Iелам накъосташна луцаш

1
Ислам-динан Iилманан шовданийн кортошка, шайн ийманан беркатахь йуьзна сурийлаш хIиттош, цаьрца муъмин нехан синхьогалла Iабо меттан говзалла, аьхналла а йелла, халкъалахь къахьега Дала къастийна хьадалчаш, дIаиэцийша соьгара салам-маршалла!
                2
Дала Шен цIеначу динан Iилманан бошмашкахь, шайн цIарах башх-башха синтарш кхиош, царна тIе латийначу стоьмашца адамийн ийман нисдан хе хIиттийна, бусалба вежарий, шуьга ду сан даггара салам-маршалла!
3
Бусалба дине болу безам, къоман нохчолла ца дайдеш, иза лардан хьуьнар, доьналла а кхаьчначу дайн тIаьхьенаш, вархIидайн оьзда гIиллакхаш сих, цIийх доьлла, Далла, Элчанна (I.с.с.), устазашна а муьтIахь долу, бусалба вежарий, ду шоьга сан мазалла мерза салам-маршалла!
                4
Ша чIогIа шуна везарна, Дала Шен динан кIоргенаш йовза, йаста а хьекъал, кхетам, собар а дела, эхартан зовкхаш лоьхучу нахана ийманан некъан къилба къастош, халкъ нисдан аьтту бина, сан бусалба вежарий, сан литтина деши санна долу, салам-маршалла ду шуьга!
5
Безачу мархин беттан бехкамаш шайн хьехамашкахь ларбар шаьш нахана ма-хьеххара, Дала мацаллица, хьогаллица, меттан, бIаьргийн, лергийн, ойланийн а цIеналлица ларлуш чекхдовла хьуьнар лойла вайна массарна кху беттан денош, сан хьомсара, бусалба вежарий!
6
Бусалба динан бакъонна тIехь халкъ нисдар доккхачу жоьпаллин болх бу вай Кхобуш-Кхиочу Далла гергахь. Оцу белхан некъахь нах нисбаран кхаж шуьга кховдийна Дала Карарчу хенахь.
Махьшаран майданахь Кхоьллинчо вай гулдинчу дийнахь, барт хаттам боцуш, декъаллойн тобанца гойла-кх вай цхьаьний эхартан охIланашна, лараме бусалба вежарий!
7
Дешел, детел а дезачу меха долу бусалба Iилманан дешнаш, жовхIарийн хазна шена чохь йолчу нохчийн матте гочдеш, аш холкъалахь даржочу ийман-оьздангаллин мах, оьзарза сов боккхуш, Дала Шен къинхетаман совгIатийн мулк йала кечбинчу къонахийн декъахь гIиттадойла шу, сан бусалба вежарий, цхьа а шеко йоцуш догIур долчу
Къематан-дийнахь!
                8
Делера диканех Iаьбна къаьсташ вац цхьа дуьненах, Iабаран кхачонан дац къастийна доза. Шун похIма Дала кхиадойла денна беркате стоьаш латош, сан хьомсара вежарий, вайн эхартан хIусам Шен диканех йуза. Хилийтийла вайн эхартан гуттаре Кхоьллинчо ирсе!
9
Дахарехь лиелачу диканна, вонна само йелла, нахе хазахетар кхачначохь, самукъа долуш, халахетар кхачначохь дегалазамца хьаьвза, дог к1еда масла1атан накъостий! Сингаттам баьллачу орцанца кхача, вон дицдеш, верасийн дог ир-кара хIотто, Дала кIеда мотт, аьхначу Iаьнарца дийца къамелан говзалла йелла, цахилча йиш йоцу бусалба вежарий, дIаэцийша, кху маьлхан Iуьйренца, соьгара маршаллица доза доцу баркалла!
10
Делан дин марздаран экамчу некъахь, там-товр шайна ца лоьхуш, кху беза-сийлахьчу баттахь, исламан Iилманца нехан дог-ойла дин дезаран марзонах йузуш, къахьегар шайна тIелаьцна, де йа буьйса тем боцуш токхуш, самонах догIмаш дуьзна, хIай бусалба вежарий, схьаиэцийша шайн гIийлачу, заьIапчу вешера довхачу бIаьрхих дуьзна салам-маршалла!
11
Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин, бусалба динан бехкамийн дозанаш чохь халкъ нисдан, шайн дахаран масаллийн гайтамашца собар, доьналла, мадаралла лардеш, дуьненах Iеха ца дала Дала шайна деллачу хьуьнарна йукъйихкина, хIай бусалба вежарий, шух воккхаверца шайга ас луш долу баркаллин салам-маршалла иэцийша, шай дессара, схьа!
12
Дала Мухьаммад-пайхамаран (I.с.с.) муъжизат дина, накхармозашка доккхуьйтуш долу дарбане моз санна, синошна дарба деш, адамийн дегнаш Iесачу хьардех дIацIандеш, ийманехь нислуш, тIеоьцийла наха аша шаьш тешаран барамехь ислам-динан серло чулоцуш йаздина жайнаш! Дала йуьхькIай лелийтила шу дуьненахь, эхартахь а, сан дагна гергара бусалба вежарий!
13
Шаьш зорбане дохучу жайнашна чу аша йохкучу синхаамийн алонан йовхоно, уьш доьшуш болчу мискачу нехан дегнаш чохь гIаттайойла Дела везаран цкъа а йовр йоцу цIе,– оцу цIеран сирлачу нуьро шу, шу дезаш берш, шуна безнарш а, Везачу Делан пурбанца Фирдаус йалсаманехь цхьаьнатохийла, сан хьомсара бусалба вежарий!
14
БIаьстенца дебаш гIаьттинчу гIа-бецо къагош, кхелина кху лаьттан Iалам санна, вайн Нана-Нохчийнчохь шун исбаьхьчу исламан жайнаша биначу тIеIаткъамо, нехан ийман тодеш, цIанйиначу ойланийн, гIиллакхийн, оьздангаллин барамехь йал, мулк, совгIаташ дойла шуна Дала, ткъа соьгара ду шуьга даггара баркаллин салам-маршалла!

                15
Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин беза, меха-
ла мухь дIакхехьа аьтту беш, зеразакъ хилла лаьтта вайн ненан мотт, дуьненан рицкъанаш тIетоьттучу кхин долчу къаьмнийн меттанийн меха хьо ца лоруш, лайн амалшка хьаьвзинчу декъазчу таьхьенех тешна бисина, кхачабелла дIа ма балийталаш, я аларан кеп нохчийн йолуш, оьрсийн чух дIаийна иэ ма балийталаш, хIай тIекхуьуш болу сан къоман, бусалба вежарий. ХIара сан тIаьххьара шайга деш долу весет дIаэца хьовсалаш, сан деган йовхонан верасаш!


                16
Йуха-йуха дечу хIумано – марздалар кхуллу, марзделларг деш дIакхехьаро – гучу йоккху амал. Ткъа денна чIагIлучу амало кхуллуш ду 1адат йа гIиллакх. Дала дика 1адаташ, гIиллакхаш кхоьллина, уьш тIаьхенна марздинчех дойла вай, сан ца хилча йиш йоцу йуххера бусалба вежарий!


Рецензии