Шина хи йуккъехь 4

Вайн керташкахь

Шовзткъа сов «зачитска» йеш керта богIуш болу федералаш цхьана амалехь ца хуьлура. Цхьаберш-м паспорташка хьовсий, чохь тесна палас йа куз белахь, бех ца бан, дIакарчабе олий, чухула тIехула бIаьрг тухий, бехк цабиллар доьхий, адамаллех ца бухуш дIабоьлхура, шайна оьшург йоьхий (йуучух йа тIеййухучух). Кхечара бепиг йа хи чу йоьхкинчу хIуманца банка йоьхура, йа чай малийтахьара шайга олура. Ткъа цхьаберш кетIахь дуьйна йечу маьттаза йаппаршца: - ДIахIитта боьршанаш пенаца куьйгаш ирхдахийте, пенехьа йаххьаш йерзош! Зударий уьйтIа йуккъехь дIахIитта! – бохуш, тIечехара. Дуьхьала дош даладахь автоматан бух тохара букъа йуккъе йа тIехьа мийра латабора. Амма доьзална хьалхха сел цIармата ца ваккхийта, царна доьхьал вист ца хуьлуш-м ца Iалора. Со-м кхузткъа шарал хьалаваьлла хиларна делахь, аса дечу къамело оьгIазлонах бохабахь, хIума ца тухуш витара цара, аса шайга: «Маьттазчу баганой, эвхьаза, дастамечу маттой сий ойуш дац шуна, кегий нах, Россин эскаран тIемалойн. Шайна луучу меттехь кху кертахь таллам бе, хьовса хьовса, тхан таро йолу хьошалла, накъосталла деха. Амма шайн карахь герз дара алий, шаьш мискачу нахана тIехь лелийначу къизаллина, харцонна шайга жоп деха Iедал дац алий, тхуна тIехь харцонаш ма лелайе. Вай дерриге ваьш кхоьллина, кху дуьненчу даьхначу Суьдхочунна – Далла дуьхьал хIитта дезаш ду. Цуьнан суьдах довлийла йац вайн. Цунна дерриге гуш ма ду!» – олура аса иштта челакха керта богIучаьрга. Низам дендан баьхкинчара шаьш низам дохош товш дац! – аьлча, мелла болора уьш. Цкъа го лаьцна баьхкича, масазлагIа зачистка йара хаац суна, тхан стунвешин йоI нисйеллера тхоьгахь буьйса йоккхуш йисина. Оцу буса дуьйна гонехь болчу салташа садаьржаш дIалаьцнера йуьртан урамаш. Iуьйран ламаз дина, сайн дас-нанас буьйса муха йаьккхина хьаьжна, со цIа ван кхиале (тхан урамехь цхьаъ белахь а, масех цIа дара суний, сан дений-нанний йукъахь) со Iачу хIусаме кхаьчна хиллера салтийн тоба. Тхан урамехь сецна лаьттачу БТР-тIехь болчу салташа со сацийра, кехаташ хоьттуш. Со сайн керта воьдуш хилар шайна хаийтича цара чекхволуьйтий, цIа кхочу со. Вайн чуьра жимах йолу йоI, сан стунвешин йоI кех йолуш дуьхьал кхета суна. Цаьршимма хоуьйту шаьшшиъ сан стунвешин йоьIан метрически тоьшалла (дуьненчу йаларан тешалла) схьадан йоьдуш хилар. Аша шиммо лелочух гIуллакх хир дац, шуьшиъ новкъаран цхьана агIор дIайига тарло, салташа сийсочу оцу бехачу новкъахь, олий, и шиъ йуха йерзош, со керта вогIу. Кертахь йоьлхуш хьийзаш вайн хIусамнана йу, гIалахь прописка хиларна воккхах волу кIант, военкоматехь призывник хиларан отметка йац аьлла жимах волу кIант фильтраце дIавига билгалвина Iаш карий суна сайн кертарниш. ЦIе йожа кIегаш тIе бохург санна, хIара дерриг цхьаьна муха нислур ду, кертара кхо адам кхеран буйнара даккха дезар бохуш, сайн дагахь Деле, эвлийаашка орца доьхуш, баккхийчаьрца де дика деш, къамеле волу со. Йуха кхеран командире олу ас: - ХIун ду гал дерг? Со хьехархо ву, законехь доцу хIуманаш йа айса, йа сайн доьзале леладайтина вац, йа леладойтур долуш вац, ткъа галдерг нисдан вайна вовшашца мотт каро беза. Командиро схьагойту ша схьадаьхна паспорташ тIехь долу кхачамбацарш. Аса дIагойту воккхах волу кIант, цуьнан доьзал соьца Iаш хиларан тоьшаллин сельсоветера справка. Оцу справкано берта валаво иза, цо схьакховдадо соьга шина кIентан паспорташ, ткъа стунвешин йоьIан митарка хьаха ца йо.
«Жимах волчу кIентан паспорт тIе «призывник» алий штамп тохийталахь, «папаша» - олий, сан бельша тIе куьг туху, дIасаволуш посташкахь сацор ву хьуна иза и штамп ца хилахь, - олий, - тхоьга жимма хIума кхоллуьйтур йарий аша», - тIетуху командиро. Сихха стол хIоттийна зударша шун хIоттийра федералшна. Уьш хIума йиъна бовллушехь вайн керта оьккху лулахочун зуда. Цо хоуьйту шайн керта баьхкинчара фильтре вига кех ваьккхина хилар шен воккхах волу кIант, пхьаьрса тIехь мо хиларна.
Цунна лаьа тхан кертахь болчийн командирехула аьлла шайгарчийн командире шен кIант фильтре дIа ца вуьгуш цIахь вита алийта. Луларчу зудчун дехарх йуьстах воккхий аса кхетаво тхайгарчу салтийн тобанан хьалхаваьлларг. Ши командир вовшех дагаволу. Суна тIевогIий шайн хилла барт хоуьйту тхан кертарчийн тхьамдано. Цо олу: «Тхаьш дIабуьгуш болу нах фильтре дIакхачош лерана арайаьккхина машен йу тхан «автозак» олуш. И машен схьакхайкхина Iаш ву ша боху цо. ХIинца иза схьакхачале цхьа литр къаьркъа карадахь ша цIахь вуьту боху цо шун кIант, ца карадахь дIавуьгу»,–иштта шайн хилла барт гучубоккху цо. Къаьркъа леладар вайна йукъахь хьарам делахь, цара бохург дан дезаш дара, ахча къаьркъанан метта царнна цамагара.
Цхьадика, шелделлачу берана йа воккхачунна компресс йан эшахь, йа иштта эшна ца торуш хьал хилахь аьлла, шен дIадиллина ахлитр спирт долуш верг карийра тхуна. Оцунах бахьана хилла лулахойн кIант цIахь висира. Амма цул тIаьхьа и муо бахьанехь йуха дIаса ца ийзавайта махках ваккха вийзира. Аса сайн берийн кехаташна тIехь йан йеза билгалонаш йайтира. Оцу зачисткехь тхан йуьртара дIабигначехь пхийтта кегийрхо тIепаза вайна, таханлерчу дийне кхаччалц мичахь ву, хIун хилла ца хууш вайна ву. Йиттина кийрахь талхийначийн, аьрташа эрчабаьхначийн хьесап дина вер вац. Тамашена къиза, харцо тоьлла, нийсо лаха меттиг боцуш зама йара вай лайнарг: федералийн йа ваххабитийн карах белларш дIабухкура, лазийнарш верасашна тIеоьгура дарбанаш лело, Iалаш бан, къона чкъор дадийна лело дезара салтийн бIаьрг ца кхетехь йа махкал арахьа! Дела воцург къахетарг вацара нохчийн къоман, Нохчийчоьна. Керта баьхкинчу салтий доьзалшна тIе ца кхийдичхьана, цара хIусамера хIуъу дIайахьарх мегачу хьоле ваьллера массо. Ахча, деши хIумнаш, бIаьрг тIехь сецна бедар, теле-радио аппаратура, мотоцикл, машен дIайуьгуш меттигаш нисйелла федералаша, амма иза зен ца лоруш садеттара вайнаха адмашна тIе уьш ца кхийдичхьана. Вайн кертахь-м царна йахьа хIумма ца хуьлура. Цкъа, бакъдерг аьлча, пхьегIаш чуьра жимах йолчу йоьIан дайна мухIар, иза бер долчу хенахь лерга оьхкина хилла хIумнаш йаьхьнера, цкъа пальтон чухларчу киснара ши бIе туьма карадахара царна. Ткъа, цкъа баьхкича итт шо хьалха дуьйна йоьхна, тIехьара мост заклинить дина (чкъургаш ца хьевзаш къовлайелла) лаьтташ йолчу моторолеран (кхин техника-м вайн кертахь йан йацара) коча вахара цхьа Iаьржа, лоха волуш, гаттий бIаьргаш болу салти. Цуьнан кехаташ гайта бохура цо. Ткъе итт шо хьалха, йуьртахь долчу кега-мерса гIуллакхашна мегар йу-кх аьлла, цхьа кехат ца хоьттуш эцначу кхаа чкъурга тIехь йолчу «Муравей» моторолеран кехаташ дац шега аьлча, дIайуьгур йу ша аьлла, тохавелира и салти. Цунна моьтуш хиллера ас шена иза дIа ца йигийта ахча кховдор ду. Аса дIайига аьлча мотороллер теттина, мацах машен йолчу хенахь и чухоттош хиллачу гараж чуьра, «Муравей» арайаккха гIоьртира иза. Чкъургаш ца керчича, скорость тIехь йу моьттина, рычаг дIасайетташ къахьоьгуш воллура иза. Ша лелочух гIуллакх хир доций хиъча, шен накъосташка тоттуш гIо дийхира цо. Кхаа-веа сальтичо гIо деш, хьаьвзаш тIаьхьара чкъургаш йоцуш, такхийна уьйтIа йаьккхира цара ченой, гезган машанаша тIе хIур биллина «Муравей». Хьацар кIур хилла текхийра цара иза уьйтIахь. Эххара хIиттинчу накъосташа: «Да оставь ты эту рухлядь. Разве что на свалку ее выбросить!?» - бехк боккху цара шайн накъосте. Амма важа къарвала дагахь вацара. Кхин шен дан хIума ца хилча, вахана БТР тIехь волчу механикера итт номер догIа, сетал (отвертка) деана, мотороллер тIера, тракторан «пускач» тIехь хуьлучех долу, магнит схьадаьккхира. Иза эцна кехвелира иза. Иштта кIезиг, мерцхалгаш нислора доккхачу Россин эскаран тIемалошна йукъахь. ТIаме бахчхьана лаьцначура арабаьхна, кIезиг хан йиснарш контракташца берта балийна, шортта алапа луш командировке бахкийтина, дера, акха амалш мел йерш чубаьржинера-кх миска Нохчийчоь чIанайоккхуш Iадо. Иза цара кхочуш дора шолгIачу тIамехь де, буьйса ца лоруш. Цундела гIайгIа йара буьйса тIейар – ца хаара вайна хьанах, мичхьара лардала деза. ШолгIа тIом болабелчхьана цхьана буса тIера тIехула йухуш йолу бедар дIайаьккхина, йа тховса керта вон догIур дац-кх аьлла, дог тийна, вижина вац кертахь доьзал болу стаг тхан йуьртахь. Изза хьал хилла хир дуй хаьа-кха суна, Теркал сехьарчу йарташкахь а. Буса меттахдолура шина агIорхьара зулам: БТРийн, танкийн маторийн гIовгIанаш хьан хIусамна герга мел йогIу дог лазадоккхура, дегI гIорош тхьуздулура, деккъа лерса хуьлий, гуллора хьо, хьо волчура меттаххьан ца хIуттуш, моьттур дара, хьан меттахвалар тIеман техникина тIехь болчарна хаалур дара; цхьайолчу буьйсанашкахь чехка хоьхкучу машенийн чкъургийн шакарш йа буьйсанан тийналлехь девллачу герзийн татанаш  дIаоьра Iадийначу белхаран маьхьаршца, зударша доьхучу орцанах. Оцу кертахь адам дийний, цу кертахь кхана тезет хIотта дезий йа дIабигначарех кадам бан безий хаара хьуна. Оцу хенахь хьо хIумма йоцу хIума хетара хьуна йа доьналла, йа боьршалла, йа адмалла доцуш. Хьайн сегахьа йаьлла кIилло хетара хьуна хьо. Амма орцане хьаьдда водахь, хьо вейтар бен, хьайгара царна гIо хирг  цахиларна къера вара. Оцу къералли тIехь, хьайн са лардан бехказло хуьлура хьуна. Оцу хенахь дайна «ас», «со» тахана вовшашна йукъахь вай кхерамаш туьйсуш баха долийча, йуьхьIаьржа хIуьтту со: - Ма сиха денйелла-кх вайн хIоранан йоьжна цIе. Ма сиха дицделла-кх вайна, ваьш «ас», «со» доьжна, вовшашна дан накъосталла доцуш лелла шераш, - бохуш, ойланехь. Цхьа накъосталла диснера вайн вовшашна дан, дийначара белларш, байинарш, мел эрча даьлла дакъа хиларх, дIабохкар. ВаххIабитийн карах балар хилла б1е сов дакъа дIадоьллина тхан эвлахь, ткъа федералийн карах бIе ткъа стаг докъаза вайна, бIе сов вен вийна. ТIамо зен даза, иза чухула чекхбалаза дукха хIусам ца йисина, массо керташкарчу нанойн, йижарийн, жоьра бисинчу зударийн бIаьрхиш лешаш лаьттар ду кхин иттаннаш шерашкахь. Иэсо ца дуьту вай керта деанчу вонах дицдина дIакъаста. Иэс сих леташ лаьтта дийнахь, буса тем боцуш.


Рецензии