Пьесаш ворхi ломан дай

Яралиев Юсупа «СтелаIад» № 4 1988 ш.
берийн журнал тIехь йаздинчу дийцарх
пайда оьцуш йазйина инспецинировка
Сценин тIехь меттигерчу хьелашка хьаьжжина нохчийн Iер-дахаран, лаьмнийн Iаламан, вай мехкан суртхIотторан г1ирсаш (атрибутика).
ДIахьошверг: - Лараме хьовсархой! Зуда йало дагахь цкъа мацах тохавеллачу жимстагах лаьцна шира дийцар ду вайн къоман. Оцу кIентан цIерачу къаноша цунна йезайеллачу йоьIан дена тIе геланча  вахийтина хилла захало дIахьиедайта:
- Ахь бохху там бийр бара. Дуьненан даьхнина кхоаделла Iийр дацара. Хьан йоI чIогIа йезайелла тхан кIантана, захалона дуьхьало ма йахьара ахь, аьлла.
Дуьхьала тамашена жоп деана хилла ваханчу геланчас:
- Эшахь томана хир и йа тIаьхьарчу тIаьхьенна Iадат хилла диса хир иза. Нагахь санна ша боху цхьа хIума шун кIантаца делахь, и хIума хилар шайна цуьнгахь гучу а далахь, ша реза ву, бах йоьIан дас захало дан!»
- Йан мукъана хIун йу-те иза, дакъаза ма йаларг? Муха хаа деза йоьIан дас дагалаьцнарг хIун ду? – хаьттина кIанта геланче.
- Лело хала йац, бах, иза, Iай, аьхка лело мегаш йу, боху, иза. Ширлуш йац, боху, иза, мел лелайарх а. Зудчо, стага, жимчо, воккхачо а лелош товш йу, бах. Чохь, арахь а лелайо а бах. ВорхI стигланий, ворхI латаний йуккъехь ворхI лам бу, бах. И ворхI лам баьккхина кIант шун велахь, оьшуш дац хIумма, оьшуш дац дуьненан рицкъа, оьшуш бац там бала, боху вокхстага шуьга. Ша дуьйцурш хIун лаьмнаш ду, уьш шайн доьзалхочуьнга дахаделла йа ца делла хIокху бустамашца хуур ду шуна аьлла, хIара тептар-кехат даийтина-кх вокхстага. И тептар-кехат аса шуна довзуьйтур ду-кх, лараме хьеший-хьовсархой:
(тептар, даржа дой, доьшу)
Хьалхара лам бу шуна, диканехь, вонехь вайна уллохь дIахоьттина хила беза лам;
2-гIа лам бу шуна, вай денна вовшашна накъосталла деш аьттонна кховдош болу лам;
3-гIа лам бу шуна, вовшен йеш йолчу тергонан, цхьана адмана куралла ца йойту лам;
4-гIа лам бу шуна, дуьненан, дахаран маьIна толлуш лам;
5-гIа лам бу шуна, сих ца веллачо боккхуш болу лам;
6-гIа лам бу шуна, хьалхара и пхи лам баьккхича, вайн дагна там беш болу лам;
7-гIа лам бу шуна, уггаре лекха лам – и хьалхара ялх лам вайга ваьшкахь сацош ларлахь, вайца гуттаренна буьсуш болу лам.
ХIинца вайн таро хир йу, оцу дийцарехь санна болу, вайн заманан ворхI ломан дай бовза, церан дахаре хьовса а.
Барамехь дакъалоцурш:

Оьзда – вокхстаг – 60 шо.
Бахам – Оьздин зуда – 50 шо.
Хьамзат – церан кIант – 20 шо.
Малика – Хьамзатан тIехьийза йоI – 18 шо.
Адам – Маликин да «чIогIа стаг» - 65 шо.
Хьава – Маликин нана – 55 шо.
Муса – захалонан геланча – 50 шо.
Iела – Хьамзатан доттагI – 22 шо.
Бакарш – молла – 40 шо.
Кегий нах, зудбераш а хийист хIуттучу гIуна гонах.

1-ра сурт.

Сцена дIайеллало. Сцени тIехь рагIу кIеллахь, лохачу маьнги тIехь суьлхьанаш карахь Iаш ву Оьзда. Хезаш хила йеза «Элчано йалхийна зама» назманан байташ (я тобано олуш хила йеза, йа магнитофон тIехь лекхалуш).
Оьзда: (ша–шега вист хуьлуш ву хезаш)  - «Ма хууш, гуш хилла-кх, Делан салам хиларна, вайн гIиллакх-оьздангалла денна оьшуш, гIеллуш дIагIур йуй зама. Амма хIора ша, шен доьзал ийманах, оьздангаллех дIа ца тилийта само йеш, ларлуш хила везаш–м ву, ша Далла дуьхьал ваххалц!
– Пурклор! Хезий хьуна, Пурклор!
Бахам: (рагIу кIелхьарчу йиллинчу неIарх ара…) – ХIун хилла хьуна, ва стаг?
Оьзда – ХIумма ца хилла суна-м. Цкъа ара къадаехьа и хьайн цубуург. ТIахъаьлла-м къона йолуш а йацара хьо!
Бахам: (неIарх ара къедий) – ВаллахIи, Iода кхоьссина бехчалг санна, хьо-м вара каде. ХIун дага деана хьуна хIинца?
Оьзда: – Э-э-э, зуда, цхьатерра хIумнаш вовшах тоха гIерташ, Дала аьчган мачаш йохийна, бах. Тамаша буй вайша сел цхьатера вовшахкхетарх?
Бахам: – (куьйгаш вовшах тухуш, йела луш) – Дера бац. Цкъа хьайна дагахь дерг схьадийцахьа дах ца деш, дукха йоккха чалх йу сан чохь меттах хьайина.
Оьзда: – Вайх Дала боккха къинхетам бина. Хастам бу Цунна, уггар а хьалха, вайша цхьаьна тохарна. ШолгIа, доьзалхочух вайшимма дог диллинчу хенахь, кIант Хьамзат, валарна. КхозлагIа, и кIант вайшинна муьтIахь, ийманчохь Цо нисварна. ХIинца Хьамзат ткъа шо а кхаьчна стаг ву. Цунна зуда йалон гIайгIа бан беза вайшимма, ваьшшиъ кхин къелдисале. Хьо халла лелаш йу, со вац хьалхалерчу хьолехь, гIорангахь, аьттехьа а. Тоьар ду синкъерамашкахула, хийисташкахула кхерсташ лелар. Ахь, Пурклор, и гIуллакх цуьнга дIахьахо деза аьлла, хеташ ву-кх со. ХIун аьлла йу хьо?
Бахам: – Ватта, стаг! Со-м иза хIинца аганахь волуш санна хеташ ма йу. И дуьненчу ваьллачул тIаьхьа кIира кхочуш, вай хьакъикъатана уьстагI бийна, мовлид доьшуьйтуш, хIайкал доккхуш санна, гулбеллачу дешначу наха цунна леранна цIе тиллина хан, селхана хиллачух, иза башха гена йаьлла ца хеташ, ма йу со-м.
Оьзда: – Дера иза генара хан хеташ-м со а вац хьуна, Пурклор. ХIетте. вайн Хьамзата хIинцале цIийнан дукъ дуьззина шена тIелаьцна. Шена, шен доьзална рицкъа лахалур долуш жимстаг ву иза. Шен пхийтта шо кхачарна сагIа доккхуш барам вай лелийчхьана, Хьамзата берийн уосала хIумнаш дитина, баккхийчеран йукъйихкина дIахIоьттина. Ламаз-марха лардо, Къуръан, мовлид деша Iамийна, дикане-воне воьду, дечу гIуллакхана мало йолуш вац, дечган пхьола дан, кибирчиг йотта говза ву. Кхин хIу оьшу хинволчу доьзалан дена? Амма уггар коьртаниг: къинхетаме, комаьрша, Далла а, вайшинна а муьтIахь а ву.
Бахам: – Дера сонта хIумнаш-м дац Хьамзатаца. Юьртахоша а хеставо: тIекаре дика йу, оьшшучохь гIо-накъосталла до, баккхийчеран некъ ца хадабо, церан къамелана йукъа ца гIерта, вогIу-воьдучуьнга дегI нисдеш ира хIуттий, вистхуьлу, кегийчеран дола до, царна бертахь ловза а, Iен а хьоьху бохуш, вуьйцу иза.
Оьзда: – Дала вочу бIаьргах ларвеш, ийманчохь лелавойла иза кхин дIа. ХIинца шех тера балхана тIиэра долуш, бартана кIеда, дикачу хIух долуш цхьа нускал нисделча цунна, вайшинан даларан бен сагатдойла йацар-кха, Пурклор.

2-гIа сурт.

Да, нана долчу рагIу кIел вогIу Хьамзат. Кхаьршинан къамел сацарна воьхна… соций, вистхуьлу.
Хьамзат: – Дада, мама! Ас новкъарло-м ца йи-техьа шуна? Сох къайлах хIумма-м дацар-теша шуьшиннан дуьйцуш? Йа соьгара цхьа ледарло, йа цатам ма-м ца баьлла-те шуна? Шун къамел айса дохийча санна, хетадели-кх суна.
Бахам: – ХIан-хIа, Хьамзат! И-м аьттехьа доцург дара. БIаьрг ма хиларг, хьо-м дика кIант вара, йуьртана везаш. Амма тхойшингара хьуна хуьлуш гIо дац-кх, дерриге а цIийнан дан дезарш хьан кочахь ду-кх. И дуьйцуш даллара тхойша-м!
Хьамзат: – Ой, вела вала со делаI! Уьш дуьйцуш шаьшинна сингаттам стенна латтабо аша? Шуьшиъ, Далла, нахана гуш, шаьшшинан декхарш кхочуш дина ма даьлла. Со могаш-маьрша кхиа вича, деша дешийтича, хьанал рицкъа лахар марздича, нехан во-диканан декъахь хилар тIелацийтича, шу стенна бехке ду кхин а? ХIинца со ву-кх декхарийлахь Далла, шуна хьалха. Дуьненахь вай цхьаьна йаккха йисина хенахь, суна луур ду, аша гIоза-декъала, бала-гIайгIа йоцуш, дог, бIаьрг доьлуш, синтеме хилла хан йаккха. Шу иштта хилийта сайн аьтто бар доьху-кх ас Деле доIнашкахь.
Оьзда: – Со тахана эвлан коьртехь Iаш волчу Къосин Бетин зуда йелла даьллачу тезета гIаш дIасавахар бахьанехь, чIогIа дегI гIопалла хилла ву. Цундела жимма чохь, дегIе садоIуьйтуш, паргIатволу со. Шуьшиъ луьйш-олуш Iе шаьшшина. (Оьзда чу воьду).

3-гIа сурт

Хьалхалера рагIун кIело. Хьамзат, Бахам ду цу кIеллахь.
Бахам: – КIант, тхойша хIинца къанделла. Тахана ду, кхана ду ца хаьа. Делахь а, тхаьшшинан бIаьрг хьоьжуш болуш, кху кертахь цхьа нус хиларе са-м туьйсу охашимма. Хьан дас иза хьоьга дIахьедар суна тIедиллина. Со-м тахана хьо жима хеташ, сайга хьо дуьненчу валарна зударша, гергарчара деш хилла ловцарш селхана лерехь хезча санна хеташ йара. Амма кхин дIа зуда ца йалош хьем бойла йац. Хьайн даго хаьржинарг, ала хIума доцчу цIентIера, бартана кIеда, гIуллакхана каде, эхь-ийман долу нускал даладе боху-кх, Хьамзат, хьан дас, асий. «Хазалла – сарралц, дикалла – валлалц», - аьлла вайн дайша. Дикалла йу хьуна, Хьамзат, адамехь коьртаниг, тахана дуьненахь, кханалерчу Къемат-дийнахь а йуьхькIай лелонверг.
Хьамзат: – «Йалсамане ненан когаш кIеллахь йу доьзалхочуьнан», - аьлла боху Iелам наха Делан Элчано (Делан салам, маршалла хуьлда цунна). Ден, ненан аьлларехь воцу доьзалхо кхерамехь ву. Шен доьзалхочунна вониг, зуламениг луур дац цхьана ийманехь долчу дений, нанний. Шуьшиннан лаам кхочуш бан гIоьртар ву-кх со тахана-тховса дуьйна. Оцу гIулкхана са ма гатделахь, мама. Хьан иэхь-бехк Дала лерийла, ас иштта аларна, бехк ма била суна. Вай-м хьаха йу тIехьийзаш оьзда йоI, Аьстамаран Адаман йоI, Малика.
Бахам: – Царна-м ала хIумма дац, йоI дика хилчахьана.
Хьамзат: – Со цунна тIехьийзачу шина шарахь суна хаа-м ца делла цунах лаьцна цхьа сакхте хIума, мама. Жимма са даьIна, малх суьйренгахьа ластийтина, Маликица дерг вай хийистехь къастор ду-кх хьуна! (Хьамзат чу воьду. Бахам, шен дисина гIуллакх дан, чу йоьду).
4-гIа сурт
ДIахьошверг: - ХIинца вай таро хир йу хийистехь, ЦIонтаройн гIу тIехь, къоначара дечу къамеле ладогIа, церан латтар ган.     (Сцени тIехь долу сурт):
ЦIонтаройн гIу тIе йеана Малика йу. Цунна тIехь баьццара кIаден йеха, когийн хьорканех хьакхалуш коч йу. Коьртахь сийна, стиглан басахь йовлакх, байн кIайн кIархаш, букъ тIехула гIеххьа охьайаьлла ши кIажар, дайн балдашна хьаькхна дилхан басахь басар, цIоцкъамашна дай хьаькхна туш. Хи оьцуш кхин масех йоI, йуьстахо лаьтташ кхо-виъ кIант а. ВогIуш гуш, гена воцуш, Хьамзат ву.
Хьамзат: – Суьйренаш, Iуьйренаш декъала хуьлда вайшиннан, Малика. Хьо-м сол хьалха схьакхаьчна ма хилла кху гIу тIе. Бехк ма биллалахь хьеваларна. ЦIийнда кхелхина, вен воцу кIант вайна, ша Iаш йолчу Кесийрина дечиг доккхуш хьевелира хьуна со. Къа ма ду иштта цхьалха, заьIаъп бисинчийн. Таро йелара и санначарна хIора дийнахь оьш-оьшшучунна тIехь гIо дан.
Малика: – Со йу хьуна, иштта декъаза дуьне дууш йолчу тхайн луларчу Жанатина хи дан йеана.
Хьамзат: – Делахь аса дукха хьейийр йац хьо, Малика. Бакъду, аса хьуна тахана тIедожош долчу хаттаро, аьча декхаро, вайшиннан кхин дIа долчу дахаран Iалашо къасто-м йезар йу. Вайшимма синкъераман некъ дIакхоьхьу ши шо хан йу. Дуьненан синкъерамна доцуш, тIаьхьалонна ахь дош делла, и дош лардеш схьайогIуш йу хьо. Дела реза хуьлда хьуна, Дала сийдойла хьан. Со-м хуьна реза волуш, сий деш схьавогIуш ву хIинццалц схьа. Цундела хьо йоцчунна тIехь кхин ойла, безам а сецна вац. Нагахь вайшиннан кхоллам цхьаьнакхета, Малика, хьо лууш йелахь, ахь суна хьо соьга йогIу хан билгалйеш, кара хIума ло хан тIекхаьчна аьлла, хеташ ву со. Мацца вайша цхьаьна даха дезар хьан ойланехь дижина хиллехь, иза тахана къаьстина дала деза.
Малика: – Со-м ахь дуьйцучунна цуьрриг дуьхьал йац, Хьамзат. Хьох сан бIаьрг буьзна со школехь доьшуш йолуш дуьйна. Ахь, цкъа а со ган, вистхила гIерташ, школе веана, цигарчу дешархошна, хьехархошна хьалха со йуьхьIаьржа ца хIоттийна. Йа цкъа новкъа йогIуш-йоьдуш тергалйина, къамеле вала гIерташ, нахала ца йаьккхина. Иштта хIумнаш кегийрхоша леладар чIогIа сонта, ца товш ду вайн къомана йукъахь.
Хьамзат: – Школехь доьшуш волуш йа хIинца а тамаш бина ца волура со доьшуче, балха тIе а зудаберашна тIехьовза, сакъера лелачу кIентех, цигахь дешарна, балхана йукъара  бевлла, цаьрга дагара дуьйцуш лаьттачу зудберех а. ЙоIана, кIантана довза, тIехьовза, синкъераман некъ лело а билгалйина меттигаш ма вайн къоман оьздангаллех ца вухуш: хийист, белхи, синкъерам, ловзар, чукхайкхар. Кхечу агIор лелош болу безаман некъаш вайн къоман гIиллакхаш дохош бу. Ледара, осала хIума ду зудбер новкъахула дIаса даха цадитар, цуьнга бегаш бо бохуш маьхьарий хьекхар, тIаьхьа шакарш йеттар, забар йо бохуш тIе машен хьийзайар а.
Малика: – Хийла йоI холча хIоттайо, иштта некъ тергалбеш йоьIарий шайн новкъа дIаса баха ца буьтуш, лела ца хуучу «шакарша», кIентий аьлчий. Царах уьдуш, уьш тIаьхьара бахархьама, хийла нехан керта эккха йезаш хуьлу жима зуда, йоI, холча хIуттий. ТIе лортIехь, оьзда мотт бийцар ма дац цхьаболчаьргахь. Шайн цIахь болчара иштта хецна хIунда буьту-техьа и кхардамаш?
Хьамзат: – Хьо бакъ лоь, Малика. Амма уьш нохчийн къоман гIиллакхаш тIехь кхиъна кегийрхой бац. Уьш видеокассетийн «суперменех», «крутойчарах» дерг даржо гIерташ бу нохчашлахь. Вайн къомехь ца товш, даржахь вай къомалара дохор долуш амалш йу царна марзлуш йерш. Уьш махке орца аьлла совцон дезаш хIумнаш ду. Амма сан хаттарна жоп ахь ца луш, дахделла вайшиннан къамел. Хьо соьга маре йаран хан, ара йолу меттиг а билгалйеш, ахь дош аларе сатесна ву-кх со, Малика.
Малика: – (ГIеххьа дегочу озаца) – Дала уггаре безачу балане лоцийла со, Хьамзат, хьуна йазйала гIерташ ас бахахь. Амма сан да Нохчолла боху хIума чIогIа долуш ву. Захало шена хууш, бусалба дино, вайн Iадато ма-дуьццу дезаш ву. Цундела цуьнга вайшиннан кхоллам цхьаьнатоха алий, цхьа стаг ваийтийша цунна тIе шайн цIийнах. Шен хIумнаш долуш, наха «чIогIа стаг» олуш, ву-кх иза. Иза оьгIаз гIур ву-кх, со сайн лаамехь арайалахь, хьоьга йогIуш. И реза а веш тасаделча вайн доьзалийн гергарло, вайшиннан дахар тIаьхьало шера йолуш, ирсе, беркате а хир дара-кх.
Хьамзат: – Йехийта бах-кх ахь, Малика, хьо хьайн дега сан нахе? (Кхе оьхьна цициг санна, йуха а гIоьрташ, оьккуьйту кIанта).
Малика: – Иза йехар ма дац, ва Хьамзат! Иза бертахь, вовшашна шина агIорхьара захалой реза а болуш, гергарло тасадалар ма ду. Йехар дара иза, со реза а йоцуш, бертаза со йига хьо гIерташ велхьара. Ахь и стаг тхоьга ца ваийтахь, йац са-м хьоьх йолийла. Амма, кIант цуьнан цIерчаьрга вехаран бакъо йоьIехь хилча, суна-м хетар дацара эхь, сайн нахе хьо хьайн дега сайна вехийта! (Хьамзате хьоьжуш дехарца).
Хьамзат: – Хазчу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина, - аьлла дайша. Хьан цIеначу, къоргачу безаман йовхоно баший сан кийра, ахь йехар хьахийча, биллина ша. Дика ду. Кханалерчу дийнахь кхочур ву шуьга тхан цIийнан геланча. ДIайоло хIинца. Дала моллас мах бечохь цхьаьнатохийла вайша.
Малика: – (Даггара) Амин! Дала цхьаьна моз доуьйтуьйла вайга! (Хьамзат, Маликий дIасадоьду).
5-гIа сурт
ДIахьошверг: хIинца вай Маликин кертахь, Адаман а (Маликин ден) ОьздагIара захалонна ваийтинчу геланчин а къамеле ладогIа таро хир йу!
Маликера хIусам. Кертахь цхьаъ деш хьийзаш ву Адам. ХIусам чохь йуучунна йетталуш йу Хьава. Схьакхочу Муса, Оьздера геланча.
Муса: – Ассаламу Iалайкум. ХIун деш ду, муха дохку, могаш дуй, Адам?
Адам – Ва Iалайкум ассаламу. Делан къинхетам бахьанехь дика Iаш ду. Шу муха дохку, ва Муса. Хатта безарш берриш могаш буй? (Вовшашка куьг ло).
Муса: – Далла бу хастам, могаш, маьрша бу таханлерчу дийнахь.
Адам: – Зуда, сихха вайна кхача вовшахтоха хьажа, ас чIогIа лоруш волу йуьртахо ву вайга веанарг. Маса лелалахь, тхойша луьйш-олуш воллушехь, кхача хьалха била хьажал тхуна!
Муса: – Адам, кхача вовшвхбеттийта ца оьшу. Хьава, йуург вовшахйоьттуьйтуш Iийр вац со. Хьо хьайн гIуллакхашна паргIат хила. Адаме айса беана некъ бийцина, дIагIур ву со.
6-гIа сурт.
Хьава чу йоьду. Адам, Мусай шаьшшиъ вуьсу. РагIу кIел Маликас гIенташ дохьий, охьахуу хIара шиъ.
Муса: – Адам, геннара хIума хьийзош дийца къамелана со говза вац, цундела айса арабаьккхина некъ, айса ма-барра, дIабуьйцур бу хьоьга. Бокин Оьздас, шен кIантана, Хьамзатана, (и бен цуьнан ван а вац) хьан йоI, Малика, шайна йезаш хилар хьоьга дIахьадайта, оцу захалонна хьо реза ву, вац къасто ваийтина со. Оцу кIантана, цуьнан дена, нанна ала хIумма дац вониг, диканиг бен. Хьан доьзална дац ала вониг. ЙоIана, кIантана вовшен девзаш, дезаш ду. Там-механа кхоабелла Iийр болуш бац уьш. Хьан йоIана, Маликина, хьо реза волуш, и захало хила лаарна, ваийтина-кх со Оьздас. Адам, хьалха Делан, шолгIа хьан а карахь ду-кх оцу кегийчийн ирс, кхоллам а.
Адам: – Дуьнен чохь дехачу адамна оьшуш ду даьхни. Амма иза коьрта дац. Рицкъа Дала ша дуьненчу даьхначу синошна латтош ду, цара жимма бахьанаш лелийчхьана. ТIаккха даьхнел коьрта хIоранна оьшуш цхьа хIума ду. И хIума оцу Оьздин кIентан делахь, цуьнан даьхни, кхин хIумма ца оьшу.
Муса; – Ва Адам, йан мукъана хIун йу-те иза? ХIун хила йеза Оьздин кIентан?
Адам: – Иза Оьздин кIанта ша къасто дезар ду. Вайн къоман шира дийцарна тIе а доьгIна, аса деллачу бустамашца. Сайн йоI бахьанехь сайца гергарло хьедечарна аьлла, ас кечдина ду, и бустамаш тIехь а долуш, цхьа тептар. Зуда, хезий хьуна? Схьадал, Къуръан тIехь долчу терхи тIера хьарчийна, топ йина долу, цхьа кехат.
Хьава: – (кехат карахь чуьра арайолу) – ХIара дуй и тоьпан тептар, тIехула йихкина баьццарчу дарин аса а йолуш?
Адам: – Да, ду хьуна. (Зудчуьнгара кехат схьа а оьцуш) Эшахь, томанна хир иза йа тIаьхьенашна иэсана хир ду и, доккха, деза хIума. И шегахь хила йезаш йолу хIума Оьздин кIанта ша къасто йеза, хIара тептар даьстича. Ас йуьйцуш йолу хIума лело йеэза йа хала йац. Iай, аьхка лелон мегаш йу. Ширлуш йа кIордош йац, мел лелайарх тишлуш йац. Зудчо, стага, жимчо, воккхачо лелош Iаламат товш хIума йу.
Муса: – Адам, хьо соьга чолхе хIетал-метал дахьийта гIерташ-м вац Оьздин кIанте тидийта?
Адам: – Хьайна лаахь хIетал-метал ала цунах, Муса, лаахь шарада, крассворд, «Поле чудес» ала, кху заманан мода муха йу ца хаьа суна. ВорхI латтаний, ворхI стигланий,  йуккъехь ворхI лам бу, баьхна вайн дайша. И ворхI лам кху лаьттан букъ тIехь вехаш-Iаш, баккха безаш бу хIораммо а. И ворхI лам, баьккхинчу кIанте там-товр ца хьехош, дIалур йолуш ву-кх, Муса, со и сайн йоI. И лаьмнаш хIокху тептаран бустамашца къастаде ала сан нуц хила лууш волчуьнга.
Тептар Мусага дIало. Тептаран чулацам вай йуьххьехь далийначу ширачу дийцарехь гайтина.
Муса тептар схьаоьций, Адаман куьг лоцуш, Iодика а йой, дIавоьду.

7-гIа сурт

ДIахьошверг: хIинца йуха ОьздагIера керта доьрзу вай, захалонан геланчас, хIун деана, цо деанарг Хьамзата муха туьду хьовса.
Оьздин хIусам. Кертахь дечиг доккхуш воллу Хьамзат. Схьакхочу Муса.
Муса: – ХIара тептар даийти-кх, Хьамзат, хьан хилавезачу стундас. Хьоьга цу тIехь болчу бустамашца тида боху и тептар. Тидамаш чекхбевлча, нислуш долчу дашо, маьIна луш долу хIума хьоьца делахь, ша реза ву боху цо гергарло тасадалийта, захало кхочуш дан. И хIума лело хала йац боху цо. Iай, аьхка лело мегаш, лелаяйарх ширлуш йа кIордош йоцуш, зударшкахь, стегаршкахь, кегийрхошкахь, баккхийчаьргахь  товш, чохь, арахь лелайарх сов йолуш йа тишлуш йац боху.
Хьамзат тептар дIадостий, даржадой, деша хIутту.
Хьамзат: – ХIара-м хала хир дац вайна тида, Муса. Кху тептаро боху:
Диканехь-вонехь улло боккху тешаме хьалхара лам муьлха бу?
Иза – доттагIа ву! (хьалхара лам)
Адамаша, вовшен аьттонна деш дерг гойту шолгIа лам муьлха бу?
Иза – дика ду, адамаша вовшашна деш долу. ХIинца ахьа суна динчух тера! (шолгIа лам)
Адамаша вовшашна йеш йолчу тергонан лам муьлха бу?
Иза – ларам бу, адамаш шел лахара хеташ, куралла ца лелайайта! (кхолагIа лам)
Дуьненан маьIна толлуш довзуьйтург хIун лам бу?
Иза – хьекъал (боьалгIа лам) – хIорангахь ца хилча йиш йоцуш!
Сих ца веллачо боккхуш болу лам?
Иза – собар ду (пхоьалагIа лам) – даима стагехь хила дезаш ду собар!
И хьалха бийцина пхи лам баьккхича, адаман дагчохь кхоллалуш болу лам муьлха бу?
Иза – даг чу буссуш болу кхаъ бу (йолхалгIа лам). – Дала, и хьалхара 5-лам боккхуьйтуш, боссабойла иза вайн дегнаш чу!
И ялх лам вовшахтухуш адамехь гуттаренна гуллуш, бохь боккхуш берг хIун лам бу?
Иза – вайн нохчийн къоман гIиллакх ду (ворхIалгIа лам), – нохчийн оьздангаллин Аьрда богIам!
Иштта туьду-кх, Муса, вайшимма хIокху тептаран къайле.
Муса: – Ахь динчу тидаршца Адама ша гергарло лело, захало дан кийча ву боху-кх, вайн къоман гIиллакх-оьздангалла шеца долуш, и лардеш, лелош волчу къонахчуьнца, цуьнан нахаца! Адам хила хилла чIогIа нохчо, къонаха нохчо!
Хьамзат: – Дела реза хуьлда сан дена, нанна, Муса хьуна, сан хинволчу стундена Адамна. ХIуъа хилла латтарх, мел хала зама, мур дахарехь тIехIоттарх, мел къиза шаьш дуьненан харцонаша хьийзадарх, дуьненан даьхнех, даржех ца Iехалуш, вайн къоман гIиллакх-оьздангаллин лаьмнаш лардеш схьадахкарна. Вайн эвлийваш, Iелам нах, шу саннарш къарбеллехьара нохчийн къам тоххарехь даьржина, дайна дIадаьлла хир дара кху дуьненчуьра. ХIинца рагI тхоьгахь, тIекхиъначаьргахь йу, и деза, сийлахь дукъ шуьгара схьаэцна, лардеш дIадахьа, тIаьхьенашка дIакховдо а.
- Нохчий хилла диса хьовсий вай, хIай, тIекхуьу къона заманхой! Ма хадий вай Дала ваьшна деллачу башхачу гIиллакх-оьздангаллех, бусалба динах, денна бицлуш лаьттачу исбаьхьчу ненан маттах, соьмана тIаьхьа а хьаьлхина духкучу нохчоллех а!
Дала аьтто бойла вайн къоман барт чIагIбан, вешан меттан сий айдан, оьздангаллин тIорказ, нохчоллин вад а дийна латто, гонахарчу къаьмнашца низамехь, барт болуш, ирс дебош цхьаьна даха. ХIинца, дIо схьавогIуш гуш волчу, сан доттагIчуьнга, Iелега, шен пайтон – «Волга» дIайожийтина, Муса, шу нускал схьадало даха дезар ду. Иза, хир ма ду, буйна доьллинчу хьозанан санна, дог схьаэккха доллуш, кийрахь вата йетташ, вай хIун нисделла ца хууш, сингаттамехь!
Же, ма Iелаш, Iела! Хаийта Нохчийчуьра оьзда къонахий цкъа а кхачор боций! Дала некъ нисбойла шун!
(Хьамзат гучура дIаволу).
Iела: – Тхуна са ма гатде! Кхаа дийнахь, кхаа бусий той лаьттар ду кху кертахь! Схьагулбе лулахой! ДIатоха тIараш, дIалакха пондар, йекайе вота, хелхаран бал боккхуш девр ду вай новкъа!
Хелхар до гулбеллачу кегийрхоша (2-3 хелха волуш).
Арадолу Оьздий, Бахаммий:
Бахам:- Вай мила цIа кхаьчна балл боккхуш ду, ва Муса, ва Iела?!
Iела: - Хьамзатана нускал далош ду-кх, Бахам! Ахь цIийнан урх ца къийсахь, хьуна накъост, муьтIахь доьзалхо хир ву цунах. Амма хьуна мукъ хьайн карара малбан ца лаахь, къайлах довхо кечво-кх ахь хьайна. «Йаьхна йаьлларг, йахайогIург йаха йитлахь!» Олуш хилла-кх вайн къаноша.
Бахам: - Бакъ бах, бакъ бах! (Нускал дало боьлхучарна тIаьхьа дама тосу).
Оьзда: - ХIей доьлхурш, собар! ХIара Бакарш витий ма гIо, молла оьшур ма ву шуна цигахь! (Бакарш-молла дIакхета дIабоьлхучарах).
Кирхьа дIакъовлу.
ДIахьошверг: - Дала гIиллакх-оьздангаллех ма дахийтийла вай доьзалехь, лулахошца, урам-новкъахь, балхахь, доьшучу меттехь, муьлххачу цхьаьнакхетарехь а. Дала вовшийн ларам беш, цкъа барт ца бухуш, маьрша дахар лойла вайна, тахана санна диканехь вовшах деттадалийтийла вай, кхин цкъа а вон ца гуш.


Рецензии