керла йолуш
         дуьйна.
1418  Сий ца дожо – коьртах вала мегар ду.
1419  Сискал йезахь а – сий лар дан гIорта.
1420  Сий а сий дац – хьешана йала сискал йацахь.
1421  Сий чона тIехь кхозуш ду – дожахь муьшца тIеуозалац.
1422  Сий бахьанехь хьекъал кхоллало.
1423  Сий дайна ирс – Iуьрг даьлла пхьегIа.
1424  Стом латочу диттах тера ву хьехархо.
 
                Т, ТI
1425  ТIедеанчу ирсо куьйгаш доьхку.
1426  ТIейоьжначу гIайгIано вуожаво.
1427  Тиэшеме доттагIчун механ барам бац.
1428  Тур къоламца тIаме долу.
1429  Туьхий, сискал даа – бакъдерг хададе.
1430  Тийначух ма теша – челакхчух ма кхера.
1431  Тиэшаме воцчух къонах ца хилла.
1432  ТIевирззина къахьегнарг ирс долуш вехар ву.
1433  ТIаьхьенна ма гулде хьал – хьал таханлера хан.
1434  ТIедачунна малх карор бу – йекъаниг Iалашйе.
1435  Тахана дина цхьа гIуллакх – кханалерчу шиннал гIоли ду.
1436  Тиэга ца хаахь – кIаде ма дохаде.
1437  ТIевитинчу мостагIчух – доттагI хир вац.
1438 ТIехь ца хила хеча, ворхIанга йаккхалур йац.
1439  Тешнабехк биначух боьду.
1440  Туьйранан да хилла вац.
1441  ТIалам боцург хIумма доцуш висна.
1442  ТIех мерза ма хила – тIе мел кхаьчначо вуур ву хьо, тIех
          муьста ма хила – це мел тоьхначо дIакхуссур ву хьо, 
          йукъанеккъара хила.
1443  Туьханна нIаьна ца бо, амма бахь доьхна хьал ду.
1444  Тоьхна газанан ши маIа йаьккхина, йича хуьлу дирша,
          аьлла.
1445  ТIаьхь Iу воцуш жа дац – тIаьхь корта боцуш дегI дац.
1446  Тишаниг ца хилча, цIенаниг хир йац.
1447  ТIом тIамо бен йуха ца туху.
1448  Туьха диъначо хи муьйлу.
1449  Татам тера дара – хьожа йацар-кха тера.
1450  ТIедачохь шершина ког йекъачохь ца сецна.
1451  Тоьпан молха молха хуьлий дуьсу.
1452  Тоьллачо дийр доцуш хIума дац – эшначо ловр доцуш
          хIума дац.
1453  ТIом бу вайн дахар а, амма дош-м дац иза.
1454  Топ тоха хIума йац моза, амма амал-м дойу барзо санна.
1455  ТIуз эшош тIуз хуьлу.
1456  Теза кхача бу эхь доцу зуда.
1457  Тур – майра, зуда – тукар, ц1ераш йу цаьршинан.
1458  ТIех садиттинчу Ма1ас – маликан собар кхачийна.
1459  ТIе хи йа ток йогIуш йацахь, хьер хьаьвзар йац.
1460  ТIадийнарг догIанах кхера оьшуш дац.
1461  Таханенна таса бежанан лерг ду, кханенна Дела йукъара
          ву-кх.
1462  ТIемашна ижу беза мохь лерина олхазар меца дисина.
1463  Ткъес детташ, стигал къевкъича бен, ца доьшу цхьаболчара
          «АшхIаду».
1464  ТIех хьистинчу берах кала-цIола хуьлу.
1465  Тишйелла хIума йуьхьIаьржонан цIога лаьцна лела.
1466  Турпалхой кIезиг болчу къомалахь турпалхо хила, башха
          доккха хьуьнар оьшуш дац.
1467  Текхахь, бод санна, севсина хьо-м.
1468  ТIам лаьцна ца сацийнарг – масс лаьцна сацалур вац.
1469  ТIе даьтта доьттича, цIе марса йолу.
1470  Тай т1елеIна даьлча, йуьллу урчакх йуьстах.
1471  Туьро къолам ца ирбо, къоламо тур ца ирдо.
1472  ТIулгех дитина, лежиг санна, хьуьйр ву хьо.
1473  ТIаьххьара дина чIепалг чахчийна хуьлу.
1474  Тешамечу безамо – гира мохь байбо.
1475  ТIоьхала, хIоьан чкъуьйриг санна, чухула – локкхарг.
1476  Туьхано кхача чоме балабо – йоIа хийра стаг гергара во.
1477  Тахьмуллас йетт ца лаьллинчу, Махьмас эса лоьллу.
1478  Талла араволучу хенахь, ца дутту иэрашна доьша.
1479  Текх, ахьар хилчхьана, хи да-м со-со гIур вара.
1480  ТIиэхьа зама йу, хьалха зама йу, ткъа вайца-м иза йац.
1481  ТIаьхьа ду – чIеро йалгIо чохь хих лаьцна ойла йар.
1482  Текхаргах ларлуш тIех валало – эладитанех валалац.

У, УЬ.
1483  Уггар хьалха суьйре лохачу нахана герга кхочу.
1484  Уьшал хилчхьана, пхьидах доьхна хIумма дуьсур дац.
1485  Уьн тIе хаьхкина кхоьаш санна ду хьал.
1486  Уггар тоьллачу лоьро а молханаш йаздо.
1487  УьстагIан бIаьра хьажа лиъна борз йукъарчу хино
          бIарзйина.
1488  Урхана аьрхачу говрана туху шед.
1489  Уьдучу экханан бIаьрг, лерг сема ду.
1490  Уьшал лаьттинчохь, Iам ца эшна.
1491  Украинхойн маттахь – урка, нохчийн маттахь – тодакх,
          тIехь да воцу курхалча. бохург ду
1492  УьстагI белча, газанан сий хьаладолу.

Х, ХI, ХЬ.
1493  Хьайна ловзар дерзо лаахь, пондачера пондар схьабаккха.
1494  Хьалха хьажаза ког ма баккха, тIиэхьа хьажаза дош ма ала.
1495  Харцонах веддарг – бакъонах кхиъна.
1496  Хьекъалдерг бедаршка ца хьоьжу, стеган леларе хьожу.
1497  Хуур дац ма ала, цахуург Iамо хьажа.
1498  ХIора лазаран шен дарба ду.
1499  Хьекъал, собар йиша-ваша ду.
1500  Хьекъалал ира герз дац.
1501  Хьуна цхьа хIума хууш делахь, хьо кхолагIа хезнарг ву.
1502  Хьекъалца дац доттагIашна йукъахь, вовшен лерехь, шур-
          шур дар.
1503  ХIусамехь, вата санна векаш велахь а, да хилар коьрта ду:
          цуьнан эшарца догIург дан деза кIанта – ша министар велахь йа 
          цIестан пхьар велахь а.
1504  ХIусам эцале хьалха – хир волу лулахо, мила ву хьажа.
1505  ХIора стагана шена гонах дерриг девза.
1506  Хьо къевелча, ваха муха веза хаьа.
1507  Хьайбано дийнахь йиънарг буьйсанна Iуьйшу – хьан кIон
          дош ас буьйсанна балийца Iуьйшу.
1508  Хьох тешачулла-м, ас лаьхьинна барт боккхур бара.
1509  Хьекъал дацахь, можал хьалха корта къежло.
1510  Хазачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина.
1511  Харц тоба бозбуунчалла ду.
1512  Хьалххе гIаьттинчу жаIуьнан жий шала бехкина.
1513  Хьо хIун ала гIерта: хохо вагош, муьста берамо Iовжош
          веллачу Сатун стечун йоI?
1514  Хьо-хьайн ма хеставе – хеставахь, хьайн дош ларде.
1515  Хьалхарниг тIаьхьарчийн тIай ду.
1516  Хица хьавла далур дац.
1517  Хьеро шена чукхоьхкинарг охьу.
1518  Хинан тIадамаша, диллина тIеэгахь, тIулгана Iуьрг доккху.
1519  Хи дустуш волчо хан йойу.
1520  Хьокха боцуш керт хуьлуш йац.
1521  Хьекъал долчу коьрто бIе корта кхобу, Iавдалчуьнга шениг
          ца кхабало.
1522  Хьекъале терра хуьлу къамел  а.
1523  Хьалххе йе ойла, хи кIел кхачале.
1524  Хьаша догIуш долу хIума, Iовдалчо гена доккху.
1525  Хесточух тешнарг дикане ца кхаьчна.
1526  Хестийнарг вонна кIел воьду.
1527  Худар кегийнехь – даьтта ма кхоаде.
1528  Хьомечу беран дуккха цIераш хуьлу.
1529  Хих даьтта ца оь.
1530  Хаьрцина пеш санна, хаза хIума йу хIара.
1531  Холахочун гергара нах шортта хуьлу.
1532  Хьо Iаьржа хIунда йу, къийге аьлча, цо аьлла бах: дог эттIа
          Iаржйелла ша, дагара дийца йиш йоцуш.
1533  Хьо цхьогал делахь, хьан цIога со а ма ду.
1534  Хьо къевелча, вела воьлуш, хелха ваьлча, Дала, вела лой,
          ирс доссадо боху.
1535  ХIора зудчуьнан кийрахь лежиг чохь, саллар санна,
          лечкъина Iаш шайтIа ду, бах.
1536  Хьайх кхоьручух ларвалар хьекъале лерина.
1537  ХIун бен ву Iелахьажа, ХьажаIела.
1538  Хьуна хестийна зурма, тIевахана хьаьжча, цIуз жилла
          карийна.
1539  Хьала веача хьайн хьаша ца вевза хьуна, охьа веача хьайн
          вир ца йевза хьуна.
1540  Хьан ваша хуьлучул, хьан стунвешин шинар делара со.
1541  Хьайн цIе суна ма йийца, хьо хIун олхазар ду дийца.
1542  Хьо цхьана денна аравалахь, кIиранна кхача кечбе,
          кIиранна валахь – баттанна бе.
1543  Харцахьа даьккхича, кетаран пхьош долу харцахьа.
1544  Хьозано аьлла: стаг волчу стага шена гIорза кхуссур йац –         
          кхоьссича иза шена кхетар йац.
1545  Хина тIекхачале, ма ца йоху мачаш когара.
1546  Хьарам лахьийнарг – къаьхьа Iеттадо.
1547  Хоршахула ца валахь, шу тIехула мукъана вала.
1548  «Хьан веллачуьнга хьаьжжина ду-кх сан доIа»,– аьлла моллас.
1549  Хьайна Iен хуур доцчу, ваххане ма гIолахь.
1550  Хьуна дийна нах гинначул, суна бела нах гина.
1551  ХIан, аьлча, дIа ца эцнарг – схьайтахьа бохучух ваьлла.
1552  Хоттуш дагавала нахах – дан хьайна луург де.
1553  Хьонка биъначу ламарочо охьара хиш къаьхьа ду баьхна.
1554  Хьозарчашна ца кхуьйсу йоккха топ.
1555  Хьарам даьхни бале ца долуш дисна дац.
1556  ХIумма дийр доцчо дуккха хабар дуьйцу.
1557  Хьайн гIайгIа¬-бала лайначунна йийца.
1558  Хиндолу хьоза, бенахь дуьйна, дека долало.
1559  Хьо новкъа воьдуш велахь, буьйса йоьллачу йуьртахь
          буьйса йаккха саца.
1560  Хьокханах хIоз хилла бац – вир бекъанах дин хилла бац.
1561  Хьера ваханчо тIамтIехь хилларг къарвина.
1562  Хуьл – хуьлуш хилира тхан дена вир.
1563  ХIуманан мах тIехьаьжча бен ца хаьа.
1564  Хих веддарг хьера кIел иккхина.
1565  Хьайн кетар дегIа тIехь товш, аьхна йелахь дIалелайе.
1566  ХIума йезайеллачунна кица ца деза.
1567  ХIокху чIеран пиллигаш шатайпана йу.
1568  Хазачу дашо лам башийна.
1569  Харц дашо корта бохийна.
1570  Харц луьйш вахарал, бакъ луьйш валар гIоли ду.
1571  Хьаша цавезарг нахана везац.
1572  Хьо ца вевзачохь, хьан кетар йу хьан сий дойтуш, вевзачохь –
          корта бу сий дойтуш.
1573  Хьекъал ду алий, сонта ма вала – майра ву алий, кура ма вала.
1574  Хина йуххехь вехачунна хинан гече девза.
1575  Хи гуттара цхьана хоршахула ца догIу.
1576  Харц дерг дийцарх, хьо майра хетар вац, ткъа цул тIаьха,
          ахь бакъдерг дийцича, хьох цхьа тешар вац.
1577  ХIора дийно хьекъалан дакъа тIекхоьтуьйту.
1578  Хьекъал дацахь – сирла бIаьрг а бIаьрзен бу.
1579  Хьекъал дерг дахарца кхехка.
1580  Хьекъалан доза тIех къамел цадар ду.
1581  Хаза дахар дика ду, бIаьрг белхахь а.
1582  Харц къамел дечо – даима шена теш лоьцу.
1583 Хьан бакъдерг, мезаша кхетта йовхарш а цхьаъ ду.
1584  Хьуна ма атта хетта хIара раз хелхар.
1585  Хьанал къахьоьгуш шен оьмарехь вехира иза – ша
          нанас дена ма-варра вала вели-кх.
1586  Хаза зезаг массарна хьоме ду.
1587  ХенакIур дитташна тIе зIок йеттарца йевза.
1588  Хьо мел гена новкъа водахь, нийсачу новкъа гIо.
1589  Хьийзаш белахь, некъ тоьла.
1590  Хина дуьхьала нека дан хала ду.
1591  Хаза де, могашалла чуьра нана йу
1592  Хьарам ши шай неIарх чекх дер дац – хьанал итт шай корах
          арадолуш бен.
1593  Хаза йоцчу йоьIан дукха хьолахь, коч хестайар алсам хуьлу.
1594  Хьан керта мел догIу хьарам хIума, ахь ца лехна
          дакъазалла йохьуш йогIу.
1595  Хина чекхдала гече карадо.
1596  Хьо къанваллац ваьхча бен, къаналлин мах хуур бац.
1597  Хьешана сискал луо – цицгана маша ма луо.
1598  Хьайн дахар токхе хила лаахь, котам гIоттуш гIатта.
1599  ХьагI хьайн мостагI вуй хаалахь.
1600  Хьайн доттагIий дIакхалхале мерза хила цаьрца – хьо гIур ву
          царна тIаьххье.
1601  Хьайн бIаьрга дуьхьал мостагIий хьийза ца лаахь, бахам
          тIе ма ийза.
1602  Хьуьнах цIе йаьлча – декъа, тIеда а дечиг цхьабосса догу.
1603  Хьолахочунна эхь ца оьшу, шегахь долчунах дIаволу.
1604  Хьекъал долчо маслаIат до – Iовдалчо дов марса доккху.
1605  ХIоа лачкъийначо – котам а лачкъор йу.
1606  Хийистехь гIу ца йоккху.
1607  Хьажийн цIа йигча, вирах дин ца хила.
1608  ХIора да волчу жIаьлийн – шай-шайн цIераш йу.
1609  Хьархочунна – бепиг, таллархочунна – жижиг.
1610  ХIордан бухал башха, нахера бакъдерг девзар дац.
1611  ХIора тIулгаца шен башха су бу.
1612  ХIора стагца бакъдерг ду, амма иза кеста хуур-м дац.
1613 Хьехам болчохь серло йу.
1614  Хьайн къамкъаргал чоьхьа даьлларг бен, рицкъа ма лара –
          хьайн кирхьанна тIехьа дацахь, нускал ма лара.
1615  Хьайга хьажий узарш де, Узам-Хьажа.
1616  Хьайн коьртан чоьш, ма-тов дIаса хьекха, сан корта Iад
          бита.
1617  Хи кхоийначо гIурма ца дина.
1618  ХIоранна шен цамгаран лазарш чIогIа хетта.
1619  Хе такхийначо хи ца доьху.
1620  Хьо кхин корматалла йоцуш велахь, молла хила хьажахьа.
1621  Хьо тIехиъначу ворданан дена товш долу илли ала хьажа.
1622  Хьо мел гена туй кхосса гIортарх, эмкалал гена кхоссалур
          дац.
1623 Хуьлучу мехал хьалха дуьйлу хьан декхарш.
1624  ХIума цадийриг хуьлучул – дечуьнга терра лела.
1625  Хьалдочуьнан шича, ваша хила гIерташ хуьлу гергарниш.
1626  Хьан маIарш гуш йацахь, ковсат-м чIогIа йаьккхина.
1627  Хьакха йеллачохь – къийгаш ловза йовлу.
1628  Хьан хаза говзачу пуьташна соьгара мах богIу.
1629  Хьеран кIар-кIар жима йелахь, гIар-м чIогIа йу.
1630  Хьаьрса корта белахь, мотт Iаьржа бу.
1631  ХIордал дехьа иккхина боху, х1етте кIажа-м ца тIадийна.
1632  Хьо кхузахь хилча, шайтIа совнаха хир ду.
1633  Хьан батт эцна нахана йукъаволучул, варша вахар гIоли ду.
1634  Хьошалла дар хьоле терра – мерза хилар матте терра.
1635  Хир ду бохучух дог ма диллийта – дерг кхоош къа ма
          хьегийта.
1636  Хьолах бакъо ма хийца – даима бакъдерг дийца.
1637  Хаттаза хьаша вогIу – хаттаза Iажалла йогIу.
1638  Харц долчух вала веза – дог майра хила веза.
1639  Хьоле кхача атта дац, хьал доцчо ойланаш дукха йо.
1640  Халкъана куьйгалла дар – цкъа, цIенна куьйгалла дар
          – оьзарза.
1641  Хьоле кхача атта дац, тIалам ца бечуьнан корта бац.
1642  Хинан хьал бердашна ца хаьа, доцчуьнан хьал долчунна ца
          хаьа.
1643  Хьайх воьлучух ма ларло, хьайх кхоьручух лар ло.
1644  Хазачу стеган къанвалар ма гойла, галваьллачун эргIадалла ма
          гойла.
1645  Халкъана йукъахь хилар ага – цуьнга хоьттуш хьайн амалш
          ага.
1646  Хьан йуьхь куьзга ду, хьо нахана гуш ву.
1647  Хьалхаволийла ду цхьана стагал, амма дац – халкъал.
1648  Хьаннах турпал ву ма ала, турпал доьхна де тIехIоьттича гур ву.
1649  Хи коьртера хьаьа.
1650  Хьуна хуург хаьа суна, хьуна цахуург куйнан йистехь ду.
1651  Хьалхара зуд дей дIадаккха – тIаьхьара пхьуй шаьш
          д1асадаьржар ду.
1652  Хан йиллинчу йоIа хуьйцу буьйса.
1653  ХIума ледара дIайиллий, курхалча къайла ма вахийта.
1654  Хьал долчунна ши хеча, доцчунна гаъ – хеча.
1655  ХIора турпалхочо ша хоржу ша гIараволуьйту хIума.
1656  ХIусам хилчхьана хьакхаран чиркх-м карор бара.
1657  Хаттаре хьажжина хуьлу луш долу жоп.
1658  ХIума йовчул карор гIоли ду.
1659  Хорбаз буьйда йуу, гIабакх кхехко йеза.
1660  ХIоранан белша тIехь шен-шен бу корта.
1661  Хорсамал кIон орам чомехь бац.
1662  ХIоранна шен цIока мехала йу, цундела цо иза ларйо.
1663  Хьаьрса йелахь, къоьжа йелахь барзо берзан сий до.
1664  ХIора олхазаран шен аз ду.
1665  ХIора хIоьан хьесапех хиндолу кIорнеш ма дагарде.
1666  Хазачу хабаран чаккхе хила йезаш йацара.
1667  Хьекъал догIучохь далар дика ду.
1668  Хьо дехьа ваьллачул тIаьхьа хастаде ломан дукъ.
1669  Хьайгахь доцу бакъдерг ма леха нахалахь.
1670  Харцо, аьржабIаьрг санна, гучуйолу.
1671  Харцонца вехачуьнга зулам йуха тохалур дац.
1672  Харцонца ийначуьнан теш хаьнтIехь хуьлу.
1673  ХьогIана комаьршалла ца йеза.
1674  Хьайн хьекъалца ваха – сий къинхьегамца  кхиаде.
1675  Хьекъалдолчуна дуй баар кхераме ду, Iовдална – беламе.
1676  ХIора стаг шен ирсан пхьар ву.
1677  Хьекъал доцу ирс – Iуьрг даьлла лежиг.
1678  Хьакхо ахар делахь – мацалла гур йац.
1679  ХIордан тулгIе санна ду зулам, хьалха-тIахьа тIекерчаш.
1680  ХьагI йолчу дагна массо де кхоьлина ду.
1681  Хина бина ша санна, керла хьаша тешаме вац.
1682  ХIора шегахьа ву: гергарниг, доттагI а.
1683  ХIораммо шен хьекъале терра доттагI хоржу.
1684  Хьуьжаро чул чIогIа кхетаво дахаро йукъарчу
          хьолах, лелачу гIиллакхех а.
1685  Хьехархочуьнгара ду Iилма.
1686  Хьехархой, шайн дай санна, лара беза.
1687  Хьалха: алиф, ба, та, са –тIаккха кхин дIа долу Iилма.
1688  Хазачу дашо дех, ненах къинхетам бо.
1689  Хаза дош цицигна товш ду.
1690  Хьан маттана тIаьхьа-м когаш Iуьйра кхуьур вац.
1691  Хьакха тIехье кIамйеш хуьлу, йочана хила герга йахча.
1692  Хелха йийла-м ча Iамало.

Ц, ЦI
1693  Цхьана куьйгаца шед а балур бац, басталур а бац.
1694  ЦIарца бегаш ма бе – хих теша ма теша.
1695  Цхьана буйна ши хорбаз тарлац.
1696  ЦIе, хи цхьаьна тарлац, и шиъ вовшен мостагI ду.
1697  Ца веза стаг чоь йуьззина ву.
1698  Цигано аьлла: «Нохчочун, виран а къармазаллин амалш
          цхьаъ йу.
1699  ЦIахь дош Iавша – хийисте кхачале, ткъа кийра ма
          дахийта – йоьIе дIаалале.
1700  ЦIахь корматалла ца Iеминчу зудчуна бод хьакхо а
          хуур дац.
1701  Цергаш йоцу, къанйелла борз цаьпцалгашка йаьлла.
1702  Цкъа кана хьаькхначух тIоьрмиг бузац.
1703  ЦIе йоцуш кIур болийла йац.
1704  Ца теша со хьо тешачех.
1705  Цаьпцалг кхоссайелча, лекъ бага оьккхуш зама йогIу
          берзалошна.
1706  Цхьана Iайггал долчу мехкадаьттано ворда моз хIаллакдина.
1707  Цхьа а вон дIа ца доьду, шена тIаьхьа кхин вон ца такхош.
1708  ЦIийнан мах бийцале – лулахочун мах хадабе.
1709  ЦIоганехула ца йуллу гIомат говрана тIе.
1710  ЦIергахь бен ца кхехка йай.
1711  ЦIийдина эчиг далало оьшучу кепе.
1712  Цхьана Iавдалчо иттанга дов хьедо питна деш.
1713  ЦIахь дестечух кхоьру, арахь барзах кхоьру.
1714  Цхьана хьайбанна тIера шозза цIока ца йоккху.
1715  Ца хилча ца долуш дерг, вела воьлуш тIеэца деза.
1716  Церг йовчул жовхIар дар гIоли ду.
1717  Цкъа йаьккхича, лаьхьанан цIе уьссаза йоккху.
1718  Цкъа хьалха вортане хьажий бен, ма тоха вортанна тIе
          хIума.
1719  Цаьпцалго аьлла зингате: «Корта ма боккха бу хьан?
          –Хьекъал ду цу чохь.– «Годайукъ ма йуткъа йу хьан?» – Оьзда
          дег1 ду.– «ТIехье ма йоккха  йу хьан? ТIехье хьехор йац оьздачу
          хIумано»,– аьлла зингато.
1720  Цициг, цхьогал доцчу махкахь дехкех элий хилла.
1721  ЦIога хадийна моьлкъанна санна, дилха диллина.
1722  ЦIоганах йаьлла цIе йезаш, хуьлу цхьаболу нах.
1723  ЦIена стаг дашца вехкалур ву.
1724  Цхьанне ма хаахьара аьлла, кхоьруш долу хIума ма де.
1725  Ца хинболчу бахаме сатуьйсучул, миска къоьлла собарца
         лар гIоли ду.
1726  Цхьалха кучаца къахьоьгуш ца даьккхина сом, кетар техь
          даккхане даккхалур дац.
1727  Цергаш йоцчу тарсало бIарех дан хIамма дац.
1728  Цамгаран молха леха ца деза – иза кхетаран бахьана лаха
          деза.
1729  Цхьа хIумма доцчу хIуманна тIехь, дегабаам хуьлучунна,
          пайда боцчу хIуманна тIехь, хазахетар хир ду.
1730  Цуьнан карахь, туьха дехкалла, дисина хIума дац.
1731  Церг йоцчу бехко доггах це туху.
1732  Цуьнан йуьхьан чкъоьргах тоьпан хIоъ чекхбер бац.
1733  Цхьадолу баркалла, кхин тIе а, къа хилийла бохург ду.
1734  Ца догIучу дагца олуш долу баркалла – неIалтан метта ду.
1735  ЦIарна уллохь ча, докъар дукха ца лаьтта.
1736  Ца ваьлла доккхина сагIа, нахана гергахь цIарна хуьлу.
1737  Цкъачунна аьлла маре йахана Датухьат гуттаренна йисна
          цигахь.
1738  ЦIена хаза дог, цIена хазачу хьекъална ша кара доьду.
1739  ЦIахь имам – нахалах тунтал.
1740  Цициган къамело нелан цIога ирх дахийтина.
1741  Цхьогалан хатI делахь, гушдолчух берзан хьожа-м йеттало.
1742  Цхьаъ вен гIерташ лелачул, иттанна гечдан атта ду.
1743  Цхьана коьрте шалха мотт лелало.
1744  Цхьа ког сакхт долуш бу, шолгIачунна болх ца беза, ваха муха
          веза?
1745  Цхьа ГIизби тоьар ву холкъан дахарх чам байа.
1746  Ца битича дехко йухку цергаш.
1747  Цхьана зезаго бIаьсте ца йолуьйту.
1748  Цициг доцчу хIусамехь, дахка текхахь бехло.
1749  ЦIаьххьана безам бахар иэмалкана тIехаар ду.
1750  Цхьа гIалгIа гIалгIа ву, ши гIалгIа – райком, кхоъ гIалгIа –
          обком.
1751  Цхьа нохчо нохчо ву, ши нохчо – пхьоьха, кхо нохчо –
          базар.
1752  Цхьа верта кIел тесна, исс верта тIе теснерг вела, исс верта
          кIел тесна, цхьа верта тIетеснарг висна.
1753  Цкъа хьалха халкъан до йалтех буза, тIаккха хьайн балха
          тIера гали дуза.
1754  ЦIенчу аьттан шар санна, ма качвелла хьо.
1755  Цу тайпанан шалха бух болчух тера ду.
1756  ЦIога доцуш къиг хуьлуш йац.
1757  Ц1уз лекха долийча бен, ца волу пелхьуо муьша тIе.
1758  Цхьа иэшам шена боцуш, далуш дац нахана дика.
1759  Цхьадолчу жIаьло, гIалх ца олуш, тешха ка туху.
1760  Цициго санна, бIаьрган Iалашо лоцу цо.
1761  Цунна беш болу хьехам – варшахула мекха текхабар ду.
1762  Цхьадолчу жайно хьал ло – цхьадолчо некъах тилаво.
1763  Цахаар эхь дац, цадешар ду.
1764  Ца гIаьттинчу бага моза оьккхур бац.
1765  Цергашца ца къевлинарг балдашца сацалур дац.
1766  Цхьаволчунна сискал къамкъарг йекийча карайо, кхечунна
          хьажтIе хьацарна пIелг хьоькхуш карайо.
1767  Цуьнан бага хунжар доцуш йу.
1768  Цуьнан дашо а дашон Iаса йо.
1769  Цунна герз оьшуш дац, и шен мотт хилчхьана.
1770  Цхьанна – тезет, дукханна – цIингаш.

Ч, ЧI
1771  Чено, шен кIорни йаа дог хилча, ченала хьакхийна.
1772  ЧIогIа аьлча халахета, меллаша аьлча ца хеза.
1773  Чорпано вагийначо молучу хина «хIуп» боху.
1774  ЧIара, белча, хи чохь Iа лууш хуьлу, биъначуьнга хи
           мийлуьйту.
1775  Чиллахь, Iай арахь висинчо аьлла: «ХIай буьйса, дIо
           туьнталг тIера, чир-чир деш долу хьоза, со а дала лер, вуьшта
            хьуна – хьайна дац теша хала?»
1776  Чохь, шен цIахь зудчуьнца майраниг, арахь нахаца тийна
          хуьлу, ткъа арахь майраниг цIахь йукъанеккъара хуьлу.
1777  Чохь ца доладелла сий арахь айалур дац.
1778  Чов йан тур а ца кхочуче, дош кхочу.
1779  ЧIепалг дуур дара вайшимма, амма цIергахь деги-кха иза.
1780  ЧIогIа дечиг хадайе, йекъаниг ша охьа йужур йу.
1781  Чуьрко шен амал дайича, кIанта нене аьлла: «Цуьнан
          делкъе хила ца хуьлу те!»
1782  Чекх са гуш йелахь, цIена пхьегIа йу иза.
1783  ЧIогIа керт йукъахь хиларе терра – дика ву лулахо.
1784  ЧагIар алсам даьккхинчо хьекъал кIеззиг эцна.
1785  Чам тобийраг йуучун, йуха талхориг туьха ду.

Ш
1786  Шерачу гIайракхо аьрта тур ирдо – кIедачу дашо боьхна
          барт тобо.
1787  Ширачу хIумнаша лаьмнаш тIехь делхадо.
1788  Шен меттахь аьллачу дешан мах лаккхара бу.
1789  Ша вина мохк, нана санна, хьоме бу.
1790  Шен ненан мотт ца буьйцучу махка кхаьчнарг декъаза ву.
1791  Ша тIехь волу гу лекха хетта хIоранна.
1792  Шена худар кего цахуург – лулахошна хьавла кего йахана.
1793  Шайн кхин ала хIума ца хилча, беда боьдучу сайна аьлла,
          ворта йеха йу цуьнан.
1794  Шина сагIе хьаьддарг – цхьа доцуш висина.
1795  Шина вешина йукъахь лекха керт хилча, церан зударийн
          дов хир дац.
1796  Шена чохь йерг схьайаьккхича, дIакхуссу хIоьан
          чкуьйриг.
1797  Шена Iоьттина маIа диршачо йоькху.
1798  Ша къу воцчу стага – къуьнехьа гIо дохур дац.
1799  «Шен цIа – цIен цIа»,– аьлла несо.
1800  Шех тешийна хIума барзо ларйо.
1801  Шен лулахочун дагара хиъча, шен цхьаъ бен воцчу кIантах
          йолийла ша аьлла жерочо.
1802  Шайн марзхошка аьлла несо: «Мубаракатус аьлча,
          Мубаракан цIе йоккху, салаватутI аьлча, Салаватан цIе йоккху.
          Суна-м ца хаьа,  шун цIераш кхобуш, ламаз муха дан деза».
1803  Шина эмгаран гота йолайелла, шина кхинан гота ца
          йолайелла.
1804  Шена лай воцчух – нахана эла хир вац.
1805  Ша-шена реза воцург – Делан мостагI ву.
1806  Шен бер дилхича, тохало нана цуьнан хьашташна.
1807  Шен цIен тIехь пайден воцург – нахана вац.
1808  Ша-шен кхаба де доцчуьга ойла ца йоьду.
1809  Шина жIаьлина доьша цхьана гуйнахь декъалац.
1810  Ша декъала хила лууш йолу хаза йоI, уггар ирчачу кIанте
          маре нислур йу.
1811  Ша кхузткъа шарал хьалаваьлча Iамийна пондар эхартахь
          лекха там бу.
1812  Шен хеннахь дIайийнарг шен хеннахь тIейогIу.
1813  Шен дахарца ловзаваьлларг – дахаро дера човхаво.
1814  Ша кхобуш йарстийначу дена – виро цIингаш тоьхна.
1815  Шен кертахь майра лета жIаьла а.
1816  Шайна цкъа ца гиначу шайтIанна луьйш хуьлу массо.
1817  Ши Iовдал вовшех летча, кхолагIниг тIехIуттий лаьтта.
1818  Ша йез-дарийн меттахь велахь, дархо воккха ца воь.
1819  Шен хеннахь вошалла диначо – шозза вошалла дина.
1820  Шира безам бицлац.
1821  ШарIаца нисйеллачу зудчунна реза хила.
1822  Шелвеллехь – вохло, маж йаьллехь – дIайаша.
1823  Шен са ца дезаш майраниг хир вац, шен даьхни ца дезаш
          комаьршаниг хир вац.
1824  Шуьнаш ловзу, тхайнаш цIийза.
1825  Ша тIехь баха ца ховшу кхин баха меттиг йолуш.
1826  Шен баьлла бIаьрг ца гуш, нехан бIаргара кIай дайна.
1827  Шега лулахочо аса йехча, дас ща кIа дакъо волу аьлла.
1838  Шен куьцешка хьаьжжина долу сурт.
1829  Ша къола диначо – жоп а лур ду.
1830  Шена дена алале, нанна ала сихвелла довхо.
1831  Шен ледарло гучу йаьккхинчунна баркалла алар, хьекъал
          хилар ду.
1832  Шина агIорхьа кхийдаш верг – мостагIийн накъост ву.
1833  Ши газа йолчунна нехча оьшур йац – ши зуда йолчунна
          хIусамехь дов оьшур дац.
1834  Ша Iедална тIетевжина вехаш ву, Iедал шена тIетевжича.
1835  Шен вацар дицдина, нахана хьехам бо – йамарт некъ беш,
          шена напха лоьху.
1836  Шура йоцуш тIо хуьлийла йац.
1837  Ша дахк бен бацахь – цергаш ира-м йу.
1838  Шена дина дика жIаьлина ца дицло.
1839  Шина оьгIазлонах йорахо йерг тIеоьцу.
1840  ШайтIано шайтIанан маIа кагйир йац.

Э
1841  Эхьан цергаш йац, амма дагах це-м йетта.
1842  Эла воцу некх мозийн ж1уга хуьлу.
1843  Эхьал кхакха голе бу аьлла, маждигера ламазан кхакха
          бадийна воьдучо.
1844  Эзар доттагI верг ваьлла – эзар бежана дерг вайна.
1845  Эладита, кочахь зIе йоцу, жIала санна ду.
1846  Эсала, осала йиша, ваша санна ду.
1847  Эладитанчина керла цIа чохь пенаша гIо до.
1848  Эхьах воьлла вахачулла, хеназа валар гIоли ду.
1849  Эла вохийча, лай хелха волу.
1850  Эхарта доьлху некъаш массанхьара ду.
1851  Эладитанчас жоьжахатахь цIийдинчу йалгIочу мотт
          хьоькхур бу.
1852  Элпаш раз делахь, йозанехь маьIна нийса ду.
1853  Эхь доцчо чIагIонаш шалха йо.
1854  Эхь дац хIума цахаар – эхь ду хIума цаIамадар.
1855  Эхь долчуьнгахь йахь хир йу, йахь йолчуьнгара гIо хир ду.
1856  Эхь хетарг вистхила тигац – безаман бIаьргаш хилац.
1857  Эчиг кIадло цIергахь цIийдича, дог деша гIайгIано
          хьавзийча.
1858  Эхь дайна бIаьрг кIуьро Iовжор бац.
1859  Эхь дерг  – цIийло, эхь доцург – макхло.
1860  Эхь доцчу нехан зуда йалийча, иэс, йахь доцуш доьзал
          кхуьур бу.

Ю (ЙУ),  Юь (ЙУЬ)
1861  Йукъара хьокха баьккхича, керт малло.
1862  ЙургIанан пхьош хуьлуш дац.
1863  Йуьртаца къийсайелла борз цIоканах къаьстина.
1864  Йуьртана динарг дисина дац, йуьрто динарг дисна.
1865  Йуьстахчу махкара дика доттагI йоьгIна гIала санна ву.
1866  Йуург – дегIан кхача, наб – синан кхача.
1867  Йуьхь йоцург – тIаьхье йоцуш ду: цкъа церг ца тесча хуур
          дац, хIун чам бу аьлла, цициго, цхьа месаш бен ца йуьтуш,
          диъна хьоза.
1868  Йукъахь мах белла эцна говр когашкахь телха.
1869  Йуьххьехь молла волуш, делла дIадовлий вай.
1870  Йуьхь лечкъочу хаза къамелана, дог ма даста.
1871  Йуьхьана бер ду, хьекъална хьайба ду.
1872  Йуург алсам йацахь, хьеший ма кхайкха – хуьлуш пайда бацахь,            
          хан ма йайа.
I
1873  Iаж Iожана кIел бен ца бужу.
1874  Iилманан керта – хьекъал, хьекъалан керта – собар.
1875  Iовдалан коьртехь ойланийн кочар хуьлу.
1876  Iовдалан ойла девна йукъара йалац.
1877  Iуьрг даьллачу йилла йома карайо.
1878  Iедална дика динариг вонах хьалха ца ваьлла.
1879  Iовдалниг Iайг бан вахийтича, цициг дохьуш веана.
1880  Iаьржачу дог чуьра Iаьржа дешнаш дуьйлу.
1881  Iуьрг даьлла тIулг лаьттахь ца буьту.
1882  Iиллинчу пхьула лелла зуд тоьлла.
1883  Iемина марзделларг дита хала ду.
1884  Iовдалчара дов до, хьекъалечара барт бо.
1885  Iоьхуш доьдучу цициго дахка ца лаьцна.
1886  Iуьйрана ца гIаттахь, де довр ду хьан, жимчохь ца дешахь,
          дахар довр ду хьан.
1887  Iуьйрана веана хьаша дукха хьелур вац.
1888  Iаьржа кхел, мел йилларх, кIайлур йац.
1889  Iовдал стаг лен ваьккхича вевза – астагIниг боларехь вевза.
1890  Iеламстаг волчохь хьайн мотт сацабе – пхьар волчохь хьайн
          ши куьг сацаде.
1891  Iовдалчу доьзалехь цхьа коьрта вац.
1892  Iовдалниг сихха дIавоьхку – хьекъалдерг сиха дIа ца восту.
1893  Iовдалниг цхьаъ дан дIахьажавахь, хьо цунна тIаьхьа
          вахан везар ву.
1894  Iожалла, мел къена йелахь, массарна керла йу.
1895  Iилмано, хьуьн чу ца вохуьйту, хьуьнхара аравоккху.
1896  Iилма долу кIант, Iилма доцчу дел, воккха ву.
1897  Iалашвала хьажа, ирсо ног тухучохь, коьртах валарах
          ларлуш.
1898  Iуьрг даьлла шелаг хих дуьзна дац.
1899  Iедалан ахча карахь ду бохуш, цуьнан йалхо ма хила
          дастаме волуш.
1900  Iилманан, орам къаьхьа белахь, стом мерза бу.


Рецензии