Зураб - цоцанхойн Пхьармат

1
Нохчийн къоман барта кхоллараллехь халкъан иэсехь дисина ширачу заманахьлера цхьа дийцар (легенда) ду. Вайнехан кхетамехь оцу заманашкахь стигларчу ницкъийн (уьш дуккха бу моьтташ хила царна), лаьттахь дехачу адамийн вовшашца ачонан къовсам болуш хилла. Цу хенахьлерачу Iеса динан кхетамца доьзна - стиглан коьртачу Делан, Селин, кхерчахь бен, лаьтта тIехь адамашна дезарш дан, дохдала, цIе ца хилла. Вайн хIинцалерчу махкахь (Нохчийчохь) дехаш дерш наьрташ хилла, бохуш, дуьйцу ширачу дийцарехь, шайн нена цIе Сата йолуш. Селас, шен ницкъ хиларе терра, стиглара охьа наьрташна мелла алсам, шега долуш долу зенаш деш хилла, къаьсттина шело латторца - малхана дуьхьала мархаш лоьхкуш, дуьне кхоьлина латтош, йочанаш тIехоьхкуш. Эххар, наьртийн нана, Сата, йадийна, Башломан буьххьехь шена дуьненан йалсамане хIоттийна, Сатица Iаш хила иза. Дикка хан-зама дIаихна, адамаша Селин оьгIазло бахьана долуш, лаьттахь цIе йоцуш, бала хьоьгуш. Амма наьрташна йукъахь ваьлла цхьа къонах, Пхьармат цIе а йолуш, адамех дог лозуш, церан дахаран хьелаш муха дайлур дара теша бохуш.
Пхьармата сацам бина, Селин кхерчара, ша хIаллакьхилла, адамашна лачкъийна цIе йан. Пхьармата эххар, Сатас гIодар бахьана долуш, ша дагалаьцнарг кхочуш дина, халачу зерех чекхволуш, Iажаллица къийсалуш.
ЦIе адамашка ша дIакхачийча, Пхьармата сапаргIатдаьллачу адамашка дехар дира, цIеран пусар деш, иза кхерчашкахь йогучуьра ца хадийтар тIедуьллуш. Цул тIаьхьа Селина дуьхьал вахана иза, цуьнан къизачу кхелана кIелсаца, цуьнга кхин адамаш, ша бахьанехь, ца хьийзадайта. Селас Башломан цхьана тархах цхьа бIаьрг болчу Iуже    дIавехкийтина иза борзанан зIенашца, Ида цIе йолчу олхазаре (ачган зIок йу боху цуьнан) доIахах зIок йоьттуьйтуш, ша диначунна, дохковалий, «къурд» ала бохуш, дуьне мел лаьтта хьийзош таIазарехь латтор волуш ву боху иза Селас.

2
И дийцар суна дагадаийтира тхан йуьртахочо, 1994 шарахь Цоци-Юьрта шен хоржах газ тхуна йалош гIуллакх диначу, Зураба. Цоцанхоша и газ йалон гIерташ дуккха а хьаькамийн кабинетийн неIарш ларйира, цу кабинеташ чохь къамелаш дира. Амма уггар «дика догкхоор» дира тхуна Iедалан хьаькамех цхьамма – 30 миллион ахча дахьаш, йуьртахошкара къайлах гулдина, тхо шена тIедагIахь, аша газ йагор йу, аьлла.  Ткъа оцу хенахь Госпланехь балхахь волчу тхан йуьртахочо аьллера: «Соьга планна йукъа-м йахийталур йара Цоци-Юрт газ йалорна, амма озабезам бина аьлла со бехке ван агIо йолуш хIума ду-кх иза». Цоци-Юьртахой-м хуьлийла йацара цу хенахь оццул ахча газ йало йа цул цаторчу гIулкхана а. Ткъа Iедало иза йалор йу бохург хир долуш дацара, тхо мел дукха делхарх, леткъарх. Цундела Эрштукаев Зураба 1994 шарахь тхуна газ йалийна йелла йовхо, оцу ширачу дийцарехь Пхьармата адамашна диначу диканал оьшуш гIуллакх дацара.

3
Зураб тхан йуьртахо ву. Иза вина 1961-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь (цигахь баьхна ЭрштукаевгIеран доьзал). Зурабан да, Заурбек, Соьлжа-ГIаларчу коьртачу («Зелённый» олуш хиллачу) базарахь кассир-контролеран балхахь вара, ткъа нана, Хьалимат, оццу базарахь терзанаш дIахоьцучохь болх беш йара. Зураба 1978 шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГIалара № 16 йуккъера школа, Нефтяной институте механически факультете заочно деша воьдуш аттестат схьаэцарций. Оццу шарахь сахьташ тодечу пхьеран гIоьнча хилла къахьега волало Зураб, и говзалла карайерзош. 1980-1982 шерашкахь Советски Эскаран могIаршкахь гIуллакх до. 1983-1985 шерашкахь радиоаппаратура тойечу ательехь болх бо. 1985 шарахь чекхйоккху Нефтяной институт. 1985-1986 шерашкахь «Госкомсельхозтехникехь» коьрта инспекторан даржехь, 1986-1987 шерашкахь Грорзненски-сельски мехлесхозехь коьрта механикан болх бо. 1987-1989 шерашкахь Грозненски-сельски РТП-н куьйгалхочун даржехь болх бо. 1991-1993 шерашкахь ООО «Космос» Москва-гIалахь директоран гIоьнчин даржехь къахьоьгу, 1995-1996 шерашкахь «Красный Молот» заводан векалан болх бо Москвахь. 1996-2000 шерашкахь «Чеченгаз» тайп-тайпанчу белхашкахь хийцалуш къахьоьгу, ткъа 2001-2004 шерашкахь Генеральни директоран гIоьнчин балхах Iа. 2004 шарахь дуьйна ООО-н «Регионгазан» Генеральни директоран даржехь болх бо масех шарахь.
                4
Лакхахь Зурабах лаьцна биначу хаамаша гойту, иза болх безаш, къахьега Iемина, мало йоцуш, шен доьзална (зуда, ши бер ду цуьнан доьзалехь: йоI, кIант а), шена хьанал рицкъа лохуш, муьлххачу балхана бIакъажор боцуш схьавогIуш хилар. Амма вайна адамах лаьцна дуьззина сурт хIотто, васт довза силсилан орамашкара дуьйна долон  дезаш дара хIара къамел. И ледарло вай нисйан хьовсур ду. Уггар хьалха сан йуьртахо нохчо, цул тIаьхьа тайпана цIикройх ву, Эрштхо Несерхон Несарсолтин Заурбекан кIант Зураб. ХIора цIарна тIехьа лаьтташ ду дийнна дуьне, адаман дахар, цундела цу адамех, шех-шех лаьцна, дош ца аьлча оцу цIерийн маьIна йа хьесап данне дац. Зурабан воьалгIа да, Эрштхо, Цоци-Юьртан махка кхаьчна имам Шемалан заманахь (Цоци-Юрт йуьллучу шерашкахь). Оцу заманахь, массо нохчочун санна, Эрштхос, воцуш ца тору, йуххера накъост вина, лелош маса, тIах-аьлла дика дин, тешаме долу герзаш а лелош хилла.  Зама Iотта-баккхамаш болуш хиларе терра, гIалгIазкхаша нохчашна, нохчаша гIалгIазкхашна далуш долу зенаш, талораш деш хилла. Цундела Эрштхо наггахь кIенташца йохка-эцарна, катухучунна Теркал дехьа, ГIалмакхойн аренашка, шен доьналла зен, миска-гIийлачарна гIодархьама араволуш хиллачух тера ду. Говрашка болу безам къаьсттина къегина гучубаьлла Зурабан кхоалгIачу дегахь, Несархогахь. Цуьнан хьал-таро, даьхни дуьйцуш йуьртарчу къаноша сих-сиха хьахайора Несархон говрийн рема. Цара дийцарехь, и рема Несархос шен даьхкертара ара хецча, Хулло тIе кхаьчна говрийн хьалхе хилча, тIаьхье даьхкертара ара йаьлла йалаза хуьлуш хилла. Несархос кIезга йорт ца йиттинчух тера ду Теркаца, Теркал дехьенца. Цундела нисделла Несархочун ШаIмирзин Ботакъин йоI йалор а. Ткъа и Ботакъа хилла 1819 шарахь 14 сентябрехь инарла П. Ермоловн буьйраца йагош хIаллакйиначу Дади-Юьртахь дийна висинчу нохчийн шина кIантах цхьаъ. Ботакъех паччахьан эскаран эпсар хилла майоран чинехь, ткъа Дади-Юьртара шолгIачу кIантах - гIараваьлла суртдиллархо, академик Петр Захаров. Ботакъас, паччахьан эскаршца имам Шемалан гIаттам хьаша ша паччахьо Кавказе хьажийча, имам Шемалехьа ваьлла, Нохчийчохь наиб хилла, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бина ткъе цхьаъ шарахь. Цул тIаьхьа имамана реза боцчу наибашца оьрсийн эскаршкахьа ваьлла, Шемална дуьхьал тIом бина ШаIмирзин Ботакъас. Вай иза хьахийна дешархочуннна хаийта, Зурабан пхенаш чохь долчу цIийх, мелла хилла оцу Ботакъин цIий ийна хилар цуьнан йоIехула. Майоран чинехь паччахьана гIуллакх деш леллачу Ботакъина Теркаца совгIатана делла шортта латта хилла. Ботакъин доьзалехь, шен ненахой болчохь дIадахана Несархочун кIентан, Несарсолтин бералла, къоналлин шераш а. Ненахошца лелочу гергарлоно Несарсолтина дика йовзийтина Теркайист, Iамо таро хилийтина оьрсийн мотт а. Дика говра бере, майра, доьналла долуш, чIарх-аьлла стаг  хилла Несарсолта. Цундела Теркал дехьа баха вовшахкхетачу гIеранаша шайна хьалха воккхуш хилла иза: некъаш довзарна, топ нийса тохарна, озавалар хIун ду ца хууш хиларна а. Несарсолтин доьналла, майралла, оьздангалла гойтуш цхьа хIума ду эвлахь тахана хьахош. Хулло-хи, догIанаш лам чохь алсам девлча, чIогIа дистина, доккха догIуш хилла хьалхалерчу заманахь, нах шайн йийбарца, даьхница йуьртах бовлуш меттиг йогIуш. Иштта Хулло доккха деана де нисделла хилла, адамаш шайна аьтто болчу агIор йуьртах довлуш. Йуьртан урамашкахь тIехь хи йаккхийчу тулгIешца сийсаш хилла шена ма-луъу. Оцу хин аренгахь, дитта буьххьехь гуш, цхьана кертахь орца доьхуш, зудчун аз хилла хезаш. Массо шан-шен, шайн доьзалийн синош кIелхьара даха сихбелла хьийзачохь, орцане догдохийла кIезиг йара. Амма оцу адамийн хьералла шех хьакхайалаза виснарг Зурабан деда Несарсолта хиллера. Цо шен дин дистина догIучу Хуллон тулгIешна чутесира. Теркан гечошкахь зийна дин, шен ден лаамна муьтIахь, цхьа а хамталла йоцуш, шен дас лаьцначу Iалашоне кхечира, гIоддалц догIучу хи чухула. Хьанна моьттура, дитта тIехь орцане сатеснарг Несарсолтин деган йезар, тIехьийза йоI хир йу. МаьIарго ханна бен ца дахделира цецдовлар, доьхна хьовзар а. Несарсолтас элира: «Тахана дуьненахь, кханалерчу Къемат-дийнахь со тешаме ваша ву хьан, хьо сан йиша а йу. ТIехаа суна тIехьа, сан турпалчу динна тIе!» ЙоI, сапаргIат даьлла, Несарсолтина тIехьа говрана тIехиира. ЙоI, йуьртана йуьстах бевлла Iачу, нахах дIатуьйхира Несарсолтас. И дика дицделла дац йуьртахошна. Адмашна дина дика ворхI-м хIунда дийцара, вуьрхIитта тIаьхьенна диканца бекхамаш беш деха, дина вуо а – ворхI, вуьрхIитта а тIаьхьенна тIехь боьха хьоькх хуьлий йа нехан неIалтан сетт хуьлий (тавро), дIа ца къаьсташ лела. Советан Iедал тIедеанчу хенахь, иза чIагIдеш доккха дакъа лаьцна Несарсолтас. Обаргаш лоьцуш кхоьллинчу тобанан декъашхо хилла лелла иза Панкратов фамили йолчу куьйгалхочуьнца. Оцу куьйгалхочо белла дин, пхоьаза йолу топ хилла Несарсолтин вай дохадаллалц ларйеш лелош. Йиъ зуда йалийна хилла Несарсолтас, церан доьзалш кхиъна цуьнан . Зурабан да, Заурбек, воккхах волу доьзалхо хилла Несарсолтин. Заурбек шен доьзалца Соьлжа-ГIалахь ваха хиира, Юккъерчу Азера вайн къам цIа дирзинчу хенахь, 2-3 шо бен Цоци-Юьртахь ца доккхуш. Цуьнан доьзалехь виъ кIант (Мохьмад, Ахьмад, Зураб, Заур), ши йоI (Разита, Лариса) бер хилла. Веа кIанта Нефтяной институт доьшуш чекхйаьккхина Соьлжа-ГIалахь, йоIарша - кооперативни техникум йаьккхина. Берийн нана, Хьалимат, ша цIера Хорачуьра, Рахьиман йоI хилла, нахалахь цIейахана Iеламстаган. Цуьнан йоI, Хьалимат, ламаз-мархица, гIиллакх-оьздангаллица, коьмаьршаллица, доьзална тIера, майрачунна тешаме накъост хилла схьаеана зуда йара. Заурбек (йуьртахь ХутIли аьлла цIе йахана вара), ша Соьлжа-ГIалахь Iийнехь, йуьртаца йолу уьйр, зIе хадийна йа малйелла вацара. Ца Iара дикане-воне йуьрта ца кхочуш, мичча хенахь шен гIалара цIа верза дезахь аьлла, шен йуьртарчу ден декъа тIехь цIенош динера цо. Дала гечдойла Зурабан дена Заурбекана, цул тIаьхьа кхелхинчу Хьалиматна, шайн доьзалш бахьанехь барт-хаттам кIезиг хир болуш, Далла дуьхьал дахана дика ши адам дара и шиъ.
                5
Шен ден тезетахь гулбеллачу йуьртахойн халонаш, лазамаш шена хиъча, Зураба дош делира шен йуьртахошна шен хоржах йуьрта газ йало, цхьаьнгге каппек ахча ца доьхуш. И дош Зураба кхочуш дира. Пхьармата ширачу дийцарехь адамашна Селин кхерчара цIеран хаьштиг дар санна, доьналла, нахах дегалазам, комаьршалла оьшуш хIума дара иза. 1992 шарахь Зураба, цуьнан вежарша кхоьллинера комерчески фирма «Эрштхо». Оцу фирмано тIелецира, шайна оьшуш болу йуьртара нахах белхалой тIе а оьзна, Мекер-Эвлара (Бакински трасси тIера) биргIанаш хуьттуш, газ Цоци-Юьрта схьакхачо. Оцу  балхана оьшуш долу договораш, проектно-сметни  документаци, транспорт, оборудовани, аппаратура, ГРП-на оьшу гIирсаш - дерриге йуьртахошна цхьа лазам боцуш, кхочуш дира «Эрштхо» фирмано Зурабан ахчанах. Йуьртахула газан магистраль диъ га деш чекхйаьккхира 1994 шеран аьхка «Эрштхо» фирмано. Оцу деа генаш тIера газ шайн-шайн чуйигаран харж бен, кхин цхьа сом ца довш, газ хилира цоцанхошна. «Дела реза хилда хьуна Зураб, тхан Пхьармат», - бохуш, йовхачу хIусамашкахь Iа даккхар хIун ду хиира йуьртана. Ца йаьхча йевр йац оцу балхахь дакъа лаьцначу, «Эрштхо» фирмин белхалой хилла къахьегна, йуьртахойн цIераш: Батаев Хьасан оцу берриге белхан бригадир вара (Дала гечдойла цунна, цуьнан вешина, зуламхойн карах балар хилира церан); Хасаев Асланбека (Дала гечдойла цунна, иза зуламхойн карах велир). Iаьвшшина болх бира йуьртана газ йалош; Насуханов Вахитас (Дала гечдойла цунна) дукха сваркица белхаш беш къахьийгира цо; Абдулкадыров Хьалама (Зурабан дейиша йахана невцо, Дала гечдойла цунна); цуьнан вашас Абдулкадыров Хьамзата; Закриев Зайндис (Дала гечдойла цаьршина); Денилханов Хизарс. Кхечу йарташкара говзанчаша белхаш бира оцу газопровод тIехь. Бакъду, Зураба бинчу балхана царна луш ахча дара, амма цара динарг дерриг ахчанан дуьхьа дацара, йуьртан дуьхьа дара. Дела реза хилда оцу балхах дикачу агIор мел хьакхавеллачунна. 1994-2001 шерашкахь Цоци-Юьрта йогIуш йолу газ «Эрштхо» фирмехь йара. Коммерчески мах ахча-м дукха беламе дара иза, символически мах хиллий хаьа-кха хIинца иза (2-3 сом баттахь цхьана йагочу меттигна (точкина). Таханлерчу дийнахь хьехош болчу мехашка хьаьжча, иза мах аьлла хIума ца хилла. Оцу хенахь цхьана кертахь болчара 5-6 меттехь йагочу газна луш дерг мел дукха хилча (7-8 точкина) 20-30 соьмал тIех ца долура. Иза оцу газопроводна тIехь болх беш болчу нахана алап дала, йоьхча ремонт йан лахьош дара. ГIаддайна, миска-гIийлачарна йагош йолу газ маьхза йуьтура. ДIабоьдучу тIеман хенахь и газопровод йохор, герз кхетта галйалар сих-сиха хуьлура. Цундела цу тIехь виллина болх беш 5-6 мукъане белхало везара. «Эрштхо» фирмех тешна газопровод хиллачу оцу 7-8 шарахь, мел йоккха авари хилча, газ йоцуш де-буьйса ца даьлла цоцанхойн, йа ахча далаза нах дукха гулбелла аьлла, ца сацийна тIейоуьйтучуьра!
                6
2001 шарахь Зураба Iедалан тIаламе газопровод дIайеллачхьана, керлачу «долахочо» йалоза мукъане хиллехьара газ йуьрта, аьллачу хьоле баьхнера йуьртахой. Амма и газ Куршлойн кIоштан карайахьчхьана, тхан йурт йагочу газца бала хьега йуьйлира: сих-сиха газ дIалекъош, оьшучу барамехь Мескар-Эвларчу ГРП-ера схьа ца хоьцуш, такхалур боцу мехаш боьхуш йа ахча ца ло «коммерчески» агIор газ йагочара олуш. Доцца аьлча цу газца йолу IалагIожа дIа ца йерзалуш дикка хан йахьира йуьрто. Къаьсттина Iа хала дара йогучуьнца. 2001-2004 шерашкахь «Чеченгазехь» Зураб Генеральни директоран гIоьнча хилар бахьанехь, шега йуьртахоша латкъам бича, цо цхьа таро йеш схьадаьхкира тхо. Ткъа цул тIаьхьа Зурабера Iедало газца долу урхалла дIадаьккхича, йуха хьалхалерра IалагIожа йолайелира, Хулло-хина малхбалехьа йолчу Цоци-Юьртан ах дечигах, нефтах йаьллачу шлаках тешна хене йала йисира. Оцу хьолах лаьцна масеххамма йаздинера, дийца дийцинера, амма хийцалуш йа толуш хIума доцуш хан дIайоьдура.

7
Йогучунна бIарзбеллачу йуьртахошна дагадеара, Гуьмсан кIоштах йурт дIатуоха олуш дехар дан лакхарчу Iедале, ткъа хаьржинчу Парламенте – тхуна газ тIейогIу биргIа, хьалхалерчу шерашкахь санна, Зурабе дIало алар а. Нах кхоьру, оцу шиннах цхьаъ ца нисдахь, хIара тIедогIуш долу Iа шаьш шелонгахь даккхарна. Зураба Iаламат дукха гIо дира тIом дIабоьдучу шерашкахь Цоци-Юьртана, къаьсттина кхузарчу госпитальна. Цо латтадора оьшу молханаш, чевнаш йехка материал, лоьрийн гIирсаш, мотт-гIайбин кIаденца оьшурш, кхачанаш сурсаташ. Йуьртарчу гIийла-миска бохкучу бахархошна дама, шекар, тIейуху бедарш йоькъуьйтура сих-сиха. Йуьртахь йиллина йалта охьу хьер йара «Эрштхо» фирмин болх беш. Оцу  хьерах дика аьтто хиллера йуьртана: лург, мехаза мичча хенахь йуьртахошна дама, жуьйраш, даххаш хуьлура. Амма тIамо херцораш бен ца йуьтуш, аьтта хIаллакйира иза.

8
Йуьртана гIо деш шена мел зен хиллехь, цхьаболчу йуьртахоша шена тIехь доцурш дуьйцуш, эладитанаш кхуллушехь (цхьадика дукха-м бацара йуьртахь уьш), Зурабан дог шаг ца делла, комаьршаллин куьг кховдочуьра ца сецна, йуьрте болу тIалам арт ца белла. Цунна тешалла до цо кху 2005 шарахь диначу гIуллакхо, Гелдаганний тхан йуьртаний йуккъехь хиллачу «федералин» постехь хиллачу эскархоша массо гIант, гIирс (бел, баьхьа, лоьмаш) чу буллу хIусамаш, ламазан цIа дагийна, чIана даьккхинера шаьш цигахь йоккхучу хенахь. Дала йуха ма гойтила, и санна къиза зама вайна, велларг маьрша дIаволла йиш йоцуш хилла. Зураба, деккъа пенаш бен ца дисина ламазан цIа, шен да, нана чохь дIадоьллинчу тхан кешнашкара, дуьззина йуха тодайтира чохь оьшучу хIуманашца цхьаьна шен хоржах. Iаламат къиза хан йаьккхинчу цоцанхошна доккха совгIат дара Зураба йуха динарг. Муха Iийр бу цоцанхой иштта оьздачу шайн йуьртахочунна, Зурабана, Дела реза хилда ца олуш, цуьнан комаьршонна иза Деле ца воьхуш, цуьнан дахар, эхарт декъал де ца олуш а.
                9
Муха эр дац Зурабах цоцанхойн Пхьармат? Цо шена хуьлучу пайданах, Дала шена дечу диканах йуьртана даима дакъа деш иза схьавогIуш хилча кху 15-20 шарахь! Къаьсттина кху тIаьххьарчу шарашкахь Iедалан куьйгаллийн урхах хIума дисна дац Зурабехь дисна. Тахана цуьнан куьйгаллина кIел «Регионгаз»-ан котельнешна газ латторан болх бен карахь дитна дац х1умма. Бакъду, тхуна иза халонга, восе даьлла хIума ду. Зураба йуьртана диначу дикачу гIуллакхаша тхо ду цуьнгахьа озабезам хила декхарийлахь. Зураб балхаца ца ларалуш ца кхаьчна цуьнга иштта мур. Кхузара дIавахча-м шена безза болх нислур бара цунна, делахь цIахь хилча ша махкана, йуьртахошна пайдехь хила там бар-кх бохуш, сецаш ву и Нохчийчохь.
                10
Йуьртахойн Зурабана диканца бан кхин бекхам бац - иза Деле вехар, баркалла алар бен. Амма иза реза хилахь тхан дехар-м хир ду цуьнга - хинболчу Парламентан харжамашкахь шен кандидатура харжамна йукъа йахийтар тхан йуьртан цIарах. Тхо тешна ду тхан йуьртахочо, цоцанхойн Пхьармата, комаьрша, къинхетаме дог долчу къонахчо нохчийн къоманна пайдехь законаш дохург хиларх. Оцу стагах дерг тхаьшна гиначунна, иза зийначунна тIера ду оха дIакхайкхош махкана. ТIейогIучу ханна Зураба кхин хIумма Цоци-Юьртана ца дарх, цо шен оьзда дай баьхначу йуьртана динарг тоьаш ду-кх, иза Далла гергахь декъал хила, цунах йалсаманин хьаша хила а. Цоци-Юьрто, даггара баркалла бохуш, сий-лерам беш, Деле Iалашвар, дахарехь, балхахь, доьзалехь кхиамаш болуш, вахавар доьху хьо, Зураб. Дала кхин дIа йуьрте безам, къинхетам, комаьршо латтайойла хьан дагчохь. Цоцанхойн иэсехь хьо даима Пхьарматан вастехь вуьсур ву, газах дезар деш йуьртахой мел беха.


Рецензии