Адамашка къинхетамо чIагIдина дог
1
Марха дастале хьалхарчу сарахь сан нана, дезткъе йалх шо кхаьчна йоккхастаг, тхан кертахь, галъйаьлла охьакхеттера, чIогIа коьртан хьаж дохош. Чов йоккха, йаьржина йара. Аьгна хьеран тIулг санна, кIаьгнаш а даьхна, ткъа хьажйуккъераниг-м кIаг хилла ца Iаш, дина ор дара. Ирча сурт дара сан бIаьргашна гуш дерг со тхайн нана йолчу кхаьчначу хенахь. ЦIий сацо гIерташ ненаца кертахь долу бераш, лулахой а кисешца, шаршонех йаьхначу асанашца тIе йод, зеленка хьоькхуш, бохкуш бара. Йоккхастага лоьрашна тIейигар аьттехьа ца дуьтура. Ас кхин хабар ца дуьйцуьйтуш, меллаша пхьарс лаьцна машен чухаийра сайн нана. Лоьрашка бен гIоле йалур йацара ишттачу дархочунна хилла чов. Учаткови больница къевлина карийна, йуьртарчу амбулаторе даха дийзира тхан. Бакъдерг дийца деза, оцу больнице вахаран бахьана гергарлонца дара сан, сан шича, цуьнан кIант вара цигахь балхахь. Цундела вара со догйовха, сайна уьш доггаха хьаьвзар бу бохуш. Амма уьш оцу буьйсанна Аргунерчу больницехь дежурствехь хиллера, цундела нисделлера тхо оцу амбулаторе. Нисдаларх-м хIумма дохко ца девлира, хIунда аьлча оцу хьукхматан куьйгалхочо, Хадизов Абубакара, боккхачу ларамца тIеийцира тхо. ХIинца иза хьахавеллачуьра, цунах лаьцна дийца лаьа суна. Хадизов Абубакар суна дика вевзаш, суна хьалха дешна, кхиъна стаг ву. 1972-чу шарахь ша бархI класс чекхйаьккхича, Соьлжа-ГIаларчу медучилище деша вахара Абубакар. Лекцеш, семинараш, зачеташ, экзаменаш йу бохуш, муха долу ца хууш, дIаделира диъ шо. Дешна воллушехь тIекхечира сийлахь Даймехкан декхар – эскаран могIаршкахь ши шо даккха дезар. 1978 шарахь эскарера цIа вирзина Абубакар, къона говзанча, Гуьмсерчу кIоштан Азамат-Юьртахь болх бан волало. Шина шарахь фельдшеран, цул тIаьхьа шина шарахь оцу амбулаторин заведующий хилла болх бо цо. Хала дара йуьхьанца балхах вола, хан йоцчу хенахь, Iаламан амалш ца лоруш, нахана орцах вийла Абубакарна. Делахь дерриге кIадвалар, лайна халонаш дицдора адамийн бовхачу ларамо, церан баркаллийца хьежаро, мел воккхачо, кхунна эхь хоьтутйтуш, ларамца хьалагIоттий, кхуьнан сий деш, хIара баьрчче ийзаваро.
1980 шарахь Аргунски медсанчасте балха веара Абубакар. Кхузахь шен дика цIе йоккхуьйту къоначу медвашас. Амма, нахана орцах кхочуш волчу Абубакарна, шена орца оьшуш меттиг тIехIоьттира. Авари йеш некъан хьовзам баьлла, лазийна Абубакар больнице кхечира ша, дархочун цIарах. Беа баттахь лоьраша доггаха хьаьвзина, Iасанашца велахь, йуха когавахийтира Абубакар. Ша дархо хилча, дагца, сица кхийтира иза, шен чарха тIехь а ловш, шегара нахана оьшуш долчух: экам куьйгаш, безаме кIеда хьажар, ховза аз, тамехь къамел, собаре амал, говза, дарбане болх – и дерриге шеца долуш вара Абубакар, амма цу амалийн мехах ша дархо хилча дика кхийтира. Шарахь гергга хан йаьккхира цо, балхана ца магош, цIахь Iан дезаш. «Са-м гатлора - бохура Абубакара, - безачу балхана, делахь башха мукъа ца вуьтура гонахарчу наха». Цунна тIебогIура лулара, уроамера зударий, сиркхо хьакхайелла бераш далош берш йа къаной, шайн лазарш далхо. Хаара царна оцу оьздачу кIантера тарлуш долу гIо шайна хир дуйла. Шена тIе деана долу жима, доккха адам жоп доцуш, дог эцаза ца дуьтура цо.
1982-чу шарахь ноябрь баттахь дуьйна Цоци-Эвларчу амбулаторин заведующи хIоттаво Абубакар, Iасанех дIакъастаза волуш. Ткъе итт шо сов хан йу Абубакара безамца тIелаьцна, мало йоцуш йуьртахойн могашалла ларйеш и болх схьабохьуш болу. Де-буьйса йукъана пхи-йалх дIакхайкхар ца хуьлуш йа амбулаторе дархо ца валош цхьа хан йац йуьртахь, амма, гIо эшначу Абубакар кхачаза висина меттиг йац цхьана ден йийца. ТIеман замано пачхьалкхо амбулаторина леринчу хIусамах ваьккхира Абубакар. Йуьртсовет хIусамехь йара амбулатори оцу хенахь, и гIишло федералийн комендатуран отдело дIалецира. Цундела Абубакаран шен цIа скхалхо дийзира йуьртан амбулатории, федералаша дIабахьаза бисинчу декъазчу гIирсаца. Делахь, мел ледара хьолехь хиллехь, оьшучу гIирсаца, молханашца амбулаторино доккха гIо дира йуьртана, Абубакар доьналлехь хилар бахьана долуш. ТIаьхьо Абубакаран амбулатори, йуьртсовет а шайн хIусаме схьакхалхийра, оцу гIишло чохь оьшуш йолу ремонт йайтина вайн кIоштан Iедало.
2
ХIинца со сайн нанна Абубакара лелийна лоьралла дийца волла шуна. Абубакарна-м ша даима беш болу болх хир бара суна цуьнгахь гинарг. Амма, суна дуьззина девзина ца хиллера Абубакаран лоьран говзаллин похIма, доьналлин васт а. Иза дийцарх тешар воцуш хIума дара, шен бIаьрга ца гича. Сан ненан хьаьж амбулаторехь дихкинчуьра дIадаьстича, - гуш йерг фарш (аьхьна жижиг) йара мерана, цкъоцкъамашна тIера хьала. И болх сайна ма-барра гича, Абубакарс тхо Куршлойн-Эвла йа Аргунерчу больнице хьовсор ду аьлла, хийтира суна. Амма Абубакара шек дIа воцуш, ийза ца луш, охьаоьхуш долу цIий сацош, чевнаш цIан йира, анестезиолого санна, и меттиг йахош мехий туьйхира. ТIаккха тиша, зарзйелла бедар санна, хирург – бедарштегархо хила, ткъайахха маха боккхуш, лол бетташ, тIехьажалучу битаме йалийра сан ненан хьаж тIера и йаьржина чевнаш. ХIора буса повязкаш хуьйцуш, шина кIирнах и чов йерзийра оцу говзанчас. Адмашка болчу безамо, къинхетамо чIагIдина дог доцчу стаге, балур болуш болх бац иза. Шена мел хала делахь, латкъамаш беш вац Абубакар. Балха тIехь шена оьшуш долу хIума молханаш, човйехкаран материал, кхин болу гIирсаш ша нисбо, лакхарчара схьакховдоре ца хьоьжуш. Шен белхан декхарш дика довзарал совнаха, лоьран корматалла каре йирзина, дог цIена адам, шен говзаллин тешамна йеш йолу Гиппократан чIагIо бусалба стеган ийманца ларйеш схьвогIуш ву Абубакар хIинца а. Цхьадика тахана-м керлачу гIишло чохь йу йуьртан амбулатори, хьалха хьехархойн йукъарIойла хиллачу кертахь. И хазахетаран совгIат вайна массарна хьомсарчу НР-ан куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Кадыров Рамзан-Хьажас дира цоцанхошна. Адамашна могашалла йухайерзоре кхочуш йолехь, мелехь дукха белхаш хир бац Далла гергахь вайн дахарехь. Иштта мехала болу и болх адмашка болчу къинхетамо чIагIдина, безамах дуьзна дегнаш долчу говзанчашна бен карабоьрзур бац йа бирзича дIакхехьалур бац Абубакарсчул гIоле, кхиамца.
Дала кхидIа баккхийчу кхиамашца, могашаллийца, доьзалехь ирс-аьтто хуьлуш, йуьртахошна хIинцачул дукхавезаш вахавойла хьо тхуна, Абубакар. Баркалла хьуна ахьа тхан могашалла ларйарехь дечу Iуналлийна. Дала йуьхкIайн хуьлийтийла хьо дуьненахь, эхартахь а. Дала массо геченехь къахьоьгуш болу вайн махкахой бойла шаьш бечу белхашна, хьо санна муьтIахь, Дала, наха шайна тIедехкинчу декхарийн жоьпалла хууш.
Свидетельство о публикации №225081800678