Касыда Ад-далия шолг1а дакъа
Харцонаш кхуллуш, устазаш беш емал,
Халкъ тилош леллачийн хир ду хьал беркъа.
2
Уьш вайга нислур бац, Дела ву царна,
Вайн дегнийн суьрташца хьесап деш денна.
3
Даржаде диканиг, хьарамчух ларло,
Дузур ду шун эхарт хазахетаро.
4
ОьгIазло Iабаян, ма делаш вонаш,
Эхартахь йист йоцу бала ца Iовша.
5
Дахар хьайн къахьделлехь, зуькарца ваза,-
И бахьнехь эхарат хир ду хьан таза.
6
Адмаллех ца духуш, шукур де Далла,
ТIаккха бен бахьна дац, ирсан кхаж бала.
7
Хьан маха хуьлда сох, веънарг дин къагош,
Довхошца къовсамехь царел хьо толош.
8
Хала-м ду виллина набарца къийса,–
Iамалшца денйора цо массо буьйса.
9
Сан устаз, Мани-шайх, хастам бу хьуна,
Серло луш сан кхетам ахьа шорбарна,
10
Хастам бу, сатедеш, доггах гIо дарна,
СовгIат деш токхонан беркат деборна.
11
Вайн Далла хастам бу, цIена дин даржо
Цо Мани чIагIварна устазан даржехь.
12
ГIовсаллин таж туьллуш, хиндолчух кхиий,
Комаьршо луш Дала юьхькIайча хIоттий.
13
МуьтIахьчу хастамца цо Iамалш ярна,
Цу Делан къинхетам цунна тIехь сецна.
14
Халонаш, баланаш собарца ларна,
Дала и тхан Iу ви шайхалла делла.
15
Нагахь сан байташа дегнийн хьу ястахь,
Устазца декъал веш, Дела со хьстахь!
16
Къинхетам сох белахь, юьхьIаьржох ларвеш,
Маница, АллахI-Дела, дикане кхачош.
17
Шайх, хьайца мах хилларг ахь декъал велахь,
ТаIзарийн боьрана воккхуш и гена.
18
Ахь тоьхна хьал, асар кхехка сан дегIахь,
Сан са ахь латторна ийманан гурахь.
19
Дела, Хьан къайленаш со яста гIертац,
Ницкъ лолахь шайх Манех гоьдаккха беркат.
20
Устаз, сох вайн Далла муьтIахь лай велахь,
Вай довззалц летийнчу къинойх цIанвелахь;
21
Доьху со бакълуьйчийн тобанах тохар,
Къинойх цIанбеллачех, тIехь доцчех декхар.
22
Устазан хьехамца хиларна кхане,
Лоьху ас зуькарца ийманан ане.
23
Дин даржо къастийнчу Велина Дала
ГIо дарца ло кхечо ловр боцу бала.
24
Устазийн оьмар ю тоьхна шен зама,-
Дала шайх ларвойла нах йохье баха:
25
Шовкъан хьал сов долуш муридийн денна,
Вахаве тхан устаз гIоза–декъала;
26
Ахь дела гIовсаллин нур тIеттIа къегаш,
Вехийла тхан устаз даржийна тIемаш;
27
Iедалан бехкаха шайх хьалха витий,–
Луур ма далийта церг хьекхош болчийн.
28
Хьайн лешна, Я Аллах, лардан гIоделахь-
Цо хьехна тIерикъат, тIех цIена, сирла.
29
Кхоьллинарг, къагийта Хьайн динан седа,
Тхаьмдалла Элчане деллачу некъахь.
30
Кхачаде исламан баьрчче тхо, Дела,
Хьо везаш, тешначун деш Эхарт декъал.
31
Хиттахьа, Ницкъбериг, Хьайн къаьмнийн дегнаш,
Барт цхьаъ беш, чIагIъехьа ийманан уьйраш;
32
Мотт сацош, бIаьрзе беш, хьовзабе довхой,
Шайхаш ца безна, питане зуламхой;
33
Баланаш байбелахь, доьхна хьал доссахь,
Шад хилла, чолхе мур баста ло кхетам;
34
Даима Дийнаниг, гIо де тхан шайхан,
Хизарна Ахь делла хьуьнар лой цунна;
35
Къемат-де мурдашна дайдан ницкъ лолахь.
Манина цу мурдийн доьзалшца цхьаьна;
36
Декъалбе, я Аллахь, хьо хестош зуькрехь
Кхайкхинарш Элчанан, Устазийн цIарах;
37
Декъалбе хьо везаш, Iедалах къайлах
Шовкъ йинарш: – Ва Ахьмад, ва Мохьмад,- бохуш.
38
СовгIат де, Кхоьллинарг, маьхьшаран дийнахь
Умматан да, Элча, тхо деха, воьжча;
39
Хестабеш, декъалбе Синойн дай, доьху,
Малхаха, дог дохдеш, Хьайн дин лардарна;
40
Устазан доьзалшца тхо декъал дехьа,
ШариIат, тIарикъат тхан ши тIам бехьа.
Оцу барамехь шен касыда «Ад- далия», бусалба умматан шайх волчу, ДегIастанара, Цоци-юьртара, Баммат-юьртара Мохьмадах йолу, Сугаипов ШахIаба чекхйоккху, хIара дешнаш а далош: - «Дела реза хилда цунна (Манина – авт. Х.З.) хIара болх суна язбеш дагаваларехь, нисбарехь гIо дина волчу.»
Цул тIаьхьа йогIу цо (ШахIаба) язйина шолгIа касыда.
Свидетельство о публикации №225081700947