Лараме махкахой!
И миска-гIийла нах бу гуттар адмашна юкъахь нийсой, маршой хиларе сатуьйсурш, хIунда аьлча харцонан, къизаллин лазам цара дахарехь шайн цIоканна тIехь лайна дела. Оцу мискачу нохчийн хIух схьаваьлла ву со, цундела сан кхоллам берахь дуьйна, церан санна къиза, къаьхьа кхолламех боьзна хилла. ЦIен Iедало сан ши шо кхачале, «Даймехкан ямартхо» лерина, вархIе дайн лаьттан йовхонах, шовданийн аьхналлех, стоьмийн муттанех, лаьмнийн маршонах, бIаьвнийн чIагIаллех, къоман турпалхойн деналлех, церан гIиллакх-оьздангаллех, бусалба динан рузбанан, жамIатан ийманах, бартах хадош, нохчаллин орамийн доь гуттаренна хIаллакдан, Нохчийчонах, ерриге Кавказах дIахадийра со вайн къомаца. Цундела ненан маттал хьалха суна оьрсийниг, гIиргIазойниг, курдийниг (азербайджанаш алара царах), немцойниг Iемира, церан гIиллакхаш Iемира сайн къомачарал хьалха. Баккъалла аьлча, «нохчий я чеченец» боху дешнаш юкъахь я зорбанехь лелаш дацара - вай «спецпереселенцаш», «бандитеш», «предательш» дара. Со пхьоьалгIачу классехь доьшуш волуш, Сталин-дажал веллачул тIаьхьа, советски конституцин урокехь (иза ма яра оцу дажало юкъа яьккхинарг), ас хаттар дира хьехархочуьнга (Мария Васильевна Шубина):
«СССР-хь мел долчу къомана шайн-шайн мехкашкахь цхьацца пачхьалкхийн къепешкахь даха бакъонаш хIокху Конституцис луш хилча, тхан къоман хIунда яц и бакъо, ва Мария Васильевна?»
Хьехархочо, иштта хеттарш кхин ма делахь, элира соьга, амма со Iанне ца Iахь, КГБ-хь долчу Iедало лур ду хьуна жоп. Сайн цхьайтталгIа шо долуш хиира суна, Конституци тIехь мел хаза а, яккхий бакъонаш язйинехь а, КГБ-ен Iедална лиънарг бен цхьана адама, къоман кхин бакъой, маршой йоций. Со кхийтира, со Iедална бежанийн, экханийн меха ца хетачу къомах хиларх. Цундела оцу Iедалах сан гуттаренна тешам байра, амма и Iедал, со, вайн къам, хIара дуьне Кхоьллиначуьнгара бен гIо-накъосталла хирг ца хиларх кхиира.
Оцу кхетам тIера дIадоладелира сан нохчаллехь, эхь-ийманехь, йохьаллехь, дешарца хьекъал, кхетам сов даккхарехь, бусалба динан а, вайн къоман гIиллакх - оьздангаллин мехаллийн беркат тIехь кхиар. Ишколехь ненан маттахь урок гина, хезна яц суна, амма сайн дега вайн алфавит язъяйтина, и элпаш халла, вовшах туьйсуш, Iамийра аса вайн хIинцалера йоза - дешар. Хийла ладегIна Карабалтарчу базарахь вайн илланчашка Цицкиев Идрисан, Демин Iумаран, Гелдганарчу Бутин пондарийн мукъамашка, иллешка. Баккхийчара мовладашкахь олуш йолу назманийн байташ царна тIаьхьара баьхна, дIаязйина, дагахь Iамийна, гIиллакхаш, Iадаташ ницкъ ма - кхоччу лелош хилла, сайл кегийчаьрга лардайта гIиртина. Суна, сан нийсарошна, Юккъерчу Азехь хьалакхиъначу нохчийн къоман чкъурана боккха кхаъ бара, Казахстанан коьрта шахьарахь-Алма-Атахь нохчийн маттахь арадала доьлла гезет. Иза деша кара кхаьчнарг дуьненан бахаман да вара дуккха нохчашна гергахь. Казахстанехь, Киргизехь кхиъна дукхах долу вайнехан чкъор нохчоллех хьаьгна дара, динан, гIиллакх-оьздангаллин, ламастийн, тассаман, историн орамашка кхийдара. Ненан маттахь гезет, киншка, журнал боккха безам хетара, царах муьлхха каракхаьчча пхьоханашкахь цхьаьнакхеташ дешийтара, баккхийчара тIехь ла дугIуш. Аса иза хIунда дуьцу те аьлла хетарг хила тарло? Дера дуьйцу тахана гуш долчу вайн дахаран суьрто цецваьккхина. Тахана вайн къоман пачхьалкхан гезет ду «Даймохк», амма цунна язлуш я и деша хьаьгна нах кIезиг карабо. Изза хьал ду кIоштийн гезеташкахь, «Вайнах», «Орга», «СтелаIад», «Нана» журналашкахь а, нохчийн маттахь зорбане юьйлучу кишкашкахь а. Аса санна наха а йина хир ю ойла, хIунда ца кхуьу те нохчийн маттахь йолчу зорбане а, литературе а безам болу ешархой? Дера ца кхуьу нохчийн мотт ца хаарх а, иза дуьненчуьра байна дIабаларх а пачхьалкхан мIаран меха хIума галдолуш цахиларна. Конституцин кехат тIехь дIаяздарх, бац иза пачхьалкхан мотт, и цахаарх я рицкъа лахарех, я Iедалан дарже кхачарех, я сийлалла тIекхетарехь, я йожарехь цуьнца доьзна а, хьакхалуш а хIумма а дац вайн нохчийн пачхьалкхехь я йоккхачу Россихь а. Дуккха а «чеченаш» бу М. Мамакевн, I. Мамакаевн, С. Бадуевн, А. Сулеймановн, А.Айдамировн, М.Бексултановн, М.Ахмадовн, Л.Абдулаевн, С-Х. Кацаевн, кхечеран а цхьа а киншка ешаза. Ткъа уьш а, царал тIаьхьа тIекхуьуш берш а нохчийн мотт кхиийта, оьздангалла ца яйта, вай кхечу даккхийчу къаьмнашна юкъахь даьржина ца дайта, къахьегна, къахьоьгуш хахкаелла йоьдуш зама.
Оьрсийн маттахь киншкаш язъян хуур доцуш бац вайн нохчийн яздархой. Оцу маттахь язйича шайн книгаш сихха мехе евр юй а хаьа царна, йоккхуш йолчу сана уьш язъеш белхьара, цара и дан а там бара. Вац шуна со орсийн маттахь язъеш болчу вайнехан яздархошна Iоттар ян гIерташ, иза суна дага деана а дац. Кхечу меттанашкахь яздан хууш а хила ма-безий вай-м говэанчаш. Ткъа оьрсийн маттахь яздан хууш вайн яздархой берриге хилча а зене дац, пайден хилар бен. Амма вай вешан ненан маттах, Нохчийчоьнан дозан чохь мукъна а, пачхьалкхан мотт ца бахь, цу маттахь Iилма, экономика, син могашалла ца кхиаяхь, хIорамма и рицкъа лахаран гечонех боза ца балийтахь, вайн пачхьалкхан урхаллашкахь болчарна иза шера хаар тIе ца дожадахь, вай маршоне кхочур дац. ХIунда аьлча вай нийса кхетта ца хуьлу, шайна чохь шайхаллин дакъа долуш аьллачу, М.Мамакаевн дешнех:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалаш бахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьамма а хьошур яц.
Оцу дешний геннара Iалашонан толам гуш болчара чIогIа къахьоьгу, шайна хуьлуш пайда боцушшехь, нохчийн маттах хьакхаелла йолчу вайн республикан хьукматашкахь: дешаран, зорбанан, литературан, культуран, бусалба динан, вайн дахарехь вон, дика а дерзоран барамашкахь хуьлийла иза. Мамакаев Мохьмадан цу байтан Iалашонах къилба дина хьегна аса шовзткъе деа шарахь ненан мотт, литература ишколхь хьоьхуш къа, цундела язйина тахана шун кхоьле юьллуш йолу «Дуьненан хьаша» цIе йолу книга а. Суна хаьа, вайн говзачу яздархойн боцу ешархой сайна муххале а хир боций. ХIетте а, нагахь санна кIеззиг ешархой бовлахь, соьгара йийлинчу ледарлонашна тIехь ца соьцуш, доьху ас, ас лоьхуш йолу нийсой, маршой гар. Суна цкъа а ца хетта со хилла ваьлла яздархо я поэт а. Исбаьхьаллин сурт диллар, синхаамийн кIорге а, поэзин бустамаш а ца ларделла меттигаш а хила там бу сан байташкахь, амма, цхьабакъду, дахаран бакъдолчунна юьстах-м ца вийлина шуна со я цхьанне а хьеста а ца велла. Мел хала мур сайн вахарехь хIоттарх цкъа а воьхна а ца хьийзина: со Дала зуьйш вуй хаарна. Со даима а тешна хилла, кху дуьненахь йоккху хан, тахане а сайна мел хала ярах, нийсой, бакъой ларъеш верг Дела хиларх. Цундела, Далла тIе болх а биллина, ийманах ца духуш, оцу Делан кханенах догйовха адам собаре хилчхьанна, цуьнан тIаьхье, тIейогIу гуттаре (эхарт) сирла, ирсе а хирг хиларх. Иштта кханенах догйовха, нохчоллех – иймана рамза долуш, шаьш дуьненан хьеший дуй хууш, цхьа хан тоьхна дахкийтина, шу хилийта лиънера-кха суна. ГIоза йоьшийла аша, махкахой, хIара а, кхин тIе мел йоьшур йолу киншканаш!
Автор.
Свидетельство о публикации №225081700777