Хих лаьцна хIун хаьа вайна?

1
Дала мел кхоьллинчу садолчу Iаламийн дахаран коьртачех цхьа лард, башха сурсат дина, вай дийнахь, буса массо а хьашташна дезар деш долчу хих лаьцна, хIу хаьа теша вайна? Адамийн зуьретана шен геннарчу терхьамехь (исторехь) дуьйна хих лаьцна хиъна хIумнаш мел шорта делахь а, Дала цунна чу йиллинчу къайлене хьаьжча, вайна евзинарг цунах жимма йолу тIоьхале бен цахилар гойту вайна, заманца хуьлуш лаьттачу Iилманан кхиамаша. Дала хина хIума дендан, хIаллакдан ницкъ беллий, чам, бос, йовхо, шело хийца, тIуьна, Iаьнаран, ша хиллачу кепехь хилла дIахIотта, хинан формулица цу чохь водородан ши заррат (атом), кислородан цхьа заррат (атом) юй а хиъна вайна. Амма адамо кху тIаьххьарлерчу шерашкахь биначу талламаша гайтина, хи шеца иэс долуш сурсат хилар а.  Делахь Iилмано хIинца къастийна дац ,  хи чохь са долуш я са доцуш сурсат ду? Делан бакъ долчу Ислам-динан некъа тIехь хиллачу Iеламнахана, царна тIаьхьабозуш хиллачарна хи иэс долуш сурсат дуй-м хууш даима хилла. Цундела дойтуш хилла хир ду-кх нахе Дела цхьаъ варан дин тIеоьцуш тоба хи чохь я хица йоьзна рукнаш кхочуш йойтуш Мусас, Iийсас (I.с.с.) кхинболчу пайхамарша. Мовлад доьшучу хенахь вай а, бусалбанаша, юкъа хи дуьллу, Къуръан аяташ тIе яздина кехат чу тесна я уьш хезаш тIехь дешна хица дарбанаш леладо Iеламнаха. Тахана Iилмано билгалдоккху Далла тIе болх биллина долчу адамо хьасталуш, ша дезар деш долчу хина хозуьйтуш, дарбане, пайдехь иза хилийтар Деле доьхуш, доIа дахь, оцу хин (чулацаман мехалла) структура хийцалуш хилар дикачу, беркатечу, дарба хуьлучу агIор. Кхин цхьаъ зеделла Iилманчашна, нагахь хига сардамийн яппаршца, вониг дагахь долуш, оьгIазаллица къамел дахь, и хи пайденна долчуьра дIадолуш, шен (чулацаман мехалла) структура бехъела дIахIуттуш хилар а. Оцу талламаша гойту адаман тергоне, хьастадаларе, Делан цIарца, Цуьнга, ша хих дезар деш, диканиг дехаре. Оцу хин вай пусар даре хьаьжжина, хи вайна пайда бечу кепе дирзина дIахIуттуш хилар. Бакъ ду я дац-м ца хаьа, амма дуьйцуш ду Ингалс-пачхьалкхан гIараваьлла хилла волу адмирал Нельсон, цуьнан накъостий а, молуш долу хи кхачийна, хьогаллина холча хIиттина хилла, шаьш гобаьккхина хих буьзначу хIорда тIехь болуш. ХIордан хи вайна ма-хаъара дуьра, къаьхьа хуьлу. Кхин садетта шаьш гIорасиз дисча, гIорасиз висинчу Нельсона, хIордан хина тIе а вогIавелла, доггаха Деле доьхуш доIа дина хилла: «Веза-Воккха Дела! ХIоккхул шорта гонах долчу хи чохь тхо хьогалла далийта волу теша Хьо? Хьо воцург гIо дан накъост вац-кх тхуна! Лохьа тхуна хьайн орца, ма далийтахьа тхо хьогаллехь?» Адмиралана хин бос хийцалуш гина, цо хIордан хих чам баьккхина, хIорда чуьра эцна. Делан къинхетам тIебоссарна, хи, дуьра я къаьхьа а доцуш, мала тамехь хилла дIахIоьттина хилла. Нельсонан накъосташа сихха хих кхачо йина шайн кеманна тIехь. Дуненан Iапказийн, хIордийн дахаран хьелаш толлуш хиллачу Жак Ив Кустона гучуяьлла хин къайленийн кхин цхьа агIо.  Иза ю дуьра хIордан, цIена мала мегаш болчу хIордан хиш, царна юкъа боьттина пен болуш санна, вовшех уьш ца оьйтуш, царна юкъахь тоьхна доза хилар, царна хIоранна чохь шайн-шайн дахар, Iалам долуш уьш хилар а. Ткъа оцунах дерг Дала 14 бIе шо хьалха дуьйна Шен сийлахчу Къуръан чохь вайн Элчанна (I.с.с.) хаийтина хилла, амма кериста нах цунах тешаш бацара. Къуръан чохь хьахийна и хIума шена бакъ карийча, Жак Ив Кусто бусалба дине вирзина бохуш дуьйцу. Адаман зуретна шен дахарехь гучудуьйлуш лаьттачу Iаламатечу хIумнаша гойту, вайна хих лаьцна долу хIумнаш кхоччуш девзина цахилар, вай хица лараме, кхоаме, экам хила дезаш хилар а. Сайн, нехан баккхийчаьргара суна дуьненахь йоккхучу хенахь хезнарг цхьаъ ду: «Хи оьцуш, дезар деш дIаIанош Делан цIарца хила дезар. ДIаIанош долу хи  цIеначу метте охьадотта дезар. Охьадоьдучу хи чохь, иза татол бен дацахь, хIума йитта цамагор, иза бехдан ца магадо адамна. Цундела вайн дайша шовданийн кортош, гIунашна гонахара гонаш цIена латтийта, гонах керт йора, бежанашка, кхечу акхарошка го бех ца байта. Хи доцчохь дахар гIеллуш, кхачалуш, соцуш хилар хууш, баьхна вайн эвлаяаша хица лараме хила. Дала шен комаьршонца боккха озабезам бина вайгахьа, хIунда аьлча я лаьмнашкахь, я аренгахь хинан гIело ца йина Цо вайна кху махкахь. Дахарехь хи ца хилча ша хене далалур доций хиъна, адам хишна гергахь сецна даима. Цундела вайн ярташ, гIаланаш яхкар нисделла махкарчу хинийн йистошца – Теркаций, Органций, Мартанций, Iаьссаций, Соьлжаций, Шалажций, Бассций, Хуллоций, Гумсаций, Яьссийций, царна чуоьгучу даккхий, кегий хишций, ахкашций, шовданашций. Цхьабакъду, вайн махкара и дерриге хиш хьалхалерчу заманахь мала мегаш, цхьадерш дарбане, мулххачу хьашташна цIена, пайдехь хиллехь а, тахана церан хьал хийцадалаза ду ала-м хала хир ду. Вайн массо хинийн йистош, гIодан чоьнаш бохачу хIуманех ларъеш аддам вац. Цундела цу йистошка я гIадчу яссийна ю вайн керташкара нехаш, кхаьллеш, йохочу гIишлойх бисина пал, аьчган, аьнгалин, дечига, пластмассин, ширъбелла мел болу гIурт а. Доьдучу хи чохь юьлу вай машенаш, тракторш, кхин йолу техника. Оцу хи чу кхуьйсу къен елла хIумнаш, урс хьаькхначийн чоконаш цу чу яссайо. ЧIерий лоьцу бохуш, хинан айманашна чукхийса мега гранаташ, карбитах дуьйлина шишанаш, «хлорка» таса а мега. Иштта къизалла вай лелийча цу хиш чохь дахар долу хIумнаш ле, цундела мала-м хIунда дуьйцура вай, чохь лийча, кхин дезар дан кхераме хуьлу вайн хиш.

2
ХIора стагана ша Iаш волчу меттахь хица долу хьал дика хуур ду, юьртахула охьадогIург хилда иза я бухдуьйла шовданаш, я яьхна гIунаш хуьлийла уьш. Цоцанхойн дахар дукхах дерг Хулло-хица доьзна хиларна, суна цунах лаьцна дийца лаьа. ХIара хи-м хьалхалерчу заманахь, 180-200 шо хьалха шен дерриге гIад гелдаганхойн махкатIехула долуш хилла. Ткъа хIинцалерчу цоцанхойн махка тIе нах кIотарш йохкуш охьаховша боьлча, цара Хулло чуьра схьадерзийначу татолах, шена керла гIад дина оцу челакха ламанан хино. Хул-Хул, Хулло, Хулли, Хулхулло олу оцу хих наха, амма цоцанхоша цунна къастийнарг Хулло цIе ю. Тхан юрт оцу хица йилла йолийна 200 шо ца даьлла, амма оцу ламанан хица адамаш даха дуьйладелла Iаламат дукха хан йолчух тера ду. 1967 шарахь археологаша биначу Iилманан талламаша гайтина, хIинца Сиржа-Эвл йолчу меттехь адамаш дехаш туп лаьттина хилар Iийса-пайхамар (I.с.с.) дуьненчу валале хьалха 10-гIий–7-гIий бIешарийн юккъехь дуьйна. Хьесап дича иза хуьлу 2844 шо  хьалха дуьйна. Археологашна хетарехь, оцу туьпара нах бохийна Iийса-пайхамар (I.с.с.) дуьненчу валале 700 шо хьалха, кху вайн махка тIамца баьржинчу скифаша, церан бартахоша савроматаша, уьш Хьалхарчу Азин пачхалкхашна (Ассирина, Мидина, Урартуна)  тIелетачу хенахь. Хулло-хил малхбалехьа, хьаннийн аьрцнашна юкъахь, баьржинчу беркатечу махках олуш хилла Нохчамахке вайн къомо, ткъа гонахара туркойн мотт буьйцучу къаьммнаша Ичкери–лаьнашна чоьхьара мохк боху маьIна ду оцу дешан. Хуллонан бердашца яьржина Iохку шира нохчийн ярташ: Сиржа-Эвл, Хорача, Дишнийн Ведана, ЦIен Ведана, Вирхоти, Куьйран Бена, Эвтара, тIаьхьо ийллина Цоци-Эвл, дукха хан йоццуш йиллина Керла Энгана а. Имам Шемалан  чIагIонан гIап, кху Хулло-хи чувуссийла йолуш, Веданахь хила. Цундела оцу 25 шарахь нохчаша Россин мохкдIалацархошна дуьхьал биначу тIеман дукхах йолу хало, къизалла лан дезнарш ночмахкахой бу. Хулло цу заманахь, беран бIаьргара баьлла хин тIадам санна, цIена, массо ярташкахь молуш, хIора юьртахь кегийрхой хийистана гуллуш, хийла ирсе кхоллам царна юкъахь чIагIбеш, беркате хьост хилла лаьттина. Шен заманахь, Дала къайле цIинйойла цуьнан, Эвтарарчу эвлаяа, Баммат-Гира-Хьажас (Iовдас) аьлла: «Кхаа тIулгах чекхдаьлла охьа даьлла Хуллонан хи мала мегар ду, ткъа Iуьйренан ламазан хенахь эцна молуш долу хи дарбане а хир ду». Цоци-Эвларчу Гама-Хьажица чукаре йолуш, гергарло лелош хиллачу Илсхан-Юртара эвлаяа Кунта-Хьажас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) кху Хуллонан бердаца, юьрта юккъехь дайтина дуьххьарлера рузбанан маьждиг цоцанхошка. Аьхкенан деношкахь Хуллонан тогIе юьззина хуьлу, цхьацца кузаш, бойнаш, кхинйолу хIумнаш, хих йохуш, юьттуш болу зударий, луьйчуш долу бераш, энаша лаьцна болу къаной а эвлал лакхахьа я лаххьа, нахана шаьш ца гуче а бовлий. Ломара дуьйна малхо дохдинчу тIулгаш тIехула хьаьдда догIуш долу Хулло, лаххаьарчу ярташка мел долу дегIана аьхна, малделла, довха хуьлу. Цундела дуккха нахана энаш дIадохуш дарба долу Хуллонан хих. Советийн заманах-м кху Хуллоца Сиржа-Эвлах бераша аьхка садоIуш лагерш, ткъа Куьйран-Бенахь туристийн база яра. Вайн махкахь лаьттинчу тIемийн кегарено уьш дIаяьхна, амма, Дала мукълахь, денлур ю юха и садоIуьйлаш, декар ду вайн берийн ирсе аьзнаш кху Хуллон тийна бердаш дахарна самадохуш.

3
Вайн махкахь, цул арахьа шуьйра вевзаш волчу Сулейманов Ахьмада шен «Нохч-ГалгIайн топонимии» цIе йолчу Iилманан белхан жайнахь дийцарехь, Хулло дуьххьара лаьттара схьадолуш долу хьост долало Iаьндийн ломара (Дагестанера), Хьараме цIе йолчу дукъ тIера. И Iаьндийн ломан дукъ ду шена тIехь дукхе а дукха хьийкъина буц йолуш, шортачу дежийлийн хьарма хила даьржина лаьтташ. Цундела сел даьхни лело беркате меттиг къуьйсуш Iаьндийн, нохчийн къаьмнех болу дуккха нах балар нисделла. Девнашца я маслаIатца и дукъ цхьана агIонан дола доккхуш барт хуьлуш ца хилла шинхьарчу къаноша цхьаьнакхетта биначу сацамех. ТIаккха, эххар кхоьлахоша сацам бина и дукъ шина агIонна доладаккхар хьарам деш. Цул тIаьхьа и меттиг ца къуьйсуш Iад дитина шинхьарчара. ТIаккха дуьйна оцу дукъан цIе Хьараме олуш йисна. Шен «Топоними» тIехь Сулейманов Ахьмада Хулло-хин цIеран маьIна къастош яздина, «хул-хул» таджикийн дош ду–иза вайн матте даьккхича, «тIуьна меттиг» бохург ду аьлла. Ахьмада далийна делил шеконе дилла йиш яц вай-м, амма вайн баккхийчара дуьйцуш хезна суна, суна санна иза хезнарш кхин хила а там бу. Хуллонан хи аьхка, чудужий, гомхадолу, ткъа Эвтарал лаххьа-м жаганний, тIулгашний юкъахь дов, гIад чохь цхьа тIадам боцуш охьабогIу гуш. Ткъа ломахь догIа а деана, Хулло охьадогIуш, цо дохделлачу тIулгаш тIехь «хул-хул», «хул-хул» бошуш, довхачу ялгIо чохь кхехкачу хIуманах тера гIовгIа йоккху. Оцу маьIница цу хих аьлла Хул-Хулло, Хулло а. Туркойн маттаца меттнаш догIуш долу гонахара къаьмнаша техкинчу цIерех йисина дуккха ю вайн махкахь топонимаш: Мичиг, Гумс, Хошкелда, Гелдаган, Гермчиг, Чечана, Оьрза-гIала, Ямсу, Ичкери и. дI. кх. Цундела вай Ахьмада яздинарг харц деш дац, амма вайнехан иэсехь дисина дерг  билгалдаккха, довзийта гIерта. Хьараме дукъ тIера схьадолалучу Хуллох схьауьйш ду дуккха шовданаш, кегий хиш, ахкаш а. Цо шена Хорачу кхаччалц тIулгийн лаьмнашна юкъахула, готта некъ боккхуш, гIад диллина бIешерийн йохаллехь. Хорачуьра шина Веданхула, Вирхотехула, Куьйран Бенахула, Сиржа-Эвлахула, Эвтархула аьхка, кхин лакъар я тIулгашлахь дар а доцуш, охьадогIу Хулло. Амма Сиржа-Эвлахь шелахоша, татол тесна шайн кхаш тIе, бошмашка дилла хьаладаккхарна, юха Эвтарахь эвтархоша, гелдганхоша, цу хина махбузехьа болчу цоцанхоша татолашца дIадерзийна хиларна, аьхка шен гIодчохь Цоци-Эвла Хулло ца кхочуш бетнаш нисло. Цхьадолчу шерийн Iаьнан беттанашкахь а хуьлу изза хьал. Цундела цоцанхоша, бежнашна малош долчу, бошмашна дуьллучу хица ишттачу заманахь, бала хьоьгу. Бакъду Цоци-Эвлал лаххьа, госхозан бежанийн ферманашна дехьа, шовданаш дуьйлало бухдийла, цара кхиндIа долу Хуллонан гIад хи доцуш ца дуьту. Забантан акхтаргашкахь тIекхетачу масех цхьаьнакхеттачу малхбузехьарчу шовданаша тамдина Хулло, Керлачу Энганах тIехъиккхича, Гумс-хих дIакхета, цигара дIа Соьлжа-хих, тIаккха Терках, эххар а Каспин хIордах дIатуху цо шен хи. Хьалхалера шерашкахь Каспи чуьра «шамайка» цIе йолу чIара богIура вайн хиш чу. Кхочура и чIара Хулло чу, амма Соьлжах чекхбаьлла иза лаьцначара чIогIа нефтан хьожа кхеташ хуьлу олура. Оцу балхо гойту вай хишца йолу юкъаметтиг муха хилла советийн заманахь а. Вайн нефтезаводийн куьйгалхоша нефтан сурсаташ муха лардеш хилла хих ца хьакхадалийта гIерташ, гайтаран сурт ду иза. Ткъа кху махка тIеман мур беанчу шерашкахь-м яккхийро айманаш йолчу меттигашка «федералаша» гранаташ кхуьйсуш къизаллаш лелайора цу чохь долчу Iаламашна тIехь. Таханлерчу дийнахь хIун хьал ду теша вайн махкарчу хишкахь, тхо долчуьра Хуллогахь а? Вайн мехкан дукхах долу хиш, вайна ма-хаъара, Iаламан дIахIоттамах доьзна ду шайн дахаран оьмарехь – иза догIанаш дахкарций, ло алсам долуш Iа нисдаларций. Цундела йочане шераш нисделча, хиш стамло, бердаш гомха долчохь уьш гIад чуьра  довлий, шайна духьала нисъеллачу хIуманна зене довлу, ткъа йоькхане шерашкахь лекъа цхьана муьрана. Уьш ший агIо пайдехь ца хуьлу иштачу хица дехачу адмана, цара кхобучу даьхнина, бешахь юьйш йолчу хIумнашна а. Цундела вайн меттигашкарчу депутаташна, куьйгалхошна иштта долу кхачамбацарш дIадаха, нисдан агIонаш лаха еза. Аьхка хиш лекъаш долчу ярташна гонах, прудаш хуьлу агIо нисъян езара, бIаьста, гурахь а, хинан шорто йолчу хенахь чохь хи IаIош я юьртахь массарна кхачо йолуш молуш долу хи далорна тIаьхьабовла беза. Советан Iедалан заманахь Цоци-Эвлана, Гелдаганна, Эвтарна хи латтош скважина яра цоцанхойн махкахь, роггIана хийцалуш белхалой болуш. Цигахь царна чохь Iа, белхан оборудовани ларъян кечйина гIишлош йолуш. Оцу скважинехь йолчу насосаша цу кхаа юртана кхачамболуш хи латтадора. Амма вайн махкахь хьовр-зIовр доладеллачул тIаьхьа и меттиг хIур-цIур хилира – цхьа анасос, кибарчиг цигахь ца юьсуш, эххар лаьттах йохку биргIанаш схьа а йохуш. Цул тIаьхьа совхозо вовшахтоьхна, Эвтарехьа йолчу ах юртана кхоъ шира скважинаш денйира, даккхий еш хIиттийна, уьш дузуьйтуш, нахана цигара шайн хIусамашка дахъа аьтто беш. Оцу еш чуьра наха фляганаш юзуш, шайн гIудалкхашна тIехь дIасакхоьхьуш ду хи шайн хьашташна тахана. Асфальт некъана лаххьа йолчу ах юртана, мел дукха 8-10метар охьааьхкича гIу йолу, ткъа таро йолчара буро тухуьйту шайна хина я бассейн  йоккхуьйтий машенашкахь чу хи дуттуьйту. Хьалха кхаа юртана хи латтош хилла скважина юхаденъеш, юьртана массанхьа хи далор ду бохуш дийца-м дуьйцу, амма хабарал сов даьлла гучудаьлла  хIума-м дац. Делахь тхайгахь дерг-м суна башха ледар хьал ца хетта ойсархошкахь, куьрчалхошкахь, керлабилтахошкахь, нойбоьрахошкахь а долчуьнга хьаьжча, Дала боккха къинхетам бина тхох. Цхьабакъду, массо сурсател чIогIа оьшуш дерг цIена хIаваъ ду массо садолчу хIуманна. ХIаваъ доцуш, садаIа таро йоцуш, хетарехь шина минотехь Iалур вац цхьа. Иза бехдеш делахь, хIинца шортта, Дела къинхетаме хилар бахьана долуш, кхачо йоллуш лаьтташ ду вайна. Амма хIаваъ дIадаьлча, шолгIачу меттехь вайна оьшуш дерг хи ду. Хи доцчохь дахар соцуш ду. Вай-м тоххарехь кхеча сайраташ тIе дIакхалха дуьйладелла хир дара, цигахь хи хилар ваьшна хиъна делхьара. Хинан тIуналла хьакхаелча бен денлуш дац латта, цунна чуьра схьайолуш йолу хIума. Цундела, Дала дахаран бух биначу сурсатийн вай тIалам, ларам, кхоам, пусар а ца дахь, вай тIекхуьучу тIаьхьенашна декъазчу дахаран хьелаш дуьтур ду. Таханенан са бен ца гуш вай дахаран Iалашо хилахь, дуккха хIума хийцалур ду, довр ду Дала кхоьллинчу Iаламера. Гуш яц вайн махкахь тахана бIаьстенца яьхкина алкханчаш, човкарчий, хIуьрцIаьлдигаш, наггахь бен бIаьрг ца кхета нIаьвланах, хIуттутах. ХIаллакьхилла дIаяьлла сур-дечиг, чIижаргIа, комаран диттан а сий дайна, дарбанан бецаш а дIатеттина, дайша йиъна бецаш йицйина и.дI.кх мел ду уьш.
«Битийша тIаьхьенашна цIеначу хIаваах, хих, лаьттах, хьаннех, дийнатех, ораматех а эца пайда!–бохуш тийжаш ду вайга Iалам. Хилийша оьзда, шайн ворхIе дай санна, Далла муьтIахь долуш, шаьш Iаш долу меттиг цIена, хаза, могашаллина аьхна, дIахьаьжначун бIаьрг хьостуш еш, йохьах дуьззина къонахий!» Оцу кхайкхаман некъа тIехь вай нисдан юкъ йихкина, хIора дийнахь, буса мехкан сурт-сибат беркатечу куьце далош схьавогIуш вайн баьчча, мехкан куьйгалхо волуш, вайна хIун хала ду Нохчийчоь дуьненан тоьлла, исбаьхьа кIаже еш дIахотто. Дала аьтто бойла ийманехь нисвала гIерташ, хьанал къахьоьгуш, ша боккхучу когаца, тухучу куьйгаца, дечу гIуллакхца диканаш даржош къахьоьгуш мел волчу махкахочун.


Рецензии