Проза кхерчан сий лардина дай
Дуьненна а хууш ду вайн къомана тIехь мел хиллачу Iедало а лелийна харцонаш, къизаллаш. Амма 1919-чу шарахь Советан Iедало схьакхайкхочу лозунгех, метта буьххьехь цо ледочу мазах Iехаделла, тешна миска нохчийн къам большевикашна реза хилира, цо ша шена ма-луъу даха дуьтур ду моттаделла. Цундела 1919-чу шеран 9 апрелехь Цоци-Эвлахь хилла тIом а бара Советан Iедало юьхьанца, шена са йолчу агIор мах хадийна, пайда оьцуш. ГIойтIахь а, Iалхан-Юьртахь а кхечу нохчийн ярташкахь а биначу тIамех санна. Иза агитаци а, пропаганда а яран Iалашонца дара.
Сталинан гуо куьйгаллехь а, Советан Iедал шен гIорехь а чIагIдаллац Цоци-Эвлахь, кхечанхьа хиллачу тасадаларшкахь а делла адамаш Советан Iедалан дуьхьа эгна бохуш, кхелхинчийн доьзалшна пособеш дехкина, ахчанца гIо деш а хилла Iедало.
Цу хенахь большевикийн агитацин ницкъо бина лоруш хилла цоцанхойх революционераш. Амма Сталин куьйгаллехь чIагIвелла, парти коллективизаци ян йоьлча, колхозашка баха ца лиъначу цоцанхойх а мостагIий хилира Советан Iедалан.
Нисса бIостанехьа берзийра Iедало Цоци-Эвлахь бина тIом. Бусалба динан фанатизм хиллера, церан кхетамехь, цоцанхошка йоьссинарг. Цоцанхошна бен а ца хиллера, шайна кхечу динехь долчу адмашца тIом бан меттиг баьлчахьана, гIазот даккхархьама.
Оцу тIамехь дакъалаьцна балаза бисинчарна, цхьацца бахьанашца лоьцуш, суьдаш йира, байлахь бисинчу доьзалшна луш долу пособеш совцийра, Iаьрбийн йозий, дешар хууш берш лецна дIабигира, жимма а яа сискал ерш, кулакаш бина, Сибрех хьовсийра. "Динан фанатизмо гIовттийнарш" боху цIе тIера ца йолуш, Сталинан культ йоьжча а, Горбачевн перестройкин шерашка схьакхечи тхан дегнийн Iовжаме чевнаш, ур-атталла цу тIамах лаьцна цхьа а дош доцуш зорбанехь.
Бакъду, "Алун шераш" романан эпилогехь Ошаев Халида аьлла масех дош дара Цоци-Эвлахь бинчу тIамах лаьцна: "Къилбаседа Кавказехь граждански тIеман шерашкахь уггаре а даккхий тасадаларш хилла Цоци-Эвлахь, 500 сов стаг вуьйш". Вайн нохчийн къоман исторически музей чохь карийра суна, сан накъостана Доккуев Турпал-Iелина (Дала гечдойла цунна) цхьа тамашийна тоьшалла деш кехат. Цу кехато хоуьйтура: 1919-чу шарахь Цоци-Эвла деникинцаша ягаеш схьаяьккхинчу буса, Мазлакъ Ушаевс шен бIоца, оцу буссехь тIелетта, мостагIех марша яьккхина хилар. И кехат а, Ушаев Мазлакъан юкъах доьхкуш хиллачу кхелина доьхкарца, шена къастийна лелочу папки чохь дара.
Цу кехато дуьйцург бакъ дацара. Амма оццул долчу бахьанех тасаделла тхуна (къоначу юьртахошна) тхайн дайша бина болх гоьбала лаьара. 90-гIа шерашкахь, "къоман фронташ" кхиболу а боламаш гIовтта боьлча, Музаев Мохьмада (доккха баркалла ала догIу цунна) язйира очерк "Цацан-Юртовский бой". Цу тIехь мелла къегина и тIом а, юьртахойн майралла гайтинера Мохьмада. Делахь а, дIаяханчу заманан идеологига юхахьоьжуш, цензуро чекхйолуьйту агIо лоьхуш, очеркехь цахилларш тIедиттина, баккъалла хилларш эшийна хIумнаш дара, амма иза данне дацара авторан бехкенна хIума. Очерк юкъавалийнера оьрсийн къоман 5-6 векал. ЦIен байракх гичахьана, даа-мала ца доьхуш, вайн дай дуьненна а "социализм" яржош лийр болуш хилла бохуш, цензурина томана хIуъа а лаха дезаш дара-кх. Цундела, доцурш авторан бехкенна доцуш нисделлехь а, иза йоккха гIулч яра Цоци-Эвлахь биначу тIамна тIера Iаьржачу кирхьин хьоькх дIайоккхуш.
90-чу шерашкахь, Горбачевс перестройка йолош мелла йозанна, олучунна маршо яьллехь а, Советан Iедал катоьхна стаг вайа кийча дара, жимма шех Iотталуш дерг далахь. ДагадогIу суна, Iабдул-Хьамид Хатуев Шелара "Коммунизман байракх" газетехь литотделан куьйгалхо волуш, тхо "ТОМе" гуллуш цхьаьнакхеттачу хенахь (1985-1986 шерашкахь), аса оцу тхан юьртахь бинчу тIамах, цигахь эгначу гIазотех а лаьцна язйина байт тIетохарехь дина къамелаш. Хатуевс "гIазот" боху дош хийцахьара бохура, ткъа аса и дош сайн юьртахойх дIатохархьама бен суна и байташ оьшуш яцара, элира.
Эххар а сан дехар кхочуш дира цо, амма цул тIаьхьа мукIарло дира Iабдул-Хьамида: ма сагатдайтира ахьа шега, Заурбек, и цхьа дош бахьанехь, хIинций-хIинций тIекхойкху-кх хьуна ша бохуш. Цуьнан бехк а бацара. Дика ду и бакъдерг ала йиш ца хилла зама дIаяьлла, Дала юха ма йоуьйтийла и.
Ма-дарра дийцича муха кхолладелла Цоцин-Эвлахь (1919-чу шарахь) оцу денойн хьал?
Кегаелла зама. Латта, маршо а ло шаьш халкъана, шайна тIаьхьа хIиттаре кхойкхуш бу большевикаш, бохуш, даьржина хабарш. Къилбаседа Кавказ Юххерчу Малхбален пачхьалкхах, Турцех, дIакхета деза вай, вешан Ломан Республика а йина бохуш, кхайкхош лелаш кхиберш. Хьан дуьйцург бакъдан деза ца хууш, екъаеллачу ойланца хьере хилла нах, чIагIделла урх карахь сецна доцу билгалдаьлла Iедал. ХIетта бичераховцех марша баьккхина, массо а политически ницкъаш цхьаьнакхетта Узун-Хьаьжин бист кхаччалц цхьаьна хиларна, Теркан Республикан мохк. И дерриг дирзина далале меттах даьлла Деникинан эскар, тиф цамгаро хьовзийна, ша-шена дан дола доцуш хьаьвзина 11-гIа ЦIен Эскаран дакъош Аштаркхне дIадаха Теркаца йолчу гIалгIазкхийн станицашкахула дIагIоьртира.
Деникинан эскар Донера чудаьржира 1919-чу шеран февраль баттахь. Моздокерчу гIалгIазкхаша гIо а деш Деникинан эскаран цхьа дакъа БуретIе, важа - ГIалгIайчоь дIалоцуш, Соьлжа-ГIала кхечира. Большевикийн ницкъ бацара мостагI юхатоха. Теркаца дехаш долчу къаьмнийн, Къилбаседан Кавказан къаьмнийн федеративни республика кхолла Iалашо йолуш, шен ден Iовдин (Баммат-Гира-Хьаьжин), шен а 6-эзар сов мурдаш шен куьйга кIел болу Митаев Iела (мурдаша Вели олу цунах) хIутту, большевикех ша дика ца тешашшехь, Нохчийчоьнан маршо ларъян. Цо олуш хиллера: "Большевикийн (муьжгийн) Iедалан матта буьххьехь моз ду, амма меттан бухехь дIовш хиларна кхоьру со. Тахана кхайкхош дерг, шайн Iедал чIагIделча, къаьмнашка шайн пачхьалкхаш йойтуш, уьш маьрша дуьтуш чекхдоккхур дац цара".
Шайхана ма-дарра хиндерг гуш хиллехь а, миска, паргIатонан хIоне, лаьттан токхоне, дахаран нийсоне сатесна халкъ чIогIа тешнера большевикаша дуьненан ялсамане оьхьуш даржийначу хабарех. Къам дIатесна ца дита, Кавказан бусалба къаьмнийн барт бина маьрша пачхьалкх ян лаарна, шена Делера гIо хиларе са туьйсуш, Соьлжа-ГIалара ГIизларе кхаччалц аьчган цIерпоштан некъ шен мурдашка талорех ларбойтуш, шега ладугIучу нохчашка цIеэскархойн, Деникинан а къовсамна юкъа ца гIертар доьхуш вара. Царах тоьллачо вайн дахарна санехь, пайдехь дерг деш хилахь, вай тIетайчхьана довлу, бохуш. Ткъа вайн къам ладугIуш ца хилла, къаьсттина цоцанхой хилла деникинцашна бага бахана, сих-сиха царна кIелонашца тIелеташ зенаш деш. Цундела хилла кIайчийн сацам: Цоци-Эвла хIаллакйичхьана, мохк а Iадош, кхийолу ярташ шайна новкъа гIертар яц бохуш. Цоци-Эвла, Нохчийчоь кхоччуш кхерорхьама, ван везаш хилла мостагI. Цундела Iовдин Iелас, цоцанхой мостагIах лата дIахIуьттур буй хууш, церан нигат-лаам Делан дуьхьа а, ял йолуш а хилийта, Цоци-Эвларчу юьртан къедина а, маьждиган моллина а гIазот дехкийтар тIедиллира. Цул совнаха, Iелас Веданара шортта герз а, патармаш а даийтинера Цоци-Эвла, юьртана хадан кхечу ярташкара мурдаш хIиттийнера. Амма шайхо беш болу и кечам а емал бан нах бевллера. Эладита делира деникинцаш Цоци-Эвлана тIегIертар бац, уьш Иласхан-Юрт йохо гIур болуш бу. Ткъа Iовдин Iела Иласхан-Юьртара Кишин-Хьаьжин зиярт дохадайта гIерташ ву, герз а, ницкъ шен карахь берриг а Цоци-Эвла хьовзийна. Эладитанаш тола а тоьлла, Iелин Иласхан-Юрта ваха дийзира, нах шех тешаш цахиларна. Амма оцу эладитанийн наха, Цоци-Эвла ягийна, мостагIчо яьккхича, юха и бехке вира: Iовдин Iелас, накъостий, герз а дIадаьхьна, шена ахча а доккхуш, гIалгIазкхашка хIаллакьяйти вайн юрт, бохуш.
Вайн къомо даима хьийзийна шайн баьччанаш, тхьамданаш, къонахий. Цундела уьш дукхахберш махкахь каш, лахьта а доцуш, тIе деъ-деанчу Iедало хIаллакбина. Iовдин Iела а ца волу оцу къизачу кхоьлах.
Вай лакхахь дийцинчо гойту вайна 1919-чу шеран 9-чу апрелехь деникинцашна дуьхьало йина сан юьртахой марксисташ-большевикаш цахилар.
Шайна юкъахь Ленинан партин векалш бацахь, Советан Iедалан цIарах даьржинчу хабарех тешна, там хилла, шайн къоьлла бен кхин дан, диса а хIума доцу нах дуккха хилла хIора юьртахь, Цоци-Эвлахь санна.
Большевикийн векалех стаг я церан IиндагI ца хилла оцу дийнахь цоцанхошца тIамехь. Музаев Мохьмада (Нурдин Музаевн кIанта) язйинчу "Цацан-Юртовский бой" очерк тIехь вуьйцуш пхи оьрсийн салти ву (ЦIечу Эскаран тIемалой, цомгаш хилла, тобаллалц эвлахь бисина) оцу дийнахь цоцанхошца тIаме хIиттина. Уьш цу тIамехь бала а ле, юьртахошца дIа а бухкуш. И пхи оьрси юкъавалийча дехка мегаш ду "Советан ЦIен гIазот", амма уьш юкъахь боцуш дихкина "кIайн гIазот" я "баьццара гIазот" - иза фанатизм, тилар а дара коммунистийн заманахь.
Амма тхан юьртахь хьалхе дуьйна кхоьллина тоба хилла ГIойтIахь, Iалхан-Юьртахь, БердкIеллахь, Устрада-Эвлахь, Гуьмсехь а хиллачу тасадаларшкахь дакъа лоцуш, Митаев Iелин векал, тхан юьртахо Мааев Iоба коьртехь а волуш. Оцу тIаме хIиттинарш цхьана а идеологин йийсарш бац. Уьш шайн хьанала къахьоьгуш, шайн юьртан а, бусалба динан а, шайн доьзаллийн а сий лардеш, махко къуьйсучу маршонна, паргIатонна хилахь шаьш лелочух гIо хилийта, летта бала дуйнаш биъна нах бу. Царна ца лиъна бIешерашкахь дедайший, дайший сатийсина, шайна керлачу Советан Iедало дола дерзош декъна схьаделла латта шайгара дIадала, шайга кхаьчна паргIато дIаяла, бIешерашкахь шайн ворхIедайшна ун хилла лаьттина паччахьан Миклайн Iедал юха коча хаа, мостагI шайн кхерчаца эвхьаза ваккха. Юьрт шина декъе екъало цу дийнахь, делахь а мостагIех лата кийча долу дакъа алсам дара. Алсам долчу декъаца бара Мааев Iоба, Берсанов Даси (цуьнан декъа тIехь гулдина хиллера Веданара Iовдин Iелас схьадаийтина герз, патармаш). Цоци-Эвлан къеда Махьат-Мирза (ша цIера Эвтарара а волуш) Iелас цоцанхошка гIазот дехкийта билгалвина хиллера. Цунна (Махьат-Мирзина) гIо деш хиллера юьртан молла Мусло (Куршлойн-Эвлара), юьртахой: Цоцаев Маьчиг (Цоцин кIант), Арсанукаев Бата, Мудаев Iальви, Исраилов Iальви, Нуханов Воца, Байсултанов Мохьмад, Хаджимурадов Гала, Эдиев Бета, Гадаев Идиг, Хамзаев Кусу, Мускиев Iабдулха, Алиев Iуспа кхин-кхин а дуккха юьртахой.
Деникина 1919-чу шеран 29-чу мартехь дIакхайкхийначу ультиматум тIехь Соьлжа-ГIалахь хиллачу нохчийн гуламехь (цига гулбелларш дукхахберш доьжна паччахьан Iедал духадендала лууш болу хьоладай хилла) Цоци-Эвлана шенна билгалйина цхьа пункт хилла шен цIарца: хьалхалерчу тасадаларшкахь шаьш йийсар бина "КIайчу Эскаран гIалгIазкхий, эпсарш а схьабалар". Ерриге а Нохчичоьна кхайкхийначу ультиматуман ворхI пунктах, цоцанхоша, цхьа пункт кхочуш йийр яц шаьш аьлла, барт бина. ТIехула тIе, Деникина дIакхайкхийна гуламехь хиллачу нохчийн векалшка, шайна тIом ца безачу ярташа, КIайчу Эскарна шаьш тIамна кечделла доций хоуьйтуш, юьртан маьждиг тIе я кхечу метте, геннара дIахьаьжча гунйолчу, кIайн байракх тоха, шен эскарна и юрт шайна маьрша юй хаийта. КIайн байракх хьала оллаза йолу юрт шаьш дIашаръеш йохор юй хаийтина инарлас. Ткъа цоцанхой къарбан безаш хилла. Цундела 1919 шеран 4 апрелан пIерасканан дийнахь, рузбанан маьждиге адам ламазана гулделлачу хенахь, Цоци-Эвла ваийтинера КIайчу Эскаран эпсар, нохчо. Цо дIакхайкхийра, уьлтиматум кхочуш ца яхь, юрт йохор хилар хоуьйтуш
Деникинна дуьхьало яр эрна дуй хоуьйтуш, цо дийцира: "Гуьржийчоь, Эрмалойчоь, Азербайджан, ДегIаста, Дон, Нохч-ГIалгIайчоь КIайчу Эскаран карахь ю. Шу стенна догйовха ду, шуна гIо тIекхача цхьа а агIо яц. Эрна хIаллак ма хила, шайн кегийчу берех, къанбеллачу нахах, зударех къа ца хета шуна? - бохура цо. - Iалхан-Юьртахь, ГIойтIахь, Устрада-Эвлахь, БердкIеллахь хилларг ду-кх аша шаьш шайна тIедоьхуш. Ма Iехало челахь бинчу муьжгийн туьйранех, дIадахийта Деникинан эскар, тIехьашха кIелонаш а ца еш, Москва схьаяккха, Советийн басекийн Iедал дохо".
Цоцанхоша шаьш, ультиматум кхочуш ца еш, летар дуй дIахаийтира шайна кхерамаш тийса веанчу эпсарна. Эпсар, вай дайша ма-аллара, кхайкхаза варна, доттаза вахара. Юрт, вай даьлча санна меттахъелира. ХIоранна а хаьара герз кийча хила дезий я юрт а йитина орца ваха везий. Мааев Iобас хIора юкъан тхьамданашна тIедиллира лата кийчачийн хьесап деш, царна герз нисдар. Рузба дIадаьлча цоцанхошка вистхилира Махьамт-Мирза, Мусло, Даси, Iоба. Цара къобал бира нехан мостагIех латарехьа хилла сацам. Цара бохура: "Советан Iедало кхайкхош долу низам КъорIанан хьехамашца цхьаьна догIуш ду, цундела иза шариIато ма-дуйццу нийсонан Iедал ду". (Ша чIагIделла даллац хила а хилла Советан Iедал миска нах хьоьстуш, нийсо лохуш а, амма тоьлла даьлча - адамийн лаамна бIостанехьа дирзина). Шаьш галдевллий, Iехаделлий масех шо даьлча кхетар ву, цу хене ваьлларг молланех, сан юьртахой а. 1925-чу шарахь дуьйна Советан Iедална ямарт бу, тешаме бац бохуш, Сталина а, цуьнан гуоно мехкан, динан тхьамданаш, яздархой, жимма доьналла долу къоман векалш хIаллакбан болийра. Амма иза тIаьхьа хир ду, ткъа 1919-чу шеран 5-8-чуй апрелан деношкахь Цоцин-Эвла, мостагI тахана-кхана тIелета шена бохуш, кечам беш хилла. ДIасадахийтина юьртана гонаха ха дара Зукин борзехь, Педин борзехь, Шуьйрачу урехь, Забантан акхтаргашкахь а.
КIайчу Эскаран хьаькамаша Цоци-Эвла къаръян хьажийра кхуза гIашлойн армейски дакъош, шайца яккхий тоьпаш йолуш, пластунийн дакъа, уггар тоьллачех шина кавалерех вовшах тоьхна бIо, бомбанаш юьртана тIеIано шиъ хIаваан кема а.
Цу эскарша Устрада-Эвлара Шела боьду некъ, Гуьмсехьара орца ца хилийта Джалкхера, Иласхан-Юьртара Куршлойн-Эвла боьду некъ а дIалаьцнера. Цоци-Эвла гона юкъа къовлуш дIайолийнера шайн оперици, юьрт гора хIотто дагахь. Хадеш болчу юьртахошна: Байсултанов Мохьмадна, Бакаев СангIарина, Товзиев Ахьмадна, Нахуханов Дудина хьалха хаабелира, гуш тIебогIу КIайчу Эскаран дошлой Шуьйрачу урехула. Забантан акхтаргашкахь долчу хана а гира кIайчийн дошлой, Хуло тIе кхаччалц хьунчухула баьржина богIуш. Зукин борзехь а гучуевлира кIайчийн тобанаш, Шелара, Гермчигара некъаш дIалаьцна тIебогIуш. Гелдаганан, Эвтархойн а агIонаш йоцурш, гIо тIедан агIо йоцуш, гуо бинера Цоци-Эвлана. Оцу шина юьртара гIо хиларе, орца даре а сатуьйсийла яра, тахана Iожаллина кхаж баьлла, гIазотана дIахIиттинчу цоцанхойн. МостагIчунна тоьпашца кхиссарш а еш, ха юхаделира.
Цоцанхоша ЖагIа болчу ураца, Iазин ураца а бекънера шайн тIемалой. КIайчара Зукин борза тIера етта йолийра цоцанхойн позицешка йоккха топ, наггахь эвла юккъе а тухуш.
Артиллерино шен болх бинчул тIаьхьа, пластунаша психически атака йолийра цоцанхойн позицешна тIе. Амма Iалашо ца карош ца йоьлхура цоцанхоша кхуьссучу тоьпийн дIаьндаргаш. Зоьртала, доьттича санна догIмаш долу, тоьлла донской гIалгIазкхий, гуьйренан дарцо диттийн гIа санна, эгабора сан юьртахоша. Психически атакехь нохчийн кIентий кхералур боций хиъча, хIиллане бевлира деникинцаш. Уьш масех нилхачу хьалхий-тIаьхьий могIаршка а нисбелла, хIордан тулгIенийн хьесапехь тIелахкабелира. Цхьа могIа гIаьттича, иттех гIулч хьалха бовла, охьабижинчу могIано цоцанхошна тоьпаш кхуьйсуш, цул тIаьхьа гIевттинарш охьа а буьйший тоьпаш етта хуьттуш. Амма оцу хIиллано а гучубоккхуш толам бацара, шина а агIорхьара дуьйлучу герзо охьадохкуш декъий дара. Оцу шина а агIорхьара дуьйлучу герзийн кIуркIаманехула лелаш Махьмат-Мирза а, Мусло-молла а хилла пхьаьрса кIел КъорIан а лаьцна.
- Къонахий цамгаро хьийзош, меттахь керчаш леш товш бац. Уьш бакъой, дай баьхна латтий, бусалба динний, шайн къоман оьздангаллий, ворхIадайн сийлахь цIей ларъеш, мостагIех леташ, гIазотана юкъйихкина бала беза , - бохуш, цхьана тобанна тIера вукхунна тIе боьлхуш, летачийн дог ир-кара хIиттош хилла. - Шек ма довла, кIентий, вайх велларг шайний-шайний бохуш, къуьйсуш, вайна стиглара тIехьаьвсина Iаш хIуьрлаIанан мехкарий бу шуна, ялсаманийн наьIарш йиллина.–
ТIом кхаа-деа сахьтехь сов бахбелира, юьйлучу тоьпийн биргIанаш куьйгаш а дагош йохъеллера, цу тIе патармаш кхачон доьллера. Iаламат доккха гIо хилира, мостагIийн гуо нилха болчухула чекхваьлла, цоцанхошна шен йоккхачу тоьпаца орцах веанчу Шелара ШитIера, шайн пулеметашца мостагIий, мангало буц санна, охьабохкучу Утин Маьхьдегара, Чомпин Iаьзера. Сихдина дIакхоьхьуш декъий дара ворданаш тIехь шина а агIорхьара. Iожаллин той хIоьттина де дара хIара. Iуйранна 10 сахьт долуш болабелла тIом делкъал тIаьхьа 2 сахьт долуш гIелбала буьйлира. Ца моьттинера кIайчарна шаьш хIоккхул дахлур ду юьрт схьа ца яккхалуш. Шайн тIемалойн декъех ворданаш юттуш дIакхоьхьуш дайначу цхьана эпсаро аьлла хилла: "Ма кхоам бу-кх хIокху тоьллачу донской гIалгIазкхийн эпсарийн кху мезаша дуьзначу кетарийн кочмаша хIаллак бинчу". Амма тIеман гIело алсам яьккхинера цоцанхошна деникинхойн шина кеманой, яккхийчу тоьпаший. Доллучул Iеткъаш дерг патармийн къоьлла хIоттар дара. ТIегIертачу мостагIна кхосса патармаш ца хиларна, юхабовла дийзира цоцанхойн ЖагIа болчу урера Iазин уре. Шайн юхадовлар лардеш кIеззиг юьртахой ЖагIа болчу урехь битира цара. Шайн лаамехь буха севцначара, мостагIий герга бахкийтина, шаьлтанаш етташ, чукарен тIом болийра. Цукаев Нугас дуккха а деникинцаш охьабехкинера боруш шен шаьлтанца, дIаьндарг санна мостагIашна юкъахь хьийзаш. И дийна каравалон ницкъ ца кхаьчна, деникинцаша тоьпийн цамзанашна тIехь хIаваэ хьалаваьккхича а, лакхара охьа шаьлта лестош ши гIалгIазкхи вийнера цо шен са далале. Гуттар чIогIа тIеман гатто цоцанхошна тIехIоьттинчу хенахь, Куршлойн-Эвлара патармех йоьттина шина хIургон тIехь орцах кхечира ши юьртахо Мусин Эский, ГIарасий.
ТIом юха а марсабелира.
Чевнаш йинарш дукха бара цоцанхошна юкъахь. Уьш юха ца бовлура, амма шаьш бертаза тIамна юкъара бохуш мостагIчунна букъ ца берзош ховшабойтура шаьш ворданашна, говрашна а тIе. Де суьйренга ластталц лийтира майра кIентий, амма кхидIа лета ницкъ бацара, гIирс кхачорна. МостагIийн гуо юьртан логашад Iовдуш тIеттIа боьдуш бара. Беллий, езачу чевнаша эшийний кхачалуш бара Цоци-Эвла ларъеш хилла тIемалой. Дийна бисина дуьхьало еш болу юьртахой, мостагIий а чуччабахана, вовшех хьерчаш уьйриг хила, юьртана чубирзира.
Юьрта чохь шайн дог Iабо буьйлира деникинцаш. Зуда, бер, къаной ца къестош воьра цара, цIераш туьйсуш ягон йолийра цоцанхойн миска хIусамаш, ялта чохь долу доьйрчий. ХIора урам, цIа а тIамца яккха-м йийзира кIайчийн. Шен кертахь мостагIех леташ юьйжира Визиева Маликат. Кхо мостагI шада Iиттина вен кхуьуш, сих къаьстира Батаева Селихьат. Чуьра тIом бечура ца сацош, мостагIчо цIенойх цIераш а туьйсуш, шайн хIусамашкахь бегира цхьаболу юьртахой. МаьркIажан бода къовлалуш, кхин дуьхьало ян ницкъ боцуш, дийна бисина кIеззиг цоцанхой юьртах бевлира.
Цу буссехь тайп-тайпана кIотаршкарий, ярташкарий кхаьчначу орцанах а ийна, тIелатар дира йоьжначу юьртахь къовлабеллачу деникинхошна. МостагIий, буса бечу тIамах озабелла, яьгна юьрт юьтуш, Соьлжа-ГIалехьа юхабевллера.
Цу тIеман куьйгаллехь исторехь цIе йоккхуш хилла революционераш-большевикаш бац, я цара билгалбина ур-атталла векалш а. ТIе, цу тIамехь дакъалаьцнарш берриге Делах тешаш, марксистски, ленински идеологех кхеташ, революционни Iалашонаш евзаш нах бацара. Церан яцара къеггина схьалаьцна Шериповца, Гикалоца, Кировца и.дI.кх. йозуш зIе. Уьш мел къаго гIоьртича "стихийни бунтараш бара, шаьш хIун леладо ца хууш гIевттина. Царна бен дац, шайна гIазот даьккхина аьлла цIе ян, лата кхечу динехь мостагI хилчхьана", бохучу маьIнин кхетамехь сурт гуш, латтийна и цоцанхойн нийсонехьа, кхерчан сий, маршо, паргIато къуьйсуш баьхьна цу дийнан тIом Iорабаьккхина зорбанехь, литературехь ца къагош а, беллачийн сийна цхьа хIоллам ца бугIуш кху юьртахь. Горбачевс перестройка йолийча, йиш хилира цоцанхойн оцу гIазотан дийнан а, цу тIамехь эгначу гIазотийн а сий хила дезачу лараме кхачо. 1919-чу шарахь 9-чу апрелан дийнахь шайн доьзалшкахь эшамаш керта кхаьчначу тIаьхьенашна-м цкъа бицлур бац и тIом. Амма цу дийнан бохам, лазам, беллачийн сий, пусар дар вайна массарна а тIехь ду. Адамийн иэсана оьшу иштта доккха хIума карладоккхуш, дагадоуьйтуш бIарлагIийн хьаьрк-хIоллам. Юьртана, вайн махкахошна цоцанхойн тIеман де дагахь латтийта, и тIом хиллачу метте ГIазотийн бIов йогIа доггаха къахьийгира кху могIанийн автора, Доккуев Турпал-Iелас а (Дала гечдойла цунна), оцу хенахь 1988-1990 шерашкахь юьртда хиллачу Орцуев ХIирис, (Дала гечдойла цунна), Демеев ИсмаьIала, Вакаев Iабис (Дала гечдойла цунна), Доккуев Мохьмада (Дала гечдойла цунна), Саидов Iийсас и.дI.кх. юьртахоша.
Доккха гIуллакх дира Цоци-Эвла ларъеш эгначу гIазоташна Сийлаллин бIов-зиярат дIахIоттон тIелаьцначу Эвтарарчу "Этюд" цIе йолчу кооперативан белхалоша (церан цIераш йицъелла суна) Дела реза хуьлда царна. Маьхза бохург санна, бира болх оцу шина къонахчо. Цоци-Эвлан Совето (юьртдас Орцуев ХIирис), "Октябрьский" совхозо (директор Визиев Ахьмад), юьртахоша гулйинчу хоржах кхочуш хилира бIов-зияртана гонах керт яр, чохь биргIанийн хIолламаш догIар гIазотийн, хIоранна а шен-шен цIарах.
И бIов-зиярт таханлерчу дийнахь лаьтташ ю Цоци-Эвлана малхбузехьарчу агIонехь, Соьлжа-ГIала боьдучу некъана куьг аьрро агIор. Цунна тIехволучо доIа дар, машенахь, ворданахь я кхечу хIуманна тIехь вогIург хьала гIоттуш, церан сий дарца Деле уьш даржехь совбахар дехар вайна, вайн тIаьхьенийн тIехь декхар, гIиллакх а ду.
И зиярт дIахIотточийн Iалашо яра тIаьхьенийн ИЭС меттахь латтор, амма цул сов оцу зияртехь юьртан юкъара дика-вон хиламашна лерина барамаш оцу кертахь лелор, оцу бIов чохь мраморни я аннийн экъанаш тIехь эгначийн цIераш дIаязъеш, пенашна тIе дIатохар а. Зияртана чухула хьалаволуш лами болуш, шолгIа гIат дина, цу чохь эгначийн суьрташ, духар я кхийолу хIума гулъеш, музей кхолла. Амма вайн махкахь хIоьттинчу тIеман хьоло иза генна дIатеттира. Бакъду, и зиярт дIаделла-м ларабелира юьртахой доккха тезет хIоттош, сагIа доккхуш, вайн махкара кхайкхина хьеший балош. И зиярт дIаделларан барам ша бийца богIуш гIуллакх ду, цундела цунах лаьцна кхечу статьяхь дийца дезар ду.
Декъала хуьлда адамашна паргIато, маршо йоккхуш, нийсо чIагIъян гIерташ, шен къоман сий, мохк ларбеш, шайн дахар къовсаман куьрка тесна, дахарехь дика цIе йоккхуьйтуш чекхбевлла къонахий.
Свидетельство о публикации №225081700784