2 Нохчийчоь байталъяккхар
(И.А. Крылов «Борзий, Iахарий»).
- Шун деден вашас (эскарш Нохчийчу дахкале, куьг заьIап дарна, германан тIамтIера лоьраша тIамна цамагош цIа верзийтинера иза), шена гIазкхийн мотт хааре терра, тхо лардеш волчу салтичуьнца цхьа барт бина, шена, суна цIера цхьацца хIума схьаян даха пурба даьккхира. Тхойша юха вайн керта деара. Новкъа догIуш керта кхаьчча тхойшинна гинарг ма гойла цхьана адмана. Герз детташ дойу жIаьлеш, шаьлтанаш хьоькху бежнаш, дигаршца кортош бохуш, шайн цIела керча котамаш, гIезаш, бухйоху хIусамийн неIарш. ЦIенош чохь мел долу хIума дохош, отуш, мехала мел дерг машенаш тIе дуттуш, талорашца байталйоккхуш яра вайн юьрт, иштта ерриг Нохчийчохь а хир яр-кха и Делах евлла къацахетарийн тобанаш. Вайн керт, цIенош дIацIандан кхиънера «турпала советски тIемалой». Чохь лаца хIума дацара. Массо гоь, гIайбий, юргIий дерина, дассийнера, пхьегIаш аьттера, Воккхдадин Къуръанаш, жайнаш этIийна даржош хьешнера, тIорказ бертал тоьхна Iуьллура, оцу юкъана царах цхьаъ цхьана сонехь бехвала кхиънера. Дечган маьнги кIелхьара, Iаьнна кечдина долу пхи кхаба хьелий даьтта дацара. Говр, кхо етт, ши гомаш, церан дохкуна дIадигнера. Селхана тхан долахь хилла тхов тIе гериг йиллина, чохь тховх хьала, цIенкъахь охьа аннаш тоьхна дина, йиъ чоь йолу цIенош, кертахь вахарна оьшу кхин йолу гIишлош, чохь мел долу хIума байталдаьккхина талийна ца Iаш, чIанадаьккхира Советан Iедало, ша чIагIдеш юьртара 374 стаг кхалхарна баркалла олуш. Кхоччуш тешнабехк, ямартло яра иза. Хила хиллера муьжгийн Iедал «метта буьххьехь моз долуш – меттан бухахь дIовш долуш». Iовдин Iелас шен хенахь ма-дийццара. Iедалан тешнабехках ца дели-кх цкъа нохчийн къам! Оцу дийнахь, цул тIаьхьа гиначу суьрташа сайн дог ца оьккхуьйтуш, ца соцуьйтуш, хIунда дитина ца хаьа суна. Iажаллин хан кхаьчна цахилар хир ду-кх иза. Пайда болу хIума чохь йисина цахиларна, масех гIайбин, гоьнан, юргIийн чкъоьргаш, тега-мегарна бохча, тIеюхучу бедарех, дийна йисинчух кад- Iайг а вовшахтоьхна, кара лоцу ши ларча нисйира ас. Воккхдадин вашас, шен йишин дIалачкъийна хилла, кIаденаш шен гIодаюкъах хьарчийра. Оцу ларчанашца тхойша юха Хуллон тогIи чу деара, цул тIаьхьа тхо Устрада-Эвларчу цIерпоштан вокзалехь бежнаш, кхин болу маьххьаш лелочу вагонаш тIедоьттира. ХIора вагон чохь пенашца дина шина магIара тIе-кIел дечган маьнгеш (нараш) дара. Ткъа вагонна юккъехь жима (буржуйка олу) пеш яра. Оцу хIусам чохь белларш, ор даккхар доцуш, аьчган некъаца лайла охьа бохкуш, кхаа кIирнах гергга некъ бира оха. Шелоной, мацаллой, ламазан цIанонан хьашташий хьийзош, хIун даьллачунна, мича бахьанина, мича дуьгу (дайа я хене довлийта) ца хаарна гатдечу сино хьере динера адмаш. Далла тIе болх биллина. Цуьнга дечу доIанашкахь къинхетам боьхуш. Цуьнан диканах дог ца дуьллуш хиларо, ницкъ лора тхуна тIебеана бала лан.
Свидетельство о публикации №225081700897