Шина хи йуккъехь 2
«Россин Конституцица догIуш долу низам дендан, иза лардар тхан къомана йукъахь даржо (шаьш йоьIбIаьрг санна иза лардеш), герзашца дуьхьало йеш йолу тобанаш совцо йа дохкойовлийта, йа къар ца лахь, хIаллакйан Iалашонца йеш хила ца йеза аша зачисткаш», – бохуш, федералийн эпсарш, инарлаш маслаIате бало гIертара го лаьцначу йуьртан векалш царна дуьхьал боьлхий. Ткъа вукхара шайн спискаш тIехь дIаяйазбина «зуламхой» шайна схьало, хIоккхул – оццул герз охьадилла, шайн йуьртахоша йийсарехь латтош болу оьрсийн салтий марша баха олий, бехкам (ультиматум) тIекховдабора. Уьш йуьртахошка кхочуш далур долуш хIумнаш дацара. Амма царех цхьадерш кхочуш дича «зачистка» ца йеш Iара цхьаболу федералаш го лаьцначу йуьртана. Ишттачех цхьана дийнахь йуьртдеца, Дикаев Туркоца, федералийн 36-чу бригадин хьаькамо, шена тIебаьхкинчу йуьртахошна бакъо йеллера, керташкахула лелачу шен салттийн тобанех цхьацца йуьртахойн векалаш тоха, шаьш харцонаш лелайо йа ца йо хьовсуш тешаллийна д1ах1итта. Эскаро йуьртана го лоцуш-м сихха хаара. ХIетте йуьртахойн хилла барт бара орца доккхуш. Газ чухула лелачу биргIанашна тIе хIума тухий, йуьрте само йойтуш. Оцу гIовгIано йурт гулйора Йуьртан Советана хьалха. Цигахь кхел йора дан дезачун. Ишттачу гулдаларехь хаьржира зачисткаш йечу федералийн тобанех тоха йуьртара векалш, - царна йукъа нисвелира оцу дийнахь со а. ХIинца-м хаьа суна, иза сонта хIума хиллий: тхо ткъе цхьаъ стаг цара доь доцуш хIаллак вича, деха жоп дацара цаьрга. Дала Iалаш дир-кха тхо. Суна кхаьчначу тобанна хьалха ваьлла майор (ву бохура иза). Цунна тIехь салтийн хечий, ботенкаш, майка, мокхачу басахь (модаш ца къастийта хир дара иза) коьртахь тиллина йовлакх, сирлла боьмаша басахь. Цхьаболчеран йаххьаш тIехь Iаьржачу кIаденан туьтмIаьжгаш йара Амма со шайна йукъатоьхча, цо туьтмIаьжгаш дIайахийтира салтташка. Шина БТР-на тIехь малхбузехьара Цоци-Эвлан некъан лахе тала дуьйлира тхо. Ткъайахха салттийчо лелочунна тIаьхьакхуьур бацара хIусамернаш, со, – тхан хIораннан итт-итта бIаьрг хилча. ХIусамехь берш кехаташна чекххьоьжуш совцийна бу цхьаммо, важа берш дакъа мел ду, гIишлош чухула массо хIума кегош бу: пхьегIаш, чамданаш, делахь тIорказ, мотт-гIайба. Тховх хьалатоьхна йа чутоьхна аннаш схьадаха деза олу, оцу бухах дIалачкъийна герз хила тарло. Божлна чохь йа йина чекхйалаза гIишло чохь латта охкуьйту хIусамдега, шайна луъ-луъче аьчган сара Iуьттуш. Кехаташ тIехь: прописка гIалахь йа кхечу Россин регионехь хилча, хьо кхузахь хIун деш ву, гражданин России аьлла отметка хIунда яц хьан, военкоматан билгало хIунда ца тохийтина ахь бохуш, хьийзабора кертарниш. Ур-атталла чуьра йийбар ца йуьттура хьо бехказа вуьтуш: - хIора мехалчу йийбарх (телевизор, видеомагнитафон) кертара машенан, серло йоккху маторан – кхин йолчу туькнара х1уманан, эцаран чекийн бист кхаччалц кехаташ гайта бохуш, хьийзабора нах. Кехаташ доцуш йолу хIума федералийн дIайахьа йиш йара йа цунах такхар дан дезара, царна там болчу агIор. ХIусамда шайна кховдочуьнца кIадвелла вацахь, мел мехала, цIена хIума дезар дечура йоккхура тIе герз тухуш, йа цхьамза – уьрсаца кIеда мебель йалахь цоьстуш – герз лоьхуш ма бара уьш – итт шо хьалха чутоьхначу аннаш кIеллахь, кIедачу мебель чохь а. ХIусамда шен доьзална хьалха сийсаза вора, пайдабоцчу ваккхара, цунна шена шеца стогаллех хIума доций хаийтар тIедоккхура цара. Тхо оцу урамах чекхдовлушшехь садан дуьйлира. Раци чухула хаам беара тхоьца волчу майоре, шен тобанца бригаде схьакхача аьлла. Оцу дийнахь нахана тIе куьйгаш ца кхийдош, багахь балуш болу цатемаш беш, ахчанца шайга йаккхалург йоккхуш, лаьцна дIавигна стаг воцуш чекхйелира соьца хилла федералийн тоба. Амма сан, йуьртахойн дог-м иэтIийра цара, шаьш шайн цIахь ца лардеш долу кехаташ нахе схьагайта бохуш. Оцу харцонех лаьцна юха федералийн базе дIадоьлхуш сайн командирца тасаделла къамел дуьйцур ду ас шуна кхин дIа.
Свидетельство о публикации №225081800591