Олхазаран кIотарара Iийса
Амма и дан даго ца витира со, ас-сайна догъэтIаш. Йочанца къевссина муствелла вогIучу суна юххе таьIаш, асфальтана юьстах яьлла цхьа машен сецира. НеI дIайоьллу цу чуьра шоферо: - Ваши, чухаа чехкка, хьо догIане личавайта араваьлла вацахь!– –Баркалла, жима къонах, со-м вац хьан машенна чухуучу хьолехь. ДIаволо хьай новкъа, хьан машен чу доккхучохь дац сан духар.– –Ваши, чухаий вала, хино ца цIанъеш хIумма яц! Хьоьгара хьал гуш хиларна, ма сацийна ас хьуна машен!–
Сайна вевзаш вацахь и жимха, кхин иза латто бIегIийла ца хетта, со чухуу, ирх-пурх юьртахо хир ву-кх хIара олий, сайн дагахь. Машенийн тайпанаш (марканаш), къаьсттина кху тIаьхьарчу шерашкахь яьржинарш-м муххале, со башха къасто хууш вац, ткъа суна моттарехь, иза я «девятка», я «десятка», я «девяносто девятая» модель олучех яра. Суна гергахь и машенаш хьал долчу нехан таронашца йогIуш яра, ткъа и «керла нохчий», берриш бохург санна, «иномаркашка» кхаьчна болу, куралла еана, мискачу нахах хьожа яран хьу кхетта болу дера, со чIогIа хIокху жимхех цец ваьллера.
ХIокху вовшех къинхетам, сий-ларам, тешам, гIиллакхаш гIелделлачу заманахь, дайн ламастех хадаза, уьш лардан гIерташ жимха сайн бIаьрга гар - иза цец валарал сов, инзаре кхаъ бара суна. Цундела иштта юьртахо вовза лиъна, со къамеле волу цуьнца. Со-м суо а ма ву кхунах тера тIаьхье сайн ма хуьллу дешаран, кхетаран, нохчаллин а новкъа нисъян гIерташ ишколехь къахьоьгуш. Вайн къоман мотт, гIиллакх-оьздангалла, культура дозаллица Iамаян тIекхуьучарна марздеш.
Амма, мел дегабааме делахь, хIинца кIезиг бу нохчаллехь нисбала гIерташ болу нохчий баккхийчарна юкъахь а. Баккхийрнаш цхьабарт хилла нисбелча-м, къоначара царах масала оьцур дара. Со цIа дIакхето тIелаьцначуьнга хотту ас: - «КIант, хьо хьенан ву? Бехк ма биллалахь суна хьо цавовзарна! ТIекхуьуш болу кегийрхой лулахь я урамехь кхуьуш хилча, сихха баккхий хуьлий, юьртара белахь а бовзац-кх, цхьа со санна ойланаш яьржинчу баккхийчарна!–
- Со кху юьртара вац, ваши! - цо аьлча, со гуттар инзарвелира. –Ой, хьо кху юьртара воцушшехь, со мила ву я мича воьду ца хууш, хаийна ахь хьайн машен чу! Со-х хьо сайн юьртахо, цоцанхо, волчух ма хиъна кху чу а!– Со шега кхин дош аьлла авалале, соьга дехар до сан некъан орцахочо: - Ваши, ахь хьайн хIусаме боьду некъ хьехчхьана суна, ас цIа кхачор ву-кх хьо, Дала мукълахь. И гIуллакх кхочушдархьама хьо машен чу а хаийна-кх ас. Цундела некъан тидам ца лагIбеш дайталахь вайшинга къамел.–
Машен чохь цхьаьна йочанехула некъ беш яьллачу масех минотехь, шех сан бIаьрг бузо ларавеллачу некъахочуьнца юха а къамеле волу со: - Делан дуьхьа йийца суна, жима къонах, хьайн цIе, схьаваьлла юрт, хIинца вехаш, Iаш волу меттиг а! Хьо-м шерашна сол дуккха жима хир ву, делахь, хьо санна волчу стагаца гергарло лелор-м сийлахь, деза хетар дара суна! ХIоккхузехь аьрру агIор хьовзабе хьайн «аьчган масса дин», хIинца вайн «петаршка» дIакхача дукха юкъ ца йисна, - олий, аьрру агIор куьг ластадо ас. Сан чIогIа шех шовкъ лаьттачу хьешо хоуьйту сунна: шен цIе Iийса хилар, шен дай хIинца шаьш схьабевллачу Олхазаран-кIотарахь Iаш-бехаш хилар, амма ша кху карарчу хенахь Соьлжа-гIалахь Заводской районехь, оцу районан Нарсуд олучу гIишлонна юххехь, шен цхьацца баккхал юхкуш туька йолуш, Iер-вахар долуш Iаш хилар. Оцу меттехь ша каро хала хир доций хоуьйту Iийсас я буса, я дийнахь а.
- Iийса, хьо суна чIогIа езаеллачу юьртара ву, дикачу бухера ву. Шун юьртара, Олхазар-кIотарара бу вайн махкал арахьа а бевзаш болу оьзда къонахий, яздархой Сулейманов Ахьмад (Дала декъал войла иза), къоман оьздангаллин юьхь хилла чекхваьлла волу, таханлера яздархо, нохчаллех вуьззина къонах, Бексултанов Муса а. Iийса, хьан юьртахочо Шамсуддис, доккха вешийла дира суна 2000 шарахь, со операци ян дезаш цамгаро хьовзийча. Цо «скорая помощь» машен тIехь (госпиталан скорийн шофер вара иза тхан юьртахь) оцу хенахь федералийн луьрачу блок-посташкахула чекхвуьйлуш, Ачхой-Мартанерчу райбольницера лор валийна, суна операци яйтира. И Шамсудди воцург оцу заманахь цигехула лела атта стаг ваьхьар воцуш мур бара иза.
Иштта кIентий шун юьртара бевлла хилча, дайн гIиллакхаш тIехь ца хилча хьуна эхь дара, Iийса! Дала де-дийне мел долу совдохийла вай бусалба динан ийманехь, дайн оьздангаллин гIиллакхаш тIехь, дуьненан Iилма довза, деза, Iамо лаарехь а. ХIинца вайшиъ вайн хIусаме дIакхечи. Вай хьох веза хьаша вийр ву. Делкъан ламазан хан тIекхочуш ю, кхачанах кхеташ хьо Iийча, сан доьзална кхаъ хир бу, шайн нийсаро вовзарна суна санна. - Заурбек, къаьхкина Iийр вацара, цхьана нехан гIуллакх эцна со кху юьрта кхаьчна вацахьара, чу вогIур вара. Делкъан ламазана со дIакхуьур ву, со кхуза схьахьажийнарш суна сагатдеш хир бу. Со дIавахарна хьайна вас ма е. ДоьгIнехь юха гур ду вай, чукаре хир ю. ГIала кхачахь, хьайна хало ца хилахь, сан хIусаме ван хьажа».–
Кхин и жимастаг сацон бахьана ца хьовзаделлачу ас: - ТIейогIучу хено вайна юкъахь марзо чIагIйойла. Дала, хьо санна оьзда кегийрхой, вайлахь дебабойла! Маьрша гIойла хьо, некъ дика хилда хьан, сан некъан орцахо, сан жима хьаша, Олхазаран-кIотарара Iийса! ГIоза лелайойла, хьайн лаамехь бен карара ма йолийла хьан машен! Дала, тахана ахь сан сана, ларам, сий дойла хьан, Iийса! – олуш, цунна доггах мара иккхина, сан са тIаьхьа гIерташ, дIасакъаьстира тхъойшиъ.
Юха маца гур, хIун лелар хууш дац, амма оцу жимачу къонахчо дог тешийра сан: вайн къомана тIеман шераша, Iедалан къизачу харцонаша, малбузерчу цIарматчу харц культуро, мел зене тIеIаьткъамаш бинехь, вайн нохчаллина, оьздангаллина, культурана, вад-востана ворхIе дайн оьздангаллин мехаллийн орамаш вайн талхийна цахиларх, оцу орамаша хецна маргIалш долуш ду холкъалахь, амма и маргIалш синтаршка доьрзуш кхиийта, арахьара чукхехьначу эвхьазлонийн, цIарматлонийн, хьарамлонийн, къизаллин а хьу кхеттачу хIух, вайн тIекхуьучу тIаьхьенна юкъахь, кхуьуш долу къух орамашций бухдаккха деза хIораммо шен доьзалера дуьйна. ТIаккха бен дебар бац вайна юкъахь нохчаллех буьзна кIентий! Оцу синтарех лору ас вайн къона Президент, цунна гIо мел деш волу белхало, Дела реза ван гIерташ, нохчочун сийлахь цIе ларъян гIерташ, дешар тIехь, спортехь, культурехь йохьца къахьоьгуш берш. Цхьаммо нуьцкъала тIетеIош воцуш, шен синъэхьо, Олхазаран-кIотарара Iийса санна, диканашна комаьрша баьхнарш – уьш бу-кх нохчийн къоман оьздангаллин мехаллаш тIехь, нохчийн халкъ дуьненна хьалха юьхькIай дан юкъ йихкина къонахий.
Дала сий деш, нохчийн къомо лоруш, дебийла Нохчийчохь иштта синтарш!
Свидетельство о публикации №225081700793