4 Къам ч1аналдаккхар
кIозарг пух балар, са ю-кх» (кица)
- Баба, шу махках дохуш хилла зенаш меттахIиттош, Iедало хIора цхьана доьзалан ден цIарах 10-эзар сом ахча дала мах хIоттийна-кх. 1956 шарал хьалха дуьненчу бевллачарна, пенсе боьлху хан тIехIоьттича, пенсина хIора баттахь 200-сом тIекхеташ хир ду боху, реабилитаци яран исправка яьккхина хилчхьана. Хьо хIун аьлла ю, оцу Iедало деш долчу такхаршна? – хоьтту юха шина кIанта. Цхьаболчара-м схьаэцна 10-эзар соьмаш! Дика ахча ма ду и-м баба!– –Соьга хаьттича-м, и ахча компинсацина хIотточул, Iедало, бехк боцуш шаьш хьийзийна, адамаш, даггара бехкала дахна, шена къинтIера дахар гIоле яра, и мах хадийна, тхуна хиллачу чевнийн даI кхи тIе дардечул. 10-эзар соьмах базарахь шолгIачу шаре яла йолу цхьа борш (старгIа) ма ца эцало. И мах бу аьлла юкъадаккхар кхардам бу-кх. Вайна ма эцалаш и ахча схьа. Оцу мехах (я цул бIозза сов хилча) дохка йиш яц вайн бохийначу кхерчан сий. Мехе даьккхина вайна хилла зен Iедал дийца лууш делахь, дIахаа мегар ду массарна, тахана, вайн махкахь хиллачу тIемаша, бохийначу нахана диначу зенал хIумма кIезиг дац тхуна хилларг 1944-1956 шерашкахь. 10-эзар сомма-м тхан синош холча хIиттор метта дало мах бац. ТIе сан-м оцу ахчанах дала самукъа дац, цара иза мел дукха делча. Кхузза Къемат-де гина суна сайн дахарехь: дуьххьара – Советан Iедало сан ворхIолгIа шо долуш, наха тоьхна мотт бахьанехь, сан да Сибрех вахийтина хIаллаквича. ШолгIа – 1944 шарахь цIера даьхча, ткъа кхозлагIа – хIара тIаьххьара ши тIом вайна тIехула, чухула чекхбаьлча. Ахчанах эцалуш бац халкъан тешам, ларам – иза оьцу къинхетамо, нийсоно, Iедал ша низамехь( законехь) нисдаларо а. «Йоккхачу зудчун къамелана са-м тIетоха хIумма а дац. Низам, нийсо, къинхетам, цIена, хьанал болх бар – дика гIортораш ю Iедале халкъан безам, тешам кхуллуш. Дала тIейогIучу хенахь, маслаIате, машаре, беркате, оьзда Iедал, тIекхуьу тIаьхьенаш а кхиайойла вайна.
Свидетельство о публикации №225081700900