Йамартло шех йоьду
кхетар газанна,
хи чуьра чIерашна,
дехьарчу пхийттанна.»
Нохчийн къоман кицанан бух тIехь
кхоьллина сценарий.
Дакъалоцурш:
Алван – дохнан да, 50-шо.
Лаьшкарха – Алванан зуда, 35 шо.
Була – къен, миска вацархо (белхало), 40 шо.
Шамсудди – Iеламстаг, 50 шо.
Йуьртара жимстаг- 17-18 шо.
Iадсалам (Алванан верас)-70 шо.
Базарара цхьацца нах.
14-та мангалхо (Алвана шен даьхнина докъар кечдойтуш, мехах лаьцна белхалой.)
Терк – хица йолчу эвлана арахьа, 2-3 чаккхарма йистехь, Алванан жоьлла.
Жоьллина бIе метар йуьстах даккхий цIенош, йоккха меттиг чулаьцна керт – ков долуш.
Гуьйре. Базаран дийнан кхоьлина Iуьйре. Кел арахь, гоьзанах тесна лаьтта, дошлойн нуьйр тиллина буора дин, наггахь кIедачу лаьттах берг тухуш, терса терсаш.
Хьалхара сурт.
Аьрзунан зIок санна, хьаьвзинчу мерана тIехула луьста девллачу цIоцкъамашна тIета11ина, коьрта тиллина холхазан лекха куй, карахь, ногIийн пхьераша йуцуш йинчу шедан, стов дечиган шедакхаж буйнахь къуьйлуш, йехачу гIовталан тIемаш, йукъах дихкинчу кхеланан доьхкарх тосуш, кIеда маьхьсеш тIехула йуьйхина кало чохь болу аьрру ког нуьйран луьйтана чутесна, пхийттара ваьлла жимха санна, некъе сатесна сацам байначу динна тIехиира Алван.
Алван: - Зуда, вайна йолах цхьана шарна белхало лацалой хьажа воллу со, оцу базархула волавелла. Схьахетарехь, пхеа бежанна тIера цхьа эса, ткъа уьстагIанна тIера цхьа Iахар луш, балхана тоьхна хан чекхйаьлча, цу ханна шена даа-мала латтийча, вайна балха ван милла кийча хила веза-кх. ХIан, зуда?
Лаьшкарха: -Дера , къонах, хьо дукха комаьрша ваьлча санна ма хета суна-м! Даа, мала, тIедуха латтош, тIе оццул даьхни ахь сайна луш хилча, со хIуттур ма йара хьуна и даьхни Iалаш дан йолах. Хьо-м цуьнга шарахь хьаьвзина пхи-йалхь эсий, шовзткъей итт сов Iахарий дIадигийта ма воллу. Хьо иэгIош-м вац теша, ва къонах?
Алван: - Зуда! Йовхехь, шелехь, йочанехь, йоькханехь, дийнахь, буса даьхнина Iуналла дан атта дац, хьуна шо кIезиг зама хетахь, оцу муьрехь хьакхало цамгар йа сиркхолла, ледарло йолу, йа маса хIума хийцало. Белхан захало ма ду, нускал далош дуьйцу захало санна, кIеда, мерза, дашо гIаланаш тIейоьлхур йу моттуьйтуш, ваца хIуттуш волчуьнан коьртачу сутара чхьаьвриг хоьцуш, дийца дезаш. – Вахь –хьа –хьа – хьахI,- олий, шен говран, йехк хьаькхна шарйиначу кхесах, аьтту куьг хьокху Алвана, нуьйра чохь хьалхахьа таьIаш.
Лаьшкарха: - Къонах, айхьа хIума дале соьца дагаволуш Iедал долуш вац хьо. Со ма йу вай бахаман цхьа гIортор. Ас, сайн аьлларе ладугIуш хилча, эцца, шайна дийнахь болх бича, сарахь чагIаран стака дуттуш, йуучух болх беш лелаш болчу эвлара Муштарх, Хуштарх терниг валавойтур вар-кх, оццул даьхни лур ду аьлла, ца вевзаш волу нехан стаг тIелоцу чул.
Алван: - Зуда! Ахь буьйцуш болчу Муштархеран, Хуштархеран, уьш шаьш къаьркъанан кедаш белахь, деналла долуш шайн цIийнан нах бу. Уьш бацийна бохуш йуьртан бага тесна, церан нахаца-м ца эгIавора ахьа со. Кхин хьоьца къуьйсуш, хьо кхето гIерташ Iан йишйац сан. Кхин тIе шелйалале цхьа Iу ца каравахь вер вац жоьллехь Iа, йуха гурралц мукъна. (Шен дин, урх малйой, болаболуьйту Алвана.)
Лаьшкарха: - Йуха боху аса хьоьга, луш йолчу йолана дукха комаьрша ма вийлалахь, «охуш аьлларг – оруш карийна» аьлла хьуна вай дайша. Цул сов, йууучунна дукха чухьаьдда хир ву аьлла хеташ верг ма валавелахь. Цхьа ваха меттиг боцуш, Iа даккха шена цхьа кIаже йелчхьана, тоьа долу пекъар-м гуттар дика хир ву хьуна. (Хьасталуш, дехарца къежа зуда, воьдушшехь вухахаьжначу майрачунна
тIаьхьа йолуш.)
Алван: - ВаллахIи, биллахIи, сан ПисатIуьйлиг, (зуда хьостуш олуш дара и дешнаш Алвана), со-м, оцу вайна валочу белхалочунна, буьззина лоьрийн таллам бан безаш ма ву, ахь дийцарехь, цуьнца лаххара цхьа кIира хан йоккхуш. ХIокху доккхачу дуьненан муьлххачу маь11е йигна хьо охьайиллича, йуха суна нислур йар-кха хьо хьайн писаллица, сутараллица. Цундела аьлла хир ду-кх хьекъалечара: «Цхьатера адмаш вовшахтоха гIерташ, Дала аьчкан мачаш йохийна» Хьан хьехам дагахь латтор бу ас. ХIан, со вахара. - Но-а-а, -сан буора Буракъ, базара доьду вайша.
(Говр некъа йоккху Алвана.)
Лаьшкарха: - Некъ дика хуьлда шуьшинан. (ДIавоьдучу майрчунна тIаьхьа дама ластадо зудчо.)
ШолгIа сурт.
Адмаш сийсош дIахIоьттина йоккха базаран майда. Шайн – шайн магIаршкахь охьаIанийна духкуш ду, дахарехь мел оьшу хIума: тайп-тайпана баккхалш, рицкъанан сурсаташ, массо кепара гIирсаш, даьхни, докъарш, дагочу дечиган бист кхаччалц – дахарехь оьшуш мел дерг ду-кх кхузахь.
Йохка – эцаран гIовгIа йу кху майданан массо маь11ехь: мехаш кхайкхош, къуьйсуш тIеттIа детта куьйгаш, дуу дуйнаш, жерошка йеш йолу забарш,
бегаш, деларш, йайна-галйевла хIумнаш кхайкхош хаамаш бар, цхьана мисканан ворданна буьххье буьйлуш.
Цхьаммо (мохь бетташ олу): - ШолгIа кIира ду сан дуьхьарг – гомаш беже лаьллинчуьра цIа йанза. Аьтту маIа хадийна билгало йу шуна цуьнан. Иза хаайеллачо хаам бахьара Девлатгирин-Эвларчу Махьсолте, цо цхьа там ца беш вуьтур вацара шена кхаъ баьккхинарг!
Кхечо (хаам кхайкхабо): - Итт- цхьайтта де ду сан кхаа шарчохь йолу гомаш- бугIа тилайелла цхьанхьашхула цIа йанза лела. Тхох цхьа цIахь воцуш, кочара зIе хадош, хецайелла йахана иза, Теркаца долчу эрзашлахь къайла йолуш. Шайна, кочахь зIе йолуш, и гомаш- бугIа хаалахь хабар тохийша Баммат-Юьртарчу Таьштамаран Болате. Оцу хьйбанах шена хаам беанчунна дашо сом кхайкхадо-кх цо.
КхолагIчо (забар йеш): – ЛадогIалаш, хIай нах! ХIокху гомашнаш кхайкхочу наха суна хIинццехь совгIаташ схьадала деза, шаьш кхаъ баьккхинчунна дийр ду аьлла кхайкхийнарш. Ас хIинццехь кхаьрга дIахоуьйту: Баммат-Юьртахочун гомаш-бугIина, цIа ца доьрзуш, ша Iоьхуш лелачу Довлетгирин-Юьртахочун дуьхьарган аз хезна. Дуьхьарго дохучу орцане ца кхаьчча шена эхь долун дела, Баммат-Юьртахочун гомаш-бугIа, шен кочара зIе хадош, дуьхьаргана орцах йаханчохь акхайаьлла. И ши хьайба карор ду хIокху шимма – цхьаммо малхбузу агIорхьа, вукхо малхбале агIорхьа оцу Теркан оьрзах цIе йиллахь. Оцу орзалахь мел зовкх хьоьгуш йелахь, цIергахь ца Iаш, и шиъ шайн-шайн цIа йоьрзур йу. Ткъа хIара шиъ, шаьшшимма кхайкхина кхаъ суна схьа луш, шаьшшинан дешан да хила веза.
Базар йелало. Ворданна тIе хьалаволу Алван.
Алван: - ХIа- хIа, нах! ЛадогIал цкъа соьга! Суна йолах сайн уьстагIий, кхин долу даьхни а Iалашдан белхало веза. Балха вогIург резаволччу агIор цуьнца барт бийр бу: лаахь мехаца, лаахь ватт даларца йа даьхни далар къасторца. Ишттачу балхана реза верг тахана кху базарахь уьстагIий духкучу метте вола, тIетиллина салтийн нуьйр тIехь йолчу буора динан дена Алванна тIе. Тахана чул тIаьхьа вогIург БоргIанерчу, Терках дехьа- сехьа волучу, бурамна арру агIорчу жоьлле вола. Сан даьхнина Iуналла дан веанарг дахко вер вац. (Кузза дIакхайкхира Алвана шен хаам.)
Ворданан да:- Тоьар ду махкахой! Кху сан ворданахь кхайкхамийн олуна йина девли шу-м! Тоьар ду, цхьажимма сан сту бита бажа кховда, кху ворданан буьххьера аша беттачу маьхьарша Iадабина Iаш болу. Кхин цхьа ма валалаш ворданан буьххье.
Маьхьарий: - ХIокху базаран йал лахьош болчара цхьа чардакх дуогIа деза базаран майдана йуккъе, олуна йеш, кхайкхамна хьала мел волучуьнгара мах боккхуш.
–Ванах, жуьгтех хIу ийна-м вац теша, царах хьаса бозуш-м ирх-лурх вара иза, иштта чардакхах са йаккха кху базарахь дагадарна! (Кхечанхьара мохь хеза).
КхолагIа сурт.
Алван уьстагIий духкучу майданахь лаьтташ ву, шен салтийн нуьйр тиллина буора динна тIетевжина. ТIевогIу кхунна вуткъа, гIаргIа санна веха, вуно лекхачу дегIахь стаг.
Буола: - Ассаламу Iалайкум, БоргIанера Алван. Сан цIе Буола йу, тайпана тоьртхо ву со. Хьо варий даьхни Iалаш дан белхало везаш верг?
Алван: - Ва Iалайкум ассалам, со вар-кх белхало везаш. (Корта аркъал саттийна, тIевеанчун йуьхьдуьхьал хьажа дагахь, стигала хьала шен ши бIаьрг буьйгIийра Алвана.)
Хьо – м вац и болх тIелаца ойла йолуш верг?
Буола: - Дера ву-кх, айса чул дика беа кога тIехь лелаш йолу хIума цхьаьнгге лелайойтур йоцуш-м.
Алван:- Вай! Ткъа мичахь кхиъна хьо сел чIогIа и болх караберзо Бо- Бу- Ба..
Буола:- Сан цIе Бола йа Бала йац. Сан цIе Буола йу. Суна сайн да, нана дага ца догIу. Уьш со жима волуш Iаьржачу уьнах белла. Сан гергарниш оццу уьнах белла кхачабелла. Со жимчохь дуьйна нехан даьхница хьалакхиъна ву, хьоладайн даьхнеш лелочу нохчийн, суьйлийн, гIумкийн, ногIийн, Iаьндийн Iуйша дола деш. Цундела даьхница долу хIума, суна цхьаммо хьеха ца оьшуш, со Iемина ву. Вайша луш йолчу белхан йола тIехь тайчхьана. Бакъду, сайн жимма даьхнех тасавелла аьтто хилча, сайна хIусам, хIусамнана нисйеш, цхьанхьа доьзалх тасавелла ваха охьахаа дагах-м вара со. Мел хан тоьхна белхало веза хьуна? ХIун мах билла дагахь ву хьо, Алван, оцу ханна? (Лакхара охьавогIавелира иза)
Алван: - Буола йу бахарий ахь хьайн цIе? Делахь дика ладогIалахь, Буола. Хьо хилахь хьуна, кхин хилахь кхечунна сан даьхница болх беш сецначунна даа, мала, чохь Iан меттиг, мотт-гIайбий, шарахь Iуналла дарна: хIора итт бежанна тIера цхьацца эсий, хIора ткъа уьстагIна тIера цхьацца Iахар а хоржуьйтур ду оцу даьхнина йукъара. ХIан-хIа, ахча деза бахахь, базаран меха и эсий, и Iахарий ас ахча луш, цуьнгара йуха схьаоцур ду-кха.
Ишттачу бартана хьо реза велахь вайша кхузаран сан жоьлле дIагIур ву-кх.
Буола: - Со реза ву ахьа хIоттийначу механа, амма и барт моллега цхьана кехат тIе дIайазбайта беза вайшимма тахханехь. ДIайаздинарг довш дац, бах бахарех теш хилац.
Алван: (Шен дагахь: тахана санна некъ нисбелла бац сан цкъа а. Гергара нах боцуш Буола хилар, иза даьхнех дерг хууш хилар, кхин мах, Iеран хал къуьйсуш цахилар – иза шадерриг кхунна товш дара, ткъа Лашкархас хьехийна йуучуьнца долу хьал кхуьнга хьехадан бегIийла дац. Мел дукха йиъчий, шимма йуург бен хир йуй иза. (Эццехь, шена вевзачу гIумкех волчу, дешначу стагах бIаьрг кхетий, шен ойланех йукъахволуш цо мохьтуху):
- Ва Шамсудди, жимма собар делахь, хьоьца цхьакIеззиг гIуллакх дара сан!
Буола, Алван а сецначу Шамсуддина тIевоьду.
Алван: - Ассаламу Iалайкум Шамсудди – молла!
Шамсудди: - Ва Iалайкум ассаламу, Алван! ХIун хьал ду шуьгахь, хьо лаа лелий базархула?
Алван: - Могаш, паргIат ду. Шу дуй зен, гIайгIа, бала доцуш Iаш?
Шамсудди: - Делан къинхетам боккха хиларна дика Iаш ду тахана. ХIун гIуллакх дара теша хьан, ва Алван? Дерриге Iад дитна хьан гIулкхана кийча ву-кх со!
Алван: - Дела реза хуьлда хьуна, Шамсудди-молла! ХIара стаг сан даьхни Iалаш дан балха хIуттуш вара. Тхойшинан белхан хьелаш тIехь, йукъа биллинчу меха тIехь хилла барт бара-кх цхьана кехат тIе дIайазбан безаш. И гIуллакх далур дарий вайга хIинццехь кхузахь.
Шамсудди: - Иза бен кхин хIумма дуй?
Алван: - Дера дац-кх.
Шамсудди: - Дуьло хIета, жимма кху нахана йукъара йуьстах довлий вай. Соьгахь шуна оьшуш болу гIирсаш: кехат, шекъанан къолам болуш бу.
(Уьш кхоъ йуьстахволу). Оьшуш долу кехат йаздой, кхаьршинна хозуьйтуш доьший, шайн – шайн
цIерашна дуьхьалахь кхаьршинга кьйгаш таIадойтий, кхера бартан теш ша йазвой, Шамсуддис цхьацца кехат Алване, Буоле дIало.
- Дала тIаьхье беркате йойла аша шиммо тIелаьцначу белхан. Алван, шун кхин гIуллакх дацахь, со жимма волавала воллу кху барзархула. Эца йезаш цхьацца кегамерса хIума йара сан.
Алван:- Дела реза хуьлда хьуна, Шамсудди, доккха гIуллакх ди ахьа. Дала могашалла луш, Iалашвойла хьо. Марша гIойла! (Куьг лоцуш, мар-мара кхета ший, Алвана Шамсуддин кисана шен аьрру куьйгаца ахча таIош.)
Шамсудди:- Иза-м ца динехь дацара хьуна хIумма, Алван.
Алван:- (Лере таьIаш Шамсуддина) Иза-м доккха хIума дацара. СагIа хир ду, сагIа. Дала диканехь гайтила вай йухагуш а. Марша гIойла.
Шамсудди:- Марша лелийла, Дала аьтту бойла! (Уьш дIасакъаьста. Алван Буолица шен цIавоьрзу, Шамсудди базарна юйукъавоьду)
Пхоьлага сурт.
Буолас Алванан, Лаьшкархин ала хIума доцуш, шарахь шаьш барт ма-барра, ткъа бежанан, пхи бIе уьстагIан доладо, цхьа хамталла йоцуш.
Ши эсий, ткъе пхиъ Iахар Буолина дIадала деза хан герга мел кхочу, сих-сиха Алванца девне йолура Лаьшкарха. Шен доьзал, гергара нах, керт – ков доцуш, йуучух хене волуш леллачу Буолега оццул даьхни дIа муха дуьгуьйтур ду, динна шарахь даа-мала, тIедуха латтош кхаба кхаьбна?
Лаьшкарха: - Къонах, и ши старгIа, ткъе пхиъ Iахар йолана белла, Буола вахахао воллу хьо? Вайга кхачале бинчу белхашкахь-м ца гулделла цуьнан оццул даьхни. Вайна ца хии иза вадийта бахьана хIотто. Ахь йухауьйзуш ца хиллехь, ас тоххара йа бIаьстенан йуьххьехь, йа аьхкентIехь, ца хуьлча даьча, сайга дагара хаийтина аьлла, цIе кхоьллина а, нахал воккхуш, эккхийна хир ма вара иза. Хьох ийзалуш Iий-кха.
Алван: - Дика Iийна. ХIинца Iен йезар йу. Буолас бинчу балхана ала цхьа вониг дац. Иза цIенна, хьанал къахьоьгуш чекхваьлла. Цо йаьккхина йал дIалур йу. Со цхьана – шина денна Теркал деха вайна докъар кечдеш болчу мангалхоша хIун дина хаа, церан болх дIа муха боьду, хьажа воьду. Цхьана тайпана гIир-мир доцуш, Буола шен болх бан витлахь. ВаллахIи, биллахIи, таллахIи хьан цуьнца дов даьлла суна тусалахь, хьо, бишканах йаьккхина, йитарал хьалха хIумма дийр ма дац аса. IадIелахь, ма ваккхалахь со карзах!
Лаьшкарха: - Ва къонах, хьуна-м со чемхалган меха ма ца хета оцу Буолина гергахь. Со-м хьан даьхни лардан гIертара, оцу кхекхорана лучул, иза цIерга тасар гIолехь хир долун дера. Ас хьо цIа валлалц, кхин йист ца хуьлуш, шен хеннахь кача луш, кхобар ву-кх хьан Буола. Ас и дича реза хир вуй хьо суна?
Алван: - ХIинца айхьа ма – аллара хьо лелахь, реза хиллий ву-кх. Ши де даьлча со цIа вогIур ву, цул тIаьхьа шен даьхница вай Була маьрша вуьтур ву шена луъург дан. (Алван, Теркал дехьавала бурам долчу дIаволало.)
ЯлхалгIа сурт.
Теркаца шера аренгахь дина лаьтта докъаран литтанаш, хьаькхначу бецан кесарш, серийн дуткъий гIуркхех йина, тIехула алаца дIакъевлина, йоккха бун, оцу буьна хьалха шайн мангалш тусуш воллу вейтта стаг, мангалхой. Белхалошна тIевогIу Алван.
Алван: - Ассаламу Iалайкум, де дика хуьда, шун ка долийла кху балха тIехь. Дала беркате хуьлийтила вайна шинхьарчарна аша хьоьгуш долу къа! (ХIоранан куьг лоцуш, маралелхаш, чекхволу Алван.) Мангалхоша салам схьаоьцу, хIорш вовшашка могаш-деналла хеттаре бовлу. Мангалхоша кхузахь динарг хастош масех дош олу Алвана. Мангалхой шайн балха дIахIуьтту, Алван , хаькхначу оле хьожуш волало.
ВорхIалгI сурт.
Лаьшкархас, же воьдучу Буолега арахь делкъе йайта, ша кечбина кхача чохь тIоьрмиг дIакховдабо. Цу чохь: кIалд, хох, тухий, ахьарх дина тIоьхала тосу межаргаш (тоьпаш), дакъийначу жижиган дакъа ду.
Лаьшкарха: - Буц йол-йолчу доккхуш, дика дузадай даладелахь жа цIа. Сарралц руьйтахь латтадой, малх къайлабаларций цIа лохку ахь уьш, цундела сахиллалц Iоьхуш, наб озо ца дуьту цара.
Була: - Хьуна дика-м хаьа, Лашкарха, кху женан хьал. Дала мукълахь, кестта хьуна дуьсур ду хIара, хьайна ма-тов, дажо, лело а.
Лаьшкарха: - Дависийла, хьо гучуьраваьлла зама йагIахьар-кха, и жа сан- сайн кочахь дисна!
Була: - Йоло, Мекар (жана хьалха йолучу газа- божан цIе йара иза), вайша ваьшшинан болх ца бича ца долу. Хьалхайала!
Жоьллин кевнна берттехь лаьттачу газанан коьртах куьг хьокхий, Буолас ков доьллий, жа арахоьцу. Уьш сих ца луш йуьртах довлу, Теркан бердаца дIасадаьржаш.
Лаьшкарха: - Тахана-м дог Iебар дара сан хьох ( куйгаш вовшех хьакхош, ша-шега) дакъа сендаларг! (Уггаре деза, чIогIа дIовш тоьхна межаргаш дара цо Буолина дао кечдинарш таханенна)
БорхIагIа сурт.
Де дохделла хан. Герга гIерта делкъе. Жа руьйтахь лаьтташ ду. Дитта кIел набкхетта Iуьллу Буола. ГIевлингарчу тужурки кIел таIийна бу кхача чохь болу тIоьрмиг. ТIейогIу газа, Мекар. Цунна тIоьрмиг чуьрчу межаргийн хьожа кхетта. Цо, шен цергашца лоций, тIоьрмиг схьаозабо. Йуха жимма йуьстах боккхий, межаргаш даа хутту. БоьалгIа межарг биъна йоллушехь цуьнан кийра сийна цIе летта. Мекар сихонца хи тIе хьоду. Амма хих Iаба кхиале хи чу йужу. Цу чохь йетталушшехь садолу, хиэ охьатакхайо газа. Йеллачу гезанна тIелета хи чохь мел йолу садолу хIума, чIерий а. Газанах дIовш даьлла чIерий, садаIа хIаваъ ца тоьуш, тентигдовллий, лешший хина тIехула гуш хуьлу. И сурт го лийча баьхкинчу Алванан мангалхошна.
Мангалхойх цхьамма: - Схьадуьйла, кIентий! Лакхахь йа хлорка тесна, йа карбит эккхийтина. Вай чIерий лоьцур ду, хIорш тентиг девллачуьра!
Вукхара: -ТIетаIалаш, кIентий! ХIорш-м хьаха хир ду вайна даа, тухала дохка, дакъийна цIа дахьа. (Кхара хьоькху маьхарша меттахваьккхинчу Алвана кхарна гIо деш, пхи гали чIерий хьаладоху кхара.) Алу тIе туьйсуш доттуш, экъанахь кхорзуш, сихха чIерийн кхача хьалха биллира къоначара массарна. Цхьаьний, катоьхна диира цара уьш. Амма диъначул таьхьа ах сахьт далале массо леш, охьаийгира.
УьссалгIа сурт.
Дитта кIелхьара IиндагI дедда, малхо ша ватта волийча, набарха волу Буола.
Жа хинан бердаца Iуьллуш ду. Буолин кхача чохь болу тIоьрмиг кхуьнан гIевлангара йуьстх такхийна Iуьллу, амма гуш йац цхьанхьа газа, Мекар.
Йуург чохь йолчу тIоьрмигана тIера лаьттахь йолчу газанан лорах воьдучу Буолина го, шина меттехь Мекаро текхаш бина некъ, – хи тIе кхаьчна чул тIаьхьа газанан лар йов.
Буола (Хезаш, ша-шега) вистхуьлу: – Хила мукъана, хIун хилла те Мекарна? Ша хина буха ца йаханехь, йала йелла, иза кхин къайлайала меттиг ма йац кху Теркаца. Ванах, Лаьшкархин ахьаран тоьпаша-м ца йийна те Мекаро? Со вен дагахь цо цхьа талу иэдина-м ца хилла те оцу межаргех?
Кхачанах шекваьллачу Буолас тIоьрмиг чуьрчу йуучух бат ца туьйхира. Де суьйренга лестира, малх къайла болуш. Буола бода къовлалучу хенахь жоьлле кхочу. Жа даьхкертахь паргIат доккху, амма цIенош чохь латийна чиркхаш дац йа кертахь цхьанха хаалуш Лаьшкарха йац.
Буола: - ХIара-м хатI – меттахь хIума ма дац! Дера веза со эвла гIорта, дерг-доцург къасто! (ша-шега олуш, йуьртехьа дIаволало иза). Йуьрта чуволарций, цунна дуьхьал кхета цхьа жимстаг.
Буола: - Буьйса декъал хуьлда, жима къонах! Кху йуьртахь хилла хIумма дуй, баьлла сингаттам ма-м бац?
Жимстаг: -Диканца , могаш дукха вехийла хьо! Дера кху йуьрте доккха вон ма деана: Терка чуьра лецначу чIерех диъча ун даьлла, пхийтта стаг велла-кх тахана Теркал дехьарчу цанашлахь докъар гулдечу арахь.
Буола: - Алванна докъар кечдеш болу мангалхой- м бац хир бу уьш?
Жимста: - Дера ву-кх уьш вейтта, Алван ша а.
Буола: - Ахь хIун дуьйцу? Вай велла вала со делаI, ма боккха бохам бу иза йуьртана цхьана дийнахь тI****. ЭхI, Дала декъал бе уьш!- (бохуш, Алванан верасаша тезет хIоттийначу керта воьду).
Уьтталга сурт.
Алванан верасийн керт. Бода боьллехь кертара дIасадахаза ду адмаш.
Буола: - Ассамаму Iалайкум, доIа дейша!
Iадсалам: - Ва Iалайкум ассалам! Алхьамду лиллахIи Раббил Iаламийн:
АллохIуммагIфир лахIу, вархьамхIу важ IалхIу мин ахIлал жаннати. ОллохIумма солли Iала саййидина Мухьаммадин ва Iала алихIи ва асхьабихIи ажмаIин. Бихьурматис суратил. (Фатихьат).
Буола: - Дала гечдойла Алванна, оцу цанашлахь мел беллачарна. Дала иманца собар, йал лойла, царах дог лозуш, тIаьхьабисинчарна. Жоьллехь даьхница цхьа вац, со цига дIаводу. Со бода гихь даьхница цIа кхачча, латийна цIенойн корашкахула чиркхан серло ца гича, мохь тохарх духьала йистхуьлуш Лаьшкарха ца хилча, схьагIоьртира йуьрта, хилларг хIун ду хьажа. Ваьшна тоьхначу хенахь дала дезаш ду-кх вай дерриге. Дала йалсаманехь цхьаьнатохийла.
Iадсалам: - Дела реза хуьлда хьуна, Буола. Дала, ахь мел баьккхинчу когана, йал лойла хьуна. ХIара дIакхелхина Алван чIогIа резза вара хьуна, аша балхана барт бина хан чекхйаьллехь, хьо дIаваха лууш-м вацара хьуна иза.
Буола: - Дала декъала варна, Алванна-м со вара дукха чIогIа реза, амма Лаьшкархина бIаргаш чу цIий хьаьвза-кх, со вайча. Алванах кхоьруш ца хиллехь цо со тоххара йа эккхийна, йа вийна хир вара. Iадсалам вайшиъ ваьшша виса йиш хилча, кху тахана шун кертахь, йуьртахь хIиттинчу тезетех лаьцна, сайна хетарг эр дар-кха аса.
Iадсалам: - ЛадогIал массара. Вайна буьйса йоьлла. Кханенга девллачарна бан шортта болх бу, тахана белларш, вай дерриге дIадерза дезачу, хIусаме берзош. ХIинца дIасагIо, паргIат хила, Iуьйренца схьагулло. Воло, Буола, вайшиъ чувоьду. (Iадсалам Буолийца чувоьдуш, корах арахьажайеллачу Лаьшкархин бIаьрг кхеттера царах). Буола могаш, ша кечбинчу межаргаша вожоза, шек воцуш кху кертахь шена вайча, корта хьаьвзина, можа дохк хьоду цуьнан бIаьргаш дуьхьала, йуха ша къайлах лелийнарг гучудолуш доллу те аьлла, Iадсаламан, Буолин къамеле ладогIархьама, кхиношна гергахь лаамана долчуха, арайолу.
ЦхьайтталгIа сурт.
Йехха, дIакъевлина уче. Цу чохь аьрру агIохьарчу пенаца шолгIа неI йиллича, гуш йу йоккха чоь. Оцу чохь къамеле волу Iадсаламца Буола.
Iадсалам: - Иштта чехка ун хьаьвзина, цхьанаметта пхийтта адам даларх цец вуьйлу со, Буола, хьуна хезний хIокху тайпана хIума хилла бохуш. ЧIерех дIовш даьлла, молха тоьхча мозий санна, адмаш леш?
Буола: - Аса тахана сайна гинарг, тIаккха сайна беллачийн Iожаллех хетарг эр ду. Буолас дIайийцира, ша болх беш шо кхача доьлчхьана Лаьшкархас шеца лелийна харцонаш, болх барна луш йолу йал ца йала гIерташ. Лаьшкархас тахана шена даа кечдина тIехула тосу межаргаш диъна, Терка чуьра хи мала йаххан чохь газа йела. Схьахетарехь, хи чуйожна и газа чIераша йиъча, дIовш царна даьлла, ткъа и чIерий, сапсов ду моьтташ, лоьцуш диъначу мангалхошна, Алванна царах лен талу хилла. Оцу суьртехь го-кх суна таханлерачу вайгара бохаман хьал. Лаьшкархас суна хьажийнарг газанна, чIерашна, мангалхошна, Алванна кхетта.
Буолас мел аьлла дош хезаш, неIарна арахьа лаьтташ йолчу Лаьшкархина букъа йуккъе тоьхначу лазаро, цIеран хаьштиго санна, дегI чахчош, сийна ало хаьхкира цунна когашкахула охьа, лакха коьрте а. Ша лаьттачохь, Iадочу цIогIанца мохь болу цуьнан, коьрта чуьра хье, кIеллахь цIе йогу йай санна, кхехка а болалуш.
Лаьшкарха: - Мекар! Ма тешнабехк би ахь суна! Ма дакъаза йаьккхи ахь со!
Ша- шен кIозарш бухйаха хIутту коьрта т1ера. ЙУха неIарера Iадсаламан Iаса схьаоьций, цуьнца къамеле йолу:
-Алван, хьо цIа веаний ца хоуьйтуш, лечкъина хIунда Iара хьо? Докъар дуккха гулделлий мангалхошка? Хьо цIера валарций ас и, БуОла боху пис, дIахьажийра хьуна, цхьа хаза, цунна дукхадезаш долу ахьаран тIехула тосу межаргаш дина. ХIинца цунна цхьа йал, такхар дан оьшуш дац хьуна, Алван. Ас шадерге, ахь сайна ма - хьеххара кхочуш ди хьуна. ХIинца мукъна реза вуй хьо суна, ва Алван!
Лаьшкарха Iасане къамел деш Iашшехь, тIебогIий кхинойх зударша иза шайца дIайуьгIу.
Iадсалам: - И зуда, схьагучу хьолехь, хьерйаьлла. Кханнехь БоргIанерчу лоьрашна тIейига йеза. Цу зудчо дуьйцург цхьа маьIна долуш хIума делахь, вайн велларг цуьнца бертахь хилла. Нагахь иза иштта делахь, мацах АбужахIилна (Делан неIалт хилда цунна) хилларг хилла сан верасна.
Дала лардойла вай тиларх, йамартлонах, тешнабехках, сутараллех, тахана вайна гучуйаьллачух терачу йуьхьIаьржонах а.
Буола: - Амин! Амин! Амин! Лардойла вай Дала Шена, нахана хьалха хотIе оьгучух. Массо агIорхьа йуьхькIолла вайна ларйан гIерташ дитна вайна дIабаханчу дайша хьекъале кицанаш, хIетал – металш, цхьацца аларш: «Нахана даьккхинчу орчу ша вужу», «Несана хьекхийна церг йоIах йоьду», «Вонний, зуламний вай дагалаьцначунна Дела накъост вац». (Куьйгаш доIина лоций) – Веза-Воккха Дела, Хьайн ийманан некъа тIехь нисделахь тхо, йа АллахI! Къинхетаме делахь тхо вовшашца, ларам, безам латтабелахь тхуна йукъахь, хIай дуьнан, эхартан Да! 21.04.09 шо
Свидетельство о публикации №225081800653