Касыда Аль кафия
1
Хьехамийн малх хилла веара хьо тхуна,
Денош дIадовларца эккхабеш тхох бода.
2
Геланчийн мухIар вина Элчи ша санна,
Воьссира хьо дуьненчу, хьесталуш Далла.
3
Вайн Далла шуздане деригге халкъ кхойкхуш,
ДегIиста ийманехь нисъян хьо дIахIоьтти.
4
Миска нах, цIубдарех, хьаьвзира гонаха,
Хьогалло бIарзбина, хи тIехь бажа санна.
5
Эсано шура санна, хьан хьехам муьйлуш
Нах хьаьвзира, сирла нур дегнаш чудуссуш.
6
ДогIанах Iаьбначу, кха тIехь цана санна,
Хьан гIопехь Iамалш ярца тоба ю гIоттуш.
7
Хьолаха буьззина кад малий ахь хийла,
Далла тIе ерзаеш тхан яьржина ойла.
8
Устазан кад кхоччуш меллачарна карий,
Iасалла шайн эккхош долу молхий, дарбий.
9
Халкъалахь шайхан сий хила айдеш лаккха,
Цуьнан башха оьздачу гIилкхашца цхьаьна.
10
ЦIе езнарш, иза волчохь ийзалуш, лечкъа,
ХIетте цуьнан карамташ ду царна Iеткъаш.
11
И сийсаз ван гIерташ, эладита кхуллу,
Цабашар Iора даккха, йо аьшпийн кула.
12
Куц – сибтехь анташ лоьху, даг датIо гIоьрта,
Кхерамаш хезорца стогалла зен кхевда.
13
Аьшпех ца йоттало иза вожо гIала,
ГIорасиз баьржа уьш, юьхьIаьржа пана.
14
Йовссараш мел летарах, кIажъоьхуш, дера,
Стиглара малх дIахьулбан ницкъ хир бац церан.
15
Тиллачара галбевлла хьехамаш буьйцу,
Дендайша харц бина некъ масална туьйсу.
16
Дукха ширчу Iадатийн ца хуьйцуш хьаьркаш,
Делан дош даржорехь лелайо харцонаш.
17
Моттарехь, хетарехь дуьйцучух тешаш,
Пхьоьхане ладоьгIу нах – бакъ динах туьлу.
18
Пхьоьхано дог дакъош, эккхадойту ийман
ГIибаташка марзво цо я дойту бухIтан.
19
Ма велаш аш емал Далла тIе тевжинарг,
Барт чIагIбеш волу устаз ву шуна бакъверг.
20
Дала Шен Тептарш тIехь билгала ди шуна,
Буса, Iуьйкъехь, Iамал яр, тIех деза лоруш.
21
Массара бехалаш къинхетам вайн Деле,
Ламазийн доIанашкахь хьесталуш, доьлхуш.
22
Адамаш, шо – шере мел дели, ду дебаш,
Шайх Манин мурдаш бу иштта денна хьекъаш.
23
Халкъ Кхобуш Верг оха хьехавахь самонца,
Са гуш берш гIоьртар бу шайх Манин куьг лаца.
24
Дика болх массарна бан хьо хуьлу кийча,
Хьан хьехамца, ког буьллуш мурд вогIуш хилча.I
25
Делах дог хоьттинчийн мохк бу вайн ДегIаста2,
Шайхаша кху махкахь заздоккху къайлаха.
26
Хьехамций, духарций къасташ бац уьш вовшех,-
Дала уьш нисбина догIучу даржашкахь.
27
Церан бахам, хIусамаш3 яц вайнчел бIаьрла,
Ца къаьсташ, уьш лаьтта нехачех дIаийна.
28
Вайна ца го шайхашна Дала до совгIаташ5,
Дешиций, детиций вац уьш цхьа зовкх хьоьгуш.
29
Даьхни дац царна луш къиношна гечдайта,
Царна гора ца оьгу шена гIо дайта.
30
Кхочуш дайта Делан бен ницкъ боцу дехарш,
Шайна декхар бан эшац8 адмаша шайхаш.
31
ШариIат талхочийн мостагI ву эвлаяъ:
Шайхийн дош КъурIанца галморзах хилла дац.
32
Устазаш Делан дин бу лардан хиттийна,
Цундела цаьргахула ду Делан орца.
33
БIе ткъе виъ эзар вайн Iу волу эвлаяъ
Эшийтац дуьненахь мурстанаI Дала цхьаъ.
34
Уьш ларарца, бохург дан, декхарлахь ду вай
Хиларна уьш вай динехь нисдан бина Iуй.
35
Цара дера къамел дахь, шу цец ма довла,
Цара шайна барт тоьхнехь, бакъбеш чекхдовла.
36
Собарца, сатухуш, цаьрца шу дазалахь,7
Бакъонца са яьлла карор ду шаьш кхана.
37
Хаалур бу зуькарехь башха чам мерза,
ДIацIанлуш хьалхалера къиношха гIоза.
38
Ийманехь нисдаларца хьалхахьа гIорта,
Дика яхь ю къовсамехь шаьш баьрла гайтар.
39
Эхартан паргIато бIаьрг белхорца ехнарг,
Кхочур ву вайн Дала Шен лекхачу баьрчче.
40
Устазах шек бевлла берш,6 зудрех дIакхета,
Цаьрца шу товш ма ду эладитнаш дийца.
41
- ТIерикатехь болу некъ юьхьанца базло,
Хьо коконийн боьлаках чекх волуш санна.
42
Цхьаболчара устазан беркат тIе оьцу,
Амма кхинберш Iехалуш гIовгIано лоцу.
43
Хастам бу стигланийн Iарш Карахь Долчунна,
Вайна тIе балхош Iарна кхинхетам денна,
44
Бакъонан дин даржош ваийтарна Элчи,
Цул тIаьхьа устазаш беш цуьнан гIоьнчий.
45
Доггаха хеставе гечдеш волу Дела,
Манис вайна деъначу зуькарца ценна.
46
Цо Дела вазваре сатесна некъахо
АллахIан гIопе вуьгу латийна серло.
47
Бакъ дуй иза, ДегIастан бахархой! Дийцал?
И варий Iасалла эккхийнарг вайгара?!
48
Цо йоьгIна цу стоьмийн бешахь шу дацара,
Ирс оьцуш, оцу стоьмех бузийнарш кийра?
49
Элчанан цIархо волчу, вайн шайхан даг чохь
Вай синош луьттуш йолу беш кхиий Дала;
50
Iабдул - Къедар Гиланин хьал цуьнга кхачош,
ТIерикъатан дакъа ло холкъалахь даржо.
51
Юьхьанца цо мурдашна шовкъан хьал туху,
Нияташ нисдарца декъала йо чаккхе.
52
Вайн устаз шен заманна веъна халкъ нисдан,
Эвлаяийн силсилехь бух болуш бийца.
53
Дала Шен къайлеш гайтина и хилла
Шех тешнарг декъал ван шена бакъо елла.
54
Шеко яц, иза Далан лаамца лелла
ЦIена дин довзуьйтуш, Жаннате вай дига.
55
Шайх Мани вазви Дала, собар луш ломан,
Лаккхара кхетам луш, сийлалла шен яржжал.
56
ГIовсаллин карамташ делла цунна Дала,
Кхетаман серло луш Шен нуьрах схьаяьлла.
57
Дала Мани кхобура, Iамош ког баккха,
Беркате Шен ниIматех кхачийна дакъа.
58
Ирс карийна, декъал ву устазан некъах,
Ца хедаш, пайда барца, чекхваьлларг шера.
59
Устазашна Iуналла делларг ву Дела:
Устазехула йоьлху вайн Iамалш стигла.
60
Делаца мурдан юкъ лелош бу устазаш,
Берийн юкъ доьзалехь, нанас деца санна.
61
Наналла доккха ду, ламанел лекха.
Цо мурдаш бузабо, лой шовкъан асар.
62
Вахочу маларна мурд воккху цо юьстах,
Iесачу бIарлагIехь хервеш и къайлах.
63
Лахьти чунисбича хуур ду массарна,
Мел доккха зен дина, хIорамо ша-шена.
64
Хьекъале берш кхеттал, вай байташца дийци,–
БIаьрзечо дуьненах шен эхарат хийци.
65
Дикане гIерташ верг вочунах дIакъаьста,
Нисбала гIертачарна ду къасто вирдаш.
66
АллахIера салават Элчанна хилда,
Къурайшин, Хьашаман тайпанах ваьллачу,
67
Генарчу Ясрибера Ровзатан хIусмехь
Дуьненахь, эхартахь умматан да волчу.
И жайна зорбане даккха Iаьрбийн маттахь гIо дина Асадов Мухьмад – Хьусайна. ДIаяздина (зорбанехь – авт. Х. З.) 1327 шарахь 10 – гIачу рабиIул – авваль баттахь Казаниша эвлара Хьасана. Делан динан бехкамаш тIехь вайн оьздангаллин мехаллаш нохчийн къомалахь ларъеш, халкъан синкхача дийна латтийна вешан къонахийн – эвлаяийн цIераш, церан хьуьнарш, хьехамаш дахаран къилба дина, бертахь даха хьуьнар, хьекъал, собар лойла вайна Дала. ХIара болх язбеш, вовшахтухуш пайдаэцна «ДегIастанан шовданаш» цIе йолчу ШахIабан жайнин йозанех.
Свидетельство о публикации №225081700952