13. Идеологин йийсархой

а) Атта дац керлачун пионер хила.
Iаламан ницкъийн хиламаша: карзахбаьллачу мохо, тIапломо, мохкбегаро, хIорд батIаро,– хуьйцу мехкан сурт санна, Нохчийчоьнан  дахаран дIахIоттам хийцина Октябрьски революцис, советан Iедало. Нохчийн къам, кхин долу Россин къаьмнаш санна, къаьсттина миска, нохчий цкъа ца хиллачу маршоно, бакъоно, шайна кхаьчначу нийсоно (массо къеллехь, хьоладай боцуш, дIанисваларо) шех чIогIа тешош, Iехабалийтина керлачу Iедало. Оцу халкъан Iехадаларан дегаайаман болам тIехь кхоллайелла вайн къоман, хIетталц хилла йоцу литература. Иза кхоладелла дIахIоьттинчу пачхьалкхан Iедалан лаамца, цуьнан таронца. «Керлачу хийцамех муха Iехалур бацара нохчийн йаздархой, цу хенахь гIарабевлла болу, Европа, Америка йевзаш хилла оьрсийн поэташ: Блок, Брюсов, Есенин, Маяковский а Iехабелча?! Бакъдерг аьлча, Iехавала хIума дан дара оцу заманчохь: заводаш, фабрикаш йахкар, некъаш тодар, хиш даладар, школаш, больницаш йахкар, тIеш тахкар», - яздо Кацаев Сайд-Хьасана «Ахьмад Нажаев (дахар, кхолларалла)» цIе йолчу статья тIехь. Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташна 1992 шарахь йешначу лекцин бух тIехь йазйина йара и статья. Кацаевс вайн Iаматашна тIехь болчул сов хаамаш бо Нажаев Ахьмадан дахарх, кхолараллех лаьцна. Амма вайн нохчийн советски литературан бухбиллархойн произведенийн мах хадош, церан идеологина, партин политикина йийсаре эгар бахьана долуш, похIма делладаларна хилла зенаш гайтар-м дика нисделла Кацаевн. Туркаев Хьасанан «20-чу шерийн нохчийн поэзи» статья тIера йалийначу цитати тIера болабо Кацаевс Ахьмад Нажаевн кхолараллина таллам: «Керла дахар хесторца, поэташа нохчийн йуьрта партин, Iедалан сацамаш дIакхачоран Iалашонца пропагандистийн, агитаторийн декхарш кхочуш дора». Кацаев Сайд-Хьасана  и дешнаш… шайн чулацамца, маьIница тахана нийса догIуш лору, – вайнехан йаздархойн дакъазалла йу иза. Бакъволу йаздархо официальни идеологин илланча хила везаш вац. Цуьнан шен дуьне, «шен пачхьалкх», муьлххачу хIуманан шен хьесап хила деза. Нохчийн дукхах болчу йаздархойн галдаьлларг – церан литературни говзалла эгIаза йитинарг, цара шайн произведенешкахь Iедал хестадар ду. Нажаев Ахьмад царах цхьаъ ву. Йаздархо цхьанне партих, боламех возуш (царах вехкавелла хила ца веза – авт. Х.З.), классови, тайпанийн (вирдийн – авт.) кхетамна тIехула хила веза. Дуьненан хьежамаш шен зерашца доьзна хила беза цуьнан». Кацаевна йаздархочун декхар хета дика , вон дахарехь къасто адамаш кхетор, зуламах уьш лардар. Йаздархочун Iан йиш йац дуьненчохь, ткъа шен махкахь-м муххале, лелаш долу «вер-ваккхар, харцонаш, Iазапаш доцуш санна, йазйеш шен произведенеш. Иштта Iийначу йаздархойн произведенеш церан заманца йовш дIайовлу, шайн исбаьхьаллин агIонашца ледара хиллехь. С. Бадуевн произведенеш вайн тидамехь хир йацара тахана церан вайн гIиллакх-оьздангаллина, динан дайшна дуьхьал хиларе хьежча. Амма оцу произведенийн идейни агIонаш харц хиллехь, исбаьхьаллин, меттан говзаллин, маьIнин кIоргаллин хьесап лакхара хилар бахьанехь, церан мах байлуш бац. Ахьмад Нажаевн, цуьнан заманан нохчийн литературан бух буьллуш къахьегначу йаздархойн, Кацаевс билгал ма-дарра, «синхаамийн озабезам, симпатеш соцреализмехьа го вайна». Ткъа иза вайн къоман йаздархойн башха доцуш, массо къаьмнийн йаздархойн хилла оцу заманчохь. Цундела Ахмад Нажаевн «ЖаIу» поэма йу оццу «соцреализман» хотIехь йазйина. «Дуккха персонажаш, хиламаш, тIемаш бу поэмехь, амма поэзи кIеззиг йу. Романистан похIма долчунна дика сюжет-м йара и. М. Горький, М. Шолохов, Д. Лондон, Т. Драйдер, Л. Арагон, Г. Манн, дуьненахь гIарабевлла дуккха йаздархой ма хилла кхин, шаьш соцреализман школехь лоруш. Амма халахеташ делахь, оцу заманахь нохчех ца ваьлла церан барамехь йаздархо. Уьш кхиа ца битина», - боху Кацаевс боккхачу дагахьбалламца. Вай бакълийча 10-15 шаре йолуш йолу вайн литературан дуьненан шедевраш йазйалла говза йаздархой Iама, кхиа хан ца хилла, уьш-м тахана бац вайн дуьненна дIабата сийлалле кхаьчнарш. Цундела вайн 20-гIа бIешеран 20-чу шерийн литературан бухбиллархойн произведенеш дуьненан литературан шедеврийн бараме кхочуш хIунда ца хилла вай бахар, цу йаздархошна лер, бехк биллар нийса хир дац. Цара къомалахь йоза дендина, литература кога йахийтина (иза мел акх-сокх вайна хетахь), куц-кеп кхуллуш, исбаьхьаллин вастийн бустамаш даьхна, технически говзалла, жанрийн башхалла зерца масалш дитина. Iаламат мехала болх бина Нажаевс, цуьнан заманан йаздархоша, Кацаевс ма-баххара, къоман фольклор дIайазйеш гулйаларехь а. Оцу заманан йаздархойх лаьцна вайна хууш дерг Iаламат кIеззига, тIеххула ду, вайн литературехь мемуарни жанр ледара хиларна, лору Кацаевс. Кацаевс лакхара мах хадийна А. Нажаевн «Iа» цIе йолчу стихотворенин. Оцу стихотворенехь Нажаевн похIма маьрша ду «пропогандин, агитацин» Iалашонна. Цундела и стихотворени уггара боккха кхиам лара мегар ду поэтан кхоллараллехь. «Нохчийн йаздархойн, поэтийн, просветителийн хьалхарчу чкъурах къамел дечу хенахь, уггаре хьалха дагахь латто деза – уьш Нохчийчоьнан дуьхьа къахьегна нах хилар. Дерриг церан дахар нохчийн къам дешарна тIехьажадарна, баккъала аьлча вайн къам серлоне кхачор Iалашонна тIедоьгIна ду. Тахана вай, дешаран система нохчийн матте йерзо йезий, ца йезий, боху хаттар дийцаре дечу хенахь, Нажаев Ахьмадан весет санна лара мегар ду хIара могIанаш:
«Дешархой, дешалаш ненан меттан йоза,
Дешарца шу кхуьу хьекъална говза,
Ишколан майданахь шу хаза ловзу,
Бакъонан малх кхетча, марша ба ала».
Оцу вовшашка болчу шина нохчийн йаздархойн чкъуран лараман хьасене ойланийн ойамех, йерзайо Кацаевс шен статья.

б) Iедало муьтIахьчарна бина тешнабехк

Нохчийн литературан бухбиллархойх лаьцначу темица шолгIа статья йу Кацаевн Iабди Дудаевх лаьцна. Цу статьян дешхьалхенехь автора 1917 шарахь Россехь, цул хьалха Францехь, 1990 шарахь вайн махкахь революцеш хилча хIуттуш долчу хьолан гIурт, Iала-гIожа йуьйцу. Кацаевс гойту революцино адамийн дахар хоршара даккхар «дерриге мегаш, динарг дуьсуш хан, жоп деха, сацо стаг воцуш, Iедал доьхна, йукъаралла кризисе йуьгуш хьал» дIахIоттар, наха Iедал йукъахь долчу хенахь вовшашца хилла весаш, Iотта-баккхамаш акха герзаций, тобанашций арабовлар. Иштта революцин мур хIоьттича Францехь нисделлачу гIуллакхех лаьцна Анатоль Франса йаздинчу «Госпожа де Люзи» дийцар тIера масал даладо Кацаевс статьян дешхьалхенехь. Дийцаран маьIнин коьрта мехалла хьаьржина А. Франса зуламна гIаьттина адаман экхаллий, мел халачу хьелашкахь адамехь хила деза адамаллий, къинхетам вовшашца къовсадалар. Виэлла даьлла бахьана доцу философ, Планшон, вен араваьлла ву хаспахо Любен, шена тIаьхьа тоба хIоттийна. Шен са дадийна неIсагIе веана пекъар – профессор, шена шайгахь и гучувалахь кхерам боллушехь, Полина де Люзис, лачкъа вой, кIелхьара воккху. Оцу произведенин оьмар дуьненчохь адам мел ду хедар йац. Цундела боху Кацаевс «Пачхьалкхаш кхолла лур йу, йоха йухур йу, амма, дуьне мел ду, и дийцар дуьсур ду. И шедевр йу». Кацаевс хоуьйту ша Iабди Дудаевн кхолларалла французийн литературан классикица йуста ца гIертий. Амма вайн нохчийн литература кхолайелла хиллехь хьалхалерчу заманахь (оьрсийн, кхин долчу къаьмнийн санна) ламасташ, къоман йаздархошна масал эца Малхбален, Малхбузен литература йевзина хиллехь йа кхоччуш оьрсийн классически литература йевзинехь, вайн хила тарлора вешан БунингIар, БальмонтгIар, БулгаковгIар, ЦветаевгIар санна, йаздархой. Вайн йаздархой, цхьа зеделларг йа говзалла йоцуш болу, советан Iедалан идеологин ворзапний, нуьйжанний йукъа нисбелла. Доллучунна тIе хIетталц (революци хиллалц) «къеллехь, мискаллехь, йоза – дешар доцуш, баьхкинчу нохчийн йаздархошна гергахь Советан Iедал баккъала маршо, токхо йохьуш деана дара. Оцу Iехабаларх, Iедало лелочу къизаллех, харцонех шек цабовлар, гуш ду уьш, Iедало мел зуламаш деш хиллехь, цунах тешаш хилар. Цундела «шайн заманан» тIаьхьалонийн бен, кIорггара васт довза, кхолла ницкъ ца кхаьчна вайн дIадаханчу йаздархойн чкъуран, боху Кацаевс. Амма царна бехк ца буьллу цо, и хьуьнар, говзалла, корматалла лакхара йолчийн бен ца кхочу. Литературан сийлахь, доцуш йишйоцург лору Кацаевс деккъа цхьа декхар – иза бакъдерг дийцар. Кхин цхьанне йа цхьана хIуманна декхарийлахь йац литература. Ткъа бакъдерг дуьйцуш йолу литература шен лаамехь, маьрша, цхьаммо цхьана агIор ца ийзош, кхиа йезаш йу. «Нохчийн литература, кхоллалуш дуьйна цхьана гIуллакхана, цхьана Iалашонна тIехьажийна хилла. Дика дара и гIуллакх, Iалашо дахаран бакъ дерг хиллехь-м, къоман дог-ойла, партийни, Iедалан идеалоги йоцуш. Партех, Ленинах, революцех, къинхьегамах «деланаш» тарбина произведенеш йахарехь къийсалучу йаздархойн тIаьхьало, церан произведенийн оьмар заманций леш хилар гуш схьайогIуш йу адаман истори. Оцу бакъ долчух Гонкур вежарша дика аьлла дешнаш даладо Кацаевс (революцин хьола кIел шаьш болчу хенахь, цара яздина): «Искусство йоцург теша, лара оьшуш хIума дац. Литературана сужда де. Диснарг дерриге – пуьташ». Нохчийн йаздархойн идеологих тешар даггара хилар чIагIдо Кацаевс, хIунда аьлча царна шаьш дог тешна нийсачу некъахь хеташ хилла. Царах цхьаъ ву Iабди Дудаев. Цуьнан дахаран хаамаш вайна йукъахь лелачу хрестоматин барамал тIехбаьлла бац Кацаевн статьях а. Iабди Дудаевн поэзи йу агитацин, пропогандин кхайкхамех йоьттина, керлачу Iедална, партина, Ленинна, Октябрьна хастамаш беш, халкъ дешаре, колхозашка хьовзаре доьхуш. Дудаев Iабдин кхоллараллин мехалла лара догIу цо хIитточу проблемийн эшарца: Даймохк безар, цуьнан дуьхьа къахьегар, маршо йоккхуш революцехь, граждански тIамехь эгначийн сий-ларам бар, замано паргIатйаьккхинчу зудчун сий айдар, бохуш йерзайо Кацаевс шен статья. Кацаевс дийцинчуьнан жамI деш ала догIу: Дудаев Iабдис мел даггара муьтIахьаллица тIелаьцна коммунистически идеологи нахе дIакхачо шен поэтически кхоллараллехь бан беза болх. Амма иза маьрша ца вуьту сталински репрессивни чорха чуозийна хIаллак ца веш. 1943 шарахь НКВДН белхалоша буса дIавигначохь лар йоцуш, дийца  каш-лаьхьта доцуш вов, Советан Iедалах цхьана хIуманна тIехь тешам база волу, муьтIахьаллица цунна хастамаш беш хилла волу, нохчийн литературан бухбиллархойн декъашхо, поэт  Iабди Дудаев оцу Iедалан бехкенна. Вай, Дала мукъалахь, къоман воI хиларе терра виц ца веш, ларам бийр бу цуьнан даима.

в)  «…Вайн шайхийн шайхалла балане дер ма ду, Iеламнехан Iилманаш дуьненна хир ма ду…» (Назма «Элчано йалхийна зама»)

Бадуев СаIидан вина 100 шо кхачарна, вайн махкахь тIом лаьтташ 10 шо кхачарна лерина статья йу «Машар» Куршлойн к1оштан газетан № 11-12 21-чу Г1уран (декабрь) батта арадаьллачу 2004 шеран агIон тIехь Кацаевс йазйина «ЦIеран арц» аьлла Бадуевн повестан цIе туьллуш. Статья йешчий бен ца йевза Кацаевн Iалашо, Бадуевн повестана, вайн махкахь кхирстинчу таIмна йукъара уьйр. И уьйр гучуйолу оьрсийн – нохчийн тIеман «турпалчу инарлин» Владимир Шамановн, Бадуев СаIидан «ЦIеран арц» повестан персонажан пурстоп Кульдевичан васташ дIадакхха хIума доцуш вовшех тера хиларца, цхьана агIор. Вукха агIор нохчийн къоман халонаш, баланаш тIехь шайна са йаккха, тешнабехк, йамартло йан арабевлла МирзагIар (Бадуевн повестера Мирза саннарш), вайн къомана йукъара, цу хенахь санна, тахана шортта бовлуш хилар, гуш хиларна. Кхин цхьа агIо йу Кацаевс боккхачу тидамехь латтош.  Иза вайн къоман сий, хьекъал, оьздангаллин масал, Делан дош лардарехь тур хилла, халкъ нисдан дезаш болу молланаш, Iеламанах. Статьяхь говзачу дустаршца, ирачу дашца, гулйеллачу ойланашца гайтина оьрсийн инарло Шамановс шелахошна, харцо тIекхийдош, деш долу хаддийна къамел, ницкъ, герз шегахь алсам хиларна, кху нехан кхоллам шен карахь лерарна. Бадуевн «ЦIеран арц» повестера Кульдевич ву Хонмурдаца (цо ша волчу кхайкхаза баьхкинчу обаргашна сискал йаларна), дера тIечехаш, эххара цунна шед йетташ, шен ницкъ, экхалла, къизалла гойтуш, оьрсашна вохкавеллачу нохчех, кIиллочунна, Эльбердана гуш. Россин Iедало вайн махка цкъа ца хьовсийна адамалла долу инарлаш йа эпсарш, кухузахь нийсонца политика дIакхехьийта. Цундела бIе шо хьалхалера жIаьлелла, экхалла дIакхоьхьун боллу инарлаш хьовсийнера Россис кху тIаьххьарчу шерийн тIемашкахь Нохчийчу. Вайн къам сардал Ермоловна тIера ШамановгIарна, ТрашевгIарна тIекхаччалц, акхарой хеташ схьабогIу оьрсийн эскархой. Ткъа вайца жимма кIеда, законца йукъаметтиг нисйан гIоьртина шайна йукъара инарла (Романов саннарг), Кацаевс ма-йаздарра, шай карахь йолчу гIалахь, дийна делкъехь, шайн эскаршна йуккъехь, эккхийтар дой, дIавоккху. Россис инарлийн карахь Нохчийчоьнан кхоллам мел буьту, машар хIуттур бац нохчашна, оьрсашна йуккъехь. ШамановгIарна, КульдевичгIарна тоам ца хуьлу, къам гIорасиз дисна, къардаларх, къарделла дуьхьало ца йеш сацарх а. Царна, шайн махкахь шаьш  лелош долу, шайн къоман мискачарна тIехь санна, долалла лело лаьа вайн къомана тIехь, цуьнан сий бехдан, хьаша лаьа. Цундела ву Бадуев СаIидан «ЦIеран арц» повестехь Кульдевич, йохкайеллачу, боьхачу хIуманца Мирзица (бертахь банк, къуьйша йаьхьна аьлла, къайлайаккха гIерташ) берта ца воьдуш, Мирзас шен нохчийн зудчух куьйгаш тоха аьтто баккхалц. Нохчочо шен къоман, динан йижаршна тIекхийда керистан, мохкдIалацархочуьнан аьтто беш хилча, – иза Дала могуьйтур доцуш, гечдийр доцуш декъаза хIума, велла дIавалар, и тайпа хIума шегара далале, гIуллакх ду. Амма и цIарматлонан йамартло Мирзас лело аьтто бо Кульдевична Хонмурдан йоIана (Залубина) тIехь. Йамартчу хьешийн (Кульдевичан Мирзин) хIиллано йуьхьIаьржа хIоттийначу, Залубин карарчу фонарах цIе йолу, хIара кхетамчуьра йаьлла Iуьллуш. МирзагIара тIехула гIуй боьллина, чохь йитинчу божалах цIе йолу. БIаьрса дайна Бану, неI къевлина хиларна божлахь Залуба йаьллачу цIергахь хIаллак хуьлу. Мирзина банк хуьлу оцу йамартлонах. ТIаьххьарчу шина тIамехь, Мирзех «шинар динарш», вайна гина-кх ваьшна йукъахь. Зама мел хийцайаларх, гена йаларх, адамийн сакхте амалш, къаьсттина нохчашлахь, дебар бен лагIлуш йац. Нийса тидам бу Кацаевс тIебаьккхина статьяхь гайтина вайн молланех, Iелам бу бохучу нахах лаьцна. Кацаевс «ЦIеран арц» ша дуьххьара йоьшуш, кхин йолу Бадуевн произведенеш даго дIатоьттуш, жирга хеташ, вара ша боху. Изза ойланаш со студент волуш сан хилла. Кацаевна, суна, вайна дукхах болчарна тахана ца тов и декъаза хIумнаш, Бадуевс дийцинарш санна дерш, вешан къомах лаьцна «Йоккха дог-ойла йолуш хиларна». Паччахьан Iедало, цул тIаьхьа советан Iедало бусалба дин, вайн Iадаташ йемал дойтуш хиларна, мелла дегабаам бара вайн массеран. Iадаташ догIучохь, ца догIучохь бехдеш, молланаш, дешна нах сийсаз беш йу Бадуевн дукхах йолу произведенеш, цундела иза дукхах болчу нохчаша Делах ваьлла атеист, нохчийн гIиллакх-оьздангаллин бIов йохархо  лору, интеллигенцис бехказа витахь а. Нийса тидам бу Кацаевна вай «маьрша пачхьалкх» кхоьллинчу шерашкахь вайн молланаша, Iелам наха гайтинчу амалшка хьаьжжина бинарг. Оцу тидамаша хуьйцу Кацаевн Бадуевн произведенешка болу хьежам, безам а. «Амма нохчийн ду боху Iедал дIахIоттарца (Ичкерин заманахь) молланаша комиссарийн болх дIаэцча, со кхийтира, мел шайхалла, эвлийаалла хилла Бадуевгахь. Цхьана кепара эхь-бехк, ийман-ислам доцу нах бусалба дин хьеха буьйлира нахана, шаьш шайн кадаьлларг лелош. Бадуевн хотIехь масийтта сюжет кхоллайелира сан. Цуьнан чекхйовлаза произведенеш тIехь болх бан лиира суна. 37-чу шарахь лаьцна, 44-чу шарахь тоьпаш тоьхначу, цуьнан дахар йуххера довза, цунах лаьцна йаздан, лиира суна…» Кацаевн санна, Бадуевн произведенешка болу хьежам сан хийцабелира советан Iедал, социалистически система йоьхначул тIаьхьа, вайн махкахойн «бусалбаналла», Iадатех марша девлча йолу уьйр ма-йарра сайна йевзича. Со кхийтира Бадуевн заманахь ледара, сакхте, ца оьшучу «фанатизме» таьIна гIиллакх-оьздангаллехь, дин лелорехь нохчийн хилла хиларх, церан ледарлонаш, Iадат хилла нахалахь чIагIлуш хиларна, шен произведенешкахь Iора йахарх уьш Бадуевс. Иштта сайн кхоллайелла ойланаш аса йийицина «Машар» газетехь «Iадат бехке дац» статья тIехь.
Суна санна, ас лакхахь ма-аллара, Кацаевна Iеткъаш хилла Бадуевн повестехь «Нохчийн йоIана гIазкхийчо тIе куьйгаш кховдадар, нохчочо неI ларйеш». Амма Кацаевна дахарехь дуккха масаллаш гойту вайн замано иза бакъдеш, бертахь банкаш хьуш (оьрсаша, тIемалоша – авт.Х.З.), зударий бухкуш.
«Хонмурдан, цуьнан доьзалан санна, декъаза бу нохчийн къоман кхоллам. Амма Мирзас Залубинчул башха, нохчийн къоман гIайгIа ца йо тахана шина агIор тIемаш бечара. Церан дегнаш къора ду. Церан бIаьргашна хьалха Москван, Швейцарийн банкаш, шайн счеташ тIехь миллионаш долларш ду…» Иштта буьззина тIаме хIиттинчийн йамартчу ойланийн, гIиллакхийн, гIуллакхийн мах хадош йаздан, иза зорбанехь дIакхайкхо граждански майралла, тидаме хьекъал, Даймахке, шен халкъе боккха безам хила беза йаздархочун. Кацаевгахь и дерриге тахана, тIеман шерашкахь лаьтташ ду. «Бадуевн СаIидан повестехь, таханлерчу Нохчийчоьнан хьолан муха мах хадабо-те молланаша, Iеламнаха а?» - хоьтту Кацаевс риторически. Ша цара дуьйцучунна тIедоьгIна жоп ло: «Уггаре хьалха вай теша деза, жайно дуьненахь шайтIанаш, жинаш ду бохучух, жайнех цатешар, пайхамар (I.с.с.) бакъ цавар ду. Иза бакъ цавар Дела вац бохург ду… Дела цхьаъ хилар санна бакъду хIокху арц тIехь бусалба, керста жинийн тIом хилла (царна ма ца хаьа жинийн сибтехь лелларш Мирзий, Кульдевич хиллий) хилар, кху арцахь баьхначу нахах цхьа Делан гIуда доллуш хилар. И тIом болуш, цара вовшашна лестийначу хьаьштигех, Дала царах бахьана дина, шен гIуда дIаоьцуш, цIе хьарчийна, йагийна кхузара хIусамаш». Хьан эр ду соьга, хIун гIуда хьаьрчина хилла те кху декъазчу Нохчийчоьнах?»
Бадуевн повестехь кхелйеш болу молланаш мича жайнаш тIе, мича талламийн хаарш тIетийжаш кхел кхайкхо хIиттина, ала хала ду. Исбаьхьаллин произведенехь авторо шеггара кхоьллина хиламаш дукха нисло шен темин Iалашоне кхача. Цундела дахарехь повестехь ма-дийццара хиламаш нисбелла олийла йац. Амма повестан чулацанма вай тIетевжича, цул арахьа вайн кхийдийла йац, ца кхеташ цхьа хIума ду. Цхьаммо и гIуллакх талла тIедожийна а доцуш, арцахь хиллачу йеккъа Хонмурдан йаьгначу хIусамийн бахьана къасто,, Iедалехьара цхьа тIалам боцуш, и молланаш гонахарчу йарташкара цига гулбалар, оцу меттигана «ЦIеран арц» аьлла цIе тиллар, шайна хууш хIума доцуш (мохк бегийна, дорцан мох баьлла, тIаплам иккхина, хIорд баьттIа иштта кхин дIа бахана хIоьттича-м Делан гIуда ала тарлора) цIе цара (молланаша) повестехь дуьйцучу кепара цкъа йаьлла ма йац. Оццул сонта дерг дийццал бан-м бу-кхий вайна йукъахь «дешнарш». Суна схьахетарехь, и молланаш авторо (Бадуев СаIида) шен произведенийн Iалашо  кхочуш йеш, дешна моттуьйтуш, хууш хIума доцуш, бага деънарг дуьйцуш болу молланаш йемал бан, уьш къеггина шайн пуьташца гучубаха, гулбина оцу арца тIе. Цо и шен Iалашо исбаьхьаллин говзаллица кхочуш йина. Оцу повестера «молланаш» бара Ичкерин пачхьалкхе Iедалан гуллакхашкахь, телехьехамашкахь, керла фатваш дахарехь Нохчийчохь гIевттинарш. Бусалба дин ма-дарра девзаш берш шайн хIусамашкахь Iамалш йеш, шайн доьзалш, гергарнаш, шайга ладугIуш берш шайна гонах озийна, йуьстах бевллера махкарчу кегаренна. Бадуевна кхузткъе пхи шо хьалха, Кацаевна, вайн заманхошна ворхI-бархI шо хьалха ма-йарра йаххьаш, амалш йевзина дуьненан даьхнех, ахчанах, даржех бохкалучу «Iеламнехан». Вай молланийн бага хьежа ца деза, цара дечу гIуллакхашка, церан амалшка хьовса деза. Цаьрца къасто атта хир ду, мила мила ву. Оцу кхетаме валаво шен дешархо Кацаевс а. Иза дац бусалба динна хIума ала гIерташ, амма ду шайна хуьлучу пайданах дин духкуш, Делан дош харц хьукмехьа хьийзочу «Iеламнахах» вай лардала дезар, уьш бовза, царах лардала Iама деза бохург.

г) Россин пачхьалкхехь террор даима лаьттина.

Шира Русь. ХIора элан шен-шен махкахойх кхоьллина эскарш, шайн куьйга кIеллахь болчу мискачу оьрсех. Элаша вовшашца тIемаш бо, мехкаш дола баха гIерташ, олалла шордан гIерташ, шайн къам ца дуьту маьрша латта дуьйш-дерзо, говзаллашца белхаш бан, маьрша йохка-эцар лело а.
Татаро-манголаша цхьана муьрана хьекъале балабо оьрсийн элий, кхаа бIе шарахь шаьш хьийзийча. МостагIий лохку шайн махкара. Амма цул тIаьхьа шайн пачхьалкх денйелча, йолайо шайна гонах бакъйолу, гондIахьара къаьмнаш кога кIел дерзоран террор. Малхбалехьа Аляске кхочу, Малхбузехьа Карпател дехьа бовлу, Къилбехьа Аьржа хIорда тIе, Китайн, Афганистанан, Иранан дозане, Къилба седехь Ша лаьттачу 1апказе… Оцу дуьненан йолхолгIачу декъан лаьттан да хуьлий тIейужу Росси цигахь дехачу бIе сов къаьмнашна тIе цара маршо хьахийча, герзан, эскаран ницкъашца террор йеш. Ницкъ болчу стага, йа пачхьалкхо гIорасизчунна тIехь йа шена йаха гIертачу пачхьалкхана тIехь тIом, цIий Iанор, адмаш дайар лелош хилча – иза террор йу, таханлерчу заманахь ядерни герз доцчу пачхьалкхашка, шайна маьрша йехачу пачхьалкхашка хаьттича.
Ткъа церан (оцу ядерни державийн йа нуьцкъалчу пачхьалкхийн) олаллина кIелхьара даьлла, шена маьрша, уьш санна, даха луун къам, терроран зуламхо кхайкхадо. Нийсонан, бакъонан логика ницкъ болчуьнгахь йу адмашна йукъахь даима, къаьсттина уьш пачхьалкхан къепехь дахар нисдан дуьйладеллачхьана. ГIарбаш болчу системера дуьйна коммунистически тIе кхаччалц. Коммунистически система мискачу нахана кхечу пачхьалкхийн системел гIоле йара, компартис, цуьнан куьйгалло шайн диктатура, тоталитаризм ца хIоттийнехьара. Коммунистийн терроро кхоьллир-кха Гулаган концлагеран деспотизм. Ишттачу дешхьалхенца доло лаьа суна къамел Кацаевн «Терроризмах лаьцна миф» цIе йолу статья – трактат. Кацаевс шен бухера дуьйна толлуш терроризман проблема оцу дешан латынийн маттара маьIнина тIера  долийна, цуьнан адмашлахь йолучу историца. Муьлхха харцонца, дов-дош шеца схьадеш боцчаьрца, уьш шен аьлларе,  лааме, кога кIелла берзош беш болу ницкъ, дов, тIом, нехан мохк дIалацар – иза террор йу, цхьана адамо вукхунна тIехь йахь, тобано нахана тIехь йахь, пачхьалкхана тIехь йахь а. Кацаевс йолайо шен статья немцойн философан Гегелан дешнашца: «Адамаш шина тайпана ду. Цхьаболчара цхьаъ воь, цунна дуьхьал шайн дахар дIалуш. (Аьр вай, низам лардечара зуламхо сацош – авт.). Кхинберш эзарнаш зуламаш дой, сийлалле кхочу. (Масала: Ленин, Сталин, компарти – авт.). Вайн къоман граждански тIеман турпалхо, «революцин мурд» хилла волчу А. Шериповс аьлла: «Iедало (паччахьан Iедало, Советан Iедал-м чIагIдеш иза кхелхина – авт.) халкъехь террор латтайора, обаргаша Iедална террор йора. (Цундела ма бевлла оьрсийн обаргаш: Иван Болотников, Степан Разин, Емельян Пугачев а – авт.). Лаьттаца болх беш долу оьрсийн халкъ, ахархой, хьоладайн, килсийн, пачхьалкхан долахь хилла 1861 шо кхаччалц. Царна тIехь, уьш оьрсий боллушехь, лелийнарг террор йу, паччахьан Iедало, хьоладайша, дворянаша. Цундела болало Россехь декабристийн болам, революционно-демократийн болам, Кацаевс статьяхь буьйцуш болу петрашевцаш, нечаевхой, Достаевский, гIараваьлла йаздархо хилла волу тIаьхьа, шайх дIакхетта къона волуш. Ленинан ваша Александр йукъахь хилла народовольцаш террористаш бу. Кацаевс вайна гIо до цхьа башхалла къасто, - иза шина кепара хилар: цхьаъ, харц террор, шен ницкъа кIел кхин верг вало гIерташ. ШолгIа террор, бакъонан террор, шена тIехь харцо чIагIйина, ша маьрша ваха ца вуьтург шен кочара охьавоссо йеш йолу дуьхьало. Пачхьалкхаша дуьненан олалла къуьйсуш, вовшен латтанаш схьа мел лоьцу, тIемаш мел бо, терроризм дуьненчуьра хедар йац, лагIлур йац. Цундела Кацаевс бах: «Терроризм халкъашна, пачхьалкхашна тIе бомбанаш йеттарх эшалуш йац. Iедалан къизалло турпалхойн къизалла кхуллу. Цхьана стага йа гуттара хьийзош долчу къоман векалша дечух «терроризм» олу, ницкъ бечу пачхьалкхан Iедало. Ткъа Iедалан терроризм? И ма йац йуьйцуш цхьаммо а. Дуьненна тIехь коьрталла дезаш террористаш империйн амбицеш йолу пачхьалкхаш йу, цара шайн эскарна коьрте хIиттийна инарлаш бу.
Цивилизаци дуьненчуьра терроризм дIайаккха лууш йелахь, цкъа хьалха пачхьалкхан террор сацо йеза. Къаьмнаш маьрша дита деза, кхечу пачхьалкхашна тIехь, кхечу къаьмнашна тIехь олалла дан лаар дита деза (шайн исторически хиллачу мехкан лаьттан дозанашна чубирзина, аьлла тIетухур дара аса – авт.). Кхечу дешнашца аьлча, - боху Кацаевс, - шаьш терроризм олучу боламан бахьанаш хIун ду теллина, уьш дIадахарна тIехь болх бан беза. Ницкъан, герзан толам йоццачу ханна бен бац. Герз кара эца йиш йолуш болу боьрша нах хIаллакбина, шайн дукхаллица, ницкъаца цхьа къам вукхул, цхьа пачхьалкх кхечул толарх, йуха, керла чкъор хьала ма кхиъина, дIаболало тIом». Цундела го Россин дукхах болчу политикашна нохчийн зударшца керла «террористаш» дуьненчу бохуш болу бекхамхой. Оцу кхерамо бохуьйту цаьрга нохчий байий дIабаха жима, воккха, боьрша, стен а. Пачхьалкхан эскарша къизаллин политика йу хIокху шина тIамехь вайн махкахь лелийнарг. Массо хIаллаквай дIаваккха боху политика нийса ца хиларна масалаш даладо Кацаевс. Террорист хиларна вийна дIаваьккхинехь, дуьненна шен шедевран произведенешца совгIат далур дацара Достаевскийга. Дади-Юрт Ермоловс дIашарйеш, дийна цхьа ийман са ца дуьтуш, салташа кIелхьара ца ваьккхинехь, вевзар вацара вайна П. Захаров. БухIан-Юрт йохош, йийсаре вигна нохчийн кIант вийнехь, Россина хир вацара, франкахойх Даймохк ларбан инарла-майор Александр Чеченский. Нохчийн къам махках доккхуш 1944 шарахь бандит, террорист ву аьлла, хIаллак винехь (вен кадаьллехь) хир вацара лингвист, доктор-филолог Ю. Дешериев, НКВД кадаьллехь политолог Iабдурахьман Автарханов и.дI.кх.
«Оьрсийн тIеман политика,  нохчийн къонахашца тIом бина ца Iаш, бераш дайарца, бисинчеран лар йайарца йу, хинболу террористаш бу уьш бохуш. Амма и эшаме политика йу. Вийначу террорист Александран меттана дIахIутту революционер Леннин», - яздо Кацаевс шен статья йазйан волаваларехь. «Терроризмах лаьцна миф» статьян шолгIачу декъехь Кацаевс пачхьалкхийн тIеман политикех йоьзначу террорах дуьйцу хьалхара Дуьненан йукъара тIом болоран бахьанина тIера дуьйна. Ткъа и бахьана шен къам тIамана йукъаозо дагадеанчу пачхьалкхан Iедало ша кхуллуш йа кхечаьрга кхуллуьйтуш ду. Цунна тIешаллина даладо Кацаевс Р.М. де Гаран дешнаш: «Шен халкъ тIамна йукъаозо сацам хиллачу Iедална даима карадо бахьана, йа шайна тIелатийта, йа шайна тIелатаран сурт кхолла». Изза дара Россис, ша цкъа Нохчийчоь маьрша йита дагахь ца хиларе терра, Басаев Дагестане чувехна, йуха цу чуьра аравалийтар, боху Кацаевс. ХIунда аьлча Хасав-Юьртахь хилла барт бохийра нохчаша, Россина тIелетта, ала дуьнене бахьана х1оттийна. Цул тIаьхьа Басаев, цуьнан гIеранаш леца, уьш хIаллакбан догIу шаьш аьлла, Нохчийчу деара Россин эскар. Цул тIаьхьа Москвахь дуккха гIеттийн цIенош лелхийтина нохчийн цIарах. Уьш нохчашца шолгIа тIом кечбеш, беш кечаман бахьана дара Россис гулдеш, боху Кацаевс. Муьлххачу хиламийн дуьхье кхиа луучо ойла йнн йеза, йаздо Кацаевс, Цицеронан дешнашна тIехь: «Хьанна пайденна ду иза?» Нохчашна, хьалхарчух метта дахказа долуш, шолгIа тIом оьшуш бацарий, мел сонтачунна гуш дара. ТIеман партина Россехь керла, къона, шайна муьтIахь хин волу лидер эшара. Ткъа и карийча цуьнан цIе нахалахь лакхайаккха тIеман толам безара. Оцу толамна, Росси йекъа ца лууш, дийна латто, кхин долу къаьмнаш кхерадолуьйтуш къизаллин суьртан гайтамна кхаж баьлларг Нохчийчоь йара, Кацаевн хьежамехь. Пачхьалкхийн политика тайнагийн театарх тера хета Кацаевна, Iедалан куьйгаллехь бу тайнигаш карарахь йолуш. Куьйгалла деш уьш бац пачхьалкхехь. «Царах хIоранна кочехь, куьйгех, бетах дихкина тайш ду. И тайш цхьана стеган (Iаьржачу шаршо тIехьа гуш воцчу, телевиденехула йа прессехь интервьюш ца луш) пIелгех тесна ду. Цо цхьа пIелг ойу – тайниг йистхуьлу, важа пIелг ойу – хелха йолу…» Ткъа и тайш карахь долу адмаш, дукха хьолахь, Кацаев тешна ву, жуьгтий хиларх, Россехь оьрсийн фамилеш, паспорташ долуш, кхечу пачхьалкхашкахь – оцу пачхьалкхийн гражданийн йа шина пачхьалкхан гражданство йолуш. Массо дуьненан пачхьалкхашкахь Iедалан структурашкахь маша боьзна жуьгташа йа хьалхарчу куьйгалхойн гIовсийн цIарах, йа светки, йа финансови спонсорийн. Кхечу пачхьалкхашкахь-м жуьгташна шайн болх дIакхехьа новкъарло йеш къам ца нислора. Амма Россехь нохчий бевллера жуьгташца къовсаме политикин, финансовин, уголовни сферашкахь, боху Кацаевс. Цундела жуьгташа, нохчий шайл толале, нохчийн «майраллина, доьналлина дуьхьала хIилла , йамартло йаьккхина, толам баьккхи, нохчийн халкъан коча оьрсийн бала тесна тамца, бохуш чIагIдо Кацаевс. Авторо дуьйцург дерриг дацахь, амма дукхах дерг бакъ ду. Жуьгтийн хьуьнарций, доьналлиций, ницкъаций толам баккха ца гIерта, шаьш IиндагIехь буьсуш, нехан (нуьцкъалчун) куьйгашца дIавоккху шайна новкъа верг, шаьш цIена буьсуш. Вайн къомах болу къонахий, шайца эмгаралле бовларна, говза дIабохуш, вайн махка дерзийра цара Россера дерриге зулам. Цул сов оьрсийн къоман тидам шайна тIера дIахьовзий жуьгташа кхечу агIор. Оьрсийн пачхьалкхехь оьрсийн къоман къелла Кавказан къаьмнаша, къаьсттина нохчий бахьанехь, лаьтташ йу бохучу кхетаме йерзош. Ткъа жуьгтий шаьш Россех, цуьнан къомах оьрсех дог лозуш, цуьнан гIайгIина чоь йогурш бу бохучу суьртех хьийзаш бу тахана. Дуьненчохь лелачу терроризмана тIехьа лаьтташ йу жуьгтийн массонийн дуьненанан йукъарчу организацийн Iалашонаш кхочуш йеш йолу, жуьгтийн финансаша кхоьллина, бохкабеллачу бусалба къаьмнийн векалша латтош йу боху тобанаш. Массонийн организацеша (жуьгтийн куьйгаллина кIел) кхоьллина Бен Ладенгар, «Ал-Кайда», «Хамаз», ваххабизм и.дI.кх. Вайзаманан терроризм пхеа декъехь го Кацаевна:
1. спецслужбаша йеш йолу акцеш;
2. Iедалан терроризм;
3. цхьалхачу наха йа тобано, шайн доьзалшна, халкъана тIехь деш дерг лан ца лой, гIаддайна дийриг;
4. мафиозни кланаша къуьйсург;
5. дуьненан йукъара терроризм а.
Амма уьш йерриш жуьгташна (сионизмана) пайденна йу, цу организацешкара декъашхой, кхеташ лелахь, ца кхеташ лелахь а. Оцу пхеа тайпанчу террористех пайдаэца хаьа массо пачхьалкхийн спецслужбашна. Спецслужбаша йеш йолу теракташ шайна тIелоьцу оцу террористийн тобанийн куьйгалхоша: Радуевс, Басаевс, Хаттаба, Бен Ладена.
Радуевс дуьненна гергахь дожийра нохчийн маршонан боламан цIе, сий а. Изза дира Басаевс а.. Пачхьалкхан терроризм Iора йаккхарехьа болх бан безаш вара Радуев шен суьдан процессехь. И дечу меттана, хIара (Радуев), тIехьарчу когаш тIехь циркехь лела кIеза санна, хьесталуш, бехказа вийла гIертара, ша ца динчу хIумнашна, Кацаевс ма-баххара, «шегахь элементарни къонахалла мукъане лар ца йеш».
Кхоам бу-кх, Радуев, Басаев уьш санна кхин болчу спецслужбийн хьадалчашна тIаьхьа хIиттина, цара дуьйцучу хабарех тешна, хIаллакхиллачу нохчийн кIентийн. Шаьш къоман дуьхьа арабевллачу къонахашна тIаьхьа дозу моьтташ, «Имперски, политически Iалашонаш кхочуш йар дуьхьа, цхьана хIуманна хьалха (иэшахь шен халкъ хIаллакдарна) соцур дац Iедал», цуьнан спецслужбаш а. Нохчийчоьнан шахьарахь, Соьлжа-ГIалахь, ах бахархой оьрсийн къомах бара. Жуьгтий-м хьалхе хиндерг хууш, йеза мехехь йоллуш шайн хIусамаш йоьхкина, дIабаханера. Оьрсийн Iедало, оьрсийн инарлаша, оьрсийн салташна бакъо йеллера Соьлжа-ГIала цу чуьра нахаца дIашарйан. Иштта бу-кх имперски Iалашонийн къинхетам, адамалла а. Россин гражданаш, кеманашца Соьлжа-ГIала бомбанаш, снарядаш йоьттуьйтуш, хIаллакбан къа ца хийтира Россина шен политически Iалашо кхочушйеш. Нью-Йоркан Дуьненан йукъара цIенош ата кхоам ца хийтира США-на, Бен Ладен бехке вина, Ирак тIамца дIалацархьама. Оцу шина пачхьалкхехь лелаш йолчу политикана тIехьа лаьтташ жуьгтий го Кацаевна. Жуьгташна ду санехь бусалба нах дуьненна гергахь террористаш дебош бу бохург даржар, Iаьрбийн пачхьалкхийн барт малбалар. Жуьгтийн ницкъ, барт деба, кхин долу къаьмнаш, динаш вовшашца ийгIина лаьттича. Дуьненан муьлххачу маь11ехь жуьгтех хьакхалуш вониг далахь, иза эзарза дестадой дуьйцу боху, Кацаевс жуьгташа. Антисемитизм йу дуьнено лелош бохуш ООН-е аьрзнаш до жуьгташа, ткъа кхиндолчу къаьмнашна бен ницкъаш, харцонаш ца го царна. ШолгIа Дуьненан йукъара тIом дIабаьлча Советски Союзо, Америко  кхоьллина жуьгтийн пачхьалкх – Израиль, Iаьрбашкара схьадаьхначу лаьтта тIехь. Иза бусалба нахана йуккъе эзар шерашкахь схьадеана мостагIалла кхин дIа кIаргдан, бусалба пачхьалкхашна тIехь олалла дан, эккха кийчча тIаплам беш, бусалба Малхбалехь тIеман кхерам гуттаренна латторхьама, кхоьллира Израиль. Цо шен декхарш дуьззина кхоччуш деш ду-кх кху кхузткъа сов шерашкахь. Бусалба Малхбалехь Россин гIорторан оплот Ирак йара, ткъа Американ Израиль. СССР Iана йахийтина, Росси чохь барт эгIош, социалистически система йохийначу пачхьалкхех, шайна накъостий нисбина йаьлча, Америко дуьненан йукъара терроризм хьошу ша аьлла, Россица тIом бина Афганистан хьаьстина, хьошалла хилла Ирак тIамца шен кара йерзий, оьрсийн политически доьхначу хьолах инзаре боккха стратегически пайда оьцуш. Америко шен махкахь 11 сентябрехь дайтинчу террористически лелхарех, шайн спецслужбийн куьйгаллица иза дайтинехь, шайна са йолчу агIор дерзий иза. Нохчийчохь аша низам хIоттош шайн Россин цхьаалла ларъе, оха дуьненна тIехь долу олалла шордеш отур бу террористаш бохучу дагахь болх беш йу Америка. Амма йух-йуха чIагIдо Кацаевс Америкин, Россин политикин хьесап шайна са йолучу агIо дIакхоьхьуш жуьгтий бу. «ХIунда бу жуьгтийн оццул ницкъ? Кхета йиш йац-те церан хIилланех? Къаьмнаш оццул бIаьрзе ду-те? Иеруссалим (Байтал Мукъаддас) нохчаша Къуддусе олуш йолу гIала, уггаре дуьненан доккхачу кхаа динан шахьар йу. Римлянаша йохийна, иудийн (жуьгтийн) пачхьалкхан и шахьар лаьттина меттиг дIашарйеш, 2000 шарахь дуьне мел ду баьржана жуьгтий лелабарх, дуьйцу Кацаевс шен статьяхь. Дукхах болу пайхамарш шайх схьабийлинехь, церан хьехамашна дуьхьал хиларна, къаьсттина Iийса пайхамарна (Делера маршалла хуьда цунна). Муса пайхамаран хьехамаш ларбеш-м схьабогIу уьш, цхьадолу хIумнаш цунах галдаьхнехь а. Шина эзар шарахь кхечу къамнаша дIахербина хиларна, Делан гIуда шайх хьерчаро хIилла Iамийна царна, тарбала, база хаьа, муьлххачу дахаран хьолехь, къа ца хоьгуш са йаккха, пайда бан хаар коьрта – амал хилла дIахIоьттина жуьгтийн гIиллакхехь. Оцу амало куьйгаллехь болчу нехан бIаьрг бузийтина царах. Уьш тешаме накъостий хуьлуш хилла Iедалан белхалойн. «Царах совдегарш, спонсорш, ростовщикаш, банкираш хуьлу. ТIаккха, селхана шайн элий хиллачеран, элий хилира уьш»,- бохучу кхетаме вогIу Кацаев шен талламехь.
Дерзоран статьян декъехь Кацаевс даладо В. Розановн дешнаш жуьгтех лаьцна: «Буьрсалло, ницкъ баро 2 % «кхиам» бохьу, ткъа хьаставаларо, гIуллакх даро а – 20 % «кхиам». Жуьгтий кхечарал хьалха, Iийса пайхамар дуьненчу валале, кхетта цунах. ХIетахь дуьйна уьш даима «кхиамехь» бу, царна дуьхьал берш даима «эшамехь». Кацаевс чIагIдо дуьненчохь лелаш долу бакъдерг. Жуьгтий дахаран лакхарчу кхиамийн тIегIан тIе кхача хIуъа дан кийча хилар: боьха, цIена, йамарт – хьеха ца деш. Оцу дахаран Iалашоне кхача жуьгташа къастийна итт некъ бийцарца берзабо Кацаевс шен тидам статьяхь. Иштта къастабо и некъаш Кацаевс:
1) шайн зудабер, йоI шаьш йукъахь Iаш долчу къомах волчу эле, элан кIанте, хьоладега маре йахийтар;
2) оцу къоман йукъахь паччахьан цIийнах йа хьаькамийн гона йукъара, уггаре декъазниг билгал ваккхина,  и вазвар, айар, шен ницкъаца, доьналлица иза цкъа кхочур воцчу йа хьакъ воцчу дарже таттар;
3) шаьш йукъахь дехачу къаьмнех дIаэр, церан цIераш, фамилеш, мотт, духар, гIуллакхаш схьаэцар, паспорташ тIехь оцу къомах йазбалар;
4) мел генахь хиларх, вовшашца уьйр латтайар, вовшийн доладар, вовшийн хьалха теттар, финансашца гIодар;
5) кхинберш майраллийца, доьналлица чакхбовла гIертачохь, хIилланца, стагана гIуллакх  дарца чекхбовлар;
6) хьоладайн, лакхарчу хьаькамийн, паччахьан зудаберашна (зударшна) гонаха гезгамашанаш туьйсуш, уьш караберзор, дола бахар, цаьргахула дена (майрачунна) тIеIаткъам беш,  шаьш дIатардалар, пачхьалкхан даьхни дола даккхар;
7) нахана дицделча, эзар шо хьалхалера баланаш йух-йуха буьйцуш, хьийзош ду шаьш бохуш, кхайкхадар, шайн баланаш болчу барамалла базбар, доцург ду моттийтар;
8) шайна са, паргIато йаккхаран дуьхьа, пачхьалкхашкахь революционни хьелаш кхоллар, халкъ шайн хIилланех кхета доьлча, гражданийн тIама кIел дигар йа арахьара кхин бала цуьнан коча тасар;
9) цхьана пачхьалкхачу ахча тухий, тухий хьала ойий, нацистийн лозунгашца къам карзахдоккхий, кхечаран кочатосий, тIемаш бойту; цхьаболчара, Iедалан барамехь, эскарна йаа-мала латтош, санаш йоху; вукхара эскарна тIаьххье некъаш деш, керла мехкаш караберзабо, цигахь кафеш, хьешацIенош, йарташ, фабрикаш йохкуш охьаховшу, салташца диначу талорашкахь карадеанарг дорах схьаоьцуш, санаш йоху;
10) бусалбанашна, керисташна йукъа питанаш туьйсуш, цаьрга тIемаш бойтуш, бахамаш гулбо, шайн гIиллакхаш тодо, чIагIдо. Оцу тайпана гулбиначу бахамашца эца везарг оьцу, Iехо везарг Iехаво, новкъара дIаваккха везарг воьйту, къаьмнашна тIехь олалла латтадо. Казахийн, гIиргIизийн лелаш цхьа кица дара «БугIа хьенан елахь, эса  йетт боллучун хуьлу», - олуш. «Жуьгтийн Iедалехь, да милла велахь, нана жуьгти хилчхьана, бер жуьгти лоруш ду». Доцца аьлча жуьгтийн цIий ийна бер, дегахула йа ненехула бен доцуш, жуьгти хуьлий дIадоьду. Оццу принципца харцош, йохийна жуьгташа хазарский каганат, ГIажарийн импери (Перси), паччахьан Росси, йуха СССР а. ХIинца дуьненан державашкахь шайн Iаьржа болх беш схьабогIуш бу. Цундела боху Кацаевс: «Уьш коьртехь хиларх-м хIумма дацара, уьш цу пачхьалкхана, холкъана йамарт бацахьара. Пачхьалкх бахамехь тойеллачу хенахь и йоха йой, халкъ граждански тIамехь шен цIийла карчадой, оцу пачхьалкхан бахам дIаузу цара. Шайна са йолччу агIор инфляци  кхуллий, халкъ чIана доккху. Цул тIаьхьа къаьмнаш оьздангаллех дохош, мел долу хIума эвхьаздоккху, низам доьхначу муьрана, наркотикаш, малар, кхахьпалла даржош. Жуьгтийн политика тоьлла йоьдуш йу, дуьне мел ду. Жуьгтийн жайнаш Iамош, церан Iалашонаш йовза гIоьрташ, церан хилланийн истори, цара хIинца йеш йерг, вай йовза гIорта деза. ТIаккха вай лардала там бу, цара ваьшна доьгIначу хIилланан гурех, чукхийса даьхначу Iинех, тоха кечдинчу буржалех, гIоьмех а. Историно гола тухучу массо муьрехь нах Iехо, тило, шайн гIуллакх толо эзарнаш варианташ йу жуьгтийн. Iехадала кийча адмаш даима долуш ду. Дуьненан истори йуха йазйан йезаш йара, цу йукъахь жуьгтиийн роль къаьсттина тидаме оьцуш». Вай бинчу талламийн жамIаш дича, ала догIу: терроран орамаш пачхьалкхийн, цера къизачу Iадалийн амалша, харцонаша кхуллуш хилар. Дуьненан йукъарчу сионистийн организацеша, массонийн клубаша, ложаша муьлххачу тайпана террорах шайна пайда оьцуш хилар. Цара терроризм, оьшучуьнца гIо деш, дийна латтош хилар. Террор пачхьалкхийн, церан куьйгаллин амбицеш дIайовларца бен дуьненчуьра дIайериг цахилар чIагIдо Кацаевс шен статья тIехь.

д) Делан философи – ислам. «Стигланийн зовкхийн чам лууш ду вай  бовза, дуьненах дIахадар а хета вайна кхоам».
М.Ю. Лермонтов.

Адамийн философи гучуйаьлчхьана болало Къемат-де даллалц адмашлахь лаьттар болу къовсам: Дела вуй, ваций, бохуш. Дала лардойла вай шолгIачу агIор ойла хьовзарх. Делах тешаш боцчара, цуьнах тешар ледаро долу нах галбоху. Дала Шех ца тешачарна шортта кара рицкъа даийтича, Iедалан даржашкахь харцонаш лелош, хьарам даьхни церан кара даийтича. Тешачара ойла йо: «Ванах, Шех тешачу Дала ца тешачийн, мунепикъийн аьтто беш хилча, вай цIена, хьанал лела гIертар эрна ма ду? Дела ву-кх «катухучийн», Iесачийн гIодеш. Вай хила деза, уьш санна, хIуъа далуш, боьхачух хьожа ца йогIуш. Лелаш дерг Делан йоза дац. Лелаш дерг адаман хьуьнаре, каде хиларца, эхь ца хеташ, шена догIу дакъа кху дуьненах схьадаккхарца доьзна ду. Уьш (катухурш) харц хилахь Далла гергахь, вай хир-кх. Ца хилахь, вай дуур-кх зовкхехь хIара маьлхан дуьне». Оцу ойланийн къовсаман студентийн тасадаларшна тIера доладо шен къамел Кацаев Сайд-Хьасана «Динан философи» 2005 шарахь йазйина статья тIехь. «Лаьттахь, стиглахь йалсамане йеза вайна. Бахьанаш лело ца лаьа. Ахь хIуъа дича, ша доьгIнарг бен хир дац. Делан йоза ду лелаш», - бохучу дешнашца дIайолайо Кацаевс шен статья. Эпиграфе М.Ю. Лермонтовн дешнаш далош: «Мы блаженства желали  вкусить в небесах, но с миром расстаться нам жаль». Дукхах дерг бакъ ду Кацаевс студентийн къовсамехь далийначу дешнийн, Лермонтовн байтийн маьIнехь. Амма «ахь хIуъа дича, ша доьгIнарг бен хир дац» чIагIдар нийса хир дац. Нагахь санна оцу аларна (предложенина) йукъара «ша доьгIнарг» бохучу дешнашка (Дала йаздинарг) боху маьIна диллинехь – иза гал ду. Ткъа оцу шина дешан маьIна (адамо ша динарг, диканна дуьхьал – дика, вонна дуьхьал – вон) хIораммо ша лелочух доьзна хир ду бахахь, иза нийса ду. Цундела дешархо кхетош, ала догIу кхузахь: Дала Шен пайхамаршкахула (Нохь, Ибрах1им, Муса, Iийса, Мухьаммад, кхин болчаьргахула – Дала могаш, маьрша лелабойла уьш) шен каламаш диссийна адмашна цаьрга бакъ долу дин – Ислам хьеха. Оцу каламаша вайна гайтина Дала белла дахаран ши некъ: цхьаъ – ийманан нийсаниг, Шена тIе адам далош берг (каламаша ма-хьеххара дагIахь); важа – Iесаллин харц некъ. И шолгIа  некъ Дала йазбина бу, амма и некъ Далла тIе вуьгуш бац, иза Иблисана тIе, жоьжахате вуьгург бу. Цундела вай ламазана дIахIуьттуш, шахIадат далийначул тIаьхьа доьшучу «Аманти» йукъахь ду аьлла… «хойрихIи ва шаррихIи миналлахIи таIала». «Дика, вон Лекха хилла волчу Делера ду». Вай нийса кхета деза Делан кхел йу лелаш йерг бохучух. Делан кхел йу ийманан некъахь севцначарна, Iесачу некъа гIертачарна. Оцу шина некъах шена безарг харжар адаман шен лаамехь дитина Дала. Цундела Дела хIоранна тIаьхьахIоьттина цо лелош дерш йаздеш Iаш вац, амма бохург деш волчунна цо, хаьржинчу некъе хьаьжжина хин дерг дIайаздина, охьадиллина. Цундела вайн дахарехь вон мел дерг хьарамчу некъахь карадо вайна, диканиг хьаналчу некъахь. Ткъа рицкъа, дарж, дуьненан сийлалла Дала синош кхуллуш дуьйна цара дехначул тIехецна латтош ду. Ша азаллехь синошна делларг дIадоккхуш вац Дела. Цо-м, Шена дуьхьал даьллачу Иблисехь дитина Ша цунна маликан даржехь долуш делла хьуьнарш. Кацаев бакъ лоь дешаран хьукматашкахь философи Iамо йезара аьлча. Iалам ша-шех кхолладелла, цуьнан эвалюцино дерриге дуьне кхоьллина, химически, физически, биологически процессаша стигал, планеташ, ораматаш, дийнаташ, адам кхоьллина боху материализман пуьташ Iамош хан йайина вай советан Iедал доххалц йолчу хенахь. Оцу харц Iилмано дуккха нехан кхетам талхийна, вайна массарна Iесаллехьа таIош тIеIаткъам бинера. СССР йохар, вайн къоман маршонан болам, цул тIаьхьа лаьттинчу динан маршонан шераша, вайн къам дикка иймане далийна. Амма ламаз-марха доцуш Iесаллех къастаза дуккха нохчий бу хIинца. Со-м вац цаьрга, лаахь ца лаахь, иймане дуьйла бохуш. Вай-м маршо ма-йеца, шена лаахь дин лело, ца лаахь ца лело Конституцица. Хаац, Къемат-дийнахь оцу Конституцис Делан декхарех хьалха воккхур ву йа вац. Кериста Iаьрбий бу Iарбийн махкахь шортта. Вайна йукъахь кериста йа мунепикъ нохчий хилча хIун тамаш бан агIо йу? Цу тIе доьгIна боху хир ду Кацаевс статьяхь; вайн дешаран хьукматашкахь дешначел хьекъал, кхетам, гIиллакх долуш нах нисло динца галбевлла боцуш. ХIетте «коммунистийниг» хиллехь дешаро стаг йаздан, нахаца ваза, къамелехь шера хила, кхетам шорбала гIо дарна къера ву иза. Бусалба дин ма-дарра довза Iарбийн мотт хууш хуьлуйтур вара ша боху Кацавевс, тIаккха «бах-бахарш» доцуш, буххера Iамор дара ша Къуръан, жайнаш а. Вайн мехкан эвлайаийн, устазийн, Iеламнехан жайнаш хилла Iарбийн маттахь йаздина, амма вайн къам царах пайдаэца ца дитина йа паччахьан, йа советан Iедало. Амма вайна тезеташкахь, мовладашкахь беш болчу хьехамаша вайна гойту боху Кацаевс: «Стагана (адмана – авт.) Дала синкхетам белла, диканиг, вониг къасто, мегаш дерг, доцург довзийтина. Дала ца боху, хьайна товш дерг де, Ша бехказа вуьтур ву хьо, наха хIуъа бахахь а. Дала боху: ахь дика дахь, дика карор ду хьуна, вуо дахь вуо карор ду хьуна (Шена дуьхьал веача хIета – вуьта дуьненахь воллушехь каро там бу – авт.)… Бакъ ду, Iожаллах кIелхьара ваьлла цхьа вац. Пайхамарш белла. И Дала шен карахь дитина (Шен къайле йина – авт.). Цундела олу хир ду вайнаха, Делан йоза ду, адам делча». Амма адамо, шена Дала дуьненахь йоккхучу оьмарна тоьхна хан, йерриге дуьненахь йаккхийтар, йацйар хIораннан шен карахь дитина. Иза стенах гучудолу? Кийра буьззина къаьркъа мелла нехан коча гIоьртинчохь, йа зударшца эвхьаза вала гIоьртинчохь, йа машенахь, ма-йоьдду хьаьхкина авари йеш, веллачунна, тIехь лелларг «Делан кхел йу олучух» Дала лардойла вай, олуш ду Iеламнаха. Иза бакъ ца хуьлийла йац. Дала ца боху бусалба стаге (ша иза дин къевсина гIазоте хIоьттина вацахь) шен дегI Iожаллина кIел тийса, зуламна аравала, кхетамчуьра валий адамашна йукъахь бIаьрзе машен хехка. Иза Делан кхел йац, амма Делан йоза ду Iесачу некъахь карош долу. Нохчашна йалсамане йеза, ткъа дуьненахь зовкх хьега лаьа, шайна ма тов, ма луъу лелаш. Цхьана буйна ши хорбаз лаца лаьа, ловзо чкъург, баа хьокхам беза вайна. Цундела вайна йалсамане дуьненахь хуьлуьйтур йу аьлла тIелаьцна вац Дела, Цо иза вайн дикалле, Шена муьтIахь хиларе хьаьжжина хуьлуьйтур йу аьлла, вай эхарта дирзинчул тIаьхьа. Хьарам, хьанал къастош, парзаш, суннаташ лардеш, шена Дала деллачух тоам беш, комаьршаллех ца вухуш, нахаца кIеда-мерза хиллачарна кечйина-кх Дала йалсаманеш. Цу тIе доьгIна ала догIу: мелла Дала тIебехкина бехкамаш ларбеш берш, йалсамане гIур бу, бен боцуш йа Делан бехкамашна очбевла, букъ берзийнарш жоьжахате гIур бу, боху-кх Дала Шен Къуръан чохь. Бакъ ду, Делан къинхетам боккха бу боху молланаша. Цуьнга сатуьйсу хир ду-кх, мел Iесачо а?! «Динан филдософи» статьян кхолагIчу декъехь Кацаев къовсаме (полемике) волу, бакъволчу поэто, йаздархочо шен дуьненан дин кхуллу бохучаьрца. ХIунда аьлча Кацаевна, билггал бакъ долуш, хаьа, Дала шен пайхамаршкахула доссийнарг бен, кхин къобал дан мегар долуш дин доций. Л.Н. Толстойс керла дин кхоьллина бохург гал ву, боху Кацаевс. Толстой шен ма хуьллу вайна массарна ма-лаъара, Далла тIе вуьгу нийса некъ лоьхуш хилла. Кериста дин харц деш хиларна, мозгIарша килсах дIакъастийна, цунна  неIалт кхайкхийна. Амма Толстой шен Iер-вахарна реза воцуш, шен доьзалца оьгIий, хьолахошца йолу йукъаметтиг хадайой, цхьаболчара дийцарехь, шен зудчунна хьераваьлла, телхина хеташ, Кавказехьа схьагIертарх лаьцна йаздо Кацаевс. Хьанна хаьа, шен хьеший (Садо, Болат) болчу Девткар-Эвла, Нохчийчу ван дагадеаний цунна. «Массо къоман гIалат ду: шайн гIалаташ шеца доьхкуш воцчу, шайн къомах волу стаг йа цомгаш, йа Iовдала, йа телхина ларар. Нах цунна тIаьхьа ца хIиттийта, неIалт кхайкхадо цара, и Делах ваьлла ву, олуш».
Кацаевс статьян кхолагIчу декъехь керстано, Муса пайхамаре Делера доьссинчу итт весетах, талхош хийцина, хьалхара ши весет даладо: «Со – АллахI ву, хьан Дела. Кхин делий ма лоцийла ахь. Сан йуьхь лар ца йеш». «Хьайна кумир ма кхолла (Кортатухург (суждане вужург) – авт.), цхьана тайпана суьрташ ма дахка. Царна Iамалш ма йе». «Iийса пайхамарх, цуьнан нана Маремах, пайхамаран асхьабех кумираш бина килсо. Церан суьрташна, жаIаршна хьалха ламаз до цара, къинхетамаш, орца доьху. ЖаIарш-м керста динан билгало хилла», - йаздо Кацаевс. Кериста динан билгало йолу жаIар – римлянийн таIазаран гIирс хилла. Оцу гIирса тIехь хьостамашца дIатоьхна хьийзийна Iийса пайхамар (Делера маршалла хуьлда цунна). Шайн таIазаран гIирсана сужда дар тIедожийна римлянаша, «Дала хьарам йина хьакха йаар санна», боху Кацаевс. Шен динан философин талламан статьях Кацаевс бусалба дин ма-дарра довзаре, кхечу динашкахь галдоккхуш наха кхиийнарг хIун ду хааре кхойкху вайн къоме. Къуръан вайн дукхах болчу доьзалшкахь, адам делча Йасийн дешан бен схьаоьцуш ца хуьлу дела.Ткъа денна и доьшучунна цуьнан маьIна дан ца хаьа. Доьшучун маьIна хууш хилча бен ца хуьлу цунах кхетар, самукъадалар, ойланаш кхолллайалар, синхаамаш меттахбовлар а. Вайна Iарбийн мотт массарна Iемийла дац, амма хIоранна Къуръано беш болу хьехамаш хууш хила беза. Цундела къомана Iарбийн мотт Iамош къахьоьгучул, хIуъу дина Делан калам нохчийн матте даккха дезара, боху Кацаевс, иза бакъ ву. Амма вайн молланаш чIогIа кхоьру, вайн хьекъал ца тоарна иза гочдан. Массо къомо шайн-шайн меттанашка даьккхина лелош ду иза. Вай ца даьхьа. Амма даьхьа нахе шайна хетта-хетттарг дуьйцуш, шаьш бол-болчохь харц-бакъ хьехамаш бан-м вай молланаш. Нохчийн молланаш кхоьру шайн цIе нахалахь йаййаларна, шайн сий лахдаларна. Нохчийн маттахь и хилча хIоранна Къуръанах кхета, цу тIера ша хIайкал йаздан аьтто хир бу. Иза ца деза вайн Iеламнахана. Дин ма-дарра довзаро бен вай къам барте далор дац, тобанашкий, тайпанашкий, вирдашкий декъадаларх хадор дац. Оцу декъадаларо вай цхьаалле ца гулдолуьйту. Вай даьржина, барт боцуш мел хили, Iедална атта ду вай шайн харцонна кIел доьхкина дацо, хьийзо а. «Шу чIогIа тасалолаш Делан динах, бекъалучарах ма хилалаш», - боху вайга Дала, бохуш йаздо Кацаевс. Йуха йаздо цо, вайнаха эвлийаийн, шайхийн кешнашна тIехь зераташ догIарна реза воцуш, Дала Къуръан чохь аьлла дешнаш: «НеIалт хийла жуьгташна, шайн пайхамарийн кешнех маьждигаш динчу». Кацаевна, вайнаха эвлийаашка, устазашка орца доьхуш кхайкхар, Iийса пайхамарх кериста нахана Дела тарвалар санна, жуьгташа шайн пайхамарш, Делан дарже кхачош, хьалхабахар санна, хета. Нагахь санна нохчий, эвлийаашка, устазашка Дела дуьненан урх Шегара цаьрна дIайелла моьттуш кхойкхуш белахь, Кацаев бакъ ву – (нохчий бидъIа деш боьлху аьлча, жуьгтий, кериста нах санна. Цундела боху Кацаевс: «Оцу маьIнехь аьлча, вай ваххабиташ олучеран хьехамаш йуххера бу суна. Тахана оьрсийн олаллина кIелхьара бевлла боцчу нохчаша, сиха бех бо уьш. Мичахь дика девзар ду бусалба дин? ХIокху тIаьххьарчу дейтта бIешарахь бусалба болчу Маккахь, Мединахь? Йа «бах» бахарехь бен дин девзаш боцчу нохчашна?». Оьрсийн Iедало, - боху Кацаевс, паччахьан заманахь дуьйна,  динехь вайн къам цхьаьнатухуш хилла эвлийааш, устазаш, шайхаш, цIена молланаш хIаллакбина, махках баьхна, кхерийна, эцна. Советан заманахь кхиънарш-м Iедална болх беш хилла, Iедална ма-лаъара тобанашка, вирдашка бекъабелла. Вай декъадалар, мухха Iоттаделла вовшех къастар, вовшашца хьаьгIнаш лелайар, «Тхо шул тоьлий, шу тхол оьший» бохуш, къийсадалар, Iедална вай лоллехь латто аьтто болуш ду. Иза чIагIдеш деган лазамца, йаздо Кацаевс: «Тамашена амал йу нохчийн. Къуръано бохург тIе ца лаца кийча ду вай, вайна хетачунна тIера ца довла. – Вайн ворхIе дайша лелийнарг лелийчхьана ца довлу вай? – олу. Дера ца довлу. Цхьаболчийн ворхIе да къаьркъа муьйлуш, вукхеранаш къуй, вукхеранаш обараагаш хилла. Нохчашна бусалба дин шатайпа, нохчийн агIор го. Стаг вадош, зуда лачкъош, шайн ка даьлларг вуьйш, пайденна дуй, къайлагIур дуй хиъчхьана, хIуъа деш. ТIаккха, йаьллачу санах, сагIа доккхуш. Ламаз дича йа масех марха кхаьбча, къинойх цIанло моьттуш». Делан салам хиларе, Мухьаммад пайхамаре (1.с.с.), цул хьалхарчу пайхамаршка баьхна церан къаьмнаша, дайша лелийнарг лело дита шаьш, ма кхийдаде шайна тIе, дин ду бохуш, и туьйранаш. Дала пайхамарш, эвлийааш, устазаш, шайхаш, царна накъосталла дина асхьабаш шен цIена дин дIакхайкхо, шайгара и дин лелорехь масал нахана гайта бахкийтина, шайн-шайн къомана йукъара хаьржина. Нах кхетор, ийманехь уьш нисбан гIертар ду царна Дала тIедиллинарг. Ткъа нахана моьттина уьш цомгашниш тобан, беллараш денбан, мисканаш бахо бахкийтина. Шайн ницкъ боцу хIумнаш наха шайна тIекхийдош хилча, дан хIума ца хуьлий, Деле доIийца дехаре хIуьттуш хилла и Делан геланчаш. Дала церан доIина жоп луш меттиигаш йаьхкина. Уьш Къуръан чохь, жайнашкахь йуьйцуш йу. Деле доIа дар бен, кхин хIумма ма ца хилла цаьргахь. Амма нахана гергахь, адамийн кхетамехь уьш (пайхамарш, эвлийааш, устазаш, шайхаш) шайна лиъначу хIуманна ницкъ болуш хета. Цундела цаьрга кхойкху орцане дуьненан дахаран хьелашкахь. Иштта нохчийн эвлийаашка, устазашка, шайхашка хьежар гал хета Кацаевна, Дала шен Къуръан чохь аьлла: «Жинаш, адамаш а Шена хастам беш 1ибадат дайта кхоьллина Ша». Ткъа вай, эвлийааш, устазаш-м хIунда бийцара, президентийн бист кхаччалц назманашка, иллешка баьхна цаьрга орца доьхуш хестош бу. Иза Далла гергахь духахьара хIума хета Кацаевна. Бакъду, иштта Кацаевс алар, вирдахошна дагахь кхетар ду, цаьргахь оьгIазло IаьIар йу, амма вай оьгIаздаха ца сихлуш, ойла йахь, дукхах дерг Кацаевс дуьйцучух нийса-м карор ду. Массо пайхамарша кхайкхийна дин цхьаъ хилар – иза бусалба дин хилар чIагдо Кацаевс. Забур, Товрат, Инжил, Къуръан цхьана Делан каламаш ду, лаьтта тIера массо къам Адамах, Хьавах схьадаьлла хиларх шеко йацара, боху Кацаевс, вай цхьаъ хиларх кхета гIоьртина, оцу каламашка, адмаша йехкина башхаллаш (Делан дош хуьйцуш) дIайаха доьналла кхачахьара. Вайна йукъахь тIемаш, девнаш доцуш, вай Адаман, Хьаван цхьа доьзал хилла дахалур дара, меттанаш, беснаш, гIилкхаш мел башха делахь а. Ишттачу динан философега адмаш кхача лууш ву Кацаев. Оцу Iалашонна шен могашалла, ницкъ, похIмалла тIехьовзийна къахьега йукъйихкина ву.
Шен «Динан философи» статьяхь Кацаевс дуьйцу советан заманахь Делах тешачу нахана тIехь латтийначу гIелонех лаьцна. Школехь Делах тешаран хьокъехь анкетировани Iедалан белхалоша йа «Iилманчаша дIахьош хилча, хьехархоша шаьш (дешархой) ца теша алалаш Делах бохуш, къийларх а. Шайн дагахь тешчхьана, шун хIумма гал ма ца долу, бохуш.
Бера хенахь хьехархоша дуьйцург тIеэца шайна ца лиънехь, даккхий хилча, Iийса пайхамаран, Кунта-Хьажин хьехамаш бевзича, кхийтира ша боху Кацаевс «вочунна ницкъаца дуьхьало ма йе» бохучух. Илсхан-Юьртарчу Хьажас Iийса пайхамаран хьехамна тIетийжаш, эрна аьлла ца хилла: «Шайга килсе гIо бахахь, килсе гIо, и цIено бен дац, шайга жаIар лелайе бахахь, лелайе – иза, иэчиг бен дац, шун шайн дагахь бусалба хилчхьана».
Кунта-Хьажас аьлла и дешнаш, паччахьан эскарх леташ, нохчийн къам кхачалуш долу дела. ТIамо къонахий кегий боллуш дIахьош хилла Iожалле, зударий жоьра буьсуш хилла. Нохчийн къоман хIу ца дайта далийна Кунта-Хьажас и хьадис. Амма цу хьадисан чаккхе йуьхьIаьржо тIелоцучул, далар гIоле йу бохучу кхайкхамца йу Кунта-Хьажин йоьрзуш: «…амма шайн зударшна тIекхийда буьйлалой, тIаккха, дерриш цхьаъ санна, латий лие». Кацаевс, хьадисан чаккхене гIуллакх кхаьчча, тIаккха гIовттар тIаьхьа хилар гайтина вайна бах, хIокху тIаьххьарчу тIамо. Герзах воьттина мостагI хьан керта хIоьттича, вие-м воьйтур ву стага ша, амма цунна дIада-м хир дац хIумма а. Махкана арахьара кхерам ваьшна тIегIоьртича, вай шен йуьртах йа кертах хьакхалуш ца хилчхьана и лазам, геннара ладоьгIуш Iа вовшашна орцах ца довлуш йа мостагIехьа довлий, вовшашца хилла Iотта-баккхамаш, чIираш акха хIуьтту. Махкана кхерам болчу хенахь ца дуьту тобанашка къестар, муьлххачу бахьанашна декъадалар. НедаргIа ша даьккхина саттийча, бере кагло, амма недаргIанех бина нуй воккхачуьнга ца кагло. Дуьненахь дахаран ирс лун дерг барт бу, эхартан беркат, зовкх луш берг барт бу, Дала, Элчано (I.с.в.) тIедехкинчу декхаршна кIел вай севчхьана. Вайн вовшашца барт, ларам ца хилахь, Дала, пайхамара бохучунна тIехь вай нис ца лахь, нохчийн къам маьрша дер дац цкъа. Оцу бакъдолчух кхетий, вай вовшашна хера доху хIума, вай доькъуш, тобанашка даржош, вайна йуккъе весаш, херонаш лоьлхуьйту хIумнаш дIадохуш, Дала, пайхамара бохучунна тIехь – исламехь нислой вай, нохчий бохуш, кхойкхуш бу-кх Кацаевн статьян массо йозанан могIа. Кацаев Сайд-Хьасана адамийн цивилизацийн бухера дуьйна тешаллаш даладо Дела, лела дезаш долу дин, адмаш цхьана орамера схьадевлла, дебаш, дуьнен тIехь даьржина хиларна. Оцу балхана тешалла до ширачу Грецин философа Плутарха, пхьуддийн, кериста, жуьгтийн, бусалба Iеламнаха. Да, нана нисделлачу къомах хуьлу бер. Жимчохь дуьйна цо тIелоцу дин, оцу къомо лелош дерриг. Харц делахь, бакъ делахь, шена Iамийнарг дIалеладо стага, ша лелочух шек воцуш. «Ткъа хенан йохалла, - боху Кацаевс, - шена нийса некъ хьоьхуш верг дуьхьала Iоттавелча, шен даго и нийсаниг, тIе ца эцарна, цо дIатеттича, иза гал хуьлу. Стаг хеттаршка вала веза, ша лелош долчу динан дуьхье кхиа гоьрташ, бах Кацаевс: «Сан дагахь цхьа Дела ву. Кхечуьнан дагахь кхин. Цо цхьана кепара ламаз до, ас кхечу кепара. Муьлхург ву тхойшиннах нийса? Ас кхоччуш деш дуй уьш? Делахь, нийса дой? Суна хаьий? И хаттарш ца до шега адамо. Цуьнан дин бIаьрзе ду, ворхIе дегара охьа, Пифогоран таблица санна, тешамца тIеэцна. Бусалба доьзалехь винехь – бусалба ву иза, кериста доьзалехь – кериста, жуьгтийн доьзалехь – иудийн динехь, китайциййн я индусийн доьзалехь винехь – пхьуддийн динехь. Коьртачу оцу динел сов, кхин дуккха вирдаш, декъадаларш, вовшийн резабацарш ду». Оцу хIора динехь болчу векалшна, шаьш цхьайолу цу динийн атрубитика наггахь кхочуш йеш йа гайтаман, моттаргIанийн хIуьмалгаш шайн дегIаца лелайеш хилчхьана, Дела шайх къинхетам бан декхарийла вохуьйтуш хета. Иза рийаIаца, моттаргIанашца нах, Дела Iехо гIертар ду. Наггахь ламаз дарх, марха кхабарх, кочахь жаIар лелайарх, карахь, кочахь суьлханаш гайтарх, бер килсе дигарх дозуш дац Делах тешар. Дин лелочарна (цIарна, малхана, акхарошна гIуллакх дечарна)  моьтту шаьш боккъалла Делах тешаш ду, Цунна муьтIахь, ларамца гIуллакх деш ду. Дукхах долчу къаьмнаша тIелаьцна лелош долчу, коьрта ду бохучу деа динан барт бац. Иза муха хир бу, Муххьаммад пайхамаречул (I.с.в.с.) хьалха Дала Нохье, ИбрахIиме, Мусага, Iийсага (Дела реза хуьлда царна) доссийна бусалба дин талхош, шайний-шайний доцурш тIедетташ, хийцина хилча и пайхамарш тIебиссинчу къаьмнаша. Цундела Дала Къуръан тIехь йух-йуха жуьгташка, керистанашка уьш кхетийта бохург, дагадоуьйту Кацаевс: «ХIара пайхамар (Мухьаммад – Дала могаш, маьрша лелавойла иза) шел хьалха баьхкинчара деанарг, шун Iеламнаха галдаьккхинарг, нисдан ваийтина ву шуна». Бусалба наха шайна Къуръано ма-хьеххара, иудийн (жуьгтийн), керистанийн динан некъ харц ца бо, цхьана Делара бу бах, нагахь санна цара и дин шайн пайхамарша: Нохьа, ИбрахIима, Мусас, Iийсас (Дела реза хуьлда царна) ма – хьеххара, шайн Iеламнаха галдаьхнарш, нисдина, леладахь. Амма бакъ дин галдаккхарехь барт хиллачу иудийша, керистано, пхьуддийхоша бусалба дин, цхьа барт бина, харц до. Оцу бартаца бусалба нахаца, пачхьалкхашца схьабохьуш тIом бу гуш, къайлах а. Дин бахьанехь декъаделлачу дуьненан барт хиларе сотуьйсуш, хIора динан пайхамарийн, эвлайаийн хьехамийн жайнаш толлуш, царах болуш болу пайда цхьаьнатухуш, дерриг дуьненан Дела цхьаъ хилар гойтуш, книга йазйан лаам бу шен боху Кацаевс. Дала аьтто бойла цуьнан ша йуьхьар лаьцна Iалашо кхочушйан. Делан цIераш дуьненан къаьмнаша шайн-шайн кепара йахахь, иза цхьаъ хилар гойтуш, массо кхетар волчу кепара, аттачу маттаца йазйан йеза и книга», - чIагIдо Кацаевс. Кацаевс шен статьях Дела (Бог) бохучу дашах болу хьехам Иоанан Инжилехь муха болало дуьйцу. Оцу дешан чулацам Инжили тIехь чул шуьйра го Кацаевна. Инжил грекийн маттахь йаздина хилла ду. Инжил иштта долало боху: «В начале было Слово, и слово было у Бога, и Слово было Бог». «Логос» грекийн маттахь масех маьIнехь лелаш дош ду. «Логос» - кхетам, хьекъал (Iилма) бохучу маьIнашкахь лела. ТIаккха, и «логос» боху дош, Дела бохучу даше нисдеш дуьйцуш хилча Инжилехь, цуьнан маьIна иштта дан дезаш хуьлу: Азаллехь хилла Кхетам, Хьекъал – Дела. Оцу Инжилан делила чIагIдо грекийн философа Эпихармас: «ХIун ду Дела? Дела – Кхетам бохург ду». Аристолтельс изза бах: «Дела – Кхетам бу». Оцу тешамаша гойту Дела – Хьекъал, Кхетам азаллера дуьйна хилар, йолайелла йуьхьиг, тIеххьара чаккхе йоцуш, цхьаммо кхоьллина йа шен тIаьхье йоцуш, даиманна хилла, хир Волуш хилар. Нахалахь, Дела мила ву? Муха ву? Хьанах тера ву Иза? – бохуш, кхоллалучу хаттаршна дика делилаш даладо Кацаевс антични заманахьлерчу философийн хьекъалечу дешнашца.
«Адамаша Далла бинчу къастамех, уггаре суна нийса хетачех бу, - йаздо Кацаевс шен «Динан философи» статьян талламехь, - ширачу Грецин философан Антисфенан къастам: «Иза (Дела) вевзийла йац сартийн сибташ дахкарца, бIаьргашна ган йиш йолуш вац Иза, цхьаннех тера вац Иза. Цундела цхьанне и суьртаца вевзийла йац». Кацаевс-м оьрсийн маттахь йалийнера и Антисфенан цитата. Ткъа аса вайнехан матте гочйарх хила зен дац-кх аьлла, вайн маттахь йазйина иза. Антисфенан кхетам Дела вовзарехь. Мелла бусалба динан хьехамах тIум йолуш бу. Йазычникашна, керисташна йукъахь кхиъна волчу Антисфенна Дала эвлийаийн дакъа делла хиларан билгало йу иза. Цул сов, шен дахарехь, Кацаевс тешалла дарехь, Антисфен «Iарбийн суфийн, нохчийн эвлийаийн дахаран маьIна, шен кхолламехь, дахарехь тIелаьцна хилла. Шен бахам сагIийна дIасабекъна, шена тIедоха чкъор, кара лоцучу тIоьрмиг чохь даа-мала хIума бен ца дуьтуш. Философ, Кацаевс ма-аллара, «Дела лоьхург, бакъдолчунна тIекхийдарг, ойла йийриг хилла» ваьхна. Кацаевс тешаллина (Дела цхьаммо кхолла ца оьшуш, хилла хиларна) Фалесан дешнаш даладо. Фалес ша материалист – философ хиллехь, Дела цхьаъ, даима хилла, хир волуш хиларх тешна хилла. Цундела даладо Кацаевс цуьнан дешнаш оьрсийн маттахь. Амма ас уьш нохчийн матте гочдина дала до: «Дела массо хIуманал шира ву, Иза цхьаммо кхоьллина воцун дела. Дела – Иза ву шен азалле, абаде йоцург. Дела – Иза космосан хьекъал ду». Грекийн Iилманчийн, философин Делах болу кхетам гойту Кацаевс далийначу хIокху дешнаша: «Дела цхьаъ ву, цхьаболчарна ма моьтту, Иза вац дуьненийн низамана йуьстах ваьлла, Иза царна йукъахь ву йерриге стигланийн гонехь, дерриге кхолладаларш, хийцамаш гуш, бIешерийн заманаш идарехь Шен ницкъаца гIуллакхаш дIакхоьхьуш. Дела – массо  хIуманан доладаларан, йуьхь йу, стигланийн нур ду, дуьненан Да ву, массо  хIуманийн хьекъал, са ду, дахаро го тийсаран болар ду». Оццул генахьлерчу заманахь баьхначу философаша шайн хенахь нахалахь хилла кхетам, массо  къам цхьана Далла корта тухуш, сужуде оьхуш хиларан билгалонаш хета Кацаевна. Ткъа шайна бахкийтина пайхамарш йукъара дIабевлла, церан зама гена мел йаларца, тIекхуьучу адамийн чкъураша, шайгара дин хуьйцуш, къоман Iадаташна кIел хьарчош, хийцина. Шен статьяхь материалистийн идеалогих дерг хьахадо Кацаевс, доцца маьIна деш: «Дела ву даима хилла, олучу меттана, материалисташа – Iалам ду даима хилла, цхьаммо кхоьллина  доцуш, боху. Иза идеалистийн Iилма бIостанехьа дерзор бен, кхин керла, хьекъале хIума дац. Материалистийн идеологи кIел даьккхина 70 шарахь СССР олучу деа элпа кIел даьхна къаьмнаш. Оцу заманахь дин лелочу нахана (Уьш муьлххачу динехь белахь) хиллачу зуламечу тIеIаткъамах дуьйцу Кацаевс. Дин ца лелочийн, атеистийн сий хьаладаьлла зама йара иза. «Шайн ма-хуьллу и цIеналла (дин – авт.) ларйан гIерташ, схьайогIу шайна йукъара кIеззиг тоба, Нохчийчохь, ваххабиташ санна, ца безара керстанашна. Цара дуьйцург, лелориг шайгара кхоьллина моьтту царна». Нохчашна ваххабиташ цабезаран бахьана цара тIарикъатах шариIат дIахадо гIертарал сов, керистанан бали кIелхьара корта айина довлале, нохчашлахь «бидаIа дIадоккхуш» ду бохуш, нехан чулелхаш, адамаш дайа долор, дуьнене ийман дуьллуьйтур ду бохуш, экстримистийн герзашца тобанаш вовшахйеттар  дара. Пачхьалкхан Iедалера дуьйна, башха гена даьлла орам хецаза долу, советан Iедало дин дуьтучу хьоле даьккхина долу нохчийн къоме сихха, шарахь, итт шарахь, ткъа шарахь маьрша даха дитича, далун доцурш дара ваххабиташа тIедожош дерг. Цундела велира царна дуьхьал, муфтий волуш дуьйна, Кадыров Ахьмад-Хьажи, нохчийн къоман дукхах долу дакъа. Хила там бу аьлла хета цхьаболчарна, цара кхайкхош дерг цIена дин Дала, Элчано (I.с.с.) ма-дийццара. Амма цара ма-бохху цIандала вайна, мел кIезга, 50-60 шо деза. Ткъа ваххабиташа тIаманий, махкахь дIабоьдучу кегарешний йуккъехула шайниг леладора, мелхо цIий Iенорца, маьршачу нехан, вайн къамах долчу Iедална дуьхьал доккхуш. Эххара иза хила хилира. Дукхах болчу нохчашна оьрсийн эскар чудар гIоле хетара, ваххабиташ, уьш хецна битина МасхадовгIеран, ЯндарбиевгIеран, УдуговгIеран Iедал дуьсучул. Иштта дика болх бира-кха ваххабиташа вайн къоман маршонан боламна. Нохчашна ваххабиташ санна, оьрсашна ца беза кериста динах (Дела цхьаъ варехь, Iийса пайхамар дуьненчу валале дуьйна) дIакъаьстина кIеззиг тоба, Иегова (Яхве), Саваоф дуьненчохь, эхартахь массо хIуманна ницкъ кхочуш Дела лорурш. Оцу Дела цхьаъ вечу тобанах ца бешаш, царна ницкъ беш, уьш шайна йукъахь Iен ца буьтуш, лелош бу цара эзар шерашкахь. «Керистанаш боьлла шайн жаIарех, иконех, килсех, дечгех, тIулгех йиначу жаIарх Iийса пайхамаран васт ган, цунна ламазаш дан марзбелла, Дела боху кхетам цуьнан цIарца бузу цара бохуш йаздо Кацаевс. Оцу кхетамах керистанех схьабевлла йаздархой ца беша, иза харц кхетам буй хууш динах, Делах а. Оцу цабашарна тешаллина франкахойн йаздархочун Вольтеран дешнаш даладо Кацаевс: «… шу-м кхузахь (килсехь бохург ду иза – авт.) дуккха хIумнаш йу, шайх лаьцна цхьа дош алаза шун хьехамийн жайни тIехь, амма цу тIехь (жайни – авт.) кхочуш де аьллачух, цхьа хIума кхочуш деш дац», - йаздина Вальтера «Дагахь – хIумадоцург» книги тIерачу турпалхочун цIарах. Максим Горькийн дешнаш далийна Кацаевс, керисташа лелош дерг, бух болуш доцуш, марзадаларна лелош дуй хоуьйтуш динца, Делаца доьзна, цара лелочуьнца хIумма цахилар гойтуш. «Дохковалар» повестехь М. Горькийс йаздина: - «Стенаха воккхаве хьо, ахча-м ца карийна хьуна? – Хаара суна, цо иштта хIунда хоьтту, - суна сих-сиха ахча карадора цIенкъахь, - ткъа хIинца тамехь ца хийтира суна цуьнан дешнаш, сан дагна, меIара къовзийча санна, хоьттуш. – Далла ламаз деш вара со, - олу ас. – Муьлхачунна? – хоьтту. Уьш (деланаш) кхузахь вай бIе сов ма беца, деланаш-м, мичхьа ву царах – дийнаниг? Мичхьа – муьлха ву боккъалла верг,  дечиган воцуш! Лахахь иза!» Оцу повестан кийсикан суьрто схьагойту кериста динан къеггина васт. БIе сов, жаIаршна йуккъахь къасто бакъонца хIума доцург, берийн туьйранийн тайнигаш ловзоран бараме кхочуш хIума цахиларх, дин хета керистанна ша лелош дерг. Кацаевс дуккха книгаш, жайнаш, Дала пайхамаршка диссийна каламийн, церан асхьабаша йаздина жайнаш толлуш къа хьегаре терра, царна тIехь шена оьшуш цитатийн дешнаш даладо. Муса пайхамаре (Дела реза хуьлда цунна) Шен сипаташ Дала жуьгташна муха дийца деза хаийтина: «Дала аьлла Мусага: «Со ву Дийнаверг (Иегова) (Яхве – АллахI ала догIуш – авт.). Йуха элира: Исраилан берашка (жуьгташка – авт) Иштта дIаала: Дийнаволчо ваийтина со шуна тIе. Йуха кхин олу Дала Мусага: Иштта дIаала Исраилан берашка: Дала (АллахI – авт.), шун дайн Элас, ИбрахIиман Дела, Исхьакъан Дела, Якъубан Дела ваийтина со шуна тIе. ХIара йу Сан цIе бIе шерашна, Сох лаьцна иэс дисийта тайпанашкахь а». («Йистъялар» («Исход», гл.3, стр 14015.). «Ткъа Дела ву Эла Саваоф; Дийнаверг (Иегова) – Цуьнан цIе». («Осия», 12,5) жайни тIехь аьлла Делах лаьцна. Кацаевс гойту керистанийн асхьабаша хийцаза дисинчу жайнеш тIехь, Дала Ша дечигах, тIулгах йа кхечу хIуманех воцуш, Дийнаверг вуй хаийтина хиллийла массо пайхамаршкахула уьш тIебиссийначу къаьмнашна. Оцу Къаьмнийн маттахь йахийтина Дала шен цIераш. Цундела Делан цIераш: Бог, Господь, Иегова, Саваоф, Кхудай, АллахI, Дела, Готт, Яхве и.дI.кх. лела къаьмнашлахь. Бусалба дино къастош дезткъей ткъайоьсна сипаташ ду цIерашца къастош Делан. Дерриге уьш бIе ду боху. Цхьаъ Дала адамех къайлахь дитина ду бохуш дуьйцу. И бIоалгIа сипатан цIе Иблисана хууш йу бах. Оцу бIоалгIачу Делан сипатан цIарца, Деле доIанца дехар дина, йалсамане гIур ду ша бохуш, догйовхо йолуш хуьлу куц ду иза. Амма Iеламнаха дийцарехь, Иблисана Iожалле доьрзуш и Делан сипатан бIоалагIа цIе йицйолуьйтур йу боху Дала. Кацаев шен статьяхь гойту керистанаша, Iийса пайхамарх Иисус Христос аьлла Дела тарварх, пхьуддизмехь болчу наха шайн пайхамар Шакья Мусин Дела ву аьлла вазвар. Мусага доьссина «Товрато» дуьйцург туьйра хетта керисташна. Далла дуьхьал ламазана хIоттале хих валар тIехь ду бусалба динехь, пхьуддизмехь, кериста динехь а. Пхьуддахой (Ганг чохь лийчар), Iийса пайхамаран заманахь Иордан хи чохь луьйчуьйтуш хилла нах цIанонна. Керистанаш «крещение» бохург «омовение» маьIна го Кацаевна. Оцу билгалонаша гойту, шен бухехь массо дин Делара хиллий, цIанонан болх Дала адмашна хица лело тIебиллина хилар а. Цундела цу заманахь къинойх, цамгарх, мел долчу боьхачу хIуманах цIанвалар хица хиларна, лелийна мозгIарша денна хи. Ткъа тахана кочара жаIар хи чу Iоьттича, цIанло керистанаш къинойх. Божабер сунтдаран динан бехкам дIабаьккхина керистано. Дала Мухьаммад пайхамар (I.с.с.)  воуьйтуш, цуьнга сийлахь Къуръан доссийна тIедирзина, цIандала таро хилийтина, б1ешерашкахь адмаша галдаьккхина хIумнаш Iорадохуш. Кацаевс билгалдаьккхина шен балха тIехь керистаналлин хуттургаш:
- маж йашар;
- хьакха йаар;
- суьрташ дахкар;
- Iийса пайхамар Делан дарже ваккхар;
- Iийса пайхамаран  нана, Марьям, Делан нана ларар. Цунна, цуьнан кIантана ламазаш дар, цаьрга орца дехар;
- Дикачу нахе (шайна йукъара бевллачу – авт.), орца дехар;
- жаIар (Риман империн Iедалан таIазаран билгало) динан билгалоне йаккхар;
- зударий берзина лелар;
- нахаца лелар;
- къаьркъа, чагIар малар;
- эвлайаийн даьIахкаш, барзакъан кийсигаш килсаш чохь ларйар;
- пасхина (церан марха дастар – авт.) хIоаш басар дар (Марк Аврелий винчудийнахь котамо къорза хIоа дина хиларна. И дика билгало ларар цигара схьа ду);
- маршалла хаттар («Слава ИисусуХристу»);
- кIентий хада цабар;
- уггаре коьртаниг: Делан кхоалла (кхаа йуьхьехь гар,– Дела – да, Дела –кIант, Дела – сийлахь Са.). «И билгалонаш, - боху Кацаевс, - Къуръанца йогIуш цахиларал сов, Библи тIехь йаздинчунна нийсса дуьхьал йу».
Делан ницкъ боккха хиларна, Къемат-дийнахь деллачул тIаьхьа вай дендийриг хиларан шеко цахиларна масал хета Кацаевна Iаламан шеран хийцамаш. Iай леш, кхин йолчу заманахь дийна лаьттачу Iаламо гойту, вайн догIмех йисина мискъала – зарратал йолу хIума Далла тоьаш хилар вайна чу са кхолла. Ненан кийрара хин тIадамах исс баттахь бер кхуьуьйту Дала, адаман массо меже шен меттахь болх беш йолуш. И билгалонаш тоьаш йу кхеташ волчунна Дела хиларан, Цуьнан ницкъ боккха хиларан а. Адмаша лаьттахь хьесап деш долу денойн хан, Делан денойн хан цхьатера аьттехьа ца йогIий хоуьйту Кацаевс шен балха тIехь. Цо боху: «Делан де, адмашна гергахь 50 000 шо ду. Библица, Къуръанца нийса догIуш дуьне йалх дийнахь кхоьллина Дала. Маьлхан системин календарца лерича, 300 000 шарахь кхоьллина дуй теша хIара дуьне?» Ишттачу хаттаршка волу автор, амма Дала «Кун!», хила аьлчхьана хуьлуш хилар хIума билгалдо цо.
Делан деношца хьесап деш хилча боху авторо, вайна дуьненахь йаккха тоьхна хан шена кхаа минотал сов ца йолу, аьлла хета, мел дукха ваьхчи дуьненахь. Оцу хьесапца Iийса пайхамар Дала дуьненчуьра стигла хьалаваьккхина вай 2000 шо сов ларахь, Делан Iаршехь иза цхьа сахьт бен хан йац, боху Кацаевс. ТIаккха Къемат-де дале йуха дуьнена Дала иза воссийча, цунна (Iийсана) хетар ду, ша Дала селхана стигла хьала ваьккхина, кхана йуха лаьтта воссош ву. Дала Къуръан чохь, йоьхначу йуьртана йуххехула тIехволуш хиллачу стагах дийцарехь, гойту («Бакъаратун» суратехь 261 аятехь) и доьхна сурт гиначу стеган кхоллайелла шеконан ойланаш: «ХIоккхул хIаллакьхилла йурт, муха денйийр йу Дала?» Дала бIе шарна Iожалла йина цу стагана цигахь. Цул тIаьхьа, ден вина, хаьттина: - Мел наб йира ахь? – Цхьа де, йа цуьнан дакъа, - аьлла цу стага. – ХIан-хIа, бIе шарахь Iийна хьо. Хьажал хьайн йуучуьнга, молучуьнга. Уьш талха ца телдхина. Хьайн вирах йисинчу даьIахкашка хьажал. Адмашна хьох билгало йархьама, хьажал Ас, тIе дилха дуьллуш, даьIахкаш муха гIиттайо». «ХIара дуьне, Iалам кхоьллина волчу Делан ницкъ бу, веллачу стеган сина гергахь хан йацйан, наб кхетта йоккхуш йолчу хенал башха йах ца йан а». Павловс 1898 шарахь 22 шарана наб кхетийтинчуьра 1920 шарахь стаг самаваккхаран масалой, гипнотизераша, наб кхоьтуьйтий, адмашка шайна луъург леладайтарой гойту вайна, боху Кацаевс, Делан ницкъ, мел хIуъа вай дийцича, адмаш, жинаш, дуьне кхоьллина, уьш лоьлуьйтуш, царна рицкъа латтош волчу, боккха, доза доцуш хир буй.
Вай, адмаш Дала шена хастам беш, бертахь ирсаца даха коьллинера, боху Кацаевс, амма адамо ша, шен куьйга, дакъаза доккху шен дахар, ца хиндолче, тIаьхьало йоцче кхийдаш, бIарлагашна тIаьхьахьаьдда лелаш. Далла гергахь веза ву-кха хиндолчух ларлуш, вониг дагадеъча, Делах эхь-бехк хеташ, кхеравелла йухаваьлларг, нехан хьокъах ларвелларг, Делан цIена некъах гал ца вала гIерташ, шен долчух тоам беш ваьхнарг. Беллачаьрга орцах кхайкхар эрна хета Кацаевна, уьш мел дика нах хиларх, дийна болуш, мел лекхачу, сийлахьчу даржашкахь хилла хиларх а.
Оьрсийн Iедало низаме, Делан динехь цхьаъ хиларе далочу меттана нохчийн къомах массо стаг обарг, жуьлик, къу вина дIахIоттийна. Ткъа оццул Iедална боьха хетачу къомалахь, ша билгал, къаьсташ хуьлу эвлийааш, шайхаш, устазаш. ХIунда аьлча цара кху дуьненан хIума дIатосий, Делаца гергарло лоху, боху Кацаевс. Мел галваьлла хетачу нохчочо эвлийаэх, устазех болу нах лору. Оцу нахана хIоранна тIаьхьа хIуьттуш, тобанашка вай декъадалар Iедална тов. Оцу тобанашна йукъа питанаш тийса, уьш вовшашца иэгIо, царна шайн-шайн тобанан некъ лакхара, нийса хетийтар, вукхара лелош дерг гал хетийтар, царна йукъахь цабезам латтор, Iедална хала дац. Оцу декъадаларша ваша вешех воккху, да кIантах, кIант шен гергарчех хеда. Вовшен дика-воне ца боьлхуш, цIийн вашалла хадош, вирдан вошалла тIелоцу. Амма цIий хьаьрчина, луралла йукъадолар тIедагIахь, тIаккха вирдан вашалла духу, йуьхьIаьржа хуьлу. Бусалба дино, Дала, Элчано (1.с.с.) цхьаъ хила, бусалбанийн, керистанийн бен кхин тоба йац боху дуьненчохь. Амма нохчашна, Далла, Элчанна (I.с.с.) хьеха, хаьа моьтту шайна. Вайнахана йукъахь лелаш динца доьзна, доьзна доцуш ши хIума ду. Шайгара хатIе, цхьа кхечу нахана хьалха шаьш бехке долуш хIума нисделча, шаьш толон долун хIума хоржу барт барна йа шариIат, йа маслаIат. ШариIат мел къинхетаме делахь, цо Делера схьайогIуш йолу нийсо ларйо: зуламна дуьхьал бекхам тIебожабо, амма, Делан дуьхьа беш болчу, машаран йал йуьйцу. Ткъа маслаIато дукха хьолахь машар-м бо, амма эшнарг, чов хилларг, керта бала, сингаттам кхаьчнарг, кхин тIе дикаллехь, собарехь, къинхетамехь сов воккхучу барамехь, бекхамехь догъIаборах хадош, дерзадо хилларг. Цундела нохчашка шариIатан кхел, динан бекхамаш эшар кхочу шайна цо пайда боххьучу муьрана. Бусалба дин ма-дарра довзар Къуръанан маьIнех кхетарца доьзна ду. Ткъа иза ма-дарра девзийла йац нохчашна Iарбийн мотт ца хиъча. Кхин долчу бусалба къаьмнаша, шайн-шайн меттанашка даьккхина, болх беш бу цунах кхетарехь. Вайн матте и даккхар ца магийна нохчийн Iеламнаха. Оьрсийн маттера Саблуковн, Крачковскийн, кху тIаьхьарчу шерашкахь йукъадаьлла Порохован, Кулиевн а Къуръанан гочдарш, вайна деша ца магадо вайн молланаша. Цундела оцу проблемин маьIна кхоьллинарш вайн Iеламнах хета Кацаевна. Церан сийлалла нахалахь йужур йу, иза муьлххачу нохчочо деша долийча. Муьлххачо шена оьшуш долу доIа, дарбане аяташ схьайаздан долийча, царна тIейогIу са соцур йу. Кацаевс дуьйцу, ша студент волуш дуьйна шайн эвларчу Оччерхаджиев Абубакарна тIе ша вахар, и Къуръан гочдахьара аьлла. «И мегар долуш, чIогIа мехала, мелехь гIуллакх ду. Амма сан хIинца тохарлера могашалла йац. Со галваларна, сайгара гIалат даларна кхоьру. Со ваьхьар вац. Цхьа дош, цхьа цIоьмалг галъйаьккхича цу тIера, къилара вер вац стаг», - аьлла хиллера Абубакара. Эццахь, цул тIаьхьа дагахь баллам латтош ву ша боху Кацаевс, шена Iаьрбийн мотт хууш цахиларна. Оьрсийн матте яьхна Малбузен кериста пачхьалкхийн книгаш дукха йу Россехь йоьшуш, амма йац, йелахь бусалба нахана йеша, Малхбалерчу бусалба пачхьалкхийн, Iарбийн философин, йаздархойн книгаш, жайнаш. Нохчашна йукъахь Iеламнаха куьйгайозанехь лелош хилларш хIаллакйина Советан Iедало къам махках доккхуш. Оцу Iедалан бехкенна хиллачу берриге тIеIаткъамаша дитина вайн къам бусалба динах, пайхамарийн, церан асхьабийн, устазийн, эвлайаийн дахаран куц-сибат довзарехь тIаьхьа. Вайна-м вешан эвлийаэх лаьцна дац, ма-дарра аьлча, цхьа хIума хууш, йа царех лаьцна вайн маттахь цхьа книга йац, боху Кацаевс. «Йиъ-пхи эзар йолчу сан книгашна йукъахь, Ибн Iабд Раббихин «БIаьрмискачех лаьцна жайна», кхин масех ишттачех книга йац бохуш, йаздо Кацаевс дегбаамца. Уьш йешча кхета ша, боху Кацаевс, вайнаха «бах», «бахара» бохуш, кар-карахула лелаш долу, туьйране дерзийна дуьйцург, царна тIера схьаэцна хиларх. «Дика книга карайар – йаздо Кацаевс, - гергарчех йа доттагIех хьуна дукха везарг гар санна ду. Мел дика йелахь, роман кхаа-деа шарахь цхьаъ бен ца йешало, доций дийцарш, миниатюраш, философийн ойланаш, сюжет йоцу книга хIора шарахь йешало. ХIораза, дуьххьара санна, йа ганза йукъа хан йоьллачул тIаьхьа, йезачу зудчуьнца санна, марзо оьцу цунах», - боху Кацаевс.
Вайн тидам тIехь сецначу статьян пхийттолгIачу декъехь Кацаевс йалийна эпиграф (Къуръан 9 сурат, 51 аят): «Хир дац вайна цхьа хIума, АллахIа, хир ду аьлла, йаздинчул тIех». Оцу аятан маьIнина гонаха, шаьш студенташ долуш дуьйна, шайн хилла къийсамаш буьйцу Кацаевс: стаг ша дечунна тIехь шен лаамехь ву йа вац? Стеган хIора гIулч Дала йазйина йу йа йац? Дала йаздинчух вала йиш йу йа йац? Нагахь стага вониг динехь и Дала йаздина хилча, цу стеган бехк бу йа бац? Цунна таIазар догIий? Йа историн болар Шена луучу агIор хьош, хIора стеган гIуллакхаш церан шайн карахь дитина Дала?
Оцу хаттаршна жоьпана лерина масалш даладо Кацаевс шен талламехь. – «Соьга цхьа вуо дайтина, йуха суна таIазар дан йиш йуй Делан?» – хоьтту цхьамма Элчане (I.с.с.). – « Йу, дерриш цуьнан карахь ду вай», - жоп ло Элчано (I.с.с.). Элчанан (I.с.с.) асхьабаша ХIайбар-гIала йоккхуш, Iелас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла, бохуш дуьйцу-кх, Элчане (I.с.с.): «Азаллехь кхел йоцуш, валар дуй», - аьла. Элчано (I.с.с.) циггахь аьла: «Азаллехь кхел йоцуш валар дац шуна». Дикачу балхана стаг араваьллехь, Дела реза волчу агIор бахьанаш лелош, иза ларлуш велахь, валарх, и стаг Дела реза волчу некъахь  ву, иза Дала ларвеш ву. Цунна тIехь азаллехь йазйина кхел бен лелар йац. Амма стаг зуламан некъахь волуш, Iожаллица эвхьаза ваьлла, къийсалуш, Делан йоза дош ца хеташ велахь, оцу стеган накъост Иблис ду. Иза Дала ларвеш вац, иза шен кхоллам ша хадош ву, Дела шена оьгIаз вохуьйтуш. Иза хIаллакьхиларан кхаж баьккхинарг ву. Дала иштта дакъазбовла хьаьхначарна, шен оьмар йацйеш хьаькхна йоза ду. Цундела йиш йац цхьана стеган, Делан кхоьлах ваьлла ваха, вала.
Вайн дикачу бахьанаша Дела реза хиллачу некъан йоза лоьлуьйту вешан дахарехь, вончу нийаташа, гIуллакхаша Дела реза воцчу некъан йоза лоьлуьйту ваьшна тIехь. Цундела Дала мукъалахь бен хила йиш йац вайна дика болх, «Ца мукъалахь» вониг лелор ду. Оцунна вайн дахарехь шортта масалш нисло, царах цхьадерш Кацаевс йаздина. Цундела шен талламехь Кацаев вогIу ишттачу жамIе: «Диканиг дерриге Дала деш ду, вониг, Иблисан гIоьнца, адамо ша деш ду». Куралла, «ас», «со» дагчу дуссий, шен аьтто, таро шен ницкъаца хилла моьттий. Бакъду, адаман карахь дитина цхьа хIума ду Дала, цуьнга шега харжийтар, къастадайтар дика, вон а. ТIаккха ваьшна лаахь, ца лаахь хуьлу вай вешан дахаран некъан кхоьлахой: дикачу нийаташца, Делан бехкамаш ларбахь – Дела реза волчу некъан кхоьлан дай хуьлу вай, вончу нийаташца, Дала тоьхна дозанаш дохош долхахь – Дела реза воцчу некъан кхоьлан дай хуьлу вай. И кхетам иэсехь латтош, Делах кхоьруш дахаран некъ латтош, Делах кхоьруш дахаран некъ бийриг, цкъа галвер вац. Оцу кхетамна вай тIедуьгуш йалийна йу Кацаевс Арсений Тарковскийн, Эпихарман, Цицеронан дешнийн цитаташ.
Эпихармас аьлла: - «Деле массо хIума дало. Иза адмашна тIехьоьжуш ву. Цунах цхьа хIума къайла доккхийла йац».
Цицерона боху – «Со къера ву (ас къобал до), вайх доьзна дац ирачу йа аьртачу, нуьцкъалчу йа гIорасизчу хьекъалца вай дуьненчу дахар. Амма, цу тIе доьгIна, вайн лаамехь дац охьхаар, волавалар моьттуш верг, хьалхий, тIаьхьий долу хIума къасталуш вац».
Оцу философийн аларша гойту вайна, адам бIаьрзе Делан лааман йоза кхочушдархо цахилар, шен кхолламан некъ цо шен лаамехь, шен нийаташца, дечу гIуллакхашца, тIелоцуш хилар. Кацаевн тидам тIехь ца соцуш ца йуьсу хьакха керистано йааран, бусалба наха цайааран бахьанаш а. Кацаевс бечу талламашца гуш ду, тахана, керистанаша талхийна (бусалба динан бехкамаш дIабохуш) Римски импери йолуш дуьйна тIеэцна динца цхьаьна, хьакха яйаар, шайн Iадаташ лардеш, цигара дуьйна магийна хилар. Хьакха магош йаздина цхьа дош дац, боху Кацаевс, Библи тIехь а. Амма, Библи тIехь пайхамаршна йуххехь иллюстрацешна тIехь дехккина уьстагIий, хьожа йогIу бохуш, йемал до керистано. Хьакха йаар пайхамарша шайна дихкинехь, кериста наха шаьш-шайна магийна йууш, хета Кацаевна. Ткъа бусалба нахана хьакха йаар хьарам дина. Амма нохчашлахь лелаш кхин хабар ду: - «Хьакха цхьана агIор йаа магийна», - бохуш. Немцойн йаздархочун Томас Маннан «Закон» книга йешча, Кацаевс ша кхийтира боху, нохчаша «цхьана агIор» хьакха йаа магайаран бахьана далош хиларх. Цу дешнийн нийса маьIна нохчаша деш ца хилла. Дала адмашна йаа магийначу экханийн, хьайбанийн къаьстийна билгалонаш хилла пайхамаршка диссийначу Шен каламашкахь. Иза бежанийн, экханийн когийн бергаш шина декъе йекъалуш хилар – цхьаъ, шолгIа – нох доккхуш хилар. Иштта ши хIума цхьаьна шеца долуш йолу экха, бежна даа магийна Дала бусалба нахана. Цундела аьлла хьакхина, цуьнан йаа магаран цхьа билгало-м йара: бергаш йекъайелла хилар, амма шолгIа билгало цуьнца йац – цо нох ца доккху. Томас Маннан книги тIехь дерг, Библи тIехь карадо шена боху Кацаевс. Хи чохь Iар-дахар долчу садолчу хIуманех йаа магийнарш, ца магийнарш йуьйцу Кацаевс шен статьяхь. Уьш йу: пиллигаш, пелагаш йерш (плавники и чешуя). Уьш йоцурш мегаш йац бусалба нахана йаа. Олхазарех йерш йу билгалйина. Уьш дукха хьолахь дилха, чIара, жижигах напха ден олхазарш ду, йа кегийра, тIера йала хIума йоцурш ду ца магийна. Лаьттахула лелачех, текхачех ца магийна: дингIад, дахка, бецан пхьид, зу, моьлкъарчий, боьлкъазар, массо тайпа текхаргаш, дукха когаш болу хIумнаш. Йелла Iуьллург йаа ца мега, цIий доккхуш иза йийна йацахь. И билгалонаш Муса пайхамар (Дела реза хуьлда цунна) дуьненчу воссош дуьйна йовзийтина йу нахана цуьнгахула. («Левит», 11 корта.). Библи, Къуръан, кхин долу динан жайнеш дешаран хIукматашкахь Iамо долоре са туьйсу Кацаевс.
«Хьарам» боху туркойн дош – «гарем» бохург ду боху Кацаевс оьрсийн матте даьккхича. Ткъа «гарем» хIусамехь зударшна къастийна чоь йу, нехан бIаьрг кхетарх ларйан йезаш. Цуьнан дуьззина маьIна хуьлу боху Кацаевс: «Нахана хьарам, хIусамдена хьанал». «Динан философи» статья йерзош, Кацаевс вайн тидаме дохку цхьацца Iадатийн хьесапаш. Жуьгтийн Iадат ду боху набарх самабевлча, пIелгаш кхузза хичу Iуьттуш. Жуьгташа-м, пIелгийн хIуттургашна тIехь шайтIанаш дIатарло, боху куц ду, адамна наб кхетча. Ткъа Кафкас, Кацаевс дийцарехь, рациональни агIор кхетадо цунах. Наб кхеттачу адамо шен куьйгийн пIелгашца гIенахь массо деган меженех кадетта. Цундела оцу Iадатан маьIна (уьш кхузза хи чу Iиттар), уьш дила ца дуьлуш, йуьхь тIей, бага цаIиттарна ду боху. Дукхах долу Iадаташ вайна йукъара, кхечу къаьмнийн а адам цIена, оьзда, гIиллакхехь, вовшен ларам болуш хилийта йукъадаьхна Дала, пайхамарша, къаьмнашна йукъара бевллачу эвлайааша а. «Берийн кхетам болчу йазычникашна кхин муха дуьйцур дара, стигал къекъийна йа стелахаьштиг тоьхча бен, Дела дага ца вогIуш болу? Боьха лелар шайтIанан каравахар ду. Далла хьалха цIена хIотта веза».
Кацаевн «Динан философи» статья йешначунна шортта шена ца хиъна хIумнаш карор ду, авторан коьрте хьийза чолхе, дог цIена, нохчийн къам ийманехь нислуш, беркате, машаре, маьршачу дахаре кхачо Iалашонца йолу ойланаш йевзар йу. Кацаев шен кхоллараллин лехаме некъ бевзина ваьлла, дакхийчу мехкан гIуллакхашна кхиъна, къахьегарехь мало йоцуш, дешаран эрудици шуьйра, кIорга йолуш, йоза атта, дайн долуш, дахаран хиламех чекххьежар сема, ира долуш, Даймехкан, шен къоман синпхенашна тIе куьг диллина, дархочунна гонах хьийза лор санна, тем байна, гIаролехь ха деш ву, тешаме воI хилла. Кацаевн кхоларалла заздоккхучу бIаьстенан замане йирзина, беркатечу стоьмийн мохь кхиош схьайогIу, шена товш болчу чоме хьаьжжина, хIоранна тIекховда маьрша йолуш. Цхьа болу стоьмаш цуьна кхолараллин бIаьстенан малхо ношбалийта болийна. Кацаевн кхоллараллин аьхкене сатесна Iийр ду-кх вай, цуьнан говзаргех болуш болу пайда схьаоьцуш . Олимпе боьду некъ адамийн безаман малха къел хилда хьан даима, Сайд-Хьасан.


Рецензии