бакъдерг деза ду
Зеламхан бIаьргаш чохь летта жоламан серло МасхадовгIеран декъахь ша ца хеташ хилла. ХIунда аьлча Масхадовс хIуъу дийцича, харжамашна йукъара шен кандидатура дIа цайаккхар бахьанехь, велира президентан гIантах Яндарбиев. Ша президент ца хаьржича йуьстах ваьлла, ша даржийн дуьхьа ца болийна суверинитетан кегаре, шен шортта даа, мала, ларвеш нах болуш, семья Катаре дIахьажийна, йалкхан тIе хиъна нIаьна санна, ладегIа хIоьттира, шега йуха президентан гIанта охьахаа аларе сатуьйсуш. Масхадов хаьржинчул тIаьхьа Нохчийчохь лелларг – коьрталла къийсар дара вайн кумираша. Оцу балхо машаран боламна, нохчийн халкъ йуьстах теттира. Талорхойн тобанаша, дуьненан йукъарчу террористаша, царах кхеттачу вайн къоман жоьлкаша къевсира Нохчийнчоь. Оцу вовшашка ладугIуш йоцчу ардангаша жIаьлийн, берзалойн, кху дуьненчохь мел долчу экханийн даар дира вайн махках, къоман маршонах а. Дала эхартахь геч ма дойла, вайн маршонан некъ бехбинчарна, иза бицбина шайн-шайн сане хьаьлхинчарна. Вайн къоман – террористаш, талорхой, жоьлкаш – аьлла цIе йахийтинчарна. Мехкан бахам – нефть, беркат дохьучу меттана, зуламан тало хилла дIахIоттийра Масхадовн Iедало. Герзашца йолчу тобанаша дийнахь, буса дозанал арахьа узу нефтан йоьттина колоннаш, цистерийн составаш гуш, наха долийра цунах шайна сискална, коч-мачийна катоха.
Луш бан болх боцуш, пенси, пособи доцуш болчу нахана: «ТIетоха! Эккхийта! Ягае! Ве! Ас жоп лур ду! – Масхадовс бахарх, нах ма бара дийнахь, шозза мукъана, йаан дезаш, доьзалш хене баха дезаш.
Нах, нохчий, Iедалх тешна цкъа ца Iийна йа хIинцачул тIаьхьа Iийр бац. Ткъа Масхадовн Iедало Москвас къеначарна, кхиазхошна, заьIапчарна схьахьажийна ахча герзах доьхкинера. Ца оьшу хIумнаш, цIархазманан парадаш, кхечу мехкашкара муьлаш йу, хIун йу ца хуу хIумнаш ара ца йохуш, герз карахь мохк мел бу баржийтина, хьан кхоьллина, хьенан учетех йу ца хуу эскарийн подразделенеш. Президентан, Парламентан, Министрийн кабинетана тIехьожуш «Шура» кхоьллира Басаевс, Арсановс. Мехкан кхел йара шена догIу дакъа Iедалан чоьнашкахь дIалаца гIерташ. ТIаккха Шемал Басаев Нохчийчоьнан, ДегIастанан имам ша кхайкхавайта (оццул гена йевллера вайн «мехкан дайн, кумирийн» амбицеш), Дагестанна чувахара шен талорхойн ардангаца. «ХIунда вахана Шемал ДегIастане? Цуьнан хIун дисинера цигахь? Росси иэшо ваханера иза? Ваханехь цIа хIунда веана? – Кацаевс хаьттича, Зеламхас: - И цига ца ваханехь, гIазакхи тоххара кху чохь хир бара аьлла, йан чIагIо йу-кх сан. И хиъча бен вахана вац иза цига, - жоп ло. Гуш ду Басаев Шемал куьйгаллин бертахь вахана хилар. ТIаккха Кацаевс боху: - «Чу-м уьш хIинца кхин дика богIур бу. Вай цига дахана доцуш, чубаьхкина белира уьш. (ТIаккха Хасав-Юьртахь хилла барт бохийнарш уьш хир ма бара. Ткъа хIинца дуьненна хьалха, ца дендолу хIуманца, Россина тIелеттарш, барт бохийнарш нохчийн агIо хилийти Шемала, цунна цига ваха бакъо йеллачара.) ХIинца вай куьйгаш даьсти-кх оьрсийн, шайна луъург дан. Цундела адам ца теша, нахана тIом ца беза. Ас цхьанне бехк ца буьллу хIинца цатешарх», - яздо Кацаевс. Бухара гIортораш дIайохуш, тхов тилла гIиртинчарах тера хета Кацаевна нохчийн Iедалера накъостий. Кацаевн ойланийн уьйриг дукха хьирчина, шортта цу хенахьлера кхачамбацарш ийна бу. Пачхьалкх йеш болчу наха, повесткица армехь хIунда ца кхойкху боьрша нах, герз хIунда ца ло цаьрга, тIаккха тIаме хIунда ца хьажаво. ТIаккха ойла хьаьвза – «И адам, и герз шайна дуьхьал даларна кхоьру уьш». Дан хIума ца хиларна, шайна тIаьхьа хIиттал тоба царна карайо. Дисина халкъ цара бежанийн хьесапе ца лору». Иза нохчийн Iедална даиманна хетарг, хеташ дерг ду. Амма шаьш Iедале кхаьчча нахана хьалха дозаллаш дан-м хаара вайн коьртачу нахана. И дозаллаш даладо Кацаевс: - «Тхо окопаш чухула лелачу хенахь…» - «Тхо Iаьмнаш, боьха Iовраш муьйлуш лелачу хенахь…» - «Шело, мацалла хоьгучу хенахь…» Уьш дерриш хабарш ду. Наха цара лелориг цхьа хIума ду моьтташ, бахка, эца ца торуш лелийра тхьамданаш. Амма уьш йамарт хилира халкъана. Цу дерригенах кхеттачу халкъо, уьш тергал ца беш, Iадбитира. Масхадовс дуьйцуш хилла деса хабарех, пуьтех нах Iехалуш бацара, шолгIа тIом Нохчийчу беъча. Нахана тIом, цIий, талораш, боьхна лелар, хIаллакьхилар къордийнера. Нахана Россица машар бен кхин оьшуш хIумма дацара. Цундела йарташкарчу адамо, цхьангге хIумма ца хоьттуш, шаьш-шайн лардора оьрсийн эскарх, шайн маслаIатан маттаца. Нахана хиира Масхадовн карахь хIуьппалиг доций, цо зуламна ДегIастана Шемал хьажийна хиллий, шена тIаьхьа хIиттийна Россин эскарш чудалийча. Масхадовс, аттала барт ца тоьхча Басаевна йа йуьхь ца йаьккхича, шаьш-шайна кхин гIайгIа бан безий, цу жоьлкех, авантюристех тешна Iахь, къам хIаллакьхиларе кхочур дуй а. Нах-м, шайн тхьамданех хьалххе кхеттера, амма царах Iехабелларш йухаберза ца туьгуш, дIабоьдуш бара тIом. «Басаевца ДегIаста марша йаккха вайн махка вогIучул, Хаттаба Iарбашна жуьгташкара Иерусалим, Палестина марша йоккхуш, йуха хIунда ца йерзайора те? – шега хаьттича, Зеламхас олу: - «Иерусалим нохчаша схьайаккха йезаш йу. Нохчийн хилла ма йу иза». «Дала тIе ма доуьйтийла и! – Иерусалим схьайаккха гIертачул, Нохчийчоь ларлахьара вайга, - олу Кацаевс. – «Айса бохург ца хилахь, хIара йерриге хIаллак хиларх шек волуш вац со», - тIетуху Зеламхас.
Оцу дешнаша схьагойту вайн «къоман тхьамданийн» махках, къомах «дог лазар», къинхетам, Iалашонаш. Стенна лозур дара церан дегнаш, стенна бевр бара уьш шек, цара шайна хьалххе дIабаха меттигаш кечбинера, шайл хьалха кхечу пачхьалкхашкахь шайн доьзалш, гулдина ахча банкашка дIанисдеш. Уьш ца хуьулучу даьлча тIаьхьа бахчхьана бовлуш хилча. Зеламхица къаьстачу хенахь зорбанан цIийнера «йозанан вежарий», бехкала боьлху экс-президентана хьалха: «Вай дийцинарг хьайна ца тайнехь, новкъа ма далахь. Цхьа бакъдолчунна тIекхача гIерташ дара вай, - олу Кацаевс.
Зеламхас: - Джохара аьлла: «В споре истина не рождается, а умирает», - олий, жоп ло. Оцу жоьпехь, далийнарш Джохаран дешнаш делахь, Зеламхас шен оппоненташ хьошу. Цо бохуш санна хетало, шу бакъ дерг къасто гIерташ дац, шу къовсам баьккхина, бакъ дерг дийна дIадаккха гIерташ ду. Зеламхас бакъ шегахь бен дац, амма иза тIеэца шу лууш дац, шу бакъонна дуьхьал девлла ду бохуш хетало, Кацаевс дийцаран тIаьххьарчу могIанехь Зеламхина тIаьхьашха далийнарг, Зеламха кхаьрга аьлла дIавахана. Цундела, йалийча санна, хета суна лахара комментарий. «Куьйгалле кхаьчначу стагана моьтту ша динарг нийса ду, и мага деза, и дохо стаг вац. Нохчийн амалехь цхьа сакхт ду и а. Мухха делахь Iедална дицдала ца деза цхьа хIума: цхьаболу журналисташ эца йиш йелахь, йаздархочун бIаьрг шайна тIехь хилар. Хьекъал долчу нахана пайда эца хIума ду и. Исторехь йаздархочун къоламца буьсур болуш бу паччахьаш а». Бакъдерг даздеш, харцо шен дегара, йиш-вешера, доттагIашкара ца ловш, йемалъеш волу йаздархо, цо мел кIеззиг бен шел тIаьхьа произведенеш ца йитинехь, вехар ву, бакъо йеза адмаш дуьненчохь мел ду. Цундела бакъ ву Кацаев: «Зеламха сан хьаша вара, амма бакъдерг дезо ду суна», - цо йаздеш хилча.
20.11.2005 шо
Свидетельство о публикации №225081800640