Цоцанхойн некъан шовда
Ледаро хьал дара вайнахана цIадирзинчу хенахь вешан махкахь карийнарг: хирцина хьакхлагIашка йирзина хилла хIусамаш, къух даьлла, адаман лар цкъа а ца хиллачу кепехь, дайна урамаш, наггахь бен цIа юкъахь хаа а ца луш, айаелла коьллийн а, диттийн а боьлакаш… Оцу декъазчу, тIех сингаттамечу суьрто гойтура, кхузахь Iаш болу нах цхьана муьрана туп тоьхна, муьлххачу а хенахь меттах а бевлла, кхечанхьа дIабаха, шайн ларчанаш кечйина бехаш, новкъа бовла кийчча Iаш хилар. СинпаргIато юссуш ца хилла церан дегнашка – уьш вайн къам дохийначу махка ма кхийсинера шайн дахаран маргIалш тийсаделлачу лаьттах къастийна. Цундела, кху мехкан тIаьхьало шайгахь ца гуш, бевллера уьш хене я урамийн, я хIусамийн, я некъийн а бала-гIайгIа йоцуш.
Соьлжа-гIалара некъаш дукхах дерш тIулг буттуш дехкина дара, наггахь дерш силам диллина а, амма гIалел арахьа жагIа боьхкина «грейдерш» олуш долу некъаш дара. Ишттачу некъех цхьаъ бара Соьлжа-гIалара Iаларойн-Эвла, Ялхой-Махка – Нохчийчоьнан хIора а юьрта боьду некъ а. Автобусаш оцу некъашкахула кIезиг лелара (дийнахь I-2 рейс), кегий машенашна а къелла яра. «Москвич-401», «Запорожец» я «Победа» марканех йолу машен нисъелча-м, хьо хIинцалерчу «Мерседес» тIе хиъча санна, дог-ойла айалой воккхавоьра. Дукхахьолахь вахар-вар цу хенахь кир лелочу машенашкахь нислора я муьлхха вордан тIехь сту, говр йоьжна. «Самосвал» тIе а ховшура, кузов юззий, схьахетарехь, чкъург керчаш хилчахьана, мекхана тIе хевшина а гIур болуш бара нах, таханлера токхо, куралла ма яцара вайгахь хIетахь. Грейдерни некъаш, йочана а йоцуш хан яьлча, чан хьийзош, ткъа ткъов йолаелча некъахочух хоттан «уьйриг» хуьлура, шен хIусаме кхачале. Ала догIу, аьлча харц а хир доцуш, хоттал а халаниг чан яра: иза ца кхочуш меттиг а бац, адаман кийранан бист кхаччалц. Цундела аьлла хир ду-кх мачаш ечу пхьеро: «Хи, хатт а чекх ца долуш мачаш ялур ю соьга, амма чан чекх ца йолуш мача ялур яц соьга». Оцу кепара хьелашкахь дара вахар – вар вайн некъашца. Амма и дерриг а дицдеш лаза долура машен тIехь вовшахдиттина, ирахь саца гIерташ къийладелла дегI.
Цундела, араваьлла вогIучу некъахочо, йовхачу хенахь къаьсттина, сатосура хи тIе кхачаре, юьхь-куьг дилина сапаргIатдаларе, мелла а шийлачу шовдане а кхаьчна.
Цхьадика, вайн махкахь Чергазийн раьгIнел лакхахьа, лаьмнашкахьа йолчу агIор шовданашна, хишна а къелла яц. Ведана, Шуьйта, Нажин-Юьрта муьлххачу а вайн лаьмнийн агIорхьа вай дахча, цу некъашкахь сих-сиха нисло шовданаш, цхьана наха шайна мелана Iай, аьхка доладеш а долуш. Дала латтадойла вайн махкахь иштта адамаш даима!
Некъан шовданех цхьаъ ду Цоци-Юьртана чуволале, малхбузехьа долу «Даккин шовда».
Оцу шовданан кхоллам, оьмар генаро а йолаелла схьайогIуш ю шена цIе тиллинчу хене хьаьжча. «Даккин шовда» цунах алар доладелла вайнах Юккъерчу Азера цIабирзинчул тIаьхьа, ткъа цул хьалхарчу заманашкахь оцу шовданан корта дикка лахахьа хилла. «Дехьа Саьртал», «Сехьа Саьртал», «Iаьндийн кIотар» а цIераш йолуш, боьраца ехкина хиллачу кIотаршна хи латтош. Шемалан заманахь оцу кIотарех, гонахарчу кхечу кIотарех а цхьаьна кхеташ, Цоци-Эвла кхоллаелла. Цундела цу шовданехь хийла бозабелла хир бу цу кIотарийн кегийрхойн безамаш, кхолламаш, хи молуш севцца хир бу Имам Шемалан бIаьхой я шозза кхузара кIотарш ягош чекхбийлина инарла Слепцовн, Галафеевн а салтий. И шовда теш хилла Соьлжа-гIаларчу пурстоьпо, кхузара луьста хьаннаш дIа хьоькхуьйтуш, ворданашкахь жагIа бохкуьйтуш, Iаларойн-Эвла, Ялхойн-Махка а гонахарчу нохчашка бIон некъ биллийтинчу хенан а.
Шена чуьра хи муьйлуш, 1919-чу шарахь деникинцаша Цоци-Юрт ягоран, тIаьххьарчу шина тIамо вайн махкахошна тIехь леллачу харцонийн, хиламийн а теш ду-кх и шовда.
Наггахь даьхкинчу деношкахь цу шовдана гина ша ирсе деш, самалхадоккхуш, дахаро хьаьстинчу адамийн екхна, сирла яххьаш, зевнечу аьзнашца дека къамелаш, Далла Iамалъеш, сийначу бай тIехь Къилбехьа вирзинчу нохчичо доIийна лаьцна, берчаш а евлла, эттIачу куьйгийн кераяккъаш. 1960-1964-чу шерашкахь, Соьлжа-гIалахь, со студент волуш, баттахь кхузза-доьаза сан эвла вар нислора. ХIоразза ас, автобуса тIехь мел волчо сатосура «Даккин шовдане» кхачаре. Цигахь саца ца соцуш чекх ца йолура цхьа адамех йоьттина йогIуш йолу машен.
Некъахоша юьхь-куьг дуьлура, цхьаболчара ламазаш дора (ламазан хан тIехIоьттина хилча), хьагвеллачо молура я кийра цIанбора хьахаеллачу ченах, къохьах. Шоферо шен машен чу а дуттура, салон чу а тухура, некъана канистра а юзура.
Мел болура сила долчу адмашна цу шовдане кхаьчча. Шовданан хих дезар мел динчо: «Дела реза хуьлда хьо даьккхинчунна, хьо лардечунна а!» – олура. Цундела ала лаьа суна, оцу наха баркаллица Деле ял йоьхуш, хьехочу нахах. Вайн къам вешан махка Юккъерчу Азера цIадирзинчу шерашкахь, денна бохург санна, докъарш гулдеш, бежнашна бецан цIов боккхуш говр-ворданахь лелачу тхан юьртахочо, Тараман Даккас Iуналла деш хилла оцу шовданан. Даккас цIанбинера шовданан корта, хIинцалерчу меттигна лахо, тахана а долуш долчу лекхачу таьллийн диттийн когашкахь. Амма шо-шаре мел долу, заманца гонахара Iалам хийцадаларца и меттиг уьшале йирзира, ткъа шовдано шен схьадолу хьоста, лакхахьа доккхуш, хуьйцура. Эххар шовданан корта некъана гергахь сецира. Iедало вайн некъийн дола деш белхалой хIиттича, Мескер-Эвлана, Гелдаган-Юьртана юккъехь цу некъан белхало вара Гелдаганара Дивади цIе йолуш стаг. Цо шен сих-сиха цу шовданехь ламазна, садаIа нисваларе терра, шена мел, ял хилийтархьама, Iуналла дора цуьнан. Дивадис шовданан керла гуо шорбеш, шуьйрачу биргIанан хIоз биллира, аьхкина, дикка лаьттах а бохуьйтуш, харш даьккхира хи охьадахийтархьама, жагIанца гонах хьаьвзийла айинчул тIаьхьа, масех даькнийн синтар а дуьйгIира, IиндагIана лерина кхиийта. Юьрта чу хи даладале, аьхка хинан къелла хIуттучу цоцанхошна оцу шовданах доккха гIо хуьлура. Хулло лекъий, гIунаш якъа а лой, оцу шерашкахь шовданах цоцанхоша «Даккин шовда», гелдаганхоша, кхечу ярташкарчу наха а «Дивадин шовда» олий йоккхура цуьнан цIе. Дивадин къанваларций, могашалла иэшарций доьзна, шовданна деш долу Iуналла гIеллуш, дайра, сецира. Цул тIаьхьа оьздангаллехь галбевллачу цхьаболчу юьртахоша, шаьш бежанийн рагI токхучу деношкахь, бежнийн руьйта хIутту меттиг йора шовданна гонах. Шовданан гуо бехлора, кхиъна догIу даькнаш кегдина хиларна дакъаделира, тIаккха шовданна орцах велира оцу хенахь юьртда хилла волу Орцуев Хири, зуькар олуш, нехан беллачу нехан барам дIаберзош лелаш волу Бугхаджиев Хьалезат а. Дала гечдойла цаьршинне а: Хири – машено вийра, ткъа Хьамзат, шолгIа тIом дIабоьдучу хенахь вайн махкана а бале бевллачу зуламхоша буса юьрта чу а баьхкина, герз тоьхна вийра рузбанан маьждигна уллохь шайн цIакхачале. Хьамзата цу шовдан чоь бетонан хIоз а буьллуш, кIаргйина, баккхийра жагIанца хи луьтту бух бира, хьаладаьлла хи охьадоьду татол цIандира, гонаха керла арматурийн керт йира, ша сварка еш, чу – ара волуш дIасадоьллуш ринжа а дуьтуш. Майра кIант, Эвтарахь дика воIда йолу мурд, оьзда къонах вара Хьамзат. И дIаваьллачул тIаьхьа юьрто юха а гуо къовлуш, тIехула аьчкан тхов а туьллуш лардеш лаьтташ ду и шовда, юьртахойн, махкахойн а хьашташ кхочушдеш.
Дала мел, ял а лойла и шовда лардеш, тодеш, цIена латтош, цуьнан пусар деш и дийна латторна цунах куьг мел тоьхначу, тухучу адамашна. Хи – иза адаман дахаран ах бахам бу, аьлла вайн эвлаяаша. Ткъа шовданан хиш вай махкахь дукхахьолахь дарбане, дегIана аьхналла луш хуьлу. Цундела ду-кх тхан юьртан махка тIехь лардеш, шайн цIераш а йолуш шовданаш: «Бабатан шовда», «Хьийза шовда», «Ши корта болу шовда», «Дукин шовда», «Даутмирзин шовда», «Ирхкхуьйсу шовда», «Апари долу шовда» и. дI.кх. а.
Юьххьехь вай дийцина некъаца долчу шовданан яккха йисина цIе юкъара хир ю-кх: «Цоцанхойн некъан шовда».
Дала пусар дар марздойла вайна вешан Iаламан мехалчу хазнийн: шовданийн, лелачу хин, даккхийчу Iаьмнийн, цIеначу хIаваан, тайп-тайпанчу дийнатийн, дарбанечу бецийн, башхачу ораматийн, кьаьсттина вовшийн а. Диц ма де вай Iаламехь дехаш хилар – иза талхадахь вайн Iер-дахар къаьхьа, декъаза хирг хилар а.
Свидетельство о публикации №225081700908