Сихалла сонталла
ТIунтIин, Бахам цIе йолу жеро ма-гиннехь, хьеше безам гIаьттинера. Цо шен маьхчехула бIаьцашца Бахаме иза дIакхийдабора, амма важа туьгуш яцара кхуьнга дог даха. Эххар шен кхечу агIор хьешаца безаман зIе ца тасалуш ша висча, ТIунтIас тхьамдегара пурба даьккхина, дош ала бакъо йийхира. Тхьамдас шена бакъо елча, ТIунтIас, хьеша хьовзийра, юьртахочу кIантана делла дош дацахь, шеца дош ло аьлла, дуьненан синкъераман некъ тIелацуш. Вийца, кхул хьалха ваьлла, тIехьаьвзина кIант цахиларна, ТIунтIега сакъера дезар тIедуьйжира Бахамна. Жеро, дегIан куц-кеп тамехь долуш, амма кочий, гIеххьа курий яра, ТIунтIа санна болчу нахе дIахьажа ешар йоцуш, амма куьцешкахь-м ТIунтIина дацара ала хIума. ХIетте Бахам дукха дегаза, кхоьлина хеталора ТIунтIина. Доллачул новкъа деанера ТIунтIина иза шеца хелха ца яьлча. –Тхо долчохь човсо, суьйдам тухуш, тIедожийча бен хелха ца бовлу маьхкарий»,- олуш, бехказло хьовзийнера хьешо. Амма ТIунтIа вацара атта къарлурлучех. Гуьйре шийло хиларна белхи дукха ца лаьтташ дIабуьйхира, ткъа ТIунтIа ирахь Iан сецира Бахамца шен маьхчийца барт бина. ТIунтIа хьешаца ша висча (маьхчин 7 шо кхаьчна йолу йоI-м кхо чоьте ца лорура, наб хьехаш Iаш йолу), ТIунтIас безамах буьзна шен кийра бассийра:
- Бахам, хьо бахьнехь шун кевнан утармин бIогIам хила реза ву-кх со, хьо чу-ара моссаза йолу, хьан бIаьрг тIехь соцуш, хьан куьг хьакхалуш иза хиларна, - бохуш, къамел дира ТIунтIас. Хьаша лаьттан бIаьра хьаьжначуьра корта хьалайойуш яцара. – Хьо хIун аьлла ю ас хьайга дуьйцучунна?- хаьттира ТIунтIас. Хьешо кхин кхуьнга хьала ца хьожуш: - Ма ирс долуш стаг ву хьо, ТIунтIа, оццул боккха «безаман синхаамийн цIе» гучу яьл-яьллачу зудчуьнга хьайн дагчохь гIоттуш волу. Дависа, хьан декъахь мила хир вацара хьовха!– ТIунтIа ца вуьйхира, амма гIеххьачул оьгIаз-м вахара. Кхин гIоле ала хIума корте ца деана, ша дIавоьдий хаийтира цо. Кхуьнан даьттIачу даг тIе туьха таса санна, кхоссар йира жерочо: «Ма гIохьа дIа, ТIунтIа! Хьо дIавахча оха стенца юур ю?– Оцу дешнаша цец воккху ТIунтIа. Шен хечин ког жимма хьала карчабой, неIаран мача когара йоккхий, Бахаме дIакхуссу: – ХIан, оцунах цхьа гIетакх дейша, Iавша Iовшуш, со юха схьаваллалц, -олий, ТIунтIа неIарехьа волало. Хьекъалехь-м вайшиъ ший цIахь Iийча дара, кхин нахана юкъахь лела хууш ца хилча!–
-ОьгIазлой, кураллий, сихаллий, хIуьттаре лелор вайна юкъахь товш ца хилла дайшкахь дуьйна. ХIинца соьгара яьлларг ю сонталла,– боху ойла коьрте хьийзаш, шен не1аран мача шича йолчохь йуьсуш, цIа ваханера дог доьхна ТIунтIа.
Свидетельство о публикации №225081700798