Хiайттархойн захало

(шина декъехь комеди)

Дакъалоцурш:

1. Чаборз – 27 шо. Бизнесмен Тюменехь шен
гIуллакх деш.
2. МаIасолта – 29 шо. Болх боцуш, тIамо йо
хийначу Нохчийчоьнан вахархо.
3. Курпату – 15 шо кхаьчна 9 классан дешархо,
акселераторех йоI (сиха кхиъна, хьийкъина йо1).
4. Зита-Гита – 30 шо. МаIасолтин шича.
5. Индира – 10 шо, Зита-Гитин йоI.

Хилам дIабоьду Нохчийчохь шолгIа тIом
дIабоьрзу хенахь, вахар-вар марша даьлча. Вайн
тахане йу ала мегар ду.

                ХЬАЛХАРА ДАКЪА.
К1оштан статус йолу гIала. Доккха коммунальни
цIа. ШолгIа чувоьдийла (подъезд), шолгIа гIат,
13-гIа квартира. Квартирин неIарехь горгалин
нуьйданна тIе пIелг теIабарх гIуллакх ца хилла,
неIарх мийра бетта волало Чаборз. Делкъал
тIаьхьа. Малхбуза ламазан хан. Чаборз дикка
неIарх летча чуьра схьахеза:

- Мила ву хьо, Дала Iалашвараг, са хилале, сан неI отуш, бIарзвелларг. Собар! Собар! ХIара догIа Iуьрга ца нислуш воллу! (НеI эххара йеллало. Аракъеда МаIасолта, бIаьргашчу буьйнаш хьийзош).

Чаборз: - Ассаламу Iалайкум! (шен куьйгийн тIамарш йаржайой) Сан деган доттагI, МаIасолта! Хьо-м оцу Пушкинан Онегин санна, буса белхешкахулий, синкъерамашкахулий кхерсташ, дийнах буьйса йина, оьпа санна, кху петарш чохь вахкаваллалц наб тухуш ма ву! Могаш мукъане вуй хьо?

МаIасолта: - Ва Iалайкум вассалам, кум совнаха долуш! (Къовллий Чаборз мара вуллий). Могаш хуьлу федералийн салташий, вайн бу бохучу тIемалоший, сайга багар бойтуш, мийра биттина дегI. Хьо мичара вуьйжи, хьалха тIом баларций тIепаза вайна волу? Маца кхаьчна хьо цIа, мичхьахула лийли? Схьачувола, вайшинна новкъарло йан цхьа вац. Зуда, ши бер ненахой болчохь хене бовлуш бу. Валол чу, чохь спокойно дуьйцур вайшимма. (МаIасолтас чувуьгу Чаборз. Диван тIе Чаборз хаош, ша цунна дуьхьал хуу МаIасолта, гIентан букъдIатевжийли тIе куьйгаш дохкуш).

Чаборз: - (Йесачу чухула бIаьрг тухий) – Да-а. Къаж йиъначу барзехь доллу хьал ду моьтту суна хьоьгахь, сан дружок МаIасолта! Не богато живешь!

МаIсолта: - Ахь хIун бахам буьйцу, тхо-м тхайн синош тIамна кIелхьара дахадаларх даккхий дийна ца довлий, хIай Борзча! Хьан гIуллакхаш муха ду? Хьуна-м цхьанхьа марш кара бирзиний-те моьтту суна? Бакъ вуй со?

Чаборз: - Дера, МаIасолта, хьан накъостан дело пока на высшем уровне ма ду! Хохкуш «Нисан патруль», «Нива-тайга» ма йу, сайн фирма йу Тюменехь. Нефтебизнес, казинобизнес, базар-вокзал йерриге вайн карахь йу оцу гIалахь, Сибирехь а. Квартираш йохкар, иэцар, хийцар – иза вайгахь ду.

МаIасолта: - Да, гIеххьа друг хилла хьо. Оццул хьайн гIуллакхий буохь баьлла хилча, со санна болу накъостий хила ма безара хьуна дагахь, йуххехь а!

Чаборз: - ВаллахIи, хьо дуй боуьйтуш ца воллу, дагахь-м бара. Но йуххехь болу накъостий гIарчI-аьлла хила безаш меттиг йу Сибирь. Цигахь, вайн цIахь санна, йолчохь йууш, йоцчохь – прощай бохуш, лелийла ма дац. Цигахь йоккхуш, акула санна ка йолуш, хила веза. Пондаран мерз хилла вулавелла лела веза. Тайга не любит марш оллийнарш, МаIасолта!

МаIасолта: - (дегбааме) ХIун, со слабый слюнтяй ву бохург ду-кх хьан иза? Цхьана дацара вай «тIара хьийзош»?! А вагоны?

Чаборз: - Дера дац! Хьо сох нийса ца кхетта. Иза-м, ала дашна ма-дарий! Оцу меттигах привыкнуть дан хала ду. Амма хьо испытанеш йезаш велахь, аса хьо сайца дIавуьгур ву, гIоза-декъал со кху цIера аравалалахь. ТIаккха дика кхетар ву хьо аса дуьйцучух. Ткъа тахана аса хьуна тIе деанарг Iаламат пикатни гIуллакх ду, сан доттагI.

МаIасолта: - Схьадийций охьадилла, накъост Чаборз, вер-ваккхар йукъа догIуш дацахь, любой пикатность, гужбан лелалур йу-кх вайга!

Чаборз: - Хьан десара, МаIасолта! И сан да-нана, къаьсттина нана, туьран дитта хилла, дуьхьал даьлла-кх, со йуха Тюмене дIавохуьйтур вац шаьш аьлла, аса цхьа, лекъ санна, нускал далийна хIума ца дахь. ТIе оцу нускалан Iуналлин сопровожденехь бен, ца волуьйту со Нохчийчуьра ара. Доцца аьлча, говрана санна, суна коча цхьа гIомат йолла гIерта уьш. Цундела хьох дагавала веъна со, МаIасолта!

МаIасолта: - Стелахьаьштиг хилла хьаьвзар ву-кх хьан гIуллакхана, Чаборз. Хьайн дог-ойла лаьтта меттиг билгалъехьа?

Чаборз: - Дог-ойланаш хьехон оьшуш дацара. Суна йезайелла йоI кхузахь йац. Амма 3-4 дийнахь со дIаэккха везаш ву. Оцу хан чохь йогIур йолуш мила хир йар-теша, ва МаIасолта?

МаIасолта: - (шен кIесар кIогчу мIараш хьоькхуш) Да, ойла йан йезаш хIума ду ахьа тIедеанарг. Мила йар-теша, со ца гинчун бIаьргаш довлийла бохуш, лелаш?!
Чаборз: - Суна любая, мух-мухха, лекъ мегаш дац хьуна, МаIасолта! Соьга йогIуш йерг 15-16 шерал ханна сов йаьлла хила йезаш йац хьуна. Хаза, чистоплотни, дукха болтать деш йоцуш, суна преданни хир йолуш хила йезар йу хьуна.

МаIасолта: - Дера, Борзча, ахь йуьйцуш йолу комплексаш йолуш йерг 15-16 шо кхаьчначу подросткашна йукъахь каро хала хир ма ду. Но, попытка, не пытка, олу-кх оьрсаша. Хьовсур ду вай. Доггах вилхинчунна бIаьргех цIий деана, ма-аллара, лохур йу-кх вай. Iанне а ца Iийначо, хиллане хиндоцург дина, олуш ду вайн нехин. ХIинца малх дIабуза кхо-диъ сахьт ду, цхьаъ нислур дац-те?

Чаборз: - Ва МаIасолта, ахь ма догйовха дуьйцу, са-м 2-3 де бен ма дац, хIора со Тюменехь воцчу денна, сан шортта ахча ма дов!

МаIасолта: - (Хазахетарца ша волччохь хиъначуьра хьала кхоссало Ма1асолта). Эврика! Ура, Эврика, Чаборз! Эврика!

Чаборз: - Ахь хIун до, МаIасолта? (Шен бIаьштигехь пIелг хьовзош) Тхов метах-м ца баьлла хьан? Хьо коьртана могаш вуй? Ехать дан-м ца волавелла хьо?
МаIасолта: - Эврика, Чаборз! Карий! Тховссехь йан тамехь йерг, оьрсашна дайна: уж, замуж, невтерпежь –  бохучарах йерг карийна! (Къовллий маравуллу Чаборз)

Чаборз: - МаIасолта, ахь йуьйцуш йолу йоI путевая мукъне йуй, шеца жинийн хьу йоцуш?
МаIасолта: - Стоп-астогIфируллахI, алалахь, Чаборз! Шайн ворхIе дайшкахь цхьа сакхат доцуш, да-нана лаккхара дешар дешна, дикачу меттехь балхахь, шортта шай-кай йогIуш, оьздачу доьзалера йу йоI. Вай заманахь сиха кхуьучу зудберех (акселераторш олучарах) йу-кх иза, 16-гIа шо бен дац, ткъа тIехьаьжна, дегIан хьесапца, ткъа шо дац эр дац цуьнан.

Чаборз: - Там бара иза цхьа гомаш йа бегемот хилча?

МаIсолта: - Гомаш, бегемот хьо йу-кх. ЙоI-м, цIий мелла цIубдар санна, буто, дуьйлина дегI долуш, йеккъа цхьа фотомодель олучех йу. Амма цхьа новкъарло йу – иза 9 класссехь доьшуш йу. Йан-м школан бала болуш хир йацара иза. Ша гайта, нахах бIаьргтоха лелаш йара иза-м. ХIетте дешархо йу-кх!

Чаборз: - Школехь дерг-м хала дацара. Тюменехь доьшуш йу аьлла, справка хуьлуьйтур йара цунна-м.

МаIасолта: - Ткъа Iедалца дерг ма ду. Регистраци боху хIума ма йу. Ханна йоккханиг хIунда ца мега хьуна, ва Чаборз?

Чаборз: - Уьш сан проблемаш йу, МаIасолта! Моллица дерг кхузахь дIадерзийчхьана, цигахь долчунна хьан корта лаза ца оьшу. Учитаршка цIахь Iамадайта хала дац цигахь. Ткъа гуттар Iедал тIаьхьара ца далахь, граждански бракехь ду эр ду-кх тхаьш. Амма ханна йоккханиг Iамо хала хир йу, МаIасолта. 15-16 шо дерг ахь йиннарг хир йу. Сераха ца бина хIоз– хьокханах ца хилар, зийна-кх вайн дайша.

МаIасолта: - Дамайека хьан, сан доттагI, чен амалш хьан мухха йелахь, берзан ка-м йаккха хуур долуш хилла хьо кхоччуш. ХIинца, Чаборз, хьан хин долу нускал Курпату, чукхайкхийта гIур ву вайша сан шича йолча квартире.

ШолгIа дакъа.

МаIасолтин шичин, Зита-Гитин квартира. Чохь хиъна Iаш йу Курпату, цуьнца МаIсолтин шичин 10 шо кхаьчна йоI йу. Зита-Гитас Курпатуна хаийтина, иза йезайелла, цуьнца ирахьIен луучу кIанта иза чукхайкхийтиний. НеIарх пIелг тухий чуволу МаIсолтий, Чаборз а.

МаIасолта: - Дика мел дерг догIийла кху чу, кху чохь мел волчунна тIе. Марша йогIийла хьо, Курпату!
Курпату: - (Хьала гIоттуш) Марша догIийла шу, МаIасолта! ХIара хьоьца волу хьаша-м ца вевза суна! Марша вогIийла-кх хьо!

Чаборз: - Делера маршалла хуьлда хьуна! Муха йу цIерачийн могашалла? Хьоьга иэшалой школан программа? (Леранна хьоьжу Курпатуга, бIаргара хIума йаккха воллуш санна).

Курпату: - (коча дIаса сеттий) Папа, мама могашаллина арз деш дац. Школан программа-м эшийна ца Iаш хьешна девлла тхо.
МаIасолта: - Курпату! ХIара сан доттагI, ткъа таханлерчу дийнахь веза хьаша Тюменера дуьйна вайна тIевоьссина волу, хьо санна йолу куропатка.. (иза аларций, йукъаоьккху къамелана Курпату).
Курпату: - МаIасолта, сан цIе Куропатка йац, Курпа-ту йу хьуна. Цхьана домехь воллушехь, хIинца сан цIе нийса йаьккха ца Iемина-кх хьуна? Вас йи ахь суна. (халахетта кеп хIоттайо Курпатус).
МаIасолта: - Бехк ма биллалахь, Курпату. ХIара сан накъост, Чаборз, Тюменехь бизнес лелош йолу фирманаш йолуш, царна тIехь крыша латтош, куртой нах болуш, шай-кай чухьоькхуш диллерш, лото, базарш, Сибрехара хьун, сеш тIехь шен карахь долуш стаг ву. А…а…а.

Курпату: - МаIасолта, и йерриг кол-базар ца текхош, хIучIичIолин кIажош ца толлуш, со хIара хьайн шичин чу шаьш хIунда кхайкхина, дийцахьа?

МаIасолта: - (бат хьовсархошкахьа йерзош, гIеххьа мотт боккхий, цецваларан кеп йой) Ма мо-ло-дец йу-кх хьо Курпату. Сан роль мелла йаййо-кх ахь. Со-м куьц-куьце-ехь бохуш воллура. Ткъа ахьа сту охьатоха гIерташ верг, хьалха маIанех тасавала веза бах. Делахь хIета, Курпату, хIара хьуна гуш волу сан доттагI Тюмене шеца дIадига нускал дезаш ву-кх. И нускал хьо хилахь, шел ирсе стаг кху доккхачу дуьненахь хетар волуш вац. Вехьа хIара ирсан да, даьхнин да-м волуш вара хIара!

Курпату: - Чаборз, Чаборз! ГIенах сайна хезча санна, хета суна и цIе. Итт шо хьалха, нехан коьртара куйнаш идош, йуха рэкэт йвн Россех дIавахана Чаборз-м вац хIара? Папас, мамас цхьа къовсам баьлча, шайлахь и цIе йохуш хезна суна. Но, мамаша реза-м йара хьуна!

Чаборз: - Курпату, хьан информаци ложни . Аса лелош йерг честный (хьанал) бизнес йу. Бакъду, кху вайн цIерачу нохчашна-м моьтту, Нохчийчуьра ара мел ваьлларг рэкэтир, кидала, шуллер, киллер ву. Цхьабакъду, нохчийн кIенташа оза ца луш, кхерамашна кIел шайн догIмаш туьйсуш, шайн бизнес дебош, шайн са ца кхоадо. Дера жоьлкалла лелораш ма бу. Амма уьш денна лоьцуш чубухкуш бу. Цигахь-м хьаха ду Iедал, маIа санна, чIогIа.

МаIасолта: - Оцу къийсамен хабарех пайда бер бац. Цул уьш дитий, ваьш долийначун цхьа йист йаккхий вай. Реза йуй хьо. Курпату, кху сан доттагIчуьнца Тюмене свадебни путешестви йан йаха? Реза хила, дохко йер йац хьо!

Курпату: - (коча) Ой, дера хаац суна-м. Иштта сиха сацам балур болуш хIума ма дац аша тIекхийдош дериг. Дуьххьара гуш ма ду тхо. ТIехьийзаш хан йолуш, вовшен девзина делахьара дара цхьа хIума.

МаIасолта: - ТIехьийзаш йайа хан йац, Курпату. Любовь с первого взгляда бохуш, гойтуш лаьтташ дац телевизор чухула цхьацца хIумнаш. Шуьшиннан безам хир бу-кх вовшен бIаьрг кхетарций болабелла. Ткъа вовшен довза йу-кх, йист йоцу хIорд санна, тайга, Сибирь а. И ирсан кхокха экам хIума йу хьуна Курпату. И кхокха хьан карахь бу-кх, хьуна сацо хиъчхьана. Курпату, ахьа Чаборзица тIурнене, мантех йаха реза йу аьлчхьана, ирс шуьшиннах хьаьрчина ду-кх. Ма чехадехьа иза, Курпату!

Курпату: - Мантех, тIурнене-м ца хаьа суна. Дешар йукъах ма долу сан! Цунна хIун дан деза?

МаIасолта: - Россехь мунога йу-кх школаш, цIахь хьуна хьеха учитарш а. Реза йу ала, Курпату, Чаборзица Тюмене командировке йаха? ТIаьххьара дош лой йала. ХIара стаг-м кхана Iийна, лама «тю-тю» аьлла, ваха везаш вай.

Курпату: - Дош ца делча шу тIаьхьара довлуш ца хилча, дог кIеда со хиларна, ло-кх ас и дош Чаборзин нускал хила. Амма, вайнехан гIиллакх лардархьама, Зита-Гитехула сан мамаше вайн хилла решени обнародовать йайта йеза. «Цхьаммо дIайигна мукъне йалахьара хьо бохуш, сан йуьххьа-х йохур йаций маманяс кхин!!!»

МаIасолта: - (дукха воккхаверца) Эй, Дала Iалашде хьан дегI, Курпату! Ма саббантуй хир йу-кх вайн кхана дуьйна. Чаборз, Курпату (хIоранна тIе воьрзуш) тховссехь моллица там-мах, дIакоч-схьакоч боху хIумнаш чекхдаьхна, кхана сай-бодий къаьсташ дуьйна, дуьйлина ловзар дина, лама Курпатуй, Чаборзий «Маас-Москва» кеманна тIехь ирсен рейс йеш хир ду-кх! Хьа-хьа-хьа-хьа! (вела хIутту) Ну как, молодеженаш, реза дуй шуьшиъ ас шаьш вовшахтохарна кхин дIа долчу дахарна?
Чаборз: - Курпатус, МаIасолтас аьлларг закон ду-кх вайна. Ну как, МаIасолта, реза вуй хьо тхоьца Тюмене дIаван?

МаIасолта: - ХIара йоI-м хьол кхеташ йу, Чаборз. Кху цIахь бездельник хилла лелачул, вогIур ву-кх. Кхин ца хуьлчу далахь, прогулках йай хир. ТIе, хIара ваьш кегийна хударан, цигахь цхьаьни долуш боккхур вай чам!!! Ткъа хIинца, Чаборз, схьалаллал валюта. Нохчийчохь-м хьаха йу ахча дIадаха, дохка меттигаш хIора урамехь ког баькх-баьккхин чохь!

Чаборз: - «Йиша, ваша, шича, маьхча гулло гонах хилча ахча. Амма ахча хьан дIадалахь, карор бац уьш йуьртахь, гIалахь», аьлла-кх поэто. (Кисанара схьаьдаьхначу долларийн пачка карахь лестош) – Ахча, ахча, всюду ахча! Всюду ахча без конца, ахча доцуш жизнь плохая, не годится никуда, баьхна-кх ахчанан мах хуучара. ДIаэца, МаIасолта! На пока тоьарг хир ду-кх хьуна хIара. (Долларин ши пачка дIакховдайо).
                (Кирхьа дуьхьал узу).
                Г1уран (декабарь) бутт 2004 шо.


Рецензии