Духар коьрта тIера долало

Шен дагахь хетта, ша къонах ца хеташ цхьа нохчо вац. «Даймохк» газетан 68-чу номерехь, 18-чу июнехь 2009-гIа шарахь, айткхалойх волчу Ойсхарара Джимнигов Вахас (цу юьртара хьехархочо) ша гулдинчу дайн хьекъалан цинцашна юкъахь, «Къонахчух дош» олуш, билгалдина ткъе итт герга пайдехь аларш ду къонахаллех лаьцна. Уьш дерриге вай, иэсехь латторал сов, кхочуш дан дезаш тIедахкарш ду. Таханлерчу заманахь вайн къомах даима нахана хьалха хьийзаш болчу наха тидамаза дитина, амма цара телевиденихула, цхьаьнакхетаршкахь ладугIучарна, нохчийн гIиллакх-оьздангаллица лардар тIедожош, шаьш лар ца деш дикка хIумнаш ду вайн халкъо лардеш схьадохьучех. Кхин дерш хьехош IалагIожа ца еш, оцу Джимнигов Вахас гулдинчу аларшна юкъара диъ хIума схьакъасто лаьа суна, хIунда аьлча царах болу лазам сайна дуккха наха буьйцуш хазарна. Аса, наха схьакъастош дерг ду оцу аларшкахь иштта яздина: «Къонахалла къахкош долу диъ хIума:
КоьртаIуьйра лелар;
Ах-улх дегI гуш лелар;
Нахана юккъехь бага хIума тийсар;
Забарш йо бохуш, дукха дийцар.
Вайна массарна вевзаш волчу яздархочо Ахмадов Мусас шен «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» жайнахь яздо: «Нохчочун духар уггаре хьалха долало коьрта туьллучу хIуманна тIера. КоьртаIуьйра аравалар магош ца хила, зудчунна хьовха, боьршачу стагана. (Ткъа тахана вайн интеллигенци, гIаланийн бахархой, церан тIекхуьу доьзалш,  телепрограммаш дIахьош берш, жоьпаллин Iедалан белхахой, буй те дайн Iадатийн бехкамаш ларбеш)? Суна бехк буьллурш бовла там бу, аса кхузахь шого аьллачунна. Аса иза ца аьлча ца валарна боху, хIунда аьлча тIекхуьучу тIаьхьенна дайн оьздангаллин, ийманан мехаллаш интеллигенцис шегахь гайта езаш хиларна, ша дIахьоьхуш дерг шен дахарехь лелош долчуьнца догIуш хилийта. Кхин  дIа шен жайнахь Мусас яздина: «Коьртахь хIума лелоран гIиллакх ширачу заманахь дуьйна схьадогIуш ду, шен кIорггера маьIна ду цуьнан. Ширачу заманахь коьртахь хIума лело бакъо ца хилла шен схьавалар «Оьзда, ЦIена доцчу стеган». (Вайн заманахь коьртаIуьйра лелаш болчарна ца хуучух тера ду иза, хиъча цара коьрта хIума тилла декхар дара). «Нагахь шийлачу заманахь коьртаIуьйра хила везачо коьрта хIума тиллинехь,-яздо Мусас,-цо оьзда стаг шена вогIу гича, коьртара хIума  дIайоккхуш хилла. Оьрсашна юкъахь и гIиллакх 19-гIа бIешо чекхдаллалц лаьттина, бахам, таро йолчу нахана хьалха, мискачу наха коьртара хIума дIаяккхар дIа ца долуш». Мусан жайнин тоьшалло гойту вайна нохчочунна коьртахь хIума лелоран амал ларъян езаш сийлахь, цIена, оьздачу бухах схьаваларан мехала долу, маьIнин хьаьрк хилла хилар. Вайна ца ***йла яц адаман дегIа тIехь корта –иза уггаре кортачех башха меже хилар. Оцу коьртаца ду хIума гар, хазар, хьожа кхетар, чам бовзар, къамел дар, хьекъал-кхетам кхиар, ойланийн урх лелор а. Кхин йолу меженаш, вайн заманахь лоьрийн говзалла лакхаяларна, хийца таро йолуш ю, амма корта хийцалуш бац цкъачунна. Цундела и корта ларбархьама дIахьулбеш хилла вайн дайша тIеюьллучу ченах, хьаха мегачу малхах, тIейоьлхучу йочанех, миччанхьара а тIейожа мегачу хIумнах, ткъа уггаре хьалха, – дайн гIилкхана хиэра ца бовлархьама, шайн къоман Iадатан сий деш. Зударша коьртахь хIума лело езарх лаьцна дуьйцу вай массара хьехамашкахь, зорбанехь а. Куршлойн кIоштан 81-гIа номер «Машар» газетехь 18-чу июлехь 2009-чу шарахь Макаев Ислама язйина «Зударийн йовлакх» цIе тиллина статья. Оцу  авторо гойту вайна Iадатой, бусалба диной–шиммо чIагIдеш хилар вайн наной, йижарий, зударий, йоьIарий коьртара чо (мас) гойтуш лела мегаш цахилар. «Нагахь юьртахь (я шахьарахь) цхьа зуда (я йоI) коьртан чо гуш елахь, оцу юьрта (шахьара) Къинхетаме малик дуссуш (я хьаьвзаш) цахилар дуьйцуш». Иза вай, бусалба нохчаша, хIораммо ша-ша волчохь кIорггера ойла ян дезаш хIума ду. ХIунда аьлча вайн хIоранан чуьра арабовлуш бу и зударий, мехкарний а. КIезиг ма бац тахана вайн яртийн, гIаланийн урамашкахула лелаш, полоскаш йолуш, йоцуш, кхесаш санна месаш яржийна, вайнехан къанбелла зударий тIехь. Делахь, Дала мукълахь, уьш де-дийне мел долу кIезиг хуьлуш, лахлуш схьбогIу, вайн Iеламнаха, кхетош-кхиочу дешаран хьукматаша, Iедалан къона тIаьхье оьздангаллехь, ийманехь кхиоран центро, къоначийн юкъараллин организацеша, мало йоцуш, кхеторан болх дIахьош хиларна, дукхах болчу дай-наноша шайн доьзалийн тIалам беш хиларна. Амма оцу юккъехула нехан, сан хаттар кхоллало: «Ванах и коьртахь хIума лело езар къомо геннара дуьйна лардина боьршачу нахана юкъахь схьадеана хилча, цхьаммо иза дIадоккхуш, я нохчийн боьршачу нахе, шайна лаахь коьртаIуьйра лела мегар ду аьлла, дIакхайкхина ца хилча, вай мича бух тIе тевжина яккхийтина коьрта туьллу хIума дIа нохчех болчу боьршачу нахе?» Оцу хаттарна тIаьххье шеко кхоллало, боьршачу нахера схьадоладелла-кх вайн къоман динан, гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш талхаран гIуллакх. Нохчийн зуда даима муьтIахь хилла цIийнадена, доьзална. Паччахьан, советийн, махках даьхна лелийначу шерийн, юха цIадирзинчул тIаьхьа арахьарчу мехкашкахула рицкъина тIаьхьадевлла леллачу шерийн тIеIаткъамо маларшций, наркотикашций, зинага кхийдарций, хьарамлонех ца къахкарций, моттбеттарций, хьаькамаллин даржийн, ахчанан леш хиларций эвхъаза бевлларш, духарца мухха лела бевлларш вайнехан божарий ма бу. Оцу божаршка нисбелла я уьш санначийн Iуналли кIел бисина зударий, доьзалш вайна тахана гуш долчу хьолехь схьабогIуш бу. Советан Iедало-м къаьмнийн башхаллаш дIаяха гIерташ, церан гIиллакхаш емал деш, дин даржор, лелор доьхкуш, зударшна цIарматлонехь маршабовар къобалдеш схьадеара. Таханлерчу демократино шен лаамехь харжа дуьту адам, муьлхха къам шена товш хетта кеп, хатI, нагахь уьш шайца питана, зулам, мостагIалла достуш дацахь нахана юкъахь. Цундела хIинца тIекхаьчна аьлла хета вайн боьршачу нахе, шайн кортойн сий хьаладаккхар бен лахдеш йоцу, коьрта туьллу хIума дIатиллина лелайойту хан. Хьовсур вай вешан телевиденин программаш дIахьош болчу журналисташка. «Ийманан шовда» дIахьош волчу Анзоран, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Некъ» телеканалехь волчу Казбекан, кхечеран коьрта тиллина хIума хуьлу, цара итервью оьцуш болчийн хуьлу коьртахь хIума, ткъа вайн Соьлжа-гIалара журналисташ коьрта Iуьйра хуьлу, цу юккъехула махкахошна оьздангаллин мехаллаш кхайкхош. ЧIогIа ницкъ хуьлуш хIума ду те коьрта цхьа яйн пес я кхин хIума тиллар, ша шен машкахошна, дуьненна хьалха хуттуш хилча? Баккхийчу наха, вайн Iеламнаха дукхазза олуш хезна ву со, цу тIе вайн мазхIабан дас ШафиIис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла боху, коьртаIуьйра шен кертарчу кевнан утармел арахьа ваьлла боьрша стаг цхьанххьа тешаллина хIотто мегар вац. «Даймохк» газетан 129-чу номерехь дIадаханчу шеран 10-чу ноябрехь Макаев Исламан «Куй  лерорах, цуьнан сий дарх масех дош» цIе йолу статья зорбане яьлла. Ислама  чIагIдо вайн къомо куйнан, коьрта туьллучу хIуманан 13 шарахь махках даьхна лелочу хенахь сий дайина цахилар. Амма, арадахаран тIеIаткъам бахьана долуш, вайн духар оцу шерашкахь мелла хийцина хилар.  Махках даьхначу хенахь вайнаха воне я дикане бахьа безаш коьрта тилла холхазан куй къастийна, ламазний, кертахь, чохь лело песий, хурашкий тIеэцна хилар гойту. Вайн къам юха вешан махка дерззалц жиманиг я воккханиг вацара нохчех коьртаIуьйра лелаш я шайн парикмахерскехь тояйтина кIужал-никIапа коьрта тиллинчу хIуманна кIелхьара баккхийчарна гучуяккха ваьхьаш а. Схьахетарехь, иза царехь кхерар дацара – иза царехь эхь хетар, уьш ларар, ийман юккъера малдалаза хилар дара. Тхо цIа дирзинчу 1957-чу шарахь сан нисса пхийтта шо кхаьчнера. ГIиргIазойн махкахь 8 класс яьккхина уьссалгIачу классе ваьллера со. Со, сан нийсарой, тхол баккхийрнаш –массо коьртахь хIума йолуш хуьлура – корта баьшнарг, никIапа ерг а. Дуьххьра вайн  ярташкахь коьртаIуьйра лела буьйлира ишколашкара къона хьехархой, «прогрессивни» нохчий. Уьш-м дукха бацара цу хенахь, кхо – виъ волура мел йокха юьртахь. Бакъ ду, уьш мелла ийзалуш хуьлура баккхийчарах. Ишттачех тхан юьртахь цхьаммо, коьртаIуьйра вогIучу шена дуьхьал кхеттачу воккхастага шега, кIант хьо хьена ву аьлла хаьттича, шен де цIе ца йоккхуш, юьртарчу кхечу урамерчу стеган цIе яьккжина хиллера. И воккхастаг, кхо цIе яьккхинчу стаге, бехк баккха ваханера, хьайн кIант коьртаIуьйра хIунда лоьлуьйту ахь эвла юккъехула аьлла. Воккхастаге аматаш дийцийтина «ша да ву аьллачун», хIусамда дехьарчу урамехь суьйренца гулъеллачу пхьоьханна тIевахнера. Цигахь хиллера коьртаIуьра лелаш волчу кIентан да Буоша. Пхьоьхане салам дела, тIевеанчо аьллера: «Ва Буоша! Хьан кIантана, Хьозина, нахалахь бийца оьзда бух болуш да везарна-м аса бехк ца буллура, амма шен да со ву бохуш ма лела алахьа цуьнга юьртахула кортаIуьйра. Со нехан бага ца туьйсуш, хьайн цIартIехь Iе алахьа цуьнга». – «ДIавалахьа, Хьумайд! Кхана хьайниш, неханиш бевр бу хьуна коьртаIуьйра. Хуучара вайга баха ма баьхна: «Шайн зударийн, доьзалийн, даьхнийн, догIмийн дай хир дац шу муьжгийн Iедална кIел дисахь. Иза ду хьуна вайна гина, гуш лаьтташ дерг. Тахана сайниш бевла сан лаамера, кхана я лама хьайниш,неханиш бевр бу тIехь долчу Iедална луъучу хьоле, Iедалал тоьлар ма дац вай. Тоьлар доций цо вайна хаа хаийтина, вай цергахь вай чу садан ца дуьтуш. Доьзалца девне ма веллинехь, церан арз дIаэца кечделла Iаш Iедал ду. Кегийрнаш керлачу советски законехь даха хIунда ца дуьту аш аьлла, вайшиъ чувуллур ву, Хьумайд! Вац хьуна со кху балхах воккхавеш-м, дан хIума ца хиларна Iад Iа-кх. Вай, даккхийрнаш, дитахьара цара ваьшна хеттачу агIор Iен, даха, кху йисинчу хенахь мукъна, Хьумайд!» Иштта дол-долуш эвхьаза долуш лахделира коьрта туьллучу хIуманан цхьаболчу нохчашлахь сий, пусар дар, коьртаIуьйра довлар. Боьршучу наха масал гайтича коьртаIуьйра леларехь, тIе Iедало ишколехь болуш дуьйна коьрта туьллучу хIуманца тIом беш хилча, зударшна елир-кха маршо коьртаIуьйра бовла, божарийн чулла яккхий бакъонаш йолуш, малхъаккъара, шайна ма-тов цIармат бовла. Делахь, зама мел хала хиллехь, и цамгар ца хьакхалуш бисинарш бацара кIезиг. Оцу галдалаза дисинчу нохчийн къоман декъо, шена мел хала делахь, лардира къоман гIиллакх-оьздангалла, бусалба дин, яхь, нохчолла. Филологически Iилманийн доктор волчу, НПУ-н профессора, И.Ю. Алироевс, «История и культура чеченцев и ингушей» цIе йолуш зорбане даьллачу шен жайнахь 1994 шарахь, яздина: «В Чечено-Ингушетии издревле существовал культ головного убора, как женского, так и мужского. Вайнах, например, охранявший какой-либо объект, мог оставить шапку (на объекте) и уйти домой, хотя бы пообедать – никто не трогал его шапку, ибо понимал, что будет иметь дело с хозяином (той шапки)». Кхин дIа дерг вайн матте дерзош яздийр ду аса оцу ИбрахIиман жайни тIера. «Нехан коьртара куйнна тIекховдар, иза коьртара баккха дагахь, куйнан дега дов дIахьедар хилла, хIунда аьлча иза нахана хьалха стаг юьхьIаьржа хIоттор ларалуш хилла дера. Нохчочо коьртара баьккхина куй лаьттах тохар–иза холчахIоттаран билгало хилла, кхин дIа иза вала кийча волуш. Коьртара куй баьккхина, нахана дехаре вахар–иза шен сий, цIе, стогалла оцу нехан когаш кIел яржор хилла, тIейогIучу ханна нахалахь ларам, сий дужуш». «Кара куй биттина хилира церан и гIуллакх»,– олуш хилла наха ишттачунна. Боьршачу стага коьртара куй баьккхина деш долу дехар дастаме делахь, амма зудчо кортали я йовлакх даьккхина дечу дехаро, вовшашна тоха айина шаьлтанаш, тоха тIедерзийна дуьйлина герзаш зулам дечуьра совцош-м хилла. Вайн халкъан иллешкахь буьйцуш болу къонахий гойту даима: «чо чехка чола куй бIаьштиг тIе теIабеш». Кицанашкахь го вайна куйнан да хила йиш хиларе терра адаме хIуттуш долу хьал. Масала: «Куй беттачу кхаьчна хьал»; «Куй беги вай»; «Харц луьйчун куй богу»; «Куйнан метта кортали туьллучу даьлла гIуллакх». Вайн духарехь хилла хийцамаш къеггина гуш бу вайна таханлерчу дийнахь. И  хийцамаш хуьлууш лаьттар бу замане хьаьжжина. Амма вайна цхьа хIума латта деза даима иэсехь: нохчийн стаг, зуда коьртера когашка кхаччалц, дегI хьулдина хила дезий ваьш коша дахккалц, хIунда аьлча ваьш бусалба нохчий долун дела. Куйнан сий лардеш чекхбевлла вайн эвлаяаш, вайн Iеламнах, яздархойн хьалхара масех чкъор: Эсамбаев Махьмуд, Абузар Айдамиров, дуккха  яхь йолу нохчий. Вай ламазана хIуьттуш хила езаш ю коьрта тиллина хIума, тезетахь иза ца хилча ца йолу, коьртаIуьйра кел араваьлча тешаллина магош ца хилча, иза миччанхьа коьртахь хила езаран  билгало ю. КоьртаIуьйра, чухула юхучу бедаршца ламазана хоьттинчуьнга аьлла хиллера цхьамма: «Хьенех, оцу духарца хьайн стундена хьалха хуттур варий хьо?» Вукхо дуьхьала: «Дера вацара, эхь ма ду вайн Iадатехь иштта ша стундена гайтича!» «Делахь хIета, ахь схьадийцарехь, хьайн стундех хеттачул эхь ца хетта-кх хьуна хьо ламазехь дуьхьал хоьттинчу Делах!»,– аьлла тIевеанчо. Бехказа вала хIума доцуш висна Iамалхо. Ваьш нехан мехкашкахула ца леллехь:  коьртах хьарчийначу йовлакхна тIехула юьйцинчу тIерган хIоз гича, иза Iарбойн махкара стаг вуй хаьа вайна. Бес-бесарчу кIаденийн чалба хьарчийна хуьлу индус. Лекха цIен пес коьртахь хуьлу турко. Сенаш болу къорза пес, къорза еха гIовтал юьйхина хуьлу узбек. Ножан диттан бIарана тIера кад санна жима пес я  шуьйра го болу шляпа тиллина хуьлу жуьгтий. Холхазан куйнаца бовза боьлла дуьненна нохчий, Мохьмад Эсенбаевна тIера дуьйна. Дукха хан йоцуш вайн телевиденихь гайтира «Васт» цIе йолу передача. Оцу передачехь дакъалоцуш вара яздархо Берсанов Хожа-Ахьмад, этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад, РегIатIера ишколан хьехархо Мохьмад-Эми (дукхах долчунна оцу Мохьмад-Эмис меттахвахарна язйина аса хIара статья). Цара массара дийцинчуьнан жамI дича, гуш дара, вай коьртаIуьйра лелачу нохчийн божаршна тIе тидам алсам бахийта безар, коьрта туьллучу хIуманан сий-пусар вайн дайша биначу лараме айа дезаш хилар. Холхазийн куйнашка вай дерриге кхачаделча-м дика хир дара, амма коьртаIуьйра цалеларе-м кхачадала деза вай, шегах товш ерриг хIораммо дIатуьллуш: куй, шляпа, пес, хурашка – уьш цхьа  вайна хьарам йина яц. Духаре хьаьжжина стаг тIеоьцу, хьекъале, иймане хьаьжжина новкъа воккху, аьлла вайн дайша. Духар, хьекъал, эхь, ийман цхьаьнатоха хьаьвсича дика дара-кх нохчийн стаг, зуда. ТIаккха, баккъалла, хир ю-кх коьрта туьллург кицанехь ма-аллара: «Юккъехь юьзна, Iункарнехьа йирзича. Хьекъал долчунна хоийла, Iовдалниг цецволийла»,– ала йиш йолуш. Вежарий, махкахой! Дала миччанхьа тешаллина магош, дуьненахь, эхартахь ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь нисбала кхетам, собар, деналла лойла вайн боьршачу  нахана. Зударий тIаккха дIанисбеллий хир бу шуна. Тхан юьртарчу имамо, Хабзиев Iаьрби-Хьаьжас ма-аллара: «Дала дIадуьйцург хезачех, хезначух пайда оьцучех, пайда эцнарг лелош дIакхоьхьучех дойла вай!»


Рецензии