3 ХьагI, оьгIазлой нийсонан мостагIий

«Массо шена хIуьттаре еш ву моьттург – цкъа а васталур вац.
Васта ца луш верг – цкъа бакъон тIехь нислур вац»
Нанас мел дийцинарг дIаяздан воьлча-м масех киншка язлур яра.
ТIе суна сайна ма догIу Киргизехь хиллачу дахарх дуккха хIумнаш дага. Цигахь мацалла яйян айса мел йиъначу бецийн чам хIинца багахь хаалуш, дагахь бу суна. Уьшалш чохь болучу оьрзан, шочан къона гIодан хелигаш, церан орамаш, IаьIанан гIад, орам а. Эмкалан боIан къона гIад, чкъурах даьккхича, дикха чомехь хуьлура. Дитташ тIера массо стоьмийн муьсталгаш яара, аьрга йолуш дуьйна. БIаьстенца хьалахьаьлхина массо бецаш яра суна цIераш евзаш: шура йолу буц, акха кхоьаш, буьйда люцерна, акказийн зазеш, боьш, цициган комарш, даккан чIенгаш. Амма сан Iалашо уьш дийцар яц. Цундела аса сайн сагатдеш дерг хотту сайн нене, сайн бераша иза къамеле яьккхинчуьра. – Нана, вай махках дахар, хIинца, кху тIаьххьарчу пхийтта шарахь, тIемаш бахьанехь, вай юха лайна Iедалехьара къизалла уьш-м Москвара дуьйна схьа куьйгалхойн цхьана Iалашонашна пайда, са йохьуш хиларна, цаьргара дийлинчу гIалатлонашна хилар гуш ду. Ткъа хIинца вайн къомо (нохчаша) оцу балхана йиначу оьгIазлонан хьу дегнаш чохь кхехкаш, вай тIекхуьучу тIаьхьенашна кийра бекхаман, чIиран ният дилла деза-те? Я магаран, бартан, Россин къаьмнашца цхьаьна дахаран агIонаш лаха еза те? Россин пачхьалкхан Iедал вайна тIехь мел ду, бертахь дахар хир дац боху ойла кхийдо еза тIаьхьене? Бехке дуй-те оьрсийн къам, Россин Iедало лелочунна? Йоккха стага ас динчу хаттарна жоп луш элира: - Оьрсийн къам цуьнан пачхьалкхан Iедало лелочуна бехке дац, хIунда аьлча къоме хоьттуш я цунна луург деш дац Iедал. Цундела галдаьллачу Iедалера чIир оьцуш Дела ву. Вон къаьмнаш Дала кхоьллина дац, амма харц, сутара Iедал пачхьалкхан куьйгалле гулло, цо къам хьийза до, Делан некъара иштта галдаьлла Iедал шена магийна халкъ, ша а бакъон тIера галдаьлла хуьлу. Амма къоман, адмаллин, ийманан некъа дала ният дегнашка хьаьвзича, керла Iедал эша дайти. Миклайн Iедал дохийра Ленинан бIано, нахана нийсо, маршо, барт, ирс – дуьненан ялсамане шаьш хIоттор ю бохуш. Амма коммунистийн Iедал динца галдаьлла, ша кхайкхийначу низамна ямарт хилла доьлча, иза Iана дахара, тхьамарийн гIаланах тера. ТIаьхьа Iедале баьхкина жоьлкакраташ Дела реза воцчу новкъа дIагIертарх, Iедалера биссор бу. Халкъ Делан некъа тIехь нислуш вай дерриге а Адаман, Хьаван а доьзалш дуй хиъна, вовшашца бертахь дахахь, Дала вонаш гойтур дац вайна. Иштта ца хилахь балий, гIайгIий оьшур яц дуьненахь дехачу къаьмнашна. Вайн тIаьхьенашна тIедилла деза: нохчоллех ца къастар, хIуъа хилла латтахь, вешан башха хаза гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш (хьанал къахьегар, коьмаьршалла, собар, тешам, орцанна каде хилар, вовшашца ларам, нийсо ларъяр, бакълер, дешарна, кхетам деборна хьаьгна хилар и.дI.кх.). Вайн къомана тIехь Iедало лелийначу къизаллашка, харцонашка, тIекхуьуш йолу вайн къона тIаьхье, бен дацарца я цхьа къам бехке деш цахьежар ду коьртаниг. Амма маггане мегар дац, дегнашкахь чIир кхайкхийна, аьтто бер бац-те бохуш, тешнабехкана, зуламна айделла лела. Бекхамна цхьа Дела тоьаш ву».– Цо деш долу къамел шен хьекъалан кIорге йолуш дара. Цо кхайкхош дерг машар, маслаIат дара. ХIунда аьлча Iедалийн харцонаша дукха хIаллакдина массо къаьмнех адмаш, царна юкъахь оьрсийн алсам беш. Цундела вай ваьшна тIехь леллачух питанан бай ракх йина леларо, вайна пайда-м муххале ца бина я кхул тIаьхьа бийр а бац. Амма оцу харцонаша вайна бина иэшамаш, чевнаш, лазамаш тIаьхьенийн дегнаш чохь, иэсехь текъаш латта-м декхар ду. Таханлерчу дахаре кхачаран мах хьаархьама, девнех, Iотта-баккхамех лардала.


Рецензии