Дуьненан, эхартан йьхкIолла

Тахана вайца кху маьлхан дуьненахь йац цхьана хенахь дуккха шерашкахь Шелан районехь, Нохчийчохь гIарайаьлла цIе йоккхуш хилла, «Автуринский» совхозан, кхоалгIачу отделенин, 5-чу бригадехь  буракашлелорхойн звеньевая хилла йолу Ахматова Хорхни. 1965-1985 шерашкахь республикехь  тоьллачу латталелорхойх йу бохуш йуьйцуш йара иза вайн радиохь, зорбанехь, телевиденехь а ймйцина йолу цоциойлахо. Хийла цунах лаьцна передачаш дIайаьхьра вайн телевиденин белхало хиллачу Мальсагова Лидас а. Хорхних, цуьнан звенох, цара бечу беркатечу балхах статьяш, интервьюш  хийла зорбане  йевлира Шелан районан «Зама», вайн республикан «Ленинан некъ» газеташкахь. Шен балхахь  билгалйаьллачу Хорхни ткъа шарахь Шела районан, Цоци-Юртан советан депутат хоржуш  чекхйаьлла массо кхажтасаршкахь. Ахматова Хорхнина Похвальни грамоташца, баркаллин  кехаташца совгIаташ ца деш цхьа Дезаденош даздар (цу хенахь уьш шортта дара) ца довлар тIехь  вайн республикан, районан, совхозан куьйгалхошкара. Шозза совгIатана машенаш йазйарца совгIат дира цунна, дуьххьара – «Волга», йуха – «Жигули». В.И. Ленин вина 100 шо кхачарна  «За доблестный труд» медаль йелира цунна, дика белхало хилар билгалдоккхуш 1970 шеран 28 апрелехь. Цул тIаьхьа, 1971 шеран 8 апрелехь, СССР-ан Лакхарчу Советан сацамца Ахматова Хорхнина  Ленинан орденца совгIат дира, белхан гайтамаш тIех лакхара хиларца декъалйеш.  1972 шеран 7-чу декабрехь СССР-ан Лакхарчу Совето Октябрьски революцин орденца совгIат  дира Хорхнина. Iедало оццул сий деш лелийна Ахматова Хорхни мила хилла те? Цуьнгара хIун хьуьнарш девлла те? Муха нисбелла теша цуьнан йахаран кхоллам? Иштта хаттарш кхолладелларг хилахь аьлла, цу хаттаршна жоьпаш луш хир ду-кх вайн кхин дIа долу дийцар. Ахматова Хорхни дуьненчу йаьлла 1924 шарахь Цоци-Юьртахь тайпана шунойх волчу Оьздамаран, Шахьтемиран, Ахьматханан доьзалехь. Оцу Хорхнин кхоалгIа да имам Шемалан наиб, цуьнан бIона йукъахь 500 тIемалойн баьчча (куьйгалхо) лаьттина, доьналлица, майраллица шега кхочуш цхьа воцуш къонах хилла. Оцунна тешалла ду имам Шемала шен куьйга цу замахь шен эскарна хьалхха Оьздамарна совгIат деш делла хилла тур, бедар тIе латош хилла билгало (значок) а. Оцу герза тIехь йаздина хилла: «Оьздамарал майраниг вац, цуьнан туьрал ира тур дац». Ткъа бедарна тIе латош йолчу билгалонна (значокана) тIехь йаздина хилла: «500 тIемалойн баьчча. Ницкъ, хьуьнар  Делера бен дац». Оцу Оьздамаран тIаьхьенаш тахана тхан Цоци-Юьртахь хьанал къахьоьгуш схьайогIу, шайгара пайда балахь бен зен ца долуш йуьртана, махкана. Хорхнин ден, Ахьматханан доьзалехь кхо йоI, кхо кIант а кхиъна: Хорхни, Похни, Аймаъ, Тоьпсуркъа, Дада, Висха. Ахьматханан доьзал, кхин болу йуьртахой санна, лелочо лаьттой, кхобучу даьхненой хене боккхуш хилла. Цундела Хорхнина ша жима йолуш дуьйна, доьзалехь йоккхахйерг хиларна, лаьттаца болу болх кхоччуш карабирзинера. Зудберашка дешийтар вайн йарташкахь экамо хиларна 3-4 классехь бен кхуьнан дешар ца хилира, бакъду гIеххьа йозанах хIума-м Iеминера цунна. 1944 – чу шеран 23 феврвлехь нах санна, махках баьккхира Ахьматханан доьзал а. ГIиргIизойн махкарчу Панфиловски районан Бухара олучу йуьрта биссийра дукхах болу Оьздамаран некъий. Махкалла дина, мацалло, цамгарийн уьнех эгна, леш дара хийрачу махкахь адмаш. 1945 шарахь дIавелира цигахь Ахьматха, цамгаро дIалаьцнера нана.
Хорхнина тIедуьйжира цIийнан, доьзал хене баккхаран деза дукъ дуьззина. Оцу хенахь дуьйна дIаболало Хорхнин турпалчу къинхьегаман беха некъ. Шен йижарий, лелалуш болу кхинболу гергарниш шена гонах узий, шекар доккху буракаш лелор тIелоцу цо гIиргIизой махкахь. Буракаш тIехь кху махкахь уггар халаниг дара дерриге кха тIе кхочуьйтуш хи диллар. Хи тIе ца кхаьначохь бурак йоккха хир йацара, ша йолчохь хьовзайелла йакъалур йара. Оцу балхана шен вежарех, дешичойх гIортор хуьлура цунна. Бакъду, хиш дахкар бахана долуш Хорхнин звенон буракаш хьийкъина, муттане хуьлура. Комендантан учотехь болу нохчийн цIе хасто, совгIаташ дан хьарам дина йара. Ур-атталла зорбанехь йазйан бакъо йацара, чеченец меттана лелаш долу дош «спецпереселенец» дара. Делахь, цигахь-м цIе йаккхийта беш бацара Хорхнис йа наха белхаш, массо хене вала гIертара. Кхин бахамаш гулбан-м кузахь аьттонаш бацара, нахала ца волуш, доьзал мацаллин балех ларбан гIертар бен. 1947 шарахь  цIен тIера арайалар нисделира Хорхнин йуьртахочуьнга, Тутаев Сайдега. Амма марехь рицкъанаш кIеззиг бен ца нисделира цуьнан. И захало духуш, карахь йоI йолуш Хорхнин ден цIайар нисло, цигахь рицкъанаш чекхдовларна. Дахарехь доьзалца йолчу агIор диканаш кIезиг гина стаг йара Хорхни, цу тIе, гIехха онда йолучу хенахь, цхьаъ бен йоцу цуьнан йоI заьIап хилира, пайда боццу бахьана хIоьттина. 1950 шарахь гIеххьа чу са деанера ванахана. Беша йийначу хьаьжкIех дайчу кхосса хIума хуьлуш. Кхаьрга йеанера, жимма кенахь гулйелла хьаьжкIаш йаха, куьйга хьовзош йолу чарх. Оцу чорхана гонах ловзуш долчу берех цхьаммо и чарх, ша тIехъоьккхуш, цунан тIомах тасавелла, хьовзаяр нисделла хиллера. Ткъа, цу чорхан беранашна тIе шен жима биши диллина Iаш йолчу Самаин (Хорхнин йоьIан), беранашна йукъа озийна, массо пIелг, тур тоьхча санна, хадош дIабаьккхинера. Цул тIаьхьа лоьраша дисина куьг дерзам дира, дарбанаш лелийна, амма йоI куьйгана заьIап йисира. Хиллачунна ша бехке йолуш санна, дегаIийжам буьсу Хорхнина шен дахарехь деган лазам латто. Куьг чолакх диснехь, нанна дика накъост хилира Самаих ша кхиъна йаьлча. Иза 8 класс йаьккина йаьлча, цуьнан звенон декъашхо хилла, болх бан дIахIоьттира. Вуьшта нанна го-м цо доьшуш йолчу хенахь деш дара. 1966 шарахь дуьйна Самаи а харжа йолийра Цоци-Юьртан, Шелан районан депутатийн могIаршка. Райсоветан депутат йолу Хорхни, къарцайалар бахьана долуш, гIишлош йаран план йукъа йахийтира 1969 шарахь Цоци-Юьртахь йина 320 дешаран меттигашна лерина №I йолу школа, ткъа 1981 шарахь йина №2 йолу школа а. Советан Iедалан заманахьлерчу нахана хууш ду латталелорхошна, производствехь болчу белхалошна дан дезаш долчу хIуманна, билгалбина барам болуш, планови заданеш луш хилар белхалоша кхочушйан йезаш. ТIе и заданеш хилара, шо-шаре мел долу, алсам йуьйлуш. Амма Хорхни ларайора шен звенона тоьхна задани сов йоккхуш кхочуш йан. Цундела хилла хир ду-кх цуьнга КПСС-ан ЦК-ан цIарах кхуьнан дашо куьйгаш хестадеш баркаллин кехат дар а. Хорхнин звенохь болх беш хилла цуьнан вежарий: Тоьпсуркъа, Висха, Дада, шайн зударшций цхьаьна. Ша воккхстаг велахь, шен шичин йоьIан звенохь къахьоьгуш хилла Хорхнин дешича Мусаев Юсуп-Хьажа а. Кху тIаьххьарчух лаьцна-м, иза бурак цIанйеш воллуш, кха тIехь сурт доккхуш, «Ленинан некъ» газети тIе статья тоьхнера цу хенахь. Шех лаьцна мелла дийца хьакъ долуш, дика стаг вара Хорхнин дешича Юсуп-Хьаьжа. Дешна Iеламстаг вара иза, Къуръанца цхьацца дарбанаш леладора цо, цхьана кепара нахера мах иэцар доцуш. Цо дарбанна хIайкал даккхара, берашна дагар доьхкура, берийн цамгарна (сударгашна) эрз кечбора, царах нахана дарбанаш довлура. Кхин цхьаъ дара цо дина йуьртахоша масаллина далош. Нахера ворда йаьккхина ша хьалхенгахь доккхуш кечдина дечиг цIа дан вахана хиллера иза. Хьуьнах дIакхаьчча шен дечиг дIадаьхьна карийнера цунна наха. Меллаша шен ворда йуха хьовзийна, йаьсса цIа йалийнера цо ворда, цу некъан бахала: «Везан Дела, гIоза дагадайта Ахь иза цуьнга, суначул чIогIа оьшуш хила-кх иза цунна»,– бохуш. Иштта Далла Iамал-Iибадат деш, шайн дайшкара дуьйна схьабогIуш нах бу Оздамаран тIаьхьенах нах тахана. Царах йолу Хорхни ледара хила амал долуш йацара. Ша пенсе йахана цIахь йисчий, ца Iалора Хорхни, цхьа къа ца хьоьгуш, мукъа. ТIаргIа къажбой, цунах эханг дой, пазаташ йора йа куьйга мехий дохуш песаш йора, тIаккха йа ша, йа цхьаьнга нахана уьш дIайоькъуйтура. Шен хан кхаьчна арайаьллачу йоьIан а, кхуьнчух терра нисделира маре. Карахь кIант волуш цIа йар нисделира цуьнан а. Бакъду, йоьIан кIантана чIогIа тIера йара Хорхни. Цу кIантана аьлла дакъа, цIенош эцнера Хорхнис, ша лахь уьш шайн керт-ков долуш бахийта. Амма гIайгIа-бала ша хIуттий ца догIу, цо шеца шен ворхI йиша тIахьа йалайо кхойкхий, олуш ду-кх. Вайн махкахь шолгIа тIом баьлча, цу кIентан валар нисделира. Оцу бохамо гуттар гIора иэшийра Хорхнин. Цул тIаьхьа иза, дуьйцург ца хезаш, лергашна къорайуьйлира. Нахаца йолу уьйр, шен къоралла бахьана долуш херайалар, чIогIа лазаме дара цунна, кхечо схьадуьйцург шена цахазарна. Кхин сиркхош лехьош йа цомгаш хилла хан ца йаьккхира цо. Шен дегIа дола деш, ламаз далуш схьайогIуш йолу иза, 23 феврвлехь делкъан ламаз дина, шен вирд доккхуш хиъна Iаччохь, набарна тевжича санна, цхьа «ахI-ухI» доцуш, дуьненан, эхартан йуьхкIолла шеца йолуш, Далла дуьхьал йахара. ХIун ойланаш хьаьвзина хилла теша цуьнан шераша базбеш къежбинчу коьрте: 70 итт шо хьалха вайн махкахошца шен боьхна дахаран некъ йа цу бехачу некъахь лайна халонаш, баланаш, йа тIаьххьарчу шина тIамо хIаллакбина нохчийн тоьлла къонахий, йа кхиъна теша ша йуьхьар лоцучу гуттаренан некъах.
Цунах вай кхуьур дац, цхьа Дела Ша воцург. Иштта бу-кх дуьненан болх – Iажалло маца, мичахь лоцур ву ца хууш. Дукха адам деара цуьнан тезета, мел йевзинчо диканца тешаллаш деш. Ша зудчун сибтехь хиллехь, иза къонах стаг хилар билгал а доккхуш. Дала гечдойла Хорхнина, Дала шен хIусамах йоккхайейойла иза. Дала декъаллойх тоьхна, Фирдаус олу йалсаманин хьаша йойла цунах. Дала ийман, ийманца собар, цу собарца йал лойла цуьнан йоIана, Самаина, цуьнан верасашна, гергарчарна, цуьнан бала мел кхаьчначарна, хьашалла мел латтийначарна а. Хорхних долу дийцар дерзор ду вай дагатесначу биъ могIанца:
Хьаналчу дахарехь айало адман сий
Везачу вайн Даллий, наханий хьалха,
Ишттачех хилла хьо а, Ахьматхан Хорхни,
Кхаж баьлларг ийман чохь эхарта кхалха!


Рецензии