Шина хи йуккъехь - 5
Нохчийчохь шолгIа хIоьттинчу тIеман шолгIа гуьйренан шолгIа Эсаран бутт (октябрь) тIебеънера. Гуьйре хаза лаьтташ йара, аьхкенан йовхо ца эшош, байчу махо гезгамаша идош, хазачу жеройх ца къаьста куц-сибат санна, духар къагийна лаьттара Нохчийчоьнан Iалам. Йочанаш хьейаларна Хулло–хи-м лекънера. Йуьртахула догIуш чекхдовлуш Эвтарахь хьаладаьхначу хинан татолаш бен дацара охьадогIуш. Йуьртахь йаьхначу гIунаш чуьра молу хи лахделлера, йокъанна чIогIа хиларна. Оцу шарахь аьхка дуьйна, кога волавелча галл-гала вуьйлуш, корта хьевзий сих-сиха новкъахь охьалахлуш, коьрта пхенаш дукъделла, цIий лелар царна чухула ледар хиларна, бала хьоьгуш вара дезткъей пхоьалгIачу шаре ваьлла сан да. Коьртан пхенаш дукъдаларна, коьртан туьтан чохь давлениа лаьттара цунна. Лелош молханаш-м дара цунна, амма мерах цIий хьаьдча бен паргIат-м ца волура иза. Иштта цамгар йолчарна цIий мерах хьаьдда дIадаьлча, дика ду олура лоьраша. Коьртахь цIий доккхуш нах ма - хиллий вай-м хьалхалерчу заманахь дуьйна. Амма даккхийта реза ца хуьлура тхан да шен коьртах цIий. – «Сан дIавоьду хан йу, эша-ц суна лоьраш, пхьераш, молханаш, - олий, наггахь молханаш кхуьссий дIадохуьйтура цо, мала ца молуш.
Эсаран (октябрь) беттан пхоьалгIачу дийнахь малх кхетале Iуьйран ламаз дина, вирд даьккхина (Эвтарахь воIда йолуш ду тхо) кертахула бIаьрг тухуш волавелла, чувеана цхьа цастар бепиг кхаьллина нехчанций, мозций тIе чайнан къурд беш, «Делан дуьхьа, ма дегI дика дац-кха сан», - олуш, шена аьрру агIорчу аьчган маьнги тIе охьавуьжу иза. Оцу охьавижарций аьрру агIо, мотт соцу цуьнан. Тхан йуьртан больницехь коьрта лор волу Мовлди (тхан дейишин кIант) валаво воьжначу дена тIе. Цо коьртан пха хадар (инсульт) билгалдо, оьшуш долу молханаш леладо, пхенех, дилхах мехий дета, амма цхьа хийцам боцуш ши де-буьйса дIадолу. Лор волчу сан шичас, пхеа дийнахь–бусий дийна висахь, товаларе догдохийла йу олу. Iожаллица къовсадаларна тоьхна хан лору иза лоьраша оцу цамгаро дожийначу дегIана. Инсульт тхан цIийнан зуьратан хIух йоьлла, тIаьхьенашка цIийца дIалуш цамгар йолчух тера хета суна. ХIунда аьлча тхан денда, цхьа деваша, шиъ дешича, дейиша оцу цамгарах дIакхалхар хилла бу эхарта. Тхан деваша, денда леш-м со жима хилла, цундела уьш балар бах-бахарца бен сан иэсехь ца дисна. Кхиберш оцу цамгаро дIабигаран со теш ву, хIунда аьлча царна Йасийн доьшуш, со гонах хьийзина хиларна. Бакъду, уьш сан шичас (лоьро) ма-аллара, пхеа дийне ца бевлира ца леш, эгна меттахь бисинчул тIаьхьа, цхьа дешича йоцург. Иза берхIитталгIачу дийнахь кхелхира, цуьнан цхьа меже ца сецнера, цхьа мотт боцург. Шен йерриге къайленаш Дала адмана йаьстина цахиларан билгало йара тхан дешича ца леш берхIитталгIачу дийне йалар. Делан керахь бара воьжначу сан ден, цунна тIехьийзачу сан, сан уггар жимах волчу вешин (иза ден кертахь Iаш вара), сан шина кIентан, тхан ненан-йокхстеган а. Дан накъосталла йа гIоле йоцуш гонах-м хьийзара тхо. Ша дIакхеттачуьра кхин метта ца вогIуш, дууш хIума доцуш доьалгIачу дийне велира иза. Ма дукха гIийла ойланаш хьевзира сан коьрте: шо хьалха сайн дел жима деваша кхалхар, кху дIабоьдучу тIама юккъехула. Ваха-ван маьрша доцуш (иза Джалкхера Цоци-Эвларчу кешнашка кхачо везаш вара). КIеззагчу нахаца дIаволлар нисделира, некъахь массо блокпосташкахь тхох чекххьоьжуш вай «марша даха баьхкинарш». Тхан цIийнан пхеа вежарийн доьзалех висинарг сан да, цуьнан воккхах волчу вешин кIант бен кхин цхьа вацара. Да дIавалахь цIийнан воккхалла, жоьпалла тIедожара суна, цундела Деле хIора ламаз тIехь дечу доIанашкахь доьхура аса, агIо сецна, да дийна витар. Гуьйриг хилла висна са чохь оьшура суна иза. И волуш суна кхерамашна, гIайгIа-балийна дуьхьал боьттинчу пена тIехьа хетара со. Со кхузткъа шаре гIорттиншехьа, суна со къона, нуьцкъала хетара ден Iуналлина кIел. ХIинца и дерриге хаьрцина доьдуш дара, цхьа Дела воцчуьн сацо ницкъ боцуш. ПхоьалгIачу буса хьажар тидаме долуш, садеIар дайделла (цул хьалха хар-хир деш дара садаIар, сих-сиха бага дашийна киса хьоькхуш). Аьтто куьйган пIелг тховх хьала хьежош, цхьаъ тхоьга ала гIерташ санна уьшарш йеш хеталуш, хийцавелира иза. Да воьжначу пхоьалгIачу суьйранна тхан йуьрта чу, гонах эскар доьссира, кеманаша тIоьхула гонаш туьйсуш цIенойн пенаш, кораш дегош, хорша хьаьхча санна хьераваллал бала бара соьгахь. «Инна лиллахIи ва Инна илайхIи ражиIун фалхьукму лиллахIил Iаллийййул кабир» – бохуш, Деле собар доьхура аса. Оцу буса Йасийн, кхин долу КъорIанан аяташ дешна со воллушшехь, цкъа-шозза тховх кхозучу лампе хьаьжжинчохь, тхан ден бIаьргашна тIе марха йужуш санна хийтира суна, куьг Iоьттича когаш шелбелла карийра. Сан бIаьргех дуьйлу хин тIадамаш цуьнан шелделла далазчу дегIа тIеIенаш дара. Айса дечух дика кхеташ воцуш, дIанисдира ас сайн ден куьйгаш когаш, белабелла лаьттачу бIаьргашна тIететтира негIарш, дIачаьгIначохь лацадалийта пIелгашца саца деш. Юха, гатанца шед беш, дIайихкира чIениг, йелайелла бага дIачIогIуш. Цул тIаьхьа хаийтира тхайн нене, веше, берашка да дIаваьлла хилар. Моллийн, цуьнан накъостийн кара вахале оха лийчира тхайн ден дакъа. Оцу буссехь гонахарчу керташкахь хаийтира, амма йуьртахула цул дехьахула салташа ког ца боккхуьйтура. Оцу буьйсанал, тIедогIучу дийнал со холча хIоьттина мур сан дIадаханчу дахарехь йа йаккха йисинчу хенахь хир йу моьттуш вац со цкъа. ДIаса хьажо, хIара де, и де ала накъост вацара суна кертал арахьа хьовза. Деца кертахь волу ваша Оьрза-гIалахь (Червленнехь) прописка йолуш вара, воккхах волу чуьра кIант гIалахь Iаш ву аьлла йазвина вара, милицехь балхахь волу ваша цIахь вацара, шен доьзал бадийна Калмыке вахана, кхолагIа ваша Теркал дехьахь Iаш вара шен доьзалца, ткъа йижарий, (уьш кхоъ йу тхан) цхьаццанхьа марехь бара, шайн доьзалшна хIун дийр ду ца хууш, уьш бовдийна лелош. Оцу дийнахь сайна тIехь лайра аса адам дIадоллар мел хала, онда белхий безаш барам хилар, нах ца хилча, и барам шена бисча, адмаша вовшен мел пусарца лара дезаш хилар. Тахана накъосталлина суна милла мегар волуш хьал дара,– иза муьлххачу тайпана, вирдехь, къомах велахь (со-м цкъа ца хилла уьш къестош). Дакъа лийча дина, марчо хьарчош, докъа ламаз дина, иза лахьте дерзо кечамна молла везара. Амма цуьнга ала, кхайкха ваха маьрша дацара. Урамаш дIалецначу салташа ког дIа ца боккхуьйтура. Кешнашка каш даккха нах бигар хьеха ца дойтура. Тезета зуькаре нах кхайкхар-м хьеха дойла йацара. Ткъа велларг дIа ца воьллича ца валара. Да дIаволла некъ баккха йа вала, Далла тIе болх буьллуш нийат дина, тхайн кешкара йуьртарчу боккхачу новкъа велира со, «Ла хьовла вала» доьшуш. – Вухавала, герз тухур ду ша, бакъо йац урамашкахула лела. Саца, къано! – олу некъал дехьа лаьттачу салтичо, автоматан чаппагIа «гIарчI-гIирчI» аьлла, йулуш. «Эскархо, суна шун коьрта генарал оьшу. Сан да ву дIаволла везаш. Шун хьаькамна тIекхача везаш ву со. Ткъа ахь вехь, со ирс долуш хетар ву суна, тIеман балех волуш, сайн деца цхьана эхарта ваха некъ хIуттуш. Мичахь лаха веза аса шун генерал?» – хотту аса, цуьриг салтичо тIелаьцначу герзах уоза ца луш. Салтичо герз охьадохуьйтуш, олу: - Некъа йистехьа таьIаш, тIай долчухьа гIо. ТIайл дехьа некъаца йолчу школан хьалха хила мега хьуна ахьа лоьхург. Хьо бертаза тхуна тIехваьллий хаийта хьайга хаттахь.– Цхьана хенахь туьканаш чохь хиллачу гIишлошна тIехваьлла, биъ некъ къаьстачухула аьтто агIор маьждигехьа со дIавирзича, хьалавогIучу, хьалхара зуькар олуш, нах дIабухкучу тобанан тхьамдина, Бугхьажин Iабдин Хьамзатана, тIеIоттало со. Иза суна хьалха доьшуш кхиъна жимастаг вара, шен дегI дуьззина доьналла, ийман, нохчолла долуш. Хилларг цуьнга хаийта охьавирзина вара со. Хьамзата, аса арабаьккхина некъ шена бовзийтича, соьга кадам бина, ша вогIу хьоьца элира оцу генерала тIе.
Йуьртана го лаца болийначу суьйранна, йуьртан кхела йукъахь болчу цоцанхоша (царна йукъахь вара Хьамзат а) барт бина хиллера, йуьртдеца цхьана го лаьцначу федералийн куьйгаллица школана хьалха, тIайл дехьахь цхьаьнакхетта, вовшашца дагадовла. Тхойша кхин башха дуьхьало йоцуш, кехаташ хаттар бен, дIакхечира воьдучу. ТIайл дехьахь Хулло–хица асфалт некъана лакххьа, лаххьа агIонашкахь, бердаца лаьтташ шиъ БТР йара, некъана лаххьа агIор, ГучиговгIеран мойка, кафе, аптека чохь лаьттина йохийначу гIишлонна хьалха лаьтташ инарлин УАЗ йара. Хьамзат, со маршалла хоттуш тIевахара инарлина. Хьамзат вевзина, куьг лоцуш, цуьнца тIекаре велира инарла. Иза Советан Iедал дохале Шелахь танкаш гулйинчу частехь гIуллакх деш хиллера.
- Хьамзат, ахьа шайн эвлахь тIемалой-бандиташ бац бохуш чIагIонаш йора, ткъа уьш шун йуьрта чуьра, эвлан арахьара тхоьга маьттаза хIумнаш дуьйцуш, тхуна шайн кийрара дерриге дIовш багахула, эфир мел йу, тIеIеттош ма бу. Цунна хIун эр ду ахь? Хеттаршца тIевирзира иза, оха шега цхьа дош алале. «Уьш цхьа бератIорзаш хир йу хьуна, - цхьа цIе-м йуьккхира Хьамзата инарлин, - ахчанах, рацех, машенах Iехайелла лелаш, корта болу тIемалой йуьртана, цунна гонах хьийзар бац, эскаро го лаьцначунна-м мухле. Ткъа шаьш ца дендолчу хIуманца эрна багош йетташ болу зуламхой гучубохуш, тхо шуна накъосталла дан схьагуллуш ду-кх», - олий, Хьамзата аса беана сингаттам дIахьахабо инарле. Вайна йукъахь Iийна, вайн гIиллакхаш довзарна хир дара иза, инарлас кадам беш элира: - Адам далар, делча дIадерзо дезар дахаран киртигаш йу. Тезетан барам, велларг дIаверзош, аша мел экам лелабо, хаьа суна. ХIинца соьгара хIун оьшу хьуна, аьлла, тIевогIавелира иза суна. – Суна кешнашка боьду некъ (хIара вай тIехь лаьттарг бу иза) маьрша хила безар бу, каш даккха нах бига, дакъа лахьте дерзо шовзткъа – шовзткъе итт стаг тIехь автобус йига, чурт схьадан маьждиге боьдучу некъахула дIасаваха маршо йеза. Оцу хенахь кху тIайн йуххехь схьагулло йуьртан кхелан декъашхой болу къаной, йуьртда а. Йуьртден карахь-м цу хенахь «туьха доьхку дацара», вайн къомо ма-аллара. И ша ларлуш, лечкъаш лелаш зама йара иза. Ма тов ца хилча, ма торру, аьлла дайша. Ишттачу хьолехь хилира сан ден дIаволлар а. Делахь оццу дийнахь шен гуттаренна йолчу хIусаме дIаверзар-м нисделира цуьнан. Оцу дийнахь суна тезетан белхех баьхкинарш тхан йуккъера гуной бара дукхах берш. Дела реза хуьлда царна. Со дийна мел ву, ас лерам бийр болуш нах бу уьш. Ураман некъашкахула дIасадохуьйтуш доццушехьа, бошмашкахула лелачарна тIе герз тохарна кхерам салташкахьара шайна боллушехь, уьш нехан керташкахулий, бошмашкахулий суна орцах баьхкинера цу дийнахь. Иштта хIума бусалба болуш, доьналла долчаьрга бен далур долуш дацара. Минкаилов Iусмана, Эдильханов Рамзана лийча веш, кеч вира сан да. Эдильханов ГIеза-Хьаьжас, Бугхаджиев Хьамзата хьалхара олуш, зуькар деш маха бира гулбеллачара. Иризиев Мус, Ахмадов Iалви коьртехь волуш лулара кегийрхоша каш даьккхира. Йуьртахь дIайоьдуш «зачистка» йолуш, цхьана автобус «Пазик» тIехь оьшу гIирс, нах буьгуш (коша гонах деша, бIе зукар дан а), «Жигулина» тIехьа тесна прицепа тIехь барам сацош 5-6 стаг вуьгуш, чекхдаьккхира кешнашкахь дерг. Оцу дийнахь санна накъостий эшна де кхин догIур дац суна. Дала цхьанне ма гайтийла иштта холчахIоттар. Кешнашка нах бигар, чурт схьадар, автобус йалор, кадамна нахана дуьхьал хIиттар – дерриге сайна диснера суна, хIунда аьлча сан йуьхь гича бен цхьа дIаса ца волуьйтура салташа. Ткъа со хIоранна (салташна) къежаш, несалла лело дезаш вара, сайн тезетан барам чекхбаккхархьама. Тхан да дIавоьллина кхоолгIачу дийнахь йуьртан го дIахоьцуш, дIабахара салтий, амма уьш арабовларций чубаьржира иблисан бIо а. Федералаша оцу «зачискехь» йуьртара дуккха нах йетташ хьийзийра, ткъа берхIитта жимха дIавигира, царах бархI тIепаза вайира. Йиттина мадбинарш маьI-маь11ехь охьакхийсинчу иттаннах шиъ велира, вуьш цхьацца дегIан заьIпаллийн сакхташца кху къизчу дуьненахь, хьегIаш, гIийла бIаьрг бетта бисира мостагIчунна бекхамна дог Iийжаш. Дика ду-кх Дала вайн мостагIашна чIир оьцуш, бекхам бийр болуш. Оцу дегайовхоно синтем луш, Дала дуьненахь йисна хан йаккха собар, доьналла лойла Нохчийчоьнан массо заьIапхочунна, кIант вийначу, массо къоман наношна. ТIамо кхолийна стигал йекхайойла къинхетаман ницкъ болчу цу Дала. Кхин цкъа ма гойла вайн махкана, къомана тIамца, цамгарийн уьнца, Iаламан буьрсаллашца боьссина бала. Дала маьрша дахар латтуьйтуьйла кху махкахь абден абдаллалц. Амин
Свидетельство о публикации №225081800602