Iай кхетта малх

(С-Хь. Кацаев кхоллараллех эссен  IV-гIа дакъа
«Син могашаллин дарба – делар».)

1. Дуьне мел ду лекъар доцу хьоста.

Муьлххачу къоман доьналла, син маршо, дахаре болу къармазаллин безам гойтуш лела оцу къоман забар, бегаш, хьовзоран дош, омонимийн маьIна, вовшен хьовзоран Iиттарш. Нохчийн холкъалахь къаьсттина чIагIделла лела и хIумнаш. Мел хала, къиза, чолхе, кхераме мур шен дахарехь тIехIоттарх – нохчийн къомо ца хердина шена, цунах къаьсташ дIатесна, син могашаллин дарба хилла лела беламе хIумнаш. Забарой, бегашой кхуллуш йолу беламе мIаьргонаша ир-кара хIитторой, дахаран болар сацон Дела воцчуьнан ницкъ цахиларх тешорой, латтийна вайн къам, синмогашалла ца гIеллуш, дийна. Оцу къоман синмехаллех гIортор йина кхоьллина Кацаев Сайд-Хьасана шен «Молла Эсартах лаьцна дийцарш» цIе йолу книга.
Муьлххачу забарех, бегашех, анекдотех, бехкбаккхарех, Iоттарех ийна ду бакъдолчун дакъа. И бакъдерг вайх хьакхалуш хуьлу, хIораммо воьлуш иза шена тIера дIатоьттуш хилахь а. Оцу беламечу забарша башха лазаме доцуш гучудоху вайн сакхташ, анташ, оьздангаллин кхачамбацарш: сонталла, энжедалла сутаралла, бIаьрмецигалла, текхалла, тешхалла, куралла, кIиллолла, цIерхазмалла, йуьхьдагалла, писалла и. дI. кх.
И вай йагарйина синзаьIпаллин амалш йолу адмаш нислуш ду вайн махкахь, массо йарташкахь, кIотаршкахь, гIаланашкахь а. Иштта нах-м цIерашца бийца бевзаш хир бу шайна йукъахь бахархошна. Амма уьш книгин агIонаш тIехь цIарца буьйцийла йац. Ткъа бийцахь йаздечо шена кечдеш дов, цабезам, Iотта-баккхам бу. Ткъа и оьздангаллехь галбевллачу нехан сакхташ халкъо забаршца, бегашца кхоьллинчу турпалхойн гучуйохуш хилча, вайх цхьа  бехке ца хуьлуш, массеран самукъа долуш, шеца кхачамбацарш долчунна восе валар ца хуьлуш, шен цIе йохуш ца хиларна, нисвала аьтто болуш хуьлу дуьйцург халкъан забарчин цIарах дитча.

2. Забар – могашаллин молха.

Дукхахьолахь къоман забарчас шена тIеберзо адамийн тидам – цо шен амалшкахь, шен леларехь, шен къамелехь дуьйлуьйту айпе, сакхте хIумнаш, ткъа вай ца кхета иза вайна ваьш гойтуш хиларх, шех вайн гIиллакхийн куьзга дина. Забаршна, самукънечу хабаршна говза нах вай махкахь тахана нисло массо йуьртахь, ширачу заманахьлера Чора санна. Амма царна шаьш даьхна забаре, бегаше, беламе дийцарш шайн цIарах даржа ца лаьа нахалахь. И беламе хIумнаш дукхахьолахь хьакхало лула-куларчу нахах, церан доьзалийн йукъаметтигех йа вайца йиша-вешийлахь болчу нахах, забарчийна гонаха болчарах, церан заьIапалла Iора йоккхуш. Цундела и анекдоташ, забарш йохучарна мелла маьрша ду шайн произведенийн турпалхой махкахь, йуьртахь йа дуьненахь забарчийн цIе йаханчу нахах дIадузуш дIахIоттор.
Вайн махкахь цIе йаханарг Чора хилла, тхан йуьртахь – Батура, дуьненна вевза Молла Эсарт. Кацаевс вайн нохчийн къоман йаккхаре йерзийна и цIе. Несарт аьлча, Эсарт аьлча, къийсаме довллал башхалла йолуш хIума ца хета суна. И турпалхо вайн халкъан кхолларалле, Кацаевс ша ма-баххара, Гергарчу Малхбалера бусалба динца цхьаьна кхелхина веана вайн махка. Иза, шеко йоцуш, бакъдерг ду, хьаъа хIуъа дийцахь а.

3. Дуьненах ца къаьстинарг

Дала, бакъ дин кхайкхош ваийтина хилла волу сийлахь Элчи (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Мухьаммад-Пайхамар дIакхелхинчул тIаьхьа бусалба уммат хьайре ца хилийта, кхоьллина хилла Мола Эсарт бохург нохчашлахь къобаллонца даьржина хилла бохуш дуьйцу. Цундела Кацаевс нийса чIагIдо: «Молла Эсарт шен дахаран философи забаре йерзийна стаг ву, Сократ санна». Мухьаммад-Пайхамар (I.с.с.) дIаваьллачул тIаьхьа бусалба умматана йукъа ондда дов дужуш, Iаьрбийн халифат йекъайелла тоталитарни пачхьалкхашка, вовшашца тIемаш беш. Оцу заман чохь бекъабеллачу бусалба наха, тахана Делан дин лелорехь цхьа барт ца хуьлуш, схьадохьуш ду вовшашца долу дов. Ткъа Дала Элчанан (I.с.с.) уммат син могашаллех ца дохийта, Шеца тоба диначу нахана син дарба латто, тIейогIучу халачу замане адам хьайре ца дайта, цуьнан са меттахь (ийманехь) латтийта, иза (адам) дахаран харцонашна къар ца далийта, Молла Эсарт дуьненчу ваьккхина хилар историс чIагIдо. Цундела, бусалба халкъийн тешамна тIаьхьа хIоьттина, Кацаевс цхьацца жайнийн тешаллашна тIетийжаш хоуьйту, Молла Эсартана бен ца хилла бакъо, Делан нуьцкъо бен ца лоьлуьйтуш долу хIумнаш забаре даха. Цундела моллех, динах, дечу нийатех, доцца аьлча Дала могуьйтуш долуш йа могуьйтуш доцуш долу хIумнаш, амма дуьненчохь наха лелош долу даккхий къинош лето хIумнаш, йукъахь долу дийцарш нохчийн къомо Молла Эсартан цIарах даржадо шайлахь. Кацаевс «Дешхьалхенехь», «Муха кхоллало анекдоташ?», «А. Соловьевн повестах» статьяшкахь, билгалдахаршкахь дуьйцу. Молла Эсарт дуьненан йукъара фольклоран турпалхо хилла дIахIоттарх, бусалба, керста вастийн амалш, Iесалла цуьнгахь хиларх а. Цундела хуьлу Молла Эсарт Iеса, ийманан амалш иэйелла, керста, бусалба ийначу суьртахь дийцарийн чулацамехь. Цундела боху Кацаевс: «Молла Эсартах лаьцна дийцарийн гIу тайп-тайпанчу къаьмнийн бес-бесара шовданаша йуьзна хилар ду». Оццу бахьанина нисло хIокху книги тIехь вайн къоман оьздангаллина бIостанехьа гIиллакхаш гойтуш болу Мола Эсартан леламаш. Цу иэдаларех книга цIена хилча, цуьнан сийлаллин мах лакхабалар бен кхин зен хир дацара. Кацаевс хоуьйту Молла Эсартан вастехь шена ца товш долу гIиллакхаш: сонталла, урх йоцу сихалла, бIаьрмиска (нохчийн дош-м бIаьрмециг ду, ткъа Кацаевс и дош стенна хуьйцу, ца хаьа суна – ав.), сутаралла, писалла, текхалла (я тIекхалла), тешхалла.
Кацаевс Молла Эсартах лаьцна дийцарш цуьнан дахарца дозарца пхеа декъе декъар-м нийса дара. Амма шен книги тIехь цо уьш хIокху рогIаллица дIанисдинехь йуьхкIоме хир дара:
1. Молла Эсарта аьлла, цуьнца лелла долу, (чIагIонца уьш Молла Эсартан долахь хIума ду ала йиш йолу дийцарш – Х. З.);
2. Молла Эсартан цIарах къаьмнаша кхоьллина дийцарш;
3. Тайп-тайпанчу жайнашкахь кхолладеллачу дийцарийн варианташ;
4. Меттигерчу молланех, Iелам нахах лаьцна кхолладелла, Молла Эсартана тIейаздина дийцарш;
5. Вай замано Молла Эсартана тIекхийдош долу дийцарш.

4. Беламан пхьар

Кацаев Сайд-Хьасана къеггина схьадиллина хIокху книгин дийцаршкахь шена дезаделла Молла Эсартан васт. Инзаре дукха къахьегна тайп-тайпанчу литературан белхаш бешарца, царна къорггера таллам барца, ша оцу литературех эцна пайда цхьана къепе балош, шен Iалашонан татоле берзорца. Амма изза бен ца олуш вай Iийча, Кацаевн книгин мехалла, цо дешархочунна беш болу тIеIаткъаман пайда, цо синкхачех хьаьгначунна луш болчу дарбин ницкъ къастоза буьсу. Цундела лиъна суна Кацаев Сайд-Хьасанан «Молла Эсартах лаьцна дийцарш» оцу агIонгахьара толлуш чекхвала. Дала ларвойла со сайн таллам бакъдолчуьнан тоьлла, тIаьххьара дош ду моттарх. Амма Мола Эсартах лаьцна айса дешначух, хезначух жамI деш кхоллайелла ойланаш йовзийта-м лаьа суна. Уггаре хьалха ала лаьа суна, Молла Эсарт шен дахарехь Дала адамийн сакхте лерина амалш гучуйаха, уьш мелла адмашлахь лахйан, муьлххачу роле, васте волуш, и васташ, ала хIума доцуш, шен леларций, уьшаршций, понтанимиций, хьекъалан барам хийцарций – артисталла дIакхоьхьуш стаг ву, Дала шена деллачу похIмица, ша-башха карадирзина хийцаваларан куьцеш делла. Мола Эсарт дахаран хьоле (ситуацига) хьаьжжина, шена тIеIитталуш йолчу мIаьргонаша хуьйцу амалшкахь. Ца кхоьруш ала мегар ду, иза (Молла Эсарт) цхьана цунна шенна бен ца хуучу ницкъо лелош ву, нах дикачунна, гIиллакхечунна, оьздачунна, ийманехь долчунна Iаморан Iалашонца. Амма Дела реза воцу хIумнаш бакъдан цуьнан (Эсартан) цIарах дуьйцурш, лелош дерш, уьш йа кхечу динерчу наха (кериста наха), йа бусалбаллех боьхначу мунепикъ наха тIекхийсина ду, цунна Iесалла тIетаттархьама. Цундела къолий, йамартлой, тешнабехк, бIаьрмецигалла, сутаралла, текхалла Молла Эсартан востан амалш йац бусалба наха йа нохчаша цунна тIехь чIагIйан йиш йолуш.

5. Синкхача лоьхучунна.

ХIинца толлур вай Кацаев Сайд-Хьасанан Молла Эсартах долчу дийцаршлахь дешархочун сина тIеIаткъаман чам бовзуьйту агIонаш къастош дерш. Книга дIайолош долу дийцар «Хьенан ву?» цIе йолуш ду. Воккхачо жимачу (беран хенахь) Молла Эсарте дина хаттар ду иза. Хаттаран маьIна шалха доккхуш кхета тарлуш хиларо, аьтто бо Молла Эсартан хоьттучунна ца моьттучу агIор жоп далар: «Хьена велхьара кхаби чохь хир вара», - олуш. Кхузахь, цкъа-делахь, вайн Доларниг дожарехь долчу дешнийн чаккхенгара меран «нун» къамел дечу хенахь къастош олуш цахилар ду. Цундела «хенан ву» бохург, «Хьена ву» бохуш хеза. ШозлагIа-делахь, омонимийн маьIна Молла Эсарта беламан кепе дерзор ду. КхозлагIа, Молла Эсартана дерриге  шен вахаран гечешкахь, миччанхьа: доьзалехь, пхьоьханахь, хьошалхахь, маьждигехь, базарахь шен лелар, къамел, хьехам забаре, бегаше, беламе озо некъ карабо. Молла Эсартан болар, дIахIоттар, дош алале цо бага гIаттор тоьаш ду нахана, собар доцуш, беларехь Iана баха. Цунах олу дарбане, сингIайгIа-бала эккхош, дуьненан халонаш, дегаIийжамаш дIатоттуш, байбеш долу белар. Иза синбIаьрзаллина паргIато луш молха ду, Молла Эсарта цкъа шех ца къастош, комаьрша нахана дIадоькъуш, дуьне мел лаьтта довр доцуш. Омонимийн маьIна ловзорехь нисделла дийцарш ду: «Ирхъоллавалар», «Бага гIеттайар», «Гергара нах». Бусалба нахана дихкина ду ша-шен садаккха гIертар муьлххачу кепехь. Цундела Молла Эсарта беламе даьккхина гойту дийцарехь ша-шена хорам беш «ирхъоллаваларан» кепехь вала гIертар. Иза муш, шен логаха ца тосуш, гIодайуккъе тосий кхуозало. Ткъа тIехволучо шега логаха таса ма беза ирхъоллалучо муш аьлча, Молла Эсартан мохь болу: «Вайт, тIаккха со лийр ма ву».
«Бага гIеттайар» дийцарехь Молла Эсарта, нахе бист хила рагI ца кхочуьйтуш дукха луьйш волчунна хоуьйту, йайн Iоттарца, иза къордийначу наха наб йарна гIиттош йуйла багош. Цундела шега: - «Мола Эсарт, тховса бага ца гIаттий-кх ахь» (вист ца хили-кх хьо) аьлча, жоп ло: «Мелхо бага гIетточуьра сецца ма вац со-м тховса». Набарна бохучу маьIнехь вист хуьлу Эсарт.
«Гергара нах» бохучу дийцарехь дов даьллачу шимма «вир», «хьакхий» вовшашна бохуш бага йетташ хилла. И дешнаш маьIнин синонимаш ларало. Ткъа йаздар, алар тайп-тайпана делахь, оьздачу шина адамо вовшашна кхайкхон догIуш дешнаш дац. Цундела оцу шина адаман син сакхталле  диллина омонимийн лексикех лара мегар ду. Молла Эсарта ша баккъалла къу хилча, къола деш нахана гучу ваьлча, ша даггара йуьхьIаьржа хIуттург хилар гойту вайна «Котаман бун чохь» дийцарехь. И дийцар мел жима делахь, цо гойту Молла Эсартан холчахIоттарца дохковалар: «Ван-м вара, ма велир – кх», - ша олий, шега: «Хьо вац и?» – хIусамдас аьллачунна жоп луш.

6. Адамийн амалийн колейдоскоп

Схьахетарехь, Молла Эсарт даима массо адмаш зуьйш ву, шена тIера дуьйна, ледарлонашна, сакхташна тIера бу бац хьоьжуш. Цундела цо ша дага доуьйту шеца волчунна сонта хIума дар, ледара хIума тIекховдош, бегашийна доцуш. Ишттачех ду «Асарахь», «Чардакх тIехь», «Бохург дар», «Имам», «Пеш», «Стерчий», «Цхьа хIума нийса дац кху нехан», «ЦIазамаш», «Къонахчун дош», «Корта», «Молла Эсарт, сагIадоьхург а», «Дехкий молха», «Хьостам», «Ши туьман пхи сом» , «Пайда», «Ветчалгийн молха», «Яй», «Ма тамашийна нах ду шу». Доьшучунна и дийцарш доьшуш ган декхар ду Молла Эсарта бегашца адам зер шен нанна тIера дIадолор. Асарахь делкъенна йаан шаьшшинна новкъа йаьккхина хорбаз Молла  Эсарта говза марздо шен нанна, карахь дIа ца текхош, йиъна гай чохь йахьа. Кхузахь беламе дерг хIун ду? Дера ду Молла Эсартана ша цхьамма дIатекхо безаш болу мохь, ненаца бекъа хаар. Ткъа асарахь делкъе тIехIоьттича шайн гех куьг хьаькхна, IиндагIехь дIатевжичхьана долу и шиъ. Ша тIехьийзина зудабераш дуьйцуш, шена тIаьхьа йеана шен зуда чардакх тIехь дегабааме йаьккхина Молла Эсарта. Ткъа, кхунна хIуьттаре йеш, зудчо шена тIехьийзина кIентий бийца болийча, Эсарта чардакх тIера чутеттина охьа кхуссу зуда, цо дуьйцург лан ца лой. Цу дийцаро хоуьйту зудчо, стага шаьш доьзалехь цхьаьнакхетале шайн хилла деган безамаш бийцар цатаме дериг хилар, хIоранан дагчу эмгараллин хьу хьаьвзарг хилар. Иза сина хьекъал далар ду, доьзал болийначарна и саннарг, вовшешна йуккъе вас йаийта, ца долийтар. Зуда, цIийнан дукъ, майрачо гIулкхашна тIеIиттаре ца хьоьжуш, дIакхехьа хууш хила йезар гойту «Бохург дар» дийцарехь. Ша хьехаре, тIеIиттаре ца хьоьжуш, дан дезарг хIунда ца до бохуш, йетташ ву Молла Эсарт шен зудчунна. Зудчух летар-м нийса дац, ткъа вай заманан зударша-м суьде лур вара иштта майра. «Бохург дар» дийцарна кхетош комментарий (тафсир) деш ца хилча, дешархо цецвер ву: бохург деш йолчу зудчух летар-м лортIехь волчо лелон хIума ма дац, аьлла.
Нахана луъучу агIорхьа йерзорхьама чкъургаш тIехь йо эххар шайн пеш Молла Эсарта «Пеш» дийцарехь. ТIех вол-волучо, шимма цхьаъ ца олуш, наха бохург деш дакъа мел ду пеш йух-йуха йеш лела кIорда дина, Молла Эсарта чкъургаш тIе йаьккхина пеш, цаьрга иза шайна луъ-луъучу агIор дIасахьийзайайта. Молла Эсарта нах белош хьегначу къахьегаро гойту, нахе ладоьгIуш, цара бох-бохург деш лелахь, ахьа дечу гIуллакхан цкъа йист йериг цахилар. «Цазамаш» дийцарехь Молла Эсарт эладиттанчийн ролехь гойтуш ву ша. Ша бераш Iехорхьама йинчу забарх Молла Эсарт ша Iехалой дIахьоду нах уьдучу агIор: «Баккъалла доькъуш хила магара цигахь цIазамаш», - олий. Дийцаро тешалла до эладита наха къобал дина даьржича, эладита дIахецнарг ша Iехалуш хиларх цунах, шен пуьтийн йийсар ша хуьлуш. Оцу лакхарчу масалша гойту, Молла Эсарт адамийн сакхте гIилкхаш, амалш беламе йохуш, шена са-пайда ца лоьхуш, Дала шена делла артисталлин похIма дIакхоьхьуш стаг хилар. Ша хIора олучу дашехь, боккхучу когехь, дечу гIуллакхашкахь, набарх, самах велар ду цуьнца. Адамийн сакхташ Iора дахарна тIебоьгIна бу цуьнан кхетам, хьекъал, нисйина йу шен башха дахаран философи а. Цундела цунна хаьа муьлххачу хьолехь (ситуацехь) ша бехказа волуш, адам шех тешо, дог реза долуш, Iожалле дерза цхьана зовкхе, ловзарга шаьш доьлхуш санна. Оцу айаман мукъамехь Iеха беш, бекхам бо Молла Эсарта ша левинчу къуьйшна, газа йу бохуш, ша къар вина, базарахь шега газанан меха сту бохкийтарна. ХIора дийцар тIехь соцуш «махарчаш», тафсир, дича дика-м хир дара. ХIунда аьлча Мола Эсартах лаьцна дийцаршкахь волу турпалхо артист хилар дицдан ца деза цхьана минотана. И дицдинчу муьрехь тамашена хета, шена эшам беш долу, гуш лаьтташехь сонта, Iовдала хIумнаш, стенна леладо-те Молла Эсарта бохург дага догIу. «Хьостам» дийцарехь куж болу агIо куз дIатухучу пенехьа лаьцна етта Молла Эсарта жIов, кIантий, зудчой ша нисво йа ца нисво хьожуш. Царна ша нисван дага ца догIий хиъча, дуьхьала лаьттачу пена тIевоьду иза, куз оьций, дIатоха. «Кху пенах туху хьостам ца хилла хIара» - олий. ХIунда ца олу-те Молла Эсарта: «ХIара хьостам вукху агIор берзо безаш хилла вай? Цунна лаьа шен, шен кIентан, зудчун сонталлех вай дела доьлуш, буьззина пайда эцарца гIалатлонех вай лардан. Цундела цо адмаш йемал ца дан, ша, шен доьзал галбаьлла гойту, жимма тидаме верг нислур волун дела, Молла Эсартан кхачамбацарш гича. Иштта нах нисбаран, кхеторан дахаран некъ дIакхоьхьуш хета суна Молла Эсарта. «Къонахчун дош» дийцарехь йемал дийриг нийса долчунна бIостанехьа «шен дешан да хила веза» бохучух кхетар ду. Цундела Молла Эсарта шен шовзткъа шо ду боху, ша иза аьллачул тIаьхьа кхин итт шо даьлча. «Ой, ахь итт шо хьалха ма элира и» - шега аьлча, Мола Эсарта: «ТIаккха, къонахчун дош цхьаъ хила деза» - олу. Молла Эсарт кху дийцарехь харц лер бакъдан гIерташ вац. Схьагучу суьртехь къамелан декъашхошна йукъахь хилла хир бу бакъ болчохь, харц болчохь шайн дош тIехь дезарш йа догIучохь, ца догIучохь «дош лардо» шаьш бохурш. Ткъа дахарехь-м иштта нах шортта бу. Цундела, гуш лаьтташехь харц луьйш, дешан са, толам баккхарехь йоций хоуьйту Молла Эсарта къонахчалла, дош лардар а. Ишттачу дешан толаман харц философина дуьхьал ву Молла Эсарт шен дерриге дахарца. Ша санна «къонахчун дош» лардеш ма хилалаш, боху-кх вайга Молла Эсарта оцу дийцарехь. «Дехкий молха», «Ветчалгийн молха» дийцаршкахь Мола Эсарта шена тIелоцу, хуьлуш долу зен хIилланца нахаца декъа гIертачу нехан вастехь, ша гайта. Мола Эсарта схьагойту вайна, мекарчу нахана, вайна ца моьттучу барамехь, са йаккха хааран сурт. Iехабала, йухкург йорах хилча муххале, кийча, йуьххьера ойла йолу нахана, хабарна говза йохкархо хилчхьана, «аьттачу кхийра пхьегIех» дехкийн молха дина, дIадохка тарлуш хилар, пхьегIаш йоьхкинчул сов са хуьлуш. Писалла хьакхайеллачу нахана стеннах пайда эца хаар го вайна «Пайда» дийцарехь. Молла Эсарта бухкуш бу тиша, Iуьрг даьлла, йай. Мах хоьттучара йай Iуьрг даьлла гича, и йай стенна пайденна бу бохуш, хоьтту Молла Эсарте. Шен нанас-м цу йай чохь тIаргIа латтабора, боху Молла Эсарта.
«Ши туьман пхи сом» дийцарехь Молла Эсарта хоуьйту комаьршонан бохча, даима чуьра ахча схьаоьцуш хилча, цу чу йуха чутосуш хIума ца хилча, дассалой. Цул сов цо карладоккху вайнехан кица «Декхар дIадоьдуш доьлуш доьду, йуха доьрзуш доьлхуш догIу», бохург, бакъ хилар чIагI а деш.
Молла Эсарта шен артистан похIма дика, йоккхачу говзаллица схьадоьллу къуйн персонажех ша лелош йа нехан декхарш тIелеточийн ролехь волуш. Эхь дайна, маттана шера, шен къоланан декъа йайнарг оза хууш, къола деш волчу шена хьалха хIусамда йуьхьIаьржа веш, вохар хIун ду ца хууш верг хуьлий лела Молла Эсарт. Къуйн оьздангалла йайна амалш го вайна дийцаршкахь: «Шапталш», «Дика дара хьо схьавеана», «Кхаьлли дIайаьккхичхьана», «Молла Эсарт, къу а», «ЦIено дохкар», «Мачаш», «Хан – и мел йеза йу», «ХьошалгIахь», «Къематде», «ЙургIа», «ДIакхалхар», «Эвлайаъ», «Доцца алар», «Декхар», «Цхьа сом», «Йуучун чам», «Хеча», «ГIиллакхаш толуш ду», «Йа вир, Йа паччахь», «СовгIат доцуш», «Вуьззина къонах», «Даьхни», «Лерг кхаллар», «Са йаккхар», «Буса веана хьаша». Оцу дийцаршкахь Молла Эсарта къеггина къуьйн, декхарех ца кхоьручийн, аьшпаш боттарх шайн говзалла йина бехачийн, гуш лаьтташехь харц луьйчийн – эхь-бехк, гIиллакх-оьздангалла дайначийн васт схьадоьллу. Амма оцу барамехь эхь-бехк дайначу нахана бекхам боцуш цхьа хIума ца дуьтуш волу Молла Эсарт, шен баккъалла долчу адаман вастехь ву кхечу дийцаршкахь: «Делан къинхетам», «Молла Эсартан куй», «Iаса», «Хин-нана», «Кхин Iан йиш йац». Оцу дийцаршкахь Молла Эсарта бекхаман бол оьцу шена зенаш динчу къуй-нахера, харц хьукма деш болчу Iеламнахера. Къуй-м, бовллане шена тIаьхьара ца бевлча, эххаре шаьш-шайн сутаралло, писалло хIаллак хIуьлуьйту Молла Эсартан куьйгалло.
Молла Эсартан артисталлин таронийн доза дан дац. Оцу агIор пох1маллин таронаш Iаламат шуьйра йу Молла Эсартан Кацаевн книгин дийцаршкахь, къаьсттина энжаде, джаьхIила адмех лелаш. Вайн дахарехь тахана дукха ма нисло шайн корматалла, говзалла, Iилма тоьар доцчу йа данне доцчу гIуллакхийн гечешкий, даржашкий кхача гIерташ, кхаьчний нах. Церан вастара лела Молла Эсаорт книгин дийцаршкахь: «Адам дIаса хIунда доьду?», «Аьтту агIо», «Бецаш», «Мовлад», «Доцца алар», «Бутт», «Молла кхайкхар», «Рузба», «Сихвалар», «Хьехам», «ЦIов биллар», «Тхоьга кхочур йара», «Вазвалар», «Мимар», «Весет», «Шен меттана», «Iожалла Iиехайар». ДжаьхIил (бодане), энжаде нахера дуьйлуш долу ирча хIумнаш, оцу адмашкахь гулйелла амалш Молла Эсартан леламашкахь гуш чекхйовлу вайн бIаьргашна хьалхахула, нагахь санна вай Кацаевн книга йешахь. Цо лур бу вайна дарбане синкхача, лардийр ду сонта, беламе, эргIада, сакхте, цIармата, цIе йожочу, сий лахдечу амалех. Ша къаьстина ала догIу советски заманахь атеистически темина лерина хирг хиларх шеко йоцчу Кацаев книгин дийцарех лаьцна. Бусалба динах, дин лелочу нахах хьакхалуш, уьш жимма сийсаз хуьлучу агIор хьахийначу хIуманех боккха аьтту хилара атеизман теми тIехь кхиъна «кандидатийн», «докторийн» а. Ишттачу дийцарех лорур дара цу хенахь (тахана лоруш хила мега) хIара дийцарш Кацаевн книги тIера: «Шедаг», «Къуй», «ОьгIазвахар», «Маьждигехь», «Делан къинхетам», «Дуьненан барам», «Барма», «Йалсамане», «Делан цIа», «ШайтIанаш лехкар», «Дала мукъалахь», «Молла Эсартан эмкал», «Йуьрткъедан къайле», «Бусалба, керста а», «Эхартара стаг», «Кехатех ловзар», «Мола Эсартан комаьршалла», «Молла Эсарт, Iожалла а», «Весет», «Шен меттана», «Iожалла Iехор». Уьш санначу дийцаршна тIехь советски атеисташ шортта диссертацеш йазйеш Iилманчийн даржашка кхечира. Тахана идеологин хийцам ца хиллехьара Кацаевна дала там бара цу Iедало Iилманчин дарж. Амма вай дийцарийн чулацаман къоргене кхевдича, ойла йеш уьш теллича, гучу долу. Оцу дийцарша сийсаздеш дерг дин ца хилар йа баккъалла Делах тешаш болу нах цахилар а. Муьлххо цара сийсаз бо динан бехкамаш дуьненан даьхнех хуьйцуш, шайна са йолчу агIор хьийзо, хийца кечбелла йуьхьдагаллийца муьнепикъалла тIелаьцна, бусалба бу бохуш, моттаргIанаш лелош болу нах. Уьш тIехула куц хьарам болуш, дагахь Iеса, амма реIаш чIогIа лардеш берш бу. Дала лардойла вай царах жимма тарлучух. Книги тIехь «Iеса» хетачу дийцарша гучу доккху инзаре тамашена бакъдолу хIумнаш, вайн тидам тIехь соцуш доцуш долу. Схьаоьцур вай дийцар «Шедаг». Оцу дийцарехь вайна го Молла Эсартан шайтIанца хилла къамел. Молла Эсартана шал шера хаьа, шайтIано ша деш долчу хаттарна нийса, бакъахьа жоп шена лур доций. ХIетте цо хеттарш до шайтIане, ша цо луш долчу жоьпех тешар воццушехь. Амма Мола Эсартана хаьа шайтIано деллачу жоьпашна цхьадолу адмаш реза хир дуй, тешар дуй царах. И шайтIанах тешаш болу нах гучубаха волуш ву Молла Эсарт шайтIанца къамеле ваьлла. Молла Эсарта вайна хоуьйту шайтIанах, цо дуьйцучух тешнарш, Делан мостагIах тешаш буйла, ткъа уьш муьнепикъаш, атеисташ бен хуьлийла йоций. Йа бусалба динах, йа моллех, цо лучу сагIех лаьцна шайтIане диканиг алалойла йац. Цундела оцу дийцарехь долчу шайтIанан тешаллех справка йина, молланаш йемал бар – иза керисталла, мунепикъалла тIелацар хета суна. «ЧIагIо» дийцарехь, «ЧIагIо дика йу», - аьлла, шен йеллачу нанна буржал тоьхна Молла Эсарта, бохуш дуьйцу. Бусалба динехь докъаца лело дезаш парзаш, суннаташ ду. Амма уьш лело ца хууш, хиъча уьш лелор дош ца хеташ болчу нехан куьцехь гайтина Молла Эсарта ша. КъурIан доьшуш, докъаца буьйса такхар тIе ца лоцуш волу доьзалхо Iора воккху оцу дийцаро. Цул сов нана йелла аьлла нахалахь даржарна тухуш ду буржулш. ХIунда аьлча, хьанна хаьа, денйелла, йелларг цхьанхьа йолий а. ТIаккха ма-дарра гучу ма долу, доьзалхочо йелла нана йуххехь Iаш, буьйса ца ларйинийла, ткъа буржалша тешам болуш сацор йу иза.
Молла Эсарта вайна йукъахь лела тарлуш йа лелла хилла хIумнаш бен ца доху Iора. Цунна хаьа шен дена-нанна хьалха долу декхарш кхочуш ца деш доьзалхой буй. Молла Эсарта дийцарехь ша динарг вайга ма де боху; ненан сий йеллера алий, ма дайа боху. Ша динчуьнца вай агIорхьара шега цабезам кхоьллина, вай лардан гIерта иза воллех, йуьхьIаьжонах а.
Амма вай лакхахь хьахийначу дийцаршкахь бийцинчарех: «сагIина хIума ца луш болу молланаш», «йеллачу нанна буржалш тоххал бен» ненаца марзо ца хилла доьзалхой, вайна йукъахь белахь, уьш шайтIанан накъостий хиларан шеко-м йац. «Къуй» дийцарехь Молла Эсарт шен куй бадийначу къуьнна тIаьхьаваьлла ца лелаш, кешнийн керта иза ларван охьахуу: «Мичча вахча, кхуза ван ца деза цуьнан? ТIаккха схьабоккхур бу ас сайн куй», - аьлла. Кхетам болчу бусалбанашна Молла Эсарта дага доуьйту, вай дерриге дала дезаш хилар, кошан лаьхьтичу дерза дезар. Дела нехан хьокъана гечдеш цахилар, къуьно йаьккхинарг вон са хилар а. Молла Эсарт къу валлалц кешнашка хиъна Iаш вац, цига мацца дIагуллур ду бохург ду. Молла Эсарта ша иза кешнашкахь ларвийр ву бохург. Ткъа кхетамна аьрто болчу нахана беламе хета Молла Эсарт кешнашка вахар, иза ца теша моьтту Къематадийнах, барт хаттарх а. Амма Молла Эсарта «Къуй» дийцарехь лелориг Делан кхоьлах, Делан дашах тешар чIагIдеш ду.
«ОьгIазвахар» дийцарехь ледара, цатамехь хеталуш дерг – иза, маьждигехь мачаш галйовлар ду. Делан цIийнехь ишттаниг далар, цу чохь Iамал йечу нахана тIе вон цIе йожар ду. Оццул адам гуллучу меттехь, ца кхеташ цхьа  гал ца волуш, шен йоцу мачаш нислуш, атта хуьлийла йац. Амма Делах тешар даггара доцуш, нах леларна ша ваха веза цига бохуш, лелаш берш хила там бу. Ишттачарна тIедоьгIна аьлла Дала ИбрахIим пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Маккара хьажцIа дуттучу хенахь: «Iадда бита, ИбрахIим, и айхьа ца боьттина могIа. Иблисо буттуш бу иза. Цуьнан дуьхьа богIурш хир бу хьаьжин цIа!» Делан дош харц хила йиш йац. Цундела маьждигехь мачаш галйовлар (хийцайалар йа йар) тамаш бан хIума дац. Молла Эсарта шен мачаш маьждигехь галйевлча, ша цхьа нах цецбохуш хIума дийр ду моттуьйту. Ткъа каде хьаьвзинчу нахана мачаш схьакарийча нахе олу, ша-шен да санна (цуьнан йайна хилла мачаш маьждигехь), когаш Iуьйра дIагIуриг хилар. Дийцаро беламе доккхуш дерг дин дац, амма цо хоуьйту бусалба стеган маьждигера оьгIазлонца цIа верза цамагар, цига мел воьдург Делан дуьхьа воьдуш цахилар а. Дала лардойла вай иштта цига леларх. Бусалба нахе джамаIат ларде боху Дала, цундела Молла Эсарт лелаш ву ламазна маьждиге, Дала ша рузбанах, джамаIатах хьалха ца вуьту дела. Иза иштта дацахьара Молла Эсартна маьждиге ца ваххал бахьана даьллера, – цуьнан ден мачаш ма йайнера маьждигехь. Делан дуьхьа доцуш, цIарна, шаьш бусалбанаш ду моттуьйтуш лелачарна аьлла Молла Эсарта – «Маьждигехь» дийцарехь: - «Ма хийла стаг Iуьнкара хIуттур ву кху чохь», - йуьртахь керла маьждиг дича. И дешнаш Молла Эсарта цIархазмана, рийаIана, шаьш дагахь доцурш, ду моттийта гIерташ, маьждиге лелачарна аьлла. «Делан къинхетам» дийцарехь Молла Эсарт Делан динан Iилма, дуьненан Iилма молланел алсам, гIоле хууш ву. Цу дийцарехь Iесаллех йа моллаллех ца вашарах хIумма дац. Амма моллас, бечу хьехамашкахь догIа, Iаламан болх Делан къинхетамаш бу бохуш дийцарна, Молла Эсарте молла хьовзало иза чехка догIучу догIанах ведда вогIуш шена гича: «Хьо хIунда кхоьру вашорна? «Делан къинхетам ма бу догIа», - олий, Молла Эсарта моллега болар лагIдойту. Молла чIогIа вашаво. Моллина ца хиъна шен хьехаман дош тIедоккхуш, Молла Эсартана жоп делла, сихха шен цIа ваха, ша ваша ца войтуш. Моллас ала догIура Молла Эсарте: «Со вашавайта тIехецна ма бац Дала хIара къинхетам, ва Молла Эсарт, хIара-м шен латтана, Iаламна тIехецний Дала». Цигахь ша вашавайтар Молла Эсартана диекха кIелхиъна хилла молла. Иштта меттиг Дала нисйина моллина, Молла Эсарт кхоьссина догучу догIана кIел нислуш. Моллас шега Iоттарца, хьо стенна уьду Делан къинхетамах аьлча, Молла Эсарта, шен вадаран болар ца лагIдеш, жоп ло: - «Цундела и (Делан къинхетам) ца хьеша гIерташ (цуьнан пусар деш – авт.), ведда вогIий со-м», олий. Молла Эсарта моллехь чул Делан къинхетаме йолу къобалло сов гойту шен къамелехь. Хетало иза ала гIерташ: «Таро хилча-м, ша тIема вер вара, лаьттах ког ца хьакхабалийта, дерриге лаьтта тIе боьлхуш болу Делан къинхетам, беркат ца хьешархьама». «Дуьненан барам», «Барма» дийцаршкахь Молла Эсарте деш долу хеттарш Iесачу (джехIалчу) нехан хеттарш, хета суна. Амма Молла Эсарта луш долу жоьпаш дуьненан дахар тIаьхьало йоцуш, оьмар хедаш дуй хоуьйтуш ду. Цундела боху Молла Эсарта, шегара беламе хIума даккха гIерташ, наха деш долчу сонта хаттаршна: - «Дуьненан шоралла, йохалла мел йу?», - аьлча. Цунна жоп луш, барми тIехь айина хьочуьнан агIор корта ластабой: - «Цуьнга хаттийша. Иза (аш хоьтту дуьненан барамаш – авт.) дуьстина ваьлла шуна». Ткъа дакъа тIехь долчу барамна мича хIоьттича мел, йал сов хуьлу хоьттучаьрга: «Бен дац хьуна, цу тIехь ца хилчхьана», - боху Эсарта. Мел барам тIе хьалаваккхале баккха безий хоуьйту Молла Эсарта, парзаш, сунташ лардарца, хьарам, хьанал къасторца, къилахь долчу хIуманех къаьхкина леларца хуьлуш хиларх тешаво «Ялсамане» дийцарехь. Оцу дийцарехь майаярра гучуйолу адаман (психологи) синхIоттам. Мел хаза, дика, исбаьхьа йийцахь йалсамане, цига ваха сихвелла цхьа вац, вала леш. ХIунда ду-те вай лаам, синхIоттам иштта вовшашна бIостанехьа бирзина? Цкъа-делахь, ша билггал цига (йалсамане) кхача хьакъ хилла йа ца хилла, цхьанне ца хууш хиларна хир ду иза. ШолгIа - делахь, цига билггал кхочур вуй хиъча, вала велла цига кхача сихвелларг ца хаало, вайн сица мелла хилла гуш доцчух шеко йалларна. Кицанна тIедоьгIна аьлча: «Стиглара лоцун йолчу гIургIезал, карара хьоза тоьлла». Карахь долу декъаза дуьне тоьлуш хета вайна, хир ду бохуш долчу йалсаманин зовкхал. Цундела Молла Эсарта хIумма шек воцуш, ийза ца луш, эхь ца хеташ, шега деллачу хаттарна: «Молла Эсарт йалсамане ваха лаьий хьуна?» - жоп ло: «Дера ца лаьа. Вала велла ваха ца веза цига». Вайн синхIоттамо дуьненах къастар къобал цадар го вайна, Дала ваьш шен зама тIекхаьчча, бертаза дIадиггалц. Цундела Молла Эсартан жоп Iеса дац. Дийцаро гуттаренна чIагIдо адамийн синкхетам дуьненан хазаллех чIогIа тасабелла хилар эхартачух чул. «Делан цIа» дийцаран варианташ дукха йу. Ткъа Кацаевн книги тIехь йерг вай теллича гуш дерг цхьаъ ду. Маьждигана сагIина деана совгIаташ, маьждигана оьшучу барамал сов довлуш хилар. Цундела Молла Эсарта маьждигехь сов йаьлларг мискачарна, ша санна болчарна, дIайала мегарг хилар, ша санна цара хаттар, алар доцуш, дIакхехьа йолайале боху.
Кхин хIума ду. Наха гIаддайначу лулахочунна, йуьртахочунна ца луш, шен цIе йаккхийта луш йолу хIума маьждигана луш хилар гойту, царна йелча мел, йал шайна мелла сов хир белахь а. Цундела Молла Эсарта куз шена бахьар хьалха доккху, шена иза, шен боций хаахь, цхьаммо лур боцун дела. Ткъа маьждигана, оьшу аьлла кхайкха ма-диннехь, бохьур буй хаьа цунна. Мискачунна дина доккха совгIат боху цIе ца йеза вайна, ткъа маьждигана дина  совгIат бохург вайна дозалла, сийлалла хета. Иштта бу-кх адаман синхIоттам – дуьненан цIе мехала хеташ эхартана луш йолчу хIонсал. Амма Дала иштта агIо ца хуьлуьйту куц ду вайна йа дуьненан цIе, йа эхартан йал бен.
«ШайтIанаш лехкар» дийцарехь Молла Эсарта йеш йерг башхо Далла Iамал йу, цунах шен самукъа долуш, тIехбовлучарна схьагуш синкъераме хIума доцуш. Шок бусалба динехь шайтIанан мохь, цIогIа, аз, эшар лору. Цундела Молла Эсарта уьш (шайтIанаш) церан эшарца, царна шайх цхьаъ кхойкху моттуьйтуш, Iехош, тIегулдо. ТIаккха (дийцарехь аьлла дацахь) шахIадат далош бисмилла (сурат «Фатихьат») доьший, дIасалохку. Йух-йуха и болх беш сакъоьруш воллу Молла Эсарт, шайтIанашка эрна йорт йоьттуьйтуш, церан сих-сиха букъ боьш, шена мел боккхуш воллуш ву. Дийцаран маьIна нийса диначунна, Молла Эсарта хоуьйту, вай  мел деш долу хIума Делан цIарца хIотталуш, Дела реза ван гIерташ хила дезар.
Адамашлахь дукхах болчу нахана моьтту шайн дахарехь дика дIанисделла гIуллакхаш (хIумнаш) шайн ницкъах, деккъа шайн хьекъал кхачарна тоделла. Ткъа галдаьлларг – иза Дала йаздина, ца дуог1ийтина хилла. Иштта шайх бIаболар сов долчу наха, шаьш цхьаъ дан беш болу сацам (нийат), дукхахьолахь, Дала мукълахь (Дала пурба лахь) ца олуш, хIара йа важа дийр долуш ду шаьш бохуш, хенаш йетта ден долчунна. Доцца альча, шаьш деш долу нийат Делаца ца доьхку. Оцу нехан востара го вайна Молла Эсарт «Дала мукълахь» цIе йолчу дийцарехь. Шен кисанахь ахча хилча, базарахь дохка далийна даьхни хилча, ша, Дала мукълахь ца мукълахь-м (шек воцуш), йетт оьцур бу боху цо, ша нисван гIоьртинчу юьртахочуьнга кураллица. (Оцу дийцарехь-м Молла Эсарт ватIийна ваьккхина нохчо ву ала мегар долуш, хета суна.) Жимма кисанахь шай-кай гулйелла нохчо мара ирх боьдий ма хуьлу. Молла Эсартан куралла йужу, къуьйша кисанара ахча даьккхина ша витича. Йетт эцаза цIа вогIучу Молла Эсарте хьалхалерчу йуьртахочо хотту: «Эца мехахь йетт ца карий хьуна?»  «Ахча дайна, Дала мукъалахь», олу Молла Эсарта. Ахча кисанахь долуш Дела дага ца веана Молла Эсартана, амма дайча, Делан йоза хиллий хаьа, иза шегара даккхар къуьйша. Молла Эсарта йуха хьехам бо вайна, шех тера шу лелахь, шена хилларг хир ду шуна бохуш. Цундела дIа мел боккху ког, туху куьг, Делан цIарца дикачу нийатех дузуш, вай мел долийна хIума беркатца, кхиамца чеккхдер дуй хоуьйту оцу дийцаро. Вай дечу дикачу нийаташна ша орцахо ван лууш ву Дела, амма вочу, зуламечу, вайна вешан ницкъах ду моьттучу нийаташна Иза гена волуш ву. Хьекъална кIорге йацахь, даиманна йолучу сана, йоккхучу цIарна, сутараллина тIерачу нехан куьцешца гучуволу Молла Эсарт «Молла Эсартан эмкал» дийцарехь. Лоьро цамгарх толур йац аьлла эмкал, цIен сагIина дIайекъна Молла Эсарта йуьртахь.
ХIете-вете эмкал дIайаккхаза ша цаваларна, Далла, нахана гергахь вазвала гIерташ, баккъалла аьлча, цIе йезаш, йекъна Молла Эсарта эмкал. Ишттачу наха Делера хуьлучу йолах тоам ца бо, царна иза мел деза делахь, кIеззиго хета. Царна шаьш динарг йуьртахь, куьпахь, дуьхьала мел кхеттачо шайн цIарца, кхъайкхо лаьа. Ткъа иза наха деш ца хилча, шаьш дийцина, ца кхайкхийча Iа-м ца ло уьш. Цундела, пхьохана мосазза волу, ша йийна эмкал йуьйцуш лела-кх Молла Эсарт. Ткъа кхуьнан эмкалх лаьцна хIокхо дуьйцург кIордийначу наха шега: - «Ванах, Молла Эсарт, ма дукха йуьйцу ахь и эмкал! КIорда ца до хьуна-м!» - аьлча: - «Дукха йуьйцу бохург хIун ду?! ИбрахIим пайхамара (Делера маршала хилда цунна) бийна болу уьстагI Дала КъурIан тIехь йух-йуха ма буьйцу. Молланашна ма ца кIордадо, ши стаг вовшах кхет-кхеттачохь иза вийца, хесто. Ас йийнарг-м эмкал йай! И хIун ду аша дуьйцург!» - бохуш, бехкаш дохкуш, гондхьарчу нахана тIечеха. Гой шуна, дешархой. Дала бусалба уммат, гIурбанан дозаллин сийна, шайн доьзалхой байа дезарх хьалха бохуш, йалсаманера баийтинчу уьстагIал кIезиг йа дорах хIума ца хета Молла Эсартана ша динарг. Кхетамна аьртачу нехан дагара лелаш ву Молла Эсарт. Молла Эсарта гойту вайна энжеде, хьекъалан сакхо ледарчу нехана дуьненан дозаллин цIе мел йеза. Цу нехан сибташ кхоччуш баттара даьхна гойту Молла Эсарта оцу дийцарехь. – «Шех тардала шу гIертахь эхь, доккха къа ду шуна!» - бохуш, мохь бетташ, хетало Молла Эсарта вайга оцу дийцарехь. Сутара молланаш йемал бечу дийцарехь ду «Йуьртан къедан къайле». Наха кхийдочу сагIане марзбеллачу, суьпа бу бохуш, Делан динан Iилманан тIехуленаш бен ца йевзачу, «дешна бу бохучу» нехан синхIоттам (психологи) дика йевзаш ша хилар хоуьйту Молла Эсарта оцу дийцарехь. Ша хин буха воьдучуьра нахе хьалаваккхийта куьг дIакховдо кхетам байна, хи чохь ветталуш воллу къеда, Молла Эсарта: «ХIан! Схьаэца! ХIан схьаэца!»  бохуш шега кхайкхича, хи чуьра хьала куьйгаш кхийдо волало къеда Молла Эсартехьа. Ткъа Молла Эсарт тIевале, наха шега: «Схьало куьг» Схьало куьг!» бохучу хенахь, цунна хезаш дацара шега дуьйцург. Оьрсийн къоман ду хьекъале кица: «Доьзал атта ца хуьлу, йукъахь заIапниг воцуш». Бусалба уммат йукъахь нисло заIап молланаш, къеданаш а. Амма ишттаниш йукъахь нислора аьлла, дин дастаме йа сийсаза хуьлуш дац. Оцу дийцарехь санна болу суьпа «дешна нах» хир бу сагIа ца ло бохуш «Шедаг» дийцарехь шайтIано кхайкхош берш. Ишттанаш мел йемал барх, вайна новкъарло йац. «Бусалба, керста а» дийцаран чулацам вайн нохчийн къомана йукъахь тIаьххьарчу заманахь кхоллабеллачу кхетаман сурт гойтуш бу. «Бусалба, керста а» дийцарехь Молла Эсарта ша луш долчу жоьпехь кхетам болуш, хадош хоуьйту: пхи ламаз деш, мархин баттахь 30 – марха кхобуш, кхин долу Делан парзаш кхочуш дийриг бен бусалба цахилар. Ткъа и бехкамаш ларбеш воцург, муьлххачу къомах велахь, керистам вац, амма тоба дина стаг ву, ша диначу тобанан бехкамаш ца лелош, керисталле карча там болуш . Керистанех хиндерг Дала шен КъурIан чохь билгалдина даьлла ду. «Кехатех ловзар» дийцарехь Молла Эсарт дIахIутту, деш-дуьтуш доцуш, мукъалла шаьш хан мичахь йойур йу ца хууш лелачу нехан суьртахь. Цундела къанвелла Молла Эсарт, шен нийсархойн пхьоьха кхачайелла, шена хан йайа кхин меттиг ца нисйелла, берашца кехатех ловза охьахиъна. (Бусалба дино-м дихкина ду Дела дагара воккхучу ловзаргех ловзар). ТIехбовлучара: «Берел оьшу-кх хьо, Молла Эсарт!» шега аьлча (кхо ца догIург, шен хенаца леладарна бохуш ду наха и): «Со муха ца оьшу цхьа козар ца хилча», - олий, беламе дерзадо къамел. И дийцар цхьадолчунна, цунна тIейаздинчарах тарло, кехатех ахча йукъа диллина ловзуш, къолаш деш болчу наха, молланаш шайл башха гена бевлла гIоле бац, алархьама. Суьпачу нахана тIе шаьш дерг-доцург тIекхоьссича, шаьш цIанло моьттурш ма бу вайна йукъахь. Оцу дийцаро кхин цхьаъ билгалдо, дашна говза хиларо адаман гIалатло мелла йаййеш хилар нахалахь. Ткъа цул сов, бусалба стага, ша «хан тоьхна борз» хилча, муххале шегахь ца товш дерг, иза мел беламе делахь, леладар къилахь, йуьхьIаьржо хилар хаа деза, зен ца хьехийча. Вайна мел шера хууш делахь эхартара, денделла, цхьа дегI йуха дуьненчу догIуш цахилар гойту «Эхартара стаг» дийцаро. Оцу дийцаран йу масех вариант, амма Кацаевс шен книги тIехь йалийнарг вайн къоман оьздангаллина мелла герга йу. Дийцарехь Молла Эсартан зудчо шайн кетIахула некъа дIавоьдучу стаге хаьттина: «Хьо стенгара вогIу?» Вукхо бегашийна: «Эхартара вогIу! ХIунда боху ахь?» - олий забар йо. Ткъа Молла Эсартан зудчо, дукха хан йоццуш да велла Iаш йолчу, цо дуьйцург бакъ ду моьттина. Оцу тIера тасаделлачу къамелехь зудчо некъахочуьнга шен дегара хьал-де хаьттина. ХIара шега лелур йуй хиъначу стага (ка тухуш борз хиллачух тера ду и), жимма шай-кай эшнера цигахь цунна аьлла. Молла Эсартан зудчо сихха чуьра йетт эца дитина ахча схьадеана, «эхартарчу» стаге дIаделла. Некъахо къайлаваьллачул тIаьхьа Молла Эсарт цIа кхочу. Зудчо хилларг, боккха кхаъ ша боккхучуха, дIадуьйцу Молла Эсарте. Шен зуда Iехийний ***й, Молла Эсарт тIаьхьаволу «эхартарчу» стагана. Важа хIара шена тIаьхьа вогIуш хаалой, новкъарчу хьерара хьархо кхера вой, цуьнца духар хуьйций, хьархо хьера кIел дIа лочкъуьйте, ша хьеран тIулг ага хIутту. Говрахь схьакхаьчначу Молла Эсарта, тIулг огуш волчуьнга хотту, хIара хьархо ву моьттуш: - «Мичахь ву кху хьера чуиккхина къу?». «Суна-м ца хаьа, ахь мила вуьйцу», - олий, хьера кIел пIелг хьажабо тIулг огучо. Молла Эсарт хьера кIел чувуссу, ткъа «эхартара» хьаша, огуш болу тIулг Iадда буьтий, Молла Эсартан говрахь къайлаволу. Хьера кIел лечкъина пекъар левина хьархо вуй хиъча, Молла Эсарт кхиъна «эхартарчу» хьешо шена хIилла дина хиларх. ХIара гIаш цIа кхаьчча, зуда хеттаршка йаьлла: «ТIаьхьакхиирий хьо цунна? Говр стенга йахана хьан?» Шен стундена, къанвеллачу хенахь велла волчу, цигахь гIаш лела хала ца хилийта дIайигийтира ша и говр, аьлла Молла Эсарта. Шен майра иштта гIиллакхе валар стунда бахьанехь, чIогIа тайна зудчунна. Хьекъална энжаде, аьрта кхетамна фонатикаш мел бу иштта хIумнаш нисдала тарло вайна йукъахь а. Амма оцу кепара нислучу хIумнех, хила йиш йоцчу хIумнех ма теша-м боху оцу дийцаро. «Молла Эсартан комаьршалла», «Молла Эсарт, Iожалла», «Весет», «Шен меттана», «Iожалла Iехор», «Молла Эсартан каш» дийцаршкахь,– дуьненан фольклоран турпалхо волу Молла Эсарт Деле воьрзу.  Цуьнца йу дахарехь марзйелла забарш, беламе амалш, бегаш, дегIехь похIмаллин асар, коьртехь ира хьекъал, дагах ца къастош йолу синмаршо, сатIома ойланаш. Ву иза ша кхоьллинчу Далла тIехьажийна шен йерриг корматаллаш, набарна товжа дехьара чуволуш санна, дог реза, тийна воьрзу иза эхарта. ТIаьххьара вай цIераш йаьхначу дийцаршкахь Молла Эсарт хийцавелла вац, забаррий, бегашший битна вац.
Шен цкъа ца хилла бахам, ахча дIадекъарехь комаьрша вуьйлу иза. Весет йаздечо: «Хьан оццул ахча дуй ма ца хиъна суна-м», аьлча, цец ваьлла Молла Эсарта олу: «Оццул ахча-м мича дара сан?! Амма весет доьшур долчарна, со бIаьрмециг цахилар гайта лаьара суна!» Ша вала воьжча, гуттар забарш йеш, къамеле ваьлла, го вайна иза. Валарх чIогIа кхоьруш волу хьо, хIинца ма майраваьлла, боху Молла Эсарте чуоьхучара. «ХIара минот тIехIоттарна кхоьруш варий со-м?» олу цо. Молла Эсарт Iемина хилла хIума хилале кхера, хилла даьллачул тIаьхьа кхерар эрна ду. Цундела йетта Молла Эсарта кхийра пхьегIаш йохка базара вахале шен кIантана. Цуьнгара хIумма даьлла доцуш, хIунда йетта ахь цунна, шега хаьттича, Молла Эсарта олу: «ХIума даьллачул тIаьхьа йеттар тIаьхьа хир ду. ХIума хилале кхера веза». Iожалла шена тIехIоьттича кхерам бац Молла Эсартаца, цунах хьалха ша вуьтур воций хаьа цунна. ТIехIоьттина даьллачунна чIеIар тIаьхьа дуй хоуьйту Молла Эсарта, амма шен жимма мIара тосийла йолчохь дуьненахь йоккху хан йахйан лаьий хоуьйту цо, шена санна, массарна. Сонта весеташ дечу нахах лелархьама деш ду бIостанехьа, наха ца дечу кепара весет Молла Эсарта, забарехьа даьккхина «Весет» дийцарехь. Весет кхочуш ца дича тIаьхьа вуьсучу верасна доккха къа ду бохуш долчу вайн Iадатна дуьхьала хетало и дийцар. Бакъду, Дела реза воцу, Дала ца магийначу кепара дина весет кхочуш ца дарх, тIаьхьа висина верас къила вулийла дац. Муххале сонта весет верасо нисдан дезаш ду, Дала шен пайхамарехула (I.с.в.с) дIакхайкхийна хиллачу кепаца нисдеш.
«Шен меттана», «Iожалла Iехор» дийцаршкахь Молла Эсарт Мулкалмовт Iехо дагадеанчу нахах лела. Цундела боху цо зудчуьнга, мелла кечлой, подар-басар хьакхий, хазлой дIахIотта. Цецйаьллачу зудчо: «Ша жима, къона йолчу хенахь ца дийцинарг, хIинца стенна дуьйцу ахь? – шега аьлча: «Мулкалмовтана, сан са эца деъча, хьо хазйелла хьан са эцна иза дIагIур дара», - боху Эсарта. «Iожалла Iехор» дийцарехь а Молла Эсарта, парз пхи ламаз дина валлалц витахьара ша са ца оьцуш олий, дехар до Мулкалмовте. Дала Мулкалмовтана (оьцуш дерг Молла Эсартан са хиларна – авт.) и дехар кхочуш дан пурба ло. Ткъа Молла Эсарт, диъ ламаз дина, пхоьалгIа ламаз ца деш дуьхьал волу, - шена дуьне кIордийчхьана дийр ду ша и бохуш. ХIетте Мулкалмовто-м са эцна Эсартан. Оцу шина дийцаро гойту мел хала къаьста вай кху дуьненах, амма Дала тоьхна хан чекхйаьлча вайх цхьа кху дуьненчохь лоьлуьйтург цахилар го вайна. Дала оццул эвхьазчу забаршна маьрша витина Молла Эсарт, хIара дуьне, Iалам шен дуьхьа кхоьллина сийдолу Элчи Мухьаммад пайхамар (I.с.в.с.) заманал тIехьа, хан йахйеш  дуьненчохь витина ца хилча, Iожаллех вай девр доций хоуьйту дийцарша. Эрна ду хIилланаш, китарлонаш, дехарш, кхаьънаш кховдо дагадар а.
«Молла Эсартан каш» дийцаро, вай хьалха мел дийцинчунна тIе мухIар таIош, чIагIдо. Молла Эсартан каш, иза везаш тIехIуьттучийн са паргIат доккхуш, бала эккхош, гIайгIа йицъеш, цамгар йайеш, тIехIуьттучийн синош цIандеш хилар массо заманашкахь. Иштта бен нисбойла дацара Далла нахана  вевзачу стеган дуьненан, эхартан кхоллам.
Кацаев Сайд-Хьасанан «Молла Эсартах лаьцна дийцарш» книжкина таллам жамIехьа берзочу декъехь ала лаьа вайн доьзалшкарчу йукъаметтигех, кегийрхошкахь гIиллакх-оьздангалла кхиарх. Вайн къоман ламасташца ца догIуш, кериста къаьмнаша Молла Эсартана тIетиттинчу, тIеэгийначу, къаьсттина, адмаша шайна хуъушшехь лелочу ледарчу, цIарматчу гIулкхашца деш долчу зенех хьакхалуш долчу книжкин дийцарех лаьцна. Царах лара мегар ду, хIара цIераш йолу дийцарш: – «Жима Эсарт», «Кхетар», «Марха», «Хьуьжарехь», «Зуда йалор», «Синкъерамера цIа вогIуш», «Маре йахар», «Зуда йалайойтур йу», «Хи дар», «Шена ваккхар», «Ваха хаар», «ГIеххьа цIено» «Буракаш», «Къамкъарг», «Зудчух тешна», «Тоба дар», «Котам», «Хьанах теша хьо», «Бахьана», «Хьесап», «Дуьне даар», «Куьзганаш», «Шок», «Цхьа кхачамбацар», «ХIоаш дохкар», «Эса», «Когаш карабар», «Молла Эсартан хIилла», «Ша тIехь волу га», «Со дийна волуш», «Йерриге виранна ги муха йуьллур йу?», «Муьлха де ду?», «Далла бу хастам», «Церг», «Карара йолийтила дац», «Бехк», «Вирана ца лаьа», «Говр дIатосийла», «Цхьа маьхьси», «Левси», «Коч эцар», «Чоа», «Хазахетар», «ШарIан кхелехь», «Товалар», Пхи туьма», «Жайна», «Хорбаз», «Трамвай» –
Молла Эсарт берахь дуьйна хьекъалан къорге башха йолуш, гонахарчу жилIаламах тидамаш ира болуш, нийсо йезаш хилар тIедаьккхина лардеш го вайна «Жима Эсарт», «Кхетар» дийцаршкахь. Нанас жима Молла Эсарт шена йуххехь сацон дагахь: «Хьажахь, наниниг, и дIо эса дай шен нанна тIаьхьа хIоьттина дIадоьдуш? Эхь ма ду нанас бохург ца дича. Схьаволахь чу», - аьлча, нанна луш долчу жоьпехь хоуьйту цо, ша эсо дирриг деш хилар. Цундела цо олу нене: «Собар де ахь, ша шура мелла даьлчхьана, ловза гIур ду хьуна иза». Молла Эсарта дIахоуьйтуш санна хетало шен нене, адаман амалш, мотт ца хуучу дийнатийн амалшца йустуш бер кхетош-кхиор нийса доций. Ткъа «Кхетар» дийцарехь-м Молла Эсарта берашна аьшпаш ботта Iамар баккхийчаьрга долий, уьш боттар бераша Iаламат хала, лазаме тIелацар гойту. Дийцарехь дас Молла Эсарт кевне охьахааво, ша хоьттуш милла вагIахь, ша цIахь вац ала, олий. Жимма хан йаьлча ойланаша хьовзийна Молла Эсарт йуха дена тIевогIу. Жима ву аьлла, хьо хоьттуш баьхкинарш, шех ца тешахь, хьуна тI****абой ша уьш, хотту цо. Дас кIант чIагIво. Шена тIе ма балабе, кетIаран дIахьовсабе олий. Цул тIаьхьа, ша дийцинарг диц делла, дас шен гIулкхана кхойкху Молла Эсарте. Амма важа кетIахь, меттах ца волуш, хиъна Iаш хуьлу. «Мохь бетташ ца хеза хьуна? Кхайкхича схьа хIунда ца вогIу хьо? – оьгIазе вистхуьлу да Молла Эсарте. – «Ахь хьо цIахь вац ца бохура?» – цецволу Молла Эсарт шен дега хьожий. Дас нахана ботта боху пуьташ Молла Эсарта шен дена дуьхьал боху. – «Хьо арахьара тIебогIучу нахана, цIахь воллушехь цIахь ца хилча, суна вац-кха хьо цIахь!» - бохуш санна, хета суна-м Молла Эсарта шен дега. Оцу масалца Молла Эсарта хоуьйту вайна, берана баккхийчара луш болу харц кхетам хьаьвззина вайна ваьшна дуьхьал болуш хилар. Мегар дац харц син тIеIаткъамашца берийн кхетам кхио. Оцу тIеIаткъамаша талхайо вайн тIекхуьуш йолу тIаьхье.
Зуда йалайарх, йожа вир хиларх, ваха хаар ца хилар довзуьйту вайна «Ваха хаар», «ГIеххьа цIенош», «Къамкъарг», «Зудчух тешна» дийцарша. Балхана мало йоцуш, гIулкхана тIера, шена рицкъа тIедогIу агIо лохуш, муьлххачу  балхах ца къаьхкаш хIусамда веза цIен тIехь. Иза вацахь, Молла Эсарта ма-аллара: - «Вирах даьхни хир дац, зуда нисйеллий хуур дац. Делан дуьхьа, вала везачу стагана гIеххьа цIа ма ду хIара», - бохуш, наха дог оьцуш, вехар ву гIийла, миска стаг. ТIехула тIе, ша санна, ледара зуда нисйеллехь, шен «Йезарго» Iаьно эрна дечу десачу хабаршка ладегIа дезар ду: «ХIокху бIаьста-м цхьа-ши гектар буракаш лелор йара ас…» Ткъа бIаьсте тIейеача зудчо дийцинчух пуьташ хуьлий дуьсуш. Зудчун деса хабарш кIордийначу майрачо, Молла Эсарта шен зудчуьнга санна, ала догIу: «Аттачохь йац, х1ай зуда, и аренаш. БIаьста наха лелош, Iай ахьа лелош. СадоIуьйтуш йан йац-кх уьш».
Цхьаболчу доьзалшкахь чIагIделла дIахIоьттина низам хилла иштта хIума. ХIусамдена мовладашкахь, тезеташкахь, сагIа доккхучохь жижиг, кхин болу мерза кхача ша бууш лелаш хиларна, шен доьзална иштта кхача безаш хилар дицлой, шен цIерачарна и кхача эцна ца нисбеш, дицлой. Молла Эсартана, иштта шен доьзал бицбелла леларна, нислуш хилла хир ду-кх, котам мосазза йий, хьалха зудчо къамкъарг йиллар. Ша нехан сагIанашкахь мел зовкх хьегахь йуучуьнца, Молла Эсартана хаийта лиъна ша цIахь дикачу кхачанах йухакхетта воций. – «Ванах, зуда, оцу котаман гIог1, кхин йолу меже ма хуьлура», - оьккхуьйту Молла Эсарта. Зудчо, ша воцург кхин буй хаийтича и меженаш йаа, тIе котаман шиъ бен гIогI ца хиларх ша кхетийча, олу: «Шиъ бен доцу гIогI ца кхачахь, хIара цхьаъ бен йоцу къамкъарг-м кхочу суна дакъаза ма йаларг». Вайн къоман Iадатехь-м хIусамда толон везаш вара йуучунна тIехь. Амма хIусамда хила веза-кх шен доьзалан тIалам болуш, вайн оьздангалле диллича. Нийсо шен доьзалехь дуьйна йолало.
«Зудчух, говрах, жIаьлех ма теша» бохуш долу кица бакъдеш далийча санна ду «Зудчух тешна» цIе йолу дийцар. – «Стаг хьо велча, кхечуьнга гIур йацара со. Оццул веза-кх суна хьо», - зудчо аьлча; «Ма хала дара зуда, ахь дуьйцучух тешна, со вала», - аьлла Молла Эсарта. Кху дийцаран маьIнехь безамах шек хилар дац гойтуш дерг. Амма дуьхьлара дIадаьлла адам, иза мел хьоме хиллехь (делча-м муххале), дуьхьала долуш санна, тIеозийна хир дац синхаамаша, дуьнено стеннах Iехийна, дахарна йукъаозаво бохург ду. Цундела ца теша Молла Эсарт шен зудчо дуьйцучух – дахаран хазнашна йуьстах лела хала ду дуьненахь. «Тоба дар» дийцарехь Молла Эсарте луш долчу хаттаре терра ду цо луш долу жоп а. Бусалба стага шена устаз лоцуш деш долу тоба, деш волчуьнан шен деган къобаллоне хьаьжжина хила деза. Иза нахе хоьттуш хилча, шен даго хаьржинарг хIун ду къастош, хатта деза. Цундела, иштта къастам боцуш, шега – «Тоба дан мича вахча бакъахьа хета хьуна?» - хоьттучунна Молла Эсарта жоп ло: «Хьайн да вахханчу вахча бакъахьа хета суна-м». Шен да велла хилча, хоьттучунна моттало, шега Молла Эсарта хьайн дена тIаьххье эхарта гIо бохуш. Ткъа жоьпан маьIна ду: айхьа къастийна хьайн дагца тоба дан меттиг йацахь, хьайн дас хаьржжина меттиг харжий, Iад Iехьа бохург. Сица къобалло хиллачу устазо тIедехкина декхарш кхочуш дан атта хир ду, наха боххучунна тIаьхьа хIоьттина лелачул.
Метиг санна, даима шайгахьа болуш, нехан шуьнехь комаьрша гойтуш, массо хенахь шайна йолучу сане, хуьлучу пайдане сатуьйсуш, шайгарчу диканах адам лардечу нахах тарвелла вевза вайна Молла Эсарт «Котам», «Хьанах теша хьо?», «Бахьана» дийцаршкахь. Мел меца ша хилча, хьошалха ша кхаьчча йуучуьнца шуьнехь оьзда, саьхьара воцуш хила веза. Ткъа Молла Эсарта, ша воьссинчу хIусамехь, шена хьалха йиллина котам йерриге кхачош йиъна. ХIусамдас: «Ма оьгIаз вахана хилла хьо цу котамна», - шега аьлча, дуьхьал забар йина хьешо: - «Хьуна ма къахийти цунах, дашо хIоаш деш-м йацара иза». Вир йеха веанчу лулахочуьнга, иза йала ца луучу Молла Эсарта, хIинцца хьол хьалха веанчо йиги-кх иза, аьлла. Цо и боххучу хенахь вир божалахь Iеха хIоьттина. «Пуьташ ботта эхь ца хета хьуна. Божал чохь Iоьхуш хезаш ма йу хьан вир», - бехк боккхуш, лулахочо шега аьлча, Молла Эсарта, воха а ца вухуш, хаттар до: - «Хьо сох теша йа сан вирах теша?» Ткъа муш беха веанчуьнга (кхечу варианташкахь кажарна тIехула тосу аса хилла олу йехнарг – авт.) Молла Эсарта аьлла: - «Лур бара ас, хIокху чохь йолчо кIа дакъош дIаоьллина бацахьара». Цец ваьллачу лулахочо: «КIа муха дакъадо муьша тIехь? Хьайна бала ца лаахь, кхин бахьана хьовзадехьа», - шега аьлча, Молла Эсарта: «Хьуна хIун бен ду, муш луш ца хилча, муьлхха бахьана ас хьовзадарх», - олу. Дан ца лууш долчу хIуманна стеннах бахьана хуьлу. Цундела Молла Эсарта и адамийн бIаьрмецигаллин, писаллин амалш бехказло хин йоцчу агIонашкахь къаггош, схьагойту оцу шина дийцарехь.
Нехан аьттонех хьоьгуш, шаьш деш-дуьтуш доцуш, шайн бехкенна къебеллачу нахан сурт хIоттош ду «Хьесап», «Дуьне даар», «Куьзганаш», цIе йолу дийцарш. Цундела ву Молла Эсарт шен йеллачу нанна реза воцуш. Иза йала ца леш, маре йаханехьара шен оццул аьтто бухур бацара боху цо кадаме баьхкинчу нахе. Лийр йуй хиънехь туьханан галех хийцина хир йара ша иза. Дала лардойла вай иштта ойланаш коьрте хьаьвзан йолчу доьзалхойх!
Пондарх, хелхарх болх бина лелаш болу нах, хьацар доккхучу балхаца рицкъа ца лоху нах, дош хетташ безна бац вайн къомана, хьалхалерчу заманахь-м муххале. Цундела хила мега вайн халкъан искусствога болу тIалам, ларам тIехулена, даггара боцуш. Рицкъина дегI даца деш, балхана хера ца довлуш, далуш долу хIума хетта, вайн къомана дош, ткъа искусствоца долу гIуллакхаш малончийн буолар. Оцу балхо витина Молла Эсарт гIаддайна, къен, доьзална дан хIумма доцуш, исусствох цхьа болх бина леларна. Цундела, Молла Эсартан вахаран кепах ца вешаш, боху цуьнга кхуьнан хIусамна уллохула тIехволучу  лулахочо: - «Гора, Молла Эсарт йаI! Ма дуьне дууш ву-кх хьо?» (Кхин цхьана хIуманан балах баций хьуна, хьайн лоькхучу пондаран бен, бохург дагахь долуш – авт.). Лулахочунна моьтту Молла Эсарт шен сакъераделла лоькхуш ву и пондар. Молла Эсарта луш долчу жоьпехь шен къеллин латкъам бу: - «Ша дуьне ца даахь, кхин йаа хIума-м йац!» Дала шен Iаламехула схьалуш долу хий, хIаваъий, нехан куьг ца хьакхалуш долу Iаламан рицкъа ду Молла Эсарта дууш долу дуьне. Къеллой, мискаллой къарбеш бац искусствон белхалой, искусстве безам лаьтташ болу нах а. Уьш шайн ойланашкахь кхолладеллачу суьртийн, аьзнийн, бIарлагIийн дуьненахь беха. Царна дахарехь даима гуш йерг хазалла йу, кIеззига долчух цара тоам бо, гIенийн кхоьлах шаьш ирсе гича кхачо хуьлуш бу уьш, кху тIаьхьало йоцчу дуьненахь. Цундела ву Молла Эсарт «Куьзганаш» дийцарехь буьйсанна  йуккъехь шен зудчуьнга шен куьзганаш схьалохьа бохуш. Цо сатуьйсу гIенах гинчу хазчу дахаран суьрташка. Шена куьзганаша самахчу хьолехьа йухаберзоре сатуьйсу цо гIенан хиламаш. Ойланехь мукъана токхечу дахаре кхочуш хилар, мискачу стагана синхаам бу. Дукха нисло вайн дахарехь, вешан хьашташна вай арадевлча, лулахоша шайн цхьацца хьаштийн косташ тIедохкуш меттигаш: «Суна хIара йалахь, суна иза йалахь, оцуьнан мах хатталахь», - бохуш. Вай-м, массаьрга «хIаъ», «йохьур йу», «дийр ду» бохуш, жоьпаш ло цхьанне дог ца дохо. «Шок» дийцарехь лулахойн бераша дуьйцу Молла Эсарте шайн хьашташ. Царах цхьамма, жимочу беро, Молла Эсарте кховдадо эппаз (20 кепек): «Ваши, суна йахьар йуй ахьа шок», - олий. «Ахь шок локхур йу хуьна» - олу Эсарта. Ахчано Iай ломахь паста карайайтина бохург бакъ хилар чIагIдо оцу дийцаро. Вай ахча кховдийча дехьа-сехьа воьдучо вайна оьшург, шена мохь беш, схьайеача-м тоийта дезар хоуьйту дийцаран маьIно. Хуьлуш са йацахь, нахалахь цхьа пайда ца хилча лелор дацара цо иза боху цIе йезачу нехан сибтехь ву Молла Эсарт «ХIоаш дохкар» дийцарехь. Ша схьаэцначу мехехь духкуш ву иза кхехкийна хIоаш. «ХIун са йу хьуна?» - шега хаьттича, Молла Эсарта боху: «Мах бечийн декъахь ву, чорпа йуьсу». Шайна са йацахь, гIуллакххойн декъахь хиларан цIарна лелабо цхьаболчу  наха шаьш охIла боцу белхаш, шаьш г1уллакххойн декъахь гайтаран Iалашо оцу дийцаран. «Динах лата ца ваьхьнарг нуьйрах летта» - бохур ду Молла Эсарта «Эса» дийцарехь лелориг. Эсана цхьацца охьарш йеш хиллехь Молла Эсартан хIусамнанас, эса шен хеннахь цIа догIур дара. Амма хIусамненан ледарло цуьнца дов даьккхина, гучуйаккха ца хIутту Молла Эсарт. Цундела аьттан коча воьду Молла Эсарт, цунна йетташ. Амма вайна хьехам бо цо, ша аттана йетташ велахь а, бехкенаг шен хIусамнана йу шуна бохуш. Иза къасто хаа деза  дийцар доьшуш волчунна. Молла Эсартах ца бешаш, шаьш цуьнга Iехалур дацара моьттуш, цунах боьлучу нахана шайна моьттург аьттехьа доций хоуьйту Молла Эсарта. Иза вайна го хIокху дийцаршкахь «Цхьа кхачамбацар», «Молла Эсартан хIилла», «Когаш карабар». Шех ца дешаш, хичохь когаш ловзош, шайн когаш карабац-кх шайна, хьала гIевттина кхузара дIасадаха, боху бераша тIехволучу Молла Эсарте. Молла Эсарта баьккхина сара шайн настарех бетта болийча, массарна шайн-шайн когаш кара бой, бераш дIасауьду. ГIалара цIенош оьцуш, мах буьйцу цIенойн дений, Молла Эсартаний тIевеанчу лулахочо, и цIенош ша эца безам болуш хиларна, цIенойн дега мелла лакхара мах алийта, дукха леранна и цIенош хесто хIоьттина керт-ков цхьаьана. ХIара кIордийначу Молла Эсарта олу: «Цхьа кхачамбацар ду кху цIенойн, дукха луьйш волу лулахо». «Шега ца догIург дуьйцург, догIург дийца ма вахавойла» боху кица дагадоуьйту дийцаро. ГIиллакх леладо бохуш, совнаха хабар дийцаро пайда беш ца хуьлий хоуьйту «Говр дIатосийла», «Товалар», «Хаза хетар» дийцарша.
ТIех гIиллакхе волуш къамел дина, чукхайкхина Молла Эсарта йуьртахула говрахь тIехволуш волу некъахо. Иза хьошалха воьссича, шен цунна бала башха, бен-берса кхача болуш санна. Молла Эсартан керта кхаьчначу хьешо, говр дIатосийла мичахь йу аьлла, хаьттина. «ГIуллакх доцург дийцинчу кху сан маттах тасахьа иза», - аьлла, дохко ваьллачу Молла Эсарта. Кхайкхаза веанчу хьешан лерам боккха хила беза нохчийн Iадатехь хIусамден тароне ца хьоьжуш. Ткъа Молла Эсарта санна, нахалахь дозаллина, къевсина ша чукхайкхина хьаша-м дукха веза, воккха лело везаш веца. Цундела воьхна Молла Эсарт, ша чукхайкхале оцуьнан ойла йина цахиларна.
Дийцаро вайна хьоьху: хьаша хIусаме вар, мел доккха беркат делахь, хьайн хIусамера хьоле хьажжий, къовсало хьаша ваккха бохург ду. Иштта сов хабарш дийцар йемал до «Товалар» дийцаро а. Цомгашчунна тIехIотта ваханарг чохь дукха хьевала ца везар, совнаха хабарш дуьйцуш цомгашчунна кула йан ца йезар тIедожош ду и дийцар. Совнаха хабарш дуьйцу нах бу Молла Эсарта шен чуьра лаьхкинарш: «Дела реза хилда массарна. ХIинца дика ву. ГIоле йина аша суна. Со йуха цомгаш хилчхьана догIур шу. ТIаккха чекхдоккхур аша дийцаза диснарг». Иштта «дог лозуш» гонах гуллучарах ларбойла цомгаш мел берш а. Адмаша ойла ца йеш деш долчу гIулкхаша зенаш до массарна. Амма тIаьхьа бале, зуламе, эшаме дера долу хIума ма де аьлча, хьан хIун бала бу бохуш, тергал ца до шайга дуьйцург цхьаболчара. Ткъа хIума хилла даьлча, тIаккха хьох Делан Вели хила веза бохуш, хонах даьлларг хоьтту, иза хьуна хаа деза бохуш. Ишттачу нехан кхетам, хьекъал, къар ца луш, уьш шаьш бохучунна тIегIертар эхь-бехк дайина дуьйцу «Ша тIехь волу га», «Со дийна волуш», «Йерриге вирана ги муха йуллур йу?», «Цхьа маьхьси», «Бехк», «Коч эцар», «ШарIан кхел», «Пхи туьма», «Жайна», «Хорбаз», «Трамвай» дийцаршкахь. Са долу, са доцу йерриге хIумнаш жилIаламе Дала рицкъа латтадойтуш кхоьллина. ХIетте и жилIалам ваьш кхобуш дуй хуъушехьа, вай цунна массо агIор йамарт ду, зенаш деш схьадогIуш ду. Адамийн жилIаламца сел эвхьаза, ларам боцуш лелар, карзахдовларх тера ду «Ша тIехь волу га» дийцаран маьIна. Молла Эсарт ша тIехь лаьттачу генах диг детташ ву. Суна иза рамза (символ) хета, вай адмаша ваьш кхобуш долчу жилIаламна тIехь лелочух терра. Га – иза жилIаламан рамза йу. Делахь иза вай дийца хIиттича философин кIоргенашка кховда деза. Ткъа уьш кхераме жайнаш ду, вай кIеззиг бен ваьшкахь доцчу хьекъалах талхо мегаш. Ша тIехь волчу генах диг детташ волчу Молла Эсарте тIехволучо хоуьйту – иза га каг делла чувогIург хилар. ХIокхо тIехволучо дуьйцург тергал ца до. Некъахо гена валале Молла Эсарт чувужу. И стаг, бакъ луьйш хилла, ша кхин иштта Iовдал хила ца веза боху ойла ца кхоллало Молла Эсартан коьртехь. Цо некъахо Делан къайленаш йевзачийн тобанах дIатуху. Цундела хьовзаво: «Ша охьавогIур вуй хиъначу хьуна, ша маца лийр ву хаа деза», - бохуш. «Со дийна волуш» цIе йолчу шолгIачу дийцарехь Молла Эсартана жоп ло некъахочо, хIара шена тIаьхьара ваккхархьама. Кацаевс-м шен дийцарехь, «кхузза виран ког тасабелча ирхонах хьалайолуш» аьлла, йаздина. Ткъа суна хезначу варианташкахь некъахочо аьлларг «виран ког тасабелча» дац, «виран кхузза хатар даьлча» ду. И шолгIаниг нийса хир ду аьлла хета суна. ХIунда аьлча некъахочунна билггал гуш ду, хIара шена тIаьхьа ваьлларг хьекъална оьхьна стаг хилар. Цундела ша мел лортIехь доцург аьлча, кхуьнан къобалло сов йалар бен, ша дуьйцучух цуьнан шеко кхоллалур йоций хууш. ТIехь мохь болуш, гух хьалагIерташ йолчу виран «ког тасабаларх» я «хатарш эхарх» цхьаммо тамаш бийр бац. Амма некъахочун «шайхалла» гучудаьллачу Молла Эсартана виран амалш «ког тасабаларца», йа «хатар даларца» вала везаш хиларан тIаьххьара миноташ йу. Вирехь «шайхо-некъахочо» аьлла амал кхозлагIа гучуйаьлча, Молла Эсарт охьавужу «ша велла лоруш». Цул тIаьхьа цунна, самах санна гуш дерш, «эхартарчу дахаран суьрташ ду» цунна гергахь. Дечигера богIучу наха, бакъахьа верзийна, некъахь Iуьллуш волу хIара, доцца доIа дой, сихха вовшахтоьхначу барми тIехь цIа вохьуш хуьлу хIара. Сихха хIара цIа кхачо гIертачу нехан къовсам болу некъаш декъалучу меттехь, мулхачу агIор хьовза деза ца хууш. Ша дийна волуш хIокху некъахула лелара дIаса, олу Молла Эсарта барми тIехь кIегар хууш. Кацаевна и ши дийцар мичахь, хьаьнгара хезна-м ца хаьа суна. Амма цу шиннах тасаделла кхин масех дийцар йа уьш дерриге цхьаъ долуш туьйра хезна суна наха дуьйцуш. Оцу туьйранехь «веллачу Молла Эсартана» тIекхочу базарара цIа богIуш болу зударий. Кхунна гена бовлале (хIара Iуьллучуьра) зударийн ворда йоьхна, некъ галболу. ГIо дан боьрша стаг велхьара сихха толур йара ворда бохуш, хеза кхунна зударша. Кхо зударшка мохь туху: «Со-м вара шуна, зударий, велла вацахьара», - олий. Зударий цкъа цец бовлу. Цул тIаьхьа кхунна гонах хьаьвза, цхьацца хаттарш деш, даа мала кхунна тIекхоьхьуш.
Цул тIаьхьа зударий, шайн ворданна тоян гIайгIа бан, дIасабовлу. Базара дIайоьдучу кхечу тобано зударийн баккхал дIахьо, Молла Эсарт «велла Iуьллушехь». Йуха баьхкинчу зударша шайн хIумнаш охьайахка олий хьовзаво Молла Эсарт. «Велла волу» хIара, тIе наб кхетта волуш волчу, йахьначу хIуманех Молла Эсартан дийца хIума ца хилча, зударша бишка оза доладо кхунах. Эххар когаш, куьйгаш лаьцна, хьала уьйуш ворданах ветта волийна. Цхьадика новкъа богIучу наха баккъалла зударша вуьйчура ваьккхина Молла Эсарт цIа воьрзу. Цул тIаьхьа хIара веллачуьра цIа веана ву бохуш эладита даьржа. Молла Эсартана башха новкъа ца хуьлу иза, ша даима нехан тидам тIехь лаьтташ хиларна. Лулахоша, йуьртахоша хоттуш хилла Молла Эсарте – «Муха дара эхартахь, дийцахьа, Молла Эсарт?»
Ша виттане ца витича олуш хилла цо: «Йалсаманехь, массо тайпана даарш тIекхоьхьуш, гонах хьийзаш хIуьрлаIанаш бара, амма жоьжахатахь дарделла, кIозарш охкийна долчу шайтIанаша бишка узура, когаш, куьйгаш лоций, уьйуш, ворданах веттара». Сонталлин тIегIанийн, даржийн барам, доза долуш цахилар ду гойтуш «Йерриге вирана ги муха йуьллур йу» дицарехь. Оцу ойланца цхьаболу мохь шен гехь буьту Молла Эсарта. Моттало Молла Эсартана вирах эхь хета. Иза иштта дац, суна схьахетарехь. Виран букъ беха бац, цундела Молла Эсарта берриг мохь вирана тIе биллича, цунна шена тIехаа меттиг буьсур бац. Ткъа гIаш вогIучул, Молла Эсартана цхьаболу мохь шен гехь хилла, вирана тIехь вар гIоле ду. Цундела боху цо, йерриге вирана ги муха йуьллур йу (шена тIеха меттиг ца буьтуш, боху маьIна ду Молла Эсартана дагахь). Молла Эсарт вирца гIилкхе волуш вац, цо шена оцу хьайбанна тIеха меттиг боккхуш бу.
«Ма тов ца хилча, ма торру» - олучу кицана, «БIаьрмецигчо ши харж йо» - бохучу кицане кхийдаш амалш йовзуьйту Молла Эсарта «Цхьа маьхьси» дийцарехь. Ахча делла бохуш, саба диъначо диннарг до цо «Хорбаз» дийцарехь, чкъоьргаш ша йаарна бехказло йалош. «Коч эцар», «ШерIан кхел», дийцаршкахь эхь дайначу нахах лела Молла Эсарт, шеца къамеле ваьллачун корта хьовзош. Молла Эсарта цкъа шена йезайелла хеча схьаоьцу. Мах дIабелла  боцуш, хеча карахь ша лаьтташехь, шена мегаш йолу коч хийца олу хечех. Цул тIаьхьа кучах ахча дIа ца луш, дIаваха тохало. Махбечо ахча дехча къовсаме волу, ша хечех хийца ца хийцира иза олий. Хечех ма ца деллера ахьа ахча аьлча, эцна йоцчу хечех аса хIунда ло мах олу. Дийцаро гойту эхь доцчо, хабарна шера велахь, къарво бакъ луьйш верг а. Вайна йуххехь теш ца хилахь, харцо тоьллий йу-кх. «ШарIан кхел» дицарехь иштта говзачу хабаро дош тIедоккху Молла Эсартан харц луьйш воллушехь. Эхь доцчарна лела хIара дуьне вай мелла маьрша дитина хилар гойту оцу дийцарша.
«Жайна» дийцарехь жIаьле ка ца тохуьйту хIайкал даккха шена цхьаммо аьлча, Молла Эсарта олу: «Iаьрбийн маттах жIаьла кхетар ду ала-м хаац суна. Цул дика хир ду хьуна, ахьа хьайца гIаж лелайахь». «Далла тIе болх биллий, айхьа бахьанаш леладе», -  бохург ду иза. «Трамвай» дийцар вайн замано кхоьллина делахь, Молла Эсарт вайна го, гIалин Iер-дахарх кхетта воцчу ломанхочун сибтехь. Цундела моьтту цунна, ша кафе чу воьдуш, вир дIатеснарг нехан рагIу ду (трамвайш ламчохь лелаш цахиларна). Араваьлча йа «рагIу», йа вир шена ца гича, олу цо: «Вир-м лачкъа йайтахь. Кхузара рагIу мукъане стенга дахана теша?

7. Дерзоран дош йа жамI.

Вайн замано Молла Эсартана тIейаздинчу дийцарех лаьцна дикахо олуш йаздина Кацаев Сайд-Хьасана ша оцу книгин йезткъей цхьаолгIачу агIон тIехь. Книга Iаламат оьшуш, дуккха тIехь къахьегна, маттаца, стилистикин хатIца кхетар волуш йазйина йу. Кхачамбацарш дац аьлча бакъ хир дац, амма уьш кхузахь дийццал новкъарло йолуш дац. Уьш вовшашца дечу къамелехь хьахийча нислуш долу хIумнаш ду. Амма аса сайга хоьттуш хилча, мелла  гергарчу тематикаца догIуш долу дийцарш тобанашкахь йа дакъошкахь цхьаьна тухур дара. Молла Эсартана тIейаздинарш, бусалба динехь доцчу къаьмнийн тIеIаткъам берш, цуьнан леламех ца хьакхалуш дерш шаьш кьаста дойтур дара. Вай замано, автора шеггара кхоьллинчийн  шайн-шайн тобанаш йойтур йара. Ишттачу системехь нисдича дешархошна мелла шен-шен лааме (интересе) хьаьжжина деша аьтто болуш хир дара. Дешаран хьукматашкахь болчара пайда алсам оьцур бара аьлла хета. Кацаев Сайд-Хьасан, суна схьахетарехь, хIинца Молла Эсартан леламашна тIехь болх беш ву. Цундела цо йуха цунах лаьцна йазйеш йолу книга вайн син могашаллина дарба луш, гIиллакх-оьздангаллехь къам, къаьсттина тIекхуьу чкъор нисдеш, эхь-бехк, ийман хIора доьзалехь гIаттош, бакъой, нийсой куьйгалхошкахь самайоккхуш, вайна массарна беркате къилба хилла йер йу зорбане. Дала аьтто бойла нохчийн къам нийсачу, маьршачу, хьаналчу, бакъонан некъа тIехь дIанисдеш, Нохчийчоь денйеш, къахьоьгуш мел волчуьнан а. Оцу новкъа вайна дIадаха новкъаорлонаш, харцонаш, зуламаш дечарна Дала шен нийса кхел йойла.


Рецензии