Касыда Ад -далия
БисмиллахIиррохьманиррохьим.
1
Ахьмадан тIаьхьенах, хIай Делан Вели,
Элчанан тур Дала хьан кара дилли.
2
Хьо кхечи нур даржош беркате динан,
Адамаш нисдарехь деналла гина.
3
Хьан дегIахь гулъелла Элчанан амалш.I
Стигланна тайна, гуш, хьан башха Iамалш.
4
ТIерикъат лелорехь хьо лакха ваьлла,
Ларамца хьо вазвеш, къастийна Дала.
5
Дийванехь ларам беш устазийн, шайхийн
Ахь хийла орцанца2 массарна гIо ди.
6
Къинхетам, Ницкъболчо хьо даржехь вазви,
Геланчех къастийна вай Элча санна.
7
Беттан нур къагийна хьо тхуна гIаьтти.
Адмашлахь тешаме, цIена дин даьржи.
8
Ийманан беркатца, декъаллой дебош,
Дала хьо качави Шен Велин дарже.
9
Ахь нахе бохура: - «Далла тIедерза!»
Амма уьш, бекъалуш, буьйлура карзах.
10
Дуьнено Iехийна, хьуна букъ тоьхнарш,
ХьогIца хьо емал веш, шайтIанца тайна.
11
Эхартан гуттаре герга ерш сина,
Кханенна бIаьрг боьллуш, хьан гIопе кхечи.
12
Хьоьгарчу орцанах, ца баьшна, хеддарш,
Эхартахь, Iу воцуш, хьаьвзар бу готта.
13
Дагца хьох вехкалуш, лелларг хьан лорах
Жаннатан бошмашкахь Iебар ву зовкхах.
14
Хьайн куьйге баьхкинчийн дегнаш ахь цIанди -
Уьш, Далла беш хастам, зикарш дан хIитти.
15
Дела везар марзоне ахь мурдаш кхачий,-
Уьш, шовкъан хьал кхетта, асаре бевли.
16
Ахь динехь Далла тIе боьду некъ гайти,
Iесаллехь даьхна халкъ серлонга дели.
17
Дин толош, Iадатех ахь мурдаш къастий,
Далла тов гIилкхашца хьанал дерг марзди.
18
Ахь динан низаме мурдаш хьай балош,
Сакхтех уьш цIанбора, модех хиэ санна.
19
Зуькарш деш, мохь бетташ, вайн Деле кхойкхуш,
Толора шовкъ церан, гIибаташ эшош.
20
Хьан мурдаш гулбелча Далла ян Iамал,
Уьш техка зуькарехь, ахь буьгуш хьоле.
21
Дог тешна: мохан хIо кхачарх кхаъ бохьуш,–
Воккханиг, жиманиг дитташха лестош.
22
Шовкъан хьал кхаьчна дегI мукъамехь сетта,
Хан, зама мел йолу боларехь кхетта.
23
Хьо улло кхаьчнарш, карара дегI долий,
Бетталуш, оьгуш го, догIмаш тхьоз дулий.
24
Вежарий бу цхьаьна динехь къахьоьгурш,
Белхарца вайн Деле эхарат доьхуш.
25
Шовкъах дегI шен Iабо, син ницкъ ца кхочий,
Мурд вужу, бIаьргеха мела хи долий.
26
Кхардамца бIаьрг тухурш нислуш бу зуькре, -
Гуш долчо, дог кIаддой, уьш буьгу юккъе.
27
ЛадоьгIуш, къахьоьгуш болчех Ша хестош,
Декъал беш Дела ву, цхьа дIа ца къастош.
28
Зуькаран хьал кхочург–накъост вац вонан,
Доьху цо вайн Деле гечдар къиношна.
29
Iесаллехь чIагIбелларш бовларца дохко
Зуькаре хIуьтту дIа эхарт шайн толон.
30
Азаллехь кхаж баьлла декъаллойн синош,
Тоба дой, нислора, къобал деш хьан дош.
31
–«Хастаме, Гечдешверг, тхо декъал делахь
Тхо нисдеш волу Iу воккхуш сов даржехь! -
32
Цо, кхетош, кхиий тхо, АллахI, Хьо вовза,
Ца кхоош муьйлуьйтуш шен деган шовда». –
33
Хьо вагIахь, сан ваша, шайхан шун довза,
Лур бу хьоь шовкъан кад, доккхуш дог ловза.
34
Ирсе веш, цу шуьно хьал ойу дегIан,
Дуьненахь, эхартахь лардойтуш ийман.
35
Тхан даар маларца цу шуьнехь сецна,
Цу шуьно токх до тхо, йийсаре лецна.
36
Цу Делан лай, Вели, тхан устаз вуйла,
Зеделла цуьнгарчу карамтех тхуна.
37
Комаьрша, беркате, орцанна каде
Веш, Дала и хIоттий Шен динан гече.
38
Вайн Дала ди Манех оьздаллин куьзга,
БIаьрхишца цо даим лелорна шузда.
39
Устазан куьзганахь тхайн синош цIандеш,
Доьлху тхо вайн Деле эхарат доьхуш.
40
Мурдашна устазо синмарзо туху,
Къинхетам бечу Деле кхайкхаре боху.
41
Устазо тоьхначу кхайкхаран хьолехь
Мурд луьйчу къиношна гечдаран хIордахь.
42
Устазан лааме нисдинарг шен нафса,
Вон мел дерг шех къаьсташ, Далла тIе воьрзу.
43
Дала шен Вели веш билгал ца вича,
Хир вац цхьа нах динехь дIанисбан кийча.
44
Сий доьжна хиларх маьрша вара цунна,
Гечдаре сатесна, тIеван дан тоба.
45
Шен куьйге веънарг цо таза нисвора,
Де дийне мел долу сакхтех цIанвора.
46
Устазо кхетам лой, ийманехь толой,
Мурдо шен йисна хан Iамална лора .
47
Цо гойту динехь некъ лоьхуш болчарна,
Мила ву бакъон тIехь я тиллачарах
48
Ца гIерта нах динан некъ серла баккха:
Харцонаш бодашкахь лелало атта.
49
Вайн Дала устазийн дегнех ди хьоста,
И шовда муьйлуш берш декъал бан тIаккха
50
Кхетамехь нисвелчо, шен кийра бузош,
Делера ял йоккху, динан хIорд муьйлуш.
51
Тешаме мурдашна бол кхочу шайхан,
ХьогIца церг хьекхочо бо бала шена.
52
МостагIий-м лаьттар бу, ца лахлуш барам,
Iеса нах Велешна дуьхьал бу даим.
53
ТIерикъат ца дезарш бу цунна тебаш,
Къайлаха тешнабехк, зуламаш дебош.
54
Хир ма ву жаьхIилчех инкарло IаьIнарг,–
Касыдийн Iалашо яц и кхин дийца.I
55
ХIагI лаьцна болчарна заз дожа лиъна, -
ТIарикъат, стом латош, чомехь тIекхиъна.2
56
Инкарло йолчара тоба харц лору,
Шовкъан хьал тухуш дерш жинаш ду олу.
57
Цу нехан цамгарна дац Делан дарба,
КIай лаьцна, бIаьргаш чохь ю царна марха,
58
Цхьа хаттар до цара: – Шу нийса хилча,
Хал, тарой йолу нах, хIунда бац шуьца?–
59
Ткъа царна тIеберзар-м хир дара санехь,-
Дала Шен некъа тIехь ца гойтуш къелла!
60
Миска уьш, ца кхетта син кхачин чомах,-
Ген рицкъа ларарна дахаран маьIна.
61
Бахаман куралла, коьрталла дезна,
Хьал дериш тхамдалла шайн хилларх тешна.
62
Хьарамчу амалех тийсалуш сонта,
Ца туьгу хьолахой динан ирс довза.
63
Харж йоцчу син кхачех, бохчанах маьрша,
Пе тоха сихло уьш, хабарех тешна.
64
Харц Iилман пелхьонийн накъостий хуьлий,
Уьш къайлах ачонан тур туса хIуьтту.
65
ШариIат довзаре шаьш кхаьчна хилча,
Уьйр барий уьш харцох, туьран дитт хила?
66
Оцара-м лелошъерг тIоьхле яй динан,
Цундела уьш бевла бакъонна гена.
67
ЮьхьIаьржа хир бу уьш Геланчас аьлча:
-ЦIарна бен цу динца гIуллакх ца хилла.
68
Исламехь чан кегош, аш зама текхна,
Дуьненах йоьхкина Эхартан хазна.
69
Делан ял дIатоьттуш, - адмийниг езна,
Дин духкуш, язйи аш дуьненан хазна.
70
ГIибат деш, аьшпаш би аш шайхан хьехам,
Цуьнгара карамат аш лери Iехор.
71
Карамат дацар те тилделла адмаш,
Цо Делан дин довза некъа тIе дерзор?
72
Шен куьйге баьхкхинчийн, хиндолчух жоп луш,
Тоьар дац синойн хьуI яьIни тIелацар.
73
Мел галверг, са цIандеш, вуьту цо герга,
Мискачух накъост во, ца кхоош дика.
74
Дог кIеда ву сан шайх, бIаьргех хи долу,
Делах тIех кхерарна, хьестало сема.
75
Комаьрша тIеIаткъам хьехамца бо цо,
Кхоьруш шен беркатна дисарна генахь.
76
ИбрахIиман васт Дала кхачош шена,
Исхьакъан лаамца совгIат ди цунна.
77
Аюбан собар луш, къастий хьо Дала,
Ткъа Яхьъях тарвина сийлалла елла.
78
Якъубчух, Юсапчух тардина дахар,
Хьох ви Дала Iийсах тера мухIажар.
79
Геланча виначу Элчанна санна,
Диканаш ди Дала сан устазана.
80
Элчанан нуьре бос хьерсалуш дегIах,
Манис тхо бакъ динан къилби тIе нисди.
81
ТIерикъат лардеш берш сийсаз бечара
Шаьш къобал бечаьрца тобанаш дина.
82
Шайхийн болх бовзазчийн Iехош хабарша,
Тилий уьш, аьшпех дин тарделла дайша.
83
Даржан гIант ца къийси сан шайхо цхьаьнцца,–
Динехь нах нисбеш хьалхе яра даим.
84
Шеца дов долчаьрца оьгIазло йоцуш,
Хьоьху цо, дош кхоош, юьстаха довла.
85
«Схьадийца тхан сакхташ юьхьдуьхал, хецций,
-Нислур ду!» - олур цо, тхо хьекхочарга.
86
Бита уьш шайн хьоллехь, ма бе уьш тергал,
Дуьненахь, эхартахь собарх хуьлу бахам.
87
Делан дош дIахазо бохкуьйту шайхаш,-
Нислучел сов хир ю тиллачийн тоба.
88
Дас кIанте кхачош дац шайхаллин дакъа,
И моьттурш херлуш бу бакъонан некъах.
Свидетельство о публикации №225081700945