ЙОВР ЙОЦУ ЛАР

                1.     Ша нуьцкъала хетар.
Тамашийна ду адаман дахар. Карахь-куьйгахь доцуш, дерзина, гIорасиз, ша-шен дола дан а ницкъ боцуш, маьхьарца шена орца доьхуш, дуьненчу долу адам. Да-нана, йиша-ваша, лула-гонахарниш шайн ма-хуьллу хьаьвза, къайленгара воьсссинчу "хьешана" (берана), декхаре хилла, там лохуш. Леранна лелаво и хьаша цамгарех, мацаллех, шелонах, вочу бIаьргах, харцонех. Эххар а шен коьрте куьг кхоче долу и бер, баккхийчийн йукъ йоьхкуш, гIеметта хIутту, шен декхарш, бакъонаш а йевза.
Ирс долчу де-ненан доьзалхо шен декхарш бен довза гIерташ а ца хуьлу. Амма ишттаниг дукха ца нисло, делахь а уьш, хьалха санна дукха бацахь а, тахана а болуш бу.
Къомана, махкана хьалха шаьш декхарийлахь хеташ баьхначех бу вайн иллешкахь бийцина турпалхой: Адин Сурхо, Таймин Биболат, Шайх Мансур, Сесанара Хьажа - вайн маршо къуьйсуш кхелхина къонахий. Уьш вайна Россехьара тIетеIаш болчу инзаречу ницкъан барам вайна ца хууш хиллачу хенахь, шаьш летча, мохк марша бер бу царна моьттуш, зама хилла. Уьш и моьттуш лелла хиларна тоьшалла ду имам Шемала ша йийсаре вуьгуш некъан бахаллехь аьлла дешнаш: "Росси оццул йоккха, ницкъ болуш а йуй хиънехь, хIуттур вацара со цунна дуьхьал тIом бан".
                2. ГIорасиз тIом бар - хIаллакьхилар.
ТIамо вайна толам бохьур боцийла хууш, нохчийн къам Россица тардаларе, цу чохь бертахь дахаре кхайкхамийн хьехамашца гIаьттинарг, Дала къайле цIинйариг, Иласхан-Юьртара шайх, эвлийаъ, Кишин воI Кунта-Хьажа хилла. Цул тIаьхьа вайн махкахь бевлла эвлийааш, устазаш тIамна Россина дуьхьал адам гIатто гIиртина бац. Оцу къонахаша (шайхаша, эвлийааша, устазаша) вайн къам бусалба динехь, нохчийн гIиллакх-оьздангаллехь а нисдеш къахьегна, шайна тIехь Iедалехьара мел кхерам латтахь а.
Россин Iедалан низаман гура чу вайн Iадаташ, ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ца нислуш, вешан махкахь вайн дайшна а, вайна ваьшлахь мегаш долу низам Конституцин цIарах дIакхайкхо а, лело а ца дуьтуш, схьабогIуш бу къовсам вайн замане кхаччалц. Вай хаьржинчу Парламентан хьалха керла законаш дахаран декхар ду. Амма уьш вайн къоман Iер-дахарехь лелош йолу йукъаметтигаш шайна чулоцуш, уьш законаца магош а ца хилахь, вайн махкахь шалха стандарташ лело дезар ду.
Законаш дохучу хенахь ойла йина а ца Iаш, депутаташкара ондда доьналла, хьекъал а дезаш хIума ду: маса зуда йало бакъо йу бохург; чIир йекхар Iедало йинчу кхелехь дита дезар йа Iедалан таIзарх ваьлча, бекхамах хьалха витийтар Iедало шена тIелоцу чIирхо. Йа, аьр вай, зуда йадоран
цIарматлонан таIзар Iедалехь диса деза, дов доьжна ши агIо вовшашца берта йахнехь, йа йоI маре йахаран хан мичахь саца йеза? Йа чиновникашна "йетт бахкийта" беза ишттачу хиламех, советан заманахь санна? Доцца аьлча, вай денна а хьехош йолчу къоман менталитетца догIуш законаш дезар ду вайна. ТIаккха бен вайн лазамаш боцуш дIауьйр дац Россехь дехачу къаьмнийн йукъараллех. Законашкахь региональни башхаллаш йоцуш пункташ ца хуьлийла а йац бIе сов къам шена чохь дехаш йолу дуьненан йолхалгIа дакъа дIалаьцна йолчу пачхьалкхехь.

3. Барт ларбар - беркат, ирс дендар.

Уьш сан вухавийларш дара. Амма сан коьрта Iалашо йара Дала, къомана, махкана хьалха шаьш декхарийлахь хеташ, вайна йукъахь баьхначу, бехачу нехан лаккхарчу кхетамах, доза доцчу собарх, барам боцчу деган, куьйгийн комаьршонах а, машаре, ирсе халкъ дуьгучу новкъахь диканаш деш къахьегарх дийцар. Жимма "хоршара" валарна бехке ву. Хьалхалерчу заманахь, тахана вайна йукъахь хаддаза болуш бу Дала шайна тIедехкина декхарш кхочушдар бен кхийолчу бакъонашка ца кхийдаш нах. Цара денна кегий, даккхий диканаш до нахана дашца, гIиллакхашца, шайн йолчу таронашца. Шаьш дечу диканашна дуьхьал цхьаьнгге хIумма ца доьху цара. "Дела реза хуьлда хIара гIуллакх динчунна", - алар, уггаре доккха совгIат ду-кх вай буьйцучу дикачу нахана. Ишттачарна йукъахь хила богIуш бу сан йуьртахой а.

4. Дикачу нехан лела сагIа.

Сайн юьртара дика нах бийцар доло лаьа суна, шен цIарах йурт йилла хьакъхилла волу Цоцина тIера дуьйна, Нохчийчоьнан маршонан 25 шеран боламна шен доьзал, даьхни а ца кхоош, имам Шемалан шех бIаьрг бузийтина цо хиларна. Довхачу дашца дагалаца йиш йу дикачу нахана йукъахь ах эзар бIаьн баьчча, Шемалан наиб хилла волу цоцанхойн Оьздамар. Цунна делла шен тIемалошлахь дуьххьара имам Шемала, шен башха билгало тIехь йазйина йолу тур: "Хьол майраниг кхин вац, хьанчул ира тур дац". Цунах лаьцна йаздо Курумова Селимас шен "Дохк" повестехь Хьеса цIе йолчу турпалхочун цIарах. Вайн мехкан дозалла, сийлалла хилла чIагIбелла 1919-чу шарахь кIайчу эскарна дуьхьало йеш кхелхина дуккха махкахой, царна йукъахь, гIазотехь Цоци-Юрт ларйеш вийна 374 йуьртахо а. Маршонан некъахь бен доьналла, дикалла гайта кхин агIо йан йац-те, аьлла хетадала тарло дешархочунна. Герзаца доьзна доцуш, диканаш дарца билгалбевлла бу тхан йуьртара нах. Iадат хилла схьадогIуш ду вайн махкахь шовданан кортош, гуонаш тодина, гонах керт йина, цIена латтор, хи мала, ламаз эца йуххехь пхьегIа йолуш.
Ишттачех ду шайн дайн цIерашца, тIаьхьенаша доладеш, куьцехь латторна девзаш: "Дукин шовда", "Даккин шовда", "Iалвин шовда", "Бабатан шовда", "Довтмирзин шовда", "Шикорта болу шовда", "Ирхкхуьйсу шовда", «Кхор болу шовда», «Хьийза шовда», «Добров корта», «Малхбалера биргадера шовда». Йуьрта йуккъехь цхьацца каппашкахь наха шайн хоржах йаьхна гIуш йу. Боккхачу асфальтан некъаца йу: "Мовладин гIу", "Доргин гIу", мескаройн йуккъехь "Хьамзатан гIу". Оцу цIераш йолчу наха шайн хоржах йаьхна и хи оьцийлаш, Делера шайна йал хиларе сатуьйсуш. Дала гечдойла Дикин Хьамзатана. Цо йаьккхира, вай къам Йуккъерчу Азера цIа дирзича, и гIу шен хоржах. Дешна стаг вара иза. ХIора Iуьйранна, делккъехь ши фляга хи хьора цо биъ некъ къаьстачу, акказийн IиндагIе нахана мала. Оцу беанекъахь йара Соьлжа-ГIалара Куршлойн к1оштара йарташка д1асалелачу автобусан социйла. ХIора пIерасканан дийнахь, цомгаш, меттахь бисинчарна тIехIуттуш чекхволура иза. Ткъа йуьртахь, керла беллачу нахана, ворхI суьйранна Йасийн деша кешнашка воьдура иза. Хьан винера Хьамзат оцу гIулкхашна декхарийлахь, вай лакхахь бийцина кхиберш а? Шайн  синоьздангалло. Дала гечдойла Доккин Мохьмадана, Мунин ГIайрбекана. Мохьмада шиъ, ГIайрбека цхьаъ - 3 гIашлойн тIай тиллинера цаьршиммо, шайн хоржах Хулло-хина тIехула йуьртахошна аьттонна. Ткъех шарахь сов йуьртахоша дезар дира, дехьа-сехьа бовлуш, уьш техкинчарна Делера йал йоьхуш. Бакъду, пхи-йалх шо хьалха доккха деанчу Хуллоно дIадаьхьира и ший а тIай. Амма цхьаберш дIабевлча, керла дика нах гучубовлу. ГIайрбекан тIай йуха дендина, тодира Мохьмаев Лечас алссам харж йар, къахьегар ша деш. Йуьртан лаха коьртехь кхин цхьа гIашлойн тIай дан ният ду шен боху Лечас. Дала шен лаам кхочушбан могашалла, хьуьнар лойла Лечина. Къаьсттина ала догIу тхан йуьртан йуккъерчу кешнашна (йухадолийна, шолгIа нах дIабухкуш долу) дуьхьал доккха, ондда, куьцехь тIай тиллира Зайпулаев Витарга (цхьаболчара Ваха-Хьажа олура цунах). Дала гечдойла цунна, хIокху Iай Хасав-Юьртахь вийна цIа валийна, дIавоьллина иза оцу йухадолийначу кешнашкахь. Жима стаг вара иза. Цундела тамашена хетара цо и тIай дар, цунна йуьртан йукъарчу гIуллакхийн бала кхачар. Йерриг харж шен чоьтах йеш, сваркаш ша йеш, шен трактор тIерачу кунца йерриг и аьчган конструкцеш уьйуш, дIанисйеш, къахьийгира Ваха-Хьажас ша кхалхале, цхьа гуттаренна лела сагIа дуьненахь дита гIерташ санна. Са кхиъна хилла хир дар-кха цуьнан шен оьмар йеха цахиларх. Оцул сов тIеман заманахь луьрачу посташна йуккъехула Хасав-Юьрта рицкъа эца нах дIаса лелабора цо, йуьртахойн боккха аьтто хуьлуш. Тракторх, машенах, цаьрца дечу гIуллакхех, сваркех дерг дика хууш жимха вара иза. Накъосталла эшначунна: новкъахь, йуьртахь цхьа  тайпа дуьхьало йа хамталла йолуш вацара. Амма дений, нанний муьтIахь, къинхетаме, йиша-вешина комаьрша цул сов ваьлла стаг хир ву аьлча, гича бен тешийла йоцуш стаг вара Ваха-Хьажа. Шен да-нана, пхи йиша, цхьа ваша, церан доьзалшна шен-шена совгIаташ деш хиллера цо, ша рейсе моссаза воьду. Амма йиша-вешийлахь деш долу диканаш дар-м - иза лардичхьана вайн къоман Iадат лара догIура. Ткъа йуьртана дезар дан тиллина тIай - иза мах буста йа хадо Далла бен хуур долуш хIума дац. Дикачу нехан могIарехь ву йуьрта газ йалийна, тхан кешнашкара ламазан цIа йухаметтахIоттийна, тIеман шерашкахь нахана рицкъанан сурсаташца гIо дина, хIинца йуьртахь спорткомплекс йан тIелаьцна волу Эрштукаев Зураб. Дикачу нехан могIарехь дIайазбан мегар ду вежарий ГучиговгIар - Iелий, Iумаррий. Цара некъаш тодеш болх бина йуьртахь масех урамашкахь, шайн йукъана буро тохийтина хи даьккхина. Хьалхо гIу йаккхийтинера шайн йуккъерчу нахана. Йухадендинчу йуьрта йуккъерчу кешнашна гонах, оьшу сетка, бетонан бIегIий эцна, керт йогIийтина. Дикаллица гIарабевлла лара мегар ду белла нах дIабухкуш зуькарш деш болу нах, къаьсттина зуькарш олуш болу: Мазазаев Дамхьад, Эдилханов ГIеза-Хьаьжа. И тобанаш дийна латтош болу нах: Моллаев ИбрахIим, Дикаев Элабек, Алиев Саламу, Закриев Къаим, Мазазаев Сайд-Мохьмад, Мусаев Мовсар–Хьаьжа, Бааев Мовсар, Нахаев Шемал, Адамов ИсмаьIал, Нахаев Наиб, Моллаев Адам, Эльханов ГIайра, Зеиев Сайд-Мохьмад и.дI.кх. Цара ондда бала, тезетан дукъ дайдо веллачун верасашна. Уьш бацахьара йиш йацара. Амма шаьш, вай санна даа, мала, рицкъа лаха дезаш болушшехь, шайн гIуллакх Iаддуьтий вайна белхех богIу уьш.

5. Дика дийраш шайтIанашна тац.

Ваххабиташа шайна кхерамаш тийсарх йа накъостий бехк-гуьнахь доцуш, чу лелхаш, байарх, оза ца луш, Дела хьехош, вайн белларш дIабухкуш, зуламхойн карах кхалхар хилира Бакаев Хьасанан, Бугхаджиев Хьамзатан, Батаран а (Дала гечдойла царна). Довха дош ала догIу вайна тIехь йуьззина харцо тоьллачу хенахь, вай шайн ма-хуьллу лардан гIерташ, йурт шайна тIехьа лаьцна, мостагIийн карах балар нисделлачу, байначу йуьртдайх: Ахматов Бухарех, Тасуханов Султанах, цуьнан гIоьнчех Мохьмадах, Дикаев Туркох, Хусиев Iимранах (Дала гечдойла царна). Дика адмаш шортта ду, вай ваьшна гонах ладогIахь, амма "цхьана чохьлазар кхеттачу атто берриг бажа бехбина", - олуш ду. Цунна дайна, наггахь бен нислуш вацахь, вочо массеран цIе бехйо-кх.
                6. Iедалехь нислахьара дика нах.

Мискачу нахана йукъахь-м даима хиллера дика нах каро атта, хьалдолчарна йукъахь нислуш хилар комаьршанаш, амма Iедалан куьйгаллехь дика, комаьрша, хьарам-хьанал къастош, мискачех къахеташ, гIаддайнчех дог лозуш, церан дахаран хьал дайдан гIерташ хьаькамаш нисбелла бацара наггахь а. Амма Кадыров Ахьмад-Хьажа (Дала гечдойла, г1азот къобал дойла, декъал войла иза) республикан куьйгалле нисвелчхьана, Ахьмад-Хьажин воI, Рамзан, шен дас билгалбина некъ, весет кхочушдарехь, Iедалехь чIагIвала воьлчахьана, республикан куьйгалхой, хIинццалц довхачу гIенташ чохь набарш хьехаш Iачура дикка меттахбевлла, адамийн хьашташка хьовса боьлла. Боккха йуьхькIам, тешаме дегайовхо йу вайн къомана Кадыров Рамзан Нохчийн Республикан Премьер чIагIвар, вайн мохк денбеш шен таро ца кхоош, дакъалоцуш, йукъйихкина шина тIеман "кIуркIаманехь" вахчавелла лелаш Джабраилов Iумар хилар. Уьш санна белахьара Россера нохчийн бизнесменаш, нохчийн къоман лазамаш, цатемаш, дог-ойлий йевзина.
Адамийн психологех кхиъна, куьйгаллехь волчу Р.А. Кадыровна шена гонах болчу накъосташца хуур ду, ирсечу дахаран къилбене нохчийн къам дига. Цунна тоьшалла до цара денна деш долчу диканаша: цомгашчарна операцеш йайта йа дарбанаш леладайта ахчанца гIо дар, заьIапчарна квартирица йа коляскашца аьтто бар, гIала йухаденйарехь бечу балхо. Адам йохье доккхуш Ахьмад-Хьажин фондера харжаш йар, вайн къоман гIиллакх-оьздангаллин хьал тодан куьйгалхой, Iедал, доьзалийн верасаш гIовттор, къоман иэс, исторехь хиллачу дикачу, вочу хиламашна самадаккхар, цу хьокъехь сагIанаш дахар, бусалба динехь, къоман оьздангаллехь Нохчийн Республика дIахIоттийта гIертар - и Iалашо йу тахана Iедалан куьйгаллин гонехь болчу нехан чIагIлуш йерг. Иза къомана товш, къомо къобал йеш, вайн хиндолчун кхане йекхна гуш, дика Iалашо йу. Вай дерриге халкъ и Iалашо кхочушйеш, вешан баьччанийн лаам кхочушбеш накъостий, белхалой хилла чекхдовла деза. Дала аьтто бойла вайн цу Iалашоне кхачарехь! Дала тIаьхье беркате йойла вайн!


Рецензии