Сайх лацна боцца хаамаш
Хамерзаев Заурбек Мукаевич дуьненчу ваьлла 1942 шеран 10-чу майхь Куршлойн кIоштарчу Цоци-Эвлахь. Цхьа шой бархI бутт болуш 1944 шеран 23-чу февралехь нохчийн къомаца советтийн Iедало, Даймахках ваьккхина, ГIиргIазойн махка хьажийна Iедалан мостагIан цIарца, мухIажар вина. Дала цигахь Iажалла язйина цахиларна ца леш хене ваьлла цигахь даьккхинчу 13 шарахь. Юьхьанцара школа чекхъяьккхина оцу мехкан «Большевик» цIе йолчу колхозехь. Цул тIаьхьа 7-8 чаккхарма дехарчу «Эрикту» колхозехь, Вознесеновка эвлахь доьшуш чекхъяьккина 5-8 классаш, гIаш дIаса лелаш. 1957 шарахь со 8 класс яьккхина волуш, вайн доьзална Даймахка цIа дерза Iедалера бакъо каракхечира. Бераллин шераш, вайн деригге къоман санна, мацаллехь, цамгаршца, цхьа да хьоьгур воцуш хилла сан. 1957 шеран июнь баттахь, ГIиргIазойн махкахь гулбелла тхайн «бахам» луларчу курдашна сагIа бина, тхо Нохчийчу цIа дирзира. Кхузахь тхайн дайх йисинчу херцорашна тIехь бун йоьгIна, тхаьш «каспаран бахаман» дай хеташ, хьомсарчу Даймахках юха орам хеца болийра, дахарах тасалуш, эзарнаш кхин болу нохчийн доьзалш санна. Цоци-Эвлахь ворхI шеран школа бен яцара, цундела сан,тхайн шичой болчохь Iаш, Джалкехь деша дийзира уьссалгIачу классехь. Ткъа уьтталгIа класс дIаелла дешархой ца тоьъна Джалкехь, кхин дIа деша Шела ваха дийзира сан, цигарчу интернатехь Iаш. Амма Шеларчу интернатехь долу хьелаш чIогIа ледара дара, цундела со Аргунерчу интернате велира. Аргунера №I йолчу школехь чекхъяьккхира аса 10-11 классаш. Цигахь юккъера школа чекхъяккхича Аттестатца «Белхан киншка» елира тхуна « Шалинский» совхозехь цхьана шарахь болх баран стаж тIе а йоккхуш. Оцу хенахь школа чекхъяккхарций со вайн Грозный – гIаларчу пединституте историко-филологически факультетан, оьрсийн меттан литературан, нохчийн меттан литературан декъе деша вахара. Вайн махкахь хьехархойн къелла хиларна тхо пхеа шеран меттана, деа шарахь специалисташ дина арахийцира институто 1964 шарахь. Оьрсийн меттан литературан, нохчийн меттан литературан хьехархочун диплом долуш со болх бан волавелира Цоци-Эвлахь 1964 шеран август баттахь. Кхузахь чекхволу хьехархочун, завучан, организаторан, директоран даржашкахь берашна кхетош-кхиорех, дешарехь кхетам луш 2008 шо кхаччалц, юьртарчу кхуьй а школехь болх беш. 2006 –чу шарахь Президентан премина хьакъ волу хьехархо хила къобал вира вайн Дешаран Министерствос, дуккха Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца совгIаташ дина оцу белхан шерашкахь, хIора шарахь бохург санна, районан, ишколан куьйгалхойн агIорхьара. 2008 –чу шарахь воьду Гуьмсерчу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарахчу «Некъ»(«Путь») типографе редакторан даржехь болх бан. Цигахь болх бо 2012 шо чекхдаллалц. Цул тIаьхьа сайн лаамехь оцу балхах мукъа волий, сайна школехь, институтехь доьшуш дуьйна безаш хиллачу кхоллараллин балха тIевулу. Стихаш язъя–м со студент волуш дуьйна волавеллара, амма уьш ледара хетарна гучу ца йохура цхьанне. Амма сан жимаха волчу вешина, Аьрсмикана (Дала гечдойла цунна, иза дIакхелхира 2010 шеран декабрехь) цо Пашаев Нурдица берта вахана, сан стихаш Хатуев Iабдул-Хьамидна ( Дала гечдойла цунна) гайтинера. Иза цу хенахь Шеларчу районан «Коммунизман байракх» газетан редакцехь болх беш вара , литотделан куьйгалхо волуш. Цо вовшахтоьхна яра «Горгали» цIе йолуш къоначу яздархойн литературан кружок оцу редакцехь. ХIора баттахь оцу кружокан декъашхоша йийцаре йина, къобал йина къоначийн говзаргаш зорбане йохура газетан агIонаш тIехь. Сан ваша Аьрсмик, Пашаев Нурди, Iабдул-Хьамид Хатуев а мера бовлар бахьана долуш, сан зорбане валар нисделира сайн стихашца 1983-4 шерашкахь дуьйна. Цул тIаьхьа сан йозанан белхаш зорбане бевлира кхечу районийн, «Ленинан некъ» газеташкахь, «СтелаIад», «Орга», аьххара «Вайнах» журналашкахь а. 2009 шарахь сан аьтто белира сайн дуьххьарлера стихийн гулар «Кханенах догйовха» зорбане яккха, сан накъостий:Абдулкадыров Якъуб, махкана вевзаш волу юрист, Хатуев Iабдул-Хьамид, Нохчийн Республикан халкъан яздархо, Уциев Абу Россин яздархойн Союзан декъашхо. Дала декъала войла Iабдул-Хьамид, цо дехкина суьрташ ду оцу сан дуьххьарлерчу книгин мужалташна тIехь дерш, книга зорбане яккха компьютер тIехь вовшахтоьхнарг Уциев Абу вара, ткъа зорбане ялийта ахчанца гIо динарг Якъуб Абдулкадыров вара. Дала цара мел динарг Шен дуьхьа лерина, мел – йолехь сов бахийла уьш, Дала Жебаран сагIане кхачайойла Якъуба йина харж а. Карарчу хенахь суна къахьега дисинарг ду: нехан диканехь, вонехь дакъалацар, юкъараллин белхашкахь далуш долу накъосталла дар, шен хеннахь Делан парзаш, Пайхамаран (1.с.с.) сунташ кхочуш дар, Къуръан дешар, ткъа наггахь са декъархьама, похIмаллин мIаьргонаша хьовзавахь, сайн ойланаш къоламца кехат тIе я пIелгашца компьютерна чуйохуш хан такхар. Оцу похIмаллин мIаьргонийн белхаш юкъабахана сан хьалхалера шина книгина «Кханенах догйовха», «Нохчолла – йиманан рамза» хIинца зорбанна кечйинчу кхолага «Дуьненан хьаша» цIе йолчу сан гуларна чохь бу. Дешархочун дог-ойла диканашна, адамаллина, вайн махке, къоме безам, ларам сов боккхуш хуьлийтила Веза-Воккхачу Дала кху жайнин дахаран некъ.
Заурбек Хамерзаев – Россин яздархойн Бартан декъашхо. 05, 10, 2018 шо.
Рецензии
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь