Iай кхетта малх
V-гIа дакъа «Кхоллараллин бIаьсте».)
1. Дешхьалхе.
Дукха ойланаш кегий аса Кацаев Сайд-Хьасанан кхоллараллина беш болу таллам, хIокху декъехь муха дIаболор бара те бохуш. Хьалхалера дакъош цуьнан зорбане йевллачу, аьлча цо шен хоржах йаьккхинчу шина книгех («Iаьнан суьйре», «Йаздархочун школа»), хьалхалера Iедал диснехь цкъа зорба гун доцчу; вай замано зорбанна йеллачу маршоно некъ белла хиларна дешархошна боккхачу кхоъца йевзинчу шина книгех («Бодашкахь», «Молла Эсартах лаьцна дийцарш») ду. Сайн талламан Iалашонан декхарш дуьззина чекхдаха суна къасто йисина Кацаевн хIинца, хецна зорбане йовлуш, шен дешархо карийна произведенеш. Вайн махкахула шен къизаллица вайна дуккха зенаш, зуламаш деш чекхбаьллачу шина тIамо, тахана маьршачу хорша дирзина далазчу дахарехь дуккха хIумнаш хийцина.
Адамийн кхетам мелла лакхарчу тIегIан тIе баьлла. Амма оцу кхетам лакхабаларх вай беза мах белла: шина агIорхьара Iаьнна цIий, дайина, дайна адмаш, дебба заьIапхой, байлахь дисина бераш, хеназа жоьра бисина зударий, гIелделла къоман гIиллакх-оьздангалла, талхийна Iалам, буххера аьтта йукъара бахамаш, йохийна гIаланаш, йарташ, дуьне мел ду дуьйдина къам, дуьненна хьалха «зуламхой цIарах» йаккхийти цIе. ХIора доьзал, хIора стаг хийцина кху луьра, кегаречу замано. Хийцавелла Кацаев Сайд-Хьасан, цуьнан кхоллараллин тематика, сюжетийн харжам, дIахIоттам, турпалхойн амалийн урх, вастийн оьздаллийн куц-кеп, дешархочуьнга болу лерам а. Кацаевс шен къоналлехь хилла дахаре максималистически хьежам, хIумма йа кIай, йа Iаьржа хила деза бохучунна тIегIертар дитина. ХIунда аьлча дахарехь иштта дериг нислуш хилча, бакъ, харц йина лелаш хир дацара. Тахана Кацаев гIеметталлин лакхене ваьлла шен кхолараллехь, вахарехь а. Тахана цунна гIайгIа хила оьшуш дац шен книгаш зорбане ца йовлуш йисарна, шен цIаро вайн къоман литературина йукъахь шена йогIу меттиг цайаккхарна. Шен кхолараллин бIаьстене кхаьчна, йаздархо хилла дIахIоьттина Кацаев Сайд-Хьасан. Цунна тоьшалла до иза коьрта редактор волуш арадолучу Куршлойн кIоштан «Машар» газето, цуьнан «Орга», «Вайнах», «Латта», кхечу зорбанийн гIирсашкахь гучуйевллачу произведенеша. ХIокху тIаьххьарчу шерийн цуьнан произведенешна тIехь вайн тидам сацош, таллам дIабахьа воллу со. Талламхо – иза хIуманах чекхъхьоьжуш, дика, тидаме дешархо хила веза уггаре хьалха. ШолгIа, шен ойланаш кехат тIе йахалуш, шера дийцархо хила веза. Сайга хьуна ма-лаъара и декхар кхочуш далур ду дац-м ца хаьа суна, дешархо. Делахь, со хьуна Кацаевн произведенех кхета атта хилийта, хьан накъост хила-м хьожур ву сайн хьежаман ойланашца.
2. Эвхьазчу заманан чевнаш.
Кацаев Сайд-Хьасанан «Диттийн IиндагIаш» дийцар ду «Орга» журналан №4 2003 шарахь зорбане даьлла. Деа декъехь дийцар ду иза. Дийцаран хьалхарчу шина декъах-м ша дийцар дан мегар дара аьлла хетало и произведени йешча. ХIунда аьлча оцу шина декъахь дуьйцург вукху дийцаран дакъойх хIумма дозуш дац, веккъа цхьа Кацаевн «студенчески циклан» дийцарийн турпалхо Алихаджиев Эльбрус воцург. Цо туьллуш ду дисинчу шина декъехь дуьйцучунна тIекхача тIай; цуьнан синхаамаш бу вайн йаздархочо схьагойтуш турпалхочун дахарехь нисбеллачу де доьхначу, токхечу муьрашкахь дIахIоттарех бустуш. Дийцаро схьагайтарехь Эльбрус нисса шо хьалха дахаран ирсо хьоьстуш мур хилла. Могаш, тайна зудбераша, шайний-шайний бохуш, къуьйсуш ву иза.
Кхунна ша ма-бохху, цу эвхьазчу замане хьаьжжина, мах-бол боцуш эвхьазлонца сакъера мехкарий бу. Оцу хьарамчу дахаро чуозийначу Эльбрусана ца моьттург хуьлу. Иза военкоматехь лоьрийн комиссино, пехашца цамгар карийна, больнице вижаво дарбанаш леладайта. Шена дахарехь хIумма хир дац моьттуш волу жима стаг дуьххьара човхавой, чахчаво кхолламо. Оцу чахчаварх лаьцна дуьйцу «Диттийн IиндагIехь» дийцаран хьалхарчу шина декъехь. Туберкулезни больницин белхан раж, цамгаран халалла, жиргалла, сих-сиха хуьлуш долу баларш, къоначу «Дон Жуанана» могаш-маьрша ша лелачу хенахь ца девзина хIумнаш довзаро кхуьнан дахаре болу хьежам хуьйцу. Шен гIорасизалла гучуйолу цунна, шега хьалха хIара дуьне тIекIел тасалур ду моьттуш хиллехь а. Амма, оццул халачу хьолехь болу дархошлахь жимма цамгар йайеллачара шайн забарш, бегаш, самукъа долу агIонаш лелайо – дахаро шен марзонашкий, хазаллей ийзадо адмаш. Туберкулез йолуш, йаьржаш цамгар йу. Цундела оцу больнице цхьа гуттар йуьхьIаьржа хIуттуш йа бехкен хир волуш хьал дацахь, цомгашчарна тIаьхьа шен чуьра гергарнаш бен атта ца боьлху. Оцу хьалхарчу дийцаран шина декъехь дерг ас-м оццул дахдина дуьйцур дацара, хIунда аьлча оцу шина дийцаран экспозици лара мегар долуш ши дакъа ду ишиъ. Ткъа кхолагIий, доьалгIий дакъошкахь йу дийцаран йерриге тIум. Оццул луьра, кхераме вайна хеташ йолу цамгар кхеттачу Эльбрусана тIаьхьа больнице кхочу кхолагIчу дийцаран декъехь Нураъ цIе йолу жеро. Нураэ жималлин сонталло (дегIан хьаштийн мацалло) безаман синхаамаш хIун йу хаале, ша йезаш хиллачу стаге маре дойту. Амма шегахь, дегIан асарал сов, майрачуьнгахьа тIалам, ларам, дог эца кийча хилар ца карийча, шена и стаг везаш ца хиллий хиъча, Нураъ цIа йогIий, жеро йолу. Оцу йагайарх иза, Эльбрусана тIе нисйаллалц, боьршачу нахах дог даьлла йу.Ткъа Эльбруса иза зудаберашлахь къастийна йелахь, амма иза жеро хиларна, шел ханна йоккха хиларна, цуьнца йолу синкъераман йукъ маре йаран тIегIан тIе ца йоккху йа цкъа «йеза» ца олу. Нураэ шен кхечу зудаберашца йолу йукъаметтиг дIайуьйцу. Амма Нураана ца лаьа, ишттачу хьарамлонан некъа йаьлла, Эльбрусаца «иэхье ирс» декъа. Эльбрусана лаьа, Нурааца долу гергарло йар-йахаран хьоле долуш хилча, лайткъадаран буса Дала иза шен хене йало, жимйеш. ТIаккха лаха-м дагахь вара иза Нурааца шен ирс. Шена луучу цIеначу безаман некъаца Эльбрус шена хир воций хиъча, Нураъ, шена мел хала делахь, ша иза гаре мел сатуьйсуш лелахь, хера йолу кIантана. Иза кхоьру ша безаман бIаьрзалло, Эльбрусана йуххе гIертахь, хьарамчу некъа уозайарна, кхетамо йухатеттахь, синхаамийн ницкъо ша дуьхьалонна гIорасиз йарна. ТIе Эльбруса цкъа «йеза» аьлла, дог ца хьаьстина цуьнан. ХIинца тидаме оьцур вай, больницехь вовшахкхетча, церан ойланийн кочар. Эльбрус: «ХIун дара тхойшинна хилларг? (Вовшен ца гуш, къаьстина, дийна шарахь Iалла – авт. З.Х.). Йа «йеза», «йеза» баха дезара цуьнга? Стенна оьшу дешнаш? Хьан гIуллакхаша, гIиллакхаша, хьан леларо ца гойту хьан безам? ЦIийца йа сица гергарчара вовшашка безам буьйцуш ма ца хуьлу. Йа и ца бийцарх вовшийн кIезиг беза царна? Оццул чIогIа цунна стенна оьшура и дешнаш? Иза – йоI, зуда, йезар хилла ца Iара суна гергахь. Сан куьзга дара и. Сан деган дакъа. Иза сайна гергара хетара суна. Ткъа цунна… ХIун лаьара цунна? Мила хила лаьара со, уггаре хьалха? Цхьана хенахь-м со лайткъадар буьйса ларйаре сатуьйсуш вара, иза сайн хенара хилийтар Деле деха».
Эльбруса дийцарехь кху тIаьххьарчу шарахь, Нураах къаьстинчул тIаьхьа, дуккха хIумнаш гонаха, т1е ша хийцавелла бахахь а, цуьнан ойланаша гойту: цунах хьалхалерчу, зударшца эвхьазчу шерийн заманан чевнийн хьу дIайалаза йисина хилар, цамгаро ша мелла вовалийтинехь а. Эльбрусана шеца гергарло лелош йолу «сте» шен кога къело хилла лела лаьа. Иза цец вуьйлу, Нураана стенна лаьа ца хууш «йеза» боху дош шегара дала. Цунна хаа дезара боху цо, шен леларан гIиллакхашца, гIуллакхашца ша суна йезий. Эльбрус нийса вац, цуьнан ойланаш кегайелла йу. Нураэ тIе мосазза кхочу шен зудаберашлахь болу «кхиамаш» буьйцу цо, иза цхьанаметта шен масехханца хилла болу. Цул тIаьхьа Нураъ шена «йоI, зуда йа йезар хилла ца Iара шена гергахь» бахар къизалла йу йоьIан синмехаллина тIехь. Нураъ шен «деган дакъа», «гергара стаг» хетара шена, иза «шен куьзга дара» бохуш, чIагIдо Эльбруса. КхозлагIниг бакъ ду, амма хьалхара ши «озабезам» Эльбрусан харц бу. ХIунда аьлча, шен гергарчу адамах куьзга дина ша-шех воккхавер вац, жимма ша «куьзга динчунна», хIун хетар те аьлла, ойла йешверг. ТIаккха боху Эльбруса, шена-м Нураъ йоцуш ца торуш, гергара хетара. Ткъа цунна, мила хила лаар теша ша? Мекара хаттар ду иза. Оцунна тIаьххье далочу мукIарлонца Эльбруса шен ледарлонна, уосаллина тешалла до, ша Нураэ шен хилла безам ойу моьттуш. Цо боху «со цхьана хенахь лайткъадар буьйса ларйан сатуьйсуш вара, иза сайн хенара хилийта». Цу тIаьххьарчу дешнашца йу Эльбрусан, Нураан къастаран къайле. Дала лайткъадар буса Нураъ Эльбрусан хене нисйича, тIаккха цхьана дикачу балхана тохалур волуш хилла-кх Эльбрус. Иза безамо багочу кийрара дуьйлуш аз дац, иза, вайнаха олуш ма-хиллара: «Ловзо чкъург, баа хьокхам» ший хила лаар ду. Бакъ болчу безамна шерийн башхалло дуьхьало ца йо. Иза Iадатех озавалар ду. Нураан бехк болуш йа цуьнгара ледарло йаьлла йоьхна йац цаьршинан, нагахь хиллехь, безаман йукъаметтиг. Иза гойту цо (Нураа) Эльбрусе хьалха дуьйна йаздина хиллачу кехато, ша больницера дIайахча деша йоIа дитинчу. Цу кехато гойту йоьIан кийра боьссина безаман хIорд. Синхаамаша карзах баьккинчу кийрара безаман хIордан тулгIеша белхабо йоьIан бIаьргаш, лазадоккху дог, эккхайо синтеме наб. Эльбрус Деле шена вехаран доIане берзабо луьйш болу мотт, шена гергара хуьлуьйту кхуьнан цIеранаш, доттагIий, ур-атталла, ша эмгаралла лаца дезаш долу, кхо шена дуьйцу зудабераш а. ТIаьххьарниг, шена мел хала делахь, Эльбрусана уьш безарна. Нураа кехат тIехь йаздо: «Сих-сиха йоьлхура со. Ма мотталахь, хьо цаьрца хила ца лууш, лан ца луш йоьлхура. Хьо хьайн доьзал болуш (Дела ву-кх дог гуш!), ирсе хуьлийла лаьара суна. Хьо кхечуьнца хилар, сайна мел хала делахь, хьуна дика хилчхьана, цунах там хуьлура суна… Суна-м новкъа дара, бакъдерг аьлча, оцу зудаберийн метта со хила йиш йоцуш, со хьан хенара цахилар а. Ахь ларйийр йу баьхначу лайткъадаран буьйсане дукха сатийсира аса. Амма и карийна цхьа стаг ца хаавелла суна. Хьо вовзалц со йаьхна йацара. Массо боьрша стеган йуьхь цхьатерра мокха хетара суна. Цу массарна йукъахь хьан йуьхь йара лепаш. Хьо цхьаьннан йуьхь. Ткъа хьан… Хьан-м цхьанаметта, дуккха дара зудабераш. Со цец йохура, хьийза йора оцу балхо. Хьох херайала, хьан кхачамбацарш леха хIуттура со, амма рогIера сакхт карийча, хьо кхин йуххера, гергара хуьлура суна. Хьан пенах дIадиттинчу суьртех суна уггаре йуххера хетарг, кара бер эцна, нана тIехь йерг дара. Аса дукха хIума дIалур дара, и зуда санна, хьуна хьалха хилийта. Амма хьуна луучу агIор. И бохам бара, къа дара. Суна и ирс хуьлийла лиънера, бакъонехь долуш, ийманехь болчу нехан ма – хиллара». Нураан кехато оцу шина адаман йукъаметтиг ма-йарра сурт хIоттош схьайоьллу дешархочуьнна хьалха. Безаман ирс кхолларан хьалхе, ша ханна Эльбрусал йоккха хиларна, «жеро» боху цIе шена тIехь хиларна, Нураа кIантехь йитина. Шегахьа йолчу агIор безаман зерех цIена чекхйаьлла. Безамах, шаьшшинан ирсах догдиллина йац иза. Амма кхечу зудаберашца йолу эвхьазло, шеца лело, герга ца вуьту цо Эльбрус.
Эльбрусана и гергарло дохаран дагахьбаллам ша Дон-Жуанан толам ца баккхарехь бу. Нураа ша, кхечу зудабераша санна, ловза ца йайтарна, хета цунна иза хIинца башха, йуххера, гергара. Эльбрусан синхаамийн дог-ойла аьттехьа ца кхочу Нураачуьнга. Цундела боху Нураа кхин дIадолчу кехата тIехь. Шена дахарехь вевзина цхьа стаг бен вацара. Иза шен хилла цIийнда. Цуьнца ша «тIулгах дог шийла» хан йоккхуш къастарна, бина хир бу шена, Эльбрус а везавалуьйтуш, бекхам Дала. ТIаккха боху цо: «Со хьайх херъйала гIоьртича дIа хIунда хецара ахь? Со ца йезар-те хьуна? Цхьаберг хьан бехк ма бара цу тIехь. Хьоьга бен, хIокху дуьнен тIехь цхьаьнгге аьлла ма дацара ас: «Дийнахь, бусий, хьайна луъучу хенахь вола». Кхин хIун дан дезара ас». Нураа иштта аьлча вайна моттадала тарло, иза вайнехан оьздангаллина тIера дIашершина, иза аьттехьа дац. Цо вола бах эвхьаза, йамарта ойланаш йоцуш. Уьш ша чекхйовлуьйтур йоций цо дIахаийтина Эльбрусана. Дийцаран турпалхочунна, эвхьазлонца боцу некъахь дерг, эрна йорт йеттар хета. Цундела цо дIахерйала йитина Нураъ. Иза йоIа кехат тIехь ма-дарра схьадуьйцу: «Баккхийчеран хуьлуш йолу йукъаметтиг сайн хьоьца хила йиш йоций хууш, ойланехь дика дара суна хьоьца. Хьо сох кхета ца хьожура. Хьо сихха воккха хила гIертара, хьайгара оьшург иза ду моьттуш. Ма гIалат вара хьо!.. Хьан вочу ойланаша со ца гойтура хьуна, ма-йарра ца йовзуьйтура». Больницан кертахь, диттийн IиндагIехь, ойланаш йан шортта хан йу Эльбрусан; ша малхехь волуш хьаьддий-веддий лелаш, мел гина хаза йоI, цхьана ханна шен дола йала лууш, саца, ойла йан йиш йоцуш хиллехь а. Нураа шен кехатца нисвала, шайна йуккъехь безам хиллехь ирс каро таро йуьту, шанс олу оьрсаша, Эльбрусана. Цундела цо шен кехатан чаккхенехь йаздо: «Со тохарлерниг йу-кх. Со хийца ца йелла. Со со йу. Хьо вуй хьалхалерниг?» И тIаьххьара хаттар шалхонца тида йиш йолуш ду. Хьо хьалхалерчу оьздангаллина йуьстара ойланашкахь висина йа нисваларгахьа вирзина? Ткъа шолгIа маьIнехь, хьан шега йолу безаман ойланах хIумма дисиний? Амма хьалхалерчу леламаша жим-жима буьйдина Эльбрусан синхаамийн барам мелла байбелла. Цундела Нураан «кийрахь гIевтттинчу зудчун синхьегамашна» тоам балла, безаман алу тоьар йац Эльбрусан. Цо цуьнан лимит кхоъмаза эвхьазчу жималлехь хаьхкина чекхйаьккхина. Делахь Эльбрусан кийрахь дисинчу лараман кIегех сийна цIе кхарстолла, цхьаммо чам баккхаза, безам бу Нураэхь. Оцо дегайовхо ло, и шиъ, цхьаьна кхетахь, ирсе хирг хиларх. Ишттачу айаман тулгIенан хьадар тIехь соцуьйтур вай «Диттийн IиндагIехь» дийцарх болу таллам.
3. Оьздангаллин абат галйаьлча, нисйан хала ду йозанан абатна.
Дуккха дахаран галморзахаллаш гучудоху вайн нохчашна йукъара, къаьсттина вайн къоман пачхьалкх, цуьнан Iедал кхолладаларехь, бIешерийн оьздангалла талхорехь хуьлуш йолу, перестройка йолаелчхьана долчу шерашкахь Кацаевн «Алфавит» цIе йолчу дийцаро «Орга» № 4 2004 шарахь зорбане даьллачу. БоргIанерчу психбольницера дархочо «Колхозан хьаьтта» редакце йаздина кехат диллина шен дийцаран бухе Кацаевс. Оцу кепара шен турпалхочун ойланаш дешархошка кховдайаран сурт шен кIорггера маьIна долуш ду. Цкъа - делахь, йаздархочо гойту шена дуьненан литературийн классикийн Ф.И. Достоевский, Н.Ф. Кафкин сюжеташ, йаздаран хатI девзаш, гергара, тIеIаткъам беш хилар. ШозлагIа - делахь, психбольнице кхочуш болу нах, берриге Iовдала болуш, кхочуш цахилар билгилдо. ХIунда аьлча, дIахIоьттинчу Iедалан чиновникийн йамартлонаш, хIилланаш, къолаш Iорадохург «хьераваьлла» олий кхачаво дела оцу больнице. Ишттачех цхьаъ ву Кацаевн дийцаран турпалхо а. Цунна дахарера йерриге харцонаш, ледарлонаш, телхина оьздангаллийн кепаш нохчийн меттан абат тIера дуьйна гуш йу. Цо уьш нисйан некъаш, агIонаш лоьхуш чиновникийн ца оьшучу хеттаршца къастадо. Цундела цара иза психбольнице БоргIане дIанисво, «лоьрашка-жандармашка» арахь сискалан бен бала боцуш лелачу нахах тарвайта. Ткъа и тарвалар муха хила деза? Дера деза «хьаькамийн алфавит» Iаморца. Цундела боху Кацаевн турпалхочо: «Хьаькамийн шайн алфавит йу. Цара кегий болуш, Iовдалчу бераша школехь «баба», «дада» бохучу хенахь, «схьада», «схьада» олу. Цундела бакхий хилча, хIумма вон Iаш бац». Йуха йаздо Кацаевн турпалхочо: «Шайна хетачуьнца йогIуш йоцу ойла ца йезаш Iедал ду вайнехан. Цхьамма цхьа хIума ма йазйин, о-о, олий, йоккха гIовгIа йоккхуш, «хIара накъост дика лортIехь вац, бохуш». Амма оцу шайн махкарчу, шайн къомах волчу, «накъосто» йемал деш айъинарг, кхечу къоман векалло йаздахь, иза бакъвеш иллешкахь вийца хIуьтту. Ткъа эххар цхьаммо, ванах, вай психбольницехь валлош волчу «накъосто» ма дийцара изза, оцу кхечу махкахочул хьалха аьлча, тIаккха, цу больницехь шаьш хIаллаквинчух гений во. «ХIаллакьхиллачунна хIун пайда бу, хIинца уьш кхетарх? Йа кхетта моьтту шуна? Дукхамммо бохучунна тIехь бу-кх, вайна йукъахь аьлча: Iедало боххучунна тIехь.» «Алфовит» дийцарехь Кацаевс шен турпалхочун цIарах айина проблемаш вайн къоман йукъараллин лазаман чевнаш йу. Эрна, бегашийна дац Кацаевс шен ойланийн хьежам нохчийн матта тIера болабар. Цунна хаьа, муьлххачу къоман культуран бух, орам – иза йозанан мотт буй. Ткъа мотт йозане, зорбане, боккхург уггаре хьалха нийса хIоттийна, буьйцучу меттан аьзнийн курс нийса йа гома гучуйоккхург алфавит йуй, къоман культура гойту оьздангаллин гIиллакхаш санна. Кацаевн турпалхочо-м деккъа алфавитехь долчу шалхачу нохчийн элпийн проблема бен хьахийна йац. Цо-м ца боху, и вайн элпаш шалха дохуш билгалйина хьаьркаш (I, ъ, ь, х) дац цу алфавитехь шайна йогIу элпийн функцеш кхочуш йеш. Цаьргара хIун даьлла, вай шалхачу элпийн йоманаш йина лелийта, шайн алфавитан функцеш хийцина. Оцу вайн шалха элпашна хьалха йазйан хьаьрк ца карош лелош дац и элпаш иштта? Вай кхин тайпа хьаьркаш алфавитна йукъайалайахь, вайн вешан зорбанан гIирс хила безар бу, кириллицин алфавитан таронал (базанал) сов болуш. Ткъа и гIирс кхолла вайн Iедалан доьналла дац. ТIаккха и дича, вай вешан меттан алфавитан хотIан дай хуьлу, вайн маттахь гIуллакхийн кехаташ хIитто деза там бу, школаш нохчийн маттахь хьехаре йевр йу, кхечу республикашкахь санна. ТIаккха вай дуьненан къаьмнийн дахаре нислуш, вешан йуьхь, Iилма, экономика, культура йолуш, Европица, Азица интеграце доьрзур ду. Цу тайпана хиндолчу дахарехь вайн куьйгаллина мехкан, къоман бахам хIур-цIур бан хала хир ду. Цул атта дац Кацаевн, Бексултанов Мусан, Ахмадов Мусан, Айдамиров Абузаран санна болу турпалхошна, психбольницехь йа дахарехь кхиаран некъ бихкина цхьана кIажахь латтабеш, дIахIоьттинчу харцонан низамехь халкъ дацадар. Ишттачу ойланаша сагатдо Кацаевн турпалхочун. А.С. Грибоедовн «Хьекъалах хилла бала» комедехь волу Чацкий санна, Кацаевн турпалхо ву, наха шайх тера воцу дела, Iовдал лоруш, БоргIанехь хан такха хьажийна. Цундела, вада кадаьлла, кхуьнан йуьрта цIа вар нисделча, нах кхуьнга тамашена, къехкаш хьоьжу. «Книгаш дукха йешна, телхина ву», - аьлла, кхуьнан цIе чIагIйелла йуьртахь. Кхунах белархьама, шайн доцу гIуллакхаш дохьаш зударий богIу. Ткъа кхо мелла сонта хIумнаш леладо церан самукъадаккха, нахалахь йахана цIе шена тIера йужур йоций хууш. Кхо мел доьхнарш дийцахь, леладахь зударшна иза тов. Цундела бах Кацаевн турпалхочо: «Со кхетамчохь вац бохуш суна муьшкаш йан ца баьхьа церан (ша волчу гуллучу зударийн – авт.) цIийнадай. Даима четахь лелош дадех йисина шаьлта йу сан. Хийла къонах ву царна (майранашна – авт.) йукъахь, ша сан меттехь хуьлуьйтур волуш». Оцу дешнаша гойту, мел къахета зударшна, церан цIийнадайшна «телхинчу» Кацаевн турпалхочух. Амма майранаш хьоьгуш-м бу, «телхинчух», зударшца цуьнан иштта эвхьаза хилар тардолуьйтуш хиларна. Цхьа боккха дагахьбаллам бу Кацаевн турпалхочунна, ша санначийн цхьа хан йаьлча мукъане, лортIе веана ша аьлла, цIа веана, нах санна дIаволавала йиш цахилар. «Наха цкъа йаьккхина цIе тIехь йуьсуш хилар, дика йелахь, вон йелахь».
Амма «телхинчийн» цIарца БоргIанехь сецочу нахана шайл хьекъална галбевлла нах арахула, хьаькамашна йукъахь даржашкахь хилар гойту вайна дийцаран турпалхочо трасси тIехь шайна гина сурт дуьйцуш. Кхузахь гучудолу вайнах Iедалан даржашка сутара хилар, шаьш оцу даржашна, мел хьакъ дацахь уьш дIалеца.
Суьйранна, лоьраш лахбелча, церан тIалам жимма гIелбелча, трасси тIе бовлуш хилла «цомгашниш», шайна тIехбовлчара хIума тосу дела.
Иштта хIорш лаьтташ новкъа хаьхкина йогIучу «Жигулин» чкъург семанна тIера йолий, машен, гIеххьа такха текхаш, соцу. Кацаевн турпалхочо боху: «Жимма чехка вогIуш хиллехь цу тIера охьавоьссинчу хьаькамех стеган, байлахь бисина доьзал гур бацар-кха хьуна нахана, цуьнан дарже охьаховша сихлур бара». Цул тIаьхьа и хьаькамех волу стаг, сирникаш летош, шен чкъург къовлуш йолу ши болт леха хIутту бодашкахь, кхарах (телхинчу нахах – авт.) ийза луш. Дийцаран турпалхочо (телхинчо) боху цу хьаькаме: - «Хьо-м тхол галваьлла ма ву. Кхаа чкъурга тIера цхьацца болт схьайаккха. Массарна тIехь кхоккха болт хир ю хьан. ЦIа кхаччалц тоьар йу хьуна… Кхин хьекъал доцу нах, тхайн больницал арахьа, дуьххьара гуш вацара со. Даржехь болчу нахана массарна моьтту хьуна, шаьш нахал хьекъал долуш бу. Ца хилча, уьш муха кхочур бара цига? Доккха хьекъал ма деза стагана, оьшучохь хьаькамна хьаставала, оьшучохь совгIат дан а». Хьакамашна товр доцу вайн дахаран бакъдерш ду дийцаро Iорадохурш. Амма дац кеста вайна йукъара дIадевр долуш-м. Iедалан эшелонехь мел долу хIума духкуш, оьцуш ду, вайн, Нохчийчохь хьовха, йерриге Россехь а. Делахь вайна йукъахь массо хьукматийн, махкаматийн пхенашкахь сецна, уггаре шен эхь дайначу куьцехь чIагIделла кхаъ эцаран, баларан гIуллакх. Кацаевн «Алфавит» дийцаран турпалхо вайн заманхо ву, шен хила ма-йезза кхиъна граждански ойланашца. Цунна бала бу Нохчийчоьнан массо дахаран агIонийн. Цундела цо вайн галдолчу, ледарчу, хьарамчу, Дела реза воцчу хIуманех, адамех цIандаларе кхойкху. Вай Iедалан дарже мел кхаьчнарг шенна бен, шен озабезам болчарна бен пайда, дика болх, аьтто лохуш ца хилча, вай мича бакъонан низаме кхочур-те бохуш, хоьтту-кх Кацаевн турпалхочо. Иза дийцарехь ша бохучунна тIера вер воцуш, шена чохь са мел ду, къарлур воцуш, нийсонан некъа ваьлла заманхо ву. Цуьнан дац хIилла, шеца психбольницехь болчу накъостийн санна (дийцарехь Паший, Iала-Солтий ву и шиъ – больницехь баьхкина уьш оцу «кхетаме»). Оцу шина накъостана, шайна йеанчу Iедалан комиссино луш долчу хеттаршна, хьаькамаш реза хинболу жоьпаш дала хаьа. Комиссино Пашега хотту: «Тхо догIу дайча, ламеш тIехь туьйнаш деттар саца хIунда дира ахь? Эхь хийтира хьуна?» ТIаккха Кацаевн турпалхочо бах шегара: «Паша Iовдал ма вац. Бакъдерг алахь, карцер чувуьллур ву».
Ша карцер чу ца волийта, лоьрашка комисси дIайахча, комиссина, лоьрашна товн дерг олу Пашас: «Сан туьйнех шуна лами ца хилийта». Пашин жоьпана комисси реза хуьлу.
Iела-Солте, хотту комиссис: «Массо басарх дуьзначу (дакъадалаза басар тIехь долчу аннаш тIе – авт.) аннаш тIе хиъна вара. Ахь буха газет диллинера. Хеча бехйаларна кхоьруш вара хьо?» Iела-Солтас жоп ло: «Накъостел лакха вала гIертара со». «Нахана мичара долу хаац и хIилла. Цуьнан жоьпах там хилира комиссина», - ойла йо дийцаран коьрта турпалхочо. Эххара кхуьнга хеттарш дан йолало комисси, амма къамел кхуьнца дац, кхунна тIехьовсучу лоьрашца: «ХIара Чикобава (Арнольд Степанович Чикобава – гуьржийн академик, меттанийн Iилманан говзанча – авт.) хIун деш ву вайн? Алфавит тIехь болх беш вуй хьо? – бIаьрг теIабо куьзганаш долчо». Дийцаран турпалхочо ша хьалха, кху больнице кхачале, йолччу ойланехь дерг дуьйцуш гойту комиссина. «И накъост ларван везаш ву», - аьлла, дIайахана комисси. «Тхо йуьхьIаьржа хIунда хIиттадо ахь?» – бохуш, дов до Воккхачу лоьро, цомгашчунна». Иштта, бакъ луьйш волчунна дов деш, иза чехавеш, «боьханиг цIена гуо» бохуш, «цIарматниг ца гуш хила» бохуш, йамартниг йемал ма де бохуш, хьарамниг хьанала гуо бохуш йа «бIаьргашна бIаьрзе хилий, лергашна къора хилий, бакъдолчунна мотт саций» Гайтукаева Банас ма-йаздарра, даха боху-кх кху Нохчийчохь вайга. Ишттачу дерзоран жамIе валаво-кх дешархо Кацаевн дийцаран турпалхочо дечу къамелан маьIно: «Со кхочур ву шуна редакце. Дерриг кехат тIехь йаздойла йац. Цхьадерг къайлах дийца дезаш ду». Оцу кехат тIехь йаздан, дийца йиш йоцу, йаздечунна, дуьйцучунна кхераме долу хIумнаша дакъаздоккхуш, бакъонний, нийсонний йуьстар доккхуш ду вайн къам. Нохчийн къомехь хилла доцчу, тахана товш доцчу, иэхьечу гIуллакхашна (массанхьа – дешарехь, белхашкахь, гергарлонашкахь ахчанан, совгIатийн кхаьънашка марздалар, даьхнин леш хилла дIахIиттар, корматалла йоцчу даржашка кхача гIерташ къийсадалар, соьмех, долларех дохкадалар, вешан мотт, Iадаташ, гIиллакх-оьздангалла дIатасар), оцу марздаларшна вай хера ца довлахь, вай бух боцчу Iинах даха герга кхаьчна. Оцу кхерамах вайга лардалар доьхуш Делан кхоьле вирзи А. Сулейманов, А. Айдамиров. Оцу кхайкхамца вай нисдаларе сатуьйсуш бу Ахмадов Муса, С-Х. Нунуев, М. Бексултанов, царна тIаьхьа кхиъна вогIуш Кацаев Сайд-Хьасан, иштта кхин болу вайн куьлтуран, дешаран, литературан, искусстван вежарий, йижарий а.
4. Къелло, Iедало чул башха, гIиллакх ца лардо.
«Йал йаккхар» цIе йолу Кацаев Сайд-Хьасанан дийцар зорбане даьлла «Орга» журналан № 12 2003 шарахь. Оцу дийцаран сюжетан бух, хиламаш туркойн махкарчу йаздархочун Факир Байкуртан произведенех схьабевлла белахь, вайн Нохчийчоь «Россехь дIакъаьстича» хIоьттинчу хьоло дагатесна хиллехь, цу дийцаран мехалла, лакхайаккхар бен, лах ца йо. ХIунда аьлча муьлххачу мехкан Iедал шен декхаршца ларадалар дустуш ду, цу махкахь дехачу адамийн Iер-дахаран хьоле хьаьжжина. Нагахь шайн доьзалаш шаьш хене муха бохур бу ца хууш, царна дан хIума доцуш бIаьрзе нах алсам белахь, цу мехкан Iедал шен декхаршца ларош дац. Иштта Iедал долчу пачхьалкхехь хилла хьал хила тарлуш ду, 1992-2002 шерашкахь, вайн махкахь хIоьттинарг санна туркойн махкахь, Факир Байкуртан дийцарна кхача белларг.
Кацаевн дийцар шина декъехь ду. Хьалхара дакъа иза, Байкуртан турпалхочо доьзална напха лаха, нахера декхарна хIоаш даьхна, са йаккха вахарх лаьцна ду. Оцу декъехь дешархочунна кхета хала хир долуш чолхе хIумма а дац. Ша арабаьккхинчу некъахь шегара йал йоккхурш алсам нисбелла, хIоьэх декхар дIадалла хIума ца хилла, кешнашна арахьарчу диттан IиндагIехь, беллачех хьоьгуш, ойланашка воьжна Iаш хилла, хIоьэх са йаккха ваханарг.
Дакъа дохьуш кешнашка богIу нах гича, дагадеана къечу пекъарна, барам айбина богIучаьрга мах беха. Кхо ша Iедало кешнашка дакъа дIадоллуьйтург мах баккха хIоттийна аьлча, веллачун верасаша кхо боьхуш болу мах дIалой, шайн стаг дIавуллу. Кхо йоккхучу йолана кхин нах дуьхье кхиа ца гIерташ, йуха Iедало, кхо лелочунна тIаьхьа кхиъча, цо йал йаккхаран бакъо чIагIйина, чохь Iан белхан кхунна хIусам йеш, и гIуллакх кхин дIа дIакхехьа хIоттийна хIара. Везиро аьлла кхуьнга: «И санна долчу хIуманна тIехь (хьайна са йолучу хIуманна тIехь бохург ду иза – авт.) Iедал, паччахь вицван мегар дац. Вай балха дIайазвийр ву хьо. Кара бакъо лур йу. Айхьа хIинццалц ма-йаккхара йал йоккхур йу ахьа, амма дIайаздеш, чот лелош. ХIокхул тIаьхьа хьо Iедалан векал ву. Ас цигахь цIа дойтур ду хьуна. Хьада хьйн болх бе кхин дIа».
Iедална бен дац, гIиллакх-оьздангаллица адамийн дагIахь, ца дагIахь, сане хIума хилчхьана шена пайда хуьлуш. Дийцаран шолгIачу декъехь хиламаш Нохчийчу боьрзу. Москвахь Iедал дохар бахьана долуш, Iана йоьду СССР. Кхоллало СНГ. Нохчийчоьно, Россех ша дIакъаьстина бохуш, шен Iедал кхуллу. Акхачу капитализман низамо йукъара пачхьалкх бахамах лакхарчу даржашкахь хиллачу Iедалан хьаькамашка, къоланна хIайт-аьлла, эхь-бехк дайначу нахе лаца хIума ца дуьтуш, хIурпака боккхуьйту. Мискачу нехан гIаддов, къаьсттина вайн махкахь. Оцу шерийн дахаран халоно, тIеман къизалло нохчийн къам хьаьшна мур буьйцу Кацаевс шен дийцаран шолгIачу декъехь. Нохчийн Iедалера гIо-м муххале дацара оцу шерашкахь хуьлуш. Мелхо наха херцорашний, эрна арахь вовшахтоьхначу йохка-эцаран базаршкара йал йаккха, директор ву олий, цхьа бохьбучIа билгал вой, нах хьийзабора «тIехь йоцу йасакх» ло бохуш. Реза воцург, дуьхьало йийриг бишканах воккхура циггахь, цхьа суд йа кхел йоцуш.
«Россица ца ийгIинехь шаьш дуккха дика Iийр дарий, шаьш Iехош дуй, пачхьалкх йан гIерташ, цуьнца бала болуш цхьа воций хуучу нехан, хIара Iедал бахьанехь, йа арахьахула лела маьрша боцуш, йа чохь Iен паргIато ца луш, массо агIор догъэтIара», - йаздо Кацаевс. Иза вайна массарна гина, ловш, хIора хIусамехула чекхдаьлла бакъдерг ду. Оцу хенахь Нохчийчохь хIоьттинчу хьоло Кацаевн иэсехь карладоккху туркойн йаздархочун дийцар. ХIинца вайн махкахь йал ца йоккхуш цхьа хIаваъ бен дац, шен иза даккха, дIакъовла агIо ца карош дисарна Iедал. Киношкахь йийцина капитализм вайн дахарна чуйаьржина шен уггаре цIарматчу, къиза куьцешца. «Бусалба Iедал, нохчийн гIиллакх бохург аьттехьа дац». Оцу дешнашца чекхдолу Кацаевн дийцар. Нохчолла, бусалбналла долу дешархо къаьхьачу ойланашца вуьту дийцаро, шен дагахь хаттарш кхолладолуьйтуш: «ХIун хуьлуш ду-те хьох, нохчийн къам? Соьман лай хилла Малхбузенах тарло-те хьо? Йа хьайн Малхбален барт боьхначу бусалбанех дагадолу хьо? Йа хьайн гIиллакх-оьздангаллех, тIерикъатан бусалбаллехь дендаларца чIагIлуш, хьайн йуьхь, йахь йолуш, дуьненан халкъашлахь дахаран некъ лоху ахь? Оцу тIаьххьарчу хаттаран чулацамехь Дала нисдойла-кх вай къам.
5. Къаьмнийн маршонехьа кхолламийн некъийн башхаллаш.
Кацаевс 2002-2003 шерашккахь йазйинера «Маршонах лаьцна» статья нохчийн къоман, жуьгатийн къоман кхолламаш, тIамо вайнахана тIехь даьккхина эра дуьйцуш йу. ТIамал доккха зулам, вон дац къомана тIе дан ша цамгаран ун дацахь, йа мел долу хIума дIахьокхуш мохца мохкбегабар дацахь, йа тIаплам эккхар дацахь. Дала ма хуьлийтийла уьш цхьа, амма тIамо шен дожалан къиза амалш, кIоршаме йуьхь гайтина вайна. Цундела ду Кацаевна даима: гIенах, самах, балхахь, миччахьа ваьлча дуьхьала лаьтташ тIеман буьрса сурт. «Ондда хьуьнар, боккха ницкъ (лам санна собар – авт.) оьшу стагана кху заманахь хьекъалх ца талха. Кхераме жайнеш дешначу стагана хир бац коьртана, дагана кхин боккха ницкъ», - йаздо Кацаевс. Маскаш йоьхкинчу нехан жIаьлелла, цара тIепаза хIаллак бен кегийрхой, некъахошкара йоккху йасакх, доьзална хьалхха лелош йолу харцонаш, хьо хIумма йоцчу хьоле воккхуш. Дуьхьало йахь вуьш йа заьIап вуьтуш. Масех стаг къоначех, шаьш фашисташ бицбеш хьйзинчул тIаьхьа, тротилца лоьлхуьйтуш, гергарчарна тIебаха кошан барз ца бисийта. ДIа ког баькх-баьккхинчохь талораш ден федералийн пIелгех, логах дашо хIумнаш, кIел туьйсуш кузаш, тIеховшуш креслаш даима шайца лелош, хоьхкуш нахера схьайаьхна машенаш. Цара и дерриг шаьш Нохчийчу богIуш цIера, Россера, ца деаний-м хаьа эпсаршна, инарлашна. Уьш закон нохчашка лардайта баьхкина, амма шаьш кхузахь и ца лардарх шайга жоп доьхур доций хаьа царна. Цундела доладо статьяхь шен къамел Кацаевс оьрсийн революцех ведда Франце ваханчу оьрсийн Iилманчийн Н. Бердяевн дешнаш, немцоша Францина оккупаци йиначу хенахь: «Оккупацел синлазаме, стеган сий дойуш хIума ца девза суна». Iаламат меттахь, догIуш аьлла ду Кацаевс: «Оккупаци кIел Iаш волчу къонахчунна кхераме Iожалла йац, муьлххачу минотехь шена тIедан тарло эхь, цу иэхьах кхерар, ларвала йиш цахилар ду». Халкъ балехь долуш корта айина, эвххьаза леларш (нохчийн къомах болуш – авт.), царна (оккупанташна – авт.) болх бийраш бен бац. Биснарш (шаьш къонахий белахь) цхьана хIуманна йукъа ца гIерташ, адамаш гулло меттигех ларлуш, чохь Iа, йа тIаме боьлху, йа махках бовлу». Кхин дIа долчу статьян шолгIачу декъехь Кацаевс хьахайо вайна йукъахь лаьттачу чIир йекхаран кхелан зуламе агIонаш. Вайна йукъахь пачхьалкхан низам доцчу хенахь, и чIир, вайн кхин долчу Iадаташца, гIиллакхашца адам нисдеш гур, доза хилла лаьттинехь, тахана вай пачхьалкхан низаме дерза гIертачу хенахь, пачхьалкхо шена тIелаца дезаш, наха пачхьалкхан кхоьлехь дита дезаш гIуллакх хета Кацаевна. ХIунда аьлча, и чIиран бекхам нахехь мел буьсу, вайн мостагIашна аьтто болуш ду оцу Iотта-баккхам тIехь, вайна йукъахь хаддаза мостагIалла латто вовшашца. Ткъа пачхьалкхан даржехь, нуьцкъалчу структурашкахь волу стаг кхера ца веза зуламхой совцош, царна кхел кхайкхош валарх, шена чIир хьейарх зуламхойн верасаша. Ишттаниш белахь, уьш орамца бухбаха беза вайн махкара. Пачхьалкх кхолла, маршо йаккха Iалашо йолуш долу къам гражданаллехь кхиъна дала дезаш ду. Жуьгатийн къам санна, барт болуш, вовшен гIо деш хила деза шайн къомах болчу нехан, уьш муьлххачу дуьненан маь11ехь бехаш белахь. Шен мотт, дин, дайн гIиллакх-оьздангалла лардеш хила деза, 2000 шарахь жуьгташа санна, бохуш кхетам ло Кацаевс вайна статья тIехь. Цо хоуьйту вайн пачхьалкх хила ца йуьтуш дерш вай ваьш хилар. Вайн гIуллакх дIадаха ца дуьтуш болу зуламхошна маьрша лела, кIелхьара бовла меттиг йуьту вай, герзашца арабевлла уьш леллашшехь. Шайн доцчу хьекъалца вайна хьалха бевлла, маршонан болам Россица тIаме баьккхина. Йуха шаьш, йа церан доьзалша беш тIом боцуш, вайн кIенташна гIазот кхайкхийна, дерриге къам жоьжахатин цIерга, бух боцчу Iин чу кхийсина тхьамданех» къонахий, турпалхой бина лела вай. Цундела бо Кацаев Сайд-Хьасана уьш, шина агIорниш (вайн нохчийн пачхьалкхана реза боцуш, оьрсий чубехнарш, оха Росси, хIара дуьне иймане далош, хьаьшна дIадоккхур ду баьхнарш а) бехке, вайга къемата-де хIоттош даьхкинчу тIеман шерашна. Оцу шина агIонан чIираша хьийзош ду вай тахана, маьршачу дахаран йист йала ца йуьтуш. Оцу нехан чIир, шина агIорчийн, пачхьалкхан Iедало листа, къасто йеза, халкъ хьийза ца дойтуш. Цара вовшашна дечу зуламаша, федералийн тIемалойн къизаллой чIанайаьккхи Нохчийчоь хIокху кхойтта шарахь. Вай къам маршо бохучу дешан маьIнах нийса цакхетар, маршонехь лела, даха ца хууш, иза урх йоцуш хилар билгалдо статьяхь Кацаевс. Нийса йаздо цо, СССР йоьхначу хенахь «вайна лела хиънехь, Дала дика аьтто бинера вайн. Йа маьрша пачхьалкх кхолла, йа Россица бертахь даха». Цхьаболчу нохчашна «маршо ахча даккха, даьхни гулдан йезаш йу, муьлхха некъашца, хьарам-хьанал ца къестош; ткъа жуьгтийчунна ахча, даьхни шен халкъан маршо ларйан деза. Цундела, нохчи ахчанна тIаьхьа ваьллачохь, маршонах хеда, жуьгташа кхиамаш боху», - чIагIдо Кацаевс Сомерсет Моэман дешнаш далош: «Нагахь санна къомо цхьадерг маршонал лакхара ларахь, цо йойур йу шен маршо,… нагахь и цхьадерг комфорт (хIусам, чуьра баккхал – авт.) йа ахча делахь, царах дер ду къам». Нохчашна хилларг ду и», - шегара тIетуъху Кацаевс. Амма оццу авторо йитинчу дегайовхонан агIоно воккхавево Кацаев, вайн къоман хиндерг, тIаьхье, беркатца доьрзург хиларна. ХIорш ду Моэмес дегайовхо йуьту дешнаш: «Шен маршонехьа къийсам латточу къомо, и ларйийр йу, нагахь санна цуьнан кху тайпа мехалла хIумнаш делахь: бакъдерг, доьналла, тешам (вовшех – авт.), хиндерг хаар (хьалххе хиндолчун сурт девзаш хилар – авт.), шен са ца кхоадар (маршонан балхана – авт.) Уьш доцуш цо (къомо – авт.) шен маршо лар ца йахь, ша-шен бен цхьа бехке ван йиш йац».
Вайн маьлхан дуьнен тIехь дехаш долу массо къам шайн маршо къовсамехь ларйеш ду. Нахана зеделлачух пайдаэцаре кхойкху кху статьяхь Кацаев вайн къоме. Тахана вайна гонах маьрша дехаш долчу къаьмнийн пачхьалкхаша, царна чохь дехачу къаьмнаша шайна йукъахь законашна муьтIахь гражданаш кхиийна, пачхьалкхан законаш ларда, цIенна дIакхехьа идейно тешаме нах хIиттийна, шаьш мухачу пачхьалкхан къепе йеш йу къаста дина, кхочушйина шайн Iалашо. Вайна (нохчашна) хаа деза кхечарна зеделларг. Уьш хьесапехь долуш, кхолла йеза вай вешан «пачхьалкх боху Кацаевс, цкъа хьалха, нохчийн синошкахь. ХIотто йеза (коьртехь, дегнашкахь – авт.) нохчийн пачхьалкхан лард (бух – авт.), философи а». Ас-м тIетухур дара вешан маттахь Iилма, оцу бух тIехь экономика а. Кхин дIа болчу Кацаевн статьян хиламаша дуьгу вай жуьгтийн, нохчийн къаьмнийн маршоне беш болчу беха некъ бустарца Ханаанан махка. Оцу махках бохийна лелабо уьш кхолламо 2000 шарахь сов, дуьне мел ду буьйдина Муса пайхамаран (I.с.) заманера дуьйна Дуьненан шолгIа тIом чекхбаллалц. Дала шайна диначу диканийн пусар ца дарна, оцу диканна пебетташ хиларна, хилла бекхам бу иза жуьгатийн къомана. Цундела боху Кацаевс статьяхь: «Дала диканиг дан кхоьллина долу нохчийн къам, Делан дика тIе ца лацар бахьанехь, мацах жуьгтий санна, хьийзабо». ТIаьххьара дешнех кхета хала ду Кацаевс аьллачу «Делах накъостий беттар». ХIун дагахь, мича маьIнехь далийна и дешнаш. Цхьана агIор хьаьжча вайн къомо тIерикъатIан дайшка (шайхашка, эвлийаашка, устазашка) боцу ницкъ кхийдабар ду-те, уьш Делан кхел хийца йиш йолуш хеташ? Ткъа шолгIачу агIор Деле санна, оцу Делан Векалшка кхайкхар ду-те? Йа кхолагIчу агIор Iеламнехан, устазийн хьехамаш тIехь (ткъа цара уьш Сийлахьчу КъурIанна, Элчанан (I.с.в.) Суннатна тIетийжаш ма бо) вай,оцу дозанна чохь ца совцуш, ваьшна цу эвлвйаашна Дала белла хила луъучул, цаьрга ницкъ кхийдош, урх йоцчу низаме г1ертар ду те? Иза къастийна хилча, дешархочунна атта хир дара кхета, нисвала, луучунна иймане ван а. Жуьгатийн, нохчийн къаьмнийн амалш нисса бIостанехьа хилар гойту Кацаевс кху статьяхь. «Жуьгаташна вовшен безар бахьанехь бац, - боху Кацаевс, - царна йукъахь барт лаьтташ». Уьш дахаро вовшашна орцах бовла, вовшен гIо дан, шайн стаг корматаллица хьалха татта, цуьнан сий айа, и даржехь лакха мел вели, цуьнан оцу лакхенгахь латта аьтто бан хаьа. «Цара гIо до вовшашна маршо йаккха, муьлххачу пачхьалкхехь санаш йаха, цу пачхьалкхашкахь Iедалан даржашка кхача, шаьш къайлах лелош йолчу политикан ойла йан меттиг ца хилийта, оцу къомана коча таса кхин баланаш карабо царна, шайн олаллехь оцу махкахь чIагIбала». Кацаевс гойту статьяхь жуьгташа шайн маршо хьекъалца, говзаллийн корматалица, дешаран Iилманца йоккхуш хилар. Ткъа нохчийн къам даима и маршо туьрца, майраллица йаккха гIерта. «Нехан масалх пайда эца хьекъал ца кхачахь, жуьгташа лайна баланаш кхин эзар шарахь лан дезар ду вайн. Цу дерригенах кхета Дала пурба лахь, къоман барт хилла, цу баланех девр ду вай», йаздо цо. Къаьмнийн барт (нохчийн, оьрсийн а) эгIаро ца беана вайн махка тIом, боху Кацаевс. Нохчийн пачхьалкхехь низам хIотто, пачхьалкхан Iедалехь куьйгалла хьанал лело ца хиира вайна. Къам вирдашка декъаро, тайпанашца къестаро, пачхьалкх ца кхоллийта дуьхьал бевлла хилларш, пачхьалкхан гечешкахь даржаш делла, амнистина йукъабахийтаро, харцийра, тхьамарийн гIала санна, вайн пачхьалкх. Хадийра маршоне боьду некъ а. Маршонан некъах талорийн, Нохчийчоьнан экономикин бахам хIур-цIур баран сакхмакхаш хилара. Уьш эххар а йан йайна, вайн эмираш, инарлаш, президенташ, имамаш Росси, хIара дуьне талош, карадерзо вовшахкхийтира. Жуьгтийн къам вовшен лоруш, ладугIуш, шайн Iеламнехан хьехамашна кIел совцуш бу, муьлххачу пачхьалкхехь бехаш белахь а. Нохчий вовшен лерича, ладоьгIча эхь хеташ бу, церан маьршачу кураллин букъ боь йа ах-ух бовлу йоккхачу йуьхьIаьржонца. Нохчийн молланаш, Iеламан нах Делан дош кхайкхош, хуьлучу зуламна (тIом вайн махка балорна) дуьхьал ца бовларна бехке лору Кацаевс. Россин Iедалан бехкенна лелла вайн махкахь криминалийн тобанаш (Россин, Нохчийчоьнан) долаллина вайн мохк, цуьнан коьрта хазна (нефть), кхин долу Iаламан, бахаман сурсаташ къовсаран боьха, къиза тIом. Кацаевс ма-дийццара: «Гуш дерг бертахь (нохчийн, оьрсийн хьаькамаллин жоьлкаша – авт.) – хIора ша-ша. Цхьа хан тIекхаччалц, хIоранна моьтту, шех хIумма хьакхалуш дац. Амма тIом массарна болу. Зуламна дуьхьал вала ца лиъна хьо, зуламо, тIамо аракхуссу хьайн чуьра. Цундела йуьххьехь сацо дезаш ду зулам».
Кацаев шен статьяхь вай цхьана дуьззина бакъдолчух кхето гIерта. Хилла чекхдаьллачунна вай делхарх, леткъарх кхиа хIума дац. Вай делха деза, кхин и саннарг вешан махкахь ца хилийта. Къам девна йукъа таса гIерташ, бIешерийн чIираш Iотта-баккхамаш уьйуш берш, имамаш кхайкхо гIертарш йа шаьш бовла гIертарш кхин цкъа вайна юкъахь ца гIовттийта, ца денбалийта, питана, зулам вайн махкахь кхин ца гIаттийта сема хиларе кхойкхуш воьлху иза, шен дагах цIий, бIаьргех хи лешош. Кацаев йуьстара бIаьрг тохархо вац шина тIеман цIе кхарстарашкахь. Иза вайн къомаца вогуш, кегвеш, охьуш, леш, докъаза вовш, дуьне мел ду вуьйдина, шен меженаш схьагулйина халла денвала гIерташ, Iадийна са ах тхуьздоьллачуьра йухадерзаза, йеккъа нохчочун йохьо, собаро, доьналло Iожаллина, кхолламна къар вала ца вуьтуш, схаьвалош ву вайн къам санна. Дала мукъалахь, кху тIаьххьарчу шина-кха шарахь вайн дахар хаъал марша даьлла. Референдум йар, Президент харжар, вешан Iедал кхоллар, нуьцкъаллин структураш чIагIйар, адмашна пенсеш, пособеш, белхан меттигаш жим-жима кхоллар, вахар-вар дуккха хьалхачул маьрша хилар, зуламхошна шайна моьттург чекхдер доций хаийтар, цу дерригено гойту, вайн дахар шен маьршачу гIодчу доьрзуш, вай денлуш хилар. ХIинца хинболчу харжамашкахь Парламент харжахь вайн законийн лард меттахIуттуш шорлуш ду. Соьга хаьттича вайн керлачу Парламенто уггаре хьалха даккха деза вайн махка тIом, дов, зулам, имамалла дар доьхкуш долу закон. Гондахьарчу къаьмнашца, Россица бертахь дахаран, ца эгIаран закон а. Тоьар ду вайн дайша, вай маршонна дIаделла кIентийн синош, белхийна наной, байлахь дитина бераш, вешан цIийца хьандина латта. Иза дац вай маршонах дог дилла деза, вайна вешан пачхьалкх ца оьшу бохург. Вай маршоне гIерта деза, вай пачхьалкх чIагIйан йеза, кхечу къаьмнашна зеделлачунна тIехь Iемаш. Кацаевс шен «Маршонах лаьцна» статья йерзош тIекховдочу некъаца: «…I) бусалба динца нисдалар; 2) тIом ца бар; 3) нохчийн мотт Iамабар, бийцар, нохчийн маттахь йаздар, дешар, цу маттахь Iилманан белхаш бар, и пачхьалкхан меттан тIегIан тIе баккхар. Дин доцчу къоман эхарт дац. Мотт боцчу къоман дуьне дац. И ший аксиома йу. Делан къинхетамах валарал доккха кхин хIума дац цхьа. Мотт боцу йа шайн мотт ца хуу къам – делла къам ду. Къам дийна латториг мотт бу. Нохчийн къоман идея Россих дIакъастар йац (Россих дIакъаьстина бохучу иттех шарахь Iийна вай мотт дIатесна), къоман идея (историн хIокху муьрехь) халкъ дебор, мотт кхиор йу». ТIаккха М. Мамакаевн маттах лаьцна стихийн байт йалайо Кацаевс:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.
Кацаевс аьллачунна тIетоха лаьара суна баккхийчара дуьйцуш хезнарг. Дала къайле цIинйойла цуьнан, Iовдин Iелас ша, наха вита ца витина, ЧК-ана каравоьдуш, ша дIавала Iедале шеца богIучу накъосташка аьлла дешнаш: «ХIинцачул тIаьхьа туьрций, тоьпаций вайн маршонехьа болу къийсам чекхбаьлла шуна. Кхин дIа маршонехьа болу къийсам дешарций, хьекъалций хила безар бу шуна». Оцу дешнийн къилбанца вайн къам дIадодахь, вайл маьрша халкъ кху дуьненахь хир дац. Дешар, хьекъал дебор атта болх бац. Оцу балхана Iама масал ду вайна Кацаевс статьяхь, шена хааре терра, дахаран историн коьрттера гайтина жуьгатийн къам. Одессехь политически институтехь дешначу тхан йуьртахочо бийцира суна, ша жуьгтийн доьзалехь квартирехь Iаш, шен хилла тидамаш. Цо дийцарехь жуьгташа бер аганан хенахь дуьйна экам, осала ца Iамадо. Бер дузош раж лоцуьйту, могаш, цIена леладо. Дузо хан тIекхаччалц, иза мел делхарх, нана аьттехьа ца йоьду. Бер шена тIекховдийнначу рожах дулу. Бер деша дахийтар жуьгтийн деза де ларалуш хилла, цу берана оьшуш лерина башха даарийн бист кхаччалц. Да, нана йа кхин болу баккхийрнаш и де даздан гулло. Школехь беро мух-мухха дешарна реза ца хуьлу цIеранаш. Беро пхеаннашна деша деза, цундела денна цу беран дешар тидамехь ду жуьгтийн. Берана къаьсттина дезаделла, цуьнан похIма гучудаьллачу хIуманна оьшуш долу хIума, хьехархо лаьцна йа спецшколе дIанисдина беран хьекъал шена дезаделлачу хIуманна тIехь кхуьуьйту. Школа жуьгтийн беро медальца йаккха йезаш йу, дашониг ца хилахь а, даточуьнца мукъане а. Институт йаккхар – иза жуьгтийн беран декхар ду, цIечу дипломца. Говзаллица болош болу болх лаххарчу даржера дIаболабахь, лакхарчу дарже шен хаарша вига веза жуьгтий. Ша схьалаьцначу Iалашоне кхаьчнехь, иза гIо дан декхарийлахь ву шен къоман нахана, цаьрца йиллина зIе латто, муьлххачу махкахь уьш белахь а. Ма вай берийн кхиарх, дешарх, дахаран Iалашоне кхийдарх тера бац жуьгтийн доьзалан дIахIоттам! Жуьгтийн гIарабевлла говзанчаш боцуш дахаран цхьа кIаже йац. Музыканташ, художникаш, йаздархой, лоьраш, инженераш, химикаш, физикаш, биологаш, архитекторш, скульпторш, политикаш, бизнесменаш, журналисташ .Уггаре гIаддайнарг йохка-эцар лелош йа мачаш тоеш, йа бедарш тоьгуш хуьлу. Ткъа нохчий стенга боьлху деша? Дала гечдойла Абузар Айдамировна, цо ма-аллара, вай деррише: милцой, суьдхой, прокурораш, адвокаташ, экономисташ, строительш, лоьраш йа вневедомственни охранехь хехой, йа заготовительш, завскладаш, пожарникаш хила гIерташ ду. ХIунда аьлча цигахь катоха йа алапал сов хIума йаккха меттиг болу. Оцу хьарамлонца доккхучу рицкъина кIел хиъна, тебаш долу къам Дала муха кхачор ду маршоне, «йозуш йоцчу» пачхьалкхе. Абузара ма-баххара, вай къам цамгар кхетта ду – иза хьарам даьхнега сутараллица. Оцу цамгарх къаьсташ, вай, жуьгтийн доьзалша санна, вешачаьрга пхеанна дешар, дика говзанча хилар, шен корматалла, хьекъал тоьачу даржехь болх бар, хьанал хилар ша къахьоьгу чохь тIелацийтахь, вай маршоне кхаьчний ду. Амма и дерриге вайна вешан нохчийн мотт пхеанна хаар тIера доладала деза. Маттаца бен кхуьуьйла дац вайн нохчийн: Iилма, экономика, культура, цаьрца цхьаьна къоман могашалла, философии а. Оцу балхана дIавожа веза ша массо нохчочо, иза мичча махкахь Iаш, вехаш велахь. Оцу балхана къахьоьгуш бу вайн йаздархой Ахмадов Муса, Канташ Ибрагимов, Бексултанов Муса, Кацаев Сайд-Хьасан, Леча Абдулаев, Цуруев Шарип, Айса Халидов, Эльбрус Минкаилов, Муса Овхьадов, ЧИПКРО-н белхалой, хьехархой, политикаш, вайн Iедалан куьйгалхой а. Дала собар, хьуьнар, барт, могашалла лойла оцу новкъахь къахьоьгуш мел болчарна.
6. Ненахой, стунцахой цалорург – стаг вац.
Яздархочун корматалло вина Сайд-Хьасан Кацаевх журналист. Иза данне а дац и ши говзалла цхьаьнаийна йу бохург. Журналистана дика довза дезарг публицистикийн йозанан хатI ду, ткъа йаздархо хила исбаьхьаллин суртхIотторан, жанраш къасторан, заманца доьзна васташ кхолларан бехкамаш ларбан беза. Цаккхий эпически произведенеш хIинца а йазъян С-Хь. Кацаев ца кхиънехь а, амма дийцаран говзаллех кхиъна ваьлла иза. Йаздархочун корматаллех тоам бина ца Iаш, денна вайн махкахь хуьлуш болчу хиламех, вайн заманах, къаьсттина тIеман шераша вайн къомехь латтийначу баланех, федералийн эскархоша лелийначу къизаллех а йазйинчу произведенеша, статьяша, «Йаздархо, тIом а» эссехь а бIаьрг буьзна махкахойн а, Республикан конкурсан жюрин а Кацаевс бечу балхах. Цунна кхачийна хьалхара меттиг «Журнал» наминацица. Иза а вайна массарна а хаза кхаъ бу, къаьсттина Кацаевн произведенеш йезайеллачу дешархошна. Оцу жюрин комиссино динчу жамIаша гойту. Кацаевна, исбаьхьаллин литературин болх санна, карабирзина хилар журналистан болх а. Цундела ларамза дац Кацаевс шен «И мерза ненахой» произведенехь дийцаран а, очеркан хатI иэдеш мемуарийн кепехь хиламаш схьабеллар. 28-чу Кхолламан (январь) беттан дийнахь, некъабохаман хьовзам бахьанехь Кацаевн ненахошна (Шеларчу ЭпендиевгIарна) боккха бохам баьлла. Кхелхина Сайд-Хьасанан ненаваша Муса, ненаваша Эпендиев Мохьмад а (вайн махкахь вевзаш волу журналист). Дала гечдойла цаьршинна, ийманехь собар лойла бохаман дакъа мел кхаьчначарна. Оцу бохамах лаьцна хаам а беш, шен дешхьалхенан некрологехь йолайо шен очерк «И марза ненахой» (йерриг произведенех иштта ала догIуш хета суна). Оцу дешхьалхенехь йаздо Кацаевс: «ХIора стеган дахарехь доккха дакъа дIалоцу ненахошца йолчу уьйро. Ненахойн марзо стаг валлалц йеха цуьнан сица. Иштта мерза бара сан ненахой а. ШолгIа тIом чубогIучу йуьххьехь кхелхира сан нана. Цу хенахь ас йаздинчух ду хIара могIанаш». Очерк кхаа декъе йекъало: Хьалхара дакъа «Чака» Кацаевн бераллехь а, ненахойн схьабовларан силсилах а, шен ненаций, ненахошца хиллачу марзонех а лаьцна ду; шолгIаниг – «Поэтан аз» нана кхалхарх, цуьнца боьзначу дегаIийжамех, шинакогарчу экханашна (адмаш царах алар хьарам ду) са йоккхуш, ткъа нохчийн къам а, мохк а хIаллакдеш болчу, къоман къизаллхойх, кхолагIчу декъан очерко догшелдарца дуьйцу, кхелхина нана кешнашка дIа ца йуллуьйтуш шаьш тIеман хьоло хьийзадарх а, ненахошна шайн дахарехь тIеIиттабеллачу Iовжаме бохамаех а.
Вайн къоман ламастех ду йишин бер къаьсттина дукха дезаш, цо хIуъу дича а ненахойн кертахь иза шена ма-луъу маьрша дитар, чеха ца дар. Цундела лела вайн къомалахь кица: «Лурвоьллачунна ненавешина тIехьа вижча бен, наб ца кхетта», олуш. Цундела «И мерза ненахой…» очеркан кхуьй а дакъа Кацаевн ненахойн дахарах хьакхалуш ду цо шен бералла дийцахь а, ша йаздархочун новкъа валаран бахьанаш гойтуш, нанас кхалхарца шена баьккхина бохам буьйцуш а. «Чака» дийцарехь Кацаевс ша бераллехь чIогIа эхь хеташ хиларна, маттана тасалуш хиларна, оцу бахьанина нийсаройх къесташ, царна йуьстара вийларна, Iаламан тийналлехь цхьа тидамаш бан, ойланаш йан марздаларна хилла хета йаздархо. Шен санна кхоллараллин бахьанаш – толкха хилар лору Кацаевс Бексултанов Мусан а, Цуруев Шерипан а. Ша-м шен нанас доьазлагIа Сиржа-Эвлара зийарате (Уммалт шайхан зийарте – авт.) вигча маттана хецавелира, амма цул тIаьхьа эшарш лоькхуш, иллеш бахарца мелла а шарвелира маттана, боху Кацаевс. Институтехь доьшучу хенахь Цуруев Шерипана изза хьехар дина Кацаевс. Кацаевн ненахой схьабовлар ненадегахьара Iаьрбийн махкарчу къурайшийн цIийнан Iеламнахах хилла, ткъа ненаненахой паччахьан эскаран полковник Элмарзин Шидин (мазалла Iуьттуш, цIенойн шолгIачу гIетан балкон тIехь, котаман гIогIаш дууш хилла бохуш, нахалахь вевзаш хиллачу) хьолана цIе йаханчу цIийнах хилла. ДегIастана ийман-ислам даржош баьхкинчу Iарбийн цIий шен дегIе ненахошкахула иэр хета Кацаевна шен безам книгашка а, йаздархочуьнан говзалле а кхийдар. Боккхачу безамца, ховха, мерза дешнашца буьйцу Кацаевс шен ненанана (Дудуша – КIужа), цуьнан йиша Iаба, ненаваша (Муса – Ваха) ша бераллехь дукхах йолу хан царах хьерчаш йаккхарна, цара ша леранна Iалашварна. Бераллехь хилла там, цатам, аьчгана йаьккхина киртиг санна, вайн дегнаш чохь лар йуьсуш хуьлу. «Суна хазахетара мамица Шела воьдуш. Цаьргахь (МусагIаьргахь – авт.) даима тайп-тайпана мерза йуург хуьлура холодильник чохь гуттар налха, нехча… Вахин (Мусан – авт.) доккхачу цIа чохь шортта стаммий книгаш йара, бес-бесара мужалташ йолуш. Аьнгали дIатеттича, иза охьадожарна кхоьруш, цунна чекх хьоьжура со цаьрга. ХIетахь дуьйна безам бара сан книгашка. Йоккха беш йара Вахера, Iана бахана, кху дуьнен тIехь мел болу стом болуш. Беш йуьйш, йерзош йацара цара. Гергарчара, лулахоша, наггахь базарахь мах бечу нехан наха а, галешкахь дIакхоьхьура цаьргара Iежаш, кхораш, бIараш, хьайбанаш… Ваха цу хенахь дика ахча доккхуш вара, заводаш йохкуш, коьрта инженеран болх беш вара», бохуш йаздо Кацаевс шен бераллин тидамаш гучубохуш. Кацаевна нанас бийцарехь хаьа шен ненада муьлххачу дечу гIуллакхна говза, мало йоцуш стаг хиллий, Муса (ненаваша) шен да санна говзанча, доьзална дика да хилар. Ненахойн дикалло Шела боккха безам кхоьллина Кацаевн даг чохь, и безам хан-зама йаларх лахлуш а бац цуьнан: «Суна дагахь гуттара тохарлера, сан жималлин, сан ненаненан йуьрт йисна и… Дудушас, хьостуш: - Чака, - олура сох». «Чака» дийцар доьшуш дукхах долу хIумнаш сайн бераллера Кацаевс схьаэцча санна хетало. Цо санна бераллехь машен ца ловш хилла ву со, къаьсттина машен хьала-охьа кхоссайелча, йа салон чохь бензинан хьожа кхеташ хилча. Кино хьоьжучу хенахь, суна моьттура, экранна тIехьа ваьлча сайна цу чуьра нахана тIекхача аьтту бер бу. Амма, бакъду, суна сайн шо, ши шо, кхо шо кхаьчча хилла хIумнаш сайн дахарера дага ца догIу. Вайн къам махках доккхуш сан цхьа шой исс бутт хилла, суна цунах хIумма а дага дагIац. Ткъа сол жимах волчу шина вешина шайн шой, цхьа шо ахшо кхаьчначу хенахь хилла хIума дагадогIура. Со тIеман заманан, къоман халачу муьран бер хиларна хирг хир ду-кх иза. Кацаевс ша мукъарло дарехь «Чака» дийцаран Iалашо хилла автора ша мотт сецна висар йаздан гIортар. Хьера йаханчу нанна тIаьхьаваьлла хIара тила а велла, некъахь хотто а лаьцна висинчуьра, цхьана некъахочо машенна кIел воьдучуьра воккху. Цул тIаьхьа шен девешин кIантах туху хIара оцу стага. Шен шичин берашца ловзуш Iай, сарахь хIара цIа валийча, дечиг эцна: «Кхин гIур вуй хьо, хIа? Кхин гIур вуй?» - аьлла йиша шена тIейолайелча, кхуьнан оцу кхераваларан Iаткъамах мотт сецна кхо шо долуш. Сиржа-Эвларчу зийарате лелавар бахьанехь кхуьнан мотт хецало. «Цул тIаьхьа чIогIа сиха хабар дуьйцура ас, наггахь таса а луш». Школехь а сиха луьйш, тасалуш хилла Кацаев маттана. Амма школера цIа моссаза вогIу, ден ирзо тIе воьдуш хилла кIант, йуьртана геннахь долчу. Некъа дIасавоьдуш, цигахь эшарш лоькхуш хилла цо. Оцу логопедийн упражненеша, шардарша кIентан аз хецадолуьйтуш, хабар нисдина. Суна зеделла цхьа хIума школехь болх бечу шерашкахь. Цхьана-шина шарахь ас куьйгалла дечу классехь виъ-пхиъ толкха кIант, цхьа йоI а нисделлера. Урок дIайийца Iаламат хала дара царна вай къамел дечу барамехь. Ткъа эшар локхуш санна, ахь ша даьккхина бере хаьттича (берашна йукъахь-м эхь ма хетий царна эшаран боларехь дешнаш ийзо) мелла атта схьадуьйцура шаьш Iамийнарг. Оцу берех цхьа-шиъ шаьш баккхий хилча хьалхара зуькар а олуш, вуьшта толкха белахь а, нах хилла дIабахара.. Таханлерчу дийнахь къамелехь тасалуш болчарна дика дарба ду Кацаевс хьехнарг: эшарций, зуькарций гергарло чIаг1деш хилахь, оцу нехан мотт хецалур бу. «Поэтан аз» цIе йолчу очеркан декъехь Кацаевс буьйцурш а автобиографин хиламаш бу ша ткъе пхуьйттолгIачу шаре ваьллачу хенахьлера. Нана кхалхарца «дагтIера зезаг доьжна», самукъадала дуьненчохь хIумма дисина а дац аьлла, даг тIехь къахьо лаьтта мур. Иза нисделла 1999 шеран 16 Лахьан (декабрь) беттан дийнахь, ненан кхузткъе итт шо кхочуш. Да цул йалх шо хьалха кхелхина, иштта шарахь цамгарца бала лайна. «Да дIаваьлча йоккха гIортор дIайелира сан. И могуш вацахь а, дийна волуш, мел берийн амалехь велахь а, со лелачухула паргIат хуьлура со. Кийра токх бара. Ненаца цхьаьна кху дуьненан марзо дIахедира… И дIайолучу ханчохь цIахь хуьлуьйтур вацара ас со. Даима иза сайна гергахь дийна йисийта. Цо лайна бала сайна гина ца хилийта. Амма, цуьнан де эшначу хьажа, дог эца со йуххехь хилла, Далла хастам бо ас. Кийра бассабелла сан. Дог Iийжа. Кхин цкъа а хIара тохарлера дуьне хир дац суна». Бераллин балабацар, жималлин аьрхалла, къоналлин дерригенна ницкъ бу моттар дIакъаьста адмах да, нана дуьненчуьра дIадаьлча. Вайн къоман философино доьзал дийна дуьненах йа вай чохь Iаш долчу хIусамах тарбо аьлла, Ахмадов Мусас шен «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолчу жайни тIехь. Оцу «доьзалан Дуьненахь» Да – Малх лору йа стигал, Нана – Латта, доллу Iалам шен кийрара гIоттуьйтуш. Ткъа доьзал хIусамах тарбеш: Да – тхов, Нана – цIенкъа. Оцу философица вайн къомо дена тIе йохку йовхо, серло оьшучул доьзална йаларан функцеш, малхо санна. Нанна тIе дуьллу и доьзал шен беркате ниIматашца дийна латтор, кхетор. Ткъа хIусамах доьзал тарбеш вайнаха гойту, дас тхевно санна доьзал Iалаш бар арахьарчу ткъевнех, йочанех, тIебогIучу кхерамех. Нанас цIенкъа хилла Iаш, лов берриге доьзалан, дийнна цIийнан бала, къа а. Доьзална уггар гергара, хьоме и ши адам дIадаьлча, дIабов царна Iуналла деш хилла «малх», тIекхета доьзал бертахь латтийна «тхов», доду когаш кIелхьара доьзална ницкъ луш хилла «латта», дIайолу доьзалан, цIийнан а къа ловш, кертахь ирс латтош хилла гIортораш, дужу даг тIера зезаг. Цундела кхоьла вайна дуьне, хIунда аьлча вай оцу ден, ненан декхарийн мохь берриг а ваьшна гитоха безаш хуьлу. Иза ду, хIоранна санна, Кацаевна хилларг дай, наний кхелхича. ШолгIа тIом Нохчийчу БасаевгIара балийна биъ бутт кхочуш кхелхина Кацаевн нана. Федералийн эскарша мискачу нахана тIехь къизаллаш лелош, вайн махкахь оьрсийн, нохчийн а агIорхьара террор чIагIлуш йара цу хенахь денна. Вахар-варна маьрша цхьа вацара цу хенахь. Веллачуьнан дакъа лахьте дерзош, ур-аттала кешнашка боьду некъ бихкинера. И хьал шен ненан тезет хIоьттинчу дийнахь Кацаевна санна дукханна тIехIоьттина, хIара могIанаш йаздеш волчу суна а тIехь, сайн да кхелхинчу дийнахь. Цундела Кацаевн деган лазам, цуьнан холчахIоттар, хилла бохам а бицбелла тезетан барам бусалба дино ма-бохху дIакхехьа, берзо а аьтто бохаран къахьо, дукханан а дегнашчухула чекхдаьлла хир ду, суна санна, бIаьргехх хи доккхуш. Иштта де шена тIехIоьттинчунна цкъа дицлур дац шен вахаран оьмарехь. Федералийн эскарша, нохчийн «тIемалой бу бохучара» хьийзош долчу мискачу халкъан бIаьрг бедира МасхадовгIарах, БасаевгIарах, УдуговгIарах, АрсановгIарах, ЯндарбиевгIарах а, цара лелош долчун Iалашо, хьекъал, ницкъ а боцу хIумнаш бахьанехь. Цундела уггаре а чIогIа Нохчийн пачхьалкх хиларе сатийсинчарна къордийнера, беш дуьхьал тIом боцуш, низам хIотто гIерташ аддам воцуш, нах идош, бойуш, шайн дезарш кхочуш деш, ца бузуш лелачу цу лидерийн талораш, эххар а шолгIачу тIеман цIерла мохк тосуш. Оцу бIаьргбадаро лохуьйту нохчийн къоме Россица барт хууьлу некъаш, хIунда аьлча нохчийн халкъ, дуьне мел ду деддий, тIамо дийний, оьгIазлоной, чIирой карзах даьккхиний, экханан амале дирзиний, дахаран кепара даьлла, хIаллак хуьлуш лаьттара, къаьсттина ваххабисташа, шайн «фатва» чIагIдеш, нохчий байа болийчхьана. Цундела дукхах берш махках бовлура. Кацаевс шен хиллий хоуьйту дог махках вала, шена хетачуьра маршонан болам галбаьллачул тIаьхьа. Хене вала бан болх хир барий, кхечанхьа дIавахча, олий хеташ. Цо йаздо: «Сайн кхиам, дахар, сайн хиндерг а даима Нохчийчохь гинера суна, Нохчийчоьнца доьзнера ас. ХIара къахьйина-м дукха хан йара кхара, кху чуьра ваддал. Къам, халкъ… уьш йерриш а моттаргIанаш хиллера. Амма Нохчийчоьнах вала ца валарал сов, йоккха хиллачу хенахь, Нана йитина ца валало-кх со». Иштта цхьацца ца торучу бахьанаша сецийна Нохчийчуьра дIабахаза биснарш, ткъа дукхах дерг ахча цахиларна. Нах санна, рицкъа тIедан агIо ца карош хьйзачу Сайд-Хьасане шен хьешо, дIавахар цхьана агIорхьа махкал арахьа тIедогIучу соьмана хьехош хезча, Кацаевн нанас, шена шен кIант йуххехь везий хоуьйтуш олу: «ХIумма а дац болх ца хиларх, ахча даккха агIо ца хиларх а. Ас сайн пенсех кхобур ву-кх хIара». (Цхьадика шолгIа тIом Нохчийчохь баьллехь а, пенсеш дала долийра нахана). ШолгIачу тIамна оьрсийн эскар Нохчийчу деача, нах идабар, базарахь герзаш дохкар, эрна уьш кхиссар, ур-атталла марха лоцуш, достуш, зуда йалош, дIеделира. Герзашца хилла, урх йоцу боьршалла а, нохчашлахь йайра. Оцо а гойту, Нохчийчохь долу Iедал законашца эвхьаза бовлуш болу нахаца мелла а шога а, къинхетам боцуш а хила дезаш хилар. Закон дохош верг иза муьлххачу даржехь велахь а зуламхо ву. Иза законан гура чохь сацош ницкъ хила беза пачхьалкхан низам лардечу Iедалан. Иштта ницкъ ца хиларо бохийра вай маршонехьа лаьцна некъ.
Кацаевн очеркан «И мерза ненахой…» кхолагIа декъан цIе «Ор» тиллина авторо. Схьахетарехь, иза Кацаевн символ йу. Цунах лаьцна тIаьхьо дуьйцур ду. Оцу декъехь Кацаевс шен нанна оьмаро йелла тIаьххьара цамгаран буьйса а, йуха кхелхина нана дIа ца йуллуьйтуш, кешнашка маьрша дIасадаха эскархорша некъ ца луш, шаьш шина дийнахь цу кешнашка иза (нана) дIакхачо гIерташ хьегна къа а дуьйцу. Кацаевс оцу очеркан декъехь гойтинчу суьрташа гойту, тIамо герз карахь дIахIоьттинчу салтичун адамалла, къинхетам дIаоьцуш хилар. Салтий эпсарийн омран, буьйран лай хуьлий дIахIоттар. Ткъа омра дечарна тIекхачале, хьо итт са долуш велахь а, гIопехь лаьттачара дIакарчориг хилар а, тIе тIеман хьакамашна дIалаьцначу мехкан бахархойн хьаштийн, гIайгIанийн кIезиг бала хилар. Оккупацехь йолчу меттигех тIеман заманна хIоттийначу Iедалан карахь хIумма а ца хуьлу йа иза тIеман инарлашна цхьа а чот ца хета. Цундела Кацаевн ненахошна а къинхьегаме долу шайн кхелхинчу йишин тезета дахка дезар – некъан маршо цхьанхьа а йацара. Йеллачун ваша (Муса), КацаевгIара Ваха олуш волу, шен йиша дIайоьллинчул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь бен ца кхочу йишин тезета Шелара Куршлойн-Эвла, машенца шеца берш постал дехьахь а битина. Очеркан оцу меттехь Кацаевс балабо вайн тидаме шен ненан ден цIерачех болу дагалецамаш а, шен нана шен да армех вуьгуш, тIаьхьайаьллачохь ор чу ког а шершина охьакхетар а, йелхар а. Ткъа Кацаевн нана дIакхелхинчу дийнахь цуьнан вешин Вахин (Мусан) керта (глубинный) кIоргенан бомба кхоьссина, кертахь мел долу хIума тIекIел а доккхуш. Кацаевс, шен ненан дахарехь цу ураца доьзна хIумнаш дустуш санна хетало. Бераллехь шен нана чуйоьжначу уро-м, зен-зулам доцуш, йахийтира иза, амма адамийн куьйгалица йиначу кIоргенен бомбано шен вешин кертахь дендолчу зуламна дуьхьал орцах хьаьддачохь, дели-те шен ненан са, бохучу ойлане вожаво оцу символико. Шен ненан дагалецамашца, дахаран хиламашца а Кацаевс йуьйцуш йолу шен ненахойн силсил а ойланийн само гIаттош, хIора стеган кхоллам дийна дахар, Делан кхел йоцуш хедарг ца хилар гойтуш йу. Ненада Кацаевн Iилма, ворхIаза хьаьжцIа вахана хьажо, пхийтта шо кхаччалц СаIудийн Iаьрбийн махкахь кхиъна стаг хилла. ТIамехь немцойн концлагере йуха Iаьрбийн махка кхаьчна. Iаьрбийн махкахь кхин доьзал а болуш ваьхна иза. Вайн махкахь Дудаевн Iедал хIоьттича, цу хенахь вайн муфтийн хиллачу Алсабеков Мохьмад-Хьусайн-Хьажехула (цо телевиденехь Казанехь, Татарстанехь бусалба динан куьйгалхой цхьаьнакхеттачохь, Iаьрбийн махкарчу векало шена тIедиллинарг дийцича) хиира КацаевгIарна, оцу Iаьрбичо лехнарш шаьш дуйла. Мохьмад-Хьусайн-Хьажега Казанехь, Шелахь шен ден шолгIа доьзал бисина, оцу доьзале дIа кхачаде аьлла ахча делларг, Кацаевн ненан ваша хилла, цуьнан дас Iаьрбийн махкахь болийначу доьзалера. Амма вайн муфтис шена тIедиллина амант кхочуш ца динера, телевизорчухула кхайкхадар бен. ШолгIа тIом баьлла и гIуллакх листа ца луш дисна. Мел доьхна хьал кхолламо шайга кховдадарх, Кацаевн ненахой цкъа а чIеIаш, боьхна ца гайтина шаьш: дика, вон а вайн дахарехь Делера дуй хууш. ХIинца шен дуккха харжйеш дIанисйина керт-ков йолуш, ша лаьтташехь, забарш йеш Iаш ву Ваха: «Билжан (Вахин зуда) йара соьга: «Ах кертахь гIеххьа ор даьккхича, чу хи а хецна, бедаш кхобур йара ас, - бохуш… хIинца бедаш эца а мегар ду-кх. Даккха гIерташ къа а ца хьоьгуш, ма-дезза ор ду-кх хьуна, - элира ас Билжане». ДоггIучу дозаллица, ца кхачалучу безаман йовхонца, кIорггачу ларамца шен нене, ненахошка а йазйина шен очерк Кацаев Сайд-Хьасана. «Йалсамане ненан когаш кIеллахь йуй» хиъна Кацаевна шен бераллехь дуьйна. И йаккха некъ (йалсамане) вайна хIоранна а ган декхар ду Кацаевн очерк «И мерза ненахой…» йешахь.
7. Дахаран зеделлачух хьехамаш.
«Тидамаш» цIе йолу миниатюраш ша башха жанрехь произведенеш йу Кацаевн кхоллараллехь. Нохчийчохь миниатюрашна литературехь некъ баьккхинарг Ибрагимов Лема (Канташ) ву. Оцу жанрех болх бо Баиев Iусмана, кхин болчу йаздархоша, Кацаевс а. Канташан, Баиевн миниатюраш, реминисценцеш афаризмийн хотIехь йу, ткъа Кацаевнаш, мелла дацдинчу дийцарийн кепехь, хьехамийн Iалашонехь, дика-вон къасто аттачу хотIехь хIиттийна йу. 2001 шарахь йазбина и «Тидамаш» зорбане бевлла № I-2, 5 Кхолламан (январь) беттанахь арадаьллачу «Машар» газетан агIонаш тIехь. «Тидамаш» бекъало масех теме: адамийн ледара, вон амалш йовзийтаран, дахаран хьелаша кхуллучу синхаамийн, оьздачу амалийн хьехамаш марзбаран а. Дахаран хьелаша адаман кхетамна тIеIаткъам баран, доьзал кхетамехь кхиабаран, нисбаран болх деккъа дех, ненах тешна ца буьтуш пачхьалкхо, йукъаралло терго йан йезарш хиларан теманаш чулоцу Кацаевн миниатюраша. Хьалхарчу темица йогIуш лара мегар ду «Саьхьарчу стеган», «Къайла гIур дац», «Товш дац», «Дайна ду», «Кхаъ белча», «Лан хала ду», «Эрна ду», «Кхардам», «Мегар дац», «Хийцалур вац», «Цхьаъ вукхунна луьйш велахь», «Дихкина ду», «Къилахь ду», «Делан неIалт хийла», цIераш йолу миниатюраш. Дахаран хьелаша кхуллучу тайп-тайпанчу синхаамех хьехамаш бу «Буьйса», «Халахета», «Хазахета», «БIаьргех хи долу», «Диц ца ло», «Тамашина хета», «Новкъа хуьлу», «Сиха ца хуьлу», «БогIур бац», «Дерриге эрна хета», «Таронаш билгала йу». Оьздачу амалийн хьехамаш марзбаран, вончех лардалийтаран темица богIу хIара тидамаш: «Довр дац», «Лардан дезарг», «Бахьана доцуш», «Бехк къастош Iан йиш йац», «Сацалур йац», Лачкъалур вац», «Сихвала мегар дац», «Дийна лара», «Хьекъал цахилар», «Стагах боьлу», «Зудчух боьлу», «Вехаш хир ву», «Къен хир ву», «Дика масал», «Декхар», «Йайна лаьтташ йу», «Кафе чохь», «Оьздангалла», «КIантана Iамо деза», «ЙоIана Iамо деза», «Ислам», «Синхьаам», «Далла хастам бу-кх». Дахаран йукъараллин хьелаша кхоьллина цхьа ирча хьал гIаьттича, дала цадезарг даьлла, орца оьшу меттигаш билгалйо хIокху тидамаша: «Ца ваьллачу денна», «Йуьхькъам», «Хьаша йуха вогIур вац», «ХIун дийр ду хилча», «ХIун дийр ду ца хилча», «ЦIера ваьлча дагадогIу нохчийн даарш», «Мел мийларх ца кIордадо малар», «Дерриге эрна хета». Оцу деа декъе и тидамаш бекъар, данне дац, церан темийн барам кхин шуьйра бац бохург. Вай дина декъар, лахарчу барамехь, билгалонна ду. Царалахь хIора декъана богIучу тидамийн къестамаш беш хилча, дуккха йа йоза хьекха деза, йа иза оьшуш ду аьла ца хета. Дешархошна кхета атта тидамаш бу уьш. Амма стенаха лаьцна йазбина и тидамаш Кацаевс хаийта хIора декъера шишша-кхоккха толлур бу вай. «Къайла гIур дац:
- хи чу кхоьссина дакъа;
- кхиноша бертахь динарг;
- хIума лачкъайар;
- тIехьашхула топ тохар;
- буьйсанна динарг;
- шинна хууш дерг;
- зудчунна хуург;
- совдаьлла малар;
- къайлаха аьлларг.
Йа «товш дац» боху тидам.
Товш дац:
- дедеда, денана долуш, берашка шайх «дада», «мама» бахийтар;
- дукха хабар дийцар;
- мохь бетташ лер;
- чохь хьеший болуш зудчунна йа берашна тIечехар;
- цкъа аьлларг йух-йуха дийцийтар;
- нехан чоьтах комаьрша хилар;
- нехан шуьна тIехь чуваржар;
- хьошалха вахча шен хеннахь дIаваха цакхетар;
- куьйгаш ца дуьлуш хIума йаа охьахаар;
- когаш ца буьлуш охьавижар;
- марзой болчехь церан цIераш йахар;
- боьрша стеган некъ хадабар;
- коьртахь хIума йоцуш, текхана тIехула, нахана йукъахь хьийзар;
- ша волчу веана хьаша волуш, Iадда газета, журнал йа книги тIе вогIавелла Iар;
- чайнан стака ца молуьйтуш хьаша дIавахийтар.
Оцу тидамийн хьехамаша вайн къоман гIиллакхашца ледара, ца товш, стеган, зудчун сий дойуш йолу амалш гучуйоху. Цара Iамаво оцу кIезигчу, сонтачу амалех ларвала, нохчочун цIе ларйан, калацIолийн хIуьмалгех къахка.
Адамашкахь товш, ца товш гучубуьйлу синхаамаша гойту церан дегнийн, ойланийн хьал. «БIаьргех долу хи:» тидаман хьехамаш:
- тIаьххьара даьхначу суьрташна тIех, Iожалло тIе куьг диллина, хийцаделла ненан хьоме сибат гича;
- де эшна, мостагIчо хьаьшна Даймохк гича;
- доттагIех йа гергарчех цхьаъ велча;
- барми тIехь хьала айина, стаг тIаьххьара шен кертахула хьовзочу хенахь;
- пайхамарийн, эвлийаийн дахарх лаьцна назманашка ладоьгIча. Йа хьовсур вай тидаме «Вехаш хир ву»:
- жима волуш хьаштагI чувоьжнарг;
- хIума йууш цуьргаш ца Iенош верг;
- мало йоцург;
- Iуьйранна гIоттург;
- жимчохь дуьйна нахана йукъахула лелларг;
- нахаца ваза хуург;
- хIуманан пусар дийриг;
- массо гIуллакх «Бисмилла» тIера долош верг.
Оцу тидамийн цхьаболу хьехамаш жимма цхьаволу дешархо кхето везаш бу. «Жима волуш хьаштагIна чувоьжнарг» хир ву боху-кх тидамо вехаш. Цунах нийса ца кхеттачо шен бер хьаштагIна чуIитта тарло, иза дехаш хилийта. Оцу тидаман маьIна иштта хилча-м, нохчаша доггаха лийчо там бара шайн доьзалхой хьаштагIнаш чохь. Тидаман нийса долчу маьIница вайна хаа деза, жимчохь дуьйна бехаллех, боьхачу гIуллакхех, хьарамчу хIумнах къахка Iемина воцург, эхь-бехк дайна, мухха шена рицкъа гулдеш хир ву. Ткъа ишттачунна бахам гуллур бу. Цуьргаш ца Iенош верг вехаш хир ву бохург ду, хIуманан, къаьсттина йалтийн, кхоам беш, лиерам, пусар деш верг вехаш хирг хилар чIагIдеш. «Iуьйранна гIаьттинчу жаIуьнан жий шала бехкина», аьлла дайша. Iелам наха чIагIдо Iуьйранна малх кхетале, сарахь малх бузале Дала лаьтта тIехь долчу адамашна рицкъа доькъуш мур бу боху. Цундела ца магадо нахана бийшина Iан Iуьйранна малх схьакхетале, сарахь дIабузале йолчу хенахь. Цкъа-делахь, ламаз дина, Далла Iамал йеш хила веза хIора оцу хенахь, шолгIа-делахь, цу хенахь вижина Iийнарг Дала лаьтта хецначу рицкъех волу. Кацаевн тидамаш доцца (тезисийн барамехь) карлабоху нохчийн гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш, къастадо мегачуьнан, ца мегачуьнан доза, нисво Дела реза волчу гIиллакхашна, Iамалшна тIехь.
Доьзал кхетош-кхиорехь хила дезачун тидамаш, йукъараллин тIеIаткъамаш оьшу гIуллакхаш билгалдо Кацаевс оцу миниатюрашкахь. Хьовсур вай «КIантана Iамо деза» миниатюре. КIантана Iамо деза:
- Къуръан деша;
- ламаз, марха;
- ненахой, стунцахой лара;
- охьатоха латар, бокс;
- цхьа-шиъ кхечу пачхьалкхийн мотт;
машен лело;
- шена, доьзална пайденна хир йолу говзалла;
- мичча хенахь тIамна кийча хила; (бохамна, цатомана – авт.).
Йа «ЙоIана Iамо деза» тидаме:
- ламаз-марха;
- говза бедарш тега;
- мерза йуург йан;
- бер Iалашдан;
- эладитанаш ца дийца;
- цIийнадена муьтIахь хила;
- марзой лара;
- медйишин Iилма.
Дахаро гатте хьовзийча, ца девлла, вай хуьйцуш йолчу амалийн тидамаш бу Кацаевн. Масала, ца ваьллачу денна:
- къаьхьа молха молу;
- хьакхин жижиг дуу;
- книгаш мел дукха йезарх, библиотека дIайухку;
- Даймахках волу;
- безачех, бевзачех къаьста.
Йа дерриге эрна хета:
- цамгаро лаьцча;
- пусар ца дича;
- валаран ойла йича;
- тIом баьлча;
- валарчу вирзича.
Динехь нисвала гIо деш болу тидамийн хьехамашна тIехь дерзор вай къамел миниатюрех. Масала, Ислам:
- шахIадат далор (Дела цхьаъ вар);
- ламаз дар;
- закат даккхар;
- мархийн бутт кхабар;
- хьаьжин цIа вахар (таро йелахь);
- дог-ойла цIена хилар;
- дена, нанна муьтIахь хилар.
Йа схьаоьцур вай тидам «Далла хастам бу-кх»:
- лаьтто дерриг дIанисдийриг долуш;
- Къемата-де хир долуш;
- вай дерриге лийр долуш;
- хIоранна шена хьакъ дериг кхочур долуш.
Дешархочун ойла кхолайала тарло, хIун керланиг йа ца хезнарг ду оцу тидамийн хьехамашкахь? Бусалба дин, адамийн гIиллакх-оьздангалла кхоллайеллачу хенахь дуьйна дуьйцуш дерш ма ду уьш-м? Дийцина, дуьйцуш дерш-м ду уьш, амма вайн дахарехь доза тоьхна лардеш-м дац. Цундела йуха-йуха бIаьргана гойтуш, лергана хозуьйтуш, иэсехь самадохуш, хин тIадамаша тIулг санна, агийта дезаш ду вайн дегнаш цIандалийта, ойланаш серлайовлийта, деш долу гIуллакхаш хьанал хилийта. Оцу Iалашонца шен кхоллараллин некъахь къахьоьгуш ву Кацаев Сайд-Хьасан, кхин болу йаздархой санна.
8. Забар – бакъдолчун нана, могашаллин
билгало йу.
«Нохчийн забаре йоцу дошам» цIе йолу миниатюраш йазйина Кацаевс 1997 шарахь маьIнех кхеторан дошаман кепехь, шен беламан, Iоттаран, халкъан бартан кхоллараллин,– анекдотийн, кицанийн, афоризмийн,– жанрехь. Алфавитан низаман ражехь далийначу дешнийн маьIнаш къоман забарчийн бетера схьаэцна хетало «Нохчийн забаре йоцу дошам» йоьшуш. Дешархочо, самукъане абат санна, атта, са декъалуш, садаIаран хан лоруш, Iийра ву и миниатюраш йоьшуш. «Нохчийн забаре йоцу дошам», кхин йолу Кацаевн произведенеша нохчийн къам дайшкарчу гIиллакх-оьздангалле доьхуш йу, къаьсттина цхьаболу чиновникаш, Iедалан хьаькамаш, адамийн Iер-дахаран Iуй нисбаларе сатесна. МаьIнехь дика дIанисделла, хьекъал адмашкахь кхиоран къорге йолуш дуккха дешнаш ду произведенехь, амма маьIна ледаро йа бIостанехьа дерш ду. Вайн дахаран галморзхаллаш беламе дохуш болчу артисташна, йемален васташ чохь сценкаш кхолла, материал йу Кацаевн «…Дошамехь». ХIинца хьовсур вай оцу «…Дошаман» дешнийн чулацаман маьIне, Кацаевс дIа ма йаздарра алфавитан рогIаллехь.
«Акхтарг – цхьа стом йа пайда ца болу, амма гуттар поэташа хестадо дитт». И миниатюра заьIапчех лара догIуш ду. ХIунда аьлча, цуьнан маьIнин хьалхарчу декъан дешнаш «цхьа стом йа пайда ца болу» бохурш, шолгIачу декъан маьънина бIостанехьа ду. Поэташа, стом латош хиларца ца къастабо диттан мах, цкъа-делахь. ШолгIа-делахь, Дала цхьа маьIна доцуш, пайда боцуш кхоьллина цхьа хIума дац дуьненчохь. КхозлагIа-делахь, акхтаргаш, гIаргIанаш кхин долу стом ца латош долу дитташ, къаьсттина вай цIе йаьккхина хьалхара ши дитта, дуьненна хIаваъ цIандеш, дуьненан пеххаш лоруш дитташ ду. Цундела акхтаргах, кхин долчу диттех забаренна иштта кхетам адамийн кхоллабалийтар нийса хир дац. Ша йаздархо волчу Кацаев Сайд-Хьасанна хууш хир дац аьлла ца хета суна, поэташа акхтарган дитта хIунда хестадо шайн байташкахь. Бегаш тIехбаьлча аьлла хир ду-кх вайнаха: «Вен варша ийзош, ма ца йо забар». Цунна дайна, акхтаргах болу пайда боккха бу, цо стом ца латабарх. Бакъду, тоьлла гIишлойн дечган материал-м ца йолу цунах. Кхин дIа долу дешнийн мехалла къастош, хIора элпана цхьацца масал далош дIохьор вай таллам.
«Алап – цунах тешна Iа ца веза»;
«Амал – вон къиг вуо Iаьха»; (ас-м вон йека эр дара – авт.)
«Базар – нехан амалш йовза дика школа; - цхьайерг са йаккха йоьду, цхьайерг – са акха»;
«Бакъдерг – нахана бакъдерг дуьйцург ца веза; - нахана деза бакъдерг, шайна товш дерг ду»;
«Декхар – дика хIума йу схьадала дезахь; - даьккхинчунна дицделча, деллачунна ца дицло»; ( - дIадоьдуш доьлуш, цIадогIуш доьлхуш догIу – кица ду оцунна – авт. Х. З.).
«Зен – цхьанна зен ца хуьлуш, кхечунна пайда ца хуьлу»;
«Ирс – тIаьхьаидарх кара ца до ирс, ша Дала ца делча»;
«Каппек – ахча дац, амма бIе каппек сом ду»;
«Книга – книгаш йагайарх, царна тIера ойланаш йаха йуьсу)–йешначийн иэсехь – авт. Х З);
«Корреспондент – эладитанаш лехьориг»;
«Лор – уггаре хьалха къинхетам»;
«Майралла – хьекъал кIезиг мел хили, сов йериг»;
«Нана – нанас аьлларг, тоьхнарг чевне ца хуьлу; - горгам йелахь, нана тоьла»; (Бехчалган йелахь, нана тоьла – халкъан кица – авт. Х.З.);
«Нохчий – шайн цIоганан хьал ца хуу берзалой» (амма маршонан – элий – авт);
«Оьздангалла – йовш лаьттарг»;
«Оьрси – шен пачхьалкхехь кIайн негр»; (КIайн негр – вацархо боху маьIна–авт.)
«Политик – политика (пуьташ – авт. Х.З.) тоьттург; - ша дуьйцург цкъа кхочуш ца дийриг; тахана цхьаъ, кхана кхин дийца эхь ца хета нах»;
«Сий – лардан хала, дожо атта»;
«Следователь – толлу жIаьла»;
«Такхор – йерсттина (партал – авт. Х.З.) зуда»;
«ТIом – цицгана ловзар, дехкана балар»;
«Университет – зударийн монастырь»;
«Философ – фонтазер»;
«Халкъ – шайна цIий хьанал дина, Дала, Ибрах1имна(1.с.) ИсмаьIална(1.с.) хьалхара бен баийтина уьстагI хеташ ду цхьаболчу политикашна»;
«Хьарам – товш, ца товш хуьлу нах; - нахана къилахь, шайна мегаш ду моьттург цхьаболчарна»;
«Хьаькам – хьалакхолла (цIе)»;
«Цивилизаци – Iер-дахарехь – кхиам, адамийн йукъаметтигашкахь – херо»;
«ЧIир – вай (нохчий – авт.) ца дезачийн карахь герз»;
«Эхь – доькъучу хенахь цIахь вацара олу шегахь и доцчо; - уггар хьалха шен доьзалах хета деза; хьалха эхь хилларг, хIинца (тахана –авт.) сий, дозалла лоруш дерг»;
«Йамартло – тоьшшуьйтий, тIехьашхула катуху жIаьла»;
«Iедал – наха шайна бина бала; - цкъа хаьржинчул тIаьхьа, тIамца бен дIа ца бахалурш»;
«Iожалла – эца, йеха цалуург».
Айса дуьйцучуьнан дуьхье дашархо кхиийта дало дезаш дара и лакхара «Нохчийн забаре йоцу дошам» тIера дешнаш.
Оцу далийначу масалшна тIехула байн бIаьрг кхарстийча хаалуш ду Кацаевс хIора дешан маьIне биллина хилар, вайн къомана муха го дукхах долчу дешнашна наха тIетоьхна маьIнийн дастамлонаш, Iоттарийн ираллаш, цадашаран бегашалла. Кацаевн «Ночийн забаре йоцу дошам» наха, шен барта кхолларалла санна, самукъа долуш тIеэцна лара мегар ду.
Халкъо безамца тIеоьцу произведенешца хадабо йаздархочун кхоллараллин мах. И мах халкъаца Кацаевн хилла баьлла шен миниатюрашкахь. «Молла Эсартах лаьцна дийцаршкахь» а. Уьш къомана товчу агIор нисйелла Кацаевн. Муьлххачу къомо шайн пачхьалкхан куьйгаллехь болчу чиновникийн, динан коьртехь болчу Iелам нехан, хьаькамийн дарж кхаьчначу нехан харцонаш шайна гуш, хууш йуй хоуьйту, шайна йукъахь даржочу анекдоташца, забаршца. Шайн хьаькамаш нисбан, совцо ницкъ бацахь, шаьш сонта, Iовдал, церан йамартлонаш, вон амалш ца гуш Iаш доций хоуьйту. Муьлхха чиновник Iедале йа бахаман, рицкъанан гечене кхачарций, керла гIишлош йан воьлча, уьш механа йеззачу йийбарца кхала хIоьттича, нахана хаьа, иза хьанал къа хьаьгначух вовшах ца кхеттий, и хьаькам пачхьалкхан балхах къу вуй. Амма цуьнан карахь Iедалан ницкъан урх йу, и ларвеш цуьнан ша санначех кхоллабелла го бу. Къам, миска нах шайна бу, Iедалан чиновникийн тоба шена йу. Хьалхарниш – къен, шолгIаниш – бахам чохь луьйчуш. Иштта хилла ду, хир ду Iедалехь берш Делан динехь кховдийначу оьздангаллин гура чу берззалц. Оцу балхана Делан дийване хууш долчу пайхамарийн, эвлицаийн гIиллакхаш долуш Iедал деза. Иза вайна гур долуш Iедал дац вайн цергахь. Делахь, дог диллина Iан йиш йац йаздархочун, цо кхеторан болх халкъалахь лело беза, ша и деза дукъ шена коча доьллинехь. Оцу белхан халонаш ловш, шех нах кхетахь, ца кхетахь, царна ша эшахь, ца эшахь некъ беш ву Кацаев Сайд-Хьасан. «Воьдучо эшор бу некъ», - олуш ду кицанехь. Дала хьуьнар, собар лойла-кх оцу некъа мел ваьллачунна.
9. «Адам гIорасиз ду».
Сан карахь ду Кацаевн тIеман дневникан йукъара материало кхоллийтина «Локка» цIе йолу дийцар 1999 шарахь йаздар нисделла. Йуьхьанца авторан шен йуьртахочун Магомадов Адаман (йуьртахь Локка цIе дIайахана волу) маьрша дахарх, говзаллех дийца Iалашо хиллехь, шолгIа Нохчийчу беанчу тIамо шена тIеберзийна дукхах болу тидам дийцарехь. Йаздархочо дийцарехь шен турпалхочух башха дийцина дукха хIума дац. ХIунда аьлча денна нехан йуьхь, корта куьце балоран говзаллин болх беш волчу, цхьана бохамна, зуламна охIла воцчу парикмахерах хьакхабелла ца Iаш, керта, чу беанчу тIамо, йаздархочун йерриге планаш харцайо. Дийцаран хьалхарчу декъехь Локкех лаьцна довха дош, цуьнан нахаца ваза хаарх, жимачунна, воккхачунна товн долу хабарш дийца хаар, ша деш долу гIуллакх цIена, доггах дарх йаздо Кацаевс. Ша даима Локкина хьалха ***й тобайтара корта, боху цо. Хан дIайахана. Локкха къанвелла, лергана чIагIвелла. Йуьртахь дуккха хIума хийцаделла. Нохчийчоьнан тIом, машар, талораш, керлачу «имамийн» амалш йевзина. «…Мел суна лаарх, хIумма хийцалур дац кху дуьнен чохь. Йа тIом ца хилийта ницкъ бац, хьайна луу хан сацо, йухайерзо, велларг денвалийта адам гIорасиз ду». Йаздархочо йеш йолу ойланаш, исбаьхьаллин произведени кхуллуш волчу хенах, нахах лаьцна йу. Царна дика хила лууш. Литература хьан цамгар йелахь, амма йуха ахь хьоьгург оцу нехан дуьхьа ду. Хьуна цунах хуьлуш хIумма дац, корта лазар, нерваш йайар, цомгаш хилар бен. Шен нисделла хIума доцуш, нах нисбан йаздархо бен гIертар вац», - йаздо Кацаевс дийцаран хьалхарчу декъан чаккхенехь. Адамийн бала дIаайа гIерташ хийла йаздархо висина де эшна, цуьнан дог лезначу адамийн цхьа терго йоцуш. Цу хьолехь висинчу йаздархочух дог лаза, бала кхача и вина нана бен цхьа стаг хир вац. Оцу хьоле ма воккхийла Дала цхьа. Дийцаран шолгIачу, кхолагIчу, доьалгIачу дакъошкахь дуьйцу тIамо Куршлойн-Эвлана деш долу зенаш, адамийн дог-ойла, къоман «баьччанаш» баха ховшо, уьш бузо нахана тIом бан цалаар. Эвла йистошка, наггахь йуккъе бамбанаш кхуьйсу кеманаша, амма адамашна зен ца до цара. Йуьртахой тешна бу шайна дуьйцуш хезначу эвлайаийн къамелехь. «Ма ирс долуш йурт йу хьо, Куршлойн-Эвла, - аьлла боху Илсхан-Юьртарчу Кишин-Хьажас. Сесанара охьа Воккхачу Хьаьжин доIанна кIеллахь йу хьо. Кхузара хьала сан доIина кIеллахь йу хьо. Декъала хилла йурт. Бохам беанчу кертана орцах йолу нохчийн Iадатехь йерриге йурт. Керта бомба кхеттачу цIенойн дийна бисинчу гIирсах сихха чохь Iен тамехь меттиг кечйо, зударий бераш, цомгашниш верасаша, лулахоша шайга буьгу, массара дог оьцуш дош олу. Цхьана буса кхоьссинчу бомбано йерриг Куршлойн-Эвла сахиллалц сема Iайтина, дуьне духу моттуьйтуш йурт йегайарна. «ЦIенош дохийна, божал чуьра ши йетт бийна. Цхьа йетт, тIехьара божал чуьра ирхкхоьссина, цIенош тIехула ластийна кетIа боьжна. ШолгIачу аттах хIумма ца йисна. Божал хиллачохь, чу чIерий хецна пруд бан мегар долуш, доккха ор ду. Цу чуьра хьалакхоьссинчу латтанах цхьа дакъа тIедоьжгна, уьйтIара машен чIапйина. Машен чохь магнитафоне ладоьгIуш Iаш волу жима ши кIант кантузи хилла висина. Бомбан тохаран тулгIе дIайаханчу агIор массеран корийн раманаш аракхийсина, бIаьргаш дохийна йуьртахь». Иштта сурт хIоьттина цу буса куршлошна хьалха цхьа Сайд-Хьасан Кацаев воцчунна, хIара наб йеш хилла, къуьданнан серлонехь книга йоьшуш Iийна бIаьргаш хIиттина. Кху шолгIачу тIеман заманахь ша цхьана хIуманна бехке, декхарийлахь ца хетара шена, боху Кацаевс. ХIунда аьлча «халкъ, пачхьалкх хIаллакйан арабевллачу авантюристашна» гIо дан декхарийлахь вац цхьа. Цундела дIатосу уьш къомо, цара мехкан бахам, Iедалан даржаш къуьйсий ма-хиъи. Зорбанан цIийнехь шен Зеламхица хилла къамел иштта дуьйцу Кацаевс: «ХIунда бахана БасаевгIар ДагIестане? – хаьттича, Зеламхас олу: «Бакъйолуш информаци йара, уьш цига чубахана ца хиллехь, оьрсий хIинца кху чохь хир бара» (Грознехь – авт.).
Нийса йаздо Кацаевс: «ХIинца кху чохь бу-кх уьш! Мичахь ву уьш сацо вахана хилла Басаев? Цо вахана и провокаци йина йоцуш, чубаьхкина белира уьш. ТIаккха-м дуьненна гергахь церан (оьрсийн – авт.) бехк хуьлура. Наха дуьхьало йийр йара тIаккха. Ткъа хIинца? Нахе цIера ма довлахьара аьлла, листовкаш дайта веана Зеламха хIунда вахана Катаре? Масхадовс хIунда хьажийна шен доьзал Малайзе? Нохчийн халкъ шайна хьалхара бен кхоьллина уьстагI бу моьтту царна. Оьрсийн салтий «къиза бойур бу оха» баьхна Арсанов мичахь ву тIом беш?
Халкъ тахана кхетта: «нохчийн ду бохуш долу Iедал кхин дIа хилахь (мехкадаьттанах проценташ-м хьехор йацара вай), шайна бан болх, алапа, паргIат дийшар-гIовттар хир доций; оьрсийн Iедал дисахь алапа, пенси, пособи мукъане хир ду, минимум. Амма, хIара питана кхин тIекIаргдахь, нохчашна, оьрсашна йукъара машар, аьнгали санна, атабелла боха кийча бу. ТIакхха хьалхалерчу марзонах дисина тIаьххьара дакъош хеда. Тахана дуккха нах бу пхьалгIахь луьйсу цIе левсинча санна, и къийсам шайн сица сийсаш, цIийца болуш». Кацаевс йуьйцург шайн цхьа йурт йелахь, изза сурт йа цул доьхна хIумнаш, хиламаш, сингаттамаш кхирстина вайн махкахь хIора йуьртахь, шахьарехь, кIотаршкахь а. Къам садоIуьйла йоцуш гатдинера шолгIачу тIамо: оьрсийн агIорхьара, вахабистийн агIорхьара. Дала декъал войла иза, эццахь Ахьмад-Хьажа Кадыровс, цуьнан тешамечу накъосташа и нохчийн къам шен, шен накъостийн букъа тIехьа ца лаьцнехьара, ийза ца луш, къам бехке доций Москвана, дуьненна ца хаийтинехьара, вон хьал дара махкана, халкъана тIехIоьттинарг.
Боккха эшам хили вайна иза зуламхойн карах дIаваларна вайна йукъара. Цуьнан, къоман мостагIашна ву-кх Дела, шен нийса кхел йан. ДоьалгIачу декъехь «Локка» дийцарехь Кацаевс шен йуьртахой бекъабелла хиларх дуьйцу. Цхьаберш «дарж, Iедалан болх бахьанехь, аьрзнаш дина ца Iаш, вовшен декъий дуур долуш бу». Вуьйш, шайн аьтто хилча, оппозицих цIе йилла кийча бу. Цундела боху Кацаевс «диканна, вонна йоккха потенциал йолуш йурт хилла-кх Куршлойн-Эвла». Шен нийса хьежамца Кацаевс хоуьйту, ший тIом хир бацара вайн махкахь, вайн ваьш лардан мукъане барт хиллехь тIегIертачу тIамах лардала. Кхин дIа беш болу тIом «вайн тIемалой» бу бохучара эрна бу. Халкъана ца оьшу, вай хьалхалерчу тIамехь санна, йаьккхина маршо, цхьаболчарна (Iедалехь, герз карахь долчарна), талораш дан аьтто беш йолу маршо. «Локка» дийцаран пхоьлагIчу декъехь дерзоран ойланаш йехкина, Кацаевс. Цуьнан (дийцаран) хьалхарчу, пхоьлагIчу дакъошкахь хьахош ву парикмахер Локка дийцаран цIархо. Цуьнан маьIна вай дича гучуйолу Кацаевн коьрта Iалашо. ТIамо, шена чухьарчош берш Локка санна, политикина, тIамна генахь, йуьстах болу пекъарш бу. Цундела цуьнан болх, гIиллакхийн хазна, хьанал къахьоьгуш доьзална рицкъа латтош волчу Локкин керта йужу шолгIачу тIеман дуьххьарлера бомба, кхуьнан цIенойн пен чубожош. Дукха чIогIа иккхина бомбанан тата, лергана онда волчу, Локкина хезна – «ЭхI, и-м вайн йуьрта туьйхи шуна», - аьлла Локкас. Ткъа телевизор чухула «Время» гойтуш кхайкхош хилла: «Россин авиацис Куршлойн-Эвлара зIенан узел йохийна, тIемалоша пайда оьцуш йара и», - аьлла. Дуьненчу со валале йиллинчу цунна-м хIумма ца хиллера…» йаздо Кацаевс Россин хаамийн белхалоша буттуш болу пуьташ гучубохуш. Уьш бен боттаза белара пуьташ оьрсийн, нохчийн Iедалийн хаамийн гIирсийн белхалоша, шина агIорхьара инарлаша, пачхьалкхийн куьйгалхоша. Политика, тIом, пачхьалкхийн Iедал даима, дуьне долийчхьана пуьташний, йамартлонашний, къаьмнаш вовшашца эгIорций, летийтарций куьйгаллехь Iийна. И Iадат уьн шерашкара дуьйна таханенга схьадеана хийца ца хуьйцуш. Бакъду, вайн заманан баьччанашкахь, мел делахь, бозбуунчалла ду, шайн говзачу маттаца, биоэнергин (биотокан) ницкъаца Iехабала кийча нах шайн зомбеш бина тIаьхьа хIитто. Амма иза сихха хуьлуш дац, жим-жима нехан хьечуьра ойланаш карайерзош гуламашкахь, митингашкахь,
демонстрацешкахь, гIалин майданашкахь, дохучу сагIанашкахь, дечу зуькаршкахь, доьшучу мовладашкахь а. Изза хиллера вайна СССР йоьхна, ГК-а ЧП Россехь кхайкхийча. Вайн къомана оьрсийн Iедало исторехь йиначу чевнийн дерзазчу моьнашна тIе туьха туьйсуш, вайна митингашкахь хиндолчу дахаран туьйранаш дуьйцуш, вайх зомбеш дира вайн «баьччанаша», шайна Iедал даржош, мехкан бахам дIаса бадош. Оцунах лардала деза тIейогIучу хенахь ваьш, весетаца ларйан йеза тIекхуьу тIаьхьенаш а. Дешарца, хьекъалца, говзанчаш кхиабарца, ваьшкахь гражданаллин кхетам гайтарца, цивилизацин, машаран методашца йаккха йеза къомана, махкана маршо.
10. Воьдучо иэшабо некъ.
Йаздархочун дуьненах, литературех, дахарх болу кхетам, цуьнан кхоллараллин лехамаш, исбаьхьаллин, оьздангаллин васт довза лаахь йеша йеза цуьнан критически йа къовсаме (полемически) статьяш, шена кхечу йаздархойх лаьцна хетарг дуьйцуш йолу рецензеш а. Царна (статьяшна, рецензешна) тIехь ма-варра ша гойту йаздархочо дуьззинчу шен вастехь. Оцунна тIе доьгIна, айса Кацаевх олуш дерг дуьззина чекхдаьккхина хилийта, болабо аса цуьнан статьяшна тIехь таллам бан. Сан таллам хир бу автора ша (Кацаевс) билгалдинчу статьяш йазйаран шерийн хронологица. Иза йолайо 1987 шеран статья «Семинар» тIера. Дешархочунна, нагахь санна ишттаниг валахь, цунна хаа деза литератураведа Н.Ф. Бельчиковс ма-аллара, - «Йаздархочун критически ойланаш дика материал, тоьшалла ду цуьнан исбаьхьаллин произведенех кхета, уьш кIорггера талла аьтто беш», (Н.Ф. Бельчиков «Литератураведенин болх караберзоран некъаш» «Наука» 1965 ш. АгIо 145.). Кацаевн кхолараллина тIе тидам баханчарна цуьнан произведенех кхета аьтто бийр бу цуьнан статьяша. «Семинар» статья лерина йу. Нохч-ГIалгIайн йаздархойн цхьаьнакхетаралло къоначу йаздархошна гIоналлина, цхьаболчеран дебютана лерина литературни дагадовларна.
Кацаев Сайд-Хьасан кхайкхина оцу семинаре дебютантан цIарах йаздархойн Союзан цIарах. Оцу кехатан йозанехь билгалдоккху Кацаевс къоламца билгалдаьхна дешнаш: «билет ларде, йаьлла харж меттахIоттор йу». Оцу дешна, дахаран тидамаш башха болчу, Кацаевн ойланехь сихха шен похIмаллин тулгIенца миниатюрин сюжет кхуллу вайн йукъараллин дахаран бакъ долчунна тIехь, йукъарчу транспорта тIехь. Йукъарчу транспортан (автобусан) шоферна йа кассирна наха билет ца хьехош, ахча кара делча хазахетаран масаллина тIехь. Шен ойланехь чIагIдо Кацаевс: «Пайда боцчу хIумнаш тIехь чIогIа принципиальни ду-кхи хIара Iедал. Кхузткъа капек меттахIотто гIерта хIорш». Кацаевн ойланийн дIахIотттамой, цуьнан тидамийн мехаллой гойту вайна, иза шен, нехан багарчу Iаьнарех тера, тешхаллица, сан бакъдерг нахана товр дуй те бохуш, йуханехьа ладегIар доцуш, хьежам болуш ву. Иза маьрша ву стериотипех, цунна готта ду литературехь доьгIна шира социалистически дозанаш, иза кхийда дуьненаюкъарчу литературан стандарташка, ша хIинца цкъа дебютант воллушехь. Цунна моьтту семинарехь ша къоман литературе дахьаш долу керла хIо хесторан шийла, цIена даар, къоман багара ма-доллу хабаран дош, куьйгаш детташ тIеоьцур ду семинарехь гулбеллачара. Цундела цо семинаре хьо шена, шен накъосташна хазахеташ долу дийцарш «Марха», «Анонс», «Iаьнан суьйре», «Йижарий». Кацаевс статьяхь боху: «ХIинцале ас йаздинчу дийцаршка ца кхочуш, дуккха поэташ, прозаикаш бу оха университетехь программица Iамош. (Ткъа ас хIорш, сайн кханене (тIейогIучу хене – авт.) хьаьжча, ницкъ зуьйш, корматалла кхиош, хинболчу боккхачу белхан кечам бен ца лору). Къоначу дебютантах ала догIу: «Инарлин дарже кхача ца гIерташ волу салти, ледара ву». Йа амбицеш кIезга-м йац вайн дебютантехь аьлла, хета тарло йаздархойн цхьаьнакхетаран ветеранашна.
И шолгIа ойла кхоллайалар го вайна цIе йаханчеран. Кацаев шаьш мича Iуттур ву ца хууш кар-кара ло иза Сатуев Хьусайнера, Вышегуров Мовмадера, Ахмадов Мусана тIе вахийта барт хуьлу. Бакъду, Сатуевс хьенан? стенан? Хаттарна жоп лучу дешнашна тIехьа мерачохь олуш долу «н» ца йаздарна бехк баьккхира. Ткъа кхо ша диалогашкахь ца йаздо и «н», деш долу къамел мелла буьйцучу маттана герга хилийта аьлла, жоп ло. Дахарера, литературан персонажаш беш, йукъа балочу турпалхоша ца ларйо шайн къамелехь йа морфологи, йа синтаксис, йа литературан хатI (стиль). Цундела церан къамелехь нисло диалектизмаш, жаргонни йа вульгарни дешнаш а. Оцу турпалхочун, куц-сибат, вастан башхаллина йукъа ма догIу, цо буьйцуш болчу меттан хатI а. Оьрсийн, кхечу къаьмнийн йаздархоша шайн меттан массо диалектех пайдаэца мегаш, ткъа вайна ца мегаш-м бац кхоллараллин болх, хоьтту Кацаевс. Семинаран дуьххьарлерчу дийнахь Кацаевн хиллачу ойланийн кочаро гойту, иза, доггаха йаздархо, мух-муххачех воцуш, къахьоьгуш схьавогIуш хилар. «Ишттачу меттехь дуьххьара вара со, - бохуш йаздо цо. Йиш хилча, хIора стеган цIоки чу вер вара со. Муха ойла йо цо? Стенан? Толстойс цхьатерра тергонца гайтина паччахьан, хьоладайн, къехойн хьал, инарлин, салтичун дог-ойла. Белхалойн дахар-м гуш дара суна. Амма хIун хаьа суна, масала, райкоман секретарах лаьцна? Цуьнан шоферан ма дукха хир дара дийца! Шена гина доцчу хIуманах дика йаздан, шовзткъа шаре вала веза йаздархо. Уггаре гений кхуьу хан йу и». Дуьненан литература йоьшуш шена зеделла боху Кацаевс, дукхахйолу тоьлла произведенеш – шедевраш автобиографически хилар. ЖамIдеш йаздо цо: «ХIета, йаздархочо уггаре дика шех лаьцна йаздо-кх. Шел дика цунна вевзаш цхьа ма вац. Шен дагара нийса (исбаьхьаллица – авт.) схьадийца ца хуучо, кхечарах лаьцна муха йаздийр ду? Кхин мила хир ву нахана йукъахь шех лаьцна йаздан хьакъ долуш, йаздархо, поэт, художник ца хилча?» Лакхахь вай йалийначу ойланаша, хаттарша дог огуш, хьийзош волчу дебютантах кхолараллин лехамаш, нахана вовзаре, везаре кхача лааран ницкъ, шен, шен заманан шуьйра васт гайта, шен гIайгIанаш дерриге дуьненан гIайгIанашка хьалаайа, гIорасизчийн амалш дуьненан ницкъ болчийн амалел ца оьший, лахара йоций хаийта гIерташ, схьавар го вайна Кацаев. Статьяша вайна гIо до Кацаевна гондIахьарчу нахал Кацаев ша вовза, цуьнан адамаллин, деган комаьршаллин, синсибатан хазалла, бIаьрган, лерган семалла, литературехула къоме, Даймахке, къаьсттина шен нене болу безам ган гIо до вайна «Семинар» статьяно. Кху статьях Кацаевс шена тIейогIучу ханна кхоллараллехь дан леринчуьнан план йу. Дала хан йахйойла цуьнан, массеран нахана пайденна хинйолу планаш кхочушйан. «…Амма суна дагадеанарг иштта ду: кхуьуш волчу нохчийн йаздархочух лаьцна роман йазйан. Цхьана декъехь цунах лаьцна, вукху декъехь цуьнан шен дийцарш. Йуха цунах лаьцна автора йаздеш, шолгIачу декеъхь цо ша-шеха, гонаха долчух лаьцна. Тахана ас йаздийриш цуьнан цIарах ду. Авторна кхочу дакъош йаздан сан тахана йа хаарш, йа говзалла, йа хан, йа дахаран зеделларг дац. Сан турпалхо соьца воккха хуьлуш ву. Сан нийсархо ву иза. Ас тахана ца йаздо стаг дуьненчу валарх, йуха кху лаьтта тIехь шен хала мур баькххина, иза дIавахарх лаьцна. Суна цунах хууш хIумма а дац». Кацаевс ша тIейогIучу ханна дагалаьцначара гойту иза маькаваьлла реалист хилар романтикина хера воцуш. Амма иза ванне вац фантаст, сюрреалист йа кепа кхетта литератор а. Цундела боху Кацаевс статьяхь «Вай заманан дешархо ши-кхо бIе шо хьалхалерниг вац. ХIетахь дерриг Iовша-Iаьвшина охаьдилла дезаш хиллехь, хIинца цо ша кхуллу авторца цхьаьна». Дика-м хир дара и тIаьххьарниг бакъ хилча. Амма нохчашлахь оцу тайпана «кхоллархой» вайна наггахь бен карора-м бац, сонталлина тIедоьгIна ца боху вай – бала ца хиларна, коьртана ницкъ бан ца Iамарна. Оцу агIор Кацаевс шен дешархочуьнан дозанаш шардо. Цо боху: «Сан хинволу дешархо, веккъа нохчи хилла ца Iаш, дуьненан муьлхха маь11ера, муьлхха къоман стаг го, и сан синна йуххера хилчхьана. Цхьана хенахь Толстойс хъалкъана лерина дийцарш йазден хан дIайаьлла. Тахана халкъ ду йаздархочун кхетаман бараме хьаладаккха дезаш»». Иштта лакхарчу Олимпан тIегIанан кхетаме халкъ далоран Iалашо лаьцна йаздархо вийцал вайн литературехь цхьамма?! Цундела далийра вай оьрсийн кица кху эссен уьтталгIачу коьртехь: «Инарлин дарже кхача ца гIерта салтий, ледара ву». «Семинар» статья тIехь Кацаевс дебюте даьхьначу дийцарех лаьцна вай дийцина эссен хьалхарчу «Iай кхетта малх» декъехь. Цундела церан мехаллаш тIехь тидам ца сацош, семинаран шолгIа дийнан болх бийцаре бийр бу вай. Оцу дийнахь дебютантийн Кацаевн, Тагаевн, Бурчаевн произведенеш йийцаре йо прозин декъарчу йаздархоша: Мусаев Мохьмада, Бексултанов Мусас, Ахмадов Мусас, Яхъяев Лечас, Гайтукаев Казбека, Эльсанов Ислама. Ахмадов Мусас Кацаевх (иза ву дуьхььара вийцаре веш) лаьцна олу: «Сайд-Хьасан суна тохара дуьйна вевзаш ву. Шен цхьа амал йолуш ву хIара, Шега бохург схьа ца лоцу кхо». Шен резавацарш дийцинчул тIаьхьа хастор ву-кх хьуна кхо со бохуш, ладоьгIуш хилла Кацаев, «Амма Мусага ла мел доьгIу а, - йаздо Кацаевс, - со кхета, цо дуьйцург сайна пайденна йа сох йаздархо хилийта Iалашо йолуш цахилар . Чохь болчийн цо сох лаьцна кхуллуш йолу ойла харц йу». Чохь болчарна, шена гергахь, йоккха авторитет йолчу Мусас «вайнехан гIиллакхца, вайнехан этикица, литературан меттан норманашца догIуш дац» аьлла, йемал дира, бехдира Кацаевн дийцарш. «Дахарехь хуьлуш дерг йа нислуш дерг литературехь гайта аьлла дац. И шен законашца йехаш йу. И законаш ца хааро авторан сий ца ойу», - тIетуху Ахмадов Мусас. Оцу йуьхьIаьржоно дог даьккхина цхьаверг кхин йаздан хIуттур вацара, амма Кацаев Сайд-Хьасан иштта атта къарлочех вац. Кацаев Мусас дийцинчунна ша резавацар хоуьйтуш, чуьрчара пурба даларе ца хьоьжуш, шен «Хьаша» цIе йолу дийцар ша деша хIутту. Цхьа болчара хастош, вукхара йемал деш къовсаме долу семинаран гIуллакх. Амма дийцарехь болу турпалхой бусалба динах хадаза хиларна (марха кхобуш йу дийцарера цхьа йоI), жанр къасто, шен дог датIар тIехь, Кацаевна цахаарна, йемал до и дийцар Яхъяев Лечас, ша «Ленинан некъ» газетан культотделан куьйгалхо хиларе терра. Эльсанов Ислам Яхъяев Леча тасало литературан теори хааран декъехь. Эльсанов литинститутехь дешна иза чекхъйаьккхина цIа веана ву. Нохчийчохь ларбеш болу литературни бехкамаш перестройкано хьаьккхина дIабаьхьна столицехь, вайн Нохчийчохь хIинца стереотипех марша довлаза, обкоман идеологин тIеIаткъамех ца къаьсташ Iахь а. Нийса йаздо Кацаевс: «Вайн нохчийн гIиллакхе, гIуллакхе диллича-м йа Бадуев, йа Айдамиров, йа Ахмадов, цхьа вацара ала хIума доцуш. Вайзаманан произведенешкахь нохчийн «Iадаташ» эша деш, советски адам серлоне дуьгуш, керла гIиллакхаш толадора цара. Бексултановс произведенин форма хьалхатеттина ца Iаш, «ширачу заманах буха дисначун» хазалла гайтина, тIедеанарг дерриг дика цахилар гучудаьккхина. Кхул тIаьхьа, муьлхха нохчийн йаздархо ца хилча санна, болх бан мегар ду къоначара, амма Бексултанов тидаме ца эца йиш хир йац». Иштта мах хадабо Кацаевс шена дукха везаш, керлачу нохчийн литературан, баккъалла къоман реализман бух тIехь цуьнан гIишло, бIов йуттуш схьавогIу Бексултанов Мусан кхоллараллин. Иза харц дан йиш йолуш цхьа вац йа хьалха дIабаханчех, йа тахана йаздеш болчу нохчийн йаздархойх а. Бексултанов Мусас дог хьостуш, Кацаевна йаздархо хила некъ хьоьхуш дош элира: «Цу чохь дийцинарг (семинарехь) цхьа тергал дан оьшуш дац хьуна. Хьуна оьшуш дац и. И литератураведени царна йита. Мелла исбаьхьаллин книгаш йеша, йазде и карор ду хьуна. Хьуна бакъдерг ала лаахь, ахь дешнарг ас дика схьа ца лаьцна, цунах лаьцна хьоьга хIун эр ду ца хаьа суна. Со «СтелаIад» журналехь ву хьуна болх беш. Цига вола. Айхьа йаздинарг да. Классикашкара Iама йаздан. Хьайна дика хета произведени нохчийн матте йаккха. ТIаккха уьш нохчий белхьара цара муха йаздийр дара гур ду хьуна. Цо куьг шардийр ду хьуна. Билгал долу дешнаш лаха Iамор ву хьо. Ас иштта до хьуна… Бунин веша, Казаков, Шукшин. Дешан говзалла кхуьур йу хьан. Сероян веша. ЧIогIа атта йоза ду хьуна цуьнан». Бексултанов Мусан хьехарш веккъа Кацаевна тIедоьгIна хилла ца Iа. Муьлхха йаздан волалуш волчунна дика, пайденна хьехамаш бу уьш. Цундела Кацаевс шен статья тIехь уьш ма-барра массарна бовзийта, хьал-хьулам ца беш, буьйцу. Статья йерзочу декъехь Кацаевс гойту вайна йаздархойн семинар шен Iалашоне кхаьчна цахилар. Кхин дIа йеш йолу семинарашкахь хила йезачу Iалашонан хаттарш билгал до цо: «ХIун дан лерина йу кхин дIа йаздархойн Союз? Муха болх бан дагахь бу къоначу йаздархошца? ХIун аьтто бийр бу къоначийн? Арайохур йуй церан книгаш?
Ишттачу жамIашка сатуьйсуш Iийначу Кацаевна хиира, ша кхузахь даьккхина ши де-буьйса эрна йайна хан хиллий, ша оцу Союзах тешна Iан ца везий, Iедало тIехь терго йан шена атта хилийта, урхалла деш куьйга кIел латто кхоьллина организаци иза хилар а. ТIекхуьучу литераторшна аьтто хилахьара, царна гIо хир дацар те аьлла, Союзан куьйгалхошна дага ца догIу. Йа ишттаниг дага дан дезий ца хаьа. Шайна цигахь Iедало лучу соьмах, кхаьчначу цIерахазман даржах Iехалуш Iаш бу. Шайга Iедало тIекховдийначунна муьтIахь бу уьш. Ткъа литература Iедалан законашца кхуьуш йац, цуьнан йаздархочуьнан корматалле хьаьжжина, исбаьхьаллин кхетамо сурт чулацаран хIоранан тароне хьаьжжина, бакъдолчуьнца уьйран чIагIонан ницкъе кхевдина хуьлу. И амал хIора йаздархочун шен-шен йу: цхьаболчийн бакъдолчунна, шена дика хуучунна бен тIе ца тевжаш, вукхеран – лакхарчеран бага хьаьжжина. Кацаев хьалхарчех ву. Ша цхьалха, цхьанне оьшуш вацахь, бакъонах, шен къоман лазамех, халонех дIахервелла кхоллараллехь кхиа амал доцуш.
11. Син оьздангалла исбаьхьаллин бакъдолчо кхиайо.
Атта ца хилла литературан кхолларалле Кацаевс буьллуш болу некъ. Иза го вайна цо 1989 шарахь йазйина «Дахар, литература а» статья йешча.
ХIора баттахь, цхьацца кIира йукъа дулуьйтуш, шоьтан дийнахь къоначу йаздархойн литературан «Пхьармат» цхьакхетараллехь вовшахбетталуш бара вайн махкара литературица гергарло долу кегийрхой. Кацаев хилла пхьарматхойн декъашхо. Шайна билгалйина заседанеш дIайахьа меттиг ца хиларна, кхеран болх баьржино хилла: «Орга», «СтелаIад» йа обкоман политцIийнан гIишлошкахь, йа эрна арахь. Цул сов къоначеран произведенеш зорбане йахар-м аьттехьа доцу хьал го. Кацаевна, вайн зорбанан гIирсаш кIезга хиларехь. Шиъ бен доцчу мехкан журнал тIехь шайн произведенеш тIеетта аьтто ца болу цу журналийн редколлегин декъашхой. ТIе оцу нохчийн журналийн агIонаш тIе йетташ йу КПСС-н балхах лаьцна материалаш а. Боккхачу лазамца, дог этIаш боху Кацаевс: «Оьрсийн маттахь ца йоьшуш йолу уьш, «Ленинан некъ» газетехь, «Орга» альманахехь муххале ца йоьшу. И аьлча хьо вониг ву-кх». ДIадаханчу бIешеран 70-80 шерашкахь ас а (кху эссен авторо) биттира эрна когаш оьрсийн, нохчийн меттанашкахь зорбанан редакцешкахула. Къамел хилира I. Кусаевца, I. Гапаевца, I. Шайхиевца, М. Мусаевца, З. Яндарбиевца, А. Бисултановца, Л. Абдулаевца. ТIаьххьарчу кхааммо бен башха дегайовхо ца йитира суна литературан цхьана жанрехь кхиам хир бу аьлла. Оцу догдаларх йухаваьлла, йуха тIамо хьовзийна дIатеснера аса кхоллараллин болх. Пхьарматхойн декъашхо хиллачу, сан дешархо школехь хилла волчу поэта Пашаев Нурдис, йуха Кацаев Сайд-Хьасаний, Баиев Iусманий бинчу тIеIаткъамо тIеверзийна со хIокху цхьанне баркалла доцчу, хьайн хан йайар бен пайда боцчу балха тIе. Суна-м со цкъа ца хетта, йаздархочун IиндагIе кхочуш, похIма долуш, дешан пхьар. Амма йозанаш хьекхаран цамгар-м кхетта йаьлла. Цундела ца Iаваларна, хьанна хаьа, эрна даьлла къух хуьлу-кх цхьана лазарна дарбане олий, йаздо-кх аса, хьаъа а эцна, цхьа пайда эца там бу-кх сан йозанах, аьлла хеташ. Темина, сайх лаьцна дуьйцуш, йуьстахваларан баьхна ду, Кацаевс статьяхь дуьйцуш дерг сайна тIехь леллачуьнца тIечIагIдан. КIедачу Iоттарца хоуьйту статьяхь Кацаевс къеначу литераторша, аьлча литературехь чIагIбала кхиъначара: I. Шайхиевс, М. Ахмадовс, – кхечара йеш йолу новкъарлонаш. Цаьргара ша нислучу агIор го-м муххале ца хуьлура, шаьш йазйинарг бен царна дош цахетарна. Цара шайн ма-хуьллу къоначийн инициатива дIайоккху агIо, похIма лакъош беш болу тIеIаткъам бора. «Йаздархой гуттар керланиг дохьуш, кхайкхош хилла. Нохчийн йаздархой берриш консерваторш бу. Дечу хIуманна тIехь-м дика дара иза. Амма кхоллараллехь цо доккха зен до. Зама хийца лой, Iадда чохь воллуш, наха хIун леладо ца хууш, (Кафка санна, Кацаевна дика вевзина волу кхоллараллица – авт.) дахарна тIаьхьа вуьсу книгашна, куьйгайозанашна тIаьхь воллург. Реальни, долуш долу дуьне ца девза йа довза ца лаьа, хьакхавала ца ваьхьаш кхоьру. Цигара схьа, жигара дакъалоцуш, цунна тIеIаткъам беш вацахь йа «бехвала ца лууш Iаш велахь, оцу хуьлуш лаьттачух лаьцна дийца, йаздан ца деза, и гайта мегар дац моттар – ша-шен Iехавар ду», – боху Кацаевс. Махкахь, дуьненахь, дахарехь хуьлуш долчух Iаламан дIахIоттам къастош йолу барометр хилла ваха веза бакъволу йаздархо, тIетуху цо йуха. Бакъдерг дийцича, гуш йолу харцонаш йемал йича, куьйгалхойн хьарамлонаш, цIарматлонаш гучуйаьхча, Iедалан чиновникаша муха тIеоьцур ду те аса йаздийриг бохуш, йуханехьа ладоьгIучух маьрша, тIаьхьенашна дагаван йаздархо хирг цахилар билгалдо статьяхь. Пхьарматхошна литературан кхоллараллин хьехамхо Iалвади Шайхиев вина хилла комсомолан куьйгалхоша, наггахь жим-тIам сом-ком кховдош. Амма 1989 шарахь дуьйна комсомолан гIуллакх гIеххьа талха доларна, оцу лучу «нахартех» хадийнехь йа йалар ледар даьллехь, Iадлвади хьалхачул шовкъ йоьхна хетало пхьарматхошна. Тамашена хIумнаш тIекховдадо дахаро, боху Кацаевс. Шена, шен накъосташна товш, дика хеташ долу шен дийцарш зорбане ца доху, ткъа ойлайеш цхьа ницкъ ца хуьлуш, ткъайахха минотехь, ахь бен ца хеташ вовшахтоьхна, хьайна маьIне ца хета дийцар зорбане доккху. Ишттачух тера масал даладо Кацаевс. Яндарбиев Зеламхас шега, «СтелаIад» журналан цхьа йузаза йисина агIо йузийтархьама, дийцар йаздайтарх лаьцна, нуьцкъаша «редакцехь чувоьллина», ала мегар долуш. Иза Кацаевн дуьххьарлера дийцар дара зорбане долуш. Ша жима волуш, шайн луларчу Байчеран бешахь дечиган хастамех ловзарх лаьцна. ШолгIа зорбане даьлла дийцар «БIарлагIаш», Эльсанов Ислама ша вовшахтухучу къоначийн гуларна йукъа дахийтина. Иштта хала, дагахь доцчу агIора йолайо зорбанан дебют Кацаев Сайд-Хьасанан, шена ца моьттачу агIор. «БIарлагIаш» дийцарна-м реза вара ша бохуш, мукъарло до Кацаевс, амма цунах дешархо дика кхетар вара, оцул хьалха шен произведенийн хотIах, проблемех воьлла хилча. Зорбанан машинка йоцу йаздархо герз доцуш (йа тIулгаш кхуьйсучу Iодца) экханна талла араваьллачу таллархочух, йа муш боцуш гIу чуьра хи даккха гIертачу некъахочух тера хилла цу заманахь. Делахь Кацаевна карабо шех доглозу накъостий: кхуьнца балхахь йолу машинистка Нуржан, воцуш йиш йоцу Iусман а. Ша аьл-аьллларг дIайаздеш, тIаьхьахIоьттина лелаш цхьа робат хилча, дукха книгаш йазйина хир йара ша олий хета Кацаевна. Амма нийса дахаран тидам бу Кацаевн, цо хIора йаздархо шен-шен похIма долуш ву аьлча: цхьаверг буьйцучу маттехь говза, амма йозанехь беса, ткъа важа йозанехь говза, хабарехь ши дош вовшах ца тасалуш. «Наггахь бен ца нисло и ший говзалла цхьатерра барамехь йолу йаздархо. Мало эша йина, куьг ойланна тIаьхьа кхиош дIайаздан чIогIа къахьега деза», бохуш, тидам бо Кацаевс.
Кацаевн лаам боккха бу. Iалашо лакхара йу, амма ша «дуьненахь йу-йац ца хууш Iаш йолчу нохчийн литаратурана, кхечу къаьмнийн терго тIеерззал ницкъ го шегахь, шена редакторшка ша зорбане воккхуш накъосталла хилчхьана. Шена критикаша шен произведенешкахь «мораль» йац бахар йоккха новкъарло йолуш, иза гал хетта Кацаевна. Вайн заманан дешархочунна берана санна, СаIид Бадуевн заманахьлерчух мораль йеша оьшуш ца хета Кацаевна. Ца бах цо халкъан кхетам оцу заманахьчул тобелла, лакхабаьлла. Амма Кацаевна йаздархочун Iалашо лакхара го. Дахарехь долуш, лелаш, амма вай доцуш санна, бIаьргаш хьаббина, маттаца хьахо эхь хеташ, шай-шай и хьарцахьа хьовзийна нохчийн дахаран оьздангалла, цIарматлонаша йожо йолу цIе йаккха ца ваьхьаш массо Iийча, хуьлург йухадерзо йиш йоцчу хьоле даьлча, вай цхьане самадовлар тIаьхьа хирий теша? – боху Кацаевс. Нах ца кхетахь хуьлуш долчух, йаздархойх кхета безий, вовшашна йукъахь мукъана и вайн хаьрцина йоьду оьздангаллин сакхте агIонаш гуш, царах лаьцна дуьйцучунна марш тIе хIума йетташ, цунна зорбанехь дош алар ца доьхкуш. Кацаев зорбане цавалийтар цхьа бахьана ду: цо вайн кегийрхой боьрша, стен къоман, бусалба динан оьздангаллин гураш кегдеш, дозанаш хедош, зударий дегI оьхьуш, божарий араллехь терсаш, кериста къаьмнашна «тIе куй тухуш» хецабелла боьлхуш бу. Иза хIунда го, цунах лаьцна хIунда йаздо бохуш, дихкина Кацаевна зорбане валар. Амма вайнехан кица ду: «Цхьамза гали чохь хьуллур бац». Хьул ца ло. ЙоIстагаллех маре бахале къаьстина нускалш сих-сиха нисдала доьлла, марехь болушшехь шолгIачух везар винарш бовлу, къотIарчий схьатийса долийна. Кхахьпаллин притонаш йолуш йу, цунах йовлуш йолу цамгарш йолу нах вайн венерически диспансеран учетехь бу. Буй ца хууш лелаш, мел хир бу уьш. Оьздангаллех доьхча даьржаш долу Iаьржа ун вайн массеран неIарх, корах чугIоьрттина Iаш ду, вай сама ца довлахь, баьрчче даьлла охьахуур долуш ду. Самадовла бохуш, йаздо-кх Кацаевс шен дийцарш. Цундела критикашна, редакторшна ган дезаш дерг произведенин проблематикин агIо йара, орфографически гIалаташна, жанран билгазаллашна, компазицин гIалморзахаллашна, сюжетан йаржаллина тIехь ца ирбеш шайн тидамаш. Коьртаниг кеп ма йац чулацамна, проблематикина тIеIаткъам беш. Вайн йаздархой советан Iедалан системина кIел кхиъна нах бу шайн бераллехь дуьйна. Вайн къоман литература дахарна йукъайалийнарг Советан Iедал ду. Вайн литературан бухбиллархошна тIера схьа Iедало хьалхатеттина проблемаш, цуьнан идеологи дIакхехьа, цу Iедална муьтIахь хилар сих, цIийх, тIамарх доьлла схьабаьхкина уьш. Вайн гIиллакх-оьздангалла лардеш лаьттина Iадаташ, бусалба дин шега хьашалучу агIор хьаша хьаьшнера оцу Iедало. Дика ду Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Сайд-Хьасан Нунуев, Апти Бисултанов, кхин болу вайн дайн гIилкхаш, Iадаташ дендан гIерта йаздархой советан зама хаьрцачу тIаьххьарчу шерашкахь кхиъна. Уьш жимма оцу системо (советски) туьйсина хиллехь дуьхьала хила магара советски идеологица ца догIучу хIуманна. Амма тахана уьш бац кхоччуш марша бевлла, Советски идеологех бевллехь, нохчийн сакхташ кхайкхош Iора даха лаарна тIехь, Кацаев Сайд-Хьасан санна. Ткъа Iалвади Шайхиев, цул баккхий, цуьнан хенара йаздархой «социалистически маьIница, къоман формица» баьхначу идеологино дIахоьцуш бац. Цундела йо цара новкъарло, дуьхьало «соцреализман» къепехь йоцчу произведенешна. Iалвадис, Кацаев кхетош, дуьйцу, цунна санна, шена девзина хилар вайн зудабераш маре дахале йоIстагаллех бовлуш хилла масалш. Маре йаханчо ша йезаш йигначуьнга латкъамца, шен бертаза вевзаш воцчу стага ша хьийзийна аьлла, дийцича, важа (майра) тешна нускалх. Цо иза йоIстаг цахилар лачкъийна шен доттагIчух, иза дIайахийта бохуш волчу, дIахедаш гергарлонехь цунах. Цул тIаьхьа ши-кхо бутт баьлча, «вайн нускал дIадоьду, шен нахалахь йаханчу цIарах цIанлой. «ХIинца майрачо хIуъа дийцича. Цкъа – делахь, цунах цхьа тешар вац, цо дерг дийцарх, дIайаханчу зудчунна хIуьттаренна дуьйцу бохуш. ШолгIа, шен сий лахдо цо и дийцича. Зуда бахьанехь доттагIчух велира иза, йа зуда ца Iийра цуьнгахь». Гой шуна, махкахой, Iалвади Шайхиев, кхин берш вайна йукъахь дерг ца гуш, йа доцуш Iаш бац. Ца баьхьаш Iа шина агIор. Iедало шайна тIедожош дIакхайкхийна цахиларна: «Накъостий, нохчийн йаздархой! Нохчийн къоман оьздангалла вархIе ден Iадатийн, гIиллакхийн бух тIехь йуха денйан йеза. Цундела шайн произведенешкахь дийца зудчунна шен дегIан массо меже дIалечкъийна хила йезар, настарш тIера лога тIе кхаччалц, коьртахь йовлакх лелош боцчу йоьIаршна, зударшна гIуданаш деттар ду тIе кхаьчначу милцочо. Зударий божарех мелла къаьхкина хила беза балха тIехь, доьшу чохь, новкъа богIуш больхуш, машенаш тIехь. Оцу бехкамашца лелаш болчу зударийн, ишттачу зударийн сий, лерам бечу боьршачу нехан, хьарам, хьанал къастор тIехь билгалбевллачийн васташ оьшу вайна тахана, – Нохчийчоь йухаденлучу муьрехь, кхин дIа долчу дахарехь аьлла. Указ я приказ ца хилахь Iедалера, уьш Iийр бу-кх «Йухабийларшкахь» хIумма доцчу хIуманех поэмаш йазъеш. Нийса боху статья йерзош Кацаевс: «Iалвадис суна масална дуьйцу и. Дахарехь хилларг йаздан ца оьшу, бохучу маьIнехь. Суна иштта ца хета. Дахарехь доцург йаздеш хилча, ас туьйранаш йаздийр дара, хIара эрна къа ца хьоьгуш. Искусствон цхьа дакъа хир дац, литература санна, харцдерг ца ловш. ХIора дашо, доггах йаздина дацахь, мохь хьокху: со бакъ дац хьуна, со дош дац хьуна. Ма тешалахь! Суна-м го и, хIокхарна хIунда ца го-те? Кхарна мухха хетахь, со сайна хеттачунна тIехь ву. Ма-дарра долчу дахаро произведенехь дIалаьцначу меттиге хьаьжжина бен, мах хадор бац, сий дийр дац тIаьхьено муьлххачу йаздархочуьнан. Кхин цхьа бакъдерг ду вайн литература кхиарехь новкъарло, зулам деш лаьттина советски системехь, таханлерчу дийнахь а. Иза дукхах йолу цхьа маьIна доцуш, утилитарный агIо ларйеш (гонораран дуьхьа) йазйина произведенеш, Кацаевс ма-баххара, литературни Олимпехь меттигаш дIалецначу нехан макулатура йу. Литературехь коьртаниг ду къоман син оьздангалла ма-дарра долчу дахарца дустуш, дахар син оьздангалла цхьаьна йогIуш хилийта исбаьхьаллин дешан говзанча хилла чекхвала хьажар хIора, къомах дог лозуш волу йаздархо. Ишттачу сацам тIехь чIагIвелла Кацаев шен «Дахар, литература а» статьяхь.
12. Россин арми – са чохь робатийн пхьалгIа.
ГIоранца, хьаькамашна муьтIахь хиларца сов бевлачех, кара Iамийна жIаьлеш деш, йуха церан ницкъаца могIарерчу салтех са чохь робаташ йеш меттиг йу, эскарехь Iемаш чекхвала хIоранна тIедожош йолу, пачхьалкхан арми. Оцу темин лазарш, кхачамбацарш, адамийн вовшашца йолу йукъаметтигаш, исбаьхьаллин произведенешкахь ма-йийццара йоций хоуьйтуш, йаздина ду «Кехат» дийцар. Цу дийцаран истори, прототипаш, сюжетан материал, шен дахарехь авторна нисбелла хиламех лаьцна ду «Самоволка» дийцар. «Кехат» дийцарх кхоччуш дош аьлла даьлла эссен хьалхарчу дакъошкахь. Ткъа «Самоволка» дийцаро вайна кхин къагош, турмал чухьожуш, гергахь схьагойту, генарчу гIалартийн суьрташ санна доцуш, мелла дерзина «хьулхьалам боцуш схьадоьллу салтичун армейски дахар,– бIо вовшахтухучу военкоматера дуьйна, шина шеран хехкаршкахула казармийн, карцерийн зерашна чекхвоккхуш, марзо чекхйаьлла, жвачка санна, цо (армино) хьаькамийн буьйранна муьтIахь, робат санна, цIа ван дIахеццалц. Цуьнца цхьаьна безаман тема йу, вайн къоман дастамечу (уггаре акхачу, адмалла доцчу) Iадато деш долу зен-зулам дуьйцуш. Иза бертаза зуда йадоран Iадат ду. Оцу Iадато хьошу адам (къаьсттана зудчун) сий, йожайо цIе, хададо ирс, лехна безам, дог доккху дахаран хазачу марзонех, йерриге оьмарна дагна йеш йоьрзун йоцу чов, бохабо кхоллам. Зуда йадийначу стагана уггаре деза таIзар кхайкхо дезара вайн махкахь Iедалан законо. Суьдехула дерзо дезаш дов дара иза. МаслаIатца, ваьшлахь ишттаниг вайн дерзоро дохуьйту и цIармата Iадат вайна йукъахь. Оцу дерриге дийцарх синIаткъам алсам болу, деглазамца доьшу «Самоволка» дийцаран борхIалгIа, уьтталгIа дакъош. Оццул дезаш долчу шина адаман (Султанан, Фатимин) безамна йукъадаьлла экха (адам цунах олийла дац), хIун ирс эца доллу, шина адаман дегнашка, сел къиза чевнаш йеш, церан хилла баьлла кхоллам бохийна. Иза йу-кх вайн литературан исбаьхьачу даше, къегинчу васташка кхойкхуш проблема. Вай къам вончу амалех, зуламечу Iадатех (чIир, зуда йадор, озабезамаш бар, хьарам даьхнина тебар, лаьттан шунаш къийсар, хьагI лелор, гражданалла тIе ца лацар, ас-со дезар и.дI.кх.) хадийта, кхетаман болх дIакхехьар ду-кх йаздархочун декхар.
«Самоволка» дийцар дешначунна советски армин, хIинца башха хийцайелла йоцчу российски армин дахар девзар ду, шен массо кхачамбацаршца, ткъа жимма хан тоьхна волчунна шен армейски шераш, леламаш карлабевр бу.
Свидетельство о публикации №225081800623