Эвлаяийн кхолламаш

1
Мичара схьа бу теша хьан, нохчийн къам, кхоллам, мичахь ю те хьан дIакхочу чаккхе? Оцу шина дозанна юкъахь ма дукха мехкашдIалецархой бовзар нисделла-кх хьан, сан шира, жима къам, кху Дала хьайна Iен, даха билгалйинчу дуьненан лаьттан коржам тIехь, Кавказан махкахь, Нохчийчохь. МехкашдIалецархойн цIераш йохуш вай къа ца хьегарх – уьш бевзаш бу. Амма уьш, вайн махкахь цхьана заманан муьранна туп тухуш бен ца Iийна. Делан кхинхетамца вайн къоман кочара охьа буьссуш дIаихна цхьаццанхьа, дуьне мел ду. Iийса пайхамар (Делера салам-маршалла хиларг) дуьненчу ваьллачул тIехьа XV11- гIа бIешераш дуьладаллалц, вайн махкахула чекхбийлинчу талорхоша къомана, бахархойн бахамашна мел зенаш динехь, вайн гIиллакх - оьздангалла телхачу агIор, вайн Iадаташ, ламасташ буххера хуьйцучу агIор тIеIаткъамаш беш ца нисделла хьелаш. Цундела нохчийн къоман дахар, Мехкан кхел цIе йолчу тайпанийн институто кхоьллинчу Iадатийн,  ламастийн, гIиллакх - оьздангаллин мехаллийн, тIе къомо, дукхахьалахь, бертахь тIеэцначу бусалба динан низаман гураша, халкъ, барт ца бохуьйтуш, демакратин хоршахь сацийна лаьтташ хилла. Иштта кIеда вайн къоман юкъаметтиг вай хьахийча, вайн дай дIаяханчу хенахь, вовшашца цхьа Iоттабаккхам боцуш баьхна моттадала тарло. Весаш, девнаш юкъа оьгуш хилла, вер-ваккхар нисделла-иза сецна зама йогIур ю ала хаац, адамаш дуьнен чохь мел деха. Амма адмашна юкъа оьгуш йолу дагзаллаш, девнаш дIадерзош, чIирхошна юкъахь машар беш, маслаIатан тобанаш хилла махкахь оьшшучул. Мехкан кхелан, маслаIатан тобанан декъошхо хилар атта ца хилла, алапа диллина болх иза боцушшехь. Иза Далла, нахана хьалха деза, жоьпаллин дукъ хилла, шена мелана, нехан баркаллина тIелоцуш. Амма вайн къам, мел дика ларалуш хиллехь а шен махкахошка низам лардойтуш даха, гонахарчу яккхийчу пачхьалкхийн политически Iалашонашна юкъа нисло Кавказ, цуьнца цхьаьна Нохчийчоь а. ГIажаройн Иран, Туркойн Истамул (Турци), кIайчу паччахьан Росси а тохало Кавказ сутара караерзо XV11-ХV111 – бIешерашкахь. Оцу къовсамехь цу кхаанне  кара ца яха гIерташ, мел еттаяларх Нохчийчоь, тIамца дуьхьало еш, бIе шере гIоьртташ лийтира, дуьхьалонаш еш, амма, эххар, нуьцкъалчу оьрсийн бIоно хьошу. Нохчийн мохк талош дIалацарал сов, вайн къоман юкъараллин демократически низам лардеш хилла къоман институташ йохало цуьнга: мехкан кхел, тайпанийн цхьаалин лаьттанийн дозанаш, ярташ, бахамаш. Къам шайн ворхIе дайн орамаш хецна лаьттинчу бухах хередоккхий, лаьмнашций, хьаннашций, уьшалшций  даьржина, шайн доьзалш бовдийна лелаш, гIакхделла даьржа. ТIеман замано Нохчийчоьнан дахар низаман  хоршара доккху. Кхоччуш  тIелаьцна далаза долу бусалба дин гIелло. Орсийн эскаро гатте хьовзийначу махкахошлахь деба шаьшна юкъахь талорхойн тобанаш. Дуьйлало къоланаш,  адмаш идор, дохкар, лаьтта тIехь бечу балхана адам херадолу. МостагIаша ахчанца, даржашца, совгIтна лучу лаьттаца, эца болабо сутарий, ийманах телхиний болу вайнахах болу нах. Къам хIалакьхиларна  кхерам болуш мур богIу Нохчийн махка.

2
Дала оцу заман чохь Шен  къинхетамца вайн махкахь беркатан хьал кхуллу, нохчийн къам шен сехь ийманах ца дохийта, Цо шериIатан, тIерикъатан Iуй гучубоху: шайхаш, эвлаяаш, устазаш а. Царалахь хьалхарниг шайх Мансур (Ушарма) ву. Шайхаллица цхьаьна кхочу цуьнга имамалла. Вайн къам нохчоллех, маршонах ца къастуьйтуш, бусалба динан ийманехь халкъ дендолуьйту цо. Нохийн къам цхьабарт болуш мостагIашна дуьхьл гатто гIерташ, къийсам латтийна, халкъо иллийн турпалхо винчу, Таймин Биболата. Цул тIаьхьа суьйлийн махкарчу имамашна тIетийжаш, церан куьйгаллина кIел дIакхоьхьу нохчаша шайн мехкан паргIатонан къовсам. Россин паччахьан инарлаша бинчул кIезиг тIеIаткъам ца бина нохчашна юкъахь лаьттинчу демократина Шемалан имаматан замано. Имам  Шемала бовзийтина вайн къомах болчу нахана Iедалан даржашка кхаьчначу нехан хьаьвданан чам, цхьана стеган лаамна кIел къам сацо хааран некъаш, шариIато магош хиларна, шичой, махчой балор маре бигар а, – уьш шадерриш чIагIдан, даржийта гIерташ. Шемала бохабайтина нохчийн къоман тайпанийн яй, бийца бух боцу чIана леш тIехь мехкан кхожана (лаьттан декъана) юкъа озийна, мехкан дай беш, уьш нохчий хилар чIагIдеш, дIакхайкхийна. Нохчийчоь тIаьххьара сауьйзуче яьккхина, шен мостагIчун лай хилла, йийсаре вахана шен доьзалшций, гергарчаьрций. Цундела кхин шийтта шарахь, оьшуш хIума доцуш, ваьхна, оьрсийн паччахьан сийлахь йийсар хилла. Ткъа шен наибашкий, могIарерчу тIемалошкий леташ ле бохуш хилла, чевнаша вожийнехь а. Са чохь оьрсийн йийсаре кхаьчнарг жоьжахатехь вогург хилар чIагIдеш. Имам Шемалан газотан болам Нохчийн халкъ кхачош, иза лаьттан букъ тIера дIадокхуш, кхачадалийтаран некъ хилар, дуьххьара оцу заманахь Iора даьккхинарг (Дала шен къайле цIанъяриг) Илсхан - Юьртара эвлаяI, Кишин  воI, Кунта Хьажа ву.  Цул тIаьхьа цуьнан (Кишин – Хьаьжин) тIерикъатан некъ дIабаьхьна шайхаш, устазаш бу. Оцу нахах дерг ма – дарра дийца йиш йоцуш дIаихна паччахьан, цул тIаьхьа советан Iедал лаьттина зама а. Амма нохчашлахь царех лаьцна дуьйцуш долу дийцарш, церан хьехамаш, леламаш, дитина вирдаш, легендаш дисина вайн халкъалахь къоман оьздангаллин жовхIарш хилла. Царех долу хабарш, мел инзаре тамашийна, легендех тера хеталуш делахь, шайца Iаламат йоккха мехалла йолуш ду вайн заманхошна, тIекхуучу къоначарна а. Цхьаболчу шайхех, эвлаяэх, устазех лаьцна дикка дийцина кху тIаьххьарчу шерашкахь вайн зорбанехь, амма цара нохчийн къоман саметтахь латторан тIеIаткъамах лаьцна бина буьззина, кхочуш талламан белхаш кIезиг бу. Нагахь Iедало, хьалха сийсаз бинчу, вайн сийлахь махкахойн цIераш юхаметта  хIиттаяйтахь. Махкал арахьа паччахьан я советийн заманашкахь махках баьначохь  дIакхалхар хиллачеран каш – лахьта Нохчийчу дерзадайтахь (шайх Мансуран тIера дуьйна). Оцу эвлаяийн  тIаьхьенашна шайн дайшкахь хиллачу керт – кхерчашка  дIанисбала бакъо хилахь, оцу тIаьхьенех дага довлуш, Нохчийчохь дахар дIакхехьахь, беркат, барт, иман, ирс хьаьвзар ду вайн махка. Муьллхачу вирдехь велахь, хIора нохчочунна шена гонахарчу нахах вашар тIедиллина Дала. Уьш ларар, ламаз, марха долуш, хьарам – хьанал къастош болчу нахана дог ца Iиттар. Со волччу вирдехь, хьо хIунда вац ца бохуш, шен – шен устазо бохург деш, вовшех дог  лозуш, Ша реза ван ийман, собар кхочуьйтуш, вежарий  хилла, Шена дуьхьал дахка пурба лойла вайна Кхоьллинчо.

3
ХIинца вайн Iалашо ю махкарчу шовзткъа сов ваьллачу шайхех, эвлаяэх, устазех цхьаннах, Мани – Шайхах лаьцна дийца.
Iаьчгах пхьеро шаьлта йо,
Дала пхьерана шайхалла ло.
Iумин Мохьмадан Назархин Мохьмад иштта ю хинволчу шайх Манин цIе дуьненчу ваьлча дас – нанас тиллинарг, шен шовзткъа шо кхаччалц лелийнарг а. Дуьненчу валар, гIеметта хIотталц вахар Цоци – Юьртан лаьтта тIехь нисделла цуьнан. Цуьнан деда Мохьмад шен шина кIантаца Назархица, Вазархица шайн тайпанан, цIийнан лаьтта тIера, Харачуьра, бухвалар нисло. Оьрсийн паччахьан эскарша лелочу къизаллаша, талораша
меттахдаьккхина нохчийн къам, ярташ ягош хIаллакъярна. Иштта Харачуьра меттахваьлла ши ваша юьхьанца БIаьчин юьрта вуссу. Амма цигахь дукха ца хьелуш кхелхий, шайн тайпанан нах (харачой)  болчу хинйолчу Цоци – эвлан лаьтта тIехь, Хулло - хин йистехь ваха соцу. Вежарий шайн дайшкара дуьйна говза аьчгапхьераш хилла. Оцу говзалло кхобуш хилла уьш шайн ворхIе дайшкара схьа. Герз дан хаарал сов, аьчган маьIданех лаладеш эчиг къасто, цу аьчгах болат дан говза хилла. Цундела шаьш баха севцначу кIотарахь дIайоьллу шина вашас пхьалгIа, эчиг лало куьрк а. Вежаршна хууш хилла вайн махкахь лаьмнашца аьчган маьIда (руда) йолу меттиг. Наха дийцарехь, и меттиг Эвтарний, Веданний юккъехь хилла, амма тахана иза билггал йийца хууш цхьа вац. Бакъду, Мани Iийначу кертахь Iаш ву цуьнан кIентан кIантан кIант, Iуспа-Хьаьжа. Цо дийцарехь, шен деден ден хIусамаш лаьттинчохь бисина гу дIашарбеш, карош хилла цунна Iаламат айа деза долуш, тIехьаьжна даккхий доцуш, можа – Iаьржа тIулгаш. Ша уьш цIеношна буттучу бухана юкъа кхийсира боху цо, амма тIаьхьо хиира шена, и тIулгаш аьчган аьргалла олу руда хилар. Назархин, Вазархин говзалла оцу заманахь оьшуш, мехалла говзалла хилла. Цундела ши ваша везаш тIеийцира кIотарарчу харачоша, мескероша. Вазархин ши кIант, цхьа йоI хилла кхуьуш, ткъа Назархин – кIант Мохьмад. Цхьаъ бен вацара аьлла дечу гIулкхашна, балхана кхоош ца хилла дас кIант. Цундела Мохьмадна жима волуш дуьйна карадирзина аьчган пхьералла, къасттина аьчгах  болат деш, юха цунах тешаме герз даран пхьеран къайленаш а. Мохьмадан куьйгаша дина тур, мел юткъачу дегIан гIодъюкъна, муш санна, гонаха хьовзалуш хилла, наха дийцарехь. Аьчган аьргалла (руда) куьркахь лалоран говзалла дика хууш хилла Мохьмадана, дас берахь дуьйна шен корматалла цунна йовзийтарна, Мохьмад цкъа гинарг я хезнарг леранна, дика схьалоцуш хиларна хилла иза иштта. Назархин, цуьнан кIентан Мохьмадан герздаран говзаллин цIе гIарайолу гонахарчу ярташкахула. Кхаьрга шена шаьлта яйта кхочу цхьана дийнахь Устрада – Эвлара ИбрахIим - шайх (Иба). Иза эвлаяъ хилла бохуш дуьйцу (Дала къайле цIанйойла цуьнан) Дала, ненан кийрахь волуш дуьйна, дика дина. ТIахъаьлла, маса стаг хиллачух тера ду и эвлаяъ. Шен кхойтта шо долуш, Устрада – Эвла веана пелхьо – суьйли цец воккхуш, ИбрахIим, пелхьо тIехула волавала боьзначу, ачган муьша тIехула волавелла хилла. Назархас дукха везаш, сийдеш тIеэцна шайх ИбрахIим , тIе цунна еш йолу шаьлта, шел говзаллехь сов ваьллачу шен кIанте , Мохьмаде, йойту. Шаьлтанна тIехреза хилар делахь я синойн гергарло азаллехь дуьйна  Делан лаамца кхолладелла хиллехь а, шайх ИбрахIимна Назархин доьзалшна юкъахь гергарло тасало, чукаре дийно - дийно чIагIлуш. Оцу гергарлонах лаьцна,  цунах шина доьзална даьллачу беркатах лаьцна дика яздина, вайн махкахь цIе яхханчу бусалба динан Iилманча, меттан говзанча, поэтийн похIма шегахь долуш, 1922 – 1927 шерашкахь вайн махко зорбанехь лелийначу Iаьрбийн алфавитан бух тIехь кхоьллинчу алфавитан автаро, Сугаипов ШахIаба. Цо яздинчух ца теша цхьа агIо яц, хIунда аьлча иза цу заманан теш хиларна. Шайх  Маница тоба дина, цуьнан мурд хила иза. Цул сов шен устазан йозанан болх буьззина дIакхоьхьуш, го-накъосталла деш цуьнан писарь хилла чекхваьллла иза. ШахIаба шен цIарах яздеш хиллачу кехаташна, йозанна, цхьана ден, и йоза Манегара дац аьлла, шеко ца хилийта, царна тIетаIош шайх Манин шен мухIар хилла, уьш шен цIарах дуй хаийтар чIагIдеш. И мухIар хIинца долуш ду цуьнан цIийнан тIаьхьенашкахь. ШахIаба яздина «Ийманан бошмаш дегнашкахь кхиоран ДегIастанан хьосташ (шовданаш)» цIе йолу жайна. Оцу жайни тIехь дуьйцу ШахIаба Устрада – Эвларчу ИбрахIиман, Цоци – Юьртарчу Манин тIерикъатан балхах, церан гергарлонах а лаьцна. Оцу жайни тIехь ю ШахIабан шен устаз Манех лаьцна Iаьрбийн маттахь язйина, ши бIе сов касыдаш (шинамогIанийн назманийн байташ). И жайна ша шен устазан гIо – накъосталлица яздина хиларна тешалла до ШахIаба. И жайна оьрсийн матте гочдина суьйлин махкахь дегIастанхойх Iеламстага. Нохчийн матте и даьккхина меттиг хааелла яц. Цундела иза вайн махкахошна довзийта, сайна Дала беллачу кхетамца ас и жайна вайн матте даьккхина. Везачу Далла ас хастам бо сайна и болх бан синкхетам, хан яларна. Кхин дIа долу вайн дийцар Манин мурдан ШахIабан жайнах, авторх шех лаьцна хир ду.

4
Сугаипов ШахIаб шен заман чохь дешна, бусалба динан, дуьненан Iилма долуш, меттан говзанча хиларал совнаха, поэтически похIма шегахь гучудаьлла, шариIат, тIарикъат доггаха лело тIелаьцна бусалба стаг хилла.  Цул сов вайн къомах дог лозуш, цунна дешар, дешарца Iилма Iама лаар гучудолу ШахIабехь. Вайн къоман йозанан мотт Iаморан юьхь йолийначу махкахойх цхьаъ ву иза. Цо юкъадаьккхинчу, Iаьрбийн элпийн бух тIехь кхоьллинчу, алфавитца дешаран болх дIакхехьна Нохчийчохь 1920 – 1927 шерашкахь, амма и йоза советан Iедало кхин дIа даржа, чIагIдала ца дуьту, и йоза хиъча вайн къоман бусалба дин Iамо аьтто болуш хиларна. Оцу Iедалан муьлхха дин, бусалбаниг-м мухле а, мостагI ма-варий. Сугаипов ШахIаб шен устазал Манел барх-исс, шо жима хилла, цундела вина хан цуьнан хила мегаш ю 1856 шо. Иза ваьхна кхузткъе дейтта шарахь, 1931 шарахь дIакхелхина иза. Цуьнан шина зудчо бина доьзалш хилла: йоьIарий-Зайбат, Зайбула, Марха, Гуьльджан а; кIентий - Iелий,  НурIелий. Iелин ши кIант: ПатаIудди, Фахрудди, кхо йоI хуьлу, ткъа НурIелин ши йоI, цкъа кIант Ихван хуьлу. ШахIабан тIаьхьенаш Нохчийчохь, ДегIастанахь яьржийна. ШахIабан тIаьхьенехь гулбелла хаамаш хилахь, царах лаьцна дош эр ду вай. Амма тахана вайна мехала ду Сугаипов ШахIаба дитина  «Ийманан бошмаш дегнашкахь кхиийна ДегIастанан хьостанаш» цIе йолу жайна. ДегIаста боху дош тахана шина  маьIнехь лелаш ду, мацца цкъа ширачу заманахь цхьана маьIнехь леллехь а. Оьрсийн паччахьан колонизаци йолаялале хьалха вайнехан, суьйлийн мехкаш бекъабелла хиллехь а, цхьа цIе йоккхуш, цхьа мохк хилла лаьттинчух тера ду – ДегIаста олуш (Ламнийн мохк маьIнехь). Иза иштта хиларо гойту нохчаша оцу дешан маьIничу балош хилла кхетам: дай баьхна мохк, латта, дай баьхна туш, бохург хилар. Ткъа оьрсаша, Кавказан махка тIе кхийдачу гонахарчу  пачхьалкхаша дIаяхийтина къаьмнашца мехкаш декъаран а, царна керла цIераш тахкаран политика. «Къаьмнаш, мехкаш доькъуш, олалла чIагIде» - бохуш долу римлянийн кицанан хьехамца дIахьош бу шайн дахаран некъ яккхийчу пачхьалкхаша.
Цундела вайн маттахь шуьйрачу, шен ширчу заманахьлерчу маьIнехь дисина и дош «ДегIаста», амма  цунна чудогIуш хилла латта жимделла, масийтта дакъошка декъаделла. Вайн къоман цIе оьрсаша тиллина «чеченцы», Чечана юьртах бух бина. Иштта къаьмнашна цIераш  тохкуш хилча, муьлххачу махкахь долчу хинан я хьалха тIенисвеллачу гIалин, юьртан цIарах дIаяхийта лур ю муьлхачу къоман цIе. Масала: китайцех алалур ду пекинцаш, шанхайцаш; оьрсех – москали, вятичи, куряне; немцойх – дрезденца, берлинцы, одерцы. Со хIун ала герта, вайх-м «мичигизы», «шебуты» баьхна, «сунженцы», «наурцы», «мескетинцы» баха тарлора.  Вай-м дукха ду вайн маттаца я терхьамца (историца) ца догIуш, луъ – луьучо тIекхийсарх, тIехь чIагIделла дисина дукха хIумнаш. Ткъа Чечана ма дац вайн дош, вай бухе кхийда доьлча. Монголин хан хилла, цхьана хенахь шен четарийн туп тоьхна кху вайн лаьтта тIехь хан йоккхуш Iийна. Цуьнан цIе Сечен хилла. Оцу талорхочуьнан сий деш, вай ваьш оцу меттехь йиллинчу юьртана цIе тиллина, Сечен меттана–Чечана. Вай–м хьаха ду, мел къизачу талорхочун  цIе ваьшна юкъахь лелор йолуш, вешан доьзалхошна  тохкуш: Чингис, Чингис-хан, Тимирлан, Тимур, Езед, Къабил, ПирIун, Япо, Гирман, и дI. кх. Вайн кхетам метта багIахь, вай веша хила езачу цIарна кIел доьрзур ду нохчийн къам хилла, паччхьалкхан цIе Нохчийчоь йолуш. Оцу цIерашца йолу IалагIожа вай текхоран бахьана дара, ШахIабан касыдехь «ДегIастанан хьосташ» бохучух, Нохчийчоьнан хьосташ  бохучу маьIнехь вай кхета дезаш хилар хоуьтуш ду. Оцу маьIнех-м жайна доьшучунна хала хир дац кхета, хIунда аьлча цу тIехь буйцучу эвлаяийн цIераш вайн махкахойн ю, дуьйцург церан беркат ду. И беркат бахьанехь вайн къомалахь ийман, Далла тIе боьдучу некъан ниIмат вайн халкъана довзарх лаьцна ду жайна. Сугаипов ШахIаба чIагIдо шен жайни чохь вайн къоман синош цIандаларан беркат. Ма – дара аьлча, и беркат даьлла боху цо: Илсхан – Юьртарчу Кунта – Хьаьжех (Кишин-Хьаьжа), Эвтарарчу  Баммат – Гира – Хьаьжех (Iовдех), Устрада – Эвларчу ИбрахIим – Хьаьжех (Ибех), шен устазах Цоци – Юьртарчу Мохьмадах (Манех), кхин болчу шайхех, устазех, эвлаяэх а. Шен жайни тIехь ШахIаба дуьйцу, шен устазо, Манис, эвлаяалла шегахь гучудалале, гучадаьллачул тIаьхьа дахарехь бинчу некъах лаьцна. Оцу дийцаро чулоцу Цоци – Юьртарчу Назарханан Мохьмада (хинволчу шайхо) аьчган пхьеран говзаллица болх беш дIаяхана хан, цуьнан говзаргех Грозный – гIопехь, Владикавказехь, Наур – гIопехь, Iумахан – гIопехь, кхечу меттигашкарчу бахархоша пайдаоьцуш дIаяхана зама. ШахIаба къаьсттина билгалдо шен йозанехь хинволчу шайхан белхан цIеналла, дикалла, комаьршалла, шен говзаргаш оьшучеран лаамца механа,  куьцеш дахарна тIекерччина, уьш реза беш хилар Манис, ша мел деш долчу хIуманна тIехь. Дела герггара, кIоргера вовзаре, Цуьнан къинхетамна герга кхача лаарца ша даго хьовзавале, Устрада – Эвларчу ИбрахIимца (Дела реза хилда цунна) шен тасаделлачу доттагIаллех лаьцна дийцина Манис ШахIабна. Манис ша дечу тешаллица гуш ду, шен гергарло тасаделлачу ИбрахIим – Хьаьжех (Ибех) дерг, Далла герга кхача гIерташ, шен доттагIчо (ИбрахIима) къахьегарх дерг, цунна хууш цахилар. Амма бусалба динехь нисвала ИбрахIим – Хьажех Iемаш хилла Мани, сих-сиха дагавийларца. Оцу тешалло гойту цоцанхочун са кхиъна хилар шен гергарло долу ИбрахIим – Хьажа нах берриг хилла Iаш цахилар Далла гергахь. Къаьсттина иза гучудаьлла Манина шен хьешо, ИбрахIим – Хьаьжас, ламаз оьцучу хенахь тидам бича. Цоцанхочо дийцарехь, ИбрахIим – Хьаьжас аьтто пхьарс буьлучу хенахь. Мохьмад (Мани) тоба дан а кийча хиллера ИбрахIим – Хьаьжица, амма цуьнан шовзткъа  шо кхачаза хиларна, тоба дар ИбрахIим-Хьаьже хьахо ваьхьаш ца хилла иза (пайхамаралла, устазала Дала шовзткъа шо кхаьчча бен стагехь гучу ца доккху боху хIума бусалба нахалахь чIагIделла хиларна). Цул сов Манина шена хезна хилла шен доттагIчо, Устрада-Эвларчу ИбрахIима-Хьаьжас олуш, ша, шовзткъа шарал сов вехар вац. ИбрахIим–Хьаьжина Дала шена тоьхна хан цIенна гуш хиллера, цуьнан теш хилира Мани. Манис хаьттина хиллера шен доттагIчуьнга,  ИбрахIим-Хьаьже: - Муьлхачу тIерикъатан некъахь го хьуна ирс, лаккхара динан Iалашо а? ИбрахIим-Хьаьжас (Дела реза хилда цунна) аьллера: - Далла гергахь царна юкъахь йолан, мелан барамехь башхалла йолуш хIумма дац. Ша хIордан берда йистехь лаьттачу стагах тера ву. Шен баьргашна го шайна хьалха лаьтта тIера дитташ, бецаш, зезагаш. Амма шена ца хаьа, оцу Iаламе ша хьоьжжушехь, ша берда тIера лаьтта тIехула цу Iаламна гергахуьлу, бердана гена волу, я хIордан хи чу вужуш, хIаллакхиларе гIерта, когаш кIел охьа ца хьажахь. Оцу масало гойту, доза тоха йиш йолуш цахилар, иштта деш долу хаттар. Цул  тIаьхьа Устрада-Эвлара ИбрахIим-Хьаьжа Кишин-Хьаьжин (иза махках ваьккхича  Iедало) когаметта  хила хьакъ волуш цуьнан векал хилла хилар. Амма ИбрахIима тобанаш шен цIарах дайтар  тIе ца лоцу, Дала шена орцанна кхойкхучарна гIо-накъосталла даран, орцанан, дакъа ца лахь. Цундела ИбрахIима шариIатан бен тобанаш ца дойту. ТIерикъатан тобанаш ца дойту цо, шена Делера билгалонаш яц бохуш. ИбрахIим - Хьаьжас Цоци-Юьртара Мохьмаде, шеца тоба ца дойтуш, Эвтарарчу  Баммат – Гира-Хьаьжина (Iовдина, Дала реза хилда цуьнна) тIе хьажаво. Иза Илсхан-Юртарчу эвлаяан, Кунта – Хьаьжин (Кишин-Хьаьжин), когаметта, тIерикъатан тобанаш дайта хьакъ волу, Далан Вели вина хиларна. Манис Эвтарарчу шайхаца тоба до. Iовдин беркате ниIматан дакъа, доза доцуш шорта кхетта Манех. Цаьршинан юкъаметтигах лаьцна дуьйцур ду вай церан заманхойн тешаллаш далош, жимма ШахIабан жайнина юьстах а девлла.

5
Iовдин мурд волуш, устазан цIенца гергарло латтош хилла Цоци – Эвлара Мадин Юнус. Ша Iовда волчу Эвтара вахар нисделча, цо Iовдина дийцина хилла шена гина гIан. Цхьадолу гIенаш Делера хаамашца доьзна хиларх тешна ду нохчийн къам, хIунда аьлча адмана набкхетча, цуьнан  са муьрана марша долу дера, ша Кхоьллинчуьнан ницкъаца шена пурба хиллачу кхача, дуьхьала оьхьнарг иэсехь сацо, юха шен чорха дерза. Цундела хилла элчарчийн, пайхамарийн, эвлаяийн, Iелам нехан, Дела реза винчу нехан Хастамечу Делах кхиар, Иза везар, вовзар гIенийн кхоьлах. Цундела ишттачу гIенийн нийса тидамашца хууш хилла цу нахана, Делан лаамах, Дала гIена кхоьлах гучуйоккхучу къайленах дерг а. Оцу тIе а доьгIна хьоьвсур вай, муха тидда Iовдас Цоци – Эвларчу Мадин Юнуса шена дийцина гIан. ГIенах го Юнусна лекха доккхачу акхтарган  генаш тIехь, олхазарш санна гаьннаш тIе  хевшина Iаш  йолу, элаяийн тоба. Оцу акхтарган диттан хенна тIехула, ведда хьалаваьллачу Цоци – Юьртачу Мохьмада (Манис) и попан дитта охьатухуш дайна цунна. Дуьйцуш волу Юнус саца а вой, Iовдас хотту цуьнга: - Муьлхачу агIор охьакхийтира поп?» - «Малх бузехьа, - олий, жоп ло Юнуса. Цул хьалха Мохьмадна (Манина) шена гина хилла ша Iовдийца Дашо хенна цхьацца агIор  хиъна, бераша цхьа лекхачу гуьйриг тIе у диллина, хьала-охьа оьхуш, оцу хенна тIехь хехкалуш, ша малхбузехьа, Iовда малхбалехьа агIор волуш. Iовдас, хIетахь хIумма ца олуш, Iадвитинера Мани, шена цунах дерг хууш  хиллехь а. Ткъа хIинца Юнуса шена Манех лаьцна гIан дийцича, Iовдас аьллера Юнусе: -Дика накъост вара Мохьмад. Сайна юххехь эшнера суна иза. Амма дан хIума дац, регIал дехьа вала везар ву иза тобанаш дайта!» Iовдин Юнусца къамел хиллачул тIаьхьа Мани кхочу шен гIулкхана Iовда волчу. Вовшех дагаволуш дикка Iийначул тIаьхьа, Мани дIаваха тохавелча, Iовдас олу: - «Мохьмад, охьаваха везар ву хьо, регIал дехьа, цигахь вайн болх дIакхехьар хьуна тIе доьжна, и болх ахь дIакхехьа безар бу. Ца вахча вер вац!» - бохург тIетухуш тIаьххье.  Iовдас оццул леранна тIедожош шега регIал дехьа валавезар хьахийча, Манис шена хьалхенгахь гина гIенаш дуьйцу Iовдина. Манис олу: - Ваьшта ши буьйса ю соьга гIенах цхьана, йоккха маж йолчу стага, тIехIуьттуш, ворхI юьртахь пхьалгIанаш яхка боху. Ас уьш яхка лур яц я царна чохь болх дIакхехьалур бац бохуш, и болх тIе ца лоцу. ШозлагIа веача воккхачу стага элира: - Ас ца элира хьоьга ворхI юртахь  пхьалгIа дIаелла, хьо хIун деш, стенга хьоьжуш Iаш ву? – бохуш, чехийра ша аьллера Манис. ТIаккха Iовдас, шена Юнуса дийцина гIан дуьйций, Манега хоуьйту, иза Делерчу омранца лелаш болх хилар. Мани цуннах теша вийзира. Iовдас шена тIедожош, тIерикъатан тобанаш дан хьакъ хиларх ша тешийча бен ца велира Цоци – Эвлара Мохьмад– Мани хилла шен цIе Нохчийчохь яржийта регIал дехьа. Амма хууш я оьрсийн, я гIумкийн мотт боцуш, регIал дехьаваьлча, воккхачу стага-м гIенах ворхI юьрта пхьалгIанаш яхка баьхнера цуьнга, ткъа Манис, Теркаца йолчу ткъа юьртахь сов, тIерикъатан тоба дар тIелоцуьйту, багахь буьйцучу маттаца, шен дахаран леларца, нахана масал хилла. Паччахьан Iедална кхераме нах хеташ хилла шайхаш, эвлаяаш, дешна Iелам болуш болу молланаш а. Иза шен бух боцуш дац. ХIунда аьлча Iедал кхоьру, наха  аьлларг деш, ладугIуш, сий-ларам болуш, гоьбевллачу нахах. Цундела буьгу лоьций, махках  бохуш, 1911 шарахь Эвтарара Бамат – Гира – Хьаьжа (Iовда), Шелара Соип – мола, Майртупара Чиммарза (Дука), Сурхохира БатIал – Хьаьжа, Девлетгирин – Эвлара Iабдул – Iазиз (Докка), Теркйистера Кана – Хьаьжа, Iаьндара Iумар-Хьаьжа, Цоци - Эвлара Мохьмад (шайх Мани). И лакхахь цIераш яьхна Iедало бохийна лелийначу вайн махкахоша шайна тоьхна хан Калуга – гIалахь йоккху. Цигахь цара хан йоккхучу хенахь, Чиммарзина кIант вина хиллера, тIаккха вай хIу цIе туьллур ю аьлча, Калуга ву аьлла, цIе тиллира Манис. Калуга аьлла цIе тиллина шайн кIантана бохург, хабаре даьлла, оцу гIалин  хьаькмашна хезна хиллера. Веанчу цхьана хьаькамо, и цIе Калуга аьлла хIунда тиллина аш, хаттар динера. Кху мехкан, гIалин сийдеш тиллина аьлла жоп деллера цара. И хазахетта хиллера оьрсийн хьаькмашна. Шаьш цхьаьнакхеттачу хенахь цара юккъе тускар хIоттийна, ахча тесна хиллера вайн махкарчу тутмакхашна совгIат деш.

6
Калугехь хан йоккхуш Манех лаьцна нехан иэсехь бисина болу дагалецамаш Iорабохур бу-кх вай хIинца. Калугехь Нохчийчуьра беза, сийлахь нах Iаш болчу хIусамашна кертал арахьа дина охьахьовша гIенташ хилла. Оцу гIенташ тIехь кетIе бевлла, дуьнене бIаьрг тухуш хилла цхьана дийнахь Iовда, Мани, Баттал – Хьаьжи, Чиммарза кхинберш а. Ураман некъахула дIасалелаш оьрсийн нах  хилла.  Карахь хьуьнан цIазамех (земляникех) дуьзна тускар долуш,  йогIуш хилла цхьа орсийн зуда. Кхарна (шайхашна) дехьо лаьтташ полицейски гIарол хилла, хьокха санна вогIавела, лаьтташ. СхьайогIуш йолу тускар карахь долу зуда, шерачу новкъахь ког тасалой я кхаьрга хьаьжжинчохь галъяьлла делахь, охьакхетта. Тускар чуьра цIазамаш, ах бохург санна, охьаIенна. Полицейски тIехьадда зудчунна: «Цу наха хIумма- м ца дина хьуна?» - бохуш, хетта хоьттуш, цунна хьалагIатта гIо а деш. Зудчо, шена цхьатерра мажош йолуш, ондий догIмашца, лекха куйнаш коьртахь, тIехь нур догуш санна, адамаш дезаран цIе бIаьргашна, дегнашна чохь йогуш болу  баккхий нах шена гича, цецъяьллера ша, аьллера пачхьалкхан низамхочуьнга. Оцу святой наха хIума ца дина шена. Цул тIаьхьа, Iаьнна хьуьнцIазамаша схьалахьош шен тускар чу а дерзийна, Манина хьалха охьадиллинера тускар. Дила дилина, шайна даалаш и цIазамаш аьлла. Iовдас, вела а вела, Манина реза воцуш корта ластийнера. Кхара, цIазамаш, хаза хих даьхна, диира, массара Мани хийза веш цхьацца забаршца. ШолгIачу дийнахь, кхарна цIазамашца тускар дитина зуда шен  майрчуьнца, дийна боргIал йохьаш, еара кхарна тIе. Оьрсийн маттахь бохуш хиллера цо: «ХIара нIаьна ас, урс хьаькхна, кечийна еана хир яра. ТIаккха аша иза юур йоцу дела, еана ас хIара дийна, кеч ца еш». Iовдас, зудчо дуьйцург шена гочдича, аьллера: - Ма хьашт доцург леладо ахь Мани! ЦIазамаш диъначул тIаьхьа нIаьна тIекхетча, хьайн яьIни тIе леци-кх ахь, Мани и зуда. Цо урс хьаькхна еанехь, яа  мегардар-кх и нIаьна! - Амма доллачул тамашена хIума дара цул тIаьхьа хилларг. И стаг, зудий дIадоьдуш, гIеххьа гена даьлла долуш, оцу зудчун майрчо, вуха воьрзий дIавоьдучура, Манега дIакховдийра шегара Iаса. Iовдас, ша хьалха аьллачунна тIетуьйхира: - «ВаллахIи, биллахIи и зуда лаьцна ца Iаш, цуьнан майра леци-кх ахь, Мани, кханалерчу Къемат-денна хьайн яьIни тIе! Ма хьашт доцург леладо ахь!» И Iаса мекха ца йалийта болатан чIунах йина хилла. Махках баьхначу Нохчийчуьра кхойтта шайхан, эвлаяийн куьйгаша болатан гIодна гонах дуткъа цIулла серий дуьйцина хиллера цунна. И Iаса Калугера вайн махка кхочу. Оцу Iасанна гонах дуьйцинчу серех сиргIаташ йохуш, и сиргIат чохь лаьттинчу хих цомгашчарна дарба хуьлуш, схьайогIуш ю боху и Iаса. ХIинца-м и серий кхачош дохку куц ду. И Iаса вайн къам махках доккхуш 1944 шарахь Манин кIентан кIентан зудчо, Табарака (Дала гечдойла цунна, иза йоцуш ю хIинца), арадохучу салтичо шена букъах тоьпан бух бетташехь, едда шайн чуиккхина, шен чета йоьллина и Iаса, кех йолуш хилла. Амма, охьатаса хьайн четахь ерг бохуш, салтичо тIаьхьара ца волуш ша хьовзийча, Табарака шен лергара дашо хIоьънаш дIа делла, иза шена тIаьхьаравоккхуш. И Iаса ГIиргIазойн махка кхачайо, юха  цIа доьрзуш Нохчийчу йохьа. Нохчийн къомаца мухIажар хилла лелла, вайна ма-гарра, Манина Калугехь оьрсичо елла Iаса а. Кхин цхьа хIума  ду адамийн вовшашлахь дуьйцуш дисина. Калугехь Iедало махках дохуш хан тохаран бахьанаш къестош, вайн эвлаяаша вовшен забаршца хьийзош хилла: - «ХIара шайх ву аьлла махках ваьккхина, иза Iеламстаг ву аьлла, дIора-тоба  йоккха хиларна. ХIара Чиммарза хIунда ваьккхина хьовха махках? – аьллла, хаьттинера Соип моллас. - Жоп лол цо дечу хаттарна, хIунда ваьккхина хьо махках?- Iовдас аьлча, цкъа ма алийта шега аьлла, юха жоп делла хиллера Чиммарзас: «Тхо дерриге ДегIастана цIа гIур ду, Iовда, хьан кхузахь кхалхар хир ду, Iовда.– И хаам байта  ваьккхина шуна хIара махках,– аьлла Iовдас.  Цо ма-аллара, Iовда воцург уьш берриш хан яьккхиний, яккхазий цIа боьрзу, ткъа Iовда 13 сентябрехь 1914 шарахь Калугехь дIакхелха.

7
Iовда чохь волу зиярт Манис доттийтина хилла. Шелара цIе яхана пхьар валийна хилла Манис Iовдин зиярт доттийта. Шен мурдашка Шеларчу пхьерана гIо дойтуш, сих–сиха ша тIехьожуш, леранна бойтуш хилла болх Манис. Делкъенан хан хуьлучу хенахь, ах зиярт доьттина даьллий, далазий а долуш, пхьерана дагчу иккхина: -Таханлерчу дийнахь хIара доьттина долий ца хаьа, нахана кхин болх бан со вахана хиллехь, кхуза ца вогIуш, кхо сом ахча-м лаххара а даьккхина хир дара ас хIоккхул болх бинехь! –  Багахь цо шега схьааьлла хIума доцушшехь, Манина хиъна пхьеран ойланехь дерг. Дог ца дохош, пхьере делкъе яйтина, Манис, кхин дIа зиярт тIехь шен мурдаш ларалур бу аьлла, дIавахийтинера и стаг. Шелара пхьар дIавахча Манис шен мурдашка цо доьттина зияртан пенаш вовшахдахийтинера. Цул тIаьхьа юха бух тIера дуьйна шен мурдашка хьаладоттийтинера зиярт чекхдаллалц. Нах цецбевлла Манис динчух. Манис аьллера: - И пенаш дитинехьара, дегаза болх биначу пхьерана хилла вас, Iовдас шен яIни тIе лаца езара, тIе Делан дуьхьа даггара доцу хIума вайн маго йиш яцара!- Иштта бу-кх, Дала Iуй бина вайна тIехIиттийначу, элаяийн, устазийн белхаш. Девлетгирин – Эвлах дIахIоттаеллачу, регIана кIелхьа йолчу Аьчган-хе (Горячеисточнинская) олучу юьртара, регIаца Соьлжа – гIала болу некъ шен мурдашка, Теркйистерчу нахе, Манис биллитина бохуш дуьйцу махкахоша. И некъ биллийтаран Iалашо хилла шайх Манин, оцу некъа Соьлжа-гIала дIасалелаш долчу оьрсийн эскаршка, цу некъан халонна, гонахарчу ярташкарчу нохчашна, кхечу къаьмнех болчу бахорхошна зенаш ца дайта Iалашо йолуш, дийнахь, бусий, хан йолуш, йоцуш чулелхаш, шайна гIоде бохуш я оьшшург (йожа хIума хуьлийла иза я гIирс) хилийта бохуш. Некъ бина баьлча, Манис шен мурдашка оцу балхана тIера мовлад  доьшуьйтуш, сагIа доккхуш, зуькар дайтина хиллера бохуш, дуьйцу. Зуькар дечу нахана гонах хьийзаш ша шайх Мани хилла, цо белш тIе куьг тоьх-тоьхначунна шовкъан хьал кхочий, иза зуькаре хIуттуш. Соьлжа-гIалара
Оьрза - гIала (Червленне) вогIуш волу инарла кхаьчна оцу балхана тIе. Инарлас цу зикаран балхе  хьоьжуш  лаьттина, Манега шена тIе кхайкхийтина, аьлла хиллера: – ХIокху сан даьнчикна (кучерна) тохахь белша тIе и хьайн куьг!- Важа-м хилла, ша нохчех стаг велахь, цхьа, «къаьркъан кад» олучарах. Манис инарле аьлла хиллера: – Цунна ца тухуш, хьайна тохийтахьа соьга белша тIе куьг, хьо атта хир вар-кха суна зуькаре хIотто хьан даьнчикал! - –Нет, нет, не надо! – аьлла, мохь баьллера инарлин. Цул тIаьхьа инарлас Манина шегара совгIатна тачанка ялаяйтина хиллера. Сих-сиха Iоттабаккхамаш, наггахь вер-ваккхаран девнаш оьгуш хилла Теркаца бехачу гIалгIазкхашна, гIумкашна, ногIашна, нохчашна юкъа. И девнаш Iедалан суьдхоша кхел йича доьрзуш ца хилла нахана юкъара. Цундела девнаш дерзо маслаIатна юкъаозош хилла шайх Мани. Цо дерзийна дов, дина маслаIат тIаьхьало йолуш дирзина карийначу Оьрза-гIаларчу (Червленнера) атамано дина хиллера Манина совгIат шаьлтанца. И шаьлта тIаьхьо Манис шен Ломаз-юьртарчу тоьллачу мурдана елла хиллера. Цул тIаьхьа шаьлтанах хиларг хууш дац, ша вайн къам 1944 шарахь махках доккхуш НКВД-ен хьадалчийн  кара ца яханехь, хIунда аьлча  арадохучу дийнахь герзах дIацIандина нохчийн къам. Шайх Мани схьаваьллачу Цоци-эвлахь, Эвтарахь воIда йолчу нехан дийцаршкахь Манис Iовдица, цуьнан доьзалца гергарло цIена, шера долуш дIалелийна, дозаллин цIе ца лоьхуш. – Эвтарарчу Воккхачу стага (Iовдех и олуш хилла Манис), ас кху регIал сехьа йиллинчу хьеран апари чу хи хецча, сан хьер йолало (тIерикъатан болх болало боху маьIна хилла иза цуьнан). Цо тIехоьцуш долу хи лагIделча-соцу! -Иштта шена Дала диначу диканан пусар деш, шена хьалхе ца лоьхуш хилла иза. Iовдин кIанта, Iелас, дас шега Калугера, лаьцначура Iедалан бертаза Эвтара цIа веана, эвлаяаллин дакъа, Делан лаам кхочуш беш, шега дIаделлашехь, тобанаш дайтар ца долош хан ялийтина цо. ЦIе езаш болчу нахах волу цхьаъ, ша  ву Iовдас тобанашна векал вина бохуш, шен вирд кхолла хIоьттина хилла. ТIаккха Мани вахана хилла боху оцу «керла ваьллачунна» тIе. Манис аьлла хилла цуьнга: - Ахь хIун леладо. Iовдас Калугера, Iедалах лечкъина цIа веана, шен кIант Iела, голаш дуьхьал голаш нисъеш, охьа хаийна, тIерикъатан тобанаш дайтаран болх дIалуш, цу чохь теш хилла вацара хьо, Цул тIаьхьа и шиъ волчуьра араваьлла, нахе: - Iовдас нехан керта ца хьовсий вай, шен кертахь дити, шел тIаьхьа  тобанаш дар Iелина тIедилли аьлларг хьо вацара? Хьо хIун тобанаш дойтуш ву? – шега аьлча, вукхо жоп деллера: - ШариIатан тобанаш дойтуш ву со,- аьлла. ОьгIаз ваханчу Манис аьлла хиллера цуьнга: - Ма леладе хьаштдоцург, IадIе. ВалахIи, цу  кханалера догIу долчу Къематан– дийнахь, Дала адам махьшаран майдана лохкуш, цу нахана юкъахь хьан куц къийган суьртахь гуш ма ду суна! –  Цул тIаьхьа  и стаг дохкаваьлла, бехкала вахана хиллера бохуш, дуьйцу. Къорггера дешна, Iеламстаг хилла Манис бехк баьккинарг. Дала кошмалла делла хилла и Iеламстаг: хIунда аьлча ша лен волу де, сахьат билгалдина хилла цо. И дерриг, цо ма-аллара, нисделла цуьнан. Дала декъала байла, Шен некъахь нисбелла гIерташ, къахьегна леш. Шайх Манех лаьцна дуккха ду дийцарш, цуьнан мурдашна, арахьарчу нахана юкъахь лелаш: цо лелийначу дарбанех, валарчу вирзина, лоьраша шайн дарба дац аьлла, дIатесна кIант товарх. Иза иштта дуьйцу. Манис, валарчу вирзина волу, ненан цхьаъ бен воцу кIант, Делан дуьхьа, иза цуьнга шена валийтина, цул тIаьхьа, Делан пурбанца, дарба лелийна товинера. Кхечу  стеган, цхьа хьаса бен бозуш а боцуш, шен кIагчуьра схьабаьлла бIаьрг тобарх лаьцна дуьйцу. Кхин мел ду уьш вайна инзаре хетар долу Iаламате караматаш. Амма вай теша, Далан эвлаяашкахь башха ницкъ, хиларх, уьш вайна Iуналла деш хиларх, уьш вовшаца долу гIиллакх - оьздангалла, Дела  реза вина, лакхара долуш хиларх а. Цунна масала ду Маних, Устрада-Эвларчу ИбрахIим  шайхах (Ибех) кхин дIа долу Сугаипов ШахIабан тоьшалла.

8
ШахIаба дуьйцу:
- Ша Эвтарахь тоба дина, устазан чуханах вехкавеллехь а, хIинцалц шен хьехархо, доттагI лаьттинчу Устрада-Эвларчу ИбрахIим шайхаца долу гергарло чIагIдеш, леладеш чекхволу Мани. Оцу шайхан Iилмано, зикаран шовкъан асаро, шариIатан хааршкахь, Далла ечу Iамалехь  сов воккхуш, кхуьу Мани. ИбрахIим шайхехьара шена хиллачу тIеIаткъамах лаьцна дукха дийцина ШахIабна Манис. Манис шена дийцина дийцарш бухе дохкуш, уьш тоьшаллина долош яздина шен жайна ШахIаба.
Иштта дIадолало и жайна:
- ИбрахIим, Делан Элчанера (I.с.с.), Делера шена хила дезачу Вахьига (билгалоне) сатуьйсуш хилла. Цо олуш хилла Манега: - Делера я Цунан геланчера шена вахьин билгалонаш хилахь, хьуначул хьалха иза гучудер долуш цхьа вац хьуна! Манис шен  цIахь чул алсам хан шайх ИбрахIим  волчохь йоккхуш хилла. Буьйса яккха Мани ИбрахIим волчохь соцуш хилча, ИбрахIима (Дела реза хилда цунна) дIадуьйшучу хенахь вуьжу мотт, шен куьйга, ша буьллуш хилла, цкъа хьалха шена, цул тIаьхьа Манина, когаш шаьшинан дуьхь-дуьхьал болуш. Ишттачу буьйсанех цхьа буьса кхолагIчу декъе йирзича, шена гIан гира бохуш, дийцина Манис шайх ИбрахIиме цуьнан хIусамехь. ГIенах ша гIамаран арахь гуш хилла Манина. Оцу арахь гулъелла хуьлу дукха садолу хIумнаш. Мани, оцу садолчу хIумнаша, баьллачу чIогIачу мохо айинчу гIамаран чено садукъдина, лечу хьоле воккхий хьовзаво. Оцу хенахь Манина го Лекха хилла волчу Дала Устрада – Эвларчу  шайхана деш долу диканан дакъа, ишттачу дешнашца: «Ла илахIа иллаллахIу Мухьаммадар – расулуллахI» пхийттаза аларехь, Цул тIаьхьа пайхамарна (I.с.с.)  Салават дилларца  – пхоьазза. Иза Устрада-Эвларчу ИбрахIим шайхаца тоба деш, иза устаз лаца лиъначарна, хIора ламазехь лело делла вирд дара. Ша набарха ваьлча, Манис дехар дира ИбрахIиме, шена гина гIан дийцийтахьара аьлла. – Ма дийца, хьуна гIенах ма-гарра ду хьуна бакъдерг! - аьллера ИбрахIима. Манис шолгIа дехар динера, дийцитахьара шега аьлла. Цо юха изза аьллера: - «И дерриг хьуна ма-гарра ду!» Манис кхозгIа дехарца аьллера: - Суна иза дийца лааран бахьана ду, оцу гIенах суна гиначунна тIе ца тоьаш хIун ду, я сов даьлла хIун ду, хаа лаар!» ИбрахIима, дийца хьайна хIета, аьллера. Манис дийцинера шена гина гIан. ИбрахIима, ла доьгIна, аьллера: - Хьуна ма-гарра ду шадерриг. Иза вай нахе дIакхайкхо деза. Дала шен къинхетамах, диканах ма дахийла вай!–  Оцу дийнахь дуьйна шайх ИбрахIима тIерикъатан некъахь адам нисдан долийра зикар дар, парзан, суннатан ламазаш тIелоцуьйтуш, Кунта – Хьаьжас (Дела къайле цIанйойла цуьнан) тIедиллина вирд хьоьхуш. Ткъа шегара шапаIате сатесна вирд дезачарна, вай лакхах дийцина, гIенан кхоьлах гайтина вирд тIелацуьйтуш  хилла. Манис шен хьехархочун, Устрада – Эвларчу шайх ИбрахIима шега цул тIаьхьа дина къамел дуьйцу шен мурдана Сугаипов ШахIабана. ИбрахIим – шайха олу Манега шайн хIусамехь шаьшшаъ висинчу хенахь:
–Ас Дала сайна дина диканан дакъа нахалахь хьоьга дIакхайкхадайти дечу зикарх, доккхучу вирдах дерг.–
Шел тIаьхьа тIерикъатан болх дIабахьар Манина тIаьхь дуьсий хаийтар дара иза шайхан. Цундела Манис, неIсагIехьа гIулч йоккхуш, злира: «Соьга дIадахьалур долуш дукъ дац иза.–  ИбрахIима юха Манина тIедожийра, хьалха санна, вакалаталла, когаметталла. Манис шолгIа, гIулч неIаре йоккхуш: - «Соьга дIадахьалур дац иза» - элира. ИбрахIима кхозлагIа тIедожош элира: - Дуьхьалонаш ма е ас хьайга бохучунна. Дала сайна деш долу дика, хьуна довзар хьалха хилийта юкъара хиларг со хилла хилча, ас бакъо ма елла хьуна и болх тIелаца. Со реза ву ала!–  Манис кхин дуьхьало ца еш: - Со реза ву. - аьлла. Амма Манис ИбрахIим дIакхалхале я кхелхинчул тIаьхьа, цкъа цуьнан шайхаллина я цуьнан мурдашна тIехь зикар хьехарца, вирд тIедилларца долу куьйгалла тIе ца лаьцнера, дуккха шерашкахь шен са цIандаларх кхиъча бен я шайхалла. Шайх ИбрахIим Устрада – Эвлара цомгаш хилча, Манис дийцарехь, даима шен меттахь кIегар хиъна Iаш хиллера. Цамгаран лазарша ша мел хьийзаварх, меттахь дIатевжаш ца хилла ИбрахIим – шайх. Хьовса богIучара, кхуьнгара хала хьал хууш, олуш хилла: «ДIатовжахьа, ма хала Iаш ву хьо! ХIунда хьоьгу ахь и Iазап, дегI паргIат ца доккхуш». ИбрахIима, Дела реза хилда цунна, олуш хилла: - «Шу девр дарий меттахь паргIат Делан гергара, Иза реза вина декъаллой шайга хьовса оьхуш, шайна тIехIуьттуш хилча? Делан доттагI волу  Ибрахьим – пайхамар (Делера салам хилда цунна), ткъа Делан Элча Мухьаммад (I.с.с.) хIора дийнахь тIехIуьттуш хилча, масуьйттаза. Иштта беза, Дала дика дина къонахий тIехIуьттуш хилча, ша муха Iийр ву паргIатваьлла? – бохуш хилла цо. Шен са дала герга дахча, ИбрахIима, Дела реза хилда цунна, ша дIакхалхале пхийтта де хьалха, ша ларвечу нахе олу: - Кхузахь боцчу вайн накъосташка хаам бе, Нагахь со валале сан юьхь ган лууш уьш белахь, тIедогIучу шолгIачу оршотан Iуьйре кхачале тIедуьйла ала. Оцу хенал тIаьхьависинчунна со валарчу вирзина карор ву, Делера кхайкхар лерехь хезаш: - ХIай дуьненчуьра са, хьайн Деле дерза реза хиларан кхаъ дIаэца, хьо хиъна Iаш ма – дарра. Вай дIагIур ду Дала Ша реза хилларчарна кечйинчу хIусаме, доккха зовкх хеташ!– Цо ма – аллара нисделира дерриг. ИбрахIима, дегIах шен са къастале, тхо дерриге ша волчуьра арадехира. - Со – со вита сайн чохь, со хиъна Iаш волуш сан са даллалц! Цул тIаьхьа чу даьхкина, со дIанисвер аш». ИбрахIимна лиънарг дира оха бохуш, дийцина Манис ШахIабе. Шайх ИбрахIиман юьхь – сибат нур лепаш, хаза дара, аьтто агIор белша тIе корта товжийна. ИбрахIим дIавоьллира Устрада – Эвларчу юьртан кешнашкахь. Цуьнан каш наха Iалаш деш, сих – сиха адмаш тIехIуьттуш ду. Шайх ИбрахIим дIаваьлла чул тIаьхьа дуьненахь дахаран аьттонан ойла яр дуьззина дIакъаьстина хиллераа Манех: деган доттагI, хьехархо, Дала дика дина гергарга стаг дIаваларо чIогIа бала, гIайгIа хаийнера Манин готтачу кийра. Кху маьлхан дуьненах къастар хIумма хетар доцуш сингатаман хIордалахь, цхьа хIума каре ца доьрзуш виснера Мани.

9
Цул тIаьхьа нахаца долчу Iумсталлех хаьдда, масех шарахь Далла Iибадат дар бен кхин са декъа, тидам тIехьовза агIо  йоцуш, шен ойланашчу вуьйлира иза. Холбата воьлла хилла олу наха иза. Холбатахь дукха хан ца яьккхина Манис. ГIенийн кхоьлах, набаран тарца, самах  бохург санна, кIоршаме бIаьрлагIаш гора мелла  цIарматчу сибташкахь: дегIах хьерча лаьхьанаш, саьрмико кадетташ, леш доллучу беран саийзаран мур я дастамечу востара зударий. Цхьана минотана и бIаьрлагIаш дуьхьлара ца йовлуьйтура, Делан мостагI долчу, шайтIано. Сийлахьчу Къуръан чохь Дала ялийна, оцу шен мостагIчо йина чIагIо: - Ахь со Хьайха дIакъасторна, со Хьан нийсачу некъана тIехь кIел хуур ду, уьш оцу некъа тIера галбохуш. Хьоьца нисбала гIерташ болчарна гонах дер ду со: хьалхахула, тIехьахула, агIонашкахьара. Уьш дукхах берш Хьайна баркалла бохуш я хастамаш беш карор бац Хьуна» - аьлла Иблисо. Цундела Манис, Далла хастам беш, боху: «Дала со ларвора оцу шайтIано со иэгIо гIерташ, тиларчу верзо Iалошонца лелочу бозбуунчаллех. Шайх  ИбрахIиман Iуналла, беркат суна тIехь лаьтташ хиларна!– Кхин дIа Манис дийцина ШахIабе: – Со адмашца, сайн доьзалца Iумсталлех хаьдда волчу хенахь (иза холбата воьлла Iийна денош хила мега хьехош дерш  –  Х. З. тидам) суна дуьхьала хIутту вуьрхIитта хьекъале адмех вовшахкхетта тоба. Царах цхьаберш Манина бевзарш  болуш. Цара Манега кховдадо Дала Шен Къайлахчу Орцанан тешам белла волчу Iабдул – Къедар Гиланин мухIар, шена тIехь язйина Делан деа маликан: Джабраилан, Минкаилан, Исрапилан, Iазраилан цIераш йолуш. И мухIар Манега кховдош, цара олу:
- ХIара мухIар деана оха хьуна, иза лело хьакъ хьо хиларх тешна ду тхо, дIаэцахьа хIара. –  Манис олу: - ХIан – хIа! Ас хIунда оьцу иза схьа! –  Баьхкинчара шозлагIа, кхозлагIа дехар до, мухIар дIаэца бохуш, - и мухIар кхуьнгахь хилча, нахана цунах доккха беркат дериг хиларх Мани тешо гIерташ. Манис жоп ло царна: - И мухIар цхьана есачу Кхаби чудиллий, цхьана – шина шарахь дита. Нагахь нахана оцу кхаби чохь Iиллинчу мухIарх дика болх балахь, аса схьаоьцур ду иза, ца балахь оьцур а дац!–  Цара олу Манега: - Есачу кхаби чу диллинчу мухIаро, хIун пайда лур бу?–  Манис, церан хаттарна жоп луш, олу: - Оцу есачу кхаби чуьра чул сов и мухIар соьгахь хилча хир бац адмашна пайда!–  Оцу жоьпаца Манис юхатоьхна и тоба  мухIар эцна гучуьра елира. – Иза, со Iехалой хьожуш, бIарлагIа яра, со зуьйш, - аьллера шен мурде ШахIабе Манис. – Амма Шена Iамалца, кхерарца болуш, герга битина декъаллой Дала ларбо шайтIанан мекарлонех!
Дукха ца хуьлу иштачу совгIатех (и мухIар санна – авт.) ца Iехалурш, дукха хьолахь коьрталла дезарна нахана тIехь! ХIай, АллахI Дела! Хьайн Iуналлех ма дахалахь тхо, Iехадаларх, тиларх лардеш, кхин болчу хьайн лешна санна, кху дуьненахь рицкъа латтаде Ахь тхуна, эхартахь цIеран Iазапах ларде Ахь тхо!–
Ша холбатара ваьллачул тIаьхьа Устрада – Эвла вахара ша бохуш, дийцира Манис. Цигахь зикарна тIенисвелла, цу юьртарчу мурдашца Дела хьехийна, дIасадоьхначу хенахь, шен говр жимма яжийта, эрна арахь говр хецна йитина, нуьйр гIевланга йиллина, дIатевжинера ша цу арахь, бохуш, шен дийцар дIадаьхьира Манис ШахIабца.
- Стигла хьоьжуш, дIатевжина со Iаш, наб кхетта воцуш, ткъа, билггала, самонна сема воцуш. Оцу хенахь стиглара сирла нур сайна тIекхеташ хаало суна. Со Iуьллучуьра хьала гIоттий, меттиг хуьйций, юха дIатевжа. Юха из-за сурт го суна набаран тар тоссушехь. КхозлагIа хуьйцу аса меттиг, билггала къасторхьама: шайтIанера бIарлагIаш ю те уьш я Делан болх бу теша олий! Амма со мичча ваьлча стиглара Нур суна тIаьхьара долуш дацара. Сан дагна чIогIа там хиллера, са доккхадеш дара. Оцу буса дуьйна нах тIеэха буьйлало суна, мара лелхара, соьха дагабовлура, бакхий беш хьехнарг кхочуш дора. Со-м уьдуш вара адмех сайн ма-хуьллу. Амма цунах сан гIуллакх ца хилира, ца вуьтура лечкъича. Кхин дан хIума ца хилла, нехан хьашташ кхочуш дан хIоьттира со. Ас уьш сайна ма - хуъу Делан некъа тIе нисбора: зикар дарехь, буьйсанаш Iамалца денъярехь йохье бохура. Манис олуш хиллера: - Шайх ИбрахIиман вирд дIадоло векал хила дийзира сан, цуьнан гIоьнча хилла леларна, Илсхан–Юьртарчу Кунта – Хьаьжин вирдан некъ дIакхехьа декхар хиллера, Делера бакъонан дакъа билгалдаларна». -Дела, къинхетам беш, реза хуьлда царна, вайна! – Сан ваша,- олуш хиллера Манис ШахIабе, - Дала Шен калам тIехь бакъ волу устаз вуьйцуш аят далийна. – МуIджизат гойтуш, тешаллина ду царна делла, декъа латта (тIехь хIумма яьлла йоцу латта-авт). – Вай дендира иза, цу чуьра буьртигаш довлуьйтуш, царах бузуш бу уьш. Оцу лаьтта тIехь довлуьйту Вай стоьмаш, цу чуьра бухдуьйлуьйту шовданаш, хиш Iенош, оцу дерригенах царна напха деш. Оцу лаьттах ду церан рицкъа, къахьоьгуш долу церан куьйгаш. И дерриг шайна гуш хилча, хьасталур дац те адмаш Вайна хастамца?– боху Дала оцу аятехь. Оцу аятан маьIнах вай нийса кхетахь, Манис дийцарехь, шен устазо бина хьехамаш, тIедахкарш кхочуш деш, буса Iамалш еш болчу мурдашна, Дала «делла лаьттана» луш болу ницкъ ло, серло ло устазан дагчуьра буьртигаш тосуш, мурдан даг чу. Оцу буьртигийн зIийдигех пайда, беркат даьржа мурдан дегIехь; иштта болу мурдаш, ненах кхетта бер санна, токххуьлу шайн шайхан дагчуьра стоьмех – ийманах. Делан, нехан безам кхочу шен устазан омран – нихIи кхочуш дечу мурдашна. Иштта шайхашкахула декъала бо нах Дала, нагахь уьш Къуръано, Элчанан (I.с.с.) Суннаташна тIетевжаш, устазо бина хьехамаш кхочуш беш чекхбовлахь, бохуш, ШахIабе дийцина Шайх Манис. Къобалло цIена йолчу мурдашна, Дала устазан дагчохь кхоьллинчу стоьмийн бешара кхача латтабо, церан ийман, ислам, ихьсан сов доккхуш. Дала устазна муьтIахьчу мурдана оццул деза совгIаташ деш хилча, вай хастам беш хила деза дуьне, Iалам Кхоьллинчунна. Шен жайна дерзочу декъехь Сугаипов ШахIаба юха шен устазан, шайх Манин тешалла даладо: - Дела реза хилда цунна, сан устазо элира: - ШариIат, тIарикъат бусалбанан ши тIам бу, цуьнга Дала Шена тIе, олхазаре санна, некъ бойтуш. Нагахь санна бусалба стага, шариIатах тоам бина, тIарикъат дIатасахь, иза тарло, хIорда тIехула, хи чу ца дужуш, цхьана тIомаца берда тIе кхача гIертачу олхазарх. Цхьана тIемаца тIома дIадахалур дац олхазар. Иштта ду Далла тIе некъ бечу бусалбанан хьал: тарлур дац шариIат тIарикъатах къастийна, Iалошоне кхача Далла тIе бечу некъахь. Вай дерриге ду дуьненахь дахаран хIорда тIехула Далла дуьхьал доьлхуш. Дукха бац оцу хIорда тIехула чекхбовлалурш, буха ца боьлхуш, Къемат–де вай ца хьехийча. Дуьненчохь ловзуш ши хIорд бу шариIатан, тIерикъатан, вовшашна мела герга хилла. Амма иэ ца оь и шиъ, цаьршинна юкъахь гече ду. И гече дола даккха къовсалуш бац и ши хIорд, амма цхьаьна ийна, вовшен маьIна, мах иэша ца до цаьршимма.–  Цул тIаьхьа  элира Манис: - Цу шинни чуьра (шариIатана, тIарикъатана – авт. Х. З.) арадуьйлу жовхIарш, маржанаш–иза бакъдерг довзар ду. Везан Дела, Хьайн къинхетам белахь тхох дуьненахь, эхартахь а. Хьайн Iазапех ларделахь тхо!–  Иштта чекхдолу «Ийманан бошмаш дегнашкахь кхиийна ДегIастанан хьосташ» цIе йолу жайна. Цул тIаьхьа го вайна Сугаипов ШахIаба шен устазана Шайх Манина, лерина язйина касыдаш.

10
« Ад – далия»,  шишша могIанехь 130 байтехь» касыда ю.  Касыдаш Iаьрбийн маттера орсийн матте гочйина, Дагестанера суьйлех волчу Iеламстага. ШахIаба шен куьйгайозанехь  «Ад – далия» касыдел дехьа шен устазах лаьцна, цо шена кхиндIа дийцинчух хаамаш бина. Цхьабакъду, ШахIаба цкъа хьалха хоуьйту, «Ад–далия» касыдаш язъяр тIехь ша реза волуш шен болх чекхбалар.  Цул тIаьхьа юха хоуьйту ШахIаба, шен устазах лаьцна цхьацца хIумнаш кхин гучудаха лууш хилар. Шайн умматан (кхузахь, кхин дIа Манин вирдехь йолчу  мурдийн тобанан боху маьIна ду – авт. Х. З.) ДегIастанара, Цоци – юьртара, Баммат – юртара, шайх Мухьаммад (Дала къайле цIанйойла цунан), шена и касыда язъеш чIогIа  пайде ваьлла хиларна. Оцу ойланера шен шайхан, Манин, къамела тIеволу ШахIаб: - Хаалахь, сан ваша, - боху Манис ШахIабе, - эвлаяашна Дала дуьхьал оьзна, адмех уьш ларбеш, кирхьа хуьлу, нахана уьш ца бовзийта шайн къайленашца. Оцу балхо адамийн шеконаш дебайо эвлаяэх, нахана уьш, шаьш санна, хоьтуьйтуш. Нахана уьш кура, дозалла дезаш бу моьтту. Адмашна моьтту тIебогIуш болу баланаш берриге, шайх хьакха ца болуьйтуш, эвлаяаша тIехтилийта безаш бу. Делан кхел хийца таро йолуш вац цхьа эвлаяъ. Ткъа цара иза деш ца хилча, наха емал бо уьш, церан тешаме мурдаш а. Оцу балхо Делан оьгIазло совйоккху. Дала ша реза вина, шена герга балийна шайхаш, эвлаяаш-м ларбо, амма уьш емал беш, царна луьйш болчарах шен кхайлахчу орцане, царна дагахь доцчу хенахь, дера катухуьйту.
Эвлияашца долу хIума наха экам  лело дезаш хилар довзуьйту Манис ШахIабна. Эццехь ШахIабна  дагатосу: - ХIунда дебба те кху заманахь цIармата, ши юьхь йолу, девне, вон адамаш? Шек боцуш, шайн вочу амалшна тIаьхьабозу уьш, шаьш–шайх баккхий боь уьш, нахах ца беша. Къаьхкина йоьлхучу варрех тарбелла и нах. Амма муьлхха царах Къемат–дийнахь орца дезар долуш-м ву, тахана оцуьнан цара ойла ца яхь а.–  ШахIабна шен устазан сий, ларам Делехьара сов долуш го, цуьнца хьагI лелочарна хуьлуш болу бекхамаш билгал бовлу. Эццахь Делан аят даладо ШахIаба Къуръан тIера:  - Ларлолаш царна лерах, эладитанаш дийцарх, АллахIан буьрса бекхам хир бу шуна!–
Манин Iедалан векалшца тIекаре дика хиларна цхьацца хIумнаш дуьйцуш хилла наха, Манис цаьрца лелош ерг тIоьхале йолушшехь.  Манис Iедалца гергарло лоьху  моьттура цхьаболчарна, оцу Iедалера шена сий, ларам  лоьху моттало кху дуьсур долчу дуьненахь. Ишттачу наха дуьйцуш хиллера: - Хуьлийла вац иза Далла гергахь цIена, Далла везна эвлаяъ. Хилча, цо гергарло лоьхур дацара, Дела вац бохуш долчу Iедалца!–  Эццахь Делан Къуръанан аят даладо ШахIаба: - Лоьхий теша цара (эвлаяаша) шайна сийлалла, ткъа ерриг сийлалла АллахIан долахь ма ю!- Манис Iедалца лелош долу гергарло мискачу нехан дахаран гIайгIа, бала байбан аьттонна дара, и Iедал къаьсттина динца Iоттаделла долун дела ДегIастанахь. Кхузахь Къуръанан аят даладо ШахIаба: - Бусалба наха ца лоху гIо-орца  мунепикъашкара, уьш ларло церан ямартлонехь! -  Дала бакъо ло бусалба стагана керистанца, мунипикъашца, церан зуламех ларвалархьама, меттан Iумсталла цаьрца лело. Доцца аьлча, Дала ша дагца долчу хIумане бен ца хьоьжу боху, иза маттера хиларх. Адмашна юкъахь жехIала нах, церан зулам тоьллачу заманахь, ийманан охIланна лардала бакъо луш, бала байбина  Дала бохуш, кхетош хилла нах Манис (Дала къайле цIанйойла  цуьнан). Оцу Iалашонца шен мурдашка Теркаца ха дойтуш хилла Манис, Iедалца бертахь долуш. Оцу балхо адмашна бахар – бахкарехь тем луш, аьтто беш хилла, церан Iер-дахарна гIоле еш хилла. Цунах лаьцна далийна Къуръанан аят: - Дуьненахь шен вешин (бусалба вешин) даг тIера бала байбинчунна, Дала цуьнан гIайгIа эхартахь яййир ю Къемат–дийнахь! - «Адмаш – уьш АллахIан бераш ду. Цунна царех уггаре дезаш дерш ду кхечу шен берашна дика динарш!» Дуккха диканаш, хасто хIумнаш дийлина шен шайхера, боху ШахIаба. Амма уьш дерриге дийца кехат я шекъа тоьар дацара. Цундела (дешархо – авт. Х.М.) хьо шен иза бехке ца лоруш хила луур ду шена, боху автора. Цул лахахь ша язйина касыда «Ат-таIия» ялайо ШахIаба шен шайхана лерина, цо похIма луш. Оцу касыдас чулоцу шишша могIа болуш езткъей пхийтта байт.  «Ат-таIия» касыда чекхъяьлча буьйцу ШахIаба шен устазах, Манех (Дала реза хилда цунна) дагалецамаш.
Манис дийцира, яздо ШахIаба: - Нахана (мурдашна) кхетам луш, уьш Делан некъа тIехь нисбеш волчу шайхана йовза еза церан хIоранан корматалла, шен хьехам дIаэца хьекъална уьш маса бу я партал, дIаэцнарг церан дIакхехьа ницкъ, собар хир ду я дац. ГIорасизчунна тIе дIакхехьалун доцург тIедиллахь, цо иза эшо долор ду я дIатосур ду. Ткъа къобаллонна гIоралахь волчунна шена тIедиллинарг кIезго хетахь, и мохь сов баккха гIертар ву, шега дIа ца кхехьалур болчу барамехь. Амма мохь цуьнга гена бахьалур бац. Шен мурдашкара и тайпа ледарлонаш ца йийлита оьшуш ву бакъ волу устаз, олуш хилла Манис. Бакъ волу устазаца тоба дина кхузткъе итт эзар мурд хилча, цо уьш хIора дIанисвийр ву, шена – шена хьакъ долчу ислам динан кевне шиъ цхьана гечехь ца нисвеш. Шайхо уьш хIора а Iамор ву Далла ечу Iамална, царна бан марзбеллачу рицкъа лахаран балхах уьш хера ца бохуш: мах беш верг йохка – эцарехула, пхьар – говзаргаш ярехула, иштта дIа кхин а Дала шайна еллачу корматаллашкахула, церан хьекъало атта тIелоцучу агIохьара. Оцу шех тешна, Далла Iибадат дан хIоьттинчу 70 – эзар синошна, 70 – эзар тайпана хьехар хир ду бакъ волчу шайхо, хIунда аьлча де-буьйса хан чохь 70 – эзарза хIаваъ чуузу, 70 – эзарза хIаваъ арахоьцу адамо. ТIе хIора садаIарехь адаман деган хьал хийцалуш ду, оцу хьоле хьаьжжина хьехам оьшу цунна хьора садаIарехь. И болх бан ницкъ ло Дала бакъ волчу шайхана, эвлаяана а. Нагахь устазо шена тIедиллинчу хIуманна мурд кхо гIулч юьстах (шен лаам хьаьвзинчу) валахь – иза шен устазах дIахедаш ву. Кхечанхьа шен устазо (Манис) гулбеллачу нахана хьехам беш хезира шена боху ШахIаба: - Мурд шен устазах дIа ца хеда цо чагIар меллехь, хьакхин жижиг диънехь я устазо дIа ца тосу и мурд цуьнгара евллачу хатIешна. ХIунда аьлча шен мурдан диканаш тидаме оьций, шайх цунна къинтIера волу, нисвала цунна хан  луш.!–  Нах дIасабаханчул тIаьхьа, ШахIаба хаьттира ша боху шен устазе, Манега (Д. къ.цI. ц.): - ХIай, сан устаз, ас хьалха вай гулделлачохь ахь динчу къамеле ладуьйгIира,  тахана бинчу хьан хьехаме ладуьйгIира. Ахь хьалха динчу къамелаца ца догIуш ма хийтира суна тахана дийцинарг!– Дела реза хилда цунна, сан устазо элира: - Устазана (шайхана) цхьаволу мурд хуьлу Iаламат, бIаьрг тIехIоьттина, везаш. Цул дукха дезаш хIумма доцуш, Лекха Хилла волу Дела, цуьнан геланча дIабевлча. Оцу мурдана тIехецна хуьлу шайхан шадерриге Дала шена делла ниIматаш. Нагахь оцу ша къастийначу, мурдашлахь везавеллачу мурдана шайхо цхьа декхар тIедожадахь, ткъа мурдо, устазан омра ша кхочуш дале, кхо гIулч, шен лаамехь, юьстах яккхахь, оцу мурдо ша хадош ду шена тIехецна устазан ниIматаш, шен лаам, шена хетарг, шен безам, оцу ниIмател гIоле хетта. Ишттачу меттехь мурд ша хедаш ву устазах возуш волчуьра. Кхин мурд хуьлу оцу шайхан (устазан) кхечу мурдех къастийна воцуш, кхуьу берш санна, везаш. Оцу мурдо шена тIедиллина вирд кхочушдо, амма шен сино, шена чохь долчу шайтIано бохург кхочушдо. ТIаккха шайтIано лерехь хьехар до ишттачу мурдана: – Ахь шайхаца дина тоба дохий, цо хьо хIинца мукъа вити, юха тIелоцур вац, хIинца хьуна гIоле ду, хьайна луъ – луъург деш, дIалелар, ма – тов са  къоьруш.–  Ишттачу мурдан даг чохь шеко кхоллало, хIинца хеди теша шен шайхаца бозуш хилла ийманан хьаса олий.? - Иштта хатIе яьлла мурд шайхо тосий ца вуьту. Цунна, даггара дахко иза ваьлча шегара яьллачу ледарлонна, шайхо шеха дIахьоттвала, схьакхета некъ буьту. Дала ма аьлла шен Къуръан чохь вайн Элчане (I.с.с.): - Ахь дIаала Сох тешначаьрга, шайгара йийлинчу ледарлонашна Шен къинхетамах дог диллий ма лела. АллахIан къинхетам, массо къиношна гечдан, боккха бу.– ШахIаба лакхахь динчу хаттарна кхин дIа жоп луш, Манис олу: - Хила тарло, тIаьххьарчу вайн цхьаьнакхетаре баьхкинчарах цхьаберш, шайгара йийлинчу хатIешна, нисдала агIо йисаний техьа шайна аьлла, хаа баьхкинарш. Иштта баьхкинчарна деган йовхо луш бинера ас сайн хьехам. Делан къинхетамах догдиллина дIавахийта йиш ма яц вайн цхьа. Дала ма бах шен Къуръан чохь: - Делан некъа тIе кхайкха адмашка хьекъале, дика хьехамца!–  –Цундела вайн кхайкхам, хьекъале дош, хьал - таро йолчаьрга, дика хьехам мискачаьрга атта дIакхочуш хила деза шайхан къамел. - Дела реза хилда шен устазана, Манина, боху ШахIаба. Ша бечу хьехамашкахь цунна, хIора ладугIучуьнан дог декхош, бусалба динна ойла тIехьовзош. Иштта хаарш, меттан говзалла, шариIатан,  тIарикъатан некъийн къайленаш шен устазана яьстинчу Далла бо хастам ШахIаба. Шен мурдашца кIеда, мерза вара Мани, къинхетаме, доглазаран синхаамашца тергалбора цо уьш, собарца, ловш церан ледарлонаш, гечдеш гIалатлонашна, нисбора, тесна ца буьтура ма - луъу. Амма дозанал, хьаькхначу сизал дехьа бовлар нисделча, кхетабора, дас шен доьзалхо санна. Манис олуш хиллера, шайхо хIиттийна дозанаш лар ца деш, дохош болу мурдаш, шайн де-ненан аьлларехь ца совцучу берех тера бу. ЦIена духар духий бераш кечдо цIерачара. Ткъа ловзий, лелий  даханчу бераша шайна тIера цIена бедарш, ловза девлачохь я бехйо, я этIайо, цхьанхьа тийса лой. Оцу берийн хьесапехь хуьлу цхьаболу мурдаш а. Шайхо шайн дегнаш цIеначу хьоле далийна, хьагI-боданах къастадой шен мажлисера дIасабохуьйту мурадаш  шайн-шайн гIуллакхашка, белхашка а. Пхьоьханашкахь, базаршкахь уьш беттало жехIалнахах, цаьрца хабаре буьйлуш, къийсалуш, гIибаташ деш, къинош летадо. Шайхо шайн дегнашка тоьхна хиллачу хьолах бухий, иза бехдой я дойий, юха устазна дуьхьал богIу уьш. Дас, нанас шайн доьзалхойн бедар санна, шайхо цIандо, тоьгу мурдийн дегнашкахь телхина  мел долу хIума, эккхабо царна чуьра бода. Ден-ненан шайн доьзалхо санна, шен мурд дIатаса йиш яц устазан, хIунда аьлча да-нана  доцург латкъа меттиг болуш дац бер. Иштта тевжийла ю мурдана шен устаз. Дала аьлла Шен Къуръан чохь: - АллахIера къинхетам бу хьуна, хьо цаьрца (адмашца-авт. Х.З.) кIеда– мерза хиларна, хьо хьайн амалшкахь мел оьгIазе, дог дера велахь а. Церан муьтIахьалла хьан нуьцкъаллех мукъа хила еза. Хьо царна (адмашна-авт. Х.З) къинтIера вала веза, царна гечдар доьхуш хила веза, цаьрца дагавала веза уьш нисбаларехь, ткъа болх АллахIна тIе билла. Цунна дукха беза шен къинхетаме сатуьсурш!–  Манис олура: - ХIетте  цхьа мурд шен тобанах вухур вац денош дIаэхарх, нагахь денна шен устазах возуш хилахь. ТIадаман барамехь дика динчунна диканца бекхам хир бу, ткъа тIадамал зулам (вон) динчунна бекхамца дуьхьала даьндерг зулам (вон) ду. Везан Дела, хьайн Iуналлин кIеллахь совцаделахь тхо! Хьайн диканах ма дахалахь тхо дуьненахь, эхартахь, цIеран таIазарх ларделахь тхо. Амин.–
- Кху меттехь шен жайни тIехь ШахIаба ялайо ша язйина касыда «Ал-къафия».  Иза шен  устазан безамна, Манин корматаллаш гучуйохуш язйинчу байташца ю, шайн терахьца шовзткъе ворхIанга кхочуш. Касыдин стихкхолларан барам «Мутадарик» олучу кепехь хIоттамца чекхболу, беттан сийлаллин хьал долчу Манина, кхин болчу эвлаяийн беркатан дакъа вайна кхачош, царна гIодинчарах деш, Дала ял лойла вайна боху ШахIаба. Цул тIаьхьа ялайо шен байташ (касыдаш) «ДегIастанан бахархошка кхуьучу стоьмийн беша кхайкхар» цIе йолуш. Ткъе шина байтехь ю и касыда. Ша мел язйина касыдаш кхолларехь, уьш чекхьяхарехь шен аьтто бинчу Далла хастам бо ШахIаба, дагавийларшкахь шена хьехамаш бинчу, бусалба динан шайхалла Дала шена деллачу, шен устазна Манина хастам бо цо. Оцу касыдина тIехь болх чекхбалар нисделла терахь Рамазанан (мархин) беттан кхолагIчу Iуьйранна нисделла. Делан къинхетам латтийла Манина тIехь, вайна тIехь, массо бусалба адмашна тIехь а. Амин. Иштта дерзадо шен дийцар ШахIаба. ХIинца, жайнадешархо,хьан таро хир ю ШахIабан касыдаш еша, церан мах хадо а, хьайна хетарг царах лаьцна олуш. Ас сайн ницкъ кхочучу барамехь уьш нохчийн матте гочйина.

   


Рецензии