Шина хи йуккъехь 3
ХIуьттаренаш хIунда лелайо аша, шал-шера хаьа шуна, аша йоха йеш, кегочу меттигашкахь цхьа герз хуьлийла йоций? – шайга аьлча, соьга лере таьIна командиро элира: - «Нахала даккха ца боху хьуна ас, вайшиъ ваьшша хиларна олу, тхуна лиъча-м герз, (патарма йа граната, йа салтичун духарх хIума, кхин йолу бехкен хIума) тхуна хIора чохь карор йу. И бахьана тхоьга тхаьшка даккхало. ДIо хьалха хьовсуш боьлхучарах цхьаммо охьакхуссу герзах йа наркотикех хIума, ткъа тIаьхьа богIучарна карайо. Иза тоьаш ду кертарниг дIавига бахьанина».
–Ткъа иза харцо йац? Законашна бIостанехьа хIумнаш дац? Шух нийсо, низам а чIагIдан дахкийтина ду? – шега аьлча, - «Нийсо тхаьшлахь ца хIотталуш ду тхо, ткъа низам лакхахь болчарна лиънарг ду – паччахьан Iедалан шен низам хила шен заманахь, коммунистийн шайн, хIинца баьхкинчу демократийн а шайн бу низамах кхетам. Архаш Кремль чохь йу, накъост хьехархо! Тхан багахь йерш гаьллаш йу, куьйгалло архаш озийначу агIор йаха йеза говраш?» ша дуьйцучун шеко цахиларан аьшнехь, бетаца уьшар йеш, жоп ло командиро. Йуха ас шега дош алале: «Тхан ма йу план шух дIабига безачийн, таIзаре озо безачийн, бехказа бита безачийн а. ХIара-м тIом бай! ТIоьхула тIе са йоккху тIом! Иза ша башха къамел ду. И къамел вайшинан йуха гойла хилахь йуха дер вайшимма, ХIинца хIокху совцийначу нехан хIун галл ду хьаьвсина, шеко йерш фильтраце хьовсо беза, цигахь ма-дарра къастор ду нийсаниг, низамца галдаьлларг а». Йуьртара пхи-йалх стаг ву цхьаццанхьара гулвина. Сайгара кхарна гIо-накъосталла хиларе сатесна олу ас: «ХIорш цхьана кепара вон, зулмечу хIуманна гуьнахь нах-м бац, кхара совцийна схьабалийнарш, хIорш стенна бехке бо-те?»
«ХIорш шайн гражданаллин декхарш дицдинарш бу – паспорташ тIехь оьшуш йолу штампаш тоьхна йина билгалонаш йац, пропискин военкоматан, гражданаллин, ур-атталла шайн хIусамнаношца йан йезачу регистрации цхьана. ДIо хьийкъина дегI долчун хIусамехь пхи патармин чкъуьйригаш карийна, оцу вехачун кертахь – тIемалойн форма, хIокхуьнан – цхьа гали селитра», – бохуш дагардора бахьанаш командиро.
«ТIамо дохийначу маьршачу дахаран хьолехь Iедалан структураша бан беза болх галбаларан тIаьхьалонаш йу-кх уьш, маьршачу нехан хIун бехк бу, урхаллин органийн болх сецна хиларна и аша йуьйцуш йолу ледарлонаш йовларх?» – хотту ас.
«Уьш фильтрехь къаьстар ду, хьехархо! Цигахь йуьйцур хьан йуьртахоша шайн бехказлонаш: патармийн чкъоьргех, тIемалойн духарх, селитрах», - Iоттарца велакъежа командир. – «ЛадогIахьа, командир, патармийн чкъоьргаш аша ког мел баьккхинчохь, шун туп мел лаьттинчохь Iана йина лаьтташ йу, тIемалойн духарш массанхьа духкуш ду, ткъа селитра латта тодеш молха хиларна, помидораш лелочу керташкахь Советски заманахь дуьйна лелийна йу Нохчийчохь, йерриге Россехь санна. И нах ма бигийтахьа фильтраце. Цигахь, цаьрга хеттарш ца деш, царна тIехь къизаллаш лелош, уьш хьийзор буй ца хууш вац-кх хьо», - дехар до аса. «ХIинца тхо шолгIачу тIамна шу хьеста далийна дац, хьехархо. ХIинца шу Iадо далийна ду тхо, шуна тхайн ницкъ, оьгIазалла йуй хаийта далийна ду. Хьалхарчу тIамехь шу хьоьстуш, эсала берта дало гIиртира тхо. Шаьш кхоа мел ди, шуна Росси гIорасиз хийтира, шун махкахь дерг бен тхан нефть дац моьттира танканашна, кеманашна, машенашна чудотта. Вай дерриге Россин къаьмнаш цхьа доьзал хилла дехаш Iарна, тхан эскархойн кхетамехь шу Россин гражданаш дара. Ткъа аша Россица дозуш цхьа хьаса ца буьтуш, шаьш тхоьх дIакъаьста бохуш, кхин долчу къаьмнашна, (уьш-м цхьа бIе сов ма – дай Росси чохь, кхечу пачхьалкхашкахь йоцу шайн-шайн автономеш йолуш), сонта масалла дара гайтинар Россин пачхьалкх йохорехь.
Шайн сонталлех шу–шаьш кхетар дацара теша аьлла, оха шун махкара эскарш дозанал ара дехира. Шу дуьненна шайн толам кхайкхош, Россин Iедал, эскар маьттаза доккхуш, толаман шатIлакхе девлира, шаьш дуьне бусалба дине дерзор ду бохуш, кураллех уьйш кIоргйелира шун сонталла. Оцу сонталлин асарехь аша вовшашца Iедал кхъевсира, талораш дар марсадаьккхира, маслаIатан мотт ца буьйцуш, герзийн маттаца вовшийн къардан хIиттира. Аша кхоьллина боху «маьрша пачхьалкхах» сабанан чопанан лоппаг хилира. Хасав-Юртахь хилла машаран барт, Масхадовн, Лебедан куьйгаша чIагIбина болу, бохийра шун Басаевс, шена дуьненан массо маь11ера гулйиначу ваххабитийн гIеранашца Дагестан чуваьржина. Шун паччахь Масхадов йа Парламент, аша хоржу бохуш коьрте хIиттош къахьегна болу, ца баьхьира оцу зуламхочун декъахой шаьш доций хаийта дуьненна гергахь. Муххале, Россин эскаро Басаевн талорхой ДагIестан чуьра йуханехьа Нохчийчу лаьхкича, Масхадовс Басаев Ичкери ларйаран Министр хIоттийра. Оцу тIаьхьарчу Масхадовн гIулчо ша, шен къам дуьненан терроризман декъашхошца бертахь хилар чIагIдира. Россин эскар шолгIачу тIамца Нохчийчу дар йемал дан агIо ца йисира дуьненан йукъараллина, ОБСЕ-на, ООН-на. Цундела тхо кхузахь ду, хьехархо. Шуна адамийн маттахь шаьш кхето гIертарг гIорасиз хета. Аша ницкъ лору. Аша лоруш болу ницкъ оха шуна гайта бисинарг цхьа некъ бу – къизалла тхайгахь йуй хаийтар, тхайн низам кIел ваха ца луучунна. Тахана шун сонталла бахьана долуш тхоьгара йуьйлуш йолу къизалла аша лан йезар йу, Россин низам кIел шу совца дезар ду. Ца совцахь хIаллакхилар бен кхин некъ бац шуна дахарехь. Дала собар лойла шун къомана кху къизачу муьрах чекхдовла. Тхо лакхарчийн омранна кIел нах ду, дейтта шера тIера кхузткъанна тIе кхаччалц долу нохчийн чкъор, жимма бахьана дерг фильтрех чекхдала дезаш ду. ХIара документашна тIехь ледарлонаш йевлларш-м хьуна тамана дIабохуьйтур бу ас, амма важа берш дIабига безар бу, хьехархо. Тхуна йукъахь бу хьуна адамалла дерш доцурш, тIамо дерригена гечдойтур ду бохурш а», - олий, кхо-виъ сан йуьртахо цIа вохуьйту цо, шайн кехаташ тIехь йан оьшу билгалонаш камендатурехь йайта олий. Аса баркалла олу тIемалойн хьаькамна. Оцу хенахь кхечу кертахь тIехь чIургаш йоцчу машенан маторана йоккхачу калибран пулемет тIейассош гIовгIа йолу. Оцу машенан кехаташ цхьа ши кIира хьалхарчу «зачистке» баьхкинчу федералаша дIадехьна боху хIусамдас. «Чкъургаш, аккумулятор тIейилличхьана террористашна дIахехка кийча тIеман гIирс бу хIара, цундела аса матор отуш бу кхуьнан», боху пулемет йассош волчо. Командиро бакъво иза. Хи кхоьхьу машен йу цу кертахь, цуьнан матор тIера номеран цхьа цифар йухатоьхна карайо. Иза дIайига кех йоккху. ХIусамдас, ша далош долу бахьанаш тергал ца дича, командире ахча делча йуьтур йарий ахьа машен кех ца йоккхуш, аьлла хилла. Ша йуьстах ваьккхина хIусамда ша кхоъца кIадвеш, эца гIерташ хилар гучудоккху суна командиро. ТIаккха олу цо: «Тхуна йукхахь ахчанах, тIелхигех, дешех бохкалуш берш хир бу. Цхьаболчарна тIом, цхьаболчарна «вина нана» хуьлу тIамах олуш кица ду оьрсийн. Цундела кху тIамех сане базар хилла цхьаболчарна. Ахча далар нийса дацахь а, шайга доьхучарна лой Iад мукъане Iе ахча. Аша ца доьххушехь ахча кхийдош хилча, сан-м ахчанца хIара дIавига йиш йу, шен машенца, хIара со эца гIерташ вара аьлла, сайн хьекамна тIе. Тахана, шун махкахь цхьа Iедал хIотталц Россина муьтIахь долуш, шун цхьана кепара бакъо йац – иза тхоьгахь йу, шуьгара галаташ мел дуьйлу-м муххале.
Шу Россин Конституцин низам кIел йухадахккалц армино кховдийначу низам кIел садетта дезаш ду. ХIетталц оха динарг чекхдер дуй хууш, «хил тийна а, бецал лоха а» охьатаьIна хила деза шу, шайна дийна диса лаахь. ХIинца хIара машен дIайуьгур йу, ткъа хIара пекъар хьийзавойтур вац аса, хIокхунна со шега эцалур ву моьттинехь а. Хьехархо, шу тхоьца лелар эрна ду. Шуна тхан агIонгахьара гина харцонаш аша йалхийча, уьш тидаме оьцур йолуш цхьа хьаькам вац тахана Россехь. Шун цIе йожна дуьненна гергахь, аша коьрте хIиттийна «имамаш» бахьанехь, церан политически бIаьрзалла бахьанехь а. Уьш тахана кхечу пачхьалкхийн банкашкахь шаьш гулдинчу долларшна тIаьхьа дIабахна шайн доьзалшца. Шу кху къизачу тIамо охьуш ду. Мясокомбинатехь хьалха-йевллачу бежлоша, шайн Iожаллина «бага» дуьгучу уьстагIашна, дийриг ди шун къомана Ичкерин Iедало. Къамма-м бехке дац, амма ша тешначу тхьамданийн гIалатийн таIзар лан цуьнан дезар ду. Хьехархо, хьо дуьненан политически кхъетам нахехь чул сов болуш хила везарна, хьо нийса сайх кхетар ву аьлла хеташ, дуьйцу хьуна аса тахана мел дийцинарг. Ткъа хьо, хьо санна болу шун интеллигенташ оцунах кхеташ дацахь, шун кхетам Iаламат тIехьа бисина дахарна. Иза иштта делахь, шуна атта хир дац дуьненан цивилизацех дIаиэ. ХIинца вайна малх дIабуза герга бахана. Кхана хьайн дог дагIахь схьавогIур-кх хьо, тхан балхе хьажа. Могаш, зен-зулам доьзалехь доцуш, чекхволийла хьо кху тIеман муьрах, хьехархо. Хьан дешархой хир бу-кх герз карахь тхуна дуьхьала тIом беш? – хаттаре соьга хьоьжуш, дIасакъастаран куьг кховдадо цо. – Баркалла къинхетамца аьллачу дешнашна. Хаза дош сагIа ду, олу нохчаша. Хьо кхачавойла зен доцуш хьайн доьзалан баьрчче. Сан дешархой дера хир бу шуна дуьхьал тийсалуш бекхамна арабевлла, боккъалла мехкан маршо йаккхалург хиларх тешна, кхийдочу ахчанах Iехабелла, талоршка марзбаларна дакъаза бевлла, шун спецслужбашна йа арахьарчу службийн талорхошна бохкабелла, йа гIовгIанна тIаьхьа хIиттина цIарна йукъаиэбелла. Амма уьш сан, со санначийн хьехамаша ца озийна оцу тIама йуккъе. ХIунда аьлча жимма дуьненан, Россин истори йевзаш волчу дешначу адмана хууш ду, Росси мел йоккха, нуьцкъала, йаккхийчу пачхьалкхашца (Японица, Иранца, Турцица, Францица, Германица, Швецица, Польшица, кхин мел йу уьш) биначу тIемашкахь толамаш бахале хьалха татаро-монголийн азат кIелхьара шен гIоранца кога йахана нуьцкъала пачхьалкх йуй. Цундела тIамца, герзаца Россих дозуш доцуш Нохчийчоь марша йолийла доций ца хаъал сонта хьехарш дина дац цхьана хьехархочо. Амма бакъду тхайн мехкан маьIданех, бахаман сурсатех тхайн дахаран дезарш дан-м лиъна тхуна Москвагара бакъо хиларе ца хьоьжуш. Ткъа Москвас тхуна и экономически, Советан Iедал долуш морально-этически маршо ца йуьтура, шен политически куьйгаллина кIел мел ду. Цундела оха тхайн Советан заманахь хаьржинчу Д. Г. Завгаевн парламентехула суверинитет кхайкхийра. Москвано иза къобал йира, амма тхан маршонан боламна коьрте шен инарла Дудаев Джохар хIоттавайтира шайн спецслужбийн гIоналлица. Цо, «чIичI» - аьлла, мел верг шен гонах гулвина, гIуллакх тIаме даьккхира.
Иштта тIом креминальни, хьоькхнаш шайна тIехь йолчу генералитетна, куьйгалле деанчу Ельцинан Б.Н. Iедлална, Советан Iедал духуш пачхьалкхан даьхни прихватизировать динчу бизнесменашна оьшуш бара. Цундела и тIом Прибалтикехула, Азербайджан, Арменехула, Юккъхерчу Азин республикашкахула, Грузехула цхьаммо шена тIелаьцна бах ца беш шайн махкахь, Нохчийчохь т1елоцуш сацийра. Нохчийн къоман бехкенна ца сецира и тIом кху чохь, Россин тIеман партина лаарна, цуьнан Iаьржа гIуллакхаш списане (къайладахаре) дерзош. Россин гражданийн кIиделла, телхина дахаран хьал, нохчаша болийначу тIомах доьзна ду ала, долийна дара хIара мостагIаллин дов шун генералитето тхуна тIехь, Ельцин берта валийна, командир». Нохчийн мискачу къомана оьшуш IалагIожа йацара хIара. Иза жимма хан йаьлча гучу дер ду, амма вай хуьлий хаац-кх цу хенахь. Нохчашна цкъан-цкъа ца эшна нехан латта. Адам дацор хIун ду ца хиъна тхуна шун, оьрсийн пачхьалкх йовззалц. Шу довззалц мах хIоттийна кхобуш Iедал ца эшна тхуна, цундела тхо даржашка ца гIиртина. Тхайн гIиллакх-оьздингаллин низамца, адаман ларам лакхарчу тIегIан тIехь болуш, цуьнан сий, маршо йоIбIаьрг санна лардеш, дала цадезарг цхьаьнгара даьжча, цуьнан цуьнан цIийнан, тайпанан цIе йужу таIазар деш, даьхна тхан къам. Къомо ца бахара Дудаевга, цуьнан гоне Россица тIаме довлуш маршо лаха,– иза хIаллакхиларе некъ буй хаарна. Амма халкъе хоьттуш хIумма дацара. Шайггара гIазот кхайкхийна, адам йохье дакха хIиттира Ичкерин куьйгалхой, шайн доьзалш кхечу пачхьалкхашкахь дIа нисбина, шайна кхерам хIоьттинчу дийнахь дIабаха меттигаш кечйбна.
Вончу Iадатех цхьаъ ду тхуна йукъахь дисина – иза зуламхой, малх – аккхъара, йуьхьадуьхьал тешалла деш, Iедале дIа цабалар, шен цIийнан йа тайпанан наха сацош ца хилча йа церан аьллалера уьш бевлла хилча. Оцу Iадато зуламхой дебош хилла тхуна дуккха зенаш. Аса тIаьххьара бийцина зуламхой, дукха хьолахь, шун спецслужбийн белхалой хуьлура. Тхо-м кхеташ, сема ду хьуна, командир. Амма тхох дагаволуш цхьа вац йа ичкерийцех, йа федералех а. ХIинца цкъа шинхьарнаш нохчех катухуш, тхан мохк талош къовсабелла йоьду зама. Малх дIабузале со цIа кхача ца хьажахь шун накъостийн аьрхачу дIаьндарго лаца там бу со», – аса олуш, дIасакъаьстира тхо.
ШолгIачу дийнахь малх схьакхетале массо урам дIалаьцнера федералаша. Цхьа дIаса ца волуьйтура. Кхин суна хаа йуьртахон векалшца «зачистке» ара ца бевлира федералаш. Кхин суна сайца дагара дуьйцуш Iийна командир ца вайра цул тIаьхьа. Ткъа «зачисткаша» йуьртара дIабигначу нахах наггахь верг бен маьрша цIавоьрзуш-м вацара. «Везан Дела хIара Iазап-бала маццалц лаьттар болуш бу теша кху махкахь?» – оцу хаттаро дог огуш дIаоьхур-кх зама.
Свидетельство о публикации №225081800592