Могашаллина гIаролехь

                1
Ца хаьа цхьанне шен кхолламехь хиндерг – иза Делера бу. Нах санна, Делан лай волуш схьавогIу сан йуьртахо, Цоцин-Юьртара Мусин Юсуп-Хьажин кIант Илес. Йуьртарчу Митаев Iелин цIарахчу бахамехь къахьогуш болх бина цо 2004 шеран Тов бецан (сентябрь) бутт кхаччалц. Оцу шеран Тов бецан (сентябрехь) баттахь дуьйна Куршлойн-Эвларчу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарахчу Исламски институтан Цоци-Юьртарчу филиалехь куьйгалхочун (заведующий) болх дIабахьарца нисбелла цуьнан вахаран некъ. Филиалехь хьоьхуш ву мутаIеламашна, ша Куршлойн–Эвлара динан институт йаьккхина волу, Илесан вешин Мовсаран кIант, Якъуб Мусаев. Филиал Илесан шен кертарчу цIенош чохь йу, цуьнан таро йу 30 – стагана дарс хьехийта. Йуьртарчу школашна новкъарло ца хилийта, кхузахь дешар дIадоладо дийнахь 15 сахьт (делкъал тIаьхьа 3 сахьт) даьлча. Цхьабакъду, филиалан болх бар 18 берана хьехар тIера йолайалар нисделлехь а, хIинца цкъа цхьана кепара финансировани йолайелла хIума дац цкъачунна кхузехь. Амма оцу балхана шек вац йа Илес, йа цуьнан вешин кIант Якъуб а: уьш тешна бу шаьш цхьа орцахо воцуш, Дала дуьтург цахиларх. ХIара лакхахь вай бина хаамаш вайн Iалашонца бозуш бацахь, тIаьхьа догIучух дешархо, хало йоцуш, дика кхетийта беш хаам лара мегар ду. Ткъа коьрта вайн Iалашо йара Илес, дагахь доцуш, Соьлжа-ГIаларчу тIеман ветеранийн госпитале кхачар, цунна оцу дарбанан хIусамехь йевзинчу коллективах, цара шайна тIевалийначу дархочуьнан беш болчу тергамах, оцу Дела резавинчу белхалойн бертахь тобанна Илесан хастамаш, ловцаш дIакхайкхор а. И Iалашо кхочушйар Илеса суна тIедиллира, со наггахь зорбане кIез-мезиг диначу йозанашца волуш хиларна. Иза нисделира пIерасканан дийнахь, рузбанера девлча. ХIетта больницера цIавирзина хиллера иза. Цо диначу къамелан чулацам аса дешархойн тидаме буьллу.
                2
Илес ша кхеттал хилчхьана дегIаца къахьоьгуш, хьацар доккхуш, рицкъа лохуш схьавеана стаг ву. Сиркхо хилар, цамгарш лехьор хIун ду хиъна дацара цунна. Бакъду, кху тIаьххьарчу 10-15 шарахь аьтту агIор тевжина вижар долуш-м вацара иза. Лазаро хьийзош хIума ца хилча, лоьрашна тIе ца водара. Амма лазар дацахь, аьтто агIоно са-м гаттадора. Оцу сингаттамах дерг къасто вахара Илес, лор волчу тхан йуьртахочунна Абдурахманов Элбекана тIе, УЗИ-х чекхвала. Элбек тхан йуьртара говза лор ву, къаьсттина медтехникица долу хIуманца диагноз хIоттон говзанча. Элбека Илесе цIа ца воьдуш, мелла сиха операци йайта больнице вижар тIедожош къамел дира.
- Хьан доIхи чохь берг тIулг хилла ца Iа, иза ондда чхара бу. Иза чохь болуш, хьо гена дIа лелалур вац. Йа тIемалойн госпитале, йа уьссолгIачу гIалара больнице сихха охьавижа веза, кIант! – сацам боллуш, аьллера Элбека.
                3
7-чу Тов беттан (сентябрь) дийнахь тIеман ветеранийн госпитале кхечира Илес. Кхузахь болх беш бара кхунна хьалхе дуьйна бевзина лоьраш: Албеков Билала Нураддиевич, тхан йуьртахо волу Исраилов Мохьмад-Салахь а. Билала кху госпиталехь хирургически отделенин заведующий ву. Цо хьалха, 2000-2002 шерашкахь, Цоци-Юьртарчу участкови больницехь болх бинера хирурган даржаехь. Цоцанхошна дукха, дарба лелош, накъосталла дина лор ву Билала. 2002-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь тIеман ветеранийн госпиталь денйала йоьлча, кхуза балха веара Албеков Билала. Амма Цоци-Юьртаца долу гергарло хIинца дийна латтош ву иза. Цоцанхошна веза Билала ваъал. ВогIуш, воьдуш йа дикане, воне веана, Билала йуьрта кхаьчча, жимачой, воккхачой шайга-шайга чувига хьовзаво иза. И марзо Билалас цоцанхойн шех дикаллица бIаьрг бузош йаьккхина, соьман дуьхьа доцуш, Делан дуьхьа нахаца дукха леранна болх беш. Кху госпиталехь ву болх беш тхан йуьртахо Мохьмад-Салахь. Цо а бина Цоци-Юьртарчу участукови больницехь масех шарахь, медучилище йаьккхинчул тIаьхьа, анестезиологан болх, мединститутехь деша доьшуш. ХIинца институт йаьккхина хирург ву иза кху госпиталехь. Ша госпитале охьавижинчул тIаьхьа Илесанна кхузехь бевзина керла лоьраш, медйижарий, шена вевзаш бухахь карийначу Билалел, Мохьмад-Салахьал дукха безабеллий-те аьлла, цо схьадийцарехь, гергара хуьлуш, хIара цIераш йолу белхалой: Абдулкадыров Рустам (лор интерн), Муцуров Хизар (медIилманийн кандидат, мединститутан декан); медйижарий: Хултыгова Тамара, Кадиева Раиса, Дадаева Лиза, Султанова Разет, Дудаева Люба, Абуева Анжела, урологера медйиша Раиса, фамили иэсера йаларна бехкалла воьду Илес цунна хьалха.
                4
Къаьсттина ала догIу госпиталан куьйгалхочух Дудаев Рамзан Ибадиевичах. И стаг ша дика, лаккхара говзанча хиларал сов, шен куьйга кIел болчу нехан барт кхолла, цаьрга Iаьвшшина, доггаха болх байта хууш куьйгалхо ву. Цул сов вайн махкахойн хьашташка бехказлонаш, кийтарлонаш йоцуш хьожуш, доьналлица шен балхахь ларалуш ву. Иза (Дудаев Рамзан) оцу востара хила шен схьаваларан бух, орам болуш ву. Цуьнан деваша, Iабди Дудаев, вайн нохчийн къоман исбаьхьаллин литературан бухбиллархойх цхьаъ ву. Цуьнан девашас ондда къахьегна вайн къоман кхетам дешаран серлонга даккха гIерташ. Цундела ДудаевгIеран тIаьхьенаш кхиъна, Нохчийчоьнан сий-ларам хуьлчу агIор къахьоьгуш шаьш гайта. Рамзанан шича, Дудаев Муса, гIараваьлла вевзаш артист ву вайн махкахь, махкал арахьа. Дудаев Рамзан, Албеков Билалий бахьанехь хилла Илесан кху госпитале вижа аьтту а. Кхин ша тайпа догкхиар ду Дудаев Рамзанехь – говзанчаш шена гонах гулбан хаар. Цо балха ша волчу дIаэцна волу Билалий, Мохьмад-Салахь оцу лоьран балхана Дала бина болу нах бу – «фанатикаш». Озийна даьккхинарг бен багара дош дер доцуш, хабарна тIера боцуш, шайн болх, моллина эттахьаг санна, хууш, цхьа мало йоцуш, шайна мел хало хиларх, дархойн хьашташна дIахIоьттина Iийр волуш ши лор ву и шиъ. Иштта говзанчаш къасто хууш болу куьйгалхой белара Нохчийчохь массо а белхан гечешкахь.
                5
Илесана операци госпитале кхачарца ца йира. Кхузахь бинчу талламаша гайтира Илесан дог операци лан гIорасиз хилар. ДагIе ницкъ боуьйтуш шина кIиранах ах кIиранах дарбанаш лелийра кхузехь. Илесана чIогIа дог реза деш дезаделларг дара, кхара мел деш долу хIума Делан йезачу цIарца долош хилар. ДегIах Iуттуш долу куьг, тухуш болу маха, луш долу молха «Бисмиллина» тIера доладора. Массеран къамел кIеда-мерза, хьан дог хьостуш, хьо толург хиларх тешош дара: «Давис-кх, кхузара цкъа дIа ца воьдуш, кху дикачу адмашца даима Iан», - аьлла, хоьтуьйтуш. Даарца, молханашца къелла йац, дерриге маьхза ду. ХIара лазартни денйелла дуьззина кхо шо бен дацахь, белхан кхиамаш баккхий болуш, бертахь коллектив нисйелла кхучохь болх беш. Iедалан тIалам тIаьхь лаьтташ хилахь, кхин дIа де-дийне мел дели совболуш, оьшучу гIирсашца кхачо йеш, госпиталан белхалойн лоьраллин корматалла тоьарг хиларх, тешна ву Илес, мел чолхе, хала дегIан сакхт дIадоккхуш, адамийн могашалла йухайерзо Москварчу лоьрел а ца оьшуш.
                6
ПхоьалагIчу Эсаран (октябрь) беттан дийнахь Илесан дегI операционни стоьла тIе даьккхира. ДоIанашца хIара Деле веха баьхкинера йуьртара бевза-безарш, гергарниш, йиша-вешийлахь берш а. Операци йан чувигале суьрташ дехира йуьртахошца, лоьрашца а. Цул тIаьхьа вовшашна къинтIера довлуш, мар-мара лилхина, болх Далла тIебиллина, лоьрийн кара вирзира Илес. Хьалха Делан пурбанца, шолгIа могашаллин гIаролийн нуьре бIаьргаша, къинхетаме дегнаша, беркате, каде куьйгаша валарний, висарний йукъа тесна дегI, цоьстуш сакхтех цIандина, сингаттамах паргIат доккхуш, дахаран новкъа дерзийра. Албеков Билала коьртехь волуш, цунна гIо деш Абдулкадыров Рустам, Исраилов Мохьмад-Салахь, Муцуров Хизар, медйиша Хултыгова Тамара йолуш деа сохьтехь эха сохьтехь дIайаьхьира доIахна чуьра тIулг схьабаккхаран операци. Iаламат халачех хиллера и операци. ДоIахий, стим дIалаьцна Iаш хиллера, шех тIулг аьлча-м нийса хир доцуш, цхьа буто «чхар», шен боккхаллица шаьш лоьраш цецбохуш. И «чхара»-м Iилманан талламан институте Москва дIахьажийна, Илесана иэсана даьккхина цуьнан сурт дуьтуш. Операци йинарш хи чу Iиттина, схьабаьхча санна, хиллера и болх бина ара бовлуш. Амма, Гиппократан чIагIонна тешаме хуьлуш, толамца чекхбевлира уьш Iожаллица тасадаларехь хIинца а.
                7
Илесана тIаьхьа баьхкинчарах цхьаммо хаьттира Билале: - Муха  йу хьан дог-ойла, Билала? ХIун лаьара хьуна? - Дависа-кх, цкъа кху кертара жамаIатан маьждиг дина даьлла делира. Мохь туххуш, молла кхайкхина, вайна массо дикачу балха тIехь гIо деш волчу Далла хьасталуш, ламазана гулбеллачаьрга тIаьхьара «Амин» бохуьйтуш, доIа дан лаьар-кха суна кху кертахь!–  Дала кхочуш хуьлийтийла Билалин и лаам, госпиталехь балхахь мел волчу белхалочун лаам, адамийн могашаллина гIаролехь лаьтташ мел волчун лаам.
                8
Илес шен ницкъ кхочу там, мелла а кхоа ца луш, бийр болуш вара тIеман ветеранийн госпиталан белхалошна, цара шена, нахана а лелочу лоьраллина, йухаерзочу могашаллина. Амма шен даго ма-бохху, шен сина ма-луъу царна там бан-м шен даьхни хир а дацара, боху цо. Лоьрийн болх ахчанций, дешиций механ барам хIоттош буста гIертар а дастаме хета цунна. Цундела Илеса бах, шун белхан мах, АллахI воцчуьнга буьззина хадалур бац. И воцчуьнга шуна йогIуш йолу йал а, мел а, даьхни а дала хуур дац. Шуна шен сехь цкъа а декхарийлах ваьн воцчу Илеса тIедогIучу Керлачу шарца шу, тIеман ветеранийн госпиталан белхалой, декъал а беш, бусалба стеган даггара баркалла, Дела реза хуьлда боху доIа а дIаэца боху шуьга.
Илесан доIийна тIетовш, цоцанхойн цIарах тIетоха лаьа суна: - Дала могаш, маьрша, ирс, аьтто хуьлуьйтуш, шайн доьзалийн вон ца гойтуш, «цицгана маIа йаллалц»,  «Теркана чо баллалц» дехийла шу. Дала аша Илесаца леллийначу адмаллехь, нохчийн гIиллакх-оьздангаллехь латтадойла шу Шена дуьхьала дахккалц, Нохчийчоьнан могашаллин гIаролаш.


Рецензии