Толамхо
буха тIехь хIоттийна композици.
Нохчийн лаьмнийн панорама, дуьхьала, аьтту
агIорхьа – бIов, аьрру агIор – керт-ков, нохчийн
хIусаман куц-сибат. Кирхьана тIехьара хезаш бу
гIийла иллин мукъам «Мичахь ю, мичахь ю,
сан хьоме Нохчийчоь».
1. ДIахьошверг: – Бахьана хIун дара –
дагадагIац цхьанне. Цхьаъ-м бакъ ду: Адмашна йукъахь, дашо ца дерзош дов йа тIом хир бац!
2. Махьма: – Кху махкахь леладерг сан дош ду
даим! Со бакъ ву! Схьагулло Махьма бакъ вийраш!
3. Iалха: – Со ма вац цхьанненан когашкара ха
4. дийна! Йа бийца дай боцуш стиглара воьжна!
Бакъ со ву, тIаьхьахIитта Iалхица тайнарш!
5. Махьмин кхаа накъосто цхьаьний: –
Махьма, тхо кийча ду хьо бакъвеш дала!
6. Iалхин кхаа накъосто цхьаьний: – Iалха
вайн амал дац къарделла совца!
7. Махьмин назманчас: – Хьо стиглан пурбан
ца лелаш ву, Махьма!
8. Iалхин назманчас: – ВархIе дайн сий лар
деш чугIорта, Iалха!
9. Махьмин назманчас: – ХIуьрлаIийн майда
нахь вай дуьйцу, Махьма.
10. Iалхин назманчас: – Хьо бакъвеш маьлхан
нур догуш ду, Iалха!
11. Махьмин пхьеро: – Пхьарматан цIе кхерча
ра ца йойтуш цIийдина, Башламаш шовданийн шелонгахь дахчийна, тIома чо хадабеш иралла зийна, Мехкан тур дIаэца ас дина, Махьма!
12. Iалхин пхьеро: – Мисрара, Шемара пхье
рийн къайленца, хьакхалушшехь датIадеш цхара йа гIагI, дит ира цIокъболат, терсмаймал тур ду, ас хьуна кечдинарг. ДIаэца, Iалха!
13. Махьмин тоба: – Толам йа Iожалла кхайкха
де, Махьма!
14. Iалхин тоба: – Осалчех вай доций хаийта
царна, Iалха!
15. Махьмин тоба: – Махьма, вай хьоьшур йу
аренан пхьагалш!
16. Iалхин тоба: – Iалха, вай и варраш хьовзор
йу готте!
17. Махьмин тоба: – Вай чимбеш, цIе тесна, йа
гор йу писаш!
18. Iалхин тоба: – Вай когаш мажбина берзор бу
кхерчашка!
19. Махьмин кертара зударий: – Ва, Веза-
Воккха Дела! КIенташна лохьа собарца хьекъал, байинчу дайх хьоьгуш, гIелаллехь кхиъначу боберийн дуьхьа, бIаьрхиш кхачийна, дегнех цIий Iийдалуш, дуьненах дог даьлла лелачу нанойн дуьхьа!
20. Iалхин кертара зударий: – Ва, Везв-Воккха
Дела! Валахьа орцах! Ма балийтахьа тхуна йукъахь тIом! Ма Iанадайтахьа вовшен цIий! Ва, наной! Вешан корталеш йукъа тийса вай! Божаршна йукъа хIиттий вай! Ваьш хьалха долуш, кхачадайтий вай шинахьараниш! Герзаца дов къастош верг харц вуй дIахаийтий вай!
21. ТIамна кийча ши тоба дуьхь-дуьхьал
йирзина хьарча:
(Кхоларш, дуьне Iаржлуш сурт хIутту сцени
тIехь)
21. ДIахьошверг: (шайтIанан аз декаш санна)
И хилла дели!... хилла дели… хи… ли….
22. Шина агIорхьара маьхьарий: КIентий ледара ма хилалаш! Толам вайн хир бу шуна! Вайга хьоьжуш хIуьрлаIан мехкарий бу шуна! Дела вайца ву шуна! АллахIу Акбар!
23. (Тийналла хIутту. Оцу тийналлехь хеза доьлхучу беран аз. Махьмин, Iалхин агIонашкахь зударийн тийжар):
– Ва, Дела …. валахьа орцахь!
– Ва, Дела …. сацадехьа зулам!
– Ва, Дела, къинхетам боссабехьа церан дегнаш
чу!
– Ва, Дела собар лохьа царна!
24. Махьмин, Iалхин дуьненчу вала везаш во
лу ши кIант дуьхьал хIутту шен-шен дена.
25. Iалхин, Махьмин а хинволчу шина кIанта
цхьаний:
Мила ву шух Делан кхел тхуна йоьхкуш верг?
Дуьненчу довлале тхан оьмар хадош? Мила ву
сел Iеса шух Делах дIакъаьсташ!?
26. Махьмега кIанта : Соьгара хIун даьлла,
алахь, ва Дада!? Хьан хинволчу кIантера, вай
шиъ ахь вейта?
27. Iалхега кIанта: – Ткъа соьгара даьлларг
дийцахь ахь, Дада, Iожаллин хеназа вай бага
тийса!?
28. Iалхега, Махьмега шина кIанта цхьаьний:
– Жоп ло тхуна къиза кхел кхайкхийна ши Дада!
29. Воккха стаг: – Маржа йаI! Маржа йаI! Хьо
доцу гIора! Собар де! Собар! Къонахий Собар!
ОьгIазло сов йаьлчахь ма деза Собар. Сихал-
ло са диъна,– олура дайша, Собаро дашийна ачо
-нан лаьмнаш. Мел гIорасиз волчо мел тоьлларг
вуьйр-м, амма мел тоьллачо веллариг ден-м вац!
ЛадогIал, дика кIентий, ладогIал къанога. Хьан
нашца лелла со, варшашкахь вижна, хIорда тIехь
висна со, неканахь тешна, ницкъ болуш хилла со.
Де эшна висча-м, диканехь йа вонехь сан агIо
хилла, кху лаьттан адам бен хIумма-м ца хилла.
Ца хаьа, аш тахна хIун къуьйсу суна-м. ГIан сан
на бIаьрг хьаббича, дуьсучу дуьненахь. Толам
бац вер-ваккхарца цIий Iанош кхаьчнарг!
Дашо ца дерзадан дов хаац-кх суна,– дош ала ва
Iалха, дош ала Махьма! Тайпанашка, мехкашка,
вирдашка декъалой тобанашка ма къеста! Ала
дош хинболчу кху кIентийн дуьхьа!
Дог кIаддай, куьг кховдош, мар-мара кхета. Вай
кIезга къам ма ду вовшеха лета. Къинхетамна,
комаьршонна дIаделла дегнаш. Барт болчохь
соцуш ду даима Беркат, цу шинца бен Iаш дац
вай лоьху Ирс а, маралелха вовшашна, дIадаха
герзаш!
30. Махьма: – Ва, Iалха, сан бIараса ма дайна
хила.
31. Iалха: – Хьекъална галваьлла-м со хилла
Махьма.
32. Ший тоба цхьаний:– ЙуьхьIаьржонна, зу
ламна вай хьаьхна хилла. Баркалла, хIай къано,
маслаIат дарна!
33. ДIахьошверг:– Толамхо ца хилла хьан боху
кхузахь! Толамхо и вар-кха, маслаIат динарг!
Нохчийчоь! И къано МахьмагIарна санна, хьан
кIентийн бартана цхьаъ гIоттур вац-те? Вай та
хана сатуьйсург маслаIат дар-кха, машаран весет
деш хинйолчу тIаьхьенашка!
Р. S. Ирсечу дахарна токх хилла вацахь, сайн
балха тIехь ирс долуш хетта суна со. Лаа аьлла
дац вайнехан дийцарехь «узург лалла». Цунна
дайна, тахана каравеъанчуьра сайн хьехархо,
хьехамча волчу Хамерзаев Заурбеках йолург
схьайаккха гIерташ ву со. Цуьнгара дикка хIума
йожа йужу цкъацкъа суна. Амма бакъду, дукха
хала-м йужу иза хIоразза. Цуьнан шен бахьана
ду. Заурбек шен шерийн мохь бахьанехь чIогIа
иэхь хеташ, къийлалуш хуьлу, ша йзйина байт
йелахь, я кхин хIума йелахь гучайаккха. Делахь
шен балха тIехь, къона тIаьхье кхетош-кхио йе
заран лаам сов болий, шегара похIма гучудоккху
цо наггахь. И санна волу накъост тIекхочехь во
луш болх бар, сайн Дала бина аьтто хетта суна.
Доьзалехь ма хуьлу паргIат, шайна тIехь Iуналла
деш да хилча. Иштта со паргIат хета суна, балха
тIехь доккха зеделларг долуш волу хьехархо ул
лехь волуш. Кхин хIумма ца хилча, экзаменаш
йала дезаш йолу лакхара классаш шена тIе-х ло
ций цо. Сан балха тIехь доккха зеделларг доцу
дела, суна-м доккха гIуллакх хетта цо дийриг.
Иза иштта дан ду. Цундела дийца хьакъ ду иш
ттачу хьехархойн гIуллакх, царах пайда эца беза.
Нохчийн мотт, литература, халкъан барта кхол
ларалла, нохчийн гIиллакх-оьздангалла дика ха
арца билгалвуьйлу Заурбек. Шена хууш дерг
тхуна, хьехархошна, дешархошна комаьрша дов
зийта лууш хуьлу. Школехь цкъа а классал
арахьара гIуллакх дIа ца доьду цо йазйинчу сце
нарийца хIоттийна литературно-музыкальни
композици йукъахь йоцуш. Ишттачех цхьаъ га
-зетехула кхечу хьехархошна йовзийта луур дара
суна. ДIадаханчу шарахь Кушлойн кIоштахь во
вшахтуьйхира «Заза доккхуш йухаденло хьоме
Нохчийчоь» цIе йолу дешархойн фестиваль. Оцу
фестивалан темица чIога йогIуш хийтира Заур
бекана Абдулаев Лечин «Толамхо» цIе йолу сти
хотворени. Оцу стихотворенин буха тIехь цо
йазйинчу сценарийца хIоттийначу композицин д
ика мах хадийра фестивалан жюрис. Иза НР те
левиденихула дIагайта сацам бира фестивалан
жюрис. ХIинца иза шун кхоьле йуьллу оха
«Даймохк» газетан дешархой. Тхо тешна ду,
кхетош-кхиоран маьIна долчу «Толамхо» стихо
творених а, цуьнан буха тIехь тхан хьехархочо
хIоттийначу сценарих а хьехархоша шайн балха
тIехь боккха пайдаоьцург хиларх.
Пашаев Нурди, Р.Ф, Н.Р.
яздархойн Союзан декъашхо.
Свидетельство о публикации №225081800657