Пародин маэстрон вина де

УьссалгIачу Эсаран (октябрь) беттан дийнахь «Зорбанан цIийнан» актови зал чохь дIадаьхьира Нохчийчохь шуьйра вевзаш, везаш, сийдеш волчу поэтан, прозаикан, журналистан, вайн къоман литературехь пародин жанран бухбиллархо волчу Уциев Абун шовзткъей пхийтта шо кхачаран де даздаран цхьаьнакхетар цуьнан белхан накъосташа, йаздархоша, веза-бевзачара, цунан литературни говзаргашкахь безам болчу книгашйешархоша, гергарчара, доттагIаша а. Цхьаьнакхетаран барам дIахьош бара махкахь, цул арахьа а бевзаш болу халкъан йаздархой, журналисташ, Iедалан белхахой, Абу лоруш болу махкахой а: Яхъяев Леча, Хатуев Iабдул-Хьамид, Ярычев Iумар, Яралиев Юсуп, Джургаев Олег, Демеев ИсмаьIал, Пашаев Нурди, Газиева Аза, Тимаргириев Асланбек, Газиева Луиза, Айдамиров Руслан и. дI. кх. Гулбеллачаьрга хьалхара дош олуш вистхилира Яхъяев Леча, вайн Президентан гIоьнча, шен къеггинчу поэтически похIмица гоьваьлла волу поэт. Цо, вайн къоначарна беркате тIеIаткъам беш йолчу Уциев Абун поэзех, пародех, фельетонех  лаьцна а, нохчоллин, къонахаллин амалех а довха дош олуш, къамел дира. Цо къастош билгадира Абус кхоллараллин некъа долуш долчу къоначу чкъурана деш долу гIо-накъосталла. Шен къамел дерзош Лечас Абуна совгIат дира, хаьнтIахь севсина киса долуш долчу, открыткица: «Конвертан метта ду хьуна хIара, Абу, цIахь бен дIа ма дасталахь иза»-олуш, цунна кхин 100-шарахь вахар тIе а дожош. Абус Лечин лаам ца бохош, открытка шен кисана  диллира, ткъа вахарна дисина шераш Делан карахь дитина ша элира. Цул тIаьхьа Хатуев Iабдул-Хьамида дийцира Абун адамаллех, гIиллакх-оьздангаллех, шаьшшиъ ши доттагI хиларе терра, Абус шен литературни говзаргаш тIехь бечу балхах а. Iабдул-Хьамида хаийтира Абус йаздеш, олуш долу дош, мел доруш, луьттуш, узуш, чам боккхуш, зуьйш леладо. Дуккха мехалла гIуллакхаш деш къахьегна Абус вайн къоман пароди когайохуьйтуш, халкъан барта кхолларалла харц Iедалийн йамартчу идеологин тIеIаткъамех, аьшпех, хийцамех а дIацIанйеш. Вай халкъан иллеш, туьйранаш, кхин йолу говзаргаш нохчийн къомо йаьхначу кепах талхош къахьегна паччахан, советан а Iедалан идеологаша. Цундела Абус лехна вайн фольклор вайн къомо ма-йаккхарчу къепехь иза хууш болу нах. Оцу нахера схьагулйелла Абуга кхаа томана  материал: «Нохчийн туьйранаш», «Нохчийн иллеш» цIе йолу шиъ том хIинцале зорбане йаьлла йухкуш йу вайн книжни издательствехь, «Зорбанан цIенна» гонахарчу киоскашкахь а. Абус динарг вайн махкахошна доккха, мехала а гIуллакх ду. Киншкаш йешархошна вевзаш ву Абу шина « И йара сан жима хан», «Стихел а санехь» гуларан автор хиларца а. Муьлххачу цхьаьнакхетарехь санна, кIорга чулацам болуш къамел дира Газиева Азас, Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн а, къоман политикан а, зорбанан а, хаамийн а Министерствон белхахочо. Цо а боккха мах хадийра Уциев Абун литературно-критически очеркийн, пародийн юморан, поэзин исбаьхьаллин агIонийн а. Амма Азас хаийтира вай вовшен ларамна чIогIа  бIаьрмециг хилар, хIунда аьлча актови зал чохь гулделлачу адамийн хьесап 35-танга а ца кхачарна. Оццул вайн литературехь, журналистикехь, культурехь а къахьегна махкахо виначу денца цхьаьнакхетарехь декъал ван а вайн бала ца хилча, хIун оьздангалла, нохчолла, адамалла йуьйцур йу вай нахалахь, бохуш. Джургаев Олега ша вистхуьлуш дийцира Абу белхан накъосташца, нахаца кIеда-мерза, маслаIате хилар, амма фельетонашкахь дош ира, бакъдерг хьулдийр доцуш – и мел товр дацахь а шен къоламна кIел нисвеллачу харцхьа хьаьвзинчу нахана. «Казбек» фирмин белхахочо, Абу  55-та шо кхачарца декъал веш, шайн куьйгалхочун цIарах дош луш, тIелецира Абус зорбане йаккха кечйиначу кхаа киншкех, уггаре стомма цхьаъ, шайн хоржах зорбане йаккха. Кху цхьаьнакхетарехь гучуделира Абу спортаца гергарло долуш, «каабу-до» латарехь «боьмаша доьхканна» хьакъ хилла охьатоха латарехь спортсмен хилар а. Цундела цунна кимоно-духарца совгIат а дира. Цул сов Абу тIеман шерашкахь вайн нуьцкъаллин структурийн ГАИ-н подразделенешкахь гIуллакх деш, полковникан даржех волуш запасе ваьккхина хилар а гучуделира. Цундела кху зал чохь Абун некха тIе оьллира РФ Миноборонас дина совгIат «За ратную доблесть» цIе йолу мидал вайн Парламентан депутатан Ханбиев Мохьмадан гIоьнчас Айдамиров Руслана. Зал чохь болчара хьалагIовттарца, тIараш  детташ, декъал вира юбиляр оцу сийлахьчу совгIатна хьакъ хиларна. Ярычев Iумара, Яралиев Юсупа и. дI. кх. болчара а хазийра кху чохь мерза, тамехь дешнаш Абун кхоллараллех, дахарх, белхан кхиамех, цунна тIейогIучу хенахь ирс, аьтто а хила лаарехь а. Нохчийн пачхьалкхан филармонин солистка йолчу Газиева Луизас гитара, нохчийн дечиг-пондар тIаьхьа а балош масех илли элира, Абун байтийн бух тIехь, хIара виначу дийнан лерам беш, кхоьллина. Ткъа Уциевс кхоллараллин некъахь Iамош, гIо-накъосталла деш, хьехначу мехкарех цхьамма кхуьнан стихаш йийшира, шайна тIехь Iуналла латторна, шаьш литературехь мехалла лар йита охIла  хиларх тешош, деган йовхо кхолларна а  даггара баркалла а олуш.  Абух лаьцна дош ала лууш кхуза мел веанарг вара, амма пIерасканан де хиларна, цхьаьнакхетар Яхъяев Лечас дIадерзийра, бистхила луучаьрга вас цайар а дехна. Суна ца белира оцу зал чохь вистхила меттиг, цундела ас, хIокху статьян автор со хиларна, сайн аьтто баьллачуьра, хIинца эр ду Абух лаьцна сайна зеделларг. Абу суна вевзина йу шовзткъа шо гергга хан. Шелахь «Къоначу йаздархойн цхьаьнакхетараллехь» (ТОМ) цхьа эзар исс бIе кхузткъе пхуьйтталгIачу шарахь дуьйна девзина тхо. Абу жимчохь дуьйна башха дуьнене хьежарца похIма долуш къонах вара, шеца дуьззина нохчолла, бусалбаналла а, шена хууш зеделлачунна Iаламат комаьрша а. Цо шех вазарца хьакхавеллачуьнан дагахь йуьтура, оцу стеган ша-шеха бIобулуьйтуш, бIаьрг бузош, шен корматаллех тешош, цхьа а шеко йоцу дегайовхо. Докхха гIо хуьлу шайн киншкаш арахеца книжни издательстве богIучу йаздархошна Абугара. Суна, сан йуьртахочунна Пашаев Нурдина чIогIа гIо-накъосталла хилира цуьнгара, тхаьшшинан дуьххьарлера стихийн гуларш зорбане йохуш. Цундела уьссалгIачу Эсаран (октябрь) баттахь тхан аьтто ца баьллехь а иза трибуни тIера декъал ван, Абу, оха (аса, Пашаевс, Демеевс а) декъал во хьо 55-та шо кхачарца, Дала могаш-маьрша, тахана санна къона латтош, айхьа дагалаьцна гIуллакхаш кхиамца кхочуш хуьлуш, доьзалан, гергарчийн а вон ца гуш, вахавойла хьо вайн махкана, къомана, шо-шаре мел долу  пайден волуш кхин а 100-шарахь, хIай нохчийн пародин Маэстро!


Рецензии