Публицистика вайна гражданалла оьшу

ТIеман Iадорах, тхьоздолорах мел довлу, дахар маьршачу гIоде мел доьрзу, гучудолу, мел даккхий зенаш хилла Нохчийчоьнна (бахамаш, Iалам хIаллакдарал сов) къаьсттина тIекхуьучу тIаьхьенан гIиллакх-оьздангалла дIахIоттарехь. Цу балхана бехке-м, шена догIучу алсам долчу декъана вайна Россин Iедало Дудаевгахула цхьанаматтара хила чубеана тIом бу. Амма вайн оьздангалла гIелйалар генна хьалха доладелла ду. Цхьабакъду, тIамо вайна хуьлуш болу и эшам сихха а, къеггина гучубаьккхи. ХIунда аьлча оцу шина тIамо нохчийн божарий доьзалшна хьалха шайн долчу декхарех бохийна, хера боху. Хьанал рицкъа лаха болх боцуш буьту, бахар-бахкарна маршо йоьхку федералийн эскарша блокпосташкахь, «зачисткашкахь» къизаллица таIазарш деш, йа тIепаза бойуш хIаллакбира боьрша нах. Цундела доьзалаш хене бахаран дукъ дуьззина зударийн кочахь дуьсу. Нохчийчуьра боьршачу нахах федералийн герзийн Iалашонан гIакх йа федералийн, вайн а жоьлкаша лелочу йохка-эцаран кийтарлойн ижу хуьлу. Советан Iедало долийна нохчийн зуда доьзал кхиоран декхарех марша йаккхаран гIуллакх (эмансипация) кху чохь лаьттинчу шина тIамо кхоччуш чекхдоккху. Нохчийн доьзалехь боьршачу стагехь хилла рицкъа лахаран коьрталла, доладаран куьйгалла а дуьззина тIеман замано зударийн кара ло. Доцца аьлча, нохчийн доьзалшкахь боьрша стаг шен зудчух, доьзалах жоьпан да цахилар чIагIло. Дуккха а нохчийн доьзалшкахь чIагIйелла дIахIоьттинарг «матриархат» йу. Иза-м оццул цIармата хIума ца хила там бу, вайна хууш, цхьана хенахь исторехь хилла, лелла а дахаран кеп йу иза-м. Оцу хьоле вайн къам даларна кхерам бу баьхнера вайн эвлийааша. Советан (муьжгийн) Iедал тIедоьхуш доIнашций, герзаций вайн нохчий оцу Iедалан хазачу аьшпийн кхайкхамех Iехабелла хьийзинчу 1918-24 шерашкахь. Эвлийаашна гуш хиллера цу хенахь дуьйна а, доьзал кхетош-кхиорехь коьрталла, урх боьршачу нехан карара малйелча, муьжгаша сийсаздеш долу дин гIелделча, нохчийн оьздангаллина, бусалба динна, къоман гIиллакх-оьздангаллин дIахIоттамна вайлахь хин болу иэшамаш. Амма вайх карзахбевллачийн лергаш къора хуьлу, бIаьргашна дуьхьал марха йогIу, Iилма, хьекъал а долчех дагадовлар, цара тоьхначу дозанаш чохь совцар а, царна осалалла хетта.
Экханийн (берзалойн) маршо хир йу аьлчхьана, диц до вай Iадаташ, ламасташ, дIатосу гIиллакх-оьздангалла, дин а. Зама цхьана муьрана бежалойн, хардангийн, IуьтIанийн а карайоьду. ДIадуьйлало къоланаш, талораш, адамаш идор, дохкар, дайар, вовшашца мацахлера цатемаш, хьаьгIнаш, чIираш нисйар, ницкъ болчара кхинберш охьатаIор а.
«Тхуна йукъахь шуна гур бац динан мурдаш, амма карор бу революцин мурдаш!» - бохучарна тIаьхьахIиттина Iехаделла, галдевлла лелла хьалха дIайаханчу заманахь. Ткъа хIинца, гергарчу хенахь - зуькарш дар, сагIанаш дахар, мовладаш дешар а - Делан дин талхош ширк, бидаIат ду бохуш бохучарна тIаьхьадаза хIиттина, нохчийн къам хIалкьхиларан новкъа озийна лийли, цхьаберш тахана а йухаберза, кхета ца туьгуш. Дала къайле цIанйараша: Кунта-Хьажас, кхечу эвлийааша а, церан тIаьхенаша баьхна, хьехна а дитинчуьнга ла ца дугIуш, хьалха советан Iедале а дохийна леладайти вай ваьш, ткъа хIинца дудаевгIаьрга а кхийссити вай ваьш шина тIеман кIуркIамане. Россин Iедало даима вай шена дуьхьал дерзийта бахьанаш, хьелаш а кхуллуш, вайна тIехь бохь буогIар схьагойтуш йу историн массо агIо. Россин Iедалан экспанси Къилбаседа Кавказехь йолайеллачхьана дуьйна вайн тассамна (культурана), гIиллакх-оьздангаллина, къоман ламасташ, Iадаташ, амалш, дин – малдеш, арахьарчу дахаран кеп, лайн гIиллакхаш йукъахь даржош, схьайеана зама.
                2

Нохчийн тассам бохучу дашо йукъалоцуш ду оьрсийн куьльтура бохучу дешан маьIна. Цундела культура бохучу дашо санна, тассам бохучу вайн дашо а йукъалоцу къоман дерриге Iер-дахаран дIахIоттам. Цо йукъалоцу къомалахь адамийн вовшашна йукъахь, Iаламца а кхоллайелла йолу йукъаметтигаш. Цо чулоцу вайн доьзал кхоллабаларна тIера дIа эхарта дерзоран а, цул тIаьхьа тIекхуьучу чкъурашна, ворхIе а дайшна йукъахь лелла гIиллакхаш, оьздангалла, дин, болх баран говзаллаш, садаIаран кепаш, кхин а дукха дахарехь ца хилча ца довлу хIумнаш Iамар а.
Тассам (культура) боху кхетам муьлххачу къоман заманца хийцалуш мехалла йу. Амма, цунах вай нийса кхетахь, иза данне а дац, и мехалла къоман хIуьнан тIамарера дуьйна кхечу куьце, хотIе йала йеза бохург (цхьадолчу къаьмнашна ишттаниг хила-м хилла терхьамехь (исторехь). Муьлхха къам кхечу къаьмнех къастош, шен билгала башхаллаш йолуш хуьлу – иза: мотт, мукъамаш, хелхарш, Iадаташ, ламасташ, гIиллакх-оьздангалла, духар, динан некъ и. дI.кх. Къоман тассаман хIора дакъа цу къоман йуьхь, са, башхалла лардеш, шен мехаллин маьIна долуш ду. Амма къам саметтахь хиларан билгало гойтуш долу дакъош ду: Дала ша дуьненчу доккхуш цунна белла мотт, орамаш хецна, иза даха сецна мохк, йукъахь барт, низам латтош чIагIделла гIиллакх-оьздангалла, 1адаташ. ГIиллакх – иза адмаша шайн Iер-дахарехь вовшашца йолу йукъаметтигаш дIанисйеш лардеш долу дозанаш, кепаш, амалаш, лерамаш бу. Ткъа оьздангалла бохучу мехаллин кхетам мелла а шуьйра бу. Цунна йукъадогIу, адамийн гIиллакхел сов, вайн гондIахьара са долчу, са доцчу а Iаламца болу лараман куьцаш, кепаш, Далла йечу Iамалан цIано а. Доцца аьлча къоман тассаман коьрта гIортораш хилла лела мотт, мохк, гIиллакх-оьздангалла, дин, Iер-дахаран кеп а. Цундела вайна хаа деза, мичара дуьйна малйала йоьлла вайн тассаман гIортораш, вайн Iер-дахаран бухана, лардана, маца дуьйна хиллачу тIеIаткъамо (арахьара чудеанчу керлачо) дан долийна вайн Нохчоллина зенаш, зуламаш, иэшамаш, галдахарш.

3

Дуьненчу, адам Iесадаларна, Дала хIорд батIийтинчул тIаьхьа, Нохь-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен кеман тIехь кIелхьара даьхначу адамех доладеллачу хIух, схьадаьллачу зуьретах ду тахана дуьненчохь дехаш долу массо къам, нохчий тIехь.
Шумерех, хурритех, хеттех, урартхойх, сарматех, аланех хьакхабелла хилла бу Iилмано дийцарехь вайнехан кхоллам. ДIайаханчу эзар шерийн терхьамехь (исторехь) вайнахана маршо ца гинехь а, вайга ларбелла вешан башха мотт, оьздангалла, тассам (культура) а. Мессапатаме кхаччалц д1адаржина вайн къоман дахаран хьелаша кху махкара дуьйна, д1адаханчу кхо-диъ эзар шера дахаллехь. Амма гуттаренна 1ан, даха а кху Къилбаседа-Кавказан латта (Нохчийчохь) хаьржина дIакхелхинчу дайша, кхунах гуттаренани меттамотт, тIаьхьенийн туш деш. Х1унда аьлча, кху махкахь доладелла дера, шолг1а Адам-пайхамаран (1.с.) Нуохь-пайхамаран (1.с.) кхаа к1антах. Оцу Нуохьан (1.с.) мттах, динах, оъздангаллин г1иллакех, 1адатех вайн дай ца къаьстарна ду вай тахана  хан йоккхуш ду кху лаьтта Iехь. Оцунна дуккха а тешаллаш долуш терхьаман (историн) Iилманехь. Амма оцу терхьаман (историн) бехачу новкъахь, муьлххачу къаьмнашца вайн хьакхадалар нисдаларх, вайх лаьцна дуьйцуш дисначу йозанан тептарийн баххашкахь, вайн маршонний, маттаний, махканий, тассамний (культуриний, дерриге Iер-дахарний) дуьхьал дерг, зене тIеIаткъамаш совбохуш схьайеанарг Россин пачхьалкхан Iедал, цуьнан эскар а ду. Вайн къоман дахаран кеп буххера дуьйна йохо гIерташ дIакхехьна мохкдIалацархоша шайн политика, хIуъа дина вайна йукъахь лайн амалш йаржийта гIерташ, вайна йукъахь шайна муьтIахь хьоладай баржо Iалашо йолуш. ТIаккха оцу вайн къомах бевллачу хьоладайх шайна тешаме гIортор йан. Иштта йолу дахаран кеп тIе ца эца, гIаттамаш беш, леташ хилла вайн къоман къонахий: Адин Сурхо, Шайх Мансур, Таймин Биболат, Iаьлбиг-Хаьжа, Харачойн Зеламха, Iабдрахьман Автарханов и. дI. кх.
                4

Российн паччахьан Iедало хьошу вайн маршо, дIалоций долара боккху мохк, нуьцкъала вайна йукъахь йаржайо муьжгийн амалш, эвхьаза доккху вайна йукъахь маларш мийлар, тоьхначунна мах а луш, моттбеттар,  дечу гIулкхана кхаьънаш далар, эцар марздо, зина магадар, акхаройн востара дIакхайкхадо вай, дуьненна хьалха дастаме довзуьйтуш, йемалдо вайн гIиллакх-оьздангалла, дин, харцахьа доккху шайн Iилманехь вайх долу терхьаман (историн) иэс. Николай-паччахьан, Делах даьлла Ленинан Iедал а шаьш дохадале лараделира нохчийн къоман лай-элий боцуш хилла демократически дахаран кеп йохо. Шайна муьтIахь вайнахах болу чиновникаш дебо, царна Iедалан куьйгаллехь шайна пайда эца Iамо, ма-дарра аьлча, мехкан бахам шайн кисанашка берзоран чам бовзийтира. Петр I-чунна тIера Николай 11-чуьнца цхьаьна Российн Iедалера нохчашна гинарг харцой, къизаллий, йамартлонаш, тешнабехк бен кхин дика цхьа а хIума ца хилла. Ишттачу пачхьалкхан Iедалан харцонна кIел даьхначу вайн къомехь, кхечаьргахь а, муха гражданалла кхуьуьйтур йара бIе сов къаьмнехь кхоллайеллачу Россехь?!
Меран бераца дестечул а шен халкъаца очйаьллачу пачхьалкхо гражданаллин, тассаман а (культура) метта оьгIазлой, цабезам биллина нохчийн дегнаш чу хIинццалц схьа. Иза нохчийн къоман бехкенна ца хилла. Нохчаша-м муххале, Iедало шегахьа болу хьежам дикачу агIор хийцаре сатуьйсуш, Россин армех боьлхуш, тIемаш бина туркошца, гIажархошца, японцашца, немцошца а. Амма дукхах долчу шен оьрсийн къомах бинна муьжгий нохчех бан Iалашонах йуха ца делира «Миклайн» Iедал. Нийсо, бакъо, низам (Конституци) ларйеш йоцу гражданалла нохчаша хIинццалц ца лаьцна тIе йа хIинцачул тIаьхьа лоцур олийла дац шайн дахарехь. Амма оцу харц низамна реза хилла дакъа кхуьу ночашна йукъахь а. Оцу декъан магIарера кхуьу харц Iедална муьтIахь чиновникаш, церан карахь гулло мехкан бахаман хьал, таро, шайн махкахошна тIехь куьйгаллин урх лелор а; цаьргахь гучуйовлу, угар хьалха лай нехан амалш а. Цигара схьакхета йолало вайн тассамна (культурина), гIиллакх-оьздангаллина иэшамийн, цамгарийн а хьу. Оцу харцоно кхуллуш хилла вайн махкахь обаргийн, гIаттамхойн, дуьхьалонаш йархойн тобанаш. Обаргийн боламций, гIаттаман айадаларшций нохчаша йиначу дуьхьалонаша зуламаш марсадахар бен, ваьшта ца даладо вайн тассаман (культуран), гражданаллин а хьелаш. Iедало къонахий чубухку, Сибрех лоьхку доьзалшца цхьаьна, харцо ца ловш берш, Iехалой кху махкара гонахьарчу пачхьалкхашка кхелхаш дIабоьлху. Нохчийчоьнах къам гIакхдеш, къонахех хера доккхуш, цуьнан Iуналлех уьш ходуьйтуш болх дIахьо къинхетам боцчара.
                5

Паччахьан Iедал хьошуш, цIийн Iоврийн тулгIенаш тIехь, нохчаша гIо а деш, чIагIделлачу советан Iедало, лай хилла къардала ца тигча, махках доккхуш, гулаган йийсар дира вайн  къамах. 13-шарахь дихкина дара вайна гражданалла, тассам (культура), «чеченец» боху дош зорбанехь йаздинарг зуламхо вара, набахти чохь вахко везаш. Оцу дешан метта лелаш дара «спецпереселенец». «Къа ца хьоьгучо ца йуу», - бохуш, цу Iедало дIакхайкхинехь а, хьанал къахьоьгуш доккхучу рицкъанан барам доьзал кхабалур боцчу кIезгачу бараме балийнера большевикаша. ТIаккха хьанал болх беш схьавогIуш верг а, шен доьзал хене баккхархьама, къолане ца кхевдича ца волуш зама тIехIоьттира нахана. Цундела пачхьалкхан кхаш тIера, заводера, хIума яйадон аьтто болчу муьлххачу предприятера хIума лачкъор, къола дар а марзделира нахана. Къола ца дича валалур вацара доьзалца хене. ХIетте а халкъо далахIоьттина белхаш бора, пхеашеран планаш къахьегарца, тоъхначу хенал халха кхочуш йора, амма хьанал рицкъи тIехь доьзал кхиоран хьелашка дахар доьрзуш дацара. Дуьненан Юкъара ШолгIачу тIамо гуттар чIогIа аьтто бохийра дай тIаме дIабигначу доьзалийн.Ткъа 1944 шарахь махках дахаро, цхьа а дегайовхо ца йуьтуш, бойу нохчийн къоман, мел дика хетачу Iедалах болу тешам, халкъан бIаьрг бодуьйту Iедалан куьйгалхойх (чиновникех). Юккъерчу Азин мехкашкахь охьадужу къоман бIешерийн духаран куц-сибат, хийцало кхача, гIелло Iадаташ, гIиллакх-оьздангалла, дин, тIекхуьучу тIаьхьенна марзло хийра гIиллакхаш, амалш: эвхьаза долу маларш мийлар, гIелло воккханиг ларар, вовшашка нохчийн мотт бийцар, марзло кхиндолчу къаьмнийн эвхьазлонаш, соцу тассаман (культуран) кхиар (музыка, суртдиллар, хелхарш дар, литература арахецар, нохчийн маттахь дешар и. дI. кх.), кийра буьззина лаьтта Даймахке сатийсам. Оцу хьолехь нохчийн гражданалла, тассам (культура) а, шаьш хьийзочу Iедална, неIалт кхайкхош, иза дохийта бохуш доIанаш даре йирзинера нохчийн, кхиндолчу махках дохийначу къаьмнийн дог-ойла.

6

Нохчийн къомах Iедалехь болчу хьаькамийн деналла ца кхаьчна, къам дохош хилар шайна хууш хилча, нахе 1944 шарахь махках дахале, кхин шайн дан хIума дацахь, цу бехачу некъана кечам мукъане байта. Тешнабехк, йамартлонаш Iедалехьара ца хедаш, мел йаккхий чIагIонаш ша дIахIуттуш цо йинехь а, схьадеана тахханалц вайн къам. Халкъан бала болуш, цунах дог лозуш, къоман дахар мелла атачу даккха гIерташ Iедал нисделла дац вайна дIаиханчу заманашкахь. Ткъа Iедалах, цо къомана дина гучудолуш диканаш доцчу пачхьалкхехь гражданалла, муха, мичара кхолладала, кхиа, чIагIдала а деза нохчашна йукъахь? Гражданалла шен Даймахке болчу безамо, пачхьалкхан куьйгаллехь долчу Iедалан дикалло, халкъана йукъахь цо нийсо, беркат, барт, мехкан рицкъа хьанал хIоранга  дIакхачор латточу йукъараллехь кхоллалуш, кхуьуш а йу. Цундела адмашкарчу гражданаллин кхетам къеггина гучуболу пачхьалкхана тIе цхьа кхерам беача йа Iедалехь карчам хиларан мур тIехIоьттича. Шайна тIехь лаьттинчу Iедало кхоьллина долу дахаран сурт шена товш хиллехь, халкъ Iедалехьа долий, кегарий уьйуш йолчу тобанашца къовсаме долу. Ткъа цу Iедална реза ца хиллехь, йуьстах соцу, Iедал къуьйсучу шина тобанех шена муьлхарниг голехь хир йу хьоьжуш. Халкъан дуьхьа бу шайн къовсам бохуш, оцу зуламечу тобанаша, хьалхенгахь халкъо мел кхоьллина долу хIума дохо, идо, ата доладо, шаьш оцу махкара кхелхина кхечу планети тIе дIадаха дохкуш санна. Оцу балхо гойту вайн гражданалла, тассам (культура) кхиаран барам, вайн оьздангаллин тIегIа. Цхьабакъду, оцу саьхьараллин кегаренашна йукъа гIерташ дерг, оьздангаллех доьхна, шайгахь лайн амалш гулйелла халкъах къеззиг долу дакъа бен ца хуьлу. Амма ишттачу наха Iедалехь гулйеллачу жоьлкашна аьтту-м боккху шайн йамартлонаш, къоланаш дIакхехьа. Гражданаллин кхетам холкъалахь кхиа, чIагIбала хьелаш кхолладалийта, Iедалехь болчу куьйгалхоша шаьш дечу къеггинчу, даккхийчу  гIуллакхашкахь шайх адамаш тешийта бахьанаш кхуллуш хила деза, тIаккха вайна тассаман (культурин) хазалла, цIеналла, къомалла а ларйан хала хир дац, иза ийманан хорша йоьрзур йу. Хазачу хабарех Iеха-м ло адамаш цхьана муьрана, амма цунах гена хьадар ца хуьлу. – Дашо краникаш чуьра эмкалийн шура, мехкадаьттанах проценташ а ца гира нахана, «Ичкерин» Iедало хилуьйтур йу баьхна йолу, Iедалан «хьевдане» цу хенахь нисбеллачарний, къоланехь каде болчарний бен цабеара кара мехкан бахам.
Цара шаьш катоьхначух шайна чохь Iа гIаланаш йира, иномаркаш ийцира, кхечу пачхьалкхийн банкашкахь шайн тIаьхьенашна валюта дIадиллира. Иза вайн махкахошна гина хIума ду, цу хенахь кегий хиллачарна тIехь. Къоначу чкъурана дика го, цхьанххьа  балхахь боцуш, шайн кертахь кхобучу бежанах, бешахь лелочу хесах а хене бовлуш, гIиллакх-оьздангаллий, тассаммий (культурий), къоман цIена йуьхь, сий лардан гIерташ болчу нехан дахаран къен хьал а, катухучийн токхе хьал а. Оцу гуш долчу хьоло гойтуш йолчу башхалло тIекхуьучийн дайшкарчу тассамах (культурах), оьздангаллех а хилла кхетаман ойланаш хуьйцу, оьзда а волуш къен хуьлучул, мухха тасавелла а бахамах тасавалар гIолехь хетта царна, хьарам, хьанал ца къестош катоьхна а. ХIунда аьлча дукха хьолахь катохаро во цунах ваха хууш верг, нахалахь дош лелаш верг, нах хьесталуш, цIе йоккхуш верг а. Кисанаш деса долуш, дуьйцучу хазачу, нийсачу, къинхетамечу хабарех гIаланаш хуьлуш йац. Вай мел дийцича а, къоман тассам (культура), гражданалла цхьана билггалчу йукъараллин дахарна, цу чохь лардечу низамна тIетевжина, цунна тIехь кхуьуш, заздоккхуш, лаьтташ а мехаллаш йу. Ткъа оцу йукъараллин дахаран майданахь тIекхуьучу тIаьхьенашна масаллина дIагайта оьзда, гIиллакхе, вочу агIор ала хIума доцуш болуш, дош лелаш долчу адамийн васташ оьшу вайна. Нагахь санна иштта цIена, дешан дай болуш дIабата, бийца къонахий вайн бацахь, вай йетташ йерг эрна бага йу. Коммунистийн Iедал долчу хенахь а йара Iаламат говза хIоттийна, Къуръан чуьра схьаэцна йолуш санна, йазйеш дIакхайкхийна «Моральный кодекс строителя коммунизма». Цо хьоьхура, мухачу гIиллакхашца хила деза советски адам, тIекхуьуш йолу тIаьхье а, ткъа куьйгаллехь болчара оцу кодексо цабоххург дара деш, лелош а. Изза хир ду-кх вай тахана дуьйцуш долчух, вайн  кегийрхошна дIагайта дика, цIена нах бацахь, цхьа а хьарамло шайца йоцуш, Дала, Элчано а (I.с.с.) дан тIедиллинарг кхочуш деш, хьарам динчунна гена бовлуш. Нахе хьарамчух ларло а бохуш, хIара дуьне дIакхаьллича шаьш Iебар боцуш, кхаьънашка марзбела чиновникаш вайн Iедалехь хилахь, халкъехь гражданалла кхуьур йац. Хи коьртера дуьйна хьаьIаш ца хилахь, иза лахахь ца хьаьа олуш ду вайн къомо. Ткъа оьрсаша чIара коьртера бахкабала болало олу. Цундела вайн къоман гражданалла, тассам (культура) а, оьздангалла кхиар коьртера (Iедалера) доладала деза. Iедалехь болчу цIеначу, хьаналчу, бакъонехь болчу нехан васт ду халкъана, тIекхуьучу тIаьхьенна къеггина ган дезаш, царах масал эца, дозалла дан. Ткъа когашкахь къоман оьздангалла, тассам (культура) а, вайн хьолкъалахь даима хилла, лаьттина йу, бартан кхоллараллехь йуьйцуш, тIейогIучу хенахь а, Дала мукълахь, лаьттар йолуш йу, Iедалш мел хийцалуш латтарх. Амма Iедал а оцу мехаллийн балаболуш, уьш лардеш а хилча, холкъалахь цхьаалла, барт а чIогIа-м хир бара. Бакъду, иллешкахь йуьйцучу тассамна (культурина) а, оьздангаллина дан дезаш ду вайн замане хьаьжжина чекхъхьажар, цхьадолу хIумнаш цу тIехь вайн таханенца ца догIуш хиларна. ДIайаханчу заманийн къоман лехамашца йогIуш хилла къонахаллин амалш, цу хенахь эшна хилла хьуьнарш а таханлерчу вайн хьашташна, лехамашна зене хилар бен, пайда ца беш хиларна царна йукъахь. Оцу «доьналлешха» лаьцна ша къамел хила дезаш ду. Тахана нохчийн къоман пачхьалкх кхолларан лехамашна оьшу, нохчашна йукъахь нийсо чIагIйеш, бехбалаза, къоман, мехкан дуьхьа гражданаллийн кхетамехь гIарабевлла, шайна там ца лоьхуш йукъйихкина къахьегна, къахьоьгуш болу турпала къонахий. Ишттачу заманан турпалхойн гIулчашца нисдан деза вай хIораммо вешан белхан болар, тIекхуьу тIаьхье бакъонехь кхетош-кхиор а.

7

Кадыров Ахьмад-Хьажас (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) нохчийн къоман пачхьалкх кхолларан нийсачу новкъа къам дерзоран болх дIаболийчхьана, вайн махкахь гуш, хууш, вайн дахарехь халкъ паргIатдолучу агIор дуккха дика хийцамаш хилла.
Вовшахтоха, дIабахьа, мел хала хиллехь а, харжамашкахь, къомо кхаж тосуш, кхоьллина дахаран низам лард – Конституци, Парламент, Правительство, пачхьалкхан урхаллин структураш а. Эххар а меттигера Iедал хаьржина, вайн пачхьалкхан сурт дуьззина кхочуш хилла дIахIоьттина  – дисинарг хIораммо ша вол-волчохь хьанал, цIена гражданалла лардеш, болх бар, адамийн хьашташ кхочуш дар ду, ша нехан хьашташ кхочуш дан декхар вуй хууш. ХIара пачхьалкх (Нохчийн Республика) вешан йуй хиъна, хIораммо шен керт-кевнехь санна, тIаламца, Iаьвшина, халкъан бIаьрг тIехIуттучу, бузучу агIор гайта веза ша. Иза бу вайн гражданаллин коьрта кхетам. Оцу кхетамо, шеко йоццуш, денйийр йу вайн тассам (культура), цуьнца йоьзна йолу оьздангалла. Вайн къоман Iадаташца, гIилкхашца, динца йогIуш идеологи оьшур йу вайна. ХIоттийна Iалашо йоцуш, цхьа хIума до ша бохуш ара йаьлла тоба къилба доцу хIордакема санна, мох хьаькхна-хьаькхначу агIор дIасаидор йу. Вайн къоман тIекхуьучу къоначу тIаьхьенан кхеташ-кхиоран къилба галдаьллера хьалхенгахь. Пхьоьханах, телевизорх, видеоцIарматлонех тешна битина дукха доьзалш бара. Цундела Iаламат мехала гIуллакх ду вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчохь долийнарг - къона тIаьхье кхетош-кхиорехь, зуда йадор, динехь керла тобанаш дебор дехкарехь, наркоманица, алкоголизмаца къийсам латторехь а. Оцу балхана вай вешан доьзалшкара хьала: дешарийн хьукхматашкахь а, Iедалера охьа йартийн, гIаланийн администрацешкахь, маьждигашкахь - кегирхой кхеташ-кхиорехь, и зулам даржош берш жоьпе озорехь, дийнахь, буса мал ца луш къийсам дIабахьа беза, и дIовш махках даккхалц. Къоначу чкъурана ваьшкара масал эца меттиг буьтуш, гражданаллехь, тассамехь (культурехь) нисдала деза вай: божарий, зударий, къаной, Iедалан даржашкара чиновникаш – вовшашкара дуьззина нохчийн гIиллакх-оьздангалла гайтарца, бечу балха тIехь, Iер-дахарехь, къамелехь, вовшашца йолу йукъаметтиг лараме хилийтарехь. Хьалха ца бийцинехь а хIора доьзалехь, телевиденехь, радиохь, гуламашкахь буьйцуш берг нохчийн мотт хила беза. Делопроизводство (гIуллакхийн йозалелор) нохчийн матте даккха хьовса деза. Чиновникашна нах хьийзабар дехка деза, компенсацеш дIайалар тIехь, пенсеш хитторна тIехь, реабилитацин справкаш йалар тIехь, ветеранийн цIар тIе ваккхарехь, экзаменашкахь студенташ хьийзорехь, балха дIаоьцуш кхаьънаш эцарехь, шофершкара «некъан йасакх» такхийтарехь, кисанна дика болу зуламхой суьдах маьрша битарехь т дI. кх. ХIинцалц и белхаш леллехь а, тахана гражданалла, тассам а вешан тIекхуьучу тIехьенна вай марздан, тIелацийта гIерташ делахь, и хьалхалера цIармат хIумнаш Нохчийн пачхьалкхехь вай магийта ца деза. Нагахь санна вай лакхахь йийцина цIарматлонаш, заьIапаллаш а вайн чиновникашка лелайайтахь, магийтахь а вай тIекхуьурш хир-м бац, вай шайна хьоьхуш дерг схьалоцуш йа деш а. Дийцинчунна жамI вай дича, схьахIутту вай (даккхийчийн чкъор) ваьш а цIандала дезаш хилар ваьшна марзйеллачу сакте, айпе амалех. ТIаккха бен кхиам болуш хир дац вайн оьздангалла меттахIоттар, гражданалла кхиар а. Халкъо-м шен оьздангалла схьайеана, пачхьалкхан коьртехь долчу Iедало шен харцо тIекхуьучу тIаьхьенна марзйаллац, зуламечу масалшца тIеIаткъам беш. Цундела ду тахана хьалхарчу рогIехь Iедалера чиновникаш нисбалар, хьарамлонех цIена хилийтар, айпечу сутараллех, къоланех дIакъастийтар. Чиновникаш цIанбелча, цара шайгахьа халкъан тешам чIагIбала битча, къоман пачхьалкхе, Iедале а болу ларам сов бер бара, нийсо йаьржар йара. Iедалний, халкъанний йукъахь ларам, тешам, барт кхоллабелча, вайн къоман дахаре ирс хаьвзар ду. Оцу кхаа оьздангаллин мехалчу гIортораша (нийсоной, бартой, ирсой) денйийр йу вайна йукъахь ворхIе дайшкахь хилла оьздангаллин «бIов», вайн тассам заманан лехамех йузуш, кхуллур йу бакъйолу Нохчийн пачхьалкхан гражданалла, иза вайн йукъара боккхачу Даймахкана-Россина а тIейогIайелла, дика тIеIаткъам беш хир йу, хIунда аьлча и гражданалла Нохчоллех йуьзна хиларна. Нохчоллехь а дуьсуш, вешна йуьхь, куц-сибат лардеш, вешан маттахь Iилма, философи йолуш, бусалба дино ма бохху Далла Iамал йечехь ваьш хила лаахь, вешан мехкан дола а деш, Нохчийн пачхьалкх йезаш вай делахь, дезар ду: божарий шайн доьзалийн, зударийн дола а деш, царах жоп луш хила, уьш, ша а нийсачу дахаран некъахь латто; коьрта куй буожарша лелош, йовлакхаш зударша коьрта техкина, дуьззина дегI хьулдеш духар лиелош, корта хьовзош болу хIумнаш йукъахь лелочуьра дIадаьхна, хьарам-хьанал къастош къахьега, вайн оьздангаллица догIуш доцу даздарш, къоначарна вовшен довзар, захало дийцар, цхьана билгалйинчу меттигашка дерзо, телерадио передачашна гIеххьа бехкамаш бан, Далла Iибадат дар жимчохь дуьйна берашна марздан, стен, боьрший вовшех къаьхкаш кхиа Iамо а. Зударий Дала наналлийна кхоьллина бу, цундела уьш базаршкара цIа берзо беза. Тоьар ду божарий церан иждевеналлехь Iар. Зударшна ма моттийла со уьш кхерчах дIабихкина, чохь бахко гIерташ ву. Иза данне дац дагахь. Амма ненан Iуьналла доцу доьзалхо мелла акхаволу, цундела рицкъанна тIехьадовлий, бераш хеций ма дита, бах аса. Сан къамел шера ца нисделлехь, иза барамал сов дахделлехь а, со вайн цхьана кхетаме дало гIиртина шуна: вайн пачхьалкхан гражданалла ца кхиъча, вай вешан пачхьалкхо беркате заз доккху агIонаш лоьхуш, иза кхуьу, йехаш хуьлу таронашна къахьоьгуш ца хилча, Iедалан коьртера дуьйна, вайн цхьаалла, барт а кхочуш ца хуьлу.
Коьртера дуьйлалой вай цIанлуш гражданалла кхио, когашкахь-м къоман собар долчу декъо ларйеш ма йай и гражданалла. Дала марздойла вайна оцу къоман цIеначу декъан собаре кхача. Дала гIодойла вайна коьртера дуьйна цIандала а.

              Бераллин дахарна тешаме виснарг

Демин кIентан, ИсмаьIалан карарчу 2016 шарахь дезткъа шо кхечи. Иза вайна дуьне дезаре хьаьжча кIеззигчу хенан мур бу вайн дахарехь, амма оцу шерийн деноша тIекхийдийначу гIайгIа – баланашка хьаьжча, дуккха хан йу собарций, доьналлийций чекхдала адмана.  Дахаран къиза, хала тохарша берахь дуьйна зийна Демин воI, ИсмаьIал. Йуьртахоша-м кхуьнан цIе Iалавдди йоккху. ИсмаьIал дуьненчу ваьлла Куршлойн кIоштан Цоци-Юьртахь 1936 шарахь. Кхеран доьзалехь ши йоI, ши кIант хилла. 1944 доьалгIачу шарахь махках дахале нана дIакхелхина кхеран, ткъа дIакхалхийначу шарахь ГIиргIизойн махкахь да дIаваьлла. Дешичас, Доккуев Мохьмада доладеш хилла кхеран, амма иза, камендантера «пропуск» йоцуш, ша Iаш волчуьра  кхечу меттиге дIасавахарна, хан тухуш чувоьллина. ХIорш диъ, Мохьмадан шен доьзал цуьнан зудчух тешна бисира. Цул тIаьхьа ИсмаьIал, цуьнан ваша Хасмохьмад берийн цIийне кхочу. Берийн цIийнан директоро хIара хирийн къомах ву аьлла дIайазвар бахьана долуш ФЗУ деша воьду иза пачхьалкхан чоьтах. Цигахь дешна валарций советски эскаре Iамо вуьгу иза. Ткъа 1958 шарахь, эскарехь долу гIуллакх чекхдолий, Нохчийчу цIавоьрзу. Оцу хенахь дуьйна суна йуххера вевзина ИсмаьIал, тхаьш цхьана йуьртара хиларна, тIе цуьнан маьхчица, Доккуев Турпал-Iелица доттагIалла долуш, цуьнца цхьаьна Аргунера №I школа доьшуш чекхйоккуш хиларна а. Вай цIа дирзинчу шерашкахь
хIинцалерчарах тера аьттехьа чохь Iаш долу хIусамаш йа чохь йийбарш йацара. Дуьйциний, буьдачу кибарчигех дина, тхов тIе латта тесна, тIехула поппар хьаьхна, лохий цIелигаш хилара, чохь а цIенкъа йиллина. Школа чекхйаьккхина ваьллачул тIаьхьа, Турпал-Iела, со пединституте ваха дагахь, охашимма, гонахарчу десачу нехан дакъашкара диттийн IиндагIашкахь, экзаменашна кечам бечу деношкахь, некъал дехьа цхьана оти чохь, шен хIетта далийначу нускалца Iаш волу ИсмаьIал вогIура тхойшинна тIе. ИсмаьIал цхьа а хIилла – мекарло доцуш, беро санна далхадора тхуна, ша тхох хьоьгуш хилар. Цо олура: «Дависийла, со велира шуьшиъ санна дешна ваьлла, институте деша ваха цхьаьний!»  «Iалавди, шек ма валахьа, хьо бархI класс йаьккхина ву, шина шарахь буьсанна хьоьхучу школехь 10 класс йаккха хьажа, тIаккха хьуна маьрша бу-кх институте ваха некъ» – олий, оха са тедора цуьнан. 1960 шарахь тхойшиъ Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтехь деша волавелира, ткъа ИсмаьIал Аргунехь  йан йолийначу шекаран заводе электро – монтёран балх бан волавера, циггахь заводо квартира йелла. Доьзалехь гучувелира дуьххьарлера кIант, МасъIуд. Иза доккха хазахетар дара дена, амма кIентан шо кхачале доьзалехь барт ийгIина зудчуьнца къаста дийзира. КIант Iедало ненехь витира кхуьнан  вахаран хьелаш ледара хиларна. Берийн цIийнехь даьхначел хала шераш дара уьш ИсмаьIалан вахарех. Амма ИсмаьIал заманан халонаша каг ца вира, цара муххале ша деша дезаран ойланехь чIагIвира. Дийнахь болх беш, сарахь буьйсанна дешар хьоьхучу школе лелаш, Аргунехь 10 класс йаьккхина 1969 шарахь, шен кхаьчна 33 шо долчу хенахь, 18-19 шераш долчу кегийчу нахаца Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институте деша тасало ИсмаьIал филологин факультете. Ханна воккха велахь, дешарна чIогIа сутара вуьйцура иза цуьнца доьшуш хиллачара. Институт йаьккхина волушшехь йалийра ИсмаьIална Эвтарара зуда, Роза. Дика ийман долчу нохчийн доьзалера йоI хиллера иза, цундела ИсмаьIална тешаме накъост хилла схьайеана таханлерчу дийне кхаччалц. Розас дина йоI– Хьава, кIант–Рустам ду цаьршинан. Хьехархойн институг чекхъяьккхинчул тIаьхьа Цоци-Эвлахь школехь берашна нохчийн мотт литература, оьрсийн мотт литература хьоьхуш, цхьадолчу шерашкахь истории а хьеха волало иза. Бакъду, хьехархочун белхан хьалхара шераш хало даьхкира ИсмаьIална. Нохчийн бераш урокехь шега ладугIуьйтуш сецо хала ду хьехархочунна, нагахь уьш цец дохуш йа церан тидам хьайн къамелана, айхьа дуьйцуш долчунна тIехьавзо говзаллин ницкъ хьан бацахь. ИсмаьIална ша урокехь темица дийца дезарг дика хаара, амма, цунах берашна чомехь кхача кечбина, иза царна дIакховдор каре ца доьрзура. ТIе, ша дог кIеда хиларна, берашна хьалха ша церан хьарцахьа леларна реза воцу кеп хIотто ца хаара. Цундела ИсмаьIал сих-сиха гайтаман урокашка вига дезара йа цуьнан урокашка зераш алсамо долу хьехархой хьежо безара завучан, директоран, методистан а. Цхьабакъду, ИсмаьIалан вайн халкъан бартан кхоллараллица, литературица долу гергарло боккхачу безамца хиларна, тIе  хIара ша берийн кхетамна аьхна, тамехь, сихха дагахь дIайийца иэсехь совцуш байташ йаха , Дала похIма делла хиларна, кхунна берийн дегнашна т1е доьху сакхмакхаш карийра оцу агIорхьа. Цуьнан байташ школера «Шовда» цIе йолчу пенан газетна тIейетта йолийра, уьш Шелан районан «Коммунизман байракх» газетан, «СтелаIад» журналан агIонаш тIехь зорбане йевлира. ИсмаьIалан цIе шуьйра йевзира Цоци-Юртахь, вайн махкахь 1984 шарахь дуьйна. 1990 шарахь зорбане йелира ИсмаьIалан хьахара  берийн стихаш тIехь йолу гулар «Шен куьзган чохь гича лам» цIе йолуш. Иза сихха дIаийцира йезаш дешархоша. Оцу гулар тIехь дуккха йара берийн афоризмаш шайна чохь гулделелла кIорггера хьикматаллин маьIна. Масала:

«Йиша, ваша, шича, маьхча
Гулло гонах хилча ахча,
Амма ахча хьан дIадалахь
Карор бац уьш юьртахь, гIалахь»;

йа:
«Самавала Сайд-Iади,
Кхойкху хьоьга горгали»;

йа:
«Сан карахь йу гIорза,
Новкъара  дIадала  Барза»;

йа:
«Шен куьзган чохь гича лам,
Белабелира жима Iам».

Дукха ду ИсмаьIалан байташка даьхна кицанаш, хIетал – металш, чехка аларш йа доца аларш. Цунна масалш ду дуккха хIокху шарахь цунан зорбане вайн НР йаздархойн Союзо йаьккхинчу ИсмаьIалан «Чухчарин цинцаш» цIе йолчу стихийн гуларна йукъахь.
Сан кадолу дика тахна:
Балхана тIе ойла йахна.
Беш ахкало соьга атта,
Декъа ма дац хIинца……(латта);
Йа:  Йухкуш йолу хIума эца,
Лелош ду наха шайца.
Мало ца йеш болх бан вахча,
Кара кхочу доккха ……. (ахча);   
Йа: «Ас хьуьнхара беана хьонка:
И бан ваха йу сан конка…
Эрна ца дай хьуьнах вахар,–
Йай чохь кхехкаш бу сан…..(жахар);
Йа:   Йац и пIелга тIера маIар,
Бу и чIерий лоьцу ……. (маIар); 
Йа:  «Iаьржа буьйса кхаьчна тIе,
Къайла долу маьлхан …. (де).

Берашна йаздина доца аларш ду ИсмаьIалан дагахь латто атта долуш, кIорггера маьIна йукъалоцуш, гIиллакх-оьздангаллехь лела Iамрш а.

«Вонах ларлуш дича болар,             
«Массо хIусам хилча бертахь,
Сингаттаман хир йац кхолар»;            
Вониг хир дац мехкан кертахь»;

«Деши сайн цахиларх долахь,            
«Буса чиркхаш дайча дIа,
Тоам бо ас долчу хьолах»;               
Со туьйранаш дуьйцуш Iа».

«Чухчарин цинцаш» гуларна йукъахь ду бераша дезалур долуш, хаза туьйра «Абу а, БIобу а». Кхузахь  ИсмаьIала пайдаэцна вайн къоман дикачу амалехь,– бераш майра, доьналла долуш, кхерадалар хIун ду ца хоуьйтуш, кхиа лууш, уьш боданах ца кхера Iамош, лелийначу зерех. Вайн баккхийчара берех, майра ву аьлла шен цIе йаккха лууш верг, Iаьржачу буса кешнашка йа цхьана тIай кIел, йа хуьнан хотене вохуьйтура «куй била», ткъа шолгIаниг ша иза схьаба вохуьйтура.  Иштта зерех чекхваьлларг доьналлехь вуьсура шен дахарехь. ИсмаьIалан шина гуларна , – хьалхара «Шен куьзган чохь гича Iам», шолгIаниг – «Чухчарин цинцаш» таллам бича вайна гучудолу, автор берийн хьекъал-кхетам чу вала гIерташ къахьега ца оьшуш, цу чохь висина хилар. Дуьнене, дахаре а хьежам цуьнан берийн бу, цо байташ кхуллучу муьрехь. Цо, беро санна дахаран галморзахаллех, адамийн кийтарлонех шена гIайгIа – бала ца бо, царна тIехь шен тидам ца ирбо. Цундела цо шен кхоллараллин йозанашкахь даккхий сакхташ, гIайгIанаш, дог огуш йолу бодане дахаран агIонаш тергал ца йо. Иза беран бIаьргашца , цец вийларца хьоьжу массо хиламашка. Оцу кепера вайн къоман кхолламе, мехкан Iаламе, адамийн амалийн башхаллашка берийн кхетамца хьежар хьан-хьанна карадоьрзуш, йа дирзича дIакхехьалуш дац. Оцу востара дахарехь виса аьтто беш дерг, Дала дела кхоллараллин похIма ду,– иза дуьззина кхаьчна Демеев ИсмаьIале. Цундела цунна даима дахарехь гуш долу суьрташ хаза, сирла, къегина, цIена ду, шайна тIехь цхьа хьоькх йоцуш. Оцунна тоьшалла до цуьнан байташа. Масала, дIайоьшур вай «Чухчарин цинцаш» йукъара «Нохчийчоь»  – стихотворени (7- агIон тIера):
Сийна стигал, масса хиш,
Олхазарша лоькху йиш…
Мел хаза бу хьо, Даймохк,
Сингаттаман йоцуш дохк.

Иза, коьртехь гIайгIа-бала гулъелла ца лаьттачу беран ойла йу. Ткъа воккхачуьнан ойлане  и боьалгIа  могIа  хьаьвзар бара иштта: «Латтарх гонах тIеман дохк», хIунда аьлча дIабаханчу шина тIамо вай кху мехкан диканех ирс эца дитина цахиларна, историн йахаллехь цу тIемашкара паргIт цадовларна. Оццу стихотворенин шолгIачу байте хьовсур вай:

Хаза хьаннаш, аренаш,
Сирла, шийла шовданаш…
Даймохк, даьккхи ахьа заза, –
Туьйранал хьо бу-кха хаза.

ХIокху байтехь а ца кхийда берийн хьежам байккхийчеран исбаьхьаллин суртхIотторан говзалле. Авторан «хьаннаш, аренаш,» «хаза» бохучу эпитетахь кхачо йина йисна, ткъа «шовданаш,» «сирла, шийла» хиларх тоам бина. Амма берийн ойланера ваьллачу поэто иза, билггала, кхечу кепара эр дара:

«Токхе хьаннаш, аренаш,
Дарба шортта шовданаш.
Даймохк доккхуш бу заза,–
Хьо бу туьйранел хаза»

ХIокху байтан боьалгIа чу могIанехь «Хьо бу» боху дешнаш могIанан коьрте хиттийча, стихан ритм нисло, тIе дешнаш нохчийн предложенехь хила дезачу бакъонна кIел, къепехь нисло. Оцу стихан 3-гIа байтехь ИсмаьIал шен бераллин динара воьссина хетта суна, иза философин аьрхачу гиланна тIехь нисвала гIоьртина:

«Ахь харцонаш  эшайина:
ПаргIат бу хьайн сина.
ТIеман букъ кагбина ахь,
Лаккха боккхуш синан мах…»

Цкъа–делахь, харцонашца болу къийсам цкъа соцур болуш бац дуьненчохь йа вайн махкахь а. ШолгIа–делахь, син паргIато Даймахке кхачар беккъа тIамца бен ца буозаро, автор йуха берийн ойланашка воссаво, амма тIаьххьарчу, боьалгIачу, могIано кхуллу дешархочун хаттар:
Стенна лакха болу Даймехкан синан мах? Дуккха кIентий леш, боккха мах баларна йа дайша сатийсинчу маршоне кхачарна, йа дуьненна гергахь сий айдаларна, йа тIекхача йиш йоцчу Iалашоне ша кхочург цахиларна къера хила, догдиллина («Лакхабаьлла синан мах?!»). ШолгIачу байтехь ИсмаьIал йуха дIанисло шен бераллин динан букъ тIехь:

«Сийна стигал, маса хиш,
Олхазарша лоькху эшарш.
Иза ю сан Нохчийчоь
Декъал хилла йаха хьо!» 

Бакъду хIокху байтан шолгIачу могIанехь йа зорбане киншка кечйиначу корректора, йа авторо ша стихотворенин ритм йохайо цхьа дешдакъа могIанехь сов далитарна, кхечу могIанашкахь чул. ИсмаьIалан бехкенна доцуш кхин цхьа хьу йу цуьнан кхоллараллин балхах хьакхайелла, – иза-м бераллехь Даймахках даьхна хьалакхиъначу вайнехан чкъурах массарах хьакхайелла, сох тIехь. И сакхте кхачамбацар дахаран хьелаша кхоьллина  ду, хIунда аьлча ИсмаьIал вайн къам махках доккхучу хенахь 8 шо долуш бер хилла. Дех-ненах хаьдда, берийн цийнех 11-12 шо даьккхина, цигара армех вигна леллачу шерашкахь цунна шарбелларг, кхетам – ойлакхоьллинарг оьрсийн мотт хилла. Цундела цуьнан ойла йаран бух биллинарг оьрсийн мотт бу. Нохчийн меттан грамматикин, оьрсийнчун шайн-шайн башхаллаш йу. Ша берийн цийнехь школехь доьшуш волуш йа армехь хан йоккхуш, нохчийн маттахь цуьнца къамеле вала цунна йуххехь цхьа нохчи ца хилла. Цундела оьрсийн маттахь ойланаша кхоьллина суьрташ, эпитеташ, метафораш, дустарш, риторически хаттарш, предложенийн конструкцеш хаало цуьнан берийн байташкахь, статьяшкахь, очеркашкахь , дийцаршкахь а. Амма иштта асарш йукъанислуш ду сан кхоллараллин говзаргашкахь, кхин болчу йаздархойн, поэтийн, журналистийн йозанан белхашкахь, – иза тхуна мухIажарийн замано бина тIеIаткъам бу. Цундела вай лакхахь биначу талламехь аьллачо лахйеш йац Демеев ИсмаьIалан кхоллараллин мехалла, муххале цо гойту, мел чолхе болх бу авторан коьртан пхьалгIи чохь дIабоьдург,– шен ойла нохчийн грамматикин, фольклоран, литературан, гIиллакх-оьздангаллин, бусалба динан, нохчоллин а гура чу нисйееш. ИсмаьIалан «Чухчарин цинцаш» цIе йолу берийн стихийн гулар къеггина беркате гIулч йу вайн къоман берийн литература кхиарехь. Цо вайн тIекхуьучу тIаьхьенна довзуьйтур ду Даймехкан Iалам, къоман гIиллакхаш, кхуллур бу махке, белхан адамашка безам. Кхушара май баттан 16-чу дийнахь  Цоци-Юьртарчу №2 школехь дIайаьхьира ИсмаьIалан шолгIачу «Чухчарин цинцаш» книгина лерина презентации. Оцу школехь бинера ша, могашалла бахьана долуш, цIахь сацале ИсмаьIала болх. Презентацехь дакъалоцуш бара «Даймохк» газетан, «СтелаIад» журналан, НР йаздархойн Союзан декъашхой, Куршлойн кIоштан йаздархой, школашкара хьехархой, дешархой а. Дешархоша  кечйинера ИсмаьIалан кхолларалех, дахарх лаьцна йоккха программа: авторан произведенийн байташца кечйина инсценировкаш, йийшира стихаш, лекхира эшарш, далийра хIетал-металш. ИсмаьIалан кхоллараллех лаьцна элира дуккха довха, мехала дешнаш шайн къамелехь: Ирисханов Iимрана, Такалашев Султана, Минкаилов Хьаябис, кхечара. Ас а жиммалла презентацехь лаьтташ долу хьал  забарехьа, къамелана хецаделла хилийта ИсмаьIалан забарен байташ йийшира, шен зудчунна, кхечарна беламна йаьхна йолу:

«Йу сан Роза, жима, оза,               
Дао дезара цунна хьоза»;               
Йа:  «ДIадала Барза,
Сан карахь ю гIорза»

Цул тIаьхьа ас дIайийшира ИсмаьIалан байтех тарйина айса вовшахтоьхна стихотворении:

ДоттагIна дина совгIат

Хьовсал, бераш, иллин беша,
Мало ца йеш байташ йеша,
Асар деш ву, бохош баIал,
Жима воI Демин, ИсмаьIал.
Цу бешахь бу луьста нитташ,
Iеха, татеш, чомехь чIимаш,–
ГIел ца деш шен белхан хьал,
Ву цел хьоькхуш ИсмаьIал.

Дац цу бешахь болх бан атта,
Шаьш ца тешахь Розе хата!
Доцуш паргIат вижар, гIаттар,–
ИсмаьIалах хила трактор.

Бераш йешний аша цхьамма,
Йазйина киншка ИсмаьIала:
«Шен куьзган чохь гича лам,
Белабелира жима Iам».

Йешна йацахь, ас йац Iиттарш,
      Йешийша «Чухчарийн цинцаш»,
Дешнийн маьIнех кхеташ, паргIат,–
Ларде ИсмаьIална дан совгIат.

Вац со Демин воI хьох говза,
ГIорза карахь кхеро Барза,
БIе шарахь хьо ваха гIоза,
Могаш волуш берех ловза.

16.05. 2016шо.

Цул тIаьхьа кечбиначу кхачанах кхетта, вовшийн Iадиканаш йина, ИсмаьIална, Розина, школан белхалошна шортта ловцарш дина, йуха ишттачу диканехь гулдойла вай Дала аьлла, тхо дIасадахара.


Рецензии