Бехкениг леха ца оьшуш кхаьчна бала
Цоцин ах-юрт йоьлла хьаз!
1
– Юьллуш дуьйна, Дала самалха ма далийтила аьлча санна, йиллинера хIара юрт Хуллоно гIуммий, тулггий ловзийначу кху акъарешний, гунашний тIехь, – бохуш, яппаршца, рагIу кIелхьарчу оти чохь гIар эккхийтина воллура Айкхасолта шен бажица
Мингасолта – Хьажица (ши йиша яра цаьршингахь).
– ХIунда яц хIара нийса йиллина? Неханаш санна юрт ю-кх хIара. Мила ву хьан самалха ца долуьйтуш? – бохуш, кхиссарш йо Мингасолта – Хьаьжас, шен бажа теван дагахь. Важа-м вац юхаверза дагахь, мелхо а шен бажина тIевоьрзу.
– Хьо, и шун ерриге хилдехье, оцу ягочу газан стоммачу биргIина юххехьа мел волчу юьртахочо а ца дуьту-кх дохдала я самалха дала сан а, со санна оцу биргIина жимма нацкъаро волчуьнан а!
Айкхсолтина моха тIееана яьллера, хIинца цуьнан къамелана юкъалелхар эрна дара. Цундела Мингасолта-Хьаьжа цуьнга ладоьгIуш сецира. Вай а ладугIур-кх Айкхсолтин балхаме. Цо, ша ма-дийццара цуьнан къамел ца дитахь, соьца девне вала мегаш стаг ву иза шен оьгIаз вахарна тIехь.
2
ХIара юрт цхьаьнатоха гонахарчу кIотаршкара нах гулбелча, Гумс-хи, Хулло вовшех кхетачохь (вайн къаноша дийцарехь) ши гIалгIазкхи хила вехаш Iаш: цхьаъ – Добров, важа –Федя. Уьш Iийна меттигийн цIераш ю: Добровн – корта олуш шовда, Федин – барз олуш цхьа гу а. И барз доккха деача Хуллоно ахкарна, чуоьгуш, хIора шарахь жимлуш лаьтташ бу. Ткъа Добровн – корта аренца болхбечара шайн хьогалла яйа, ламаз эцарна дезар деш схьабогIу. Ас иза хIунда дуьцу те аьлла, хета там бу шуна. Дера дуьйцу, цара вайн дайшна хьекъале кхетам белча, иза схьа ца оьцуш, вайн дайша цаьршимма цабоххург дина дела. Цаьршимма аьлла хила: –ХIокху тхо Iаш долчохь я кхин дIа лахо йилла шайн юрт. Кхузахь хина аьтто хир бу шуна, мел йокъане шо дагIахь а. Шайн кхаш лакхахь лелор ду аш. Яьсса ворданахь хьала дахана, цу ворданна тIе мел беза мохь биллича, охьанехьа цIа бан атта хир бу аша дIадоьжначу хьайбанна, дIоггара ницкъ ца хуьлуш. Цул сов Гуьмсе даха-дахка юххехьа а хир ду шуна». Цара бохург аьттехьа ца дуьтуш юрт хIоккхахь йиллина вайн дайша. Бахьана хIун дара теша цара ла цадогIаран? Гулбеллачарна юкъара цхьаммо кхоссар йина: «Ара гIуммагI ца хьош волчу керистане ладугIур дац вай, кху лакхахь вовшахтухур ю вай юрт». ТIаьхьа, шаьш баха охьахевшича-м хиънацарна и ши гIалгIазкхи бакъ хиллий. Амма 13-шарахь махках даьхначуьра юха цIа бирзича, тIаккха хIара юрт лаха ца узуш, юха шайн дайн херцорашна тIехь гIишлош ян хIиттина. Цундела дечиг, сара, чеш, докъар, бежнашна боккху цIов лахара хьала текхабо тахана. Ткъа токхамаш хилла боху энганой, гIалгIазкхий вайна марзъян гIиртинчу метте охьахевшина.
Цундела хина, дечигна, Гуьмсе, Соьлжа-гIала дIасабахарна, даьхни кхабарна, чIерий лецарна, латта беркате долчохь дIанисбелла. Ткъа со, со санна газ ца кхочуш биснарш, ах-юрт ала мегар долуш, кертахь мел йолу стоьмийн дечиг ягийна бовла, дечиг оьцуш, цунах гIетакх цахуьлуш, хIара сайниг санна долчу отош чу доьзалш гулбина, хене бовла гIерташ бохку.
3
Отто чохь бIаьргех, мерах а хиш туьйсуьйтуш кIур бара оьхуш, нохчийн пешан бертигехула, Айкхсолтас «хIуп.п.п» моссаза олу.
ХIокху кIуьрлахь ца Iерах-м, кхин а хIусамаш яра Айкхсолтин, амма уьш хи чухулачу лелачу батарейкашца йохъеш яра,ткъа уьш йохъечу котёлана кIеллахь цIе яцара, цу чу кхочуш газ цахиларна. Доллучул а дегабааме дерг дара юьрта чуйогIуш газ а йолуш кхаа атмосфере кхаччалц, амма юьртахоша , къаьсттина коьрта биргIина уллочара, Хулонна дехьара (малхбузехьара) эха юьртарчу наха, йисинчу эха юьртан сакхачийна, оцу газ тIехь харцонаш лелош. Малхбалехьа болчу юьртахошна, юьртан йистошца болчу пекъаршна чоьнаш йохъялла, кхача кечбалла газ цакхачарх шек дIа ца бовлуш. Газ схьайогIучу бертехь болчу наха (уггара кIезга – 5, вукхара 10-танга кхаччалц) теплицаш, парникаш дIахIиттийна. Цхьаболчара кибарчигаш йоту заводаш йина, шайн кхаьллеш ягон беша йигнарш а бу и газ, бежнийн божлашка цхьаьна. Хилсехарчара биргIанна уллохь нисбеллачара изза дина, массо шен аьтто баьллачу агIор катухуш ву. Адмашна чоьнаш йохъян, кхача кечбан аьтту беш ялийначу газахь коммерцин газ хилла дIахIоьттина. ТIехьовсуш болчарна бен дац шайн кисана ахча кочуш хилчхьана оцу заводех, теплицех.
Дера цхьаболчарна оцу газах пайда ма хуьлу, иза царан хиларх вайна новкъа ма дацара, цхьана нахана гIело еш, уьш шелбеш, церан доьзалшна цамгарш ца йовлуьйтуш и болх лелош белхьара.
Бакъду, цхьана нахана «ловзо чкъург, баа хьокхам болуш», ткъа вукхарна оцу чкъурган гIоз, хьокхаман хьожа ца кхочуш, хIара гIуллакх иштта кхин а дIадоьдийла ю бохучунна, реза-м вац Айкзсолта.
4
Амма Мингасолта – Хьаьжас Айкхсолтас дуьйцучунна дуьхьалонаш ян йолайо, бакъдерг бакъду ца ала. Цо боху: – ХIунда ца бина аша хьалххе шайна йогучунна, Айкхсолта, масех Iай шаьш хIара бала хьоьгуш хилча? Хьалхалерчу Iаьнашкахь ца хилла газ кхушарахь мичара хиларе сатийсара аша? Шуна хIунда ца хаара, – боху цо,– Мескар-Эвлехьара схьаялийна йолу газ, оха, тхаьшна совъяьлларг бен, шайна кхочуьйтур йоций? Иза Куршлойн Эвлехьара схьайогIуш елхьара, аша тхуна дийр ма-дара изза! Цхьа нохчий ма ду вай! Шуна хIунда ца хаьа юртда, юьртан Iедал а тхан дехьара хилча, царна цIахь я балхахь а Iаьнан шело хаалур йоций? Шуна хIунда ца хаьа тхан коммерцех газ тIехь болчу белхалошна, царна тIехьовсучарна зен ца долий? Ванах шу муха ду,тахана дуьненчу девлча санна? Шаьш реза дацахь, шайна газ ца кхачахь, биргIанах тасаделлачуьра дIадовла, чуйогIу бирганаш дIахеда яй!
5
– Тхоьга счётчикаш яхка боху газана тIехьовсуш болчара, юьртан куьйгалхоша, нагахь шаьш такха тIедожош долу беттан ахча такха ца лаахь. Газопровод тIера биргIа хIусам чуялийна елахь, оцу чохь адам делахь, газ хилий, ца хиллий боху хабарш эрна ду, тIебожийна мах такха безар бу! ВаллахIи, Мингасолта – Хьаьжа, хьоьца дагабевлла хаац я тоба дина хаац, амма цхьанаматтара-м ду оцу хьаькамийн, хьан а хабар. ХIокху вайн юьртарчу балхо къеггина тIедаьккхина гойту вайн юьртахойн ийман, вай динехь, Iедалехь нисдан дезачийн ийман а. Масала, схьалоцур вай хьо, сан бажа,
Мингасолта-Хьаьжа! ХIора пIерасканехь рузба дан воьду хьо, хьо санна шайн «коммерцица» кху юьртана гIело латтош болу бусалба вежарий а. Цигахь ца олу шуьга имамо я къедас, аша лелош дерг нийса дац! Ах юрт шелъеш аша доккху рицкъа хьарам ду. Аша теплицаш чохь, заводашкахь, сом даккха гIерташ, ягош йолу газ, Iедало бахархойн хIусамаш йохъян, кхача кечбайта Iалашонца, оцу балхана оьшшучул бен юьрта чухоьцуш яц. Ткъа иштта хьесапца вайна чуялийначу газах, цхьа нах шелбеш, шена соьмехьа иза дIахьийзош верг, ийман заьIап, къу ву. Цо юьртахошна дийриг, малх-аккъара къола ду, хIумма лечкъа ца лечкъаш!
Нагахь санна шуьга иштаниг олуш дацахь, боьхна болх бу-кх хIара. ВаллахIи, биллахIи, таллахIи, тхоьгахь аша яллочу гIелонна-м хатIе хир ма ду хьуна шу, Мингасолта-Хьаьжа. Я шун Iамалш, хIокху оти чу хьийзачу кIуьрал башха, кхин тхевнал хьала ер ма яц шуна, шуна мотта хIуъу моттахь а. Тхо аша шелдеш, тIе шуна дуьненан даьхни, эхартан ял а ший хуьлийла дац! «Сихалло – са диъна, собаро – лам биъна», – бохучу кицанца садетташ схьадаьхкина тхо дадаханчу шерашкахь. Делан дуьхьа, дерзаза тIеман шерийн хьовр-зIовра ду-кх, денна хийцалуш юьртдай бу-кх, хIораммо ша дала долуьйтур ду баьхча. ТIе оцу газан бала айина лелаш «юьрткхоьлан» къаной хилча Куршлойн кIоштан, Соьлжа-гIалин хьаькамийн неIсагIенаш ларъеш, цхьаъ хир дац техьа бохуш Iийна, массара хаза хабарш дийцича, са а детташ. Ца хаьа, Мингасолта-Хьаьжа, хIокху ах юьртана тIехь лаьтташ дерг Делан гIуда ду я Цуьнгара зер ду, я Iедална бен дацар, бала бацар ду а.
Дала тхо зуьйш делахь-м ЭлхьамдулиллахI! Цуьнгара цхьа ял йоцуш дуьсур дацара тхо. Амма Iедалан ледарлой, бен дацар и делахь, тхан къилара-м бовлийла яц хьуна церан я шун а.
6
Кху тIаьххьарчу Iаьнна кIел кечам боцуш тхан дахарна-м, тхан бехк бацара хьуна, Мингасолта –Хьаьжа. Вайн къанойн Советана юьртдас цхьа башха кехат гайтинера. Оцу кехато догйовхо лора, Ведана хьалаюьгучу газопроводна тIера вайн юьрта газ схьаялор йолуш хиларна, и газ дIаюьгучу куьйгалхочо куьг таIийна долуш и кехат хиларна. Ткъа иза кехат тIехь дисира, тхо хи чохь бIаьргаш биллича санна дисира. Кехатан ницкъ ца кхечира шена тIехь йина чIагIо кхочушъяйта. Вало, Мингасолта, жима хIаваэ валий, сан кIентан бераш чудоьхкинчу цIа чу гIур ву вайша. Цу чохь гIеххьа йохлора ток дIа ца йоккхуш йитича, дIахоттийначу шина камино. Ток ю сих-сиха дIайохуш, ток йоккху станцеш гIорош ю хаац. Амма ток а дIаяккхахь, кIентан бераш чета ца дохкахь, кхин уьш дохдан меттиг-м бац сан! Хьаьнга орца аьлча, хIун хир дара те, бохуш, дукха ойланаш ю-кх коьрте хьийзаш. Вайн юьртахошка ийман доьссича-м, арахьара орца оьшур долуш хьал дацара, ткъа иза ца хила даьла. ХIара болх мехкан дийцаре ца даккхахь дер дац, тIаккха бен кхунах цхьа йист ер яц. Махкахой, гIо дейша тхуна нийсой, бакъой толош, вовшех къа хеташ, ларамах ца духуш, цхьа дог шийла ца вуьтуш и газ бахьанехь, – аьлла кхайкхам бина, Айкхсолтас дерзийра шен къамел, бажица кIентан бераш долчу а воьдуш.
Свидетельство о публикации №225081700789