1 Нанас дуьйцу

                «Чано шен кIорни яан дог
                хилча, ченала хьакхийна, бах».
                (ночийн халкъан кица).

- 1943 шеран гезган машанаш мохо идон гуьйре. Октябрь беттан, аьхка санна, тоделла, довха, йоькхане денош. Нах сихбелла арахь дисина докъарш, гIодмаш чудерзош, дечгана гIайгIабеш, Iаьнна кечамашна тохабелла хан. Германца болу тIом Советан пачхьалкхан малхбузечу дозанашка кхаьчна, вайн тIемалоша толаман кхиамца дIахьош бу бохуш, денна беш лаьтта хаамаш. Оцу толамехьа тIом бирзинчу заманан паргIатоно цхьадолу эскарш Кавказе садаIа дало таро хилийтина, керла тIекхайкхинарш кхузахь Iамо аьттонна болабо бохуш, Нохчийчу, ГIалгIайчу хIора юьрта салтий теттира. Амма дуьйцуш кхин хабарш дара – нохчий, гIалгIай махках баха кечамна далийна эскар бохуш а.
Шун дедас (Воккха дада олура цунах бераша – авт.), ша Куршлойн-Эвлара МТС-ера (машино-тракторная станция – олуш техника дIагулйина организации яра цу хенахь) балхара цIа мосазза вогIу, олура шен нене: - «Вай махках доху бохуш дуьйцу, цхьайолу бежнаш, ялта а доьхкина кечам бича хIун дара-те?» Амма шун деден нанас и къамел аьттехьа ца дуьтура. Къам махках, цIийнах дохур ду бохучу хабарех нах ца тешара.
ХIора хIусамехь бохург санна, юьртахь шиша-кхоккха нахехь даар-малар, бийшар гIовттар долуш Iаш болчу салташа, къайлах-къулах ца бахара, новкъа довла кечам бе, шу дохор долуш ду шуна. Тхоьга хаза дуьйцуш, кIеда, мерза бу моттуьйтуш, шайн учетан болх беш хиллера уьш адамийн, даьхнийн, йийбаран а. Цхьаболчу наха, кхерам боццуш атта ду аьлла, юхкург йоьхка йоьхкина, шайга же аьлча, схьаэца кийчча шаддаш бина хиллера. Церан гIуллакх новкъахь, дIадигначохь, гIоле дара. Делахь, нахана болура пайда иштта кечам бина хиллачех. 22-гIачу февралан пхьуьйре тхоьца цхьаьна еш вара, тхан кертахь сецна волу гIазкхех кхо салти. Цу кхааннах цхьаммо сан карахь волчу шуьшинан дега (иза со ву цо вуьйцург – авт. Х.З.), цхьа шой бархI бутт кхаьчна волчу, шекаран гIорза елира, хьаста хьаьстира. Амма шолгIачу Iуьйранна, 23-гIчу февралехь пхоьалгIачу сохьтехь герз дуьйлина чуваьлларг сийсарлера салти ву эр дацара цхьаммо а.
Дера тIечехаш дIавигира Воккха дада, собране ишколе вуьгу аьлла. Халла бен тIе хIумнаш юха ца кхиаволуьйтуш. Важа ши салти тхо лардеш висира чохь, кертахь. Пхийтта шарал лакхахь хан йолу божарий дIагулбинчул тIаьхьа, Хулло-хин тогIийчуьра Iаьмаркан машенашна (Студабекарш олура царах), хIора урамерчу яккъашка йохуьйтуш, тIеботта болийра зударий, бераш, баккхий нах а.
Марнанас куьг лаьцна кхо шо долу йоI, шун да карахь со, некъана кечдина кхин хIума доцуш, машен тIе хьаладехира тхо. Тезетахь санна зударийн белхарш, тийжарш, гIовгIа, берийн маьхьарий, жIаьлийн угIарш, бежанийн Iехар ийна – Къемат-де хIоьттина лаьтташ Iуьйре яр-кха иза. Оцу гIовгIанна юкъара, стелахаьштиг тоьхча, къевкъа стигал санна, къаьсташ хазара кхайкхош долу неIалташ, сардамаш хIара де хIоттийнчарна. Машенаш и вай даьлла адамийн жIунганаш гихь, юха Хуллон тогIи чуйиссира. Цул тIаьхьа божаршка омар дира эпсарша, шайн-шайн доьзалех дIакхета аьлла. Ирча сурт дара цу дийнахь хIоьттинарг – молланаша юьйцу Къемат-дийнан Махьшаран майданахь хир ду боху ирча сурт дIахIоьттина дара тхуна тIехь. Цхьа башхалла яра – Махьшаран майданахь, малхо хьеш а кхехкош, хир ду боху адмаш, ткъа 23-чу февралехь Нохчийчохь Iаьнан чиллан шелонца зуьйш дара тхо. Iедалан къизаллица зуьйш дара адмаш Сталин цIе йолчу дажалан омранца. Ца моьттинера цхьанне а и зераш кхойтта шарахь хийрачу махкахь дахлур ду, мацалой, махкаллой, цамгарший къам ах сов хIаллакьдеш.


Рецензии