Ат-таIия
1
Элчанчух тера ду дуьненчу и валар,
Шен нуьрах нур Дала цуьнан сих дIахIуттуш.
2
Берахь дуьйна башха кхаж кхаьчнера цуьнга,
Дуьне, Эхарт Шен Долчо луш шайхан дакъа.
3
МухIажар хуьлийI вогIу иза тхо долчу,
ШариIат даржо Дала варна геланча.
4
Комаьрша, ийманан шовда тхуна мийлош,
Зуькарехь цIандора цо муридийн дегнаш.
5
Ийманан Iамалаш йовзуьйтуш гуламехь,
Нийса некъ тхоь бойту тIерикъатан шовкъехь.
6
Гергара деш, Iамий тхо вовшеха даза,
Веза-Воккха вайн Дела доггаха веза.
7
Шовкъан хьолан хIордалахь Iамош тхо лийча,
ТIерикъатан хьехамна вара и кийча
8
Муридийн дегнаш чу шовкъан хьал кхочура,
Къоначийн догIмашкахь асар-хьал гIоттура
9
И Делан къинхетам тIебоьлхуш устазна,
Денош дIа мел оьху кхаъ хуьлура тхуна
10
Вай сийлахь АллахIан некъа тIе нисдарна,
Хастам бу Манина иштта совгIат дарна.
11
ГIиллакхций, ларамций вовшашца дIанисло,
Шайн устаз реза волу Iамалш еш цIанло.
12
Шайхаца юкъаметтиг ларъелаш мерза,
Цуьнгара шапаIат Къемат-денна дезахь.
13
Дуьненахь тоьлла Iу устаз ву мурдашна,
ДIалеллехь дахарехь уьш цуьнан лар хьаьшна.
14
ДIабоьзнарг устазах Делера къинхетам
Шен гIовсо ларвеш ву ца хилийта эшам.
15
ЦIена дог, ойланаш устазахь вай хьерчахь,
Делаца гергарло хуьлуш ду вайн баьрччехь.
16
Декхар ду муридийн вовшийн дукха беза,
Устазан беркатех, токхонех дог дуза.
17
Устазан хIусаме ойла цIена гIолаш,
Цуьнан лаам бовзан бен, кхин хIума доцуш.
18
Цо бакъо елча бен хIусам чу ма гIолаш,
Эхь хеташ, ийзалуш шаьш хилар гайталаш.
19
Устазал хьалха дош ала ма сихлолаш,
Хьалхе цуьга кховдорца гIилкхехь нислолаш.
20
Къамеле шайх валахь, жоп лолаш хаттарна,
Совнаха дерг дуьйцуш, дах ма ло къамелна.
21
Аз айина ма дийца,I шайхан дош лахдеш,
Шайн хьажар къамелехь лаьттан бIаьра дуогIа.
22
Бегашца къамел дар шайх волчохь тамехь дац,
Забарна гуламехь цуьнан бен бакъо яц.
23
Устазан цIенца цхьа ма хила эвхьаза,2
Ткъа хIусаме нисделлехь хилалаш бIаьрза.
24
Устазо хьехам беш, леранна ла догIа,
Арарчу хабаршна лерга ш чу тIус тоха.
25
Церан таьжгенаша – м дийр дац зен шайхана,
АллахI ву мела луш верг ша хьехочарна.
26
Шовкъан тIеIаткъамахI ца оьшу цец дийла,
Iамалх кхетта кураллел, тIех кхерар тоьла.
27
Устазо тIедиллинарг ца деш Iан кхера,
Чуьркан тIоммал хийцинарг гуш ма ву Дела.
28
Зуькар деш мурдаш гар бу шайхан синкъерам,-
Белхарца шовкъан хьал бу Делан къинхетам.
29
Зуькарехь кхочу хьал Устазе далхаде,
Жоп доцуш бисинчара дегбаъмаш ма бе.
30
Ма гIерта, хьулам бина, шаьш шекдерг лечкъо,
Вайн синойн сакхташ гуш вина и Кхоьллинчо.
31
Сий лекхачу адамийн гIиллакхийн хазна,
Яржий цо холкъалахь хIоранна марзъян.
32
Декъалчу вежарийн тобанах схьакхетий,
Кхуьучу доьзалех шайхан дош дIахIотта.
33
Шаьш динехь нисдайта урх шайхе дIалойша,
Шех тешнарг вуьгу цо хIуьрлаIанийн беша.
34
Ларамца хилалаш шайх сецначу хьармехь,
Ойланаш тоелаш, даккхий дерца даг чохь.
35
Устазан балхе шу ма хьежа шеконца,
Шайн гIулкхаш леладе цуьнгарчу бакъонца.
36
-Же,аьлча, болх болош. – бита аьлча, буьтуш2-
Бахьанаш ма лехалаш, де аьлларг ца дан.
37
Цо мел дечу омранна шен-шен ду бахьнаш,
Я КъурIан аят чохь, я Пайхамар дашехь.
38
Цуьнгара пурбанца дезаршна тIехьовза,
Цуьнан омран нихIина ца хуьлуш дегза.
39
Шун хамталла ният дохош хIума лору,
Цундела муьтхьалло шу устазца хуьтту.
40
Шуна са ю цо нисдинчу тIегIан тIехь Iар,
Амма баьрчче гIертаро юьллу оьшу лар.
41
Шайна бакъ мел хеташ дерг дицделаш аша,
Шайхо бина тидамах шайн шеко хьаша.
42
Цо лелочу балхах шайн чекххьежар дита,
Цунна хила вониг дац, зен хир ду шуна.
43
ТIекаре еш шайхаца ма лолаш Iеха,
ТIех кIеда иза хиларх, гIилкхах ма доха.
44
И хиъначу куза тIехь паргIат ма довла,
Юьхьдуьхьал иза хестош ма довла Iора.
45
Иза волчохь забар еш хабар ма дийца,
Кхерам бу шун ийман къиноша дIаэца.
46
Цуьнан даьхнех са яккха ма гIерта шайна,
Цу балхе шайн долчух ца дахийта гена.
47
Новкъа цхьана дIадоьлхуш хьалха ма лелха,
Нагахь иза шаьш ларвеш вацахь кхерамха.
48
Тобанна юкъахь иза билгал чохь вита,
Цуьнгара пайда шайна алсам хилийта.
49
Шайхо шух къастийна верг, ву шуна коьрта,
Эхь-бехк дайна, сийлахчийн баьрчче ма гIерта.
50
ЭнжадеI нахаца гергарло ца тосуш,
ШариIатан бехкамаш белаша кхочуш.
51
Бусалба вежарийн гIалаташна гечде,
Сакхташ церан, кхайкхадеш, гIибаташ ма де.
52
Деле йолчу марзонан чам ларбе даг чохь,
Ца хада ирсана тIе боьду некъах.
53
Зуькарехь вайн Деле гечдар шайна доьхуш,
Устазера шовкъан хьал кхайкхарца лохуш.
54
Зуькарийн Iамалца бу шайхийн синкъерам,
Цуьнца цара луьтту вайн гIиллакхийн барам.
55
Зуькар деш болчарна тIе маликаш хьаьвза,
Дала даздеш Шен гIовсан мел-йолан терза.
56
Къинойха дIацIанлуш шовкъе девлла догIмаш
Ду къастош шайн синойх хьалха летта сакхташ .
57
Бодане гIилкхашца, иймансиз зударшца
ДIаийна тхан дахар веара шайх хийца!
58
Зударшна Iамаде догIмаш цIена лело,
Ийманан гIилкхаш тIехь доьзал хьалакхио!
59
КIедачу хьехамашца хих бовла марзде,
ЦIанонан суннаташ лардар царна парз де.
60
Доллу дегI хьулдеш хила дезар хаийта,
Чохь, арахь – массанхьа охьадийшалц метта.
61
Бисмиллица серлонгахь, дегI цIена, ялта
Хьакхош цара кечбойла аш буу кхача.
62
Стегаршна кхача луш, уьш шуьнна гонаха
Бен доцуш ма хьийзийла, тIаьрзенаш оьхьуш.
63
ХIорамо шен-шен зуда нисъяр ду беркат,
Шайн ийман седарчийн нур догуш гIаттийтта.
64
ЦIен тIехь хин кхачо яр, зударшна ду мелехь,
Уьттаза сов ял ю и, цIанонна деънехь.
65
Бисмиллица долор ду цIен тIехь куьг тохар,
Юкъадола ца дуьтуш вовшийн дог дохор.
66
Дуьненан аьтто лаха тоба ма делаш,
Эхартан са ма яц, цу нигатца лелош!
67
Дуьненан лаамашна ма хила сутар,
Эхартан соцунгIа ю тIаьхьлонан хIусам.
68
Iесаллина пе тохий, бакъ дине дерза,
Нагахь шайна Делера къинхетам безахь.
69
Шу вовшашца ларамца, барт хилий нисло,
Устазан хьехамашца дин лело марзло.
70
АллахIан дош хуьйцуш, тиллачара санна,
Вирдашца хьагI лелорца, ма довла чIана.
71
Шайхашкара хьехамаш гамоне бохуш,
Ма хила бусалба къам кескашка доькъуш .
72
Цхьана дех дебийтина леш ду вай Делан,
Ийманехь кхиийта доссадеш Шен Къуръан.
73
Эвлаяаш безалаш, шен гIовс сов воккхуш,
Инкарло ма е цаьрна, ца къаьста шенчух.
74
ДоIнашкахь царна аш Делера ял еха,
Шен динехь вай нисдан, Цо уьш вайна белла
75
Бусалба нахаца гергало аш лаха,
ЖIаьлех санна, къахкалаш питане болчех.
76
Устазца маджлисехь шу хеттаршка довлахь,
ШариIатан бакъонийн бух бовза гIорта.
77
Шайх волчохь иэа хестош къамел ма делаш.
Делаца йолу къайле ястийта гIерташ.
78
Шайн хIусме веана верг, хьаша вай, хьаста,
Дош ала ларамца, цуьнан устаз хастош!
79
Кхин вирд дерг тIеэца комаьрша шун хIоттош.
Цунна тамехь къамел де, деган ков доьллуш.
80
Массо къоман адамаш хилалаш лоруш,
Керстанца тарлуш хила, кIоршаме доцуш.
81
Шайн меттиг баьллачохь Дела хьахош хила,
И ву-кх вайна гечдар карахь долу Эла.
82
Шайх Манин хьехамца язйи ас сайн байташ.
Цуьнга со Iалашвайта махьшарехь лаьтташ.
83
Делан дин харц динчу иблисан урд дебош,
Iесачех ма тарло хьагI лоьцуш вирдашца.
Свидетельство о публикации №225081700950