Мехкан кiант

ХIинц-хIинца кху харц дуьненахь вайна йукъахь лелла, цIеххьана вайх хедаш дIаваханчу жимачу стагах лаьцна, иза дIайаханчу хенахьлера гIуллакхаш дагалоьцуш, Iаламат хала ду. Къаьсттина суна, тахана вай хьехош верг сан жимах волчу вешин кIант хилча, кхуьнан санна исс шо хьалха вайн махкана бале девлла лаьттинчу шайтIанийн карахь валар кхуьнан ден хилла хилча. Делахь, элхьамду ЛилахI, дерриге Делера ду, азаллехь Цо йаздинарг лелаш ду, вай дерриш ваьш кху дуьненчу Хастамхиларо зен дахкийтиний хууш ду, Дала мукъалахь. Хаьммирзин Мукин Асланбекан кIант Хасамбек дуьненчу ваьлла 1979 шеран 22-чу Асаран (июнь) беттан дийнахь Куршлойн кIоштара Цоци-Юртахь. Хасамбек берахь дуьйна къаьсташ вара шен дикачу амалшций, кхетам болуш бер хиларций доьзалехь: ден-ненан аьлларехь хиларций, кертахь долчу гIулкхашна мало йоцуш, шена тIедиллина хIума сихха кхочуш дарций, шена тIехь, ша Iачохь цIано йезарций, дешарна тIера хиларций, баккхийчеран къамелашка ладегIа лаарций. Къаьсттина спорт, физкультура, вайн къоман барта кхолларалла (фольклор), муьлхха исбаьхьаллин литература йешарций билгалваьллера иза. 1986-1996 шерашкахь доьшуш чекхйаьккхина Цоци-Юьртара № I йолу йуккъера школа. Школехь доьшучу шерашкахь Хасамбека ша низам лардан а хууш, дешарна мало йоцуш, хьехархошна, шен нийсархошна тешаме накъост волуш, догцIена, гIо-накъосталла оьшучунна орцах вала кийча, каде хилар гойтуш, чекхвелира массеран шех бIаьрг буьзна. Школехь, вай лакхахь ма-аллара, къаьсттина кхиамаш бара цуьнан литературина, нохчийн маттана, историна, физкультурина кхин йолчу Iаматашна тIехь а. Вайн къоман барта кхоллараллин турпалхойх дерг шена девзичхьана, оцу иллийн турпалхойх (Адин Сурхох, Таймин Биболатах, Мадин Жаьммирзех, Жумин Акхтулех, Эвтархойн Ахьмадах) масала эца гIертар, царах тарвала лаар марзделла хилар хаалора цуьнгахь жима волуш дуьйна а. Ткъа вайн махкахь хиллачу къиза шина тIеман шерашкахь махкана, шен къомана пайдехь хила лаар кхин совдаьллера цуьнан – шен да, Асланбек, мехкан да Ахьмад-Хьажа а гIазотехь дIакхелхича (Дала гIазот къобал деш, декъала бойла уьш, уьш санна, вайн къоман маьршачу дахарна, синош ца кхоош дIа мел кхелхинарш а). 2001-чу шаран, 10-чу Х1утосург (май) беттан буса, вайн мехкан йамартчу мостагIаша (Делах девллачу шайтIанаша) йиначу къелонна тIенисвелла, валар хилира Хасамбекан ден, Хамерзаев Асланбекан. Иза вара гIулкхана каде, нехан хьашташ кхочуш деш, шен дериг дахар вайн махкахь низам латточу структурашкахь чекхдаьккхина, шен белхан декхарш кхочуш деш Iожалла тIеэцна. Дукхах долу гIиллакх-оьздангаллин аматаш шен дечарах тера дара Хасамбекан а. Дас ца ваьлла охьадиллина гIуллакх дIакхехьар шена тIелецира кIанта, 2001-чу шарахь иза балха вахара Куршлойн кIоштан ОВД-н ППС-н милиционер. Цигахь цо болх бира 2004-гIа шо кхаччалц. Цу хенахь цо шена дIакхехьа тIелаьцнарг кхераме гIуллакх дара, денна мостагIийн кIелонашкахь дойуш лаьтташ марша адмаш, Iедалан, милицин а белхалой болуш. Иза цунна шен Даймохк, къам дезаш хиларан билгало йара, мостагIашна дина зуламаш бекхам боцуш дуьсарг цахиларна тешалла а дара. 2004-2010 шерашкахьиза НР хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад - Хьажин цIарахчу №2 йолчу МВД-ен полке волу иза. Цигахь а Хасамбека ша майраллица, деналлица, шена тIедиллина мел жоьпаллин гIуллакх ладамца кхочушдеш гайтарна, цунна пачхьалкхан медалашца совгIаташ до: 1) «За доблесть в службе», 2) «За боевое содружество», 3) «Лучший сотрудник подразделения», 4) «Отличник милиции», 5) «За верность долгу», 6) «Участник боевых действий». 2011 шеран Кхолламан (январь) беттахь Хасанбек Шелан кIоштан РОВД-ен белхахо вохуьйту ППС-н мобильни взводан командиран даржехь. Хасамбек шен дегIан кеп-куц спортивни хьолехь, могаш латтийта лууш хиларна, виллина штанга, шишша пунт йолу гиранаш уьйуш, турник тIехь хьийзаш, эспадер ийзош, уьдуш а тренировкаш йеш къахьоьгуш хуьлура. Шелахь цунна болх бан йоьгIнарг йоца хан хиллера – йерриге йалх бутт ах бутт. 17-чу Хутосург (июль) беттан дийнахь, 2011 шарахь Веданан кIоштан хьаннашкахь шен накъосташна хьалхаваьлла, мостагIийн лар эккхийна воьдучохь, оцу гаурша йоьгIначу мини тIенисвелла, дIавалар хилла цуьнан, шен белхан, Даймехкан а декхарш кхочуш деш волуш. Дала гIазот къобал дойла цуьнан, и санна арабевлла лелачохь дIа мел кхелхинчу вайн махкахойн. Дала шайн эхартан хIусамах баккхийбебойла уьш, Шен беза, лараме хьеший беш царах. Хасамбек ша оццул халачу хьелашкахь дахар дIахьош велахь, тешна хила цкъа паргIатдевлла зама йогIург хиларх. Цундела иза ларавелла оцу шерашкахь заочно Институт финансов и права чекхйаккха, ша дIакхалхале цхьа кIира хьалха госэкзаменаш дIайала а кхуьуш. Цуьнан дIакхалхар нисделла 17-чу Х1утосург (июль) беттан дийнахь 2011 шарахь, ткъа диплом схьадалар кечдар 24-чу Х1утосург (июль) беттан дийнахь 2011 шарахь. Иштта нислуш хуьлу-кх дахарехь, Дала вайн Кхолламна хьаькхна йоза. Бакъдерг аьлча, Хасамбекан амалшца къеггина гучудаьлла дара – иза эхь-ийман долуш, бусалбаналлех, нохчоллех а дог дуьзна, шен махкана, къомана тешаме къант хилар. Шен 7-8 шо кхаьчхьана дуьйна ламаз, марха  леранна долуш, осала хIума шеца доцуш, адмашца, гонахарчу садолу, садоцу а Iаламашца къинхетаме, нахаца ваза хууш, гIаддайнчунна орцах вала кийча кIант вара  иза.  Дала декъала войла иза, цуьнан да, вайн мехкан маьршачу дахарна шайн синош ца кхоош бакъ дуьнене дIабахнарш, тахана и маршо ларйеш къахьоьгуш лелаш берш а. Дала тIаьхье беркате йойла вайн къоман тIейогIучу абаде кхаччалц йолчу ханна. Дала кхин цхьа а зулам ма гIоттийтила вайн махкахь, йочанан мархаша бен кхин стигал ма кхолайойла вайна тIехула. Наной ма белхитийла хеназа тIамо дIакхалхийначу доьзалшна, цIийнадайшна а. Амин.


Рецензии