Ваша, йиша а

Нохчийн доьзалехь кIант хилар боккха кхаъ, дозалла ду, ткъа йоI хилар –хазалла, доьзалан куц кхалар а ду. Ваша доьзалехь доккха ирс ду йишина, амма йиша хилар вешина а боккха аьтто бу, башха марзо а йу. И шиъ ший оьшуш ду доьзалехь вовшашна, дена-нанна а. Ваша, вайна ма-хаъара, цIийнан доь (хIу) дийна латош, тIаьхье ца йойтуш, оцу цIийнан кхерчара кIур ца байта, Дала вела Iу ву. Цундела олу вайнаха: -КIант ден а, доьзалан ирс ду, ткъа йоI ненан ирс, цIийнан цIано, цхьана нехан доьзалан беркат кхоллархо йу. - Вайн къоман доьзалехь, даима, йишега вешин дегалаам ларбойтуш хилла, хIунда аьлча ваша жоьпала  жиларна цIийнан дукъ дIакхехьа, йишин дола деш, тIалам латторна. Доьзалхо дуьненчу ваьлча, вай дечу ловцарша гойту кIентан (вешин) вай Iадато лакхара мах хадош хилар. Масала: «ВорхI вешин йиша хуьлийла!» йа «ВорхI вешин ваша хуьлийла!»- олу вай муьлхха доьзалхо дуьненчу ваьлча, Дала беркате войла алар тIе а тухуш.  Йиша ларйар, коьртачу декъехь, вашас  цуьнан сий лардар хилла. Ткъа муха лардо и сий? Дера лардо шегара, шен йишегара наха тIе пIелг хьажо, цIе йужу а хIума ца долуьйтуш. Вежарий алсам мел хили, йишин сий-ларам нахалахь сов болуш хилла даима. Доьзалехь йиша йоккха хиларх, иза, шел жима велахь а, вешех дагайолуш хилла кертал ара дIасайала йезаш хилча, цуьнан лаамал хьалхалелхаш хила йезаш ца хилла.  Дагайала ваша хилар боккха йуьхькIам бу йишина, хIунда аьлча ден цIахь йишин кхерч дийна латтош ву иза, ша дийна мел ву, ткъа ша дIаваьлча, и жоьпаллин дукъ шен доьзалхочунна тIе а дуьллу цо. Нехан цIен тIехь йиша йелахь а, вешин Iуналла хедаш дац йишина, цуьнан доьзалшна а тIера. Цундела хир ду вайн кица: «Лурвоьллачу кIантана ненавешин букъ тIехьа вижча бен, паргIат, мерза наб  ца кхетта»,- олуш. Вай Iадато гойту, йишин доладар тIехь, нагахь вешина цхьана нахехула, цатам баьлехь йа иза гIорасизалица йуьхьIаьржа хIоттийнехь,  маслаIат дечу хенахь куьгбехкенчара, вешин дохийна дог оьцуш, цунна тоьлларг дин йа шаьлта совгIатна луш хилларна. Масала 10 -11 шо кхаьчначу вешица йогIуш йолу йиша йадийнехь йа цунах цхьаммо куьйгаш тоьхнехь. Ткъа ханна жима хиларна ваша ца ларавеллехь зуламхошна кхоччуш дуьхьало йан, богIучу барамехь уьш йухатоха а. Цундела иза жима велахь а, цуьнан йуьхь йеш хилла иштта меттиг нисйелча совгIатца. Йиша бехке, экам, хьоме а йу, цундела оьздангалла йевзаш волчу вашас, иза шел жима йелахь а, цунна гуш, ур-аттала сигаьрка а узур йац, йа шена тIера бедар хуьйцур йац, вон дош эр дац – кхиндерш-м хьехор а дац вай. Доьзалехь жима йолуш дуьйна а йишас  тIелаьцна хуьлу  чохь, кертахь долу нуй-горгам, массо  цIанонан гIуллакхаш. Далла гергахь йоьIан сий лахара доций хоуьйтуш, далийна Делан Элчанан (Дала шех къинхетам баре терра, могаш, маьрша а лелийтила иза) хьадис Муслима шен «Рийазул Салихьан» цIе йолчу жайнахь: «Кхаба ма – йезза Iуналла деш, ши йоI кхиийна, и шиъ маре йахийтина волу да, барт хатам боцуш, йалсамани чу вохуьйтур ву Дала», аьлла долу. Оцу тIе а доьгIнна ала бакъо йу, вашас «кхаба ма – йезза Iуналлица кхиийна, маре ши йиша йахийтинехь, цунна а Дала, Шен къинхетамца, дIайоьллур йу йалсаманин неIараш.  Ваша, йиша ший а оьшу  да-нана къанделла, кIелдиса доьлча йа цомгаш хилча, дена гонах хьовзар кIантана эвхьаза хуьлу, ткъа нана Iалашйар йоIана эвхьаза хуьлу. Цундела эшначохь ваша хилар йишина а, оьшшучохь йиша хилар вешина а боккха аьтто, йуьхькIам а бу. Оцу хьелаша  гойту ваший, йиший жимчохь дуьйна вовшашна, доьзалехь оьшуш хилар, царна йукъахь барт, вовшен ларар, марзо а даима хила дезар а. Йишин ден цIахь  ирс эцар кIезиг хуьлу, цундела иза вашас хьостуш, дог оьцуш, массо гIуллакхашна тIехь кхоош, ларам беш хила йеза. Ден цIахь йоккху хан кIезиг йолу дера олу хир ду вайнаха: «Пхьуьйра хенахь рицкъех кхетаза йоI дIа ма йижийта, наб кхеттехь, самайаккхий а, хIума йаийта цуьнга». Кхин цхьа хIума а ду, йишин, вешех къинхетам алсам болчух тера долуш, ца хилча халко аьлла хир дацара: «Къемат-дийнахь, Делан пурбанца, вешин къинойн мохь схьаоьцун берг йиша бен йац». Йишина тIехь а ду жоьпаллин дукъ, цо а лардан деза вешин, шайн цIийнан сий, оьздангаллин цIе ца йожош,  ша ден цIахь йолуш, нехан цIен тIе йаьлча а. Иза ду шен дегIана, куьйгана, маттана цIена хила йезар бохург. Маттана, бартана собаре, оьзда а йолуш. Вашас шен аьттоне хьаьжжина йишина совгIатца хазахетар  дан деза, шен сингаттамаш йишех лачкъо беза, цуьнгара бала-гIайгIа дашций, дечу гIуллакхашций доькъуш хила деза. Ваша воцу йиша гIийла хуьлий хоуьйту вайн халкъан барта кхолларалло а. Масала:  «Цхьа йиша хиллера ваша воцуш кхоьллина, шен ваша ва хилча, сий хир дара шен бохуш…»; я «Ваша воцчу ва йишин кийрара дог дукха доьлху»; йа «ТIам боцу кхокха бу ваша воцу ва йиша». Ваша велча, йишас лекхначу эшарехь иштта аьлла:

–Со вешица йолчу хенахь,
Ваша соьца волчу хенахь,
Хи чохь луьйчу чIара санна,
Кийрара дог ловзуш дара.

Со вешеха йаьлчу дийнахь,
Сох  ваша дIакъаьстинчу дийнахь,
Хи кхачийна чIара санна,
Кийрара дог дала дижна.

ЛадогIийша, сан нийсарой,
Шун ирс хеташ йала йоллу,
Шаьш суьйранна чудирзича,
Дагадовла вашах вай шун.

Ва, ваша, аш ма алийша,
Шайн вешега ма кхайкхиша,
Ваша воцчу йишин кийра
Ва шийла ша ма биллийша.

Iуьйре йоьхнарг со йу шуна,
Суьйре йоьхнарг со йу шуна,
Жима йолуш вешех йаьлла,
Дуьне доьхнарг со йу шуна.

Вешина оццул дог лозуш, цунах къахетарал сов, иза дахарехь ца тоьаш, иза шен дозалла а, дегайовхо а хеташ, шен са а цунна дIадала йиша кийча хилча, вешина тIехь ду йиша ларарехь даккхий декхарш: цуьнца кIеда-мерза, велавелла-векхавелла а хилар, даггара цунна там болу агIо лохуш, Делан   дуьхьа, ма боккха йуьхькам, ирс ду-кх иштта бала кхочуш ваша хилар аьлла, шех лаьцна йишин ойла кхоллайелла лоттуьйтуш даима а. Цхьабакъду, вешин, йишин йукъаметтиг лараме мерза хилийта дас, нанас, кхинболчу кертатара баккхийчара а гайта деза тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна шайгара беркате, хаза масалш, шайн йиша-ваша ларарца. Нагахь баккхийчара шайгара оцу агIор ледарлонаш йовлийтахь, йа уьш «жIаьлий, цициг санна» вовшийн гича бусалуш хилахь, тIекхуьучу доьзалехь уьйр, марзо, ларам, безам вовшашка кхоллабалийта хала хир ду йа кхолла а лур бац. Исс-итт шо кхаччалц йиша, ваша цхьаьна кхиа деза доьзалехь «Бисмиллица» цхьана хIума йар а долуш, бийшар–гIовтар, ламазан хIумнаш Iамор, деша бахар, кертахь гIуллакх дар цхьаьна долуш. Оцу белхашкахь Iема йишина, вешина вовшашна гIо дан, бертахь гIуллакх кхочуш дан,  вовшен тIалам бан, баккхийрниш лара, ловзаргаш вовшашка кховдош, бертахь  ловза, комаьрша хила. 10 – шо кхаьчначул тIаьхьа - вешина «цу», ткъа - йишина «хIу» кечдан деза, олуш ду. И бохург хIун ду: кIантана стаг хила, хIусаман, доьзалан а да хила, ткъа йоIана цIеннана, доьзалан нана хила Iамо деза. Цул тIаьхьа бийшар - гIовттар шайна-шайна хила деза вешин, йишин а. Ткъа 15-та шо кхаьчча вешин, йишин а бераллин хан дIайоьрзу, Далла гергахь царна шаьш  лелийначух жоп далар тIедужу, цигара дуьйна дIадоьллуш ду церан къинойн тептар, цигара дуьйна йолало цаьрга, шаьш летийначу къиношна барт хоттур болу зама, вайн Iеламнаха дийцарехь. Доьзалехь  кIентан, йоьIан а, вуьшта аьлча вешин, йишин а йукъаметтиган мехаллаш къастош, махкахь дика вевзаш волчу поэта Сулейманов Ахьмада аьлла:
«ЙоIана – хIу!» «КIантана – цу!»
Дайша олуш хилла ду.
«ХIу–цу»–нислахь могуш тIаьхье
Кхуьу. ЦIенчу адман хIу!
Ас къобал дац, дош ца хетта,
Дийца дацахь нана–да!
Оьзда тIаьхье кхиорхьама
Могуш– тоьлла хIу схьада…

Зударийн амалш божарашкахь,
Божарийнаш зударшкахь.
Вадий, генна ваьллахь, хьайна
«НIаьно дина» хIоаш гахь.

Зудчух майра хилла бохийц,
«Зуда» хилла–майрачух.
«Бакъо» куьйсуш, доьзал бохий…
ХIун хир ду техь кхана шух?!

Зудаберех лела кIант а,
КIентах лела зудабер
КIант–кIант а йац. ЙоI–йоI а бац…
Алал, царах вай хIун дер?!

Вай лакхахь дийцинчун жамI деш, ала лаьа, таханлерчу дийнахь Сулейманов Ахьмада дийцинчу хьолах вай мелла а юйухадевла, ийман, гIиллакх-оьздангалла нислучу агIор дирзина доьлхуш хилар. Дала доьзалехь хила дезаш долу вайн къоман хаза гIиллакхаш, ламасташ, вовшашна йукъахь марзо, беркат, барт, йиша-вешина йукъара гергарло а чIагIлуш, дахар лойла-кх вайна тIейогIучу массо а заманашна.


Рецензии