5 Iожалла йоцуш ца ле

1944 шеран 23 феврвлехь хилларг  кхетамо  схьалоцуш дисна дац сан иэсехь. Со ши шо кхачанза бер хила хIетахь. Цундела суна оцу дийнан къизалла, Юккъерчу Азе вайн къоме байтинчу некъан халонаш, цига дIакхаьчча , хьалхарчу шерийн Iазап-балий дага цабогIу.Сайна дуьйцуш хезначийн а, иэсехь дисинчийн а бух тIехь хийрачу махкахь лайначех лаьцна дийца лаьа.
Дуьххьарлера буьйса М. И Калининан районерчу С. М. Будённыйн цIарахчу колхозан говрийн божал чохь яьккхина хиллера оха, чохь ягош цIе яцахь а, кIел дуьйдина ча-м хиллера тхуна. Оцу чах доккха гIуллакх хиллера дуккха нахана, гоьнийн, гIайбанийн, юргIанийн чкъоргаш юьзна, меттанаш кечдан. Будённыий колхозехь бехаш берш беккъа гIазкхий бара. ДIоггара бахамаш бацахь а, тI****ийначу нохчел церан дахаран хьал дуккха гIоле дара. Кегий елахь шайн хIусамаш чохь бара, даа-мала, тIедуха, кертахь бежана, зIакардаьхни, баха-бахка маьрша. Нохчийн, гIалгIайн царах цхьа дацара, ур-аттал къоман цIе ца йитинера яккха – «спецпереселенец хьенехов минех» олуш йоккхура Iедалан белхахоша цIей, фамилий. Ткъа вайнахера жимма новкъарло хиллачара дера кхиссарш йора: «бандит, предатель, изменник, вор». Цхьабакъду, къуй вайхдинарг, шен харцо тIеяьккхина, оцу заманан Iедал дара. Даймахках къастийна, долахь мел хиллачух даьхна, кху махка карахь-куьйгахь доцуш схьадалийна охьакхиссина долу. Мацалла ца бала гIерташ, къола дийриг нислора жима гIоралахь вверг. Цундела оцу заманан халонаш ловш, бIаьргара хин тIадам ца болуьйтуш, нах кхарла багах узар ца хозуьйтуш, набаро Iехийча санна, дIатийначохь, Деле боьрзуш хилла. Беллачарах дIатоьхна со а хиллера сан гергарчара, вагонаш чохь некъ беш дуьйна. Дагаро воттуш, хала бен багара азца долуш, декъазчу хьолехь хиллера со хи доьхуш. Ас хи доьхуш до узарш ла ца дела, тхан вагон чохь волчу гелдаганхочо, Тимара, вагонан корах ара кхевдина, гIуммагIца тхов тIера ло эцна хиллера, иза дешца суна хи мало. Тхан вагон ларъеш тамбур чохь волчу салтичуна , гIуммагI шена иза тоха воллу моьттина, цо «стоп-кран» охатоьхна ерриге эшалон сацийна хиллера. ТIаккха схьахьалхинчу салтташа, мила вара вагонан корах куьг аракховдийнарг бохуш, тхан вагон чуьра нах охьабаха болийнера. Сан да ша вара аьлла охьавоссича, Тимар сан дена тIаьххье охьавоьссина хиллера. И щиъ салтташа дIавигча, эшелон юха шен некъ бан дIайолаеллера. Цхьадика, де-буьйса даьллачул тIаьхьа схьаваийтинера и шиъ, вагон-набахти чохь а валлийна. Чохь цIе йоцу и петар Iаламат шийла хIусам хиллера, цундела и ши пекъар оцу дийнахь-бусий даима волавелла лелаш я вовшех тийсалуш хене ваьллера.  Оцу халчу некъахь тасаделла гергарло шаьшшиъ дуьненчохь мел ву лелийра цаьршимма. Сан да трактористан говзалла йолуш вуй хиъча, бIаьстенан оханаш дан трактор тIе вахийтира. Цо вай дохадале механизаторийн курсаш чекхъяьхнера Куршлойн эвлахь. Сан деваша, ВисIела армехь хилла, Германан тIамехь чов хиллачул тIехьа 1943 – га шо чекхдолуш лоьраша комиссовать вина цIа ваийтина вара. Цунна шера гIазкхийн мотт-йоза хаара, цундела иза оцу колхозехь учётчик вахийтинера. Сан нанна, кхечу нохчийн зударшна санна, нуй-горгамций, баьхьа-белаций, кир-сираций, латта лелорций болу белхаш къастийнера. Массо а, шен дегIа тIе ирахIотталуш вверг, ши бIе «турдде» (трудодень) даккха дезаш вара цхьана шарахь. Иза а цхьа а алапа доцуш пачхьалкхана вацар дара, бакъду, ялта дика хьийкъина шо деача, оцу хIора «турдденна» 50-100 грамме кхочуш ялта лора хьуна хене вала. Иштта яра шарахь къахьегначу белхалошна кхачош йолу ял.
Ха харца я оьшур ехьа гIора доцуш, пешана тIехьа охьатийсинчу тIелхагашна юкъа хьерчош, кхо-биъбутт хан яьлла, до санна корта бистина, виллина дагаро воттуш,  вела дIа ца волуш я денвелла хецавелла воцуш со Iуьллуш. Сан дас олуш хилла сан нене: «Хьажахь цуьнга, садоIуш мукъане вуй техьа иза?» Сан дешичин нана, МаслаIат яра цуьнан цIе (оха Дада алар цунах), иза яра суна тIехь шен къиза лоьралла деш. Со-м и гича сайна тIейогIуш, саьмаках санна кхералой, Iадош хиллера. Борзан морзахо санна, шен шина куьган нана-пIелгашца, сан коьрта тIера хIора IаржабIаьрг,  Iовдий, сан бIаьргаш чохь Iаьржа бода хIоттабора цо. Гуттар йоккха къизалла яра сунна гергахь, юха оцу чевнаш тIе туьхан шовра хьакхар, ша сунна тIехь диначух ца Iебаш. МаслаIата (Дала гечдойла цунна) и шен дарбане тIабIат сунна тIехь леладар бахьана долуш, шолгIа дуьненчохь рицкъанаш хиларна, со ца леш схьакхаьчна таханлерчу дийне. Оцу къеначу зудчо туьхан берам хьоькхуш ерзийначу IаьржабIаьргийн даккхий моьнаш, тахана тIе чо ца болуш, сан коьрта тIехь шера къаьсташ ду. Дала йолучу бIаьстенца Шен Iаламна шун хIотто долийча, бацала текхира со а. Уьшаларчу шочан, оьрзан орамаш буьда долчу хенахь вузавеш рицкъа дара. Туьханца хьакхийна кхоткъа (люцерна), нитташ санна, чомехь даар хуьлу.ЧIимийн, IаьIийн,  эмкалан баIан гIад, нехцин (купырь), IаьIан а орамаш дарбане, чомехь кхача бара мацалла эккхо. Шура йолу буц (казелик), цициган комар (паслён), аренан кхоьаш (кашелики), акха карьтолаш, балгаш, татеш, муьстаргаш, акказийн, шовдан дакан зазеш – кхин а масане яра и пхьор латтийна бецаш.  Хьозарчий, кхокхий, човкарчий дуура лоьцуш, церан хIоаш луьйлура буьйда долуш я доттуш. Аьхкенца буьйда долуш дуьйна колхозан ялтийн кхаш тIе а кхийдара, къайлахь мекхан, кIен къона канн боккхуш. Говрахь волчу хехочунна гучу ваьлча хийла шед кхетара, ткъа караваханчун цIерачарна гIуда тухура я цхьана хана чубухкура. Ялташ хьаькхна девлла чудерзийначул тIаьхьа ницкъ кхочуш ца лахьабойтура  бухадисина кенаш. Кисанахь я канахь ялта хьош гучуваьлачунна масех шо хан тухура набахтехь яккха. ХIора кIиранахь комендатурехь куьг таIо дезаш бара доьзалийн да я нана шен доьзалера цхьа а дIасавахана воций хоуьйтуш, харцдерг дийцина гучудалахь хан тухий чувуллура. Цкъа канн лахьо яхна сан дейишина, комсомольцийнжигархойх цхьамма коьртах тIулг тоьхнера,туьтан даьIахк оьккхуьйтуш, йоккха чов йинера. Шеца болчу накъосташа гIо дар бахьана долуш, кара ца йоьдуш кIелхьараяьллера иза. Амма цул тIаьхьа оцу жигархочух, иза цхьана сарахь маларх кхетта, везна шайн цIа вогIуш дуьхьал нисвеллачу сан шичас, Мохьаддис, дог Iаббош, йиттинера цунна, хIара мала мела шена коча веанера аьлла бахьана хIоттош. Мацаллина бIарзделлачу адамна хеташ цхьаъ дара: «Везан Дела, вуззалц даа бепиг,деккъа цхьа бепиг даа йиш йолуш зама гойтур юй теша Ахь тхуна?» Хийла малбуза хан ларйина ас, хьаькIех, мекхах я кIех, кахар хьовзош баьккхина жаржах еш йолчу чорпане сатуьйсуш. Хийла мохь биттина нене:
«Малбузу хан хилла хьуна, Саа, чорпа ехьа вайна», – бохуш. Тхан нанас шен цIе йоккхуьйтура соьга, шех мама я нана ца олуьйтуш. Дуьненахь «мамий, наний»  бохуш лелахь, эхартахь хуур дац берана шен нене кхайкха цIе йоккхуш. Кечъеш йолу чорпа муха яра – кхо-йиъ литар хи чу кахьарх чекхбаьккхина цхьа кана жарж тосий, маьркIажа хенахь сан да балхара цIа вогIучу хенахь. Дена буххара юькъо юттура нанас чорпа, суний, шений кочуо юттура. ТIаккха сан дас шен кад сунна хьалха буьллура. Сан нанас олура: «И хIума ма дехьа стаг! Хьо гIоралахь хила везаш ма ву балха лелаш волу. Тхойшинна гена гIайгIа бан хIума кара ма до гуонах лехчхьана». Дас олура: «Болх хIораммо шен ницкъан тароне хьаьжжина бан беза, ткъа шуьнехь кхача цхьатерра бекъа беза». Ас дена хьалха тоттура цо сайчуьнца  хийцина кад. ТIаккха цо шен кедара юькъачу чорпехь ши-кхо Iайг сан кеда юттий, юха суна хьалха буьллура. Хьалахара шераш меций, дерзиний дара дукхахболчийн. Коч-хьечин меттана, бухехь корта, ши куьг чекхдаккха кхо Iуьрг даьккхина, гали техь лелош – иза а ца кхочуш, берзана хиларна чуьра арабовла таро йоцуш а бара цхьаберш. Дуккха адам делира мацаллина, махкалла дарна, цамгаршна. Цигахь дIакхалхар нисделира сан деден, да кхаьбначу ненан (сан да, боьрша доьзалхо воцчу, шен вешина дIавелла вара дуьненчу валарций, ур-аттала цкъа шен нене вакха а ца войтуш), сол жимах йолчу йишин. Дала гечдойла цигахь беллачарна. Балазабисинчеран кхо-диъ шо даьлча, шайн кегий елахь хIусамаш ян ницкъ кхечира, йоманаш ехкина елахь тIедухург нисделира,белхеш, синкъерамаш, мовладаш, ловзарш дуьйладелира. Къам шайн дайн дахаран кепе хьаьвзира, амма царна минотана дайн латта дицделла зама яцара, салам-маршалла дIадаьллачул тIаьхьа хоттуш дерг дара: «Вай цIа доьлху ца бах?» Кавказе цIа доьлху бохург хаза лууш вара воккха, жима. Ткъа иза хезар долуш ца хиллера кхойтта шарахь махках хаьдда Iазап, бала лайна, Сталин-дажал велча бен. Делан къинхетам вайн къомана, кхиндолчу мухIар къаьмнашна тIебоссар дара, Н.С. Хрущёвс, Сталинан къизалла Iорайоккхуш, Iедалан политикехь, куьйгаллин балхахь а дуккха гIалаташ нисдар. 1956-чу шаран 16-чу июлехь Советан Iедало мукIарло дира вайн къомана, кхечарна а тIехь махках дохуш лелийнарг харцой, къизаллий, зулам хиларна. 1957-чу шеран 9-чу январехь дIакхайкхира Нохч-ГIалгIайн АССР меттахотторах лаьцна Лакхарчу Саветан Указ, вайна вешан махка цIадерза бакъо елира. Оццу шарахь шайн жимма таро ерш хьалха , кхинберш шайн аьттоне хьаьжжина,Даймахка гIоьртира. 1957-чу шеран 15-чу майхь тхо а кхечира тхайн салпалца Гуьмсе. Станцина го лаьцна лаьтташ милиции яра, самукъадаьлла бухахь Iаш цхьа вацара. Нахана бакъо ца лора шайн-шайн ярташка дIасабаха. Теркал дехьа Шелковски, Невран, Знаменски, Надтеречни районашка хьийсабора нах, ткъа нах шайн дай баьхначу, шаьш дохийначу ярташка гIертара. Станцехь ши де-буьйса даьккхира оха, наха милицино ха а деш. КхолагIчу буса го дIахийцира милицис. Оха массара сихо йира кхузара шайн –шайн ярташка дIасадаха. Буса кхечира тхо дайн хIусамийн херцораш тхайга хьоьжучу Цоци-Юьрта. Юьрт аьлча а, цхьа кIотар яр-кх. Тхан хиллачу хIусамах йисинарг лешан ах, туьнталг а яра, ткъа девешин хIусам чохь оьрсийн доьзал бара. Царах оцу буса цхьа ара а цавелира. Арахь шийла яра, гонахара кIел даржо къаххаш гулдина, царна тIехула гата даржийна, тхайна дийша мотт тобина, карахь ерг кхаьллина, тхаьш ялсамани кхаьчначул башха ца хеташ дийшаран тем бира оха. Кхойтта шарахь Даймахке сатийсаран бала, паргIатонан доккха са доккхуш, охьабиллира оха цу буса массара а. Дахаран халонаш-м тIаьхьара евр яц дуьненчохь мел веха, амма уьш Даймахкаца цхьаьна ловш мела а яйло, лазаме ца хуьлу, дайн кхерчо гIор, ницкъ ло уьш лан. Оцу аьхка белхеш беш, дуьйцинчу зIарех цIенош дира дукхах болчара. Цхьаболчара шайн цIенош махлуш суьйлашкарий,оьрсашкарий юхаийцира. Эххар а Iедало суданаш дала долийра, кога дахара Даймахкахь вайн дахар. Делахь а вай кху тIаьххьара шерашкахь ваьшна тIехь лайначу шина тIамо, махках дахар а дицдеш мур хIоттийнера вайна тIехь. Оцу къематах къаьхкина вайн къам дуьне мел ду даьржина. Веза-Воккъхачу Дала мА гойтийла вайна, бвайн тIаьхьенашна а къизаллин бала-гIагIа  кхин цкъан цкъа а. Дала маьршачу Даймахкахь цхьа кхерам боцуш маьрша дахар лойла вайна, вайн тIаьхьенийн тIаьхьенашна а.


Рецензии