Шина хи йуккъехь - 1

      «Бакъдерг дийцича  нахах волу, харцдерг дийцича  Делах волу». (халкъан кица)

«Iаьхча барзо боь, ца Iаьхча 1уьно боь» - бохучу халкъан кицанан хьолехь дара вайн къам кху тIаьххьарчу кхойтта шарахь (1991-2004шш.) Вайн махкахула чекхбаьллачу шина тIамо вайн бахамашна дина зенаш бIаьргашна гуш лаьтташ ду тахана. Уьш-м заманца адамийн куьйгаша ваьшта далор ду. Амма вайн догIмашна, синошна хилла чевнаш: чуьра, мича бигна ца хууш, байна нах, заьIапа биснарш, массо гергарчех хьаьдда цхьалха баьхнарш, хIора кханено хIун дохьу ца хууш йа йуьртана го лоцуш, мича баха беза теша кертара кегийрхой бохуш, син бIаьрзалло дегнашна, коьртешна йа чутийсина цамгарийн хьуьнаш, маца йоьрзур йу те?, Йоьрзур йуй те уьш? Шовзткъа шарал сов хан кхаьчначу нохчийн адамийн чкъуран могашаллаш шина тIамо хьаьшна дIайаьккхина. ТIеман шерашкахь, шайн доьзалин гIайгIина шаьш хIун дан деза ца хууш, доьзалшца тIом боцче дIабаха таронаш йоцуш, оцу кеманийн, йаккхийчу тоьпийн, автоматийн Iалашонашна кIеллахь, муьлххачу хенахь Iожаллин кхерамна кIел Далла тIе болх биллина Iийра дукхах долу къам. Шайн синошна болу кхерам бацара баккхийчийн чкъуран догIмаш, дегнаш тхьуз долийнарг, къаьсттина шолгIачу тIеман заманахь. Шайн доьзалш кхерамна кIелхьара бовлийта, уьш салташна гучура баха, мостагIий хIун дича кех бевр бара те кIенташна, йоьIаршна тIе ца кхийдаш бохуш, цу гIайгIано хьестаболуьйтура вайн дай, наной федералийн муьлххачу харцонна. Ткъа уьш шортта йара. Цундела доьзалхо фильтраце, луьттучу метте (тхан эвлахь-м уьш совхозан складашкахь йа бежнийн ферманашкахь дIахьора). Ца вигийта, цара цIе тоьхна ахча, деши, чуьра хIума йа мичара а лохий къаьркъа лора. Амма и «зачисткаш» тхан йуьртахь шолгIачу тIеман деа шарахь шовзткъазачул сов хилира. ХIора баттахь бохург санна го лоцура Цоци-Эвлана. Бакъду, йуьртахойн барт бан хьекъал, ницкъ ца кхечира цу йуьрта гулбелла зуламхой арабаха. Оцу зуламхойх даьлла ун тхан йуьртарчу кегийрхойх кхеттера. Оцу уьно хьекъалх талхийначу наха кхоьллинера шайн «эмирийн Iедал». Цара кхайкхо долийра керла дин. Нохчийн гIиллакх –
оьздангалла, мотт, тIерикъатан динан некъаш йемал беш. Цара зуькарийн тхьамданаш, хIайт-аьлла мурдаш буса чулелхаш, бойуш дIасабоьлхуш. Цундела, цхьаццанха герзашца кхиссарш йой, тIом бечуха федералаш карзахбохура цара, тIерикъатан некъахь болу бусалба нах (уьш мунепикъаш лоруш) оршотан, йеарин, пIерисканан буьйсанашкахь бойуш дIабахара. Нохчийн къомана дуьхьал бара оцу иблисан тобанийн берриге тIом. ХIунда аьлча, дерриге къам йа накъшбандийн, йа къадарийн тIерикъатийн воIда йолуш, Далла Iамал-1ибадат деш долун дера. Ткъа вайн къам шайн дагахь, иймане далош болчу ваххIабиташа устазаш, эвлийааш къобал бар, цаьрга кхайкхар, вирд даккхар, кешнашкахь веллачунна заIам, йеса дешар, зуькарш дар,– ширк, бидIа дар лорура. Нохчийн мотт бицбан беза бохура цара, йалсаманехь буьйцун берг Iаьрбийн мотт хилча. Вайн къоман духар, гIиллакх-оьздангалла Йуххерчу Малхбален бусалба пачхьалкхийчех тардан дезар чIагIдора. Шаьш даржочу керлачу динан низамна хамталла йеш вер,г вен кхайкхош «фатва», закон чIагIдинера церан тхьамданаша, эмираша. Оцу керлачу «низаман» чIагIамаша бакъо луш йара тIерикъатан некъах, нохчоллех къаста ца туьгурш, 
мунепикъаш лоруш,– тало, байа, лечкъа беш царах мах баккха хьал – таро йолчу верасашкара. Iаьхча Iуьно буьйш, ца Iаьхча берзалоша дойуш, хьал хIоьттира тхан эвлахь. И хьал тхуна хIоттаран бахьана дара йуьртара шовзткъа сов тайпанийн векалийн цхьабарт цахилар, шайлахь тхьамда хаьржина, оцу Делан динан мостагIий йуьртара цалахкар, дуьхьала тIом бина. Бакъдолчунна бакъду ала деза, Цоци-Юьртах ваххIабистийн бен хилла баьллера. Царна дуьхьало йан герз оьшура, ткъа и герз, цкъа-делахь, дукхахболчийн дацара, щолгIа-делахь, иза хилча, тIекхочехь дита вехьар волуш вацара цхьа да: иза гучудалахь федералаша тIепаза войура.Тамашийна тIом бара ваххIабхоша, федералаша вовшашца беш бу моттийтург. Федералийн посташкахула буьйлуш йуьрта богIура ваххIабиташ, хIора оршотан, йеарийн, пIерасканан буьйсанашкахь, тхан йуьртахой бойура цара, йуьрта чохь йуьртан советан гIишло чуьра федералаш йа посташкара (эвла йистошкара) салтий, йуьртахь дуьйлучу герзийн татанаш шайна хезашехь, меттах ца бовлуш. Чулелхаш болу ваххIабиташ масканашца, оьрсийн мотт буьйцуш хуьлура. Цундела йуьртахь лелара эладитанийн хабараш. Цхьаболчара чулелхарш оьрсий бу олура, вукхара–вахх1абиташ, ткъа кхечара – шинхьарнаш ийна лелаш бу бохура. Цкъа чубаьржича к1иране бовлуш, федералаша х1ора баттахь дийнахь, бусий
талораш дуора. Уьш чубогг1учу хенахь,
вахх1абиташ йуьртара арабовлура, ткъа федералаш йуьртах бовларций йуха чубог1ура. Т1аккха федералаш бицбеш йуьртахой бале лоцура цара: нах идош ахчанаш дохуш, бойуш. Уггар хьалха цара байа болийра йуьрдай, зуькарехь хьалхе лелош болу нах, йукъараллехь х1айт-аьлла хийза йуьртахой а.  Цара вийра Ахматов БухIари, Дикаев Турко, Хусиев Iимран, Даудов Лема–(сельсоветан белхахо), Мохьмад – йуьртден зам., Тасуханов Султан – (дIавигна вайна). Зуькарш деш, нах дIабухкуш лелаш болу нах тхо долчохь бойура: Бакаев Хьасан, Гартин Батар, Алиев Леча, цуьнан кIант Китай, Бугхаджиев Хьамзат, кхин а мел бара уьш? Оцу шерашкахь герггарчу хьесапца ши бIе сов вийна, бIе сов дIавигна вайна тхан йуьртара федералийн, ваххIабитийн бехкана. Уьш цхьа гуьнахь доцу, цхьанне зене боцу нах бу хIаллакхилла.. Хьан тедийр ду церан цIерачийн синош, хьан хьостур ду дегнаш, муха хIоттор теша хилларг йухаметта? И вай лакхахь хьехийнарг йукъара къамел дара, хIинца вай бIаьргашна гинарг, лергашна хезнарг, вешан цIоканна тIехь лайнарш дуьйцур ду. Синтем бацара дийнахь, ткъа буса-м къаьсттина; шайна йожа хIума йолчу х1усаме жоьлкаш лелхара; керла дин даржош берш, шаьш хIун леладо хууш, шайна резабоцчеран чулелхара – уьш, уьш байа. Федералийн спецслужбийн тобанаш йара миска нах идош. Массара шаьш чулилхича буьйцург оьрсийн мотт бара, лелош масканаш йара, герзах воьттина вара массо. Зударшна, берашна хьалхха, цара белхаршца деш дехарш долуш, хIусам да воьй, оцу керта тезет хIоттадой, шек боцуш, кех бовлура и адамийн суьртахь долу экханаш, далахь чуьра ахча, дашо хIумнаш дIалахьош. Тамашена логика йолуш бу вайн нах. Иштта вон керта деана болчу доьзална, ала хIума карадора цхьаболчу йуьртахошна: «Гулкх доцчохь цхьа бага йиттина хир йу, шега цадогург дуьйцуш, цундела ма хилла царна и бохам». Зулам керта дохьуш баьхкинчарна наьIалт кхайкхош, уьш харц бечу меттана, маьрша шайн цIахь Iачарна тIетоту цара бехк. Иштта ойланехь болу нах, зуламхойн коган кIело хила кечбелла нах бу. Уьш вайна йукъахь мел бу, харцо вайна тIехь лаьттар йу, шен эвхьаза буохь бугIуш.


Рецензии